08.05.2015

Муса Шамсадов. Илланча.

Илланча

 1
Ахь д1огахь лам буьххьехь
Сирлачу ойланех,
Зарзаран эшарех,
Маьлхан нур-з1аьнарех
Лекха б1ов йоьттира,
Дешица кхелина,
Ирсана лерина.
Ткъа хьуна адмаша,
(Хьалха хьан хьайнчара),
«Тилла ву» – элира.
«Эрна къинхьегам бу –
Т1ебоьдуш некъ а бац,
Газ а яц» – элира.
«Тоьллера цулле а
Бун йинехь шена.
Къаналле вахча а
Хууш вац лела».
«Ма дика хир яра
Чохь даьхний лело».
«Чуваха х1усам яц,
Яй а бац олла».
«Ма адам ца хьоьгуш
Хили хьан кхоллам –
Цхьанне а ца оьшу
Хьан иллеш, хьекъал.
Бацо д1ахьулдина
Хьо лелла некъаш».

   2
Иштта кхел йира
Хьо ца вевзачара,
Доцург а кхоьллира
Цавезачара.
Кхин кхетам бацара
Церан, я хьекъал.
Царна ца девзара
Хьан дог, хьан некъаш.
Тиллачу нахаца
Хьо девне вацара.
Ахь-м царна дуьхьал цхьа
Дош а ца элира,
Хьо-м царна, пекъаршна,
Къинт1ера велира.

 3
Илланча, хьо веха
Адамийн дуьхьа,
Хьайн даг чу тарбина
Дуьненан бала.
Харцонна, боданна
Ваьлла хьо дуьхьал.
Даим а лаьттар ю
Ахь йина г1ала.
Дика ду-кх  хьо волуш
Тхан орцах вала,
Бодашлахь тхо некъах
Тилла ца лелийта,
Диканах тешийна,
Тхан дегнаш делийта.

***
Со Нохчийчоьнан бер ду.
Со Нохчийчоьнан – лаьттан цинц.
Нохчийчоь сан са ду.
Со мел гена д1авахарх,
Нехан мехкан хазалло
Со мел ч1ог1а 1ехаварх,
Б1арлаг1аша тилаварх,
Нохчийчоьно хьагавой
Даим а ц1а валаво,
Шийла шовда маладой,
Ирсах дог сан 1абадо.

***
Сох ма ч1ог1а хьаьрчи х1ара г1айг1а,
Д1а ца хоьцуш сан са буса, дийнахь.
Карзах дуьйлу дог а – аьрха айг1ар…
Хаьа синтем хир бац мел ву дийна.

Со б1арлаг1ех хилла 1ехавелла.
Суна туьйра тарделлера дахарх.
Ткъа тахана кхийти ваьлча набарх:
Кхозуш ву со бердах тасавелла.

Дагахь доцуш 1а т1екхечи шийла.
Коьрте хьийза ойланаш а г1ийла.
Дахар ахь ма тешнабехк би суна…
Амма со къарвелла гур вац хьуна.

Дог ду къона, къежбеллехь а корта,
Са ду къар ца луш сан хьийзаш т1ома.
Некъаш ду сан талла дезаш шорта,
Юхаденъя езаш – ломахь к1отарш.

Х1ай 1ожалла, доьху сих ма вехьа –
Декхарш текхна вер ву сизал дехьа.
Ахь хье ца веш жимма витахьара
Толлур яра ас дахаран ареш.

***
Хьо йовзар, хьо езар
Сан лазам хили..
Хьо ду сан дахаран
Т1аьххьара илли…

Дог 1абош, са дузош,
Маьлхан нур мелла,
Седарчийн паналлехь
Хьо хестош лелла,
Вирзи со баланийн
Х1усаме-Лаьтта,
Т1емаш а дагийна,
Некъаш а хаьдда…

Хьо йовза,хьо еза
Сан кхоллам хилла…
Хьо ду сан безаман
Т1ам бойна илли.
Амма со ирсе ву –
Ирсах ца тилла…

***
Кху мукъамо со хьер воккхуш лаьтта,
Зевне аьзнаш нийсса даг чу 1енаш.
Сан са аш ма лехалаш кхин лаьттахь-
И 1аьршаьшка даьлла дахна гена.

Со ноташ т1ехула стигала волу,
Дег1ах хьерчаш беттан аьхна серло.
Сан са долу синхаамийн дола,
Кху дуьненан сингаттамех херлой.

***
Доьлура зезагаш, зазадаьлла беш…
Б1аьстенан мукъамаш бекара вайна,
Седарчийн дог1анехь лелара вайша,
Безаман т1емаш т1ехь, ирс ловзадеш.

Хьо яра сан даг чохь массо а хенахь.
Сан лазам , баланаш байбора ахь.
Тахана хьо суна ю гена-ганахь,
Язъелла сан дагна къастаран къахь.

Хьо уллехь яра со висича дорцехь,
Зерашкахь каг а ца елира хьо.
Тахана юха а оьшу хьан орца –
Доккхачу дуьненахь цхьа висна со.

Суна хьан г1о оьшу – ялахьа орцах –
Са ду сан шелделла кху цхьаллин дорцехь.

***
Хьан  б1аьргаш чохь суна
Б1аьсте гора –
Зазадаьлла, зевне ека б1аьсте,
Хелхадуьйлуш зезегаш а гора.
Хьан б1аьргаша суна йовхо лора,
Кхин а маьлхан з1аьнарш,
Кхин а г1ора.

Хьан безамо суна лора дахар
Туьйранера – цкъа а гина доцу,
Ирс а.
Амма иза хили доца.
Хаац х1инца муха веза ваха
Хьо а йоцуш,
Даг чохь малх а боцуш…

Хьо г1енах а дуьхьал кхин ца йог1у…
Дуьне хаздеш стела1ад ца догу.
Кхин мел лелар ву те хорам хилла,
Даг чохь лозуш вайн безаман илли?…

Вайнах, №6, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх