Мамакаев Эдуард. Стихи

Мамакаве222Даймохк-нана
(йиш)

Нана санна, Даймохк беза,
Аьлла дита х1оттац со:
Дегабаам барна кхоьру,
Цунна ша ца хетча сов.
Даймохк!
Нана!
Стенца лара
К1анта шуьга безам шен?
Цхьа а терза
Дац и оза,
Хоьур бац и даг чу бен.
Даг чу бен.
Даймохк санна, нана еза,
Аьлла дита х1оттац со:
Дегабаам барна кхоьру,
Нанас, ша ца хетча сов.
Мокхаз-бердах тулг1е санна,
Берах ваьржаш, геннара,
Маржа, Даймохк, ненах санна,
Хьан мара хьарча даггара!

Дагахьбаллам биси суна
(Ненера Хьулиматера)

Кху 1уьйренех дог ца леташ,
Кху суьйренех дог ца леташ,
Хьо воцчуьнга дог ца лаьтташ,
Ас йиъна хан эрна хили.
Х1ара зама ма еха хили,
Дуьне а ма бале дели;
Х1инцалца ца диллина дог
Лаьтто соьга дилла боху.
Ас 1уьйрене тийсина са,
Ас суьйрене тийсина са.
Хьоьга туьйсаш г1елдина са.
Х1ун дина ас тедан деза…
Дезаш дисна маьлхан дуьне,
1уьйре, суьйре хуьйцуш уьду.
Кхин гурйоцу хьуна б1аьсте,
Х1орам хуьлий, 1аьне йоьду.
Х1ун де аса, везнахилларг,
Дуьне бертал кхетта суна.
Хьан т1ам хилла ца леларна
Дагахьбаллам биси суна…
Хала хилла дуьненан урх,
Безам хаьдда, цхьа ша висча,
Хала дара кхета суна,
Хьан некъ бовза жима хилча.
Лаьтто мара воьллина хьо.
Каш т1ехь зезаг мохехь къиэда.
Теша со, и хьан безам бу,
Пет1аматах тхоьга кхийдаш.
Хьан безамо со толор ю,
Хьан весет а кхочуш хир ду.
Жима тера хьоьх хилийта,
Хьан к1ант кхио хьожур ю.
Ахь кегийна буьрса и Терк
Хьан г1евлангахь ма ца уг1у.
Шега хилла безам боькхуш,
Хьо техкавеш, г1ийла дог1у.
Кху суьйренех дог ца дуьллу,
Кху 1уьйренах дог ца дуьллу.
Хьан метта цо Терк декорах
Ас х1инца а дог ца дуьллу.

1962 шо

Г1атта хьо маьрша!

Лаьтташ ву кет1ахь со,
Ойлане ваьлла,
Теркаца нур лепош,
Малх лаха баьлла.
Геннара 1одика
Йо аса з1аьнаршка:
Де дика хуьлда шун,
Некъ хуьлда маьрша!
Д1адижа кечделла
1алам д1атийна.
Б1аьстенан эсалца
Юрт екхаелла.
Чордачу сийналлехь –
К1ай морха-даре,
Кхелинчу бацалахь –
Цхьар, екош аре.
Нохчийчоьн суьйренаш,
(Вай нанойх тера ю)
Безамах валал а
Уьш йита хала ду.
Мел волчех ваьлча а,
Ца ваьхча ца волу;
Суьйренаш!
Шух валахь,
Валар т1едог1у…
Даймахкахь маршонца
Денош д1ашерша.
Гуттар а уьш иштта
Хирг хиларх теша.
Малх бузарх, шен рог1ехь
Г1аттор бу Дала.
Боьг1нехь, и суна а
Кхетар бу кхана.

1одика хуьлда, х1орд

Сийна-сийна х1ордан б1аьргаш
Доьлу,
Дег1ах дохуш гилгаш.
Со 1ийр вара кхузахь иштта,
Д1а ца бузуш малх 1ийча.
Пана аре – х1ордан дари –
Мохо дору
Тулг1ешна.
Кирхьа санна, стигла кхозу,
Чечакх х1орда чу йоьжна,
Берда йистехь со цхьа лаьтта,
Х1орде
Дагара дуьйцуш 1а.
Шен гуьлмаьнда туьллий, тулг1е
Сан сих хьаьрчий, йоьду д1а.
Бехк ма билла, дуьне-аре,
Хьоьх ца ваьлча валац со:
Лаьмнийн махкахь
Нана-Терк-хи
Хир ду Неврехь хоьттуш со.
Со цахиларх, мас со саннарг
Маравуллу хир ву ахь…
Амма аса-м,
Хьоьх д1акъаьсташ,
Сайн са дуьту хьоьца ах.

Хьо гуш ца хилча…

Цхьа х1ума ца хуьлу
Шен рог1ехь доцуш:
Г1а-буц 1а, набкхетий,
Йовхоне хьоьжуш.
Б1аьстено хьаьстинчу
Синачу байт1ехь,
Зезаго заздоккху,
Малх хьаьжча арахь.
Ткъа деган амалехь
Г1иллакх ду шен
Цо шеран хан ларац –
Безам а бен.
Цундела 1аламехь
1а хиларх доккха,
Хьан б1аьргийн йовхонехь
Даго заздоккху.
Малх хьоьжуш ца хилча,
Дуьне ду байлахь,
Ткъа хьо гуш ца хилча,
Со а ву-кх цу хьолехь.

Хийист
(илли)

Т1ам тесна, суьйре тог1ичу юьйли –
Малх белало.
Баьццарчу байлахь, зезагаш санна,
Мехкарий го.
Тоххара дуьйна хийистте бевлла
Кегийра нах,
Юьрта б1аьрг бетташ,
дог тешо г1ерташ,
Шаьш хьийзош 1а.
Кхетта малх санна, йо1 гича шена, –
К1ант векхало.
Шипонах хьаьрчий,
и шега хьаьжча, –
Дог тохало.
Безаман шовкъах хьаьгначу цунна
Мотт ца оьшу.
Ши кока-б1аьргаш,
кийрахь ц1е латош,
Даг чу оьгу.
Хьо хит1а марша дог1алда, моша,
Массо ханна.
Оршота буса хи доцуш йиса
Мега нана…
И Теркан тог1и, бузу малх, суьйре
Йолуш теш а,
Хьоьх нускал хилла,
хьан к1удал г1ийла
Йоьлхур ю ша…

Т1аьххьара кехат
(илли)

Мажделла г1аш охьаоьгу
Меллаша ясъелчу бешахь,
Ца ярах хьо царех йоккху,
Вог1ур вац хьо йолчу сарахь.
Вог1ур вац я б1аьста, 1ай а,
Ма ларве ширъелчу бешахь,
Нагахь ахь дехарах сайга,
Вог1ур вац хьо йолчу, тешахь.
Оьг1азе ма хьежа соьга
Нахалахь нисделча вайша,
Кхин дикниг кароза висарх,
Вог1ур вац хьо йолчу беша.
Цхьа гамо яций са-м хьоьца,
Маьхкаршлахь хазаниг лору.
Сан хила йиш йоцчу ахьа
Дог-ойла яхьарна кхоьру.
Б1аьстенца заз долуш хиларх,
Суьйренаш хазъярах малхо,
Ма ларве со бешахь, хит1ахь,
Вог1ур вац хьо йолчу кхин со.
Хан ер ю, г1ан хилла, чехка,
Кхин вер ву беш хьуна марзош,
Х1ун дер ткъа.
Дуьне ду иштта,
Хенаца деган чов ерзош.
Х1умаъ дац… Дог хьо сан, дага,
Безаман алонехь сийсаш.
Хинда шен дуьне ма-дарра
Хьан безам бовзаза хьийзаш
Цкъа со ахь бехке ма велахь –
Со бахьнехь ца къаьсти вайша:
Ямартло ца езаш вайлахь,
Сих санна, вели со бешах.
Аренца лелла со вехха,
Къоналло 1ехавеш, ловзош,
Теркаца синтем сайн лаха
Воьду со, хьоьх, бешах волуш.
Тхан Невре йоьду сан ойла,
Теркаца, тулг1ешца хьерчаш,
Малх бузуш, тийналлехь деба,
Тог1ийца иллешца екаш.
Сайн деган къолам а белла,
Ма-дарра яздина хьоьга,
Хала ду безамах вала,
Делахь а ма язде соьга.
Мажделла г1аш охьаоьгу
Меллаша ясъелчу бешахь,
Ца ярах хьо царех йоккху,
Вог1ур вац хьо йолчу сарахь.

Вайнах №1, 2019. Печ. версия. №3, 2019. Эл. версия

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх