Муса Шамсадов. Ирс. Стихаш.

Ирс

Меллаша ког ловзуш, тийна,
Хьошалг1а деара ирс.
Ийзалуш, зудберах тера,
Не1арехь сецира и.

Чоь серлаяьккхира нуьро,
Б1аьсте а х1оьттира д1а.
Олхазарш декара зевне,
Догура чохь стела1ад.

Зазадаьлла беш яра арахь. –
Сингаттам байра сан д1а.
Амма ца 1ийра ирс деха –
Юха т1едеара 1а.

Ирс цкъа а хуьлуш дац деха,
Цо даим хьегаво шех.
Дахаро со хьалххе ваьккхи,
Доттаг1ех, ненах, дех.

Меллаша ког ловзуш, тийна,
Хьошалг1а деара ирс.
И соьца ца 1ийра деха –
Шех хьегош д1адаха и.

***

Д1аоьху сихделла къоналлин шераш,
Моьнаш ду дисина –
хиллачийн лераш.
Тахана хьегамца хьоьжу со юха,
Д1аяхна мерза хан ган лууш юха.

Де-дийне дег1ан ницкъ
бог1у сан эшна,
Хьалхачух ойланаш ца юьйлу т1ома.
Амма дог ду даим диканах тешна,
Дахаран х1ора сахьт ду сунна хьоме.

Къан ца луш, сийначу
б1аьстенах тера,
Даим а соьца ду сан къона шераш.
Моьнаш ду дисина –
хиллачийн лераш,
Ирсе сатийсам а, сан берахьлера.

***

Серладаьхна Нохчийн лаьмнаш,
Дашо цинцаш Iена маьлхан.
Деган мерзаш
Хьедеш мерза,
Зарзар ека зевне.

Тхино сийна
Бай къагийна,
ТIундина цо цIенойн тхевнаш.
Чахчарех чу Iена детих
Тера
Сирла шовда, –
Генна гондахь хезаш цуьнан
Самукъане зов ду.

Иштта сурт гуш кхузахь,
Сан дог ирсах дузу.
Лаьа даим ваха,
Зевне иллеш баха.

***

Тхан кхузахь сийна догIанаш оьху,
Баьццара мехаш а хьоькху.
Зарзаро сахиллалц, кIажъоьхуш,
Iадхьоькху пондар а лоькху.

Тхан кхузахь маьлхан догIа догIу,
Стигалахь бос лепа стелаIад догуш.
Аьрзуно, сийначу хIаваэ долий,
Мох лоьцу, дуьненах самукъадолий.

***
Эхь хеташ, ийзалуш,
КогашIуьйра,
Вайн коре еара
Аьхкенан суьйре,
Зезагийн хьожанаш,
Аьхналла яхьаш,
Цо серлаехира
Кхоьлина ойланаш,
Адамийн яххьаш.
Седарчех къагийра
Цо стигал хьаьIна.
Дегнаш а тедира,
Синтемах хьаьгна…

***
Ахь сан дог хьаьстира,
Ахь суна къагийра бIаьсте.
Вайша ца къаьстира,
Массо а гIертарх вай къасто.

Евзира ямартло,
Бевзира доттагIийн тешам.
Халачу замано
ЧIагIбира дегнашкахь безам.

Хьан бIаьргийн хьаьъначу
Стигала хьоьжу со тийна:
БIаьсте ю царна чохь,
Царна чохь – ирсе сатийсам.

Хьо ю-кха ас лехнарг,
Сан седа, сан деган эла.
Хьо ю-кха ас ехнарг
Кхолламаш язбечу Деле.

***

Хьан бIаьргийн нуьро со вахийна,
Башийна даг тIера ша.
Ахь дахар делла сан иллина,
Ахь тIома даьккхина са.
Хьо ю, сан ойланаш хьистина,
БIаьстенах тардинарг Iа.
Сайн шераш юханехьа листина,
Хьоьца сайн ирс доьзна Iа.

    Дерз доьлху…

Гуьйрено, схьадохуш дитташ тIера,
ГIаш кхуьйсу сан когаш кIел.
Хадий ахь вайн некъаш,
дац аьлла шера,
Безамна еш къиза кхиэл.

Тахна хьо дIайоьду дела,
Кхоьлина гуьйренан де.
Тахна хьо дIайоьду дела,
Дерз доьлху сахьийзадеш.

Ахь тIекIел даьккхи сан тийна дахар,
Дагий ирс чим бина вайн.
Хьуна сол дукхабийзира бахам,
Хьуна со хийтира вайн…

Гуьйрено, схьадохуш дитташ тIера,
ГIаш кхуьйсу сан когаш кIел.
Лаьтта со догъэшна,
кхолламна къера,
Язъелла ахь йина кхел.

Тахна хьо дIайоьду дела,
Мархашлахь лечкъина малх.
Тахна хьо дIайоьду гена,
Хьайца хьош сан деган ах.

***

Селхана хьо соьца яра,
Догуш вай безаман цIарах.
Тахана – дегнаш чохь чилла,
Ойланехь кегадо хилларш.

Даима ца лаьтта бIаьсте,
ЦIеран а дIайолу йовхо.
Тахана вай вовшех къаьсти.
Хьуна сох тарвелла довхо.

Синлазам, къахьо а лайна,
Берриг бехк буьту ас сайна.
Вай ший а – гIалатийн декъахь.
Хьо гIолахь, ца туьлуш некъах,
Эцалахь хиллачух хьекъал.
Ехийла хьо гIоза-декъал!

Селхана хьо соьца яра,
Догуш вай безаман цIарах.
Тахана – дегнаш чохь чилла,
Ойланехь кегадо хилларш.

***

Ма хаза
Ду хIара заза,
Лепаш кIайн, цIен беснаш.
Цу зазанах тера йогу
Сан езаран ховха беснеш.

Хазалло дог а дагийна,
Лаьтта со цецваьлла, Iадийна.

***

Хьох ма теша везаш ца хиллера…
Со бIарзвеллера, со тилвеллера.
Эрна ду, ма гIерта со юхаверзо –
Хан кхаьчна хIинца ловзар дIадерзо.

Мерза дIадолийнарг
чекхдели къаьхьа вайн,
Ца оьшу бIарлагIна ида
кхин тIаьхьа вай.
БIаьсте а хIоьтти дIа кхоьлина,
шелъелла,
Хьох къастар дазделла,
лозу дог гIелделла.

Цунна а карор бу синтем
цкъа мацца а,
Безамо дохдина, хьаьстина дацахь а.
Шераша кхолийна,
хьан амат дицделла,
Вехар ву сайн хьоьца
хилларг гIан тарделла.

Хьох ма теша везаш ца хиллера.
Со бIарзвеллера…
Со тилвеллера…

***

Iодика йойла хьан, Iодика йойла!
Везачу вайн Дала хьо ирсе йойла!
Наггахь мукъне а со дагалацалахь,
Со хьайна везна, эшна вацахь а.

Хьоьга сатийсина, кхайкхина, лезна,
Сан дог а дIатуьйр ду.
Хьо суна езна
Хиллера бохуш, дуьйцур
ду туьйранаш,
ГIайгIане со гича хIора а суьйрана.

Хьуна сан аматаш дицделла хир ду,
Ткъа хьо сан дахарехь
лепа тир ю.
Дуьненан бахамаш, марзо ца лехнера.
Хьо яра ас лехнарг. Со хьох тешнера.

Дерриг а дIадели. Ас сайн са тедо,
Хьан некъах дуьйцина некъаш
а хедош.
ГIерта со хьан гIенаш кхин
сама ца даха,
Синтеме, ирсе а хилийта хьан дахар.

Сан сина карош яц тIетовжа гIовла,
Хьо лоьхуш, паналле дIаяхна ойла.
ЦIа ерзо гIерта со готтачу хIусаме.
Хьуна сагатдина кийрахь
дог ду сан леш…

Iодика йойла хьан, Iодика йойла!
Везачу вайн Дала хьо ирсе йойла!
Наггахь мукъане а со дагалацалахь,
Со хьайна везна, эшна вацахь а.

***

Хьо – хьайн хьехахь,
со – сайн хьехахь,
Серло карош яц мел лехарх.
Карош бац некъ аравала,
ТIебазбелла беза бала.

Соь ладогIа лаац хьуна,
Ахь дуьйцурш ма хьаьхна суна.
Ахь хьайн деган неI ца йоьллу.
Хьо ца кхета сох – хьо йоьлу.

Ахь боху соь, вист ма хила,
Хьаставала кийча хила.
Аьллехь – жIаьлеш дига хи тIе,
Нехан лазам, бала бита.

Хила ца ло бIаьрзе, къора,
Ваха ца ло нехан лорах.
Суна вайшиннах къахета.
Хьажий вайша вовшех кхета?

Хьо – хьайн хьехахь,
со – сайн хьехахь,
Цхьаллехь Iийна, тоъал деха.
Арахь – бIаьсте, малх бу кхетта.
Ма Iе вайша хьех тIекхетталц?!     Ирс

Меллаша ког ловзуш, тийна,
Хьошалг1а деара ирс.
Ийзалуш, зудберах тера,
Не1арехь сецира и.

Чоь серлаяьккхира нуьро,
Б1аьсте а х1оьттира д1а.
Олхазарш декара зевне,
Догура чохь стела1ад.

Зазадаьлла беш яра арахь. –
Сингаттам байра сан д1а.
Амма ца 1ийра ирс деха –
Юха т1едеара 1а.

Ирс цкъа а хуьлуш дац деха,
Цо даим хьегаво шех.
Дахаро со хьалххе ваьккхи,
Доттаг1ех, ненах, дех.

Меллаша ког ловзуш, тийна,
Хьошалг1а деара ирс.
И соьца ца 1ийра деха –
Шех хьегош д1адаха и.

***

Д1аоьху сихделла къоналлин шераш,
Моьнаш ду дисина –
хиллачийн лераш.
Тахана хьегамца хьоьжу со юха,
Д1аяхна мерза хан ган лууш юха.

Де-дийне дег1ан ницкъ
бог1у сан эшна,
Хьалхачух ойланаш ца юьйлу т1ома.
Амма дог ду даим диканах тешна,
Дахаран х1ора сахьт ду сунна хьоме.

Къан ца луш, сийначу
б1аьстенах тера,
Даим а соьца ду сан къона шераш.
Моьнаш ду дисина –
хиллачийн лераш,
Ирсе сатийсам а, сан берахьлера.

***

Серладаьхна Нохчийн лаьмнаш,
Дашо цинцаш Iена маьлхан.
Деган мерзаш
Хьедеш мерза,
Зарзар ека зевне.

Тхино сийна
Бай къагийна,
ТIундина цо цIенойн тхевнаш.
Чахчарех чу Iена детих
Тера
Сирла шовда, –
Генна гондахь хезаш цуьнан
Самукъане зов ду.

Иштта сурт гуш кхузахь,
Сан дог ирсах дузу.
Лаьа даим ваха,
Зевне иллеш баха.

***

Тхан кхузахь сийна догIанаш оьху,
Баьццара мехаш а хьоькху.
Зарзаро сахиллалц, кIажъоьхуш,
Iадхьоькху пондар а лоькху.

Тхан кхузахь маьлхан догIа догIу,
Стигалахь бос лепа стелаIад догуш.
Аьрзуно, сийначу хIаваэ долий,
Мох лоьцу, дуьненах самукъадолий.

***
Эхь хеташ, ийзалуш,
КогашIуьйра,
Вайн коре еара
Аьхкенан суьйре,
Зезагийн хьожанаш,
Аьхналла яхьаш,
Цо серлаехира
Кхоьлина ойланаш,
Адамийн яххьаш.
Седарчех къагийра
Цо стигал хьаьIна.
Дегнаш а тедира,
Синтемах хьаьгна…

***
Ахь сан дог хьаьстира,
Ахь суна къагийра бIаьсте.
Вайша ца къаьстира,
Массо а гIертарх вай къасто.

Евзира ямартло,
Бевзира доттагIийн тешам.
Халачу замано
ЧIагIбира дегнашкахь безам.

Хьан бIаьргийн хьаьъначу
Стигала хьоьжу со тийна:
БIаьсте ю царна чохь,
Царна чохь – ирсе сатийсам.

Хьо ю-кха ас лехнарг,
Сан седа, сан деган эла.
Хьо ю-кха ас ехнарг
Кхолламаш язбечу Деле.

***

Хьан бIаьргийн нуьро со вахийна,
Башийна даг тIера ша.
Ахь дахар делла сан иллина,
Ахь тIома даьккхина са.
Хьо ю, сан ойланаш хьистина,
БIаьстенах тардинарг Iа.
Сайн шераш юханехьа листина,
Хьоьца сайн ирс доьзна Iа.

    Дерз доьлху…

Гуьйрено, схьадохуш дитташ тIера,
ГIаш кхуьйсу сан когаш кIел.
Хадий ахь вайн некъаш,
дац аьлла шера,
Безамна еш къиза кхиэл.

Тахна хьо дIайоьду дела,
Кхоьлина гуьйренан де.
Тахна хьо дIайоьду дела,
Дерз доьлху сахьийзадеш.

Ахь тIекIел даьккхи сан тийна дахар,
Дагий ирс чим бина вайн.
Хьуна сол дукхабийзира бахам,
Хьуна со хийтира вайн…

Гуьйрено, схьадохуш дитташ тIера,
ГIаш кхуьйсу сан когаш кIел.
Лаьтта со догъэшна,
кхолламна къера,
Язъелла ахь йина кхел.

Тахна хьо дIайоьду дела,
Мархашлахь лечкъина малх.
Тахна хьо дIайоьду гена,
Хьайца хьош сан деган ах.

***

Селхана хьо соьца яра,
Догуш вай безаман цIарах.
Тахана – дегнаш чохь чилла,
Ойланехь кегадо хилларш.

Даима ца лаьтта бIаьсте,
ЦIеран а дIайолу йовхо.
Тахана вай вовшех къаьсти.
Хьуна сох тарвелла довхо.

Синлазам, къахьо а лайна,
Берриг бехк буьту ас сайна.
Вай ший а – гIалатийн декъахь.
Хьо гIолахь, ца туьлуш некъах,
Эцалахь хиллачух хьекъал.
Ехийла хьо гIоза-декъал!

Селхана хьо соьца яра,
Догуш вай безаман цIарах.
Тахана – дегнаш чохь чилла,
Ойланехь кегадо хилларш.

     ***

Ма хаза
Ду хIара заза,
Лепаш кIайн, цIен беснаш.
Цу зазанах тера йогу
Сан езаран ховха беснеш.

Хазалло дог а дагийна,
Лаьтта со цецваьлла, Iадийна.

***

Хьох ма теша везаш ца хиллера…
Со бIарзвеллера, со тилвеллера.
Эрна ду, ма гIерта со юхаверзо –
Хан кхаьчна хIинца ловзар дIадерзо.

Мерза дIадолийнарг
чекхдели къаьхьа вайн,
Ца оьшу бIарлагIна ида
кхин тIаьхьа вай.
БIаьсте а хIоьтти дIа кхоьлина,
шелъелла,
Хьох къастар дазделла,
лозу дог гIелделла.

Цунна а карор бу синтем
цкъа мацца а,
Безамо дохдина, хьаьстина дацахь а.
Шераша кхолийна,
хьан амат дицделла,
Вехар ву сайн хьоьца
хилларг гIан тарделла.

Хьох ма теша везаш ца хиллера.
Со бIарзвеллера…
Со тилвеллера…

***

Iодика йойла хьан, Iодика йойла!
Везачу вайн Дала хьо ирсе йойла!
Наггахь мукъне а со дагалацалахь,
Со хьайна везна, эшна вацахь а.

Хьоьга сатийсина, кхайкхина, лезна,
Сан дог а дIатуьйр ду.
Хьо суна езна
Хиллера бохуш, дуьйцур
ду туьйранаш,
ГIайгIане со гича хIора а суьйрана.

Хьуна сан аматаш дицделла хир ду,
Ткъа хьо сан дахарехь
лепа тир ю.
Дуьненан бахамаш, марзо ца лехнера.
Хьо яра ас лехнарг. Со хьох тешнера.

Дерриг а дIадели. Ас сайн са тедо,
Хьан некъах дуьйцина некъаш
а хедош.
ГIерта со хьан гIенаш кхин
сама ца даха,
Синтеме, ирсе а хилийта хьан дахар.

Сан сина карош яц тIетовжа гIовла,
Хьо лоьхуш, паналле дIаяхна ойла.
ЦIа ерзо гIерта со готтачу хIусаме.
Хьуна сагатдина кийрахь
дог ду сан леш…

Iодика йойла хьан, Iодика йойла!
Везачу вайн Дала хьо ирсе йойла!
Наггахь мукъане а со дагалацалахь,
Со хьайна везна, эшна вацахь а.

***

Хьо – хьайн хьехахь,
со – сайн хьехахь,
Серло карош яц мел лехарх.
Карош бац некъ аравала,
ТIебазбелла беза бала.

Соь ладогIа лаац хьуна,
Ахь дуьйцурш ма хьаьхна суна.
Ахь хьайн деган неI ца йоьллу.
Хьо ца кхета сох – хьо йоьлу.

Ахь боху соь, вист ма хила,
Хьаставала кийча хила.
Аьллехь – жIаьлеш дига хи тIе,
Нехан лазам, бала бита.

Хила ца ло бIаьрзе, къора,
Ваха ца ло нехан лорах.
Суна вайшиннах къахета.
Хьажий вайша вовшех кхета?

Хьо – хьайн хьехахь,
со – сайн хьехахь,
Цхьаллехь Iийна, тоъал деха.
Арахь – бIаьсте, малх бу кхетта.
Ма Iе вайша хьех тIекхетталц?!

Вайнах №3-4, 2015

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх