Махьшаран майданахь декъалчех хьо декъал хуьлда…

А.-Х. К.Маргошвили Султан

Нохчийчоьнан вуьззина кIант

Кадыров Ахьмад-хьаьжин безамна

Муьлхха а, кхерам тIехьаьдча,
ДIахьоду, дадош шен са.
Ткъа ахьа-м, тхан Ахьмад-хьаьжа,
Тхан дуьхьа дIадели са.

Ахь хьайна тIелеци дерриг
Т1едеънарг кху Нохчийчу.
Цундела хьо веги верриг:
– Со воьду, дог тешна шух!

Бехк тхуна ахьа ма билла,
Ларван-м ницкъ ца кхечи тхан.
МостагIчо тхуна ди хIилла –
ДIадаьхьи цо дахар хьан.

Iожалло д1авахьарх, тхуна,
Хьо-м вуьсий тхан муъма да.
Бекхаман чIир йоькхуш, хьуна
Кийча ву муьлхха вала.

Цундела, хIай Веза Дела,
Цхьа дехар хир ду тхан Хьоь:
Къинхетам Ахь цунах белахь!
Декъала Ахь делахь тхо!
Надиев Мудар

Ахьмад-хьаьжа
Вайн стиглахь лепаш
Седарчий мел ду,
Тхуна хьо везаш
Тхан хьаьжа хир ву.

Хьо вара Нохчо,
Дош нийса олуш,
Хаьржинчу новкъах
Юха ца волуш.

Накъостий кхетош,
Нийса некъ гойтуш.
«Серлонан седа!» –
Массара олуш.

Хьаьжин таж лело
Доьналла оьшу.
Теш вара Дела,
И дара хьоьгахь.

…ДIаоьху зама,
Йорт эцна маса,
Виц ца веш цкъа а,
Дагахь ву даим.

Цундела иллеш,
Хьо вазвеш олу.
Ахь даха ницкъ луш,
Хьан лорах догIу.

Тхан чIогIа чIагIо,
Тхан хьаьжа Ахьмад,
Декъалве Дала,
Iилла хьо паргIат.

Вайн стиглахь лепаш
Седарчий мел ду,
Хьо тхуна везаш,
Тхан Хьаьжа хир ву.

Сатуева Камета

9-чу майхь…

Нохчийн къоман хьалхарчу
Президентана
Кадыров Ахьмад-хьаьжина

Къонахчун са лаца сихъелла, ка-мIараш туьйсуш,
Цхьа хьаргIа-Iожалла хиллера тIехула хьийзаш.
Ткъа нана-м Iаш хилла бIаьстенан гIенашца къуьйсуш,
ЦIеххьана еъначу гIайгIанан узамца тийжаш.

Са лоцу синхаам шен дагна базбелча, нана
Хьан синан маршонна гIаьттира доIадан маса…
Амма хьо веха и хиллера ша т1аьхьайисна
Хиллера вайн Деле хьо веха и тIаьхьайисна…

Тезет дIахIоьттина Нохчийчохь. Денош майн беттан…
Йочанаш яхъелла, гIайгIане бIаьсте ю цIийзаш.
Ц1еххьана кхалхар хьан халкъана сих-дагах кхетта,
Къобала хуьлда-кха хьан гIазот, даьккхинарг цIийца.

Стигланан сийналлехь хьаьвзина, къоналлин шовкъехь,
Цхьа аьрзу дуьйжира хедаш хьан тIаьххьара аз а.
Дуьненчохь кхин цкъа а ца хазарх тхуна дош довха,
Хастам бо лаьтта тIехь бисарна хьан кошан барз а.

Бакъдолчу дуьненахь хьан синна паргIато хуьлда,
Дикано бицбойла лаьтта т1ехь ахь лайна бала,
Махьшаран майданахь декъалчех хьо декъал хуьлда,
Везначийн даггара къинхетам бойла хьох Дала.

Вайнах №8, электронная версия.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх