Муса Ахмадов. Орцахвалар

ahmadov_musa333Драма

Дакъалоцурш:

ИСРАИЛ
АУД
1АБДУРАШИД – воккха стаг
1ИБАДИ
1ИЛМАН – Исраилан к1ант.
1-ра ЗУДА
2- г1а ЗУДА
3-г1а ЗУДА
1- ра СТАГ
2-г1а СТАГ
1-ра Т1ЕМАЛО
2-г1а Т1ЕМАЛО
1-ра САЛТИ
2-г1а САЛТИ
3-г1а САЛТИ
4-г1а САЛТИ
КОМАНДИР
МУСА – ОМОН-н командир
МИЛЬЦО ХЬАМЗАТ
НАХ, ЮЬРТАХОЙ.

I сурт

Эвла йистехь т1улг буьллуш воллучу 1абдурашидна т1ех1утту Исраил, Ауд.

1АБДУРАШИД.
Т1улг т1е т1улг буьллуш,
Дозанехь харш тосуш,
Харш чу х1у дуьйш,
Дахаран х1у доь доцуш довр дац…

Вало, Докка, ахь ворданца г1ой т1улг ба, ас х1ара д1абуьллушшехь.

Эццехь кеманан г1овг1а хеза. Докка стигал хьалхьожу.

ДОККА. Воккха дада, хьажахь, кема ду!
1АБДУРАШИД. Кема вайна диканиг дохьуш ца дог1у хьуна. Вало, сеца а ца сецаш, т1улг схьаба!
ИСРАИЛ.Ассалом-1алайкум, 1абдурашид!
АУД. Суьйре дика хуьлда хьан, 1абдурашид.
1АБДУРАШИД. Ва1алейкум салам, марша дог1ийла шу!
ИСРАИЛ. Ахь кхойкху аьлла тхойшиъ хьо волчу чухьоьвзинера, хьо кхузахь ву аьлла, схьавеана тхойша, 1абдурашид.
1АБДУРАШИД. Кхайкхинера. Делахь а, шуьшиъ маца вог1у а ца хаьа, шуьшиъ схьакхаччалц т1улг билла ас аьлла, араваьллера со.

Оцу хенахь вордан т1ехь т1улг бохьуш схьавог1у жима к1ант.

1АБДУРАШИД. Кхузахь охьабассабе ахь, Докка. Вайн луларчу Джабраилан к1ант ву и, воккхачу стагана г1о дан веана. Х1инца сада1а ахь, Докка, дадин къамел чекхдаллалц.
ИСРАИЛ. Ва 1абдурашид, кху эвла йистехь х1ара т1улгаш т1ек1алдохуш, хьо х1ун дан г1ерта-техьа?
1АБДУРАШИД. Эскарша вайн юьртана го биллина ца боху аш? Со а воллу-кх вайн юьртана вайн лаьмнийн т1улгашца г1о билла.
АУД. Цунах х1ун дуьхьало хир ю? Эрна къахьегар дац иза?
1АБДУРАШИД. Хьан Дала хан яхъерг, Ауд, танканашна дуьхьал кху сан т1улгех дуьхьало хир йоцийла хаьа суна, х1етте а массо а уьрдан, массо а кертан, массо а юьртан шен доза хила деза. Вай дозанаш ца лардар, уьш вайн ца хаьар ма ду вайн галдаьлларг. Вайн юьртан доза билгалдийр ду аьлла, араваьлла со, Делан дуьхьа нийят дина.
ИСРАИЛ. Дала аьтто биэ хьан, 1абдурашид, цу т1ехь.
АУД. Бакъдерг дийцича, со т1аьхьа-м ца кхуьу, х1унда оьшу иза…
1АБДУРАШИД. Вайн декхар бахьанаш лелор ду. Ткъа жам1 сийлахьчу Аллах1ехь ду. Схьадуьйлу, охьалахло вай. (Эццахь генахьуо даьллачу герзан г1овг1а хеза). Хезирий шуна? Шун ма-хаъара, лахенца баьлла т1ом вайн юьртана гергаг1ерташ бу. Хьалхалераниг г1ан хоьтуьйтуш ирча бу боху х1ара т1ом. Хийла бехк-гуьнахь доцу адамаш дайина салташа аьлча а, оцу хьерадоьвллачу ж1аьлеша. Нах суна т1е оьху, воккха ву бохуш. Хан д1аяларх сан нахана дала хьекъал дац. Исраил, хьо бусалба дешар дешна, 1илма 1амийна стаг а ву. Ткъа х1ара Ауд Москвахь дуьненан 1илма 1амийна ву. Вайн юьртара лахенца боьду некъ д1акъовлале, шуьшиъ охьа а вахана, цигахь болчу вайн хьекъал долчу, лераме нахах дагаваьлча бакъахьа хета суна. Х1инца шуьшинга а ладуг1ур ду-кх ас.
ИСРАИЛ.1абдурашид, суна нийса хета ахь бохург. Иштта дича бакъахьа хир ду. Дагадовла деза нахах. Нохчийчоь йоккха ю, х1ара вайн юрт дукха жима юрт ю. Вай цхьана нахана т1етовжа деза. Ахь х1ун олу, Ауд?
АУД. Со новкъавала кийча ву, машен а ас кечйина, куьйгаш 1иттина.
1АБДУРАШИД. Делахь, катоххий новкъавала. Дала 1алашвойла шуьша.
ИСРАИЛ. Дела реза хуьлда. Ауд, хьо хьайн машенца вайн не1арга схьахьовза. Со некъана кечамаш бан чувоьду.
АУД. Дика ду. 1абдурашид, шу марша 1ойла, тхойшинна са ма гатделаш.
1АБДУРАШИД. Марша г1ойла, некъ дика хуьлда шун! Со Далла 1амал еш, ц1акхаччалц шуьшиъ Деле воьхуш хир ву.

2 сурт

1 СТАГ. Ладог1алаш, нах. Массо маьждиге д1авола!
2 СТАГ. Маьждиган хьалхарчу майдана гулло! Вайн лахенца охьавахана шиъ ц1авеана.
1 СТАГ. Цаьрга ладог1а схьагулло. Цара х1ун деана хаа.

Нах маьждигана хьалхарчу майдана гулло. Юкъаволу 1абдурашид.

1АБДУРАШИД. Везахинволчу Дала шен дуьхьа дойла вайн вовшахкхетар! Шуна ма-хаара, Исраил а, Ауд а Соьлжа-Г1ала ваханера, цигахь х1ун ду хьажа а, цигарчу хьекъалдолчу нахах дагавала а. Делан къинхетамца х1ара шиъ могуш-маьрша юхавирзи. Х1инца кху шинга ладуг1ур ду вай.
ИСРАИЛ. Кху ламчуьра аренга довлу некъаш х1инцале эскарша дихкина ду вайна. Тхойшиъ дукха хала кхечира Соьлжа-Г1ала. Цигахь бевзачара, безачара – массара а йоккхачу дегайовхонца хьахавеш вуьйцура Ахьмад-Хьаьжа. Х1ара вайн миска къам кху т1еман балех к1елхьарадаккха нийят дина араваьлла иза, бохуш. Соьлжа-Г1алахь нах т1еоьцуш меттиг ю цуьнан. Цигахь дукха адам дара гулделла, Ахьмад-Хьаьжина т1екхача лууш. Тхойшиъ ламчуьра генара веана хилар хехочо шега хаийтича, рог1ехь ца латтош, т1еийцира Ахьмад-Хьаьжас. Ч1ог1а лерина ла а дуьйг1ира, охашимма вайгара хьал дуьйцуш. Цо ша т1елаьцна декхар а, вайн халкъ т1амах к1елхьарадаккха, и т1ом кхин цкъа а вайн коча ца баийта ша хьоьгуш долу къа а дийцира. Со ч1ог1а тешна иза доггах вайн къоманна орцахваьлла, Делан дуьхьа къахьоьгуш хиларх.
1ИБАДИ. Ткъа вай х1ун дан деза элира цо?
ИСРАИЛ. Вай х1ун дан деза а элира. И дийца г1ерташ ву со, 1ибади. Ахь жимма собар дичахьана. Вайга кху юьртахь маьждигехь дийнахь а, буса а ца ходуьйтуш Къуръан деша бохура, Делан дашца ду к1елхьаравалар а, цуьнца ду дегнашна дарба а, бохам д1ататтар а… Деле вайн дерриге а къам доьхуш, до1анаш де бохура.
1АБДУРАШИД. Уйт, маржа дуьне-я1, ма онда, ма нийса хьехар ду-кх вайна Ахьмад-Хьаьжас динарг, ма ц1ена къамел ду-кх иза! Тахана дуьйна д1адоло деза Къуръан дешар. Бакъдерг дийцича, и деша хуурш дукха-м бац х1окху юьртахь.
ИСРАИЛ. Ас лерича, шийтта-кхойтта стаг ву.
1АБДУРАШИД. Шийтта-кхойтта стаг! Ма жима ю-кх вайн юрт, ма къен ю-кх!
ИСРАИЛ. Х1ун дийр ду, 1абдурашид, доцург дац-кх. Оцу шийтта-кхойтта стага дийнахь-бусий шишша сахьт лардичахьана Къуръан дешар ца соцуьйтуш д1адахьа аьтто хир бу-кх вайн.
1АБДУРАШИД. Иза а бакъду. Ауд, ахь х1умма а олий?
АУД. Ахьмад-Хьаьжас кхин цхьа х1ума а т1едиллира вайна. Шайн юьртана доладие боху цо, юьртда а, юьртана ха дан хехой а харжий.
ХЕХО. Кху юьртара бераш хада тоххарехь вовшахакхета, аш и да бакъо яллалц 1аш дар тхо…
1АБДУРАШИД. Ладог1ал, х1ай нах! Юьртда х1ара Ауд хаьржича бакъахьа хета суна. Нохчашца а, г1азкхашца а бийца багахь мотт болуш ву. Дуьненан 1илма 1амийна а ву. Реза дуй шу?
НАХ. Реза ду, реза ду!
1АБДУРАШИД. Нах реза бу, Ауд, кху юьртан дукъ хьуна т1едилла. Юьртана ха дан хехой а айхьа вовшахтухур ахь. Дала аьтто бойла хьан!
АУД. Дела реза хуьлда хьуна а, 1абдурашид. Дала мукълахь, сайга далург дийр ду-кх ас вайн юрт бохамех ларъян.

3 сурт

1абдурашид волчахь.

1АБДУРАШИД.

Т1улг т1е т1улг буьллуш,
Дозанехь харш тосуш,
Харш чу х1у дуьйш,
Дахаран х1у доь доцуш довр дац…

ИСРАИЛ. Ассаламу 1алайкум, 1абдурашид.
1АБДУРАШИД. Ва1алайкум ассалам, Исраил, Ауд, чохьавала. (Чуволу Исраил а, цуьнца Ауд а). Шуьшиъ лаа лелий?
ИСРАИЛ. Лаа лела тхойшиъ. Ауд, ахь дийцахь вайшимма деанарг, ахь дикахо дуьйцур дар-кх иза.
АУД. Хьуна лаахь, ас дуьйцур ду. Лераме 1абдурашид, ахь сайга кховдийча, дуьхьало а ца еш, юьртаден декхарш т1елецира ас, х1окху заманахь и дарж оьшуш кхин стагга а воцу дела. Цуьнца цхьаьна суна т1едоьжна кху юьртахошна хьалха долу жоьпалла.
1АБДУРАШИД. Бакъду иза. Х1ораммо жоп дала деза ша 1уналла дан хьакъволчу х1умнах.
АУД. Юьртара ялта д1адолуш лаьтта. Лахенцара вайна орца ца кхачахь, масех де даьлча юьртахь мацалла х1уттур ю. Цундела со сайца цхьа ши накъост а эцна, ялта дан ваха воллу. Нагахь аш, баккхийчара, сайна бакъо лахь.

1абдурашид ойлаеш, цхьана юкъана д1атоь.

1АБДУРАШИД. Соьга аш хеттахь, и некъ марша баллалц цхьа а новкъа вер вац. Х1унда аьлча, х1ора денна схьахезаш ду цу новкъахь бехк боцуш дойъучу адамех долу хабарш. Цундела сатухур ду вай.
ИСРАИЛ. Хьо бакълоь, 1абдурашид. Х1окху халчу киртигехь сиха ца луш, собаре хила деза. Амма мацалла хала ю. Мацалло адам дохадо шен оьздангаллех, собарх.
1АБДУРАШИД. Ва, Исраил, аш х1ун мацалла юьйцу? Мацалла х1отта вай Казахстанехь ду, я Сибрехахь ду? Вай вешан ц1ахь дац? Кху юьртахь х1ораннан кертахь аьлча санна дуо бац? Цу чохь дукха а, к1езга а хьаьжк1а яц? Цхьаболчеран кертахь бежана дац?
АУД. Иштта-м дара иза. Амма хьаьжк1аш ахьа цхьа а хьера ца йитина. Хи т1ехь йина хилла ши хьера йохийна, кеман т1ера ракеташ а етташ.
1АБДУРАШИД. Кахьарш яц нехан? Кахьарца ахьар ца даккхалахь а, жарж баккхалур бу. Д1а1ийр ду-кх, жоржан хударш а дууш.
АУД. Кахьарш ю моьттуш вац со нехан. Шайна уьш цкъа а оьшур яц моьттуш, д1акхиссина.
1АБДУРАШИД. Со волчохь ю цхьа кахьар, иза вовшашка а луш, юьртах чекхъяккха. Вайн юрт кхин йоккха а яц, шовзткъа-шовзткъе итт доьзал.
ИСРАИЛ. Хьо бакълуьш ву. Т1елаьтташ 1ожаллин кхерам а болуш, хьо а, хьан накъостий а новкъабовлийта ца лаьа суна а, Ауд. 1абдурашида бохург дийр ду вай.
АУД. Дика ду, Исраил, собаре хир ду вай.

4 сурт.

Маьждигана хьалхара майда. Арахь лаьтташ 1ибади ву, т1евог1у Ауд.

1ИБАДИ. Мила ву боху ахь кхуза веанарг? Суна бевзаш нах бац уьш, т1емалой бу шаьш боху цара. Маьждиг чохь 1ийр ду шаьш боху цара.
АУД. Къуръан саца-м ца дина доьшучуьра?
1ИБАДИ. Ца сацийна.
АУД. И дика ду. Схьа аракхайкха оцу т1емалошна хьалхаваьлларг.
1ИБАДИ. Х1инцца. (Чувоьду. Т1аккха ши т1емало хьалха а волуш, араволу).
АУД. Салам 1алейкум.
1 Т1ЕМАЛО. Ва 1алайкум салам. Х1ун боху аш?
АУД. Маьждиг аш буйсанаш яха общежити яц. Эшахь, буьйса яккха меттиг карор ю вайна. Шаьш х1ун некъ арабаьккхина даьхкина дийцийша.
1 Т1ЕМАЛО. Тхо кхузахь позици лаца даьхкина, х1ара юрт мостаг1ех ларъян. Тхаьш буьйсанаш мичахь яха еза ца хууш а дац тхо, ахь ца хьехча а. Цу т1е хьуна отчет яла тхан г1уллакх а дац.
АУД. И тайпа эвхьаза къамел ларт1ехь волчу стага дан йиш яц. И иштта делахь, накъост, ахь х1ун де аьлча, хьайн биргад эций, кху юьртара арадовла. Кху юьртан дай бу хьуна, ларъян нах бу хьуна. Теркал дехьара кху ламчу кхаччалц позици лаца кхин меттиг йоцуш веана хьо?
1ИБАДИ. Х1ети, х1етий. Х1ара санначара и ч1ижарг1а стигал хьала а кхуссий, кеманашка т1е бомбанаш йоьттуьйту.

Оцу хенахь маьждиган керта бевллачу хехоша, т1е герзаш а лоцуш,
гуобо кхайкхаза баьхкинчу хьешашна.

1 Т1ЕМАЛО . И х1ун ю ахь юьйцург?
2 Т1ЕМАЛО. Х1ара нах бакъ луьш бу, кхузар д1адаха деза вай. Тхо-м д1аг1ур ду, амма аш муха ларйира ю шайн юрт, керахь герзах х1умма а йоцуш? Оха санна шун хабаршка ладуьг1ур дац цара.
ХЕХО. Цхьаъ дийр ду оха…
2 Т1ЕМАЛО. Муьжги схьакхачахь тхо дагадог1ур ду шуна…
1.Т1ЕМАЛО. Тхо дезаш а, т1еоьцур а долуш ярташ дуккха а ю.
1 ЗУДА. Собардайша, х1ара хьокхамаш хьойша, х1инцца ас деттина довха хьокхамаш ду шуна
1 Т1ЕМАЛО. Шун хьокхамаш ца оьшу тхуна, шуьца цхьа а вуо-дика а ца оьшу тхуна…
2 Т1ЕМАЛО. Деца, схьада ахь х1орш. Дала саг1адойла хьан уьш.

5 сурт

1 СТАГ. Х1ей нах, х1ей, вайна дама деана. Массо маьждиган майдана д1авола.
1 ЗУДА. Хьан деана и дама, мила ву вайна орцахваьлларг?
2 СТАГ. Москвахь болх беш волчу Исраилан к1анта деана боху. Камаз йоьттина дама а дохьуш, схьакхаьчча иза.
2 ЗУДА. Дала диканца бекхам бойла царна! Ма доккха х1ума ду-кх цара динарг!

Нах гулло маьждиган майдана.

1АБДУРАШИД. Марша вог1ийла хьо, жима къонах. Хьо хьенан, мила ву?
АУД. Х1ара-м вайн Исраилан к1ант ву, 1илман, Москвахь болх беш верг.
1АБДУРАШИД. Ву?! МашаАллах1, Исраилан к1ант иштта ца хила йиш яцара. Ва 1илман, тхо муха дагадаьхкира хьуна?
1ИЛМАН. Шу дагара девлла-м цкъа а дацара суна. Х1ара ялта вовшахтоьхначул т1аьхьа а хьевели новкъавала ца х1уттуш.Эххар а, г1алахь Ахьмад-Хьаьжина т1е а вахана…
АУД. Ахьмад-Хьаьжина т1екхечира хьо, 1илман?
1ИЛМАН. Кхечира. Со мичара ву хиъча, хьоьга а, дадига а маршал ло элира цо.
ИСРАИЛ. Делера маршал хуьлда цунна а. Гора Ахьмад-Хьаьжа я1, шена т1еоьхуш оццул адам доллушехь, тхо дицдина-м ца хилла.
1ИЛМАН. Цо шеца болх беш волу ши милцо а велла, цаьрца хьалавеа со. Вуьшта-м, салташа цхьа ког боккхуьйтуш бац. Хийла машен ю оцу некъаца лаьтташ. Т1е герз диттина, йохийна лаьтташ.
1АБДУРАШИД. 1илман, хьо юхаг1ур волуш вуй?
1ИЛМАН. Дала вахийтахь, х1ара дама охьа ма дассийнехь юхаваха веза.
1АБДУРАШИД. Хьайн аьтто балахь, Ахьмад-Хьаьжига тхо цуьнан хьехам кхочушбеш ду алалахь. Кхузахь маьждиг чохь хаддаза доьшуш Къуръан ду ала.
1ИЛМАН. Дала мукъалахь, д1аэр ду.
НАХ. Массарна а кхочур дуй-техь х1ара дама?
Доьзал дукха болчарна шишша гали дала деза!
1ИБАДИ. Цунна са ма гаттаде, массарна а тоъал деъна 1илмана вайн дама.
АУД. Сих ма ло, нах, сих ма ло! 1ибади, мичахь ю исписка?
1ИБАДИ. Исписка кхузахь ю, массо д1аязвина а ву. Цхьа а виц ца вина.
АУД. Иза дика ду. Вайн кегийчу нахе баккхийчарна а, зударшна а шайн-шайна охьадиллийта дама.
1ИБАДИ. И дан кийча бу-кх юьртан хехой.
1 ЗУДА. Дала саг1адойла хьан дама!
2 ЗУДА.Дала 1алашвойла хьо, ма доккха х1ума ду ахь динарг!
1АБДУРАШИД. Кхин хьала ма г1ерталахь некъаш маьрша довллалц, х1ара рицкъа-м тхуна эхашарна а тоьур ду.
1ИЛМАН. Аьтто балахь, кхин цхьа рейс ян дагахь ву со.
1АБДУРАШИД. Дала 1алашвойла хьо.
1 СТАГ. Амин, Дала 1алашвойла!
2 СТАГ. Дала къобал саг1адойла шу рицкъ.
АУД. 1ибади, 1илмана некъа т1ера салтий хийцабалале юхаверза дагахь ву ша боху, машен сиха яссо еза.
1ИБАДИ. Кхеташ ду. Х1ара яссо итт минот а ца оьшу. 1илман хьо нене вистхилла схьавогг1ушехь кийчча хир ю машен.

6 сурт

1абдурашид, Ауд, 1ибади, кхиболу нах баьхкина Исраил волчу керта.

1АБДУРАШИД. Ассаламу 1алайкум, Исраил!
ИСРАИЛ. Ва1алайкум салам, 1абдурашид. Аш х1ун леладо, шу лаа дуй, оццул вовшахкхетта?
1АБДУРАШИД. Исраил, массо Делан кхел кхаьчча цхьацца бахьанашца д1аверза везаш ву. Жимчух къахета-кх.
ИСРАИЛ. Х1ун ду хилларг, 1абдурашид?
1АБДУРАШИД. Дала ийманца собар а, собарца ял а лойла хьуна, Исраил… и к1ант, 1илман, юха а вайна ялта дохьуш вог1уш хиллачух тера ду. Ша вог1уш хилла иза, шеца хьалха санна милцой а ца балош. Вайн юьртан йистехь лаьтташ болчу салташа т1ех а валийтина, т1ехьара т1е герз тоьхначух тера ду цунна.
АУД. Эвла йистехь лаьтташ машен а гина, х1ун ду хьовса т1ег1оьртинера тхо. Салташа герзаш кхуьссуш, т1е ца дуьтура. Эххар, цу блокпостехь лаьтташ болчех лакхарчунна т1екхача аьтто а хилла, цо бакъо а елла, дакъа схьадеара оха. Дала гечдойла 1илманна, дика к1ант вара иза.
ИСРАИЛ. Алхьамдуллилах1, Делан кхел хилла-кх иштта, реза ду-кх вай Делан кхелана. Т1амна юккъе а хиина, сох т1ом ма хьакхалахьара бохург а, логгелц хи чу а ваьлла, со т1ада ма вахьара бохург ду. Т1ом т1ом ма бу. Иза массарех хьакхалур бу. Тахана вайна т1екхечи и раг1. Ауд, 1ибади, тезет д1ах1отто кечам бе. Дала Шен дуьхьа дойла аш хьегна къа.
1АБДУРАШИД. Дала ялсаманин хьаша войла иза, Дала гечдойла цунна.
АУД. Дала гечдойла цунна.
1ИБАДИ. Амин.

Наха назма олу.

7 сурт

Маьждиган майда. Цигахь 1абдурашид, Ауд, Исраил, 1ибади ву.

1АБДУРАШИД. 1ибади, мича баха новкъабевлла юьртара нах, х1ун леладо цара?
1ИБАДИ. Т1емалой т1е а летта, дарбелла бу боху вайн юьртан уллохь лаьтта салтий. Вайна юххехь йолчу юьртахь къизаллаш лелийна цара, масех стаг а вуьйш. Цунах кхерабелла бу нах. Вайл а лакхахь йолчу лаьмнийн к1отаршка хьалабовла ойла ю нехан.
1АБДУРАШИД. Т1амна хьалхара идарх к1елхьарадевр дуй-техьа?
ИСРАИЛ. Д1аваха луучуьнга д1а ма г1о ала йиш яц вайн, амма со суо бухасоцур ву.
АУД. Со а соцур ву.
1АБДУРАШИД. Къуръан доьшучуьра сацо йиш яц вайн, х1уъа хилахь а!
ИСРАИЛ. Д1авоьдушверг д1авахийта. 1ибади, хьо хьалха валий, новкъа баха уьш… Дала 1алашдойла шу.
1АБДУРАШИД. Дала 1алашдойла вай массо а. Делан къинхетам боккха бу. Цуьнга сатуьйсу-кх вай.

Д1аоьхучу нехан г1овг1анаш, белхарш…
И г1овг1анаш къаръеш хеза Къуръан доьшучун аз.

8 сурт

Салтий бог1у маьждигана хьалхахь йолчу майдана.

1 САЛТИ. Командир, мы обыскали все село.
КОМАНДИР. Нашли кого?
2 САЛТИ. Никого не нашли, все ушли.
КОМАНДИР. Значит, чувствуют себя виноватыми.

Эццахь гучуволу хьалхаваьккхина валош 1абдурашид а, Исраил а, Ауд а, 1 зуда а йолуш ши салти.

КОМАНДИР. А село-то, оказывается, не все покинули. Доложи, солдат.
3 САЛТИ. Мы их в мечети нашли. Сидят на ковре полукругом, читают свою священную книгу. Избу-читальню устроили в мечети.
КОМАНДИР. А старуха откуда?
3 САЛТИ. А старуха во дворе мечети чистоту наводила.
КОМАНДИР. Понятно – информаторы. Уходя, боевики оставили информаторов, значит пособники бандитов. С пособниками бандитов у нас разговор короткий – расстрелять!
АУД. Ты что? Неужели у тебя рука поднимется на стариков?!
ЗУДА. Х1ун боху цо?
ИСРАИЛ. Командир, я тебе сейчас все объясню…
КОМАНДИР. Молчать! Вы все пособники бандитов. Расстрелять.
3 САЛТИ. К стенке!
4 САЛТИ. Может, не надо, командир…
КОМАНДИР. Молчать! Слюнтяй! Выполняй приказ!
4 САЛТИ. Ну какие они враги? Старики да бабушка!
КОМАНДИР. Молчать! Выполнять приказ!
4 САЛТИ. Я не буду стрелять в стариков…
КОМАНДИР. Степан, Гоша, разоружите предателя! И к стенке его с этими.
Я сказал – разоружите его!

Салташа кхочушдо шайга бохург.

3 САЛТИ. К стенке! (Герз кхуссу).
АУД. Да что вы творите? Если ты мужчина, выйди со мной один на один, оставь их!
КОМАНДИР. А зачем мне с тобой возиться? Пуля в лоб и готов.!
АУД. Тебе не жить, собака!

Ауд чухьоду командиран, салташа приклад тухий, иза вожаво.

1 ЗУДА. (Мохь хьокху). Ва Дела, орцахвалахь тхуна! Ва орцадала!

Оцу хенахь нохчийн ОМОНан к1ентий, салташна гуобеш,
герзашца т1ех1уьтту.

МУСА. Стоять, не двигаться!
КОМАНДИР. Кто вы такие, откуда вы взялись?
ХЬАМЗАТ. Мы – чеченский ОМОН. Не двигаться! Оружие на землю, и удаляемся быстрым шагом за территорию села.
МУСА. (Герз кхуссуш). Выполняйте приказ! А то мы всех вас перестреляем тут. (Салташа кхочушдо шайга бохург).
КОМАНДИР. Мы еще посмотрим, кто кого перестреляет. Вы еще пожалеете о том, что здесь показались. Очень скоро. (Салташка). Уходим!

Салтий д1абоьлху.

ИСРАИЛ. Алхьамдуллиллах1, ма боккха бу-кх Делан къинхетам.
1АБДУРАШИД. Дала леладе шу могуш-маьрша! Шу мичара девли, мичара кхечи? Хьенан, муьлш ду шу?
МУСА. Муса ю сан ц1е, ц1ера кху ламчура ву со, вехаш-1аш Теркал дехьа ву. Х1ара сан накъост Сулим ву.
ХЬАМЗАТ. Х1ара Муса тхан куьйгалхо ву.
АУД. Сан ц1е Ауд ю, юьртда ву со кхузахь. Х1ара Исраил ву, х1ара 1абдурашид ву…
МУСА. Шун луларчу юьртахь салташа къизаллаш лелийна, аьлла хаам кхаьчнера Ахьмад-Хьаьжин штабе. Цундела, изза шун юьртахь лело кхерам бу аьлла, кхуза хьовсийнера тхо Ахьмад-Хьаьжас.
1АБДУРАШИД. Маржа, Ахьмад-Хьаьжа, Дала г1о де хьуна, ма шен хеннахь кхечи тхуна хьан орца!
ИСРАИЛ. Дала диканца бекхам бойла шу кхуза хьажийначу Ахьмад-Хьаьжина а, шуна а.
ХЬАМЗАТ. Ауд, Исраил, шуьшиъ ву моьтту суна, Ахьмад-Хьаьжас тхоьга хьехийнарг?
ИСРАИЛ. Хилира тхойша и волчохь. Х1етахь дуьйна цуьнан хьехар кхочушдеш, схьадог1уш ду. Тахханалц сецна дац кху маьждигехь доьшуш долу Къуръан. Тахана и Делан мостаг1ий чу а лилхина юкъах даккха дийзира.
1АБДУРАШИД. Исраил, юкъах ца дисира хьуна Къуръан дешар… со дагахь доьшуш ма вара.
ИСРАИЛ. АлхьамдуЛлилах1, хастам бу Хьуна, Йа Аллах1! К1ентий, шу тхан деза хьеший ду. Шу ялтех ца кхоьтуьйтуш д1адахийта йиш яц. Дуьло, со волчу х1усаме.
МУСА. Х1ан-х1а, воккха стаг, тхан х1инца а кхача дезаш меттигаш ю. Ахьмад-Хьаьжас д1аболийна боккха болх бу. Россин эскарш некъашкара а, ярташкара а ара а дохуш, махкахь низам а, 1едал а латтор нохчийн милицина т1едиллийта г1ерташ. Цундела, тхан белхаш дукха бу.
ХЬАМЗАТ. Дала мукълахь, кестта некъаш маьрша а девла, зуламхой совца а бина парг1ат дехар ду вай.
ИСРАИЛ. Дала мукълахь!
1АБДУРАШИД. Дала аьтто бойла шун цу т1ехь, ма дика болх бу иза. Дала 1алашдойла шу!
МУСА. 1одика йойла шун! Марша 1ойла!
ИСРАИЛ. Ахьмад-Хьаьже тхоьгара салам-маршал лолаш. Дала сий дойла, Дела реза хила ала тхо диц ца дарна, тхуна орцахваларна.

Милцой д1абоьлху. Хеза назма.

ИСРАИЛ. Ауд, муха ву хьо?
АУД. Суна-м х1умма а ца хиллера. Нах ц1аберзо ваха веза со.
1АБДУРАШИД. Г1о, Дала х1ара вайх бина къинхетам д1абийца цаьрга. Со юьрт йисте вайн дозан т1улг кхин д1а а билла воьду.
АУД. Оьшуш х1ума ду ахь деш дерг. Хьалха со ахь лелочух дикка кхета а ца кхетара. Дала мукълахь, х1ара т1ом д1а а бирзина, хила дезачу дозанашкахь дехар ду вай.
АУД. Дала мукълахь!

Хеза мукъам.

Кирхьа.

Вайнах №3 печатная версия, №9 электронная версия.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх