Муса Шамсадов. Дуьненан лазам. Поэми т1ера дакъош.

1.Хьаьлдахь бераш дайар

Итон-Кхелан к1оштахь Хьаьлда юьртахь 1995 шарахь 18 майхь РФ т1еман кеманаша ракеташ тоьхна дийначу 9 беран аьзнаш.(Царах 6 цхьана доьзалера дара,да воцу буобераш,Соьлжа-г1алара т1амах довдийна нанас лаьмнашка дигначу шийттанах).

Стигла кхийдаш маьлхан йовхо муьйлуш,
Лаьмнийн ц1ена х1аваъ,шовда муьйлуш,
Кхуьуш ховха зезагаш тхо дара,
Ненан йовхо,марзо,г1иллакх дезаш,
Т1омадовла,дуьне довза 1емаш.
Тхуна йоьлуш сийна б1аьсте яра,
Зевне эшарш лоькхуш олхазарш а.
Тхуна дуьне,стигал готта яра.
Сица, ойланашца маьрша дара.
Т1амах девдда Ч1аьнтийн лома кхаьчча,
Моьттура тхаьш ялсамане кхаьчна.
Амма тхо ца кхии т1емаш даржо.
Дийна делкъехь бода беа 1аьржа.
Стигал иккхи, латта бухадели, 1адий лаьмнаш, тхан наной а миска.
Дегий Латта, егий Делан 1аьрчеш.
Амма дега ца ди къиза дегнаш,
Тхуна герзаш тоха омра делларш,
Лаг озийна герзаш т1е дассийнарш.
Лаза ца ди церан нанойн дегнаш,
Я ца бели б1аьргех хин т1адам а.
Тхан наношна-м малх д1абайна сирла,
Доьлху церан дегнаш, синош лозу,
Доьлху цаьрца цхьана
Нохчийн лаьмнаш,
Йоьлху шира б1аьвнаш, къора хьаннаш.
Шу-м болатах дина хилла адамаш,
Муха дисна дегнаш шун ца лелхаш,
Муха дисна синош акхадевлла,
Дуьненчуьра д1а ца довлуш делла?
Дац шул къиза акхарой кху Лаьттахь.
Шу ца 1еба ц1ийх мел дукха мийларх,
Шу ца 1еба синош дукха ахьарх!
Аш ца дуьту Латта зазадаккха,
Я дахар а дуьтуш дац аш кхиа.
Хама-пусар аш ца до кху Лаьттан,
Хастам ца бо шаьш кхоьллиначунна.
Багахь дешнаш легадо аш хаза,
Ткъа г1уллакхаш ду шун ирча, боьха.
Дала муха тешийна шух Латта,
Дала муха лов те шун къизалла!

Нохчийн нанойн узамаш

1994-2013 шерашкахь бераш дайинчу,

ларйоцуш бераш дайначу нохчийн нанойн аьзнаш

Маликаш-бераш дойучу махкахь
Малх муха кхета те, я Везан Дела?
Адамаша адамаш дуучу махкахь
Латта бух х1унда ца долу, я Дела?

Адамийн къизалла тоьллачу махкахь
Буц х1унда йолу те я, Везан Дела?
Адамийн синош охьучу махкахь
Хиш х1унда ца лекъа, я Везан Дела?

Кху Лаьттан букъа т1ехь
ц1ий муьйлу паччахь
Ахь х1унда лоьлуьйту я, Везан Дела?
Бехк боцуш хеназа дайина синош
Бекхам бар доьхуш ду хьоьга я Дела!

Вай ц1ергахь дагийра

Сийначу ц1ергахь
Хьайбахахь,
Сема1ашкахь,
Дагийра вай.
Сийначу Сибарех
Дигира дерзина шийлачу 1ай.
Яккхийчу тоьпашца,
Бомбанаш етташ
Г1алахь а, Шелахь а дайира вай.
Паччахьан 1едало
Вайн тоьлла к1ентий ихкира ирх,
Х1аллакбан г1ерташ
Дегнашкахь тешам, маршонан зирх.
Доьналла гойтуш,
Мостаг1ех майра лийтира дай.
1амийра цара шайн к1ентий бала
Ца хуьлуш лайш.

Эшийра лазам, хиллехь а хала,
Вай ваьш ца гайтира дайн.
Даймахке безам, маршо ца йоьхкира.
Ц1арах чекхдевлира вай.
Гора ца х1иттира.
Г1орадарх дог1маш шах
Синош ца г1орийна вайн.
Халачу зиерех а
Курра чекхдийлла вай,
Къар ца луш, корта айбина,
Юьхьк1ай.

Дахар

Со вара селхана
Бераллехь вехаш
Ден, ненан безамо
Вохвина кхуьуш.
Уллехь йиш-ваша,
Доттаг1ий бара.
Дахар дара туьйранах тера.
Ткъа дуьне – стела1ад санна
Массо а бос лепаш дара.

Со юьртах велира
Дуьненах б1аьргтоха
Ц1а вог1ур ву аьлла сихха.
Амма со схьаюха хьаьжча,
Дай, наний ца карий дийна,
Доттаг1ий ца карий ах бен.
Дуьне ги цхьа басадаьлла,
Даг чуьра малх а д1абай,
Туьйра а д1адели доьхна.

Тахана дуьне ду кхин.
Со а вац селхана хилларг.
Дахаро йиттина къиза
Дахчийна сан дег1 а, са а.
Болатал ч1аг1бина лаам.
1емина со лазам лан.
Адамийн мекарло йовза,
1емина дуьхьало ян а
Зуламна, ямартлонна.
Девзи сунна кху дахаран
Г1иллакхаш, галморзахаллаш.
Ямарта дегнаш а нехан,
Яххьаш а дешнаш а шалха.
Кхин тайпа адамаш а девзи,
Шайн дегнаш дагораш малхах.
Цара со ца витна цхьалха
Вуо деъча я дарцехь висча.
Тахана г1елделла б1аьрса,
Г1ора а эшна сан дег1ан.
Амма ца г1елбелла тешам
Дикане, адамашка болу.
Х1инца а туьйранах теша,
Ирсах а хиндолчу кхана.
Теша со: Безаман Серло
1енар ю дуьне мел лаьтта!

Вайнах, №11, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх