Муса Бакаров.

Бакаров 22008 шарахь Яхъяев Хьасамбин «Марг1але хатта» ц1е йолчу дийцаран гулар йолош, вайн махкахь ц1е яхна волчу яздархочо Бексултанов Мусас яздо: «Нохчийчохь дуьххьара шен къаьсттина мотт болу прозаик Окуев Шима ву-кх моттаделира суна цкъа, цуьнан «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман ешча, Бакаров Мусан «Зеламхех дийцарш» боху киншка ешшалц. Мусан мотт (йозанан мотт) массерчух а къаьсташ бара, ткъоьсналг1ачу б1ешерера болуш санна. Ас цуьнан меттан дуьхьа масеххаза йийшира и киншка, юха-юха а йоьшуш».
Иштта лакхара мах хадабо Бексултанов Мусас Бакаровн Мусан «Обарг Зеламхех дагалецамаш» ц1е йолчу книгин. Ян а ю, и книга, Бексултановс ма язъярра «массерачух а къаьстина йоза» долуш, шена чохь буьйцург ц1ена нохчийн мотт а болуш, шена чохь лелаш дерг ц1ена нохчийн г1иллакх а долуш, шена чохь вуьйцург вайн къоман бакъ волу къонах а волуш.
«Обарг Зеламхех дагалецамаш» жайни т1ера дакъа доьвзуьйту оха лахахь.

Зеламха

И дара 1940-чу шеран апрель баттахь. Школехь каникулаш а йолуш, ас тхайн дега дийхира со Соьлжа-г1ала Шерипов Зоврбек волчу хьошалг1а вахийтар. Уьш хиллера вайн республикан мохкбовзаран музейна уллохь 1аш. Шен мукъачу дийнахь сан самукъа даккха оцу музее вигира со Зоврбека. Цу чохь сан уггаре а тидам т1е бахнарг говрахь а волуш, шен дерриге а герзашца кечвелла, турмалца генна д1а а хьоьжуш, дийнна дег1аца диллина сурт а, цунна бухахь охьабехкина Зеламхин т1еман г1ирсаш а, нуьйр а, таьлсаш а, ша лела некъаш юханехьа гойтуш долу цо лелийна говрана туху ленаш а, кхин дуккха а х1уманаш а яра.
Цул т1аьхьа ткъа шо гергга хан – Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман а, нохчийн бехк боцуш махках баьхна шераш а – елира сан цига юха ваха йиш ца хуьлуш. Вайн махка ц1а а дирзина, Нохч-Г1алг1айн республика юха кхоьллича дукха хан ялале вахара со оцу музее. Амма суна хьалха гина сурт дацара – Зеламхин х1уманаш йоцуш яра цу чохь. Ас деллачу хаттарна жоп луш, музейн белхахочо элира, Зеламхин портрет а, кхиболу г1ирсаш а кхузара д1абаьхьна аьлла. Мухха делахь а, 1960-чу шарахь юха а цига вахана, музейн завхозе ас хаьттича, цо жоп делира и ерриге а х1умнаш Гуьржехара схьаеана, амма складехь 1охкуш ю, уьш музей чу д1ах1итторан г1уллакх къастоза ду, аьлла. Цул т1аьхьа къаьсттина хаа лиира суна, мила хилла Зеламха, х1ун бахьана ду республика метта х1оттийначул т1аьхьа цуьнан истори т1е нехаш хьаькхна йитар?

Оццу – 1960-1961 – шерашкахь суна хиира, мел лерам беш хилла Зеламхин вайн республикехь 1944-г1а шо т1екхаччалц, вуьшта аьлча, вайн республика д1айохаяллалц. Суна хиира Зеламхин ц1арах Шелан районехь колхоз а, Гумсехь урам а хилла хилар. Зеламхех лаьцна яьккхина фильм хилла хилар а. Ткъа радиочухула декаш хилла цунах лаьцна исбаьхьа халкъан иллеш: «Вицлур вац Зеламха нохч-г1алг1айн к1енташна, дицлур дац, Зеламха, ахь дииа г1уллакхаш…».
Оцу турпалчу стагах дерг толлуш, хоьттуш со лелачу хенахь цхьацца волчуьнгара хезара: «Витахьа и Зеламха, зуламхо хилла волчу цунах ахь х1ун до?» Т1аккха цу хенахь (1961-чу шарахь) 75 шо хан йолчу тхайн дега (шу марша, х1инца вац иза) Бакаров 1усмане хаьттира ас: Зеламхех цхьацца волчо зуламхо а ма олу, нийсонца дерг муха карор дара-те сунна, аьлла. Т1аккха цо дийцира: Октябрьски к1отарахь шен б1е шо сов хан а йолуш, уггаре а дика Зеламхех дерг хаа а хууш, бакъдерг бен дуьйцур а доцуш цхьа воккха стаг ву, и волчу г1yp ву вайшиъ, аьлла. «Цул совнаха, – т1етуьйхира тхан дас, – Зеламха т1еэцна аьлла, шен доьзалца чувоьллина кхо шо хан яьккхина а ву и Саь1ид».
Май беттан деза денош долуш (оццу 1961-чу шарахь) вахара тхойшиъ и воккха стаг Тумхаджиев Саь1ид волчу. Тхойшинца Махкат1ера Чолтаев Мохьмад а веара. Воккха стаг дика са гуш вацара, меттахь 1уьллура, ткъа цуьнан х1усамнана – къена йоккхастаг – дикачу доьналлехь яра. Могаш-парг1ат хаьттина девлча, тхан дас долийра:
– Саь1ид, ахь хьайн доьзалца Сибрех кхо ша даьккхина ма боху Зеламха бахьанехь. Ткъа цу Зеламхина цхьацца волчо, ша саннарг кхин хир воцуш, бакъо езаш къонаха вара а ма олу, цхьацца волчо зуламхочун ц1е а ма туьллу цунна. Ахьа бакъдерг бен дуьйцур доций хаьара суна, дийцахьа хьайна цуьнах хуург.

Иштта къамел долийра т1аккха Саь1ида:
– И дара 1аьнан чиллан хенахь. Зеламхина дуьнен т1ехь яккха йисина хан кхо шо бен а ца хиллера. Суьйранна говр-сту 1алашдеш воллуш вара со: «Саь1ид, кет1а валахь», – аьлла мохь тоьхча. Ши говр а, цхьа бере а гира суна. Говрашна т1ера, дохк санна, хьацарх 1е г1иттаро кхетийра со и бере лаа цахиларх. Ков схьа а доьллуш араваьлча, суна вевзира Хорачара Закин 1ела.
– Хьо лаа вуй? – аьлла динчу хаттарна иштта жоп делира цо:
– Вац. Тахана кхоалг1а де ду Зеламха лаьцна кхаалха гуо болуш, вайн ломарчу хьехахь и волу. Цу хьехана чу ваха ваьхьаш стаг вац цигахь. Хорачойн коьрта нах паччахьан инарлас лецна латтош бу. Царна юкъахь ву Кибин 1абдул-Хьаьжи а, Понукъин Зайпулла-Хьаьжа а, Аласхин Атабай а, иштта кхиберш а. Цу т1е инарлина хиъна Зеламхина хьол тешаме стаг хорачойх воций. Цундела, хьо соьца ца ваг1ахь а, инарлин б1оне хьо цига вигаза вуьтур вац.
Ас, оьг1аз а вахана, элира:
– Мотт социйла со вийцинчун, мотт тоьхначун!
Кхин чу ца воьдуш, сайна т1ехь йолчу божли чу лелачу хормица цу беречо ялийначу говрахь со лома вахара. Эскар д1аса а теттина, йоккхачу ц1арна юххехь ал т1е тесначу вертан т1ехь кетарх хьаьрчина 1ан инарла хьала а г1еттина, соьга куьг а делла, уллохь волчу талмаже гоч а дойтуш, къамел дан волавелира:
– XIapa тахана сан «кисанахь» волу паччахьан мостаг1а обарг Зеламха хьох бен цхьана а хорачочух ца тешар хиъна суна. Ахь х1инца, цу хьеха чу а г1ой, цуьнга д1адийца кхузахь долу хьал. Д1ахьажа цу хьехана кхаалха лаьцна лаьттачу гоне, д1оо долчу мехкадаьттанан шина чермане (цу хьеха чу к1ур бан кечдина хиллера уьш). Эзар салтичух эскар долуш ду, тховса кхин а оццул кхочур ду аьлла бина хаам а бу сардалера. XIapa хьал ма-дарра д1а а дийций, шех соьга кескаш ца йойтуш, дийна каравола ала цу хьайн гергарчу стаге.

Т1ехдаьккхина цуьнга х1ума дуьйцийла яцара, делахь а сайн юьртахошна, цара со вийциний сайна хууш хилар хаийта, ас инарле элира: «Сайн дег1 хьеран т1улгаца аьхьча а, со мотт тухур боцуш вуй хаьа цу Зеламхина а, кху хьуна гонаха лаьттачу сан юьртахошна а. Хуучара шайна маршонна, я хьан дикане сатесна вийцина кхара со хьоьга. Даза ца долу ахь бохург. Со кийча ву». «Идите», – аьлла, цкъа со, букъа юккъе куьг тухуш, д1а а теттина, юха а: «Стой!» – вухаверзаве элира цо талмаже. Т1аккха: «Вало, цунна хьалха а валий, д1агайта вайн берриге а ницкъ», – аьлла, д1ахьажийра тхойша инарлас. Талмажа, эскаран б1о а, кхиболу кечамаш а суна гойттушехь, шеггара т1етуьйхира: «Кхара, цхьогал санна, к1ур а бина, хьехьа чохь вен а вийна, такхийна аравоккхур ву иза. Цул дийна каравола ала ахь цуьнга, и хьох дозуш ду!» – аьлла.
Ца дог1учу дагца хьехьа чу вуьйлира со: «Во Зеламха! Во Зеламха!» – бохуш, бетташ мохь а болуш. Лоьман санна, аз делира чуьра схьа:
– Юхавала, мила ву хьо?!
– Со Саь1ид ву, Тумхьаьжин к1ант! – Жоп делира ас.
– Схьавола, схьавола, – аьлла, суна дуьхьал а веана, берте биллинчуьра къожан ц1ов д1а а баьккхина, сов хазахетта чу вигира со. Чохь охьабиллина бара бакъийна дума а, баьпган юьхьиг а, цхьана туьтан чохь жимма хи а, т1еман г1ирс а, т1етосуш лелош 1аьржа верта а, г1евлинга юьллуш цхьа дечган гуьйриг а яра. Шена уггаре а дукхавеза хьаша ву хьо, бохура Зеламхас, дийцал айхьа деанарг.

– Дера бу, Зеламха, ас беанарг кху дуьнен чохь кхин хила йиш йоцуш къаьхьа кхаъ. Кху хьехана лаьцна лаьтта салтийн кхаалха го, тахана кхоалг1а де ду боху инарлас ша и го лаьцна. Со х1инцца валийна хьан уггаре а тешаме, гергара стаг ву аьлла, мотт сацаро мотт а бина. Цу хьеха хьалха ду ши салаз ча а, ши черма мехкадаьтта а. Цул совнаха, хьан мостаг1ех кхо стаг а ву цигахь, шайн герз кечдина лаьтташ. Тховса т1екхиа безаш бу кхин а эзар салтичух лаьтта цхьа б1о а.
Дукха парг1ат соьга хеттарш до Зеламхас, докъаран биста кхаччалц. Таьххьара а хоьтту, 1аббаз воккхахиллий, иза a, xlyсамнана а могаш дуй олий. Моьттар дара со и волчу леррина хьошалг1а веана. Ч1ог1а цецвелира со оццул меттахь дог долуш, воьхна воцуш, иштта парг1ат и хиларх.
– Саь1ид, – боху цо соьга: – Хьуна ас х1ун дича бакъахьа хета?
Соьца царна т1еволахьа аьлла, дехар дира ас цуьнга. Цо доцца жоп делира: «Ахь х1ун алий оцу инарле? Суна Тифлисерчу воккхачу сардалан куьг а, мухар а т1ехь долу кехат да алахь кху хьеха чу. И схьакхаччалц со кху чохь 1ийр ву, и схьакхаьчча т1е а вог1ур ву. Цу т1ехь яздина хила деза со бахьанехь, сан накъостий бахьанехь а мел лаьцна адам 1едалан буйнара д1ахоьцу, аьлла ч1аг1о. Шолг1а цу т1ехь хила деза хьоладай а, мисканиш а цхьатерра бакъонаш йолуш бу, аьлла ч1аг1дар а. Т1аккха со а, сан накъостий а кийча бу цара бохург дан».
И къамел шега д1акхаьчча чуьравелира инарла. Омра до: чехкка юха а верзий, доцца ала цуьнга, хьо сан кисанахь ву, цхьогалан к1орни санна, ас хьо лоцур ву, я и мокхазан берд цу стиглан 1аьршашка бохуьйтур бу, бохуш. Ц1енна гуш дара и дийна каравалийча инарлех воккха хьаьким вийр волуш хилар а, и цуьнга сатуьйсуш хилар а.
Ша и дийна лоцур ву бохуш, пачхьалкхан диъна ахча а дара цунна дагахь.

Цхьа дог ца дог1уш юха а хьеха чу ваха дийзира сан. Инарлас бохург ч1ог1а дайдеш д1адийцира ас Зеламхе, диъ-пхи шо хьуна хан а тоьхна, хьо дийна вуьтур ву боху, цхьана а тайпа ницкъ а бийр бац боху, аьлла. «И кехат лой цо?» – хотту вукхо. Ца ло, вайна дош ло цо, ас аьлча: «И дешнаш вайна дукха хезна, Саь1ид, мецачу барзо уьстаг1ана лучу дешнех тера хуьлу уьш дерриш. Х1инца кхин ма дийца ца хиндерг», – олий, хададо Зеламхас.
Т1аккха цхьа ч1ог1а вела а лой вистхуьлу Зеламха: «Саь1ид, ахь цу инарле х1ун алий? Х1окху Россехь мел долу эскар цо д1ах1отторах, цунна со лацалур вац, ас сайх ларло боху алахьа. Кхоазза дехар дира ас цул хьалха суна т1аьхьаваьлла леллачу эпсаре, и нах ма хьийзабе, даккхий хабарш а ма дийца, ас вуьйр ву хьо аьлла. Цо ца дира ас бохург. Сан и вен дийзира. Кхин сан го лацахь ас вуьйр ву и».
Юха а т1евирзира со цунна, х1аллак ма хилахьара хьо, караг1ахьара, сан а, вайн гергарчу нехан а цхьа эзар сов уьстаг1 бу, б1е сов бежан ду, уьш дерриге д1адоьхкина а, хьуна к1езиг бен хан тухуьйтур яцара вай, бохуш.
– Делахь дика ду, Саь1ид, – элира цо, – со цара вен а ца вуьйш, 1уьйран ламаз Макажойн а, вайн а дозанахь долчу шийлачу хи т1ехь а деш, д1авахча тоьий хьуна? Со араволуш ас шозза мажар кхуссур ю. Цуьнан тата оцу инарлина а девза хьуна. Цул т1аьхьа цо дукха хан ялале и дерриге а адам шел ца деш д1адохуьйтур ду. Кхин цхьа х1ума ду. Бехк сан белахь а, бацахь а, цу ахь буьйцучу сан мостаг1ашна юкъахь Хьаьжа велахь, ас бохура алий, иштта дешнаш ала цуьнга: «Хьаьжа, xlapa де гуш ву-кха хьо». Ткъа инарлица ас цуьнан шен чохь къамел дийр ду, я Гуьржех боьдучу новкъахь цунна дуьхьалкхета хьожур ву.
Т1аьххьара а дуй а кхуллуш дехар до ас, йийцахьа, сан ваша, х1окху балех хьо вер ву боху хьайн деган йовхо.
– Дера, Саь1ид, со шайх а ма вац, – вистхуьлу Зеламха, – хьуна ма-хаъара. Доьххьара буса, кху чу со веъний хьанна хаьа аьлла, ч1ог1а к1адвелла а волуш, д1атевжина, наб озийнера суна. Пенан кхоьллахь суна т1е и х1уттий, тхан дас, Гушмац1ас, олу соьга: «К1ант, воха-м ца воьхна хьо, ца хаьа хьуна хьайна лаьцна го буй?» – олий. Ц1еххашха самаволий, хьехан берте а воьдий, доьазза мажар кхуссу ас ж1арах. Суна дуьхьал т1ом болало. Циггахь хиир-кха суна. Нагахь кху бахьанина сан хан кхаьчнехь, волийла дац. Цкъа лийриг хиларан шеко яц, ткъа доьхна а долуш делча, вайн берашна наха т1ехдеттар ду иза, – бохуш, сан сатедан г1ерта Зеламха.

– Да а, ши ваша а вийна, тешаме доттаг1ий х1аллакбина, масех б1оно го лаьцчча а к1елхьаравуьйлуш хьо леллий хаьа суна, Зеламха, – боху аса. – Х1инца кху хьеха чохь висинчу кепара вон деаний хьоьга цкъа а? – хотту ас.
– Дера, – дуьйцу цо, – нийсса баттахь ца вуьжуш, набахтехь пена к1ел 1уьрг даьккхииа со араваьллачу буса а, Соьлжехь дийнна юьртана го лаьцна, оцу юьрта чохь висинчу буса а, да, ваша, доттаг1а вийначу дийнахь а, шаьш байа д1абуьгу аьлла, доьзал Г1алг1айчу лома д1абуьгуш а холчу х1оьттина ма вац со, цхьана дийнахь Маьлхистойн хьуьна юккъех чекхволуш сайна йоьлхуш дуьхьал еанчу жимчу зудчун дехар сайн дуьззина кхочушдан ца нисделлачу дийнахь санна. Накъосташкара пурба а дехна, дуьхьал новкъа сихха вахана вог1ур-кха со аьлла, Г1алг1айчу доьзал х1ун деш бу хьажа со воьдуш дуьхьалкхийтира шийлачу маьхьарца йог1у цхьа жима зуда. Соьга бехк ца биллар а дехна, шена вашалла дар дийхира цо, шен карара даккхина пхи- ялх бутт кхаьчна божабер а эцна, д1ога басех чу воьдуш ву ши стаг, цаьргара и схьадаккха хьажахьара хьо, аьлла. Говраца цигах чувахалур а ца хилла, цуьнга сайн говр д1а а лацийтина, лайн к1ац хиларна къаьсташ йолчу лорах чу хьаьдира со, цхьана жимчу ирзех дехьаволуш т1е а кхиира цаьршинна. «Х1ей, ши стаг, и бер охьа а диллий, д1авала кхузара», – ас аьлча: «Хьан х1ун бала бу?» – аьлла, вон вистхилира соьга царех цхьаъ. Ас сайга цу зудчо дина дехар дийцича а шек ца велира. Кхоазза дуй кхуллуш а дийхира ас. Цул т1аьхьа делаца ч1аг1о йира, бер охьа ца диллахь, вуьйр ма ву шу шиъ аьлла. И шиъ, ваша а ца вешаш, цхьаммо бер, буьрка санна, ирх а кхоьссина, вукхо шаьлта тоьхна цуьнах ши дакъа а дина, д1аведира. Ас эццахь ший а тоьхна, вийра. И ши ах дина беран дакъа сайн башлакхан т1омахь цу зудчунна т1ехьочу дийнахь санна холчах1оьттина вац-кха со, Саь1ид, цкъа а, – чекхдаьккхира шен дийцар Зеламхас, сан хаттарна жоп луш.

Эпсарш бен ц1арна улло а ца кхочуш, арахь шийла долу хьал сайна довзарна, со башха сиха а вацара хьеха чуьра аравала. Зеламха а, дагахь х1уъа хиллехь а, со аравала башха лууш волчух тера а дацара. Иштта къамелаш деш буьйса юккъал те1хъяьлча, Зеламхас элира:
– Саь1ид, хьошалг1а варна хьуна баркалла, х1ннца хьо парг1ат хила, со жимма сада1а воллу. Нагахь, дукха х1унда Iapa хьо аьлла, инарлас хьайга хаттар дахь, ас сацийна, ара ца волуьйтуш 1ийнера алалахь. Бакъду, Зеламхас шех кхид1а йолчу хенахь ларло бохура ала…
Тесна кхерам инарле ма-барра д1абийца со ца ваьхьира (и бакъдерг-м хиллера). Дийна а волуш, т1евог1уш вац и аьлла, дийцира ас. Сахила йиснарг а яцара дукха хан а, амма милла леш лаьттара со а, гонаха долу адамаш а.
Суна дагадеара Зеламхас Хьаьжега д1аала аьлла дина кост. Ас т1е а вахана, Хьаьжега: «Зеламхас хьога д1а ала бохура: «Хьаьжа, хьо гуш ву-кха xlapa де». И дешнаш ас д1а аьлча, Хьаьжа хьала а г1еттина: «Вало, ши к1ант, д1адели xlapa. Дала аьтто бойла хьан, Зеламха!» – аьлла, д1авахара, шен ши накъост а вуьгуш.
Цул т1аьхьа сатосу хан герга кхочуш, хьехачура шозза мажар елира, ткъа салташа берриге а ломан арц бекош дуьхьал т1ом болийра. Оццу минотехь хьехан бертехула чувоьжна, ломан т1улгаш т1е ветталуш чувоьдуш стаг хаавелира юьйлучу тоьпийн серлонгахь. Инарлас мохь беттара: «Ура-а! Бе-ей!» – бохуш.
Шаьш вийначун докъе хьажа вочу басехула чу хьаьдда вахана инарла, дог вон а хилла, салташа айвина вохьуш вара. И цара т1е тоьпаш йиттинарг, юкъахь гуьйриг а йолуш долу Зеламхин верта хиллера. Г1уллакх иштта дирзина боккха синкъерам хиллера бехк боцуш хьийзочарна а, гуш дара дукхах болчу салташна цунах там хилла хилар а.
Цхьацца дарбанаш лелийначул т1аьхьа меттавеара инарла. Т1аккха велха х1оьттира, зуда санна. Бехк а бацара, вилхича а. Сардал хила сихвеллачу x1oкxo кхоъ телеграмма елла хиллера Бурит1е а, Тифлисе а, Петербухе а, Зеламха шен карахь ву аьлла. Х1инца шен чин дужург хилар а, Зеламхас ша саннарг х1аллаквой а хууш вара иза. Бакъду, Зеламха д1авахана лар ц1енна гуш йоллушехь, суьйлийн эпсар Муртаз-1елис а, оьрсийчо Вербицкийс а цунна т1аьхьа лар-м ца яхьира.
И Зеламха оцу буса шайн карара валар сан бехк болуш санна, сайн доьзалца араваьккхина Сибрехь вахийтира со, даиманна а аьлла. Амма кхо шо сов зама яьллачул т1аьхьа Зеламха цуьнан «гергарчу наха» тешнабехкаца д1овш малийна вийра, ткъа тхо д1ахийцира…

Жимма соцунг1а а хилла, кхид1а а дуьйцу Саь1ида:
– Доьзалца Сибрех а вахийтина, ас бала хьегнехь а, и гуш вац со. Суна х1ун го хьуна аьлча, вайн Нохч-Г1алг1айчохь 1едало, вайнехан пурстоьпийн, юьртдайн гамонаш а нисъеш, г1ийлачу адамашна беш болу ницкъ Зеламхина д1ахиъча шайн чекхбер боций а хууш, и дийна мел ву, цуьнан бекхамах кхоьруш сацийна хилар. И ц1енна хаьара суна. Иштта суна дика дагадог1у Соьлжа-г1ала шайн миска пал (даьтта, к1алд, кхин тайпа сурсаташ) бохка базара бахана нохчийн, г1алг1айн зударий, баккхий нах могг1ара базарахь хевшина 1аш, «уьш муха ле гайта ас шуна» аьлла, цхьана инарлас, т1е пулемет а хьовзийна, царех вуьрх1ийтта вийча, и инарла шен накъосташца Г1изларе воьдуш дуьхьал а ваьлла, ц1ерпошт саца а йина, цу т1ера и инарла юкъахь а волуш вуьрх1ийтта эпсар охьа а воссийна, Зеламхас церан дакъощ охьадахкар. Кхин а дагадог1у суна, Зеламха набахтера веддачу шолг1ачу шарахь дуьйна вайн ярташкахь ницкъаца, хьолаца тоьллачара г1ийлачарна, мискачарна шаьш х1инццалц бина луьра ницкъаш совцийна хилла хилар а…
– Ванах, Саь1ид, жимастаг волчу хенахь шун юьртахь ша тайпа къаьсташ xlyма долуш билгал варий Зеламха? – хоьтту тхан дас 1усмана.
– Г1иллакх-оьздангалла шегара цхьаммо а доккхур доцуш жимастаг вара иза. Цхьана а юьртахочуьнца цуьнан дар-дацар хилла боху меттиг хааелла яцара, – дуьйцу Саь1ида. – Юьртахь жимчо а, воккхачо а олура: «Зеламхас бахахь, бакъ ду шуна», – олий. Амма Зелемхан да, Гушмац1а, чехка (сиха) стаг а вар-кх хьуна. Зеламханан воккхах волчу вашас цхьацца х1уманна т1ехь юхаозавора и: «Дада, собар дехьа, сихо дика яцар-кха х1уман т1ехь», олий. Бакъду, цхьацца нехан меттанаша, цуьнан шен цхьана а тайпана бехк а боцуш, цхьа болчу нахаца 1иттаделлачу г1уллакхаша дезийтира Зеламхин шен оцу новкъа х1отта. Юха т1аьххьара а ойла елахь хьайна: массо а ша бечу т1амехь Зеламхин толам хилла хиларо а гойту хьуна и даима а бакълуьйш хилар. Амма ша к1орггера тешаш, шен дегайовхо йолуш хиллачу адамийн тешнабехкана дуьхьал дарба ца хилла-кх цуьнан…

Вайнах, №9, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх