Маргошвили Султан

Маргошвили СултанНана

Исс баттахь лелийна
Кхиош со кийрахь,
Шарахь ахь баийна
Хьайн шурин накха.
Г1иллакхе 1амавеш,
1илманах кхетавеш,
Мехка во1 сох варна
Баркалла нана!
Дуьххьара мотт 1емаш,
Хьалхарчу дашца,
Хьан ц1е ю йоккхуриг,
Х1ай мерза нана.
Массамо, ницкъ хилча,
Дог доьхна висча,
Хьоь орца даьккхина,
Мохь туххуш, Нана!
Хьан дегайовхо ю
Даима оьшуш.
Хьан марзо совъялларг
Хир вац-кха цхьа а.
Хьан безам, геч лехар.
Тхо хьан ду, хьо тхан ю,
Тхан хьоме нана!

Зама

Замано охана сан юьхь т1ехь до.
Хебаршца сан шераш цо дагар до.

Б1ал карчош, цо доккху харш.
Чухеца б1аьрхин 1овраш.

Йоллу и дожо сан сий.
Б1аьрхил-м деза ду ц1ий!

Дог х1унда к1адло сан т1аккха,
Г1ерташ со стоглара ваккха?

Б1аьргех ца гойтуш т1адам,
Х1оттор бу ас ц1ийха 1ам!

Нохчийчоь, хьан дуьхьа летта.
Хьан лазам сан дагахкхетта.

Къаналла – заманан амат.
Эхь-бехк ду сан деган г1алакх!

Сан хебарш – сан чевнийн аьрснаш,
Яхь ца луш, къийсамехь даьхнарш.

Вухур вац, текъар вац, воьлхур вац со,
Хебаршца юьхь яжарх, къера ю хьо!

***

Буса малх летош хьан стиглахь,
Ткъа дийнахь седарчий дагош,
Ларамза хьо некъах тилчахь,
Кхочура орца со далош.

Дарцо со хьовзийча чиллахь,
Доттаг1, хьо ма гена вели.
Ахь малх ца латий сан стиглахь,
Ца вийхи кхоьллинчу Деле.

Со-м витанц д1атесна наха,
Малх латош бохби сан кийра.
…Г1о эшча – орца ма ала,
Кхочур ву. Х1инца а ву дийна.

***

Къамеле ваьлла,
кхин къамел ца дог1уш,
Вог1у шиъ юьртахойн
кешнашка кхаьчна.
– Кто за них в ответе? –
цхьаъ хилла бохуш,
Г1азотан х1олламех
шайн б1аьрг д1акхетча.

– Хьайн къамел дехьа
соь вайн нохчийн маттахь, –
Элира шолг1ачо, до1а чекхдаьлча. –
Дуьйцучух кхета а хир дара атта,
Хьекъало дегнашка
д1акхачош аьлларг.

Вукхо мотт буьйцура,
1емминарг бийца,
Дош доцуш ша вуьсий
шен маттахь ала.
– Я тебе надоел? – эли цо х1инца,
Дуьйцучух шена а хиларна бала.

– Х1а-х1а, ца к1ордийна,
к1ордор вац, дийца,
Баттахь а, шарахь а ахьа мел дийцарх.
Ва амма пурба дац вешан мотт хийца, –
Ненан мотт кхехкийта
хьайн нохчийн ц1ийца.

Меттанаш хаар-м пох1ма ду доккха,
Ишттачух бехк баккхар
амалехь дац-кха.
Ненан мотт тесначо ша дакъазвоккху.
Наношка геч деха
и цхьаъ бен бац-кха…

***

Боьхкина т1аьххьара бахам,
Д1аделла т1аьххьара шай,
Нахана, сайн синна там бан,
Со волу тилла цхьа т1ай.

Доттаг1а, цунах а ваьлла,
Ца лоьруш буьйса я де,
Орцанна – орцах а ваьлла,
Кхочур ву, г1о эшча, т1е.

Цкъа мацца х1уьттур бу керта
Дехьара, сехьара нах,
Геч деха кхоьллинчу Деле,
Байбайта сан къинойн мохь…

***

Бецан хелиг гуьржийн лаьттан,
Накха белларг – Гуьржийчоь,
Нохчийн махкахь, нохчийн маттахь
Г1енах хьоьсту Нохчийчоь.

Йийсар вина кохкарш хедош,
Кхета дара халаниг:
Нохчийн ц1ий ду дег1ехь кхехкаш,
Амал юй сан нохчийниг?

Суна бевзаш боцчу махко
Дагчохь назма лоькхура,
Со дайн махка, дайн кешнашка
Нохчийчоьно кхойкхура.

Бишеш т1ехь со бертал текхаш,
Сайн са т1ома иддачу,
Гуора х1иттош аьрха некъаш,
Эххар кхечи Нохчийчу.

Со дайн махка, дайн кешнашка,
Царна эха суждане,
Сайн сатийсам, ойла тахко,
Кура лело нохчийн ц1е!

Бецан хелиг гуьржийн лаьттан,
Накха белларг – Гуьржийчоь,
Нохчийн махкахь, нохчийн маттахь
Г1енах хьоьсту Нохчийчоь.

Со везнарг

Сил дукха езнарг сан дагна,
1ожалло д1айиги къорачу гене.
Сан б1аьстеш д1ауьду,
Г1арг1улийн т1емаш т1ехь цхьанхьа,
Д1абайна шийла кхерч
шелбеш кхит1е а.

Сатосий, къоналлин селхане некъ бан,
Дин арабаьккхича –
доцуш го ленаш.
Со везнарг
Сан дагна сил дукхаезнарг,
Ма к1орга шерийн 1ин
дижи, вай хердеш.
Сан б1аьстеш д1ауьду
Г1арг1улийн т1емаш т1ехь ана,
Вайшиннан доца ирс техкадо цара…

Вайнах №5-6, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх