Малика Хамидова. Стихи.

Хамидова. М.Ца лаьа

Дика делахь олхазар, шен бешахь дека,
Дика велахь къонаха шен махкахь веха,
Цунна оьшуш ца хуьлу генара зурма,
Цо Даймохк ца хуьйцу дуьненан рицкъах.
Боху соь Европехь хаза ду вехаш,
Америка ю боху инзаре ехаш,
Хьо цига дIавагIахь хира ву хьо вехаш,
Дуьйцу соь доттаг1чо хийра мохк марзбеш.
Ца лаьа Европе дIавеъна ваха,
Эшац Америка шен бахамашца,
ВогIур ву хьошалгIа со шух бIаьрг тоха,
Амма Даймохк дIатесна, вогIур вац ваха.
Бита лур бац соьга хьо, сан Нана-Даймохк,
Мел къаьхьа хиларх хьо, сан кхоллам, кхузахь,
Валанза ца ваьлла со гена ваьллехь,
Сагатдо ас хьуна, беро нанна санна,
Дала-ц бIаьргашчуьра
суна хьан сурт дIа.
Хама бо ас Даймехкан,
хастам бо Далла,
Хьо сайна баларна, нохчо со хиларна,
Дай баьхначу латта тIехь, ваха йиш хиларна,
Со велча цуьнан кийра верза йиш хиларна.
Ца лаьа Европехь цIе йоцуш ваха,
Ца лаьа ненан мотт, бицбина байа,
Ца лаьа Даймахкахь каш доцуш вала,
Велча а лаьа суна цуьнан кийрахь Iилла!

Терк

1

Ахь човха ма делахь,
Чов хилла дог сан.
Хаалахь, дог эца йоцийла нана,
Да воцийла хаалахь яла дагана токхо
Нийса дош алалахь,
Яккхалахь новкъа.

2

Хаа суна, кхаьрдар дац
Доьхначу дагах хьо,
Деган гIайгIа хьайга йийца
Хир ду хьо тешаме.
Ден метта да вина,
Йина хьоьх нана,
Сайн дог хьоь делхадеш
Лаьтта со хIинца.

3

Ахь кхоа ма белахь
Син кхача цунна.
Дитта т1ера гIа санна
Цхьалха ду дог сан.
Ахь нахе йийцахь хьайн деган гIайгIа
Уьш дагахь кхаьрда хьох.
Букътоьхча – буьйлу.
Де тоьлла волчунна
Елайо церг цара.
Де эшна хеталахь,
Хьоьшу, некъ санна.
Амма хьоьца ю нийсо,
Доьналлах дуьзна ду
И хууш еъна со хьоьх дага яла
Хаа суна, хьайн цIеначу дагах
Ахь, сан дог дуьстина,
Нийса дерг эр ду соь,
Йоккхур ю новкъа.

4

Сан дайша хьо лоруш даимна хилла,
Къонахчун васт дустуш цара хьоьца хилла,
Лам санна собаре,
Лом санна майра,
Шуьйра бу хьан кийра
Тарбан са бала.

Вайнах, №10, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх