Маргошвили Султан. Кегий дийцарш.

 Ши таллархо а, ча-нана а

Ши накъост талла вахана. Царна юххехула чекхъяьлла ча-нана. Цуьнан хара лаха бахара таллархой. Карийра.
– Чохь к1орнеш хила еза. Уьш д1ахьур ю вай, – элира.
Цхьаъ хари чувуьйлира, важа бертехь сецира. Д1ахьаьжча, ча-нана ц1а йог1уш ю. Кхеравелла  таллархо дитта т1еиккхира. Таллархочо ша-шега элира: «Нагахь санна хара чу г1ахь, цо цоьстур ву сан накъост». Ах  чоьхьаяла  кхиийнера ча, дитта т1ера охьа а иккхина, таллархочо, ц1оганх катухуш. Ший ког харин бертигах д1а а товжийна, ц1ога схьаозийра цо.

Ча ц1евзира, шен т1одийна м1арашца латта ахка йолаелира иза, чохь ченан къахь а г1аттийна.
Чохь волчо шен накъосте мохь туьйхира:
– Ма яхахьа и ченаш, кху чохь иштта а сада1а меттиг яц, – аьлла.
Вукхо элира:
– Хуур дара хьуна, муха ченан к1ур г1оттур бара, со ченан ц1ога лаьцна 1аш вацахьара.

Хасапхо а, эцархо а

Хасапхо волчу а веана, цхьана стага аьлла:
– Сан ваша, соьца сан ахча дац, суна уьстаг1ан ах чарх лохьа. Ахча кхана д1алур ду аса.
Хасапхочо аьлла:
– Товш хир дац хьуна ц1ийш а лиэшаш чарх д1ахьош. Ц1а а г1ой, хьайн лай схьаваийта. Хьан коьрта т1ера цхьа чо бохьуш веача а, тоьшаллина, аса уьстаг1ан чарх д1айоуьйтур ю.

Ц1а а вахана, шен коьртах баьккхина чо а бохьуш лай ваийтина вукхо.
Цуьнан маь1нах иштта кхета везара: «Хьуна сан коьртан чо бу, ахьа сунна уьстаган чарх яийта».
Хасапхочо лайга аьлла:
– Жима къонах, хьо шена г1уллакх деш волу стаг ша а вара кхузахь. Шеца коьрта т1ерачу чоьшца хилла ца 1аш, шен мажаций. Х1етте а аса цунна жижиган цуьрг а ца елира. Т1аккха оццул жижиг цуьнан коьртан цхьана чоьх муха лур ду аса.

Дийнахь ц1арца а карор воцу урхалча

Цхьана урхалча хилла. Ч1ог1а дика стаг. Амма иза шайн коьрте х1оттийна адамаш цуьнан мостаг1ий хилла д1ах1иттина, паччахьна хьалха емалвина цара иза.
Иза д1а а ваьккхина, кхиниг х1оттийна паччахьа урхалча.
Керла урхалча оьг1азе-дера стаг хилла, шен куьйгаллин к1ел болчарна ницкъаш беш а хилла цо. Вуьйш г1айг1ане эгна. Цара аьлла:
– Паччахье деха йиш ма яц вайн юха а урхалча хийца аьлла. Х1ун диэ вай?
Гулбелла божарий а, зударий а. Дийна делкъехь ч1урамаш а летийна, майданхула гонаш баха х1иттина.
Паччахьа хаьттина:
– Уьш х1ун деш бу цигахь? – аьлла.
Цуьнга аьлла:
– Шаьш дукха хан йоцуш эккхийна урхалча лоьхуш бу уьш, амма цхьаннахьа царна иза карош вац.

Вир, ч1егаг, борз

Цхьана стеган вир хилла тилийна, ц1ий оьхуш букъ а болуш. Бай т1е а йигна, иза д1а а йихкина, дехьа а ваьлла, цо х1ун до хьожуш сецна иза.
Т1ееана ч1ег1аз, цуьнан букъ т1е а хиъна, ноткъех з1ок етта йолаелла. Д1аэккха кхоссаелла вир, амма муьшо метах ца ялийтина. Це етта йолаелла иза.
Цо це мосазза туху, гай а лоций воьлура виран да. Оцу сурте а хьаьжна, хьуьнахарчу барзо аьлла:
– Оцу вирана юххехь со гича-м ерриге юрт ж1аьлешций орцах ер яра. Ткъа ч1ег1ачо букъах з1ок етташ, виран да г1адвахана воьлуш ву, самукъа а даьлла.

Эвла йиллархой

Йиший-ваший хилла ж1аьла а, борг1ал а.
– Эвла йилла вайша?
Ж1аьло борг1але аьлла:
– Вай иза муха юьллур ю?
Борг1ало жоп делира:
– Хьо лиета, ткъа со кхойкхур ю, т1аккха эвла а д1ах1уттур ю.
Хьуьнах бахара уьш. Ж1аьла лиета а доладелла, наб кхетта охьадуьйжира. Ткъа борг1ал, дитта т1е а хиъна, кхайкха йолаелира. Хезира цуьнан аз цхьогална, юххе т1е а деъна борг1уле хаьттира:
– Хьо х1ун деш ю цигахь?
Борг1ало жоп делира:
– Эвла юьллуш ю вай.

Цхьогало элира:
– Юха охьа а йоьссийна, ц1а ден дакъа къастаде.
Борг1ало жоп делира:
– Д1огахь 1уьллуш ву эвлан да. Цо хьуна юстур ю меттиг.
Цхьогална ч1ог1а лиира борг1алан жижигах 1аба, кхетам а бийна, ж1аьлина т1едеара иза.
Парткъаьлла ирхъиккхинчу ж1аьло цхьогалан ц1ога даьккхира. Д1а а дедда, ц1ога а доцчу цо:
– Со-м сайн 1овдалаллина ц1оганах делира. Эвла аша муха юьллур ю, иза а хуур ду-кх вайна, – элира мохь тоьхна.

Лом кхиийна цициг

Цхьанахьахула дог1уш цицигана делла 1уьллуш лом гина. Цунна юххехь хилла жима к1орни. Шеца йига а йигна, иза кхаьбна цициго. Йоккха а хилла, ондаяьлла лоьман к1орни. Талла а толлуш, кхийолу акхарой яа а йолаелла.
Цкъа цхьана дийнахь, цхьа а экха а ца карийна, ша кхаьбна цициг даа дагадеана лоьман к1орнина. Цуьнан дагахь долчунна т1екхиъна цициг, дитта т1е хьаладаьлла. Диттан буха а дижина, лоьман к1орнис цициге аьлла:
– Йа, со кхобуш-кхиийнарг, хьо суна сайн ненал а хьоме ду, хьайн ерриге амалш соьгахь кхиийра ахьа. Т1аккха х1унда ца 1амийра ахьа со дитта т1е дала?
Цициго аьлла:
– И амал аса сайна кхоийра, х1ара санна киртиг т1ех1оьттича, оьшур ю аьлла.

Вайнах №5-6, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх