Маргошвили Султан. Стихи

Ца оьшу
Къолам а ца оьшу цхьа а,
Хьарамчу новкъа и балахь.
Сан халкъан г1айг1а, къа-бала
Сан дагах буцуш цо бацахь.
Ойланийн къуьда а эшац,
Дахаран серло луш бацахь.
Со – нохчо. Со цхьаннах теша:
Нохчалла шен ц1ийца яцахь,–
Стаг вац и, лара вай нохчи,
Даг чуьра д1акъахко вог1у.
Ас лору и луьра довхо,
Цул а сов – мостаг1 и лору.
Къен хетар дара сайн дахар,
Ненан мотт сайн бацахьара.
Ас дестех хийцахь сайн нана,
Со цкъа а нохчо ма лара.
…Ца оьшу дош суна, къолам,
Нохчаллин хьу цуьнца яцахь.
Сан даго боккхур бац толам,
Нохчашна дог догудацахь.

***
Де кхолуш 1уьйренан малх хьала г1аьтти,
Жил1алам дашочу з1аьнаршлахь лийчо.
Шира шо, керланиг сан кет1ахь лаьтта:
Со – да а, сан к1ант а – шиъ цхьаьна кхийти.
Шерийн мохь базбелла таь1на сан белшаш,
Ткъа к1ентан б1аьргаш чохь ц1е йогу сийна.
Цо ницкъ луш, сайн кханех со ч1ог1а тешош,
Дахаран некъ ас бо, кхолламо зийна.
Дика а, вон а сайн оьмарехь лайна,
Амма ас ца лору суо миска пекъар.
Сайн шераш сайн к1ентан юьхь т1ехь а дайна,
Баккъала хили-кха тахна со декъал.

***
Ваьккхина хиларна гена,
Кхин метта вог1уш вац со.
Хьоь ала ца х1уттуш лела –
Ца веза бахьна-м цаго.
Маргошвили Султан
Дог-мерза вай цхьаьна даьхна,
Т1алам-сий ма дара сан.
Ткъа х1инца… Дерриг чекхдаьлла,
Къинхетам эшац кхин хьан.
Ас хьайна олучу иллех,
Кхин йоккхаейийр яц хьо.
Амма цхьаъ даима лиъна:
Коша т1е йог1ийла хьо.
Цул т1аьхьа х1уттур дац 1индаг1,
Г1енах а хьо йолчу дан.
Вайн кхоллам сов къиза хилла,–
Диц ца ло куц-аматхьан…

***

Доттаг1чунна
Шайхиев 1алвадина
Хьайниг санна, сан б1аьргийн нур идда,
Лаьмнийн баххьаш, бердаш талла, ган.
Ас ойланехь церан мукъам тидда,–
Амма ала дош ца тоьъна сан.
Дагахь дара дайша баьхна илли –
Ломахь кхерста ойла – буора дин.
Хийла мукъам даг чохь сан а 1илли,
Хьоьга санна бека цалуш и.
Маса к1ант г1оьрти, хьо санна, цкъа г1атта,
Доруш, тоьгуш иллех лаьмнийн хас.
Тур хили хьох, балехь дисча латта,
Дарба ду хьо, дагна хилча вас.

Вайнах, №10. 2014

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх