Макалов Шамсуддин. Воккха стаг Егор

(Казахстан дагалоцуш)

Дийцар

Даймахках а баьхна, Казахстане бохийна бара нохчий. Комендантера бакъо йоцуш к1ошта базара бахан а яцара йиш. Лецна нах санна бара. Цигахь, уллора г1ала* бийначу сех, Даймахке сатуьйсуш г1ерг1ара нохчийн синош. Ша тайпа жоьжахате хетара царна иза, шайн синош зен кхоьллина. Ян а яра иза вайнахана буьрса жоьжахате а, къаьха зама а. Цу хийрачу махках дог ца леташ, цхьана минотана а биц ца лора Даймохк.

Меца бара х1етахь вайнах. Г1ийла а, са эшна а. Велла стаг д1аволла бел 1оттал доьналла долуш дукха бацара. Мацаллий, цамгаррий къаста ца лун ши доттаг1 хилла хьийзара вайнехан х1усамашкахь. Чехкачу дог1анан цинцаш санна етталора 1ожаллин чаччамаш. Бежнашна хьалха таса х1ума яцара, колхозо 1аьнна кечдина докъар лачкъа ца дича. Мангал тоха х1ара ю аьлла меттиг яцара.1а деха дара. Бешара даьлла г1одам ца тоьара. Кхачанца токхо янне а яцара.
1аждар-бецан чай, шура ца тоьхнехь а, чу туьха тесна мала чот хилча а тоуьйтура. Индийски чай-м хьахош а ца хезнера цу хенахь. Шийла, меца яра Сибрех. Кхерзина кена къуьйсуш ц1ийзара бераш. Ткъа уьш чкъурах чекх п1ендарш гуш дара.
Саг1а а дехна кийра ца бузош мацалла лара хийла. Кхин цхьаъ дара г1айг1а йойтуш: хьаша-да веъча беркъачу шуьно бехкалла латтабора х1усамдай.
Х1етахь тхо «Ц1ен ахархо» ц1е йолчу колхозехь 1аш дара. Иза яра Тянь-Шань лаьмнийн к1ажехь 1уьллуш. Цундела моха-дарц ч1ог1а хуьлура цигахь. Арахь виссина хийла да г1орийна, къинхетамза б1аьрзечу 1ожалле верзинера цо. Буьйсанна сахилале нехан ц1енош хьовха, тхан шозза т1ек1елйина ишкол а къайлайоккхура дарцо. Лайн барзах хара а йоккхий бен ара ца бовлалора нах. Тхан юьртан ц1е Кулан яра, ши эзар герга вахархо а волуш. Педучилище чекхъяьккхина волу тхан да вара юьхьанца цу юьртахь хьехархо.

Х1ора боккхучу когаца шена кхерам боллушехь, комендантаца дов даьлла, «боьха х1ума, д1асацае хьайн батт!» – аьлла, цунна г1орий-г1оддах ластийна бетах т1ара латорна бахьана долуш балхара д1а а ваьккхина пхи шо хан туьйхира. Харцо ца лалуш сиха стаг вара тхан да. Майра, сацамболуш дош олура цо. Вай ц1ахь долуш заврайоно а, райкомехь а белхаш бина цуьнга лан ца лора комендантан 1иттарш, сий дайъа г1ертар, «ты бандит, ты спецпереселенец, ты враг народа! Как тебе доверили учить детей?!» – бохуш, т1ечехар а. Оццул бахьана доцуш, ларамаза аьлла дош бахьанехь а тухура цу заманахь хан. Москва а, Алма-Ата а кехаташ кхоьхьуьйтура тхан дас, шена кхераме хилар хьесапе ца оьцуш. Барам бийцина ца валлал, боккха бохам бара тхуна хилларг. Барх1 бераца тхан нана ша йиссира. Луш алапа дацара. Колхозо къинхьегамен денош бен ца яздора. Г1о дан х1ара ву аьлла марзхойх стаг вацара ненан. Дика дара т1ехь цхьанне а декхар доцуш. Ши чоьй, жимо раг1уй дара тхан. Ц1ийна т1ехьа божалан бахьана а дара, чохь цхьа еттий, кхо газий долуш, бен ца хиларна цу чохь д1ахууш пхи-ялх котам а яра. Цхьа тиша ши назбар г1евланга а буьллий, паднар т1е тесначу истанга т1ехь д1адуьйшура тхо. Буьйсанна, т1етесна йолу цхьа одеял схьаизош, д1аизош 1уьйренга довлура тхо. К1айн шаршу к1ел таса чот мичара яра? Ткъа массо маь11ера чуг1ертачу шелоно наб к1езиг йойтура. Доцца аьлча, миска бара бахам. Цхьабакъду, нанас хох-саьрамсекх, г1абакх юьйш х1ума-м лелалора. Сепаратор а эцнера. Хьарамчух, эхьечух лардора тхо нанас. Тхан дена сагатдеш хеназа т1е к1ац теснера месашна, сингаттамехь лаьттара б1аьргаш. Бакъду, кхин бахам болуш нах а бацара, хала хене бовла г1ертара. Хетарг хилла оцу хенахь цхьа а вацара. Там-товр, ловзар-х1ума дукха ца хуьлура.

К1ирнах цкъа кино гойтура, наггахь артисташ а бог1ура. Оцу тхан юьрта еана дуьххьара гира суна Айдамирова Марьям, цуьнца баьхкина кхин болу артисташ а. Цуьнга наха хиттина дагадог1у суна: «Вай ц1а дохуьйту ца боху? Лур ю бохий бакъо?»
Арысь-хи дара тхуна гена доцуш. Со сайн воккхаха волчу вешица ч1ерий леца оьхура цига, 1аьнт1ехь даго дечиг а гулдора. Аьхка чехка дог1анаш деъча, дестий, юьрта чу хьодий даккхий зенаш дора цо. Казахийн, немцойн ткъех ц1а ца лерича цу юьртахь бехаш берш украинцаш бара. Немцошца т1ом а балале кулакаш бина Украинера арабаьхна бара уьш. Церан некъ а ца хиллера шера а, аьхна а. Нохчий санна ц1арах, ц1ийнах баьхна бара уьш а. Шайгара бала ца тоьаш санна, бахкийна шайн коча тиссина хетара царна нохчий. Х1етте а, шайн а, нохчийн а цхьа кхоллам хеташ, тхо тоъал къинхетаме т1еийцира цара. Цу хенахь д1атарбелла, х1уманах а х1оттабелла 1аш бара уьш. Берашна цхьа хаза деттина чкъургаш, шекаран б1аьлгаш, 1ежаш, кхин х1ума кхийдайора. Мерза хуьлура церан хичуйоьллина копаст а, наьрс а. Маларах кхеташ волчуьнга шайн мустдинчу чаг1арах чам боккхуьйтура. Дукхахболчеран малар ден чархаш а яра. Х1оранна бохург санна вир а, велосипед а яра. Цигахь 1емира суна дуьххьара иза хахка.

Ткъа нохчий эвла йистехь шайн куп йиллина къаьстина 1аш бара, шайна юккъехь цхьа немцойн х1усам йолуш. Нохчий бара Веданара а, Шуьйтара а, Шарара а. Веданхой дукхах берш Даьрг1ара а, Теза-Кхаьллара бара. Кест-кеста вовшахлетара Даьрг1ара а, Теза-Кхаьллара зударий. К1озарш ийзош, м1араш туьйсуш, маьхьарий хьоькхуш къапа-къарс оьккхуьйтура цара.Ткъа божарий йистах а бовлий, уьш д1асакъасто дагахь а боцуш, бийла а буьйлуш лаьттара, шайн зударий хецна буьтий. Т1ечевхина х1ума а ца дора. Цара х1ун къуьйсу, уьш вовшех х1унда тийсало суна ца хаьара. Ас тамаш бийриг цхьаъ дара: и дов хилла цхьа ши де даьлча, вовшашца цхьа а мекха я гамо йоцуш, цхьа доьзал санна хуьлий, хенах ха а тухий д1а х1уьттура. Веданал сов дуьне ганза болчу царна йозанах элп а я оьрсийн мотт а ца хаьара. Доцца аьлча, ма1а ламанхой бара. Цундела царна къаьстина хала дара. Т1ера бедарш йоманаш тихкина яра. Чу ча а дуьллий д1акъовлура не1аран мачийн бахтарш. Цхьацца болу жоьра зударий, божарий санна, майра, каде, ницкъ болуш хуьлура. Рицкъа лоьхуш талла а оьхура уьш. Цхьана варшахь ларамаза дуьхьалкхетта, карахь цхьа диг бен х1ума йоцуш, ча йинарг а яра. Тхан да лацале кест-кеста тхоьга гуллора божарийн тоба. Сан дас г1о дора царна кехаташ я заявлениш яздан, хьехам бора цхьацца г1уллакх дохьуш веъначунна. Г1о дора гергара нах схьалаха, аттачу балха я шофер деша ваха – масане хуьлура уьш. Цундела юьртахоша сий-ларам бора. Хилларг бакъдеш даго т1е ца оьцуш, таханий-кханий ц1а дохуьйту бохуш, дерриге а г1енах санна хеташ, цхьаболчара тоьлаш чохь хан-зама йоккхура. Цкъацкъа цхьаьнакхетий пондаран мерз бекабора. Сов г1ийла, г1айг1ане хуьлура мукъамаш:

Дависа хьан дела1, х1ай маьлхан к1айн дуьне,
Вай ц1ехьа дирзина зама хьанна гур ю-те?..

Юьртахой гулбелча сан лергашна хезаш дерг цхьаъ дара: «Вай ц1а дохуьйту ца боху?» Цу дешнаша безам кхуллура генарчу хьуна дага ца бог1учу махке. Маьрк1аж-хан хиллалц колхозехь болх а беш, колхозо деллачу шайн к1езигчу латта т1ехь балах1оьттина къахьоьгура вайнаха. Х1ара ву аьлла таро йолуш цхьа а вацара.
Украинцаш шайца мелла а къинхетате хиларна, къаноша олура:
– Х1ара хохолаш баккъал а бакъахьара нах хилла, вайн къомаца цхьа а мекх йоцуш, вайца лерам болуш. Варийлаш, шайгара ледарло ца ялийта г1орталаш. Вайн Делора мегар дац шуна церан х1уманна т1екховдахь. Казахаша х1орш вон нах бу бохуш дуьйцу, х1ета ма бац.

Баккхийчаьрга ладуг1уш, церан х1ума ца хьаеш маьрк1ажан бода боьлча башха генахь йоцчу колхозан амбараш йолчу таь1ара меца нохчий. Мацалло к1елбитарна суйнаш кхерстара церан б1аьргаш чохь. Бодашкахь амбарашна т1етебара. Цигахь аьтту куьйга т1ехь ши п1елг а боцуш, хехо вара, Дед Егор ц1е йолуш цхьа воккха стаг. Вуткъа-лекха волчу цуьнан, даккхий сира мекхаш а, йоца хадийна к1айн маж а яра. Б1арг т1ехь соцуш воккха стаг вара иза. Шен хенахь Украинехь таро йолуш ваьхначу кхунна б1аьрга дан ца дезара Советан 1едал. Цундела и стим санна т1аьхь-т1ахьа 1еткъаш, цунна бохам бан х1уъу а дийр долуш вара х1ара. 1едало къаьмнашна т1ехь лелон харцо лан ца лора. Цуьнан бехк бацара. Цунна гора Сталинан чалтачаша къизаллица, мацаллица х1аллакдеш долу адамаш.
Йиша-вешех хаьдда, бер-бекар доцуш га доцу сара санна ша вара иза.
Буо-бер ду аьлла къахетта кхо т1еэцна хилла к1ант а ша онда ма ваьлла, кхуьнан дерриге а ахча-бохча а лачкъийна ведда хиллера. Нохчашкахь узуш, шен ницкъ кхочу г1о деш дика стаг вара Дед Егор. Вайнахехь долу хьал дика хууш, г1ийла лол бетташ бахкий хууш, къайллаха цхьацца-шишша кийла к1а-хьаьжк1а лора цо нохчашна. Чаг1ар мелла, ша кеп йолуш хилча кхин алсамо а. Нохчаша яхьара цунна чаг1ар дахьий, я кхин к1ез-мезиг х1ума. Иза иштта нохчашца къинхетаме волуш ца лалора меттигерчу казахашка а, немцошка а .

Цхьана буса Дед Егор хехь волуш, ков диллина ши вир хецнера цара цуьнан хастоьмийн беша. Иза динера цара нохчаша дина алийта, нохчий цунна гамбалийта. Беш ерриге а хьешийтинера. Дед Егорана дика хаьара иза нохчаша ца диний. Цул т1аьхьа цхьа ши-кхо де даьлча, хьалхе барт бина, нохчий тоба яхара цуьнан кет1а. Цара хиллачул хазйина д1ах1оттийра цуьнан хасстоьмийн беш. Тодира ков а, к1охцал-сара а тессира.
Цхьана сарахь ненан пурбанца со нисвеллера тхайн лулахочунца Мамдица (иза-м зуда ялийна воккха стаг вара) Дед Езор волчахь. Къаьркъан. саьмарсекхан, хохан, томкан ша-тайпа хьожа йог1ура цунах.
Воккхачу стеган суьйре дика а йина, салам-маршалла а хаьттина:
– Дед Егор, хьо ма майра стаг ву, кхера ца кхоьру хьо ишттанехьа х1ара ялта нахана д1асадекъа? Х1ара г1уллакх гучудалахь хьайна хин долчу 1азапан ойла ца йо ахь? – хаьттира Мамдис, цо тхойшинна цхьацца кийла ялта делча.

Ч1ога халахийтира воккхачу стагана цо иштта аьлча.
– Даьдаьт1а хьо г1уллакхан! Ишттанехьа боху ахь? Ишттанехьа! Г1абакхан т1ам лаца цу хабаро, – дог даьтт1а элира цо. – Къоьлло хьекъал лахдинчех хета суна хьо. Мах ца хета хьуна со да мел верг а, хьо да мел верг а, хьан ворх1е ден хилларг а д1а а доккхуш, карахь-куьйгахь доцуш цу т1е цхьа а бакъо ца юьтуш, хьо т1о биина цициг санна ц1ера аракхоссар? Шу нохчех, г1ийла мисканех къахеташ лела со-м. Сталине яздеш кехат бехдан ца оьшу. Нийсонан дош дихкина ду шуна. Доцца аьлча, лаа дуй-те хьо кхуза вар? Цхьа «нун» доцуш…
– Ахь х1ун дуьйцу, Дед Егор?! Къинт1ера вала сунна! Ас дагахь х1ума доцуш аьлла дешнаш дара уьш. Со-м хьуна цхьаъ… Дала т1е ма доуьйтийла… Мотт бетташ сан ворх1е а да ца хилла…
– Шек д1а ма вала. Со кхоьруш х1уммаъ дац. Со са к1езиг долуш стаг вац хьуна. «Стойкость – основа победы», – олура оха т1амт1ехь. Со дагца ч1аг1велла ву. Хьо мила вара-а? Мамай ярий хьан ц1е?
– Мамди ю.

– Дера, Мамди, ма вай сатийсинарг ца хилла х1ара 1едал. Лан хала ду кху 1едалан харцо. Кху 1едало соьгара д1а ца йоккхуш йитинарг х1ара цхьа кхакханан кетар ю-кх. Гой хьуна? Хьо баккъалла а цхьамма ир-карах1оттийна ваийтина велахь, д1аг1ой д1аала ас хьайна цхьа кийла ялта делира, алий. Бух боцучу 1инчу кхоссийта. Х1ун деш лаьтта хьо? Зулам дина ала воккхачу стага. Со харц ве. Хьайна бакъахьа хеттарг де. Амма со дохко ца ваьлла. Со кху юьртара шун къам мацалла ца далийта г1иртина. Оцу г1уллакхана, юха а боху ас, дохко ца ваьлла,
Цо иштта аьлча, ц1ийвелла, воьхна, цхьана ханна лаьттан б1аьра б1аьргаш боьг1на лаьттира Мамди.
– Иштта ма алахь, Дед Егор, цхьа а бехк а боцуш халахетийти ахь суна, – элира цо т1аьххьара. – Хьуна тешнабехк я ас а, я ша стаг волчу нохчочо а бийра бац. Ахь беш болу дика болх цкъа а бицлур бац тхуна. Мел доккха г1о ду, кху к1ентан дуьхьа веъна ву со хьо волчу тховса. Хьажал кхуьнга, – аьлла, со хьалха теттира Мамдис, – т1е-кога дац, да чувоьллина ву. Тахана ахь х1ара к1а цинц ца беллехьара дан амал дацара…
– И-м хала доцург дара, х1ораммо шен мотт шегахь кхаьбчахьана. Хьо кхета-кх. Х1ара зама…
– Кхета со, Дед Егор. Бага вочу нахах ларвала веза.
– Х1ара к1ант хьенан-мила ву?

– Комендантаца дов даьлла чувоьллинчу Рамида ву.
– Доьшуш вуй х1ара?
– Вац, жима ма ву х1ара.
– Комендант, хьаха, ву сийдоцуш стаг…
– Иза бакъ а ду, Дед Егор, мел дац иза бахахь а.
– Ц1е х1ун ю хьан, жима къонаха?
– Шемал ю.
– Это в честь своего имама, значит, а я солдат Николая, – б1аьргаш чохь дика велакъиэжар долуш элира цо. – Лата сох. Горец вац хьо? – забар йора цо, хаьнт1е ши куьг а х1оттийна. – В русско-японскую воевал. Я горжусь этим. Шозза чов йинехь а, дег1ехь тоъал ницкъ бара. Эх, были времена! Артиллерист ма вара со, Порт-Артур ларъеш… Эхь ца хеташ, со хехь волчу хенахь схьавола хьо. Хьан да а кестта ц1а воуьйтур ву. Ас вилспет оьцур ю хьуна. Хьажахьа, хьан да… Хьехархо муха вуллу чу? Жулик, алкоголик, дебошир ца хилча. Соьца а, нахаца а т1екаре, сов эсала стаг ма вара иза. Х1ара, и комендант санна, сийдоцуш 1едал ду. Ас ца дийцича а шуна шайна а гуш ма ду дерриге а.

Хазахетта, цу къамело дагна т1емаш довлитийра суна.
– Тховк1ело йолуш юй кхеран? – хаьаттира цо.
– Ян-м ю, амма ч1ог1а ледара ю, – жоп делира Мамдис.
Со-м эхь хеташ велакъежаш лаьттара. Суна х1етахь цуьнца бийца шера оьрсийн мотт а ца хаьара.
– Нийсо яц. Бакъо яц… Ма дош дац-кха х1ара. Энийн лазаро цкъацкъа г1одаюкъ д1алоцу сан, – аьлла, шен тишачу 1аьржачу дивана т1е охьалахвелира Дед Егор. Т1аккха доккха са а даьккхина т1етуьйхира: – Ас сайн ницкъ кхочу г1о дийр ду шуна. Шу къам оьзда къам ду: вовшашца безам, лерам, къинхетам болуш. Суна кху 1едалах эхь ца хета. Ц1ера дахар, кху шерийн язалла цкъа а йицлур яц кху берашна. Стенна кхоадеш ду х1ара ялта, нахана д1а ца доькъуш? Х1унда кхоьру нехан хьал-бахам табаларна? Х1унда ду х1ара 1едал нах дика бахарна дуьхьал? Да валлал шорта ма ду. Иштта а мукадехкаша х1аллакдеш лаьтташ ду х1ара.
Оцу хенахь сан когаш к1елхьара д1аоьккхуш ши мукадахка гира суна.

– Гой шуна, – аьлла, Дед Егор топ тоха г1оьртира, амма ца кхиийра. Цу мукадехкашна нанна аьлла, томка долу кисет хьалаяьккхира цо.
Иштта юьртарчу нохчашна шен дагца, ойланца даггара дика болх хила лууш вара воккха стаг Егор.
– Дед Егор, сема хилалахь. Юьхьанца хьо сох ца тешарх ас бехк ца буьллу. Ас къайллахь хьо кхеттал х1ума эр ду хьоьга: суна правленехь цхьацца шабар-шибарш хезна хьуна. «Что-то эти чечены зачастили к нему. Тут нечисто», – бохуш. Хьуна цхьаъ дан г1ерти-те уьш? – элира Мамдис.
– Собар дел… Даккхийчех дац. Ма-дарра аьлча, х1ума хьакха езара и дуьйцучарна. Сволачаш! Сутараллица бехаш, вовшех хьоьгуш бехаш бу уьш. Хуур ду-кх, бух ахка бевлча. Шуна-м ас цхьацца кийла бен ца лора, ткъа цара галешца д1акхоьхьу. Веччалгаш санна т1елетта бохку. Б1аьргаш баьлла ма вац со. Шек ма вала хьо, дийцита шайна ма тов. Суна вире дийцинчул башха ца хета. Со 1овдал хетта царна, хета со шайх тера воцу дела. Хийла пхьола дина суна т1ехь кху 1едало. И ворх1е а стигал, ворх1е а латта цхьана кхетахь а, х1ара дуьне юханехьа хьийза долалахь а со суо верг хир ву. Г1арч1ъаьлла хила веза. Кулак, 1едалан мостаг1 ву аьлла, шуна санна, харца ц1е тиллина суна а. Хийла г1аж, мийра лайна ву шуна со… Дика ду, Мамдай. Иштта ярий хьан ц1е? Самагаттаде. Б1аьсте ю йолуш. Дахаро аттача дохур ду шу… Х1инца ма кхуьъу сиха х1ара к1ант эций хьайн истангах топ яй ц1ехьа ц1ингаш бе. Объездчик ю боху цхьа кала-ц1ола ю кхуза кхача мегаш. Шаьшшиъ когаш к1ел хьийзаш ма гайта. Шен кеп хилча кхуза кхочу иза. Шуьгахь т1арий чу доттал ялта гучадалахь а, топ-тур даьккхина чуг1ертар волуш ву шуна. Д1аго, кхин ма 1е, парг1ат хила.

Цул т1аьхьа цхьа ши к1ира даьлча Дед Езор т1епаза вайра. Милцоша и д1авуьгуш гина хиллера массанхьа кхочуш долчу берашна. Итт шо хан тоьхна чувоьллина олуш хезира тхуна. Нохчашна ч1ог1а халахийтира цунна и тешнабехк хилла. И дара 1945 шарахь, апрель бутт юкъал т1ех болуш. Немцошца болу т1ом бара чекхбала гергга бахна.
Б1аьсте яра йолуш. Сенлуш яра казахийн аренаш. Диттийн гаьннаш дара къона г1а хоьцуш. Вайнах бохийна цхьа шо чекхдаьллера, эзар шарал дахделла…
Кехат кхаьчна хиллера Дед Егорера колхозан правлени: «Ша кхузара ц1а верзале Далла дуьхьал ваха мегаш ву. Цхьа дехар ду сан, весет ала мегар долуш: Ас доьху сайн х1усам Рамидан доьзална д1аялар. Х1ара ю аьлла тховк1ело йоцуш барх1 бераца хала йоллу цуьнан х1усамнана».
Мичара елира! Воккхачу стеган кехат тидаме ца ийцира. Тхо бисира тхайн шамали а лоькхуш. Къинхетамах цхьа чо боцчу коменданто д1алецира цхьа к1ира далале Дед Егоран х1усам.

Вайнах №1-2, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх