Мовла Сайдцелимов. Дагалецамаш.

Нохчийн къам шен Даймахках къасторах, хийрачу махкахь яьккхинчу халачу, къизачу хенах назманаш, узамаш, иллеш, эшарш а кIезиг яц. Уьш нохчийн къомо ГIум-Азехь лайначух яздан, дийца а ца мегачу хенахь кхоьллина, цаьрга ладийгIинчара шайн иэсехь ларъярна тIаьххьарчу заманахь (20-чу бIешеран 90-чу шерашкахь) зорбанехь арайийлина, хIинца а араюьйлуш ю.
Нохчийн прозаикийн, поэтийн исбаьхьаллин произведенеш «Всполохи» (З. Абдулаев), «Лаьмнаша ца дицдо» (М. Сулаев), «Кхолламан цхьа де» (А. Айдамиров), «Даймахке сатийсар» (М-С. Гадаев), «Кхаж», «Лазаман лорах» (I. Шайхиев) и. дI. кх. а оцу заманах ю.
Журналийн, газетийн а агIонаш тIехь кIезиг ара ца бийлина вайн махкахойн дагалецамаш а.
Х1окху дагалецамийн автор Цоцин-Эвлара Сайдцелимов Мовла Даймахках къастаран хало лайначийх цхьаъ ву. Iедало елла карахь цхьа а кехат-бакъо йоцуш, ша къайлах Даймахка, юха цигара ГIум-Азе бинчу а халачу некъах дуьйцу цо. Исбаьхьаллин басаршца кхала а ца гIерташ, автора ма-дарра яздина охьадиллинчу йозанан хатI бен ца нисдеш, шун кхиэле бохку оха хIара дагалецамаш.

Даймахке сатийсар
Новкъавалар

Иза дара 1954 шеран февраль беттан тIаьххьарчу деношкахь. Тхан да колхозехь говраш Iалашъеш вара. Цуьнан декхаршна юкъадогIура: докъаран рагI дагарца хеда а еш, муьшца гехь 50-60 гIулч сов генара и докъар схьа а кхоьхьуш, хьаьвдешна чудиллар, божал цIена латтадар, уллерчу татол чуьра говрашна хи малор, буьйсана ха дар, хьаьвдеш чуьра хьаьрдаш дIаяхар, докъаран раьгIнаш ларъяр.
И болх бича, тхан дена шалха къинхьегаман денош яздора. Хьийкъина тIедаре хьаьжжина, къинхьегаман деношна ялта а лора. Цхьана дийнахь, малх чубузучу хенахь, со тхайн ден белхан метте вахара.
– КIант, хьо кхузахь сацахьа, со, маьркIажа ламаз а дина, вогIур вара, – элира соьга дас.
Тхан цIа цуо болх бечу меттигна 200-250 гIулч хиллал бен гена а дацара. МаьркIажа хан хилча, тхан дас ха дечу жимчу цIа чу, цхьацца вогIуш, кхоъ турко-месхетинец веара. Цара шаьш азербайжанцаш ду а олура, шайна аьттонна. Царел тIаьхьа, дукха хье ца луш, сан юьртахо Даудов Баудди а веа. Уьш, цIенкъа тесначу ча тIе охьа а хевшина, Кавказах лаьцна къамелаш дан буьйлабелира. Буьйцург юкъара гIиргIазойн мотт бара.
Цара дуьйцура Кавказехь шайна гинчу, евзинчу а гIаланех: Баку, Батуми, Тбилиси, Кутаиси…
– Со-м кхана а гIур вара Кавказе, – элира ас, церан къамел сецча.
– Къийго мас-м хьур яцара хьан цига, – элира Бауддис. – Хьо цига водахь, ас итт туьма ахча а лур ду хьуна, тIевосса хьуна хьошалла дендолу стаг а вуьйцур ву.
– Иза мила ву? – хаьттира ас.
– Эндишов Маьмид ву, – элира цуо.

Ас и цIе – Эндишов Маьмид – юха-юха а йохуш, сайн дагахь латтайора. Чохь волчу кхаа туркочо а, шаьш а пхиппа туьма ахча лур ду хьуна элира. Со-м церан ахчане сатуьйсуш а, я цара бохург бакъ хеташ а вацара. Церан къамелаш дуьххьалдIа шайна клеверан цIов бахьархьама дуьйцуш дара. Бауддис аьлларг дагах а кхетта, ас Даймахка ван сацам бира. Цу тIе, айса царна делла дош кхочушдар сайна тIе а лецира. Тхан колхозехь мангал туоха а, маьрсаца цIов баккха а меттиг яцара. Тхан колхоз «Ага» («Хьалхахьа») цхьана заманчохь доккха хи леллачу тIулгийн, жагIанан тогIи чохь яра, шех гIиргIазаша «Сай» олуш. Цигахь хIумма а ца кхуьура, цхьа саксаул бен. Кхийолу аренаш ерриг ялта дуьйш яра. Бешара даьллачул гIодмийн цIов бен, бежнашна хьалха таса хIума яцара. Цундела, наггахь колхозан кертара цIов бахьа вогIург а хуьлура. Уьш махкахой хиларна а, гIийла-мисканаш хиларна а, царех къа а хетий, тхан дас цаьрга цIов бохьуьйтура, ша низам талхадахь а. Колхозо Iаьнна кечдина докъар, дукхахьолахь бухадуьсий, аьхка догIанаш тIе а догIий, дахкалора. Цундела тхан дас, Ленина аьлла: «Йовш, хIаллакьхуьлучу хIуманех халкъе пайдаэцийта!» – дешнаш а даладой, цIов бохьуьйтура.
Тхуна къилбехьа йолу «Кызыл Аскер» («ЦIен эскархо») цIе йолчу колхозан мохк тхан кIотарна иттех метр гIулч хиллал генадоцчу татолца доза долуш бара. Дукхахьолахь наха шайн бежанаш, коча я маIех муш а тосий, татолан йистошца дажадора.
Цхьана дийнахь Даудов Бауддина шен люцерни Токмак-ГIалахь йохка колхозо ши говр южу ворда елира. Ворда лелошверг сан маьхча Тарамов Сайд-Эми вара.Токмаке воьдучу цу шинца, тIе сайн долу цIена духар а дуьйхина, Даймахка ваха аравелира со. Соьгахь тхан дас хеча эца делла ткъа туьмий, цу тIе, ас, айса ворхI класс чекхъяьккхича, йисина сайн книшкаш йоьхкиний, берашца гIулгех ловзуш даьккхиний ялхитта туьмий, «Восстановление народного хозяйства» аьлла 1952 шарахь арахецна заемашший яра. Сан духар: еха Iаьржа, «бубрик» олуш йолу пальто, Iаьржачу шолан кастом-хечий, когахь батингаш, коьртахь хурашка а.

1954 шеран март беттан хьалхарчу кIирандийнахь Даймахка цIаван аравелира со. Хьалха ма-аллара, паспорташна тIе «Разрешается проживать в пределах Киргизской ССР» штемпельш етта хан яра иза.
Тхан колхоз Токмакна I5 чаккхарма къилбехьа яра. Новкъахь лелаш наггахь бен машенаш а яцара. И некъ, кхин машен ца хуьлуш, гIаш бира аса. Со, Токмакна чувуллучохь асфальтан некъана тIеваьлча, суна дуьхьал сан маьхча Минкаилов Шемил кхийтира. Цуо соьга, хьо лаа лелий аьлла, хаьттира. Ас, суо хеча эца базара воьдуш ву, элира. И дIаволавелира. Тхойша вовшашна дикка генаваьллачул тIаьхьа, со цунна тIаьхьахьаьжира, ванах, ас лелочух хIумма хаьий-те цунна аьлла, дагахь долуш. Со дIахьажарца, иза схьа а хьаьжира. Иштта кхузза цхьатерра дуьхь-дуьхьал хьаьжира тхойша…
Со Токмак-ГIалин автостанце воьдуш, суна дуьхьалкхийтира, люцерни ерриг дIа а йоьхкина, варданца цIа вогIуш Бауддий, Сайд-Эмий. Со сайн доллу «барзакъ» тIедуьйхина гича, Бауддис Сайд-Эмига аьлла, куц дара, и кIант Кавказе ваха араваьлла аьлла.
Со вардан тIе хьалаваьлча, люцерни йоьхкина цIа вогIуш волчу Бауддига ас элира, цуьнгахь ахча дуй хууш, Сайд-Эмина ца хозуьйтуш, къайллах, итт туьма схьалой ахьа, Баудди, со хIинца Кавказе воьдуш ву хьуна, ахьа къийго мас а хьур яцара хьан цига аьллаче. Баудди, ца хезначуха, мера чухула «хIуп» олуш, дIавирзира. Ахьа делча а, ца делча а, со воьдуш-м ву хьуна, ас аьлча, хьалха санна, изза дира цуо.
– Мусаев Насарди вевзий хьуна? – хотту соьга Сайд-Эмис.
– Вевза, – олу ас.
– Иза мичхьа Iаш ву хаьий хьуна?
– Хаьа.
– Сан велосипед ю Насардигахь, цу тIехь цIехьа юм ел, – боху Сайд-Эмис.
Сайд-Эми соьл ши-кхо шо воккха вара, цуо аьлларг ца дича суна эхь ду-кха аьлла, со НасардигIаьрга ваха. Ша цIахь вацара иза. ХIусамнене ас эли:

– Со Сайд-Эмис велосипед цIа яло ваийтина.
ХIусамнанас соьга боху:
– Эцца сени чохь ю-кха хьуна иза, дIайигахьа.
Со, велосипеда тIехиъна, асфальтан новкъа дIавоьдуш вара. Дикка некъ бинчул тIаьхьа, Насарди суна дуьхьалкхийти.
– Хьо Сайд-Эмис велосипед цIа яло ваийтинера? – могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, хаьттира соьга Насардис.
– ХIаъ, – аьлла, жоп делира ас.
– ДIа ма йигахьа, кхана «Кегети» колхозе ваха везаш вара со, цигахь гIиргIазошна гIишлош еш а, ремонташ еш а болх бинера ас, ахчанна расчет ян цига ваха диэзаш вара со, – аьлла, соьгара велосипед дIаийцира Насардис.
И ваха деза колхоз генахь яра, 25-30 чаккхарма хиллал. Ас, хаза а хеташ, велосипед цуьнга дIаелира. Иза дуьхьал ца кхеттехь а, со-м, велосипед Сайд-Эмин ден йиша Маржан йолчохь дIа а хIоттийна, цуьнан кIанте Туркога Сайд-Эмина велосипед цIа кхачае аьлла, дIаваха дагахь вара.
Сайд-Эмин ден йишин цIийнда Султиев Элмарза вара. Церан цIа Старая Покровкехь, тхан колхозе боьдучу некъа йисттехь дара. Насарди дуьхьал а кхетта, цхьадика, къинхьегам ца хуьлуш, со Токмак-ГIалин автостанце дIавахара. Автостанцехь билет а эцна, Фрунзе-ГIала (хIинца Пишкек) вахара. Токмакний, Фрунзений юккъехь 60 чаккхарма ю.

Со Фрунзе дIакхаьчча, лаьтташ Кара-Балта йоьдуш йолу автобус яра. МаьркIажа хан хилале автобус Кара-Балта дIакхечира. ХIетахь и юрт яра, хIинца гIала ю. Со автобус тIера охьавоьссича, ас цхьана нохчичуьнга хаьттира, Алексеевке йоьду автобус мичахь соцу аьлла.
– Цига йоьду автобус а хIоккху майданахь соцу. Тахана цига тIаьххьара автобус дIаяхна, тхоьгахь буьйса а яьккхина, кхана гIур ву хьо, – олуш, со шен хIусаме вигира со.
Суна хьошалла динарг гелдганхо хиллера. Ас цуьнан цIе а ца хаьттира. Цаьргахь дика кхехкийна кхоьаш, сискал а йиъна, со дIавижира.
Алексеевкехь тхо цIахь долчу хенахь хилла болу тхан лулахой бара Iаш. Цаьргахь буьйса яккхархьама, хаьттира ас уьш. Iуьйрана хьалагIаьттича, хIусамдас, Алексеевке йоьдучу автобусан социйле вигна, новкъаваьккхира со. И чувахча, со Кара-Балта станцехьа дIаволавелира. Ас харцдерг дийцар. со Даймахка воьдийла ца хаийтар дара, наха со дохковаккхарх а, нахалаваккхарх а ларлуш.
Кара-Балта станцин кассера, ши туьма а делла, Джамбуле билет а эцна, «Фрунзе-Москва» цIерпоштна тIехиира со. И билет ас дуьххьалдIа цIерпошта тIе хаархьама эцна дара, сайн хьалхара «хIилланаш» дIадуолош хьалавала, бехказлонна. Со Луговая станце кхаьчча, вайн къомах тера, тIехь дуьйхина салтичун духар а долуш, лакхарчу сержантан даржехь цхьа оьзда къонах цIерпошта тIе хьалавелира. Цуьнан цIена яьшна юьхь, тодина мекх дара. Цу хенахь нохчи эскаре вуьгу бохург хьехош а дацара. И стаг Iаламат куцдолуш вара.
Джамбуле тхо кхачале, вагона чохь лаьтташ волчу суна тIевеара иза.
– Хьо стенга воьдуш ву? – хаьттира цо соьга.
Сан аьрзунан зIок санна болчу мерах шекваьлла хир вара иза.
– Кавказе воьдуш ву, – жоп делира ас.

– Со а ву Ведана воьдуш. Хьо Кавказе вахалур вац, юхаверза,– элира цо соьга.
Цуо иза хIуьттаренна бохуш ца хиллера соьга, ас хьоьгудолу Iазап шена хуу дела бохуш хиллера. Суна, имам Шемала тIом бина меттиг ю бохуш, хьахош хилар бен, бераллехь кхин юьйцуш а ца хезнера Ведана. Цуьнан дешнаш диэза ца делла, со кхечу вагон чу вахара.
Соьгахь хIетахь Джамбуле кхаччалц билет дара, цундела со чохьверг сан вагон яра. Со Джамбуле кхечира. Цул дуккха а генахь йолчу Тюлкубас станце а кхечира. Оцу станцел со тIехваьлча, кондукторо соьга билет хаьттира. Аса Джамбуле эцна долу билет дIагайтира.
– О, ты Джамбул давно проехал, на следующей станции немедленно слезай, – элира цо.
– Ладно, – цуьнга а аьлла, со кхечу вагон чу вахара.
Джамбулна тIехваьллий, мичхьа кхаьчний дика хууш вара со. Чимкенте кхаьчча, билет доцуш хиларна, проводнико со станцин милице вигира.
– Хьо стенга воьдуш ву? – хаьттира соьга милицин капитана.
– Со Арысе, сайн гергара нах болчу воьдуш ву, – жоп делира ас.
– Муьлхачу къомах ву хьо?
– Со нохчо ву, – жоп делира ас.
– Билет хIунда дац хьоьгахь?

– Тхо долчехь колхоз ю, болх бинчунна къинхьегаман денош яздо. Луш алапа ца хилча, соьгахь билет муха хуьлу? Цу тIе, къинхьегаман деношна, ялта хьийкъина тIе деача, ца валлал ялта ло. Ялта кIезиг хилахь, и дерриге Iедална дIа а лой, тхо, хIумма йоцуш, тхайн тIелхигашца дуьсу.
– Схьагарехь, Советан Iедална реза вац-кха хьо? – боху цо соьга.
– Со реза ву, нийсо куьйгалхоша лелийча.
– Документаш хIунда дац хьоьгахь?
– Со колхозехь Iаш ву, колхозхошна паспорташ ца ло. Цу тIе, со 7-чу классехь доьшуш ву. Сан дейтта шо бен дац, – элира ас. – Каникулашна дIахецча, даима а колхозан юкъара балха воьду со, кхаа баттахь бригадиро хьажийнначохь болх бо, кIа юкъара чхьавг, баьIаш, петIаматаш, кхидолу асарш хедадо маьрсаца. КIа хьокхучу хенахь, комбайнан соломокопнительна тIера ча охьатаса воьду, муш ийзош. Советан Iедална реза ца хила хIумма дац, со тунеядец вац…
ТIаккха, забарна санна, со терзанан барамехь 50 кийла бен вац, билет долчунна 32 кила ларча мах боцуш дIаяхьа бакъо ю, и ларчанаш шайгахь йоцуш, дуккха билеташ долуш пассажираш бу, цу багажал I8 кила бен веза воцу со дIавигарх поездана хIун йозалла хуьлу, соцур-м яц иза сан возаллина, ас аьлча, массо а бийлабелира, «кхахь-кхахь» аьлла. Царех коьрта волчу капитана, и кIант дIавахийта, иза бакълуьйш ву аьлла, буйр а дина, со аравалийтира.

Чимкент-ГIала йоккха хиларна, цIерпошта 20 минотехь латта езаш яра. Хьалхарчу некъа тIехь лаьтташ яра и. Юха а оццу цIерпоштна тIе а хиъна, Арысе кхечира со. Арыс йоккха станци ю, кхаа агIорхьара аьчкан некъ тIебогIуш: Фрунзехьара, Ташкентехьара, Кзыл-Ордехьара.
Со Арысе дIакхаьчча, лекха боьттинчу буха тIе йиллинчу мужалта тIе кехат а диллина, цIа кехат яздан хIоьттира со. Шекъанан къоламан даш, туй тухий, даша а деш, кехат яздира ас. «Со Кавказе воьдуш ву, Арысе кхаьчна, соьгахь хIоккхул ахча а ду. Со, сайн ненан коша тIе а хIоьттина, цIа вогIур ву, нагахь санна аш суна дов дийр дацахь, делахь – вогIур а вац», – аьлла, доцца кехат яздина, иза конверт чу а диллина, тхайн ГIиргIазера адрес а яздина, дIатесира ас (со Кавказера юхавеъча, и кехат тхан дас, КъорIанна юккъе диллина, Iалашдеш карийра суна).
Со, еххачу хенахь наб янза а, кIадвелла а хиларна, маьркIажа хенахь станцин зал чу вахара. ГIанта тIе со охьа ма-хиъинехь, набкхетта хиллера суна. Милицин белхахочо, когах ког а тоьхна, самаваьккхира со.
– Герз дуй хьоьгахь? – хаьттира цо.
– Дац, – элира ас.
Сан дегIах, кисанаш чу а хьежа волавелира иза. Къолам ирбеш лелош хьажочу пIелггал долу чудуьллу жима урс дара соьгахь. Иза цуо дIадаьккхира.
– Кехаташ дуй хьоьгахь? – хаьттира соьга.
– Сан документаш дац, со дешархо ву, сан паспорт хуьлу хан яц, цу тIе, колхозехь Iаш ву, паспорташ ца лой шуна шайна а хаьа, – элира аса.
Цул тIаьхьа цуо со Чимкентехь санна, аравалийтира. Со перрон тIе ваьлча, сох цхьа оьрси кхийтира, ханна 22-23 шо хир волуш. Иза хиллера лаьцначуьра паргIатваьккхина стаг.
– Вайша вокзал чохь садаIа вуьтур вац, документаш хоьттуш. Арахь буьйса яккха еза вайшимма, – элира цо.

Со резахилира. МаьркIажа хан яра. Тхойша станцин аьчкан некъашна дехьа а ваьлла, тогIичу воьссира. Арахь лайн оьланаш яра. ТогIичохь махо идош, керчош йолу горга кIохцалан яраш лахьийна, дIавижа кечам беш вара тхойша. Оцу ярийн кIохцалш чIогIа ира дара. ГIиргIазеххь-м уьш оха, махо хершниш чу я татолаш чу йиттинчуьра, лахьайой, муьшца гехь цIа а яхьий, дерзинчу куьйгашца сетта а еш, кегйой, кхе тохкий, ягайора. Тхойша цу кIохцалан ярашна тIе дIавижира. Шинне а тIетеснарг сан цхьа пальто бен яцара. Цуьнгахь лаьцначийн билгало тIехь йолу бIаьстенан духар бен, кхин хIумма а яцара. Кхано, набкхеттачу хенахь, ас пальто схьаозош, цуо дIаийзош, узарш деш Iара тхойша шелонна.
Iуьйрана сатасале хьалагIаьттина (тхойша-м дIавижчхьана а самаваьлла вара), гIали юкъа вахара тхойшиъ. Дикка са а хилийтина, вокзале схьавеара. Жимма хан яьлча, «Ташкент – Москва» пассажирийн цIерпошта схьакхечира. Цу тIе а хиъна, Москва боьду некъ юьхьарлеци охашимма.
ТIехьа юьссу гIаланаш, станцеш. ХIора чаккхарма некъ мел бин а, Даймахкана гергакхочу, дог Даймахкана уллехьа гIерта сан.
– Со шелло, цхьана сахьтана хьайн пальто тIеюхийтахьа соьга, – элира соьга сан некъахочо.
Ас, схьа а яьккхина, дIаелира пальто. Цхьа хан яьлча, тIап-п аьлла вайра сан некъан накъост. Поездан тамбуран неI дIа а йиллина, со хьалхахьа дIахьаьжира. Ас санна, неI дIа а йиллина, хьалхахьа йолчу кхозлагIчу вагонан тамбуран неIарехула арахьоьжучу цунах бIаьргкхийти сан. Вагонашна чухула вахана, тIе а кхаьчна:

– Накъост, хьо сан пальто тIе а юьйхина, вада стенна ведда? – элира аса.
– Со хьоьх лечкъина ца веддера, ревизи йогIуш, царах кIелхьаравала веънера. Хьо санна волчу накъостах ведда, со цхьанхьа гIур вацара, суна цкъа а дицлур дац, ахьий, хьан пальтоной со лечуьра кIелхьараваккхар. Бехк ма биллахьара ахь, хьо санна къинхетаме накъост суна гина а вац, – элира цо. – ХIан, дIаэца хьайн пальто, сан доккха сужда ду хьуна…
Ас, схьа а эцна, тIеюьйхира пальто.
Беркозан олучу станце кхаьчча, соьга вагонан кондукторо билет хаьттира. Соьгахь билет дацара. ТIаккха иза сан дегIах хьажа волавелира. Киснашкахь, дегIаца хIумма ца карийча:
– ДIаяхал мачаш, – элира цо соьга. Ас мачаш дIаехира.
– ДIаюха хьайн мачаш, – элира цо, чохь хIумма а ца карийча.
Ас, сихвелла, мачаш дIаюхаран низам талха а деш, сихха аьрру коган мача дIаюьйхира.
– А ну-ка, сними обувь, я знаю вашу хитрость, – аьлла, сан кога кIел куьг хьаькхира цо.
Сан ахча пазата чохь дара, набкхетча киснара схьа ца эцийта, къайладаьккхина. Мачаш ас дийнахь а, буса а дIайохуш яцара. Соьга пазат чуьра ахча схьа а эцийтина, ворхI туьмий. пхи сом а гIуда охьадилла, кхин лакхара гIуда тоха бакъо яц, элира цуо. Ас, схьа а даьккхина, ворхI туьмий, пхи соммий дIаделира.
– А ну-ка, дай посмотреть, сколько там осталось, – элира цуо.
– Это не ваше дело, – аьлла, дисина ахча кисана диллира ас.
Квитанцин меттана цхьа кехат делира цо, ша яздина долу. Хетарехь, и ахча цуьнан шен кисана дахара…
Сайга билет хаьттича, ца кхеташ волчу ас и «квитанци» дIагайтира.
– Это не документ, больше его никому не показывай, – элира соьга накъосто. Ас, иэтIа а дина, дIакхоьссира иза.
«Джусалы» станцехь, билет ца хиларна, ас, юучунна аьлла, киснахь дитина кхо туьма а даьккхира соьгара гIуданна.

Кестта Аральск станце кхечира со. Цигахь казахийн къомах волчу милиционеро, сан кисанашка а хьаьжна, йисина заемаш дIаехира.
– ДIо казах-милцочо соьгара заемаш дIаехи, – аьлла, оьрсийн милиционере арз дира ас.
– ДIало кхуьнан заемаш, – элира оьрсичо, и казах-милиционер тIе а кхайкхина. ГIеххьа тIе а чевхаш, заемаш схьа а яьхна, соьга схьакховдийра цо.
ТIаьххьара а Уральск-ГIалин станце кхечира тхойша. Цигахь ткъа минотна соцура цIерпошта. Сой, сан накъосттий станцин ресторан чу вахара. Сан накъосто, меню тIехьаьжна, чорпий, котлеттий, бепиг, чай заказ дин. Ас а ийци изза. Тхойша йиъна ваьлча, соьца волчо официантка тIе а кхайкхина:
– Тхойшингара мел ахча догIу? – аьлла, хаьттира.
Официантко шен карара жима счет дIасатоьхна, вуьрхIитта сом догIу, элира.
Ас ахча дIаделира, сан некъохочуьнгахь ахча доцийла суна хаьара.
Дукха хан ялале, цхьана жимчу станцехь ша охьавуссуш: «Я никогда не забуду твою человечность и доброту, ты меня от холода спас, накормил. Спасибо за все, гора с горой не сходится, а человек с человеком встречается. До свидания, если Бог даст, встретимся, мне с тобой расставаться трудно, но меня дома ждут, так как я написал письмо о дате встречи», – элира цо, соьга куьг а делла, мара а кхетта. ЦIерпошта генаяллалц соьга куьг лестош лаьттира иза. Ас цуьнга а ластийра куьг.
Станци жима хиларна, цIерпошта кхаа минотехь бен лаьтташ яцара. Сайн цIаваран план физически картица яьккхинера ас. Аьчканекъан картица цхьайолчу станцийн цIераш аса Iамийначу картин цIерашца йогIуш яцара. Масала, Урбах станци карти тIехь «Пушкино» аьлла язйина яра. Ершов станцехь поезд I5 минотна сецча, вокзалан кассе вахана:

– Дайте мне билет до Пушкино, – элира ас.
Кассиршо, станцеш тIехь йолу книшка кега а йина:
– По этой линии станции Пушкино нет, Пушкино есть только под Ленинградом, – элира.
– Я знаю, это бывшее Царское Село, где учился Пушкин, – элира ас.
Со кхин хьелахь, поезд дIаяха а ма мега, кхана Iуьйрана хуур ду-кх, со мичхьа кхаьчна аьлла, со поезд тIе хиира. Iуьйрана арахьаьжча, цIерпошта Саратов-ГIалин станцехь лаьтташ яра. Со Астрахане дIабоьрзучу некъана дикка генаваьлла хиллера…
ЦIерпоштан тIаьхьарчу вагон тIера охьа а воьссина, вокзала чуваха дагахь со перрона тIехула схьавогIуш, зоьрталчу дегIехь волуш, белшаш тIехь йолчу шина пагона тIехь биъ седа болчу милцочо, шен аьтту куьйган хьажо пIелг саттийна, со шена тIе вийхира. Цо хаьтти соьга:
– Хьо стенгара вогIу, мича воьду, билет мичахь ду хьан? – аьлла.
– Билет ас дIогахь дIакхоьссина, со схьакхаьчна, – жоп делира ас.
– Стенга воьду хьо?
– Кху Саратов-ГIалахь сан гергара нах бу, цаьрга воьду со, – элира ас.
– Документаш дуй хьоьгахь?
– Сан паспорт доккху хан кхачаза ю, дейтта шо бен дац сан, ворхIалгIачу классехь доьшуш ву со, – элира ас.

– Хьо дешархочух тера а вац, куьйгаш доьхна хьунда ду хьан?
– Сан куьйгаш, вагонах хьакхаделла, бехделла. Со классан куьйгалхочуьнгара кхо де хан ехна, гергара нах болчу вогIуш ву, – аьлла, аьшпаш боьттира ас.
– Пошли в мой кабинет, – аьлла, дIавигира цо со. Тхойша цуьнан кабинетехьа дIавоьдуш: – Кто по национальности? – хаьттира цуо.
– Татарин, – жоп делира ас.
Цхьадика, гIезалойн маттахь цунна хууш цхьа а дош ца хиллера. Суна а ца хаьара, кIеззиг бен, уьш а церан мотт гIиргIазойн маттаца богIуш хиларна хиънера.
– А деньги есть у тебя? – аьлла, хаьттира цо соьга.
Ас тIаьххьара дисина итт туьман кехат дIагайтира.
– Ну, иди тогда, – аьлла, со паргIатвитира цуо.
Массо хIуманна тIехь Дала аьтто бора сан, ас Даймахке сатийсаре хьаьжжина.
Цул тIаьхьа со вокзалан кассе воьдий, рогIе дIахIутту. Суна тIе а йогIий, цхьана оьрсийн къоначу зудчо хотту соьга:
– Куда вы едете? – олий.
– Я до Гудермеса еду, – жоп ло ас.

Со цига воьдуш ву ас дуьххьара элира.
– Я тоже в Гудермес еду, мы с вами попутчики.
Айса лелориг цунна ца хаийтархьама, иза чохь йитина, со аравелира.
Кхано, цхьа хан яьлча, еана «Москва – Астрахань» пассажирийн цIерпошта дIахIоьттира. Суо Даймахка кхаьчча санна, хазахийтира суна, «Астрахань» боху дош дешча. Со вагон чу хьалавелира. Цхьадика, неIарехь лаьтташ кондуктор вацара.
Айса совнаха бина некъ юханехьа беш вара со. Тохара ас Пушкине кхаччалц билет луо аьллачу станце а кхечира. Иза хиллера аьчканекъийн карти тIехь – Урбах. Нах Казахстане балха лелачу хенахь со масийттаза хилира оцу станцехь. Сайна оьшу цIерпошта схьаян дикка хан а хилла, со цу юьрта юккъехула волавелча, «Пушкинский сельмаг», «Пушкинский сельский Совет», «Пушкинская средняя школа» йозанаш доьшура ас…
Урбахахь со чохь волчу вагона тIе хьалавелира соьл ханна воккхо казах. Иза суна улле охьахиира. Тхойшиннан къамел тасаделира, ах гIиргIазойн, ах казахийн маттахь. Ас сайна цIерашца бен ца бевза казахийн поэташ, яздархой: Ауэзов, КурмангIазиев, Джамбул Джабаев вевзий хьуна бохуш, хоьттуш. Бакъду, суна Джамбул Джабаевс язйина цхьа-ши стихотворени хаьара дагахь («Ленинградцы, дети мои»). Некъ бацбархьама дара ас дуьйцург.

И казах Джаныбек станцехь охьавоьссира. Со кхин уллехь стаг воцуш висира. Цхьадика, кхин билет, документаш ца хоьттуш, со Астрахане кхечи.
Аштаркханехь берхIитта шай доккхуш йолу кхо морожни эцна, хьалхий-тIаьхьий уьш дIайиъна, гIалига хьажа, трамвайна тIе а хиъна, вахара со. Лелла, юха вокзале веъча, сан ирсана дIахIоьттича санна, лаьтташ «Астрахань-Минводы» цIерпошта яра. Хазахийтира суна, суо цIа кхаьчна ваьлча санна. Вокзал чу а вахана, и дIайоьду хан а хиъна, со перроне велира. Поезд дIайолаяла йисинарг цхьа сахьт ткъа минот бен хан яцара. И хан волавелла лелаш дIаялийтина, со цIерпоштана улле вахара. Пассажираш вагонаш чу хьалабевлира. Цхьана минотна неIарера кондуктор дIаваьлча, со вукху вагонан тамбур чу велира..
ЦIерпошт Даймахкехьа дIайолаелира. ХIора чаккхарма тIех мел теси, со дуьнен чу ваьлла мохк гергахьа теIара. Цхьадика, ас хьалха ма-аллара, Аштаркхнера Гуьмсе болу беха некъ, Дала аьтто беш, соьга цхьаммо барт ца хоттуш, чекхбелира. Гуьмсе со кхаьчча, шийтталгIачух итт минот яьллера.

Винчу юьртахь

Со жима бер долчу хенахь, сан ненан йишас Заас со, ги а воьллина, корталица шад бина, гехь Гуьмсе вигнера. Иза Гуьмсехь вехачу Iабдуллин хIусамнана яра. Гехь волуш, тIаьхьаша кхеттачу малхо сан букъ бохбора. И дага а лаьцна, со малхана дуьхьал аьчкан некъаца дIаволавелира. И некъ хиллера Махачкалара Баку боьду некъ. Айса 2-3 чаккхарма некъ бинчул тIаьхьа, кIад а велла, некъан йисттерчу заза даькхинчу коканан синтаршна юккъе, IиндагIе охьахиира со. Дуккха а деношкахь дегIах хи кхарзанза, бедарш йиттанза волу со дегI кIамлуш вара…
ЦIерпоштан некъана уллехула болчу некъаца тIехволуш нохчийн лекха куй коьртахь велосипед хаьхкина воьдуш цхьа стаг гира суна. Иза тIехвалийтира ас, юха, тIаьхьавахча, цхьана казарме кхечира со. И стаг, ара а ваьлла, бешахь метиг етташ воллура.
– А где здесь Цацан-Юрт? – аьлла, тIе а вахана, салам а делла, хаьттира ас.
– А какие приметы были там? – элира цо.
– Посреди села протекала речка Хулхулау…

– А это, вон ту гору видишь, за этой горой, – аьлла, Гуьмсехьа йолчу регIана тIе пIелг хьажийра цо.
– Баркалла, – элира ас.
Чу а вигна, шен дандолу хьошалла дина, новкъаваьккхира цуо со.
Цуьнан Iодика а йина, со юханехьа Гуьмсехьа волавелира. Аьчкан некъан белхалочуьнга хаьттира ас:
– А где здесь речка Хулхулау?
– Вон тот подъем видишь? После него на правой стороне течет эта речка, – жоп делира цо. Цунна баркалла а аьлла, со дIаволавелира. Кхочу-уш, асфальтан некъан йистера машенаш социйле кхечира со. Со цига дIакхаьчча, бухахь лекха, андий догIмаш долуш, гуо шуьйра лекха шляпанаш коьртахь йолуш виъ стаггий, кхин божарий а, зударий а лаьттара. Со и виъ стаг, велахь а, вацахь а, жуьгтий ву хьуна бохуш, Iийра. Цара коьртахь и шляпаш лелайо бохуш хезнера суна.
Цара кьамелаш оьрсийн маттахь дора:
– Гудермес красивеет, Гудермес красивее стал, – бохуш, охьанехьа а хьоьжуш. Цхьана хенахь еана кира лело машен дIахIоьттира. ХIетахь автобусаш Iаламат кIезиг яра. Цу машен тIе хевшина тхо Курчалойн эвлахь базар хIуттучу меттигехь долчу кешнашна улле охьадиссийра шоферо, ша шу тIехь долуш юьрта ваха ваьхьар вац аьлла. Пассажираша шоферна пхиппа сом делира, ас, со жима хиларна, вуьтург хир ву аьлла, кхо сом делира.

Суна ала дицделлера: Гуьмсан регIа хьаладевлча, гуьмсахойн кешнашка кхаьчначу хенахь, ас дIа бIаьргтоьхча, суна тхайн эвлайистера доккха акхтарг гучуделира. Цунах хиира суна, тхайн юрт йолу меттиг. Бераллин хенахь тхо и доккха акхтарг долчу ловза доьлхура. ВорхI-бархI беро, вовшийн куьйгаш а лоций, акхтарган стоммалла юстура. Церан куьйгаш халла дуьхь-дуьхьал кхочура…
Цу акхтаргах бIаьргкхетча сан хилла ойла, суна хилла хазахетар лур дацара дукха мах баларх. Винчу юьртан тамехь, мерза хьожа кхийтира схьа…
Машенара охьавоьссича, юьрта йистерчу базарний, кешнашний дуьхьал болчу некъа хьалаволавелира со. Некъа йисттехь йолчу кранан тIам охьа а таIийна, шийла хи мелла, юьрта юккъехьа волавелира со. Вай махкахдаьхча, Курчалой боху юьртан цIе дIа а яьккхина, цуьнан меттана олуш хиллера Шурагат.
Со юьрта юккъерчу коьрта ураме кхечира. Курчалоевский район а Шурагатски хилла дIаяхнера. Юьрта юккъехь дIатоьхначу цIечу кIади тIехь, кIайчу сирца яздина: «I2 марта Выборы в Верховный Совет ДагАССР. Все на выборы!» – аьлла. Со цецвуьйлура, ванах, вай махкахдахале, Цоци-Юрт а юкъайогIуш, Нохч-ГIалгIайн АССР ма яра хIара, хIинца дегIастанхойн ю-те хIара, бохуш.
Со цIехьа дIаволавелира. Кхочу-уш, Гелдагана а кхечи со. Малх регIа тIехьа баьлла хан яра. Ас лаьтташ болчу нахана юккъерчу цхьаьнга пIелгаца ишар йира, сайна тIевола аьлла. Иза тIевеара.
– Где живет здесь Эндишов Мамед? – аьлла, хаьттира ас.

Лакхахьа а хьаьжна, аьтту куьйган хьажо пIелг дIа а хьажийна:
– Вон столб, видишь, напротив него его дом, – элира цо.
Цунна баркалла а аьлла, хьалаволавелира со.
Некъа йисттехь догIуш татол дара, тIехула тесна у а долуш. Цу тIе ког биллина, дехьаваьлла со, церан неIаре кхечира.
– ХIей нах, хьаша тIеоьций аш?! – мохь туьйхира ас.
НеI дIа а йиллина, нохчийн маттахь со вистхуьлуш хезна хIусамнана, кхера а елла, «ахI, ахI» аьлла, ши-кхо гIулч юханехьа елира.
– Хьо кхера ма луо, со-м шун тайпанан нах, Хьамзин Кусу, Зеин Iелимсолтий, ИбрахIиммий, Iелимхий, Болчиханова ХIижанар а болчуьра – Токмакера – веана вай, – элира аса.
ТIаккха цуо, кхин йист ца хуьлуш, куьйган ишарца чоьхьавала элира.
ХIусамнанас (цуьнан цIе Хьавани юй хиира суна жимма Iийча) шен кIант хьажийра цIийндена тIаьхьа. Иза лулахошка вахана хиллера. Масех буса-дийнахь тоъал наб янза волчу суна маьнги тIе хиъна Iашшехь набкхетта хиллера, биллина гIайба а боццушехьа. Цхьа ахсахьт даьлча цIавеанчу хIусамдас соьга салам делира, вовшашна мара а иккхира тхойшиъ.

– Хьо хьенан ву? – хаьттира цо.
– Молла-хьаьжин Сайдцелиман кIант ву, – элира ас.
– Хьо стенгара веъна?
– Со Токмакера, ас лакхахь цIераш яьхна багарбина шун тайпанан нах болчуьра веана, уьшший, тхой цхьана колхозехь Iаш ду…
Охашимма къамелаш дечу хенахь, со набарна охьаоьхуш вара.
– Дика ду, хьо кIадвелла куц ду, дIавижа, дисинарг кхана дуьйцур вай, – аьлла, со паргIат витира.
Охашимма буьйцург нохчийн мотт бара, цунна вайн мотт бицбаланза хиллера.
ШолгIачу дийнахь тхойшиъ уьйтIа велира. Со бIаьрго ма-лоццу гучу юьрте хьоьжура. Маьмидас, пIелг хьежош, суна гойтура:
– ДIоранаш Баудди цIенош ду хьуна, хIорш – Iелимсолтин, хIорш – Iелимсин, царна уллернаш ИбрахIиман ду, – бохуш, Iаьндийн цIенош гойтура цо суна. Суна-м церан бала а бацара, юха цIавахча, цара тхан цIенош долуш дарий аьлла хаттахь, дара аьлла, жоп дала бен. Сан ойла тхайн урамехь яра.
– Урс дуй хьоьгахь? – хаьттира соьга Маьмдис.
Ас, киснара схьа а даьккхина, къолам ирбо жима урс дIагайтира. И урс соьгара Арысехь схьадаькхинчух тера дара.
– Делахь, оцу уьрсаца сара а баккхий, цу тIера чкъор дIадоккхуш, къайллах кIелдIахула бIаьрг хьажош, шайн цIенош долчу юккъехула вола а лой, схьавола.

– Маьмида, суна вайн рузбанан маьждигна уллерчу школехь со доьшуш волуш кхузза цхьатерра гIан гина, суьйлийн, Iаьндийн, гIумкийн, оьрсийн берашка, уьнна тIехула оьллинчу карти тIе пIелг Iуьттуш: «Вот мы здесь жили, во Фрунзенской области, недалеко от города Токмак, на расстоянии I5-I6 км», – бохуш.
– Цу чу ма гIохьа, иза кхераме гIуллакх ду. Шайн юккъехула лелий, схьаволахьа, – элира соьга Маьмида.
Сайн гIуллакх маьрша доций хиира суна. Цуо ма-боххура, сара а баьккхина, цу тIера чкъор уьрсаца дIадохуш, тхайн урамехула волавелира со. Воьду-уш, тхайн цIа лаьттинчу барза тIе кхечира. Цу буьххье ваьлла, со гIурволчу агIорхьа дIахьаьжира со. ЦIенош лаьттинчохь кегйина гериг бен, кхин хIумма яцара. ЦIенойн гIирс баго дIабаьхьна хиллера. Уьш ягочу хIуманна юьртара арабовлуш а ца хилла. Цундела хьаннаш юкъелла яра.
Со кхидIа цIенойн тидамбан малхбалехьа дIаволавелира, уьрсаца сараг тIера чкъор а доккхуш. Урам, наггахь бен цIа доцуш, баьсса бара. Сан ден вешин Ибхьажин чохь Iаш берш Быстрицкий фамили йолуш оьрсий хиллера.
– Быстрицкий хIун болх беш ву? – Маьмиде ас хаьттича, цо жоп делира:
– Колхозехь ву, парторг, партийни «старый волк» ю, – аьлла.

Вайн къам цIадирзинчул тIаьхьа иза Шела кхелхина дIавахнера. Цул тIаьхьа ас цуьнан районни газета тIе тоьхна «Я видел Ленина» цIе йолу статья йийшира. Эскарехь волчу хенахь иза Ленинна ха деш хилла, олура. Церан хIусамна тIехваьлла, со кхидIа а, эвла йистехьа, волавелира. Воьдуш, тхайн дас хадеш хиллачу хьаьтта лаьттинчу метте кхечира со. Цоци-Юьрт, нисса шина декъе йоькъуш, охьадогIуш ду Хулхуло… Молотовн цIарах йолчу колхозан хьаьттахь хехь волчу тхайн дена юург оьций тIаьхьавоьдура со. Нанас, чIепалгаш дой, уьш ши тIам болчу яй чу дохкий, тIехула даьтта дуттий, кечйора юург…
Суна бераллин хан йиц ца лора. Хьаьтта лаьттинчохь жимма Iийна, со юха а тхайн ураме велира. Тхайн цIа лаьттинче юха а бIаьргтоьхна, Маьмди волчу хIусаме вахара.
– Гин хьуна шайн юкъ? – аьлла, хаьттира Маьмида.
– Гин, дукха ирча юкъ-м, – жоп делира ас.
Ирча елахь а, дагна хьоме-м яра бераллехь буьрканах, гIулгех, тIе тIулгийн сицкъараш детташ, аьчкан ахчанах левзина, Iай салазаш хихкина, Iодаца пхерчий кхуьйсуш хан яьккхина меттиг.
– Тховса кху чубогIур болуш лулахой бу хьуна вайна. Ас цаьрга хьо Бакохарчу хьешан кIант ву аьлла хьуна, со волчу хьажа-хIотта веана. Ахь а изза алалахь цаьрга, нохчийн мотт, цIена ца буьйцуш, бохабай бийцалахь,– элира соьга Маьмида.
МаьркIажан бода къовлабелча, МаьмидагIаьрга веара виъ стаг. Жимма хан яьлча, соьца къамеле бевлира уьш, цхьацца хеттарш а деш.
– Со Бакохара Маьмидан хьешан кIант ву, кхаьргара хьал-де хаа, дас ваийтина, – элира ас, сайна хьеха ма-хьеххара.
– КIант, хьо ма сингаттаме, гIийла ву. ХIун ду хьан сагатдийриг? – хаьттира царах цхьамма.
– Вац со-м хIумманна а саготта,– олу ас. Амма царна жоп дала соьга ца бийцало бохийна нохчийн мотт.
– Шу долчохь кхин а дукха буй, ахь санна, нохчийн мотт цIена буьйцуш шун нах? – хоьтту цара .
– Тхо долчохь ворхI доьзал бу-кх, иштта цIена нохчийн мотт буьйцуш. Оха тхайн мотт, биц ца беш, Iалашбо, цхьаьнакхетча, даима а вовшашка буьйцу. Делахь а, азербайджанцийн мотт а хаьа тхуна.
ХIусамден, сан а аьшпаш гучубевлла делахь а, я тхоьца самукъне ца хеттехь а, уьш, хье ца луш, дIабахара. Цара вовшашка «хьаьна вачIа» бохуш, дечу къамелах со а ца кхетара. Уьш дIабаханчул тIаьхьа, хье ца луш, тхо а дIадийшира. Iуьйрана Маьмида соьга хаьттира, мичхьахула веана Кавказе. Ас дийцира айса бинчу некъах.

–Хьо генахула, го тосуш, веана. Бакохула хIордал дехьаваьлчхьана, Юккъерачу Азе дIакхаьчний ву.
– И дагахь-м со а вара, – элира ас.
Ханна воккха велахь а, Маьмида географих, историх, политиках долчу хIуманех дика кхетам болуш стаг вара.
Кхузахь йоккху хан ас наггахь кхеран уьйтIахула, бешахула а волалуш яьккхира. ШолгIачу дийнахь Iуьйрана хьалагIевттича, Маьмидас соьга элира:
– Со, хIара хIусамнана эцна, Междуречье (Шела) ваха дезаш ву, хьо вайн берашций цIахь Iе.
– Берашца цIахь Iийна ас хIун дийр ду, со а дIаваха новкъавер ву. Сайн са лаьттинчу меттигашка со кхаьчна, хьаьжна ваьлла, – элира аса.
ТIаккха, Шела дахар а дитина, сулун ялтех диначу деман бод хьакхо юьйлира хIусамнана. Оцу бедах бина хьокхам а беттина, кхин тIе итт хIоа а кхехкийна, ахчанах хаьдда мур шайна хIоьттина хиларна, бехкалабахана хьийзаш, соьга пхи туьма ахча кховдийра Маьмида:
– Кху муьрехь ахчанна къелла ю тхоьгахь, кIезиг делахь а, некъана хIара пхи туьма ду хьуна. ДIаэца, – олуш.

– ХIан-хIа, оьцур дац, со некъана кечамбина ваьлла ара, соьгахь ахча долуш ду, – элира ас. Бакъдерг аьлча-м, соьгахь диснарг ши туьмин пхи сом бен дацара. Иза кIезиг ахча дара «Беломор» сигаьрканийн ботт ши сом ахсом, ткъа «Казбекан» ботт – кхо сом доккхуш бара. И пхи туьма, кIезиг хеташ схьа ца оьцуш ду Маьмидна хетахь а аьлла, схьаийцира ас. Дала сагIа дойла цуьнан иза! Новкъахь ахча кхачадахь а, сан дегайовхо яра цIена бубрикан пальто. Ца хуьлчу далахь, иза эха мехах йоьхкича а, сайна цхьана ханна шай-кай хир юй хаьара суна.
Со тIевоьссина хIусамдай больнице баха гIортар бехказло хиларх кхийтира со, хIунда аьлча ас со новкъавала везар хьахийча, цара со дIахьажо сихоярехь, суна новкъабаккха кхача а кечбарехь. ХIусамнана, со дуьххьара кхарна тIевуссучу дийнахь санна, могаш яра, цара кхин больница а ца хьахийра. Могашалла хийцаяларний, валар-висарний дукха хан ца оьший-м хууш ма дай вайна. Сан ненан ваша Токмакехь, урамновкъахь дIавоьддушехьа, «Ва Кавказ!» – багах долуш, охьа а кхетта, веллера. МаьмидгIарна со бахьанехь сингаттам тIекхевдина лаьтташ буй хаьара суна, цундела ас цунна мискъалан зарратал бехк ца буьллура.
ХIоаш пальтонан кисанаш чу а дехкина, хьокхам чета а боьллина, тIаьххьара Маьмидна, Хьавана мара а иккхина, со новкъавелира, хьомечу юьртана, виначу Даймахкана а букъ берзош, Юккъерчу Азе боьду некъ юьхьарлоцуш.
Оцу хенахь Цоци-Эвлахь участкови инспектор цхьа бIаьрг болу Iабид хиллера, стагана хьовзам баьлла, бохам хилча, самукъадолуш, цуьнгахьара а хиллера кхерам суна, со тIевоьссинчу хIусамдайшна а. Юьртара нах а бацара кхуза нохчий хьийза лууш я уьш бийца саготта а.
Юьрта юккъехула чекхболучу урамехула Малхбалехьа дIаволавелира со, кхин цкъа а сайн ненан коша тIе а хIуттуш.

– Дала гечдойла хьуна, декъал а йойла, – бохуш, кошан борза тIехула экам куьг хьокхуш, бIаьргех леда тIадамаш цу тIе а эгош, дикка Iийра со.
Кийрара шад бастабаллалц вилхира со – сох кхарда гонах аддам ма дацара.
Эххар а:
– Марша Iойла хьо, Дадаш! Хьуна уллера кIордийна-м гIур вацара со оцу хийрачу махка, амма ца вахча ца волу-кх, цигахь берш хир бу-кх суна сагатдеш, царна хууш ма ца ваьллера со Даймахка ван ара. Хьан Iодика йойла, Дадаш! Дала хьуна юххехь, кху лаьттахь, дойла тхан дIадоьрзу каш-лахьта! – аьлла, дIавахара со кешнашкара.
…Гелдганахула чекхваьлла, Курчалойн-Эвла кхечира со, дуьхьал цхьа да ца кхеташ. Цигара дIа Гуьмсехьа некъ бира ас, Мичик-хина тIекхаччалц. Цунна тиллинчу тIайх дехьаваьлча, четара хьокхам схьа а баьккхина, юккъехула кагбеш, бийкъира ас. Цхьа ах аьтту агIорчу коьллашна юкъа охьабиллира, цхьана садолчу хIуманийн рицкъа хир-кх хьох аьлла.
Цоци-Эвлара дуьйна гIаш бинчу некъо гIелвинера со, цундела и аххьокхам а беза мохь хетара. Мичиган хи а мелла, киснара схьа а доккхий, цIандой, цхьацца хIоа дууш, Гуьмсехьа дIагIоьртира. Iуьйрана исс сахьт даьлча Цоци-Эвлара араваьлла со, оцу некъахь кхин дIасайоьдуш чкъург керчаш хIума ца гуш, делкъал тIаьхьа кхо сахьт долуш Гуьмсе кхечира.

Со дIакхаьчча, станцехь лаьтташ яра «Гудермес – Махачкала» цIерпошт. Со цу тIе къайллах хьалаваларций, цIерпошт дIайолаелира. Дикка некъ бинчул тIаьхьа, суна тIевеанчу проводнико элира соьга:
– Я у тебя билет не спрашиваю, но скажи мне, кто ты по национальности.
– Я татарин, живу в Астрахани, еду к родственникам в Махачкалу…
Сан аьрзунан зIок санна болчу мерах шекваьлла, нохчий ву-теша хIара бохуш санна, хьоьжура иза соьга. Сох мел шек хиллехь а, ша делла дош-м кхочушдира цо, кхин соьга хаттарш ца деш. ТIаьхьо хиира суна иза гIумки хилар. Суна тIе кхин цхьаннан а тидам ца боьдуш, Махачкала дIакхечира со. Вокзалерчу киоск чуьра лимонадан шиша эцна, жимма юьстахочу нехашчутосургна уллерчу гIанта тIе хиъна, сайгахь дисинчу хIоэх, хьокхаман юьхках гIетакх дира аса. Ас хIума кхаьллинчул тIаьхьа дикка хан яьлча, кху станце схьакхечира «Москва – Баку» пассажирийн цIерпошт. Оцу цIерпоштна тIехиира со. Кхин цхьаммо билет я кехаташ ца хоттуш, дикка некъ бира ас, дукхахдерг тамбур чохь хан а йоккхуш. Иштта схьавогIуш, соьца тамбур чохь сецира цхьа жимха. Оцу накъосто:
– Байтахтанын черчиханан Ереван! – бохуш, мохь хьекха болийра, кхин юхаверза а ца туьгуш.
– ХIай кIант, IадIехьа, вайшингахь билеташ дацара, вайшиъ гучуваккха волу-кх хьо, – бахарх, иза туьйриг а ца хилла, со кхечу вагонан тамбур чу вахара.

Бакохахь

Делкъал тIаьхьа ши сахьт долуш цIерпошт Бакох дIакхечира. Географин урокехь миллион адам чохь дехаш гIала ю бохуш юьйцура хIара, муха гIала ю хьажий аьлла, волавелира со цуьнан урамашкахула. Лела-аш, базара нисвелира со. Кевнал чоьхьа адамийн тоба яра. Цунна тIевахара со. ХIорш тIаранах ловзуш бара. Нах дIасатоьттуш, улле вахча, кхо тIара хьийзош воллуш цхьа стаг вара. Оцу стагана хьалха цо даьккхинчу ахчанан гIеххьа оьла яра. Нах санна, со а вара цо хьийзочу тIаранех, муьлхачунна кIелахь бу теша каро безаш болу сакха хаа лууш. Ас сайн дагахь билгалбинчу тIарина кIел, дукхахьолахь, нис а лора иза. ТIерий хийзош верг хIилла долуш, каде стаг вара – цо наггахь нахе а доккхуьйтура ахча. Делахь а, дукха хьолахь цуьнан болура кхаж. Цунна хаьара, ша наггахь мукъане а ахча нахе доккхуьйтуш ца хилча, уьш шеца ловзур боций. Цу юкъатосург пхи туьма ду. Сайгарчу пхеа туьманна тIе кхин а пхи туьма даьккхича, ма дика хир дара бохург дара дагахь. Цкъа ловза дог хьаьвзаш, юха, карарниг а дIадаккхийтахь, хIун дан деза бохучо юха а уьйзуш, шина даггахь лаьттира со. Эххар а, хIан-хIа, стигларчу гIургIезал, карара хьоза гIоле ду боху хьекъале алар дага а деана, юхавелира со. Цигара дIавоьдуш, хIордкеманийн дIахIуьттийле кхечира. Кассан берте а вахана, хаьттира аса:
– Когда пойдет пароход в Красноводск?
– Вот, только что отправился в пятнадцать часов, – жоп делира кассиро.
– А завтра будет рейс? – хотту ас юха а.
– Нет, он ходит через день…

Со Бакохах бIаьргбетташ волавелла ца леллехь, хIинца хIордкеманахь дIавоьдуш хир вара. Ткъа хIинца де-буьйса даккха дезаро сан кхузахь. Де суьйренгахьа мел лести а, буьйса яккхаран гIайгIа яра суна.
Пристанца хоттаелла генайоццуш пассажирашна лерина зал хиллера кхузахь. Цу зал чу а вахана, цIерпошта тIехь набъянза хIоьттина волу со, гIанташна тIехьа цIенкъарчу аннаш тIехь дIатевжира, гIайбин меттана гIевланга сайн аьтту пхьарс а биллина. Суьйренан бода къовлалучу хенахь нах, кехаташ а хоьттуш, чубита болийра зална, гIенташна тIехьа волу со гина ца хиллера. Ткъа нах цу зала чу алсам гулбелча, со а царах дIаийра, кхин цхьаммо а тергал ца веш. Оцу муьрехь а Дала сан аьтто бира, арахь буьйса ца йоккхуьйтуш. Цу буса дика набйира ас, сахиллалц кхин ха а ца хорцуш.
Iуьйрана хIорда йистехь йолчу аллее вахара со. Цигахь дика кходуш кечйинчу кондаршна шина а агIор дIахIиттийна гIанташ дара. Самукъане меттиг яра иза: схьатIеуьдуш яра хIордан лекха тулгIенаш, дегIана аьхна хIордан хIон чомах ийна мох, хьан генене кхевдина ойланаш хьоьстуш, маьхьаршца тIехула хьийза хин олхазарш. Март беттан юккъера денош гIеххьа довха ала мегар долуш дара Бакох. И де дукхахдерг оцу хIордан йистошца дIаделира сан, волавелла лелаш я хиъна Iаш. ШолгIа буьйса яккха езара цхьанхьа. Де суьйренга лестачу хенахь тIевеара суна оьрсех волу ши жимха, сан хеннара хир волуш. Тхо вовшашца къамеле девлира, хIораммо а ша лелориг а дуьйцуш. ТIаккха царах цхьамма олу:
– У меня имеется паспорт, а у вас двоих его нет. Если ты купишь нам батон и бутылку лимонада, то я со своим паспортом добьюсь разрешения на нас троих, чтобы нас впустили в помещение порта для ночевки.
Ас вахана батон, лимонадан шиша а деара цаьршинна. Оцу кIентан паспортах гIуллакх а хилла, тхо кхоъ ас хьалха къайлах буьйса яьккхинчу чу витира.
Iуьйрана юха а хIордан йистерчу аллее вахара со. Цигахь со гIанта тIехь хиъна Iаш, суна тIевеара узбеккий, оьрсий. Узбеко соьга хаьттира:
– Ты откуда и куда едешь?
– Я чеченец из Фрунзенской области, живу вблизи города Токмак, тайком от родителей приехал на родину, бывшую ЧИАССР, теперь еду назад, в Киргизию, – жоп делира ас.
– Твоя свободная езда – это ерунда. Я из Армении убежал, оставив там все документы, чтобы попасть домой на «Айт-байрам».

«Айт-байрам» – марха досту де ду иза церан.
Цхьацца дуьйцу-уш, делкъахан хилира. Билеташ иэцарх дерг хьахаделира. Узбекан кIант бусалба хиларна, ас сайгахь мел ахча ду хаийтира цунна, тхойшинна юкъахь къайле хила ца йогIуш хетарна. ХIордакема дIадоьду хан гергакхача йоьлча, со кассин берте вахара. Билетан мах пхи туьма воккхачуьнгара, ши туьман пхи сом жимачуьнгара бара лахарчу гIат чохь, ткъа лакхарчу гIат тIехь – вархI туьмий, пхи соммий.
– Дайте мне детский билет, – аьлла, ши туьмин пхи сом дIакховдийра ас, жима ву моттийта, гIеххьа голаш тIехь лах а луш.
– Ты уже взрослый, детский билет выдается только детам до десяти лет. Если я тебе и выдам детский билет, то все равно тебя на пароход не пропустят,– элира цо.
Ши билет хир ду бохучух догдилла дезий дIахаийтира ас узбекан кIанте. Цо элира, ша некъана кечам бина араваьлла ву, ша билет оьцур ду, ткъа хIордакеманна тIе хьалаваьлча, ша иза суна охьакхуссур ду. И гIуллакх цо ма-бохху тхаьшшиннан чекхдер ду моьттуш, дагна там хилла Iара со. Кема схьадеара, пассажираш трап йолчу кевнан берте бахара. Контролеро, билеташка а хьоьжуш, нах кеманна тIе хьалабовлуьйтура. Билет долчунна уллехь накъост хилча, цо иза, ша новкъавоккхуш накъост ву олий, чувуьгу. Ткъа соьгахь я билет дац, я цхьа а новкъавоккхуш а вац со.

Ков арахьа а долуш, хIордехьа йолчу агIор, хIордана йисттехула, тулгIешна дуьхьало хилийта, доьттина деха бетонан ога дара. Оцу оганна тIе а ваьлла, аннийн трапана тIе а кхоссавелла, нахана юкъа дIаийра со. Трапа тIехь дукха адамаш дара, шайна юкъахь милицин белхалой, эскарера эпсарш, салтий а болуш. ХIордакеманна тIевала тесначу трапан юьххьехь, дуьхь-дуьхьал а хIоьттина, лаьтташ шиъ контролер вара. Цхьана контролеро букъ берзийча, вукхуьнга къайлах ши туьман пхи сом кховдийра ас, со хьалавалийта олуш. Цкъа схьаэца ойла хилла куьг а кховдийна, дIаса а хьаьжна, ша нахалаваларна кхеравелла делахь, я накъостах озавеллехь а, цо соьгара ахча дIа ца ийцира. ТIаккха кеманна тIе хьалаваьллачу узбеке куьйгаэшаршца хаам бира ас, билет охьакхосса аьлла. Цо иштта уьшаршца хаийтира суна, шен билет датIийна хилар. Кема дIадоладала йисина миноташ кхайкхош яра радиочухула. Кемано а лора ехха сигналаш, ша дIадоладала хан гергакхаьчний хоуьйтуш. Буйна доьллинчу хьозанан санна, детталора дог. ТIаьххьара а: «До отправления парохода осталась минута», – аьлча, катоьхна палубин биргIа схьа а лаьцна, лахь, висахь а аьлла, кхоссавелла, хIордакеманна тIе хьалавелира со. Узбекой, цуьнца волчу оьрсичой, катоьхна ши пхьарс лаьцна, дIавадийра со бухарчу гIатт чу. Тхо бухадиссаррий, кема дIадоладаларрий цхьаъ хилира. И сила долу адамаш хьоьжуш долуш, ас гайтинарг сонта «майралла» яра. Делахь а, оцу хьолехь кхин цхьа а агIо яцара кеманна тIе хьалавала.

Бухара гIатт хи чохь ду, корехула арахьаьжча, хIорда чуьра чIерий а гуш. Со цхьаъ лоьхуш хIордакема рейс ечуьра ца сацийра, билет доцуш со хьалаволуш гинехь а.
Кема дIа а доладелла, тхо паргIатдевлча, оьрсийн кIанта соьга духалург ахча дийхира, ша Красноводске дIакхаьчча дIалур ду хьуна аьлла.
– Ахь хIун до ахчанах, кеманна тIехь столови я буфет, я ресторан а яц. ТIе, соьгахь сайна юург эца а кIезиг ахча ду, – аьлла, ца делира ас цунна ахча. Оцу кIантах ца тешара со.
Iуьйрана ялх сахьт долуш Красноводске кхечира тхо. Охьадуьссуш билеташ хоьттуш цхьа а вацара. Тхо кхоъ кхузахь дIасакъаьстира. Берда тIе девлла, екъачу метте тхаьш нисделча, мацах обаргаша ма-аллара, кепеккал гIа даьлча-м, шина кепеккал пусар ца дора шаьш бохучу ойлане ваьллера со. Красноводске кхаьчча, со цIа кхаьчча санна хийтира суна. Кхузара дIа, кира лелочу вагонех тийсалуш а, сайн цIерачарна тIе ца кхочуш вуьсург цахиларх дог тешна вара со.

ГIум-Азехь

Вокзале вахана, цIерпоштанийн расписанига, билетийн мехашка а хьаьжира со. Фрунзе билетан мах пхийтта туьма бара. Дависа, и ахча хила а хилла, цунах билет а эцна, дIакхаччалц наб муха ца ен ярий бохуш, ойланаш коьрте хьийзаш, лаьттира со вехха.
Красноводсках жимма бIаьргтоьхна, юха а вокзале веара со. Станцина къилбехьарчу кевнехь ха деш йолчу зудчунна со ца гойтуш, къайллах меттиг лаха хIоьттира. Оцу хенахь цхьана боккхачу чхарна тIехьара гучу а ваьлла, гехь пхоьаззайолу топ йолчу ондачу дегIах оьрсичо, схьа а лаьцна, хаьттира соьга:
– Ты чего здесь шляешься? Не знаешь, что здесь охраняемая зона?
– Если это охраняемая зона, почему Вы прячетесь за каменными глыбами? Если бы я Вас увидел с винтовкой на посту, то я не приблизился бы к этому месту. Вы сами нарушаете правила охраны социалистической собственности, – элира ас.
– Ах ты, молокосос, еще учить меня будешь, а ну-ка, пошли в милицию! – аьлла, кхин пхьарс дIа ца хоьцуш, цо станцерчу милице дIавелира со.
Оцу отделенехь хиъна Iаш кхо милцо вара. Цара хеттарш дан долийра:
– Откуда едешь?
– Из Баку.
– Кто по национальности?
– Кумык.
Европехь гIезало хиллехь а, кхузахь гIумки хилира сох.
– Как фамилия?
– Махмаев Магомед.
– Сколько лет?
– Пятнадцатый год пошел.
– Учишься?
– Да.
– В каком классе?
– В седьмом.
– Куда едешь?

– В Небит-Даг.
– Учишься в школе им. Сталина?
– Да, – олу ас, Небит-Дагехь иштта школа сайна ю-яц ца хуъушехь.
Цул тIаьхьа милцоша:
– Иди и жди свой поезд на вокзале,– олий, со дIавохуьйту.
Дукха хан ялале хьалхарчу некъа тIе дIахIутту «Красноводск – Москва» цIерпошт. Со вокзалан перронехь хьоьжуш лаьтта. Пассажираш хьалабовла буьйлабелча, со тIеххьарчу вагонна тIе воьду. Оцу вагонах массо а уьдуш хуьлура – иза дукха чIогIа техкаш хуьлу бохуш. Нах хьалабевллачул тIаьхьа, кондуктор гучуьра а валийтина, со а хьалавелира. Ши вагон вовшехтосучу аьчкана тIехIутту со, муьлхачу вагон тIера ву ца хаийтархьама…
ЦIерпоштано йорт ийцира Малхбалехьа. Ши-кхо сахьт даьллачул тIаьхьа, хьан билетца-м бала бацара тхуна, хьайн кехаташ гайта аьлла, хьовзийра со вагонаш чухула чекхбовлучу салтийн патрульхоша. Цаьрга а ас, со пхийтталгIа шо долуш дешархо ву элира, паспорт доккху хан йоцуш, тIе со колхозехь хиларна, хан кхаьчча а лур долуш дац иза. Кхин со хьийза ца веш, дIавахара и шиъ. Жима а хетта, Iадвитина хир вара-кх цара со. Красноводскера Мары-ГIала кхаччалц, Иран пачхьалкхаца доза хиларна, салтийн патрулаша а ларъеш хиллера и меттиг.
Небит-Дагехь и цIерпошт дIатесира ас.

Цигахь цIерпошта тIехевшина контролераш билеташ хетта буьйлабелча, вагонан тхов тIе хьалавелира со. Туркменехь март баттахь, вай долчохь аьхка санна, йовха хуьлу, цундела суна, тхов тIехь мох белахь а, шийла яцара. БIаьрго ма-лоццу шера аренаш ю кхузахь. ЦIерпоштах цецъевлла, тIехьарчу когаш тIе хIиттина, вортанаш яхйина, и аре мел ю оьпанаш ю, гIаролаш санна, лаьтташ. Ас-м, сайга хаьттича, кху аренех гIамарийн аренаш ца олуш, «оьпанийн аренаш» эр дара. Туркменин коьрта шахьар Ашхабад а тIаьхьаюьтуш, Мары-ГIала кхечи. Охьавоьссича, хезаш яра, и перрон а Iадийна, лоькхуш туркменийн эшар: «Бян келермин, сыз келмяс сыз яр-яр, могIан келсен булат мекен яр-яр». Лоькхучу эшаран мукъамца байн ког а бетташ, Iаш вара со, перронан йистте а хиъна. ЦIеххьана тIекхетта, цхьаммо тIехьашхула схьалецира со. Иза хиллера Красноводсканий, Мары-ГIалиний юккъехь цIерпошта ларъеш волу белхало.
– Ты с Красноводска без билета едешь, а ну-ка, пройдем в милицию! – аьлла, со дIаозийра цо.
Цуьнан караравала дагахь, со тохавелира, амма вадалур ву бохург эрна дара. Цо со вокзалан милице дIавелира:
– Вот этот молодой человек без билета едет аж с Красноводска, – аьлла.
Кхара а, массанхьа санна, соьга хеттарш дан долийра:
– Откуда, куда едешь?
– Из Красноводска в Байрам-Али, домой.
– Зачем ездил в Красноводск?
– К родственникам.
– Какой ты национальности?
– Кумык.

– Нет такой национальности, а ну, покажи на карте, где ты живешь?
Пена тIехь дIатоьхна дара «Политико-административная карта СССР». Со карти тIе волавелира. Амма шолгIачу милцочо: «Есть такая нация в Дагестане», – олуш, тоьшалла дира.
ТIаккха соьга кехаташ хаьттира вукху милцочо. Ас хьалхалерчарна делла жоьпаш делира, воха а ца вухуш. Ас буттурш аьшпаш белахь а, уьш тийшира сох, тIе, баккъалла а аьлча, уьш къилахь пуьташ бацара, цундела Дала сан гIо дора оцу бехачу, халачу некъахь. Со ма вацара самукъадоккхуш, дуьненах бIаьргтоха араваьлла. Айса делла дош кхочушдар, Даймахке бIаьргтохар, дукха хьалхе еллачу сайн ненан кошан барз хьастар – кхо хIума дара сан хиллачу къовсамехь со толо везаш къинхетамечу АллахIан гIо-накъосталлица. Даа кхалларх хIума, тIемала хий хилчхьана, со мацалло гIелвийр воций хаьара суна. Суна уггар халаниг набарна садеттар дара. Милцоша дIахецча, Мургаб олучу хи тIе вахара со. Хи чохь луьйчуш бераш дара. Цаьрга а хьоьжуш:
– Рано еще купаться,– бохуш, Iаш гонах кхин а нах бара.
Со хьоьжучарах дIакхийтира. Оцу адамашна юкъахь сан шайна тIехь тидам сецна виъ стаг вара: цхьаъ – лекхачу дегIахь, эпсарийн хорма тIехь йолуш, пиджакан хьалхе мидалша, седано дIалаьцна, шолгIаниг – лоха, шуьйра белш йолуш, кхоалгIаниг – лекха дуткъа дегI долуш, Iаьржачу аматахь, тIехь кIарула Iаьржа кастом-хечий долуш, воьалгIаниг – ханна ткъех шо хир долуш. ТIаьххьарниггий, некха тIехь мидалш ерггий билггал оьрсий вара, лекха дуткъа дегIахь верг – гIалмакхо, ткъа Iаьржачу аматахь верг туркмен хиллера. Садовш дара, буьйса яккха меттиг лаха дезара. Вокзал чохь набкхеттарг самавоккхура. Сетки чохь пирожкаш йолчу оьрсичо, вукхарна ца хозуьйтуш, соьга хаьттира, со стенга воьдуш ву аьлла.
– Фрунзе-ГIала ваха везаш ву, – элира ас.
ТIаккха цо:
– Мы с тобой попутчики. Я еду в Самарканд, – хаийтира.
– Хорошо, будем добираться вместе, – элира ас.
Цул тIаьхьа оцу суна керлаваьллачу некъахочуьнгара духалург ахча даьккхира гIалмакхочо. Мел дара-м ца хаьа суна.
– Вайша вокзал чохь сецча а, цу чохь набъян а вуьтур вац, цул а, соьгара духалург ахча даьккхинчуьнан цIа гIо вайшиъ. Цо шайн цIахь, цхьа йоккхастаг бен, кхин цхьа вац боху, шортта вижа меттиг бу боху. Нагахь цо вайга буьйса яккхарна ахча дехахь, цо сайгара даьккхинарг чулара эр ду ас, – элира соьга керлачу некъахочо.

Оцу накъоста со тешнабехка кIел вига там бара бохург суна дага а ца деара. Ца хиллий, суна тIаьхьа хаа а хиира. Ас хьалха билгалваьккхинчу веаммой, асий дукха гена некъ бира оцу гIалмакхочун цIа ца кхочуш. Эххар а, гIалин йистехь йолчу паркехь гIанташ тIе садаIа хевшира тхо. Пхьуьйрахан тIехIоьттира. Тхо вовшашца къамеле девлира, наггахь «бродяга бродягу трогает» боху дешнаш къамелна юкъа а далош. Сан накъост ву бохуш волчуьнан сетки чуьра пирожкаш лаххьийна дIайиира вукху кхааммо, цуьнга хаттар-алар а доцуш. Эццахь кхета вуьйлира со, со вочу нахах Iоттавелла хиларх, делахь а, со воьхна гайта йиш яцара. Пирожкаш йиъна бевллачул тIаьхьа, гIалмакхочо соьга боху:
– Дай мне свое пальто, а то у меня хроническая малярия на холод, что-то очень я стал замерзать.
Ас сайн пальто дIаелира. Цо сихха тIеюьйхира иза, амма шуьйра, стомма дегI долчу цунна готта, жима а яра иза. Амма мел жима елахь а, дIаяккха дагахь а вацара иза, ас цхьа-ши сахьт даьлча шега схьаехча а.
– Подожди еще немного, – элира цо.
Цхьа сахьт даьлча, ас юха схьайийхира пальто, тIаккха цо элира:
– Где твое пальто? Если бы пальто было твое, то оно было бы на тебе, а не на мне.
ТIаккха, кисанара схьа а даьккхина, суна тIе урс лецира.
– Значит, ты так отвечаешь на мою доброту. Бог не фраер, он все видит, и его кара настигнет подлеца, – элира ас.
Кхетта беттаса долуш, сирла яра буьйса. ГIалмакхочо тIелаьцнарг жоьлкийн финка доцуш, чудуллу урс дара. Цо цкъа тоьхна йиначу чевнах со лийр а вац, со велла моттуьйтуш, охьавужур ву-кх аьлла, сайн сапаргIатдаьккхира ас. Цо суна урс ластадале, орден, мидалш а йолчу оьрсичо со, тIехьашхула тIекхетта, къевллина маравоьллира. Суна хьалха урс карахь долу гIалмакхой, туркменний ведда къайлавелира геннахь. И шиъ къайлаваьлча, со маравоьллинчо со, хьалхахьа дукха чIогIа дIатоттуш, дIахийцира. Со гора-бертал воьдуш, лаьттах куьйгаш хьакхадалар бахьанехь охьакхетанза велира.
Со дIатеттина «орденоносец» суна тIехьа лаьтташ вара, шек дIа а воцуш. Сан-м дацара цунна дан хIума, онда, зоьртала, хьийкъина стаг вара иза. ДIабевддачарах цхьаммо шок туьйхира, хIара дIавоьхуш.
Самарканде дIаваха везаш волу сан некъахо ву соьца хIинца виснарг.

Цуьнга боху ас:
– Почему ты за меня не заступился, ведь мы же попутчики?
– Ты же видел, как они съели мои пирожки без моего ведома. Они б и меня побили, если бы я полез в драку.
Иза-м, схьагучу суьртахь, сох къахеташ вара:
– Вот сволочи, нахалы и негодяи.
И накъост луьйчохь а витина, со паркан маьIIехь йолчу милице вахара.
– У меня пальто сняли, документы и деньги забрали жулики, – элира ас.
– Мы сейчас выедем, подожди во дворе, – элира цара.
Арахь дикка хьоьжуш Iийра со, амма цхьа а гучуволуш вацара.
Юха а чувоьду со:
– Когда же вы будете выезжать? – боху ас.
ТIаккха цара боху:
– Где с тебя сняли пальто?
Ас:
– В этом парке.
Цара:

–А ты что делал в это время в парке? В ночное время и нам не безопасно ходить по парку. Лучше б гулял по городу, чем в парк заходить.
Аса-м дукхахдолчунна кхаьрца хIинца лелош дерг хIилла дара, нагахь сайга кехаташ хаттахь а, хIорш тешаш хилийта. Вуьшта-м, кхара къуй лоьцуш къахьоьгур доций хаьара суна.
Милицера со вокзале вахара. Вокзал чохь цхьана оьрсийн зудчо боху соьга:
– Молодой человек, почему ты так легко одет?
Суна хIетахь я хIинца а дIоггара оьрсийн мотт Iемина бац. Цо сайна тIехь йолу бедарш тиша хIунда ю боху моьттура суна. Ас цуьнга:
– Да у меня было пальто, но его с меня жулики сняли, деньги и документы забрали.
ТIаккха цо чIогIа, зал чохь болчарна хозуьйтуш:
– Ой, боже мой! У этого молодого человека пальто сняли, деньги и документы забрали жулики, – бохуш, гIовгIа яьккхира.

Цунах йоккха паргIато елира суна. ХIинца-м хала дацара, со жоьлкаша чIанаваккхарна, хIоккхул адам теш долуш, кхин дIа некъ бан аьлла, вокзал чохь паргIат дIавижира со. Iуьйрана хьалагIаьттича, со юха а оцу парке вахара, селханлерчарах цхьа а сайна каравой хьажа. Уьш айса лехар эрна дуй-м хаара суна, хIетте синна паргIато ярхьама дара ас лелориг.
Со Мургаб-хин йистонца вокзалехьа волавелира. Оцу хин йисттехула ворда яххал шуьйра гIашлойн некъ бара. Мургабан бердаш лекха дара, цундела хи доьду гIад кIоргехь дара. Цу некъа схьавогIуш, бердах киртигаш яьхна, хи чу вуссийла йолчу кхечира со. ДIо кIоргехь, хин йистехь цхьа хIума: гата я коч – чухьекхош воллуш цхьа стаг вара. Со цуьнга хьаьжира, иза соьга схьа а хьаьжира, вовшийн яххьаш къаьсташ, тхойшинна вевзи вовшийн. Со шеца дIанислушшехь, цо соьга мохь туьйхи:
– Эй, молодой человек, подожди немного.
Цо и мохь ца тоьхнехьара, со иза ларвийрволуш вара, иза муьлхачу хIусаме воьду хьожуш. Аьчканекъаца адамаш лела меттиг а гена яцара. ВогIуш, воьдуш милиционер гахь, цуьнга сайна гIо-накъосталла доьхур долуш вара со. Берда тIе хьалаваьлча, цо боху:
– Ты что, меня не узнаешь?

Ас олу:
– Нет, не узнаю.
Сайна ца вевзаш санна, леррина хьожу со цуьнга.
– Как это так, мы же вместе ночью в парке были. Я у тебя пальто забрал, но это была шутка.
Цо иза дуьйцуш, тхойшинна тIевеара ялх-ворхI шо хир долуш кIант. Цуьнга соьца лаьтташ волчо:
– Пойди, принеси дядино пальто из дома. Мама тебе отдаст.
Жимма хан яьлча кIанта мохь туху:
– Мама не отдает пальто.
Иза ша чу а вахана, пальто йохьуш схьавеара. ТIеюха аьтто беш, схьалаьцна, пальто соьга тIеюхийтира цо.
– Ну как, в целости и сохранности вернул тебе пальто?
– Да, как и прежде, целое, – элира ас.
– Ты сегодня не уезжай, завтра я тоже еду в Бухару. Поедем вместе.
– Хорошо, подумаю, – аьлла, иза Iад а витина, ког лаьттах ца кхеташ, гIалех бIаьргтоха вахара со. Сайна тIехь йолчу пальтонан кисанаш чу куьг Iоьттира ас, цхьана киснахь мерах хьокху йовлакх дара, амма чудуьллу урс дацара. ГIеххьа новкъарло хиллера суна цунах, кисанахь иралла лелор цу хенахь нохчийн Iадат ма дара, хIунда аьлча Iедало бехдинчу адамна даима а кхерам ма бара гонахарчу хьекъал аьрто долчу адмашкахьара. ХIун дара хаац, гIалех бIаьргтухуш лелаш, сан тидам сецира цхьана кIантана тIехь. Иза вара кибирчигна тIелеттачу бетонна, гIайракх тIе санна, урс хьоькхуш, иза ирдеш воллуш. Цуьнгара урс сайчух тера хетта, тIевоьдий, ас кIанте олу:

– Ну-ка, покажи мне свой нож!
Урс сайниг дара, ткъа и кIант буса сан пальто ядийначун хиллера. Ас урс сайн кисана диллича, кIанта элира:
– Верни мой нож, мне ночью папа его подарил!
Ас цуьнга:
– Да, как раз твой папа ночью украл мое пальто, а из кармана этого пальто нож он подарил тебе. А теперь я, как хозяин этого ножа, возвращаю его настоящему владельцу. Все справедливо, по-божески.
КIант цецваьллачохь вуьтий, со гIали юкъа воьду. Тамашийна болх бара иза, оццул йоккхачу гIали чохь со оцу кIантана тIеIоттавалар, и урс суна доьгIна хиларна, Дала нисдина хIума дар-кха иза. ГIеххьа гIалех бIаьргтоьхна, вокзале вахара со. Кхузахь лаьтташ ехха сурсатийн шалон яра, кхо-йиъ вагон йоцург, дерриш а шелигаш долуш. Сайна жима садаIар а хир аьлла, со вахана аннех йиначу 20 тонн киралелочу вагона тIе хьалавелира, проводникна леринчу тамбур чуьра гIанта тIе оха а хууш.

Дукха ца Iаш шалон дIайолаелира, амма суна иза сайна оьшучу Чарджоу-ГIалехьа я бIостанехьа йолчу Кушкехьа йоьдуш юй-м ца хаьара. Цхьана станце кхаьчча хуур-кх бохуш, дикка некъ бира. Байрам-Али-ГIалел тIехлелхаш хиира суна, цIерпошта, сан ирсана, Чарджоугахьа йоьдуш юй. Ма беха некъ бу-кх цу гIамарийн аренашкахула беш берг, юккъехь жима станци, ур-атталла разъезд а йоцуш. Мары-ГIалиний, Чарджоуний юккъехь и цхьа жима гIала Байрам-Али йоцург, кхин цхьа а гуш нах Iаш меттиг яц-кх, цхьа-ши разъезд йоцург. ЦIерпошта, текхаш, Чарджоу-гIала кхечира буьйса юкъал тIехъяьллачу хенахь. Со вокзал чувоьду. Ас дIайиллинчу неIарна бертехь лаьтташ милцо вара. Цо документаш хаттахь а олий, со юхаволу, сайгахьа букътоьхначуьра иза вухаверзале. Оцу юхаваларх со станцина юххехь йолчу диттийн боьлака чувулу. Амма цигара станцехьа со дIахьаьжча, со охьавоьссина шалон дIайолалуш го суна. ДIахьодий, цхьана вагонан бехачу ламех катоха кхиало со. Амма цIеххьана карара лами хецалой, со охьакхета, цхьадика, шпалех ца хьакхалуш, жагIи тIе а вужуш. Шпалех кхеттеххь-м, цхьа меже ца йоьш вуьсур вацара. ДIайоьдучу шалонан вагонийн ламеш суна тIехула дIауьдуш ду, хьакхадала йиснарг башха юкъ а йоцуш. Керчина кхерамна юьстахваьлча, хьалагIаьттира со, тIаккха «Бисмилла» а аьлла, со ма-ваддало водуш, цистернин беха лами юха а схьалецира ас. ЦIерпошта-м хьалхачул а чехкаяьллера, делахь а, хIинца, Делан орца бахьанехь, лами сацабелира соьга чIоггIа къевлинчу буйнахь. Со эццахь хьала ца валавеллехь, и буьйса цхьана коьллашлахь яккха дезар дара сан, сайн гергарчарна тIебогIу некъ хIумма а бац ца луш. Лами тIе хьалаваьлча, рами тIехула ши куьг цистернех гIертош, иза хьакхарех хьахабелла хилар тергал а ца деш, воьдуш, со, вагонаш вовшахтосучу догIанна уллера рама схьа а лоцуш, хьалхахьа а вирзина, охьалахвелира.

ГIамарийн аренашкахула, пассажирийн цIерпоштаца къовсаяла тарлуш, чехка лела сурсатийн шалон а. Наггахь, охьанехье нисъелча, тормозаш тосура шалоно, вагонан чкъургашна кIелхьара лелхаш долу суйнаш суна юхьдуьхьал а детталуш. БIаьргаш дIахьаббой, юьхьдуьхьал пхьарс лоцура ас, кхин дан шапаIат дацара – со букъ берзош охьахиъча, суна схьалаца аьтто болуш хIумма яцара.
Чкъургашна кIелхьарчу суйнашца къийса кIорда а дина, со, хьала а гIаьттина, шелигах куьйгаш гIертош, раманашна тIехула текхина, лабанна кIел вахавелира. Цигахь-м охахаа гIант дара. Со, паччахьан гIантана тIекхаьчча санна, там хилла, охьавуьйжира оцу проводникан гIанта тIе. ХIинца хала дацара, со охьахиъна Iаччохь наб йойлах дарий! Ма дукха хIума ца оьшу-кха халонаша гIелдинчу адаман дегIана! Оцу цIерпошто со Узбекистанерчу Коган-ГIала кхачийра, кхин цхьа а хьовзам боцуш.

Коган-ГIалахь узловой станци ю. ГIала ша-м башха йоккха а яц, вайн Гуьмсел бен. ЦIерпоштийн шалонаш вовшахтухуш йолу диспетчерски-куьйгаллин пульт кхузахь ю. Массо а некъаш тIехь ду бес-бесара чиркхаш: кIайн, цIен, баьццара, сийна. Сурсатийн шалон дукха кIордорна, пассажирийн цIерпошта тIе нислур вацара-теша аьлла, вокзалехьа гIоьртира со. Кхузахь а вокзалан неIарехь лаьтташ милцо вара. ХIинца, буьйсана юккъехь, верриг хьакхарша вуьзна волу со шена гахь, цо кехаташ хоттур ду-кх соьга аьлла, ойла а хилла, со, юхаваьлла вахана, кIажа бухехь лаьтташ йолчу «пульман» олучу йоккхачу вагона тIе хьалаваьлла, цу чохь аннаш тIе дIавижира, сайн аьтту пхьарс гIевланга а биллина, ша хирг хир-кха аьлла.
Цхьана хенахь со тIехь волчу вагонах паровоз тасалуш хаадели суна, дIар-р-ров аьлла, тата даларна. ТIаккха со вагонций дIавадийра цхьана агIор. Паровоз дукха чехкабалале, со охьаэккха кхиавелира. Юха, вахана, вокзала тIехьарчу кондаршна юкъахь дIатевжира. Iуьйрана малх схьакъадале гIали юкъа вахара со, юха, адам доладелча, вокзале вухавирзира. Вокзалах къаьстийла яцара сан, цIа кхача ойла йолчу.
Де делкъанга долуш схьакхечира «Ашхабад – Москва» пассажирийн цIерпошта. Со оцу цIерпошта тIе хьалавелира, амма дукхахболу некъ цигара дIа вагонийн тхевнаш тIехь бан дийзира, яккхийчу гIаланашка шалон кхочуш, тхов тIера чу а вуссуш. Оцу поездо чекхваьккхира со Навои, Каттакурган, Джизак гIаланашкахула.

Джизак станцера некъ Къилбаседехьа боьрзу. Ташкенте а кхаьчча, цигахь охьа а воьссина, цхьана ларек чуьра ши булочка а эцна, со вагон тIе хьалавелира. Ташкентера схьаиккхича Арыс-ГIала кхечира со, хьалха Кавказе вогIуш ас набахтера араваьллачу тутмакхца арахь буьйса яьккхинчу. Кхузахь вокзалехь йолчу расписанига хьаьжира, Фрунзе-ГIала поезд маца йоьду. Иза схьаян мелла а хан яра. Кхузахь а гIалахула лийлира со.
Делкъал тIаьхьа вокзале дIахIоьттира «Москва – Фрунзе» цIерпошта. Билет эца соьгахь горга шай а дац, цундела со, кхин еха ойла а ца еш, вагона тIе хьалаволу, кондукторан сайх бIаьрг ца кхоьтуйтуш. Шайн билеташ кечде аьлла, контролераша хаам бича, со вагонан тхов тIе волу. Поезд Чимкент-ГIала кхочуш, со тхов тIера вагона чу вуссу. Чимкентехь а левира со милицехь, билет цахиларна. Амма, жима ву аьлла, дIахийцира. Милицин карараваьлча, жимма садаIа, со вокзалера дитташ кIел долчу гIанта тIе охьахиира. Амма садоIийла-м ца хилира сан, со тIехь хилла цIерпошта меллаша дIайолаелла йоьдуш яра. Ка ма-доллу тIаьхьахьаьдира со шалонна. ТIаьххьарчу вагонан кхечу вагонех дIатаса диначу догIанах катоха кхиавелира со. «Ялахь – Хьата лер, ца ялахь – Миниг», – бохург дагахь долуш, оцу догIанна тIехь, тхьамарна тIехиъна дахка санна, цхьана станцехь цIерпошта саццалц некъбира ас. Цул тIаьхьа, цIерпошта сецча, вагонан тхов тIе велира.

Джамбулерчу тоннелах цIерпошта чекхйолучу хенахь со набкхетта хилар бахьана долуш дийна виснера, нагахь хьалатаьIнехь, оцу туннель чохь вийна хир вара. Оцу туннелан тидам боцуш, цIерпошта цу чухула чекхйолуш, тхов тIехь охахиънарг я хьаланисвелларг вийна бохуш долу хабарш лелаш дара нахалахь.
Джамбулехь охьавоьссича, деша «Казахстанская правда» газет ийцира аса. ЦIерпошта дIайолалуш, юха а тхов тIе ваьлла, газет кIел а даржийна, дIавижира со. ДIавуьжуш, вагона чу хIаваъ доуьйтуш йолу туьнкалг, сайн куьйгийн пIелгаш чучча а духкуш, мараюллура ас. ТIаккха сан куьйгаш, пхьаьрсаш а, тхьуздулий, догIа тоьхча санна, къовлалора. Аьчканекъо голатухучохь со цхьана агIор чу ца карчийта дора ас иза. Со Даймахка воьдуш, юха ГIиргIазе вухавоьрзуш а айса бина некъ Iаьнан шело ловш бина аьлча, со цуьрриг а харц-м хир вацара, хIунда аьлча цу некъахь ас дукхахйолу хан я вагонийн тхов тIехь, я тIехула сийначу стигалан тхов болуш яккхарна.
Джамбул-станцехь хьалабевлла нохчийн кIентий а нисбелира соьца. Нохчийн къамел хезча, сан дегIе хазахетар хьаьдира, бехачу некъан кIадвалар, гIелой дIаделира, хIара дуьне дерриге а сайн доладаьлча санна, бIаьргех хи долуш, там хилира, хIунда аьлча суна оцу халачу деношкахь хезна дацара дог ир-карахIоттош долу, нохчийн нанас шен некхан шуриций, аганан иллиций, сан цIийх, сих а иэбина, суна хьаналбеш чубиллинчу меттан дош. Суна-м сайна кху деношкахь ненан мотт бицбала боьлча санна а хетара я, кху араваларх, сайн къомах хаьдда, цхьанхьа ван там бара со олий.

ЦIерпоштано со вадийна ГIиргIазерчу Каинда станце кхачийнера. Кхузахь а станцин хьаькамо, со вагон чуьра дIавига хьовзо дагахь, куро пIелг ластош, лакхарчу терхи тIера охьавала олуш, тIевийхира. Цо бохург айса до моттийтина, со иза охьавоьссинчу агIор ца вуссуш, вукху агIорхьа воьссира, паровоз болчу хьалхахьа а воьдуш. Тхойшинна юккъехь шалон яра, тIе кхузахь поезд кхаа минотехь бен ца лаьттара. Уьш кхин суна тIаьхьа а ца бевлира.
Суна дуьхьал схьайогIуш ши зуда яра, цхьамма сих-сиха: «Маржан, Маржан!» – олий, цIе а йоккхуш. Цаьршимма хьехош ерг Чалдавар яра. Ткъа цигахь Iаш яра сан ненан йиша, Сайд-Ахьмад цIе йолчу тхан юьртахочуьнгахь а йолуш.
«Ванах, оцу зудчо хьехориг сан ненан йиша ма ю, цуьнга со цIа воьдуш вуй Маржане дIахаийта аьлча, хIун дара-теша?» – аьлла, ойла хьаьвзира сан коьрте.
Амма, цаьршинца къамеле валахь, цIерпоштна тIаьхьависа там бу-кх со, тIе, ас лелошдолу жоьлкалла цара муха дуьйцур ца хаьа-кх аьлла, со вуй ца хоуьйтуш, IадIийра со. Вистхила-м лаьара, хIунда аьлча, со лоьхуш, сан да кхаьчна хир вара кхуза, тIе сан ненан йиша, со вайна бохуш, суна сагатдеш хир ю…
ЦIерпошта дIайолалушшехь, со цунна тIетасавелира. Цхьана жимачу станцехь поезд сецча, юург юхкучу зударшна тIевахана, тIаьххьарчу соьмах цхьа жима хьокхам ийцира ас. ХIинца цIерпошта ша йоьдучу дIакхача герга хиларна дара хаац, проводникаша вагонийн неIарш ларъеш яцара, цундела эвххьаза хьалавелира со а. Цул тIаьхьа, хье ца луш, дIакхечира тхо Фрунзе-ГIала.

ЦIакхачар

Вокзалера автостанце ваха трамвайна дала ялх шай ца хилла, со гIаш базарна уллерчу автостанце вахара, маьркIажа хан хила гергакхаьчначу хенахь. Март беттан ткъе шолгIачу дийнахь дара иза. Фрунзера Токмаке тIаьххьарчу рейсан автобус яра дIахIоьттина лаьтташ. Автобус тIех йоьттина яра, цул сов касса дIакъевлина яра, оцу балхо аьтто бира сан хьалавала. Автобусан хьалхахьара билеташ духкуш схьайогIуш яра кондуктор. Иза охьахевшинчарна билеташ луш тIейирззинчуьра, со, къайллах цунна тIехьашхула ваьлла, билеташ эцначарах дIаийра. Иштта, кондукторан суна тIехь кхин тидам ца соцуш, Фрунзений, Токмакний юккъера 60 чаккхарма некъ бина, со пхьуьйра хенахь сайн ден ден йишин ши кIант Жебар, Джунайд а волчу хIусаме кхечира. И шиъ ул-уллехь Iаш вара Токмакерчу Старая Покровка олучу меттехь, Иссык-Куль Iома тIера Рыбачье олучу метте боьдучу асфальтан некъан йистехь, уьшалш йовлучу меттехь. Со чуваьллачул тIаьхьа чувеана Жебар:

– Хьо цIа веана, Мовла?! – бохуш, юх-юха а суна мараветталора. Цуьнан хIусамнанас, Совдата, и саца а вина, соьга элира:
– Иза-м шен кеп хиларна леладой цо. Бакъду, цуьнан ваша Джунайд, Делан Элчаной (I.с.с.), шен устаза Кишин-Хьаьжас а бохучунна тIаьхьа возуш, массо а устазаш, эвлаяаш безаш, цIена стаг вара. Бусалбалла, нохчичун ийман, гIиллакх-оьздангалла а шегара доккхуьйтур доцуш, дашца, леларца нахана там бан хууш къонах вара иза. Суна вай цIера арадахале дуьйна а иштта, лакхахь ма-вийццара, вевзина вара иза.
Хье ца луш, Джунайд а цIа кхечира. Со вайча, дукха хазахетарна, бIаьргех хи делира цунна.
– Хьо меца вуй?– хаьттира соьга Джунайда.
– Вац, – элира ас.
– Тхо хьуна чIогIа сагатдеш дара, хьан цIахь берш-м хьерабовла бохкуш хир бу, вайшиъ сихонца шун цIа хьалагIур ву, – элира цо.
Тхьойша пхьуьйран хенахь новкъавелира. Буьйса, бетта са доцуш, Iаьржа яра.
– Вайша дIакхаьчча, ас Сайдселиме кхаъ боккхур бу, хьо цIа кхаьчна аьлла, тIаккха иза кхоана цхьаъ ца луш Iийр вац, – бохура Джунайда.

– Яла декхар-м ду, – элира ас.
Токмакана I5 чаккхарма гена яра тхо Iаш долу колхоз. И беха некъ гIаш бира охашимма, кхин дуьхьала я тIаьхьашха чкъург керчаш йолу хIума дIасайоьдуш ца гуш. Машене-м ирх-пурх догдохийла а яцара, дийнахь наггахь бен хуьлуш йоцчу. Мацах воккхачу стага жимхе, некъ бацбехьа вайшиннан, аьллачунна дайна, Джунайда соьга, айса дIасавоьдуш лелийнарг дийцахьара, элира. Ас, дуьйцуш кIордадой, хабар сацийча:
– Кхин дIа а, – олий, юха а дуьйцуьйтура цо.
Наб йогIуш волу со сих-сиха луьйчура сацар нислора, амма цо юха меттахвохура, «ОстогIфируллахI, остогIфируллахI» – олий, цецволуш меттигаш нислора. Иштта сан къамел кхин соьга хада ца дойтуш, тхан колхозе дIабоьрзучу некъана тIехваьлла дIавоьдуш хиллера тхойша, буьйса Iаьржа хиларна, сан леламашкахьа валарна а. «Кызыл-Аскер» цIе йолчу тхан луларчу колхозний, тхо Iаш долчу колхозний юкъахь долчу дозанан татолна тиллинчу тIай тIе кхаьчча, меттавеара Джунайд.
Цо элира:
– Ванах, Мовла, вайшиъ-м. шун колхозана тIехваьлла, дIавоьдуш ма ву.

– Дера ву-кх,– элира ас.
Цигара дIа татолца некъ бина, тхойша тхан колхозан коьрте кхечира. ТIаккха, жимма лахахьа ваьлча, тхан керта а кхечира. Джунайда коре вахана, корах пIелг тухуш:
– Сайдселим, ва Сайдселим! – аьлла, мохь туьйхира.
ДIатевжина велахь а, сагатлуш, набкхетанза хиллера тхан да. Буьйса юкъал тIехъяьлла хан яра иза. Коре а таьIна:
– Ва вай! – элира цо. – Схьачувола, Джунайд!
Цунна озах вевзина хиллера иза. ХIусаман зайл дIаболланза бара, хIинций-хIинций шена цхьа ирча кхаъ кхача там бу-кх бохуш, даго кийрахь вота етташ, хан яьккхинера тхан дас со цIера ваьлла леллачу хенахь. Джунайд – хьалха, со – тIаьхьа а волуш, тхойша чуваьлча, тхан дас элира:

– ВаллахIи, Джунайд, ахь Сайдселам аьлла, мохь ма-тоьххина, хаа ма хиира суна, хьо Мовла валош вогIий! Марша вогIийла хьо, Джунайд, оха мел сагатдо хаарна, веана-кх хьо! И Дела, Делан Элча (I.с.с.), устазаш резахуьлда хьуна! ГIаш беха некъ беш, ма къахьийги-кх ахь! Дала шен меле, йоле а дуьллийла ахь хьегна къа, – бохуш, хазахетар сов даьлла хьаьвзира тхан да.
– Къахьегар-м довр дара, жимма набйичхьана. Мовла цIа веана, сапаргIатдалар бу-кх Делан къинхетам.
Джунайдна кхаъ баккха а дицделира. Цул тIаьхьа, бераш дIасахьовсийна, хаам бира колхозехь болчу нохчашка со цIакхачарх лаьцна. Цхьа сахьт далале тхан чоь юьзира цара. Хаттарш деш, луьйш-олуш, дагадуьйлуш, сахуьланга девлира. ТIаккха баьхкинарш дIасабахара, тхо а дIадийшира.
Делкъахан хуьлуш тхан дестечо со самаваьккхира. Улле диллина чIепалгийн хедар ду суна, даьтта чохь кад болуш.
– Ас мацаллина сатухур дара, набарна са ца тохало соьга, жимма вижий витахьа со, – элира ас дестечуьнга.

Десте елахь а, Медис тхо шен берех къеста ца дора, цундела цо суна луург дира. Иза юьртахь оьздачу нехан цIен тIера яра, дуккха а шича-маьхчалахь, гергара а нах болуш. Тайпана Iаьндех болуш, Цоци-Юрт юьллуш дуьйна кхузахь орам хецна цIа дара цераниг. Со, делкъал тIаьхьа ши сахьт даьлча, самавелира. Медис дохдина чIепалгаш хьалха дехкира суна, юххехь даьттан кад болуш. Уьш диъначул тIаьхьа, со сайца доьшуш хиллачу нийсаройх дIакхийтира. Ас цаьрга со, Кавказе вахана, цIавеаний хаийтира. Царах цхьамма, Бакас, боху, массарна а хозуьйтуш:
– Аткхандан кайпагIан адам экенсин. (Аьллачунна тIера вер воцуш адам хилла-кх хьо).
Цаьрца дикка «бета калды» бохучу ловзарх левзина, цIа вахара со. ЦIахь дас хеттарш дан долийра соьга: «ХьенехгIеран цIа дарий?», «Минехерниг дарий?».
Ас:
– Дара. Дацара. Дара моьтту суна.
ТIаккха сан дас элира:
– Я дара, я дацара, – хила деза къонахчун дош. Моьттий, хетий бохург нахана Iаддиталахь, иза, хьаъа дийцахь а, дош дац хьуна.
Жимма Iийна, юха хаьттира цо:
– Белахаьрга вахарий хьо?
Ас со ца вахана элира, сайна иза евзаш йоцу дела.

– И йолчу а вахана, ахь хьуо Сайдселиман кIант ву аьллехьара, хьо цо дика тIеоьцур ма вара. Уьш вайна луларчу Буга-хьаьжин Хьамидан кертахь Iаш ма бу. Белаха ша гIумки елахь а, амма нохчийн къам чIогIа дукхадезаш ю,– элира дас, суна цига цавахарх дагахьбаллам беш.
Со цIа кхаьчначу кхоалгIачу дийнахь араваьлла сан да шина-кхаа буса цIа а ца вогIуш лийлира. Иза хиллера маьI-маьIIерчу колзозашкарчу нохчашка мовладе кхойкхуш лелаш. Юха иза лелла цIа веана кхо де даьлча, пIерасканан буьйсана, тхан чоь юьззина баккхий нах гулбелла, мовлад дийшира. Оцу мовладе тхан дас гIиргIазойх волу молла Къасим валийнера. Мовладехь баккхийчех цхьамма соьга мала хи дийхира. Ас, сихха куршка ведар чу Iоьттина, аьрру куьйга къаночуьнга дIакховдийра. Молла Къасима шайн маттахь элира:
– Онн кхолун менен бер! (Аьтту куьйгаца дIакховдаде.)
Ас, цо ма-аллара, куршка аьтту куьйга лоцуш, тIам цуьнгахьа берзош, дIакховдийра. Оццул ийман долуш стаг вара и Къасим молла. Цо рузба шен латта тIе тесначу цIенойн тхов кIел дойтура, амма гIиргIазой кIезиг бара рузбанца гIуллакх долуш. Тхуна лахахьара «Миниткеч» («Кьинхьегамхо») колхозера кхо-виъ, лакхахьара «Кызыл-Аскерера» («ЦIен Эскарера») кхо-виъ стаг вогIура говрашкахь. Баккъалл аьлча, тхан колхозера гIиргIазойх болу баккхий нах а бацара рузбанца гIуллакх долуш. Церан-м, вайн санна, ламазна «АллахIу акбар» олуш, молла кхойкхуш Iедал а дацара. Къасим-моллас:
– Мамындай убакхыт тыйнама,– олий, мохь тухура. Иза дара: «ХIинца ламаз до хан хилла шуна», – бохург.
ГIиргIазехь тхов тIехь поппар хьаьхна цIенош массеран дара, Даванбай цIе йолу стаг воцчуьнан. Цуьнан цIа тIехь эрзан тхов болуш дара. И стаг Iай, аьхка а лам чохь жаца вара, цундела доладеш, чохь Iаш стаг ца хиларе терра, тишлуш лаьттара цуьнан цIа. Цуьнан цIеношна тIехьа наркаш олучу стоьман дитт дара. Оцу дитта тIехь кегийчу хурманех тера, хурманан чам а болуш, стоьмаш латабора. Уьш кхачабаллалц, тхо, берийн сур, хьийзара цунна кIел, охьаэгна стоьмаш дууш. Дитта тIехь долуш уьш башха чомехь а ца хуьлура, ластийча охьабужуш берг бен. Цхьана дийнахь Къасим-моллас хотту соьга:
– Атын ким? (Хьан цIе хIун ю?)
– Мовла ю.

ТIаккха цо:
–Жакхшы ат, жакхшы ат, – элира. Юха тIетуьйхира: – КъурIан чохь аьлла ду: «Я мовлана», дика цIе ю хьан.
ЧIогIа боккха там хилира суна Къасима аьллачух. Дела реза хуьлда цунна, Iаламат дика бусалба вара и гIиргIаэойн Къасим-молла.
Хьалха, хIара дагалецамаш дIаболош, хьахийнера-кх ас, со Кавказе ваха новкъаваьллачу дийнахь, сайна дуьхьал сан маьхча Минкаилов Шемал кхетар, тхойша дIасакъаьстинчул тIаьхьа, кхузза вовшаша дуьхь-дуьхьал а воьрзуш, юхахьажаваларх а. Со цIа кхаьчча Шемала дийцира суна: «Вайша кхузза вовшашка юхахьажавелча, са даг чу иккхира: кхин гур вац-кх тхойша вовшийн. И ойла дагара ца йолуш, суо висинчохь даима а воьлхуш Iара, кхоллуш йолу хIума а, цхьа чам ца хаалуш, хала юура я меца лелара со».
Цо, со цIераваьлла лелаш, шен хилла дог-ойла йийцича, цунах чIогIа къахетта, дохковаьллера со айса лелийначунна. Соьга: «Къийго мас хьур яцара хьан Кавказе», – баьхна волу Баудди шен люцерна йохка ваханчу хенахь, колхозехь цуьнан (Бауддин) ворда лело вахийтинчу сан маьхчас Сайд-Эмис элира соьга:
– Базаран буса кечдина жижиг-галнаш хьалха дехкича, хьо дагавогIий, яахIума логах чекх ца йолий, шун дIатоттура оха.

Со цIа веана кхо-диъ де даьча Чуйски районан милицин белхало веанера буьрканах ловзуш долчу тхан колхозерчу берашна тIе. Цо цаьрга, фамили йоккхуш, со вевзий аьлла хаьттира. Берех цхьамма суна тIе пIелг хьажийра. Милцочо, со юьстахваьккхина, шен планшетара схьаэцна кехат, ручка а делира, ша олуш дерг цу кехат тIе дIаязде аьлла.
– ДIаязде расписка, хьо кхул тIаьхьа Iедална ца хууш ГIиргIазойн мехкан дозанал арахьавер вац алий.
Ас, сайна оьрсийн маттахь яздан ца хаьа, элира. ТIаккха цо, шен планшет кехатна кIел лоцуш, суна хьалха дIанисъеш, элира, дIаязде гIиргIазойн маттахь:
– Мындан кийин оьмоьктуьн урукхсатыз эч жерге бармайим. (Кхул тIаьхьа Iедалан бакъо йоцуш цхьана метте гIур вац со). КIелахь терахь, бутт, шо а билгалдойтуш, куьг яздайтира. И кехат шен планшетки чу а диллина, милцо дIавахара. Милла велахь а, цхьана мотт сацаро со Iедале дIавеллера-кх, цхьа сингаттам балийта. Делахь, а Дала и сингаттам тхуна баьккхина, дегахьаам ца бира мотт баьхьначунна.
Цул тIаьхьа йохъяла йоларе терра, поппарийн белхеш буьйлабелира, со а оцу белхешка лела вуьйлира (буьйда кибарчигаш ечу, тхов тIе цIенкъа йоккхуче, хьаьжкIаш тилоче). Цхьана дийнахь Старо-Покровкехь Султиев Элмарзин декъа тIехь кибарчигаш ечу белхехь тхо долуш, Султиева Нуржас, суна тIе пIелг хьажийна:

– И дIора ву-кха Кавказе вахана цIавеанарг, – олуш хезира суна.
Суна ца хеза моьттуш, Нуржина уллехь волчу Догжиев Iабдурешеда эли:
– Кхуьнан хIун дисинера Кавказехь, нехан цадисинарг?! – аьлла.
Со-м цунна оьгIаз а ца вахара я дегабаам ца бира. Цо шен Даймахке, винчу юьрте мел безам-марзо ю схьагайти-кха аьлла, IадIийра, цуьнга хIумма ца олуш.
Нагахь санна суначул шена Даймохк безнехьара, вина юрт езнехьара, суна тIе а веана, хатта декхар дара: «Мовла, хIун дара вайн цIахь, юрт дукха эрча-м ца яьллера, дIасавахар некъахьовзам боцуш хилин хьан, вайн юьртахь Iаш муьлха тайпа къаьмнаш дара?» – аьлла.
Баккхийчара олуш хезна суна: делла дош кхочушцадийриг а, дагахь цхьаъ долуш, багахь кхин дуьйцург а – мунепакъ ву бохуш. Цунна дара сан дош кхочушдан гIертар. Ас кху тIехь дийцинарш цIена бакъ ду. ТIетоьхна хIумма а дац.

Ас лелийнарш ма-дарра яздича, сан дагалецамаш кхин а дуккха бара.
Беха гуобаьккхира ас Даймахка кхача сатуьйсуш, шен «Архипелаг Гулаг» тIехь А.Солженицына: «Но была одна нация, которая совсем не поддалась психологии покорности, – не одиночки, не бунтари, а вся нация целиком. Это чеченцы». – аьллачунна дайна, со а вацара къарлур волуш, буржалш тоьхна саца ца вича я вийна дIа ца ваьккхича. Оццул чIогIа дара сан Даймахке сатийсар, Даймахка кхача лаар а. Шен дай а, богуш болу мохк дукха гIийла, дукха сингаттаме гина а, сайн Даймехкан дайшна, нохчашна, сахьаьвзина а, ГIиргIазойн махка юхавахара со. Уггаре хала хиллера дагна лан а, бIаьргашна ган а: дайн махках къастийна халкъ, халкъах къастийна мохк а. Шовзткъе ялхитта шо ду-кх и ирча сурт сан бIаьргашна хьалха лаьтта, сан дагна тIедазлуш, дIаязделла а. Исбаьхьа сурт хIоттош дийца похIма сан дацахь а, шуьга айса бина беха, хала некъ бийцича, сайн сапаргIатдаларна дийци ас, шина дийнахь халкъана, махкана а юккъехь «тIай» хилла со латтарна, цу хенахь Даймахкара со вухавеъча, дуккха а нахана цуьнах боккха кхаъ хилла хиларна, церан дегайовхо чIагIъяларна, Делан диканах цара дог ца дилларна а.

Вайнах, №5, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх