27.04.2016

Мусаев Сулиман. Некъахочун тидамаш

Автобус т1ехь

Аьхке. Август беттан тов. Г1алара автостанцехь лаьтташ юьрта йоьду автобус ю. Иза д1аяха х1инца а хьалхе ду. Юьзна ю автобус.

Цхьацца кехаташ хьаладаьхна, шайна мох бетташ я юьхь т1е йовлакхаш хьоькхуш 1а чохьберш. Массо кор а диллина ду, х1етте а мох хаалуш бац. Наггахь цхьацца мерза х1уманаш юхку зударий бовлу автобус т1е:
– Же, дукхадахарш, шоколадан экъанаш, «Сникерсаш», сег1азаш ду бабигахь, д1аэцал, – олуш.
– «Шовда» дац хьоьгахь?
– Дац, аса х1инца доуьйту шуна.
Т1ехьа г1ента т1ехь 1ашволчу Мурада, сих-сиха шен коьртара шляпа а йоккхий, к1унзална а, вортана а т1е йовлакх хьокху. Хьехархо ву иза, юьртара ишколехь нохчийн мотт хьоьхуш. Тахана дешаран министерстве веана вара, белхан г1уллакхана. Цигахь дийна де а дайъина, ша автобус т1е кхеарх воккхавеш 1а иза. Кху т1ера охьавоьссинехь х1ун дара-те, олий дагадог1у цунна цкъа, цхьажимма махе вала, юха шен меттиг цхьамма д1алацахь а олий, сацало, ч1ог1а г1елвелла хиларна. Дехьо хиъна 1аш цхьа буто дег1ехь, ткъе пхиъ-ткъе ворх1 шо хир долуш жимстаг ву, баьшначу коьрта тиллина пес а йолуш. Ши б1аьрг хаббина 1ачу цуьнан балдаш наггахь велакъажарца д1асадоьлху. Цуьнан тидам хилла Хьава – шовзткъе итт шо хир долуш, доккха мокха йовлакх тиллина зуда ю иза – елало, шен лулахочух кхеташ: ши к1ира а дац Аслан, керла нускал а далийна, боваьлла.
– Самарт! Пираьшк юий ахь? – мохь хьокху хьалхахь 1аш йолчу цхьана стоммачу зудчо.
– Г1оза юийла, ца еза суна, – дуткъачу озо жоп ло т1ехьара.
– Яахь, дика ю хьуна.
– Х1ан-х1а, булачк йиъна аса.
Кегийрхой тилпош чохь бохкуш бу, кхин гуш а, хезаш а х1ума доцуш. Цхьа жима ши к1ант ч1ог1а самукъадаьлла 1а, роликашка хьоьжуш.
– Ватццапачухула схьаяийтахьа, – хеза наггахь.
Даккхий куьзганаш дехкина, лергахь йоьхкина ладуг1ургаш йолуш, йо1 ю кора хьалхахь. Кара биллинчу т1оьрмиг т1е тилпочуьра мукъаман эшшарехь вота а ю п1елгашца етташ. Мочхал чурадаккха санна, 1уьйшуш сег1аз а. Коьртара баьццара йовлакх белшаш т1е охьадахна.
Саг1адоьху зуда йолу хьала, буйнахь кехатан г1утакх а долуш:
– Делан дуьхьа, саг1ийна…
Цхьаболчара кегий ахча тоссу цу чу.
– К1ордийна-кх х1орш а!
– Нохчийн мотт а 1амийна!
– Х1инца цхьа к1ант вахийтина-кх, ахча делла…
– Шина т1амах а девлла 1аш долчу вайна дара-кх саг1а дала дезаш… – аьзнаш а хеза юкъ-юкъара.
Саг1адоьхург д1айоьду. Нах жим-жима кхин а т1еоьхуш бу. Х1инца меттиг йоцуш, лаьтташ а пхийттех стаг ву. Цхьаболу кегийрхой, воккхахверг т1еваьлча, хьалаг1овту. Вуьйш т1аккха а шайн тилпош чохь бохку, гуш х1умма а доцуш.
– Ванах, вайн д1адоьлху хан т1е а ма кхаьчнера. Х1унда лаьтта-те вай? – меттаха йолу цхьа зуда.
– Валлах1и, и шопар цкъа а шен хеннахь схьа-м ца вог1у!
– Латта мел лаьтти а нах дукхаха хир бу, т1аккха сом а алсама хир ду…
– Доккха х1ума ду-кх х1ара…
– Вайн юьртахь бен бан-м бац хьуна иштта г1урт! Шайна дагадеъча рейсе ара а ца бовлу, бевлча а цкъа а шайн хенахь д1а а ца боьлху… – г1овг1анаш йовлу.
Т1аьххье а схьавог1у шопар а. Масех минот яьлча автостанци т1ехьа а юьтий, г1алара араболучу новкъа йолу автобус.

Вайнах №3-4, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх