Магомадова Бана. Марнана.

Комеди

Дакъалоцурш:

Хункар-Паша – 40 шо
Жанета – цуьнан нана – 60 шо
Тумиша – цуьнан х1усамнана – 36 шо
Малика – юьртара йохкархо – 37 шо
Камета – цуьнан накъост – 37 шо
Бетар – юьртахо – 45 шо
Леча – Хункар-Пашин шича – 50 шо
Якъуб – юьртахо – 39 шо
Тоита – юьртахо – 38 шо
Бач1а – цуьнан майра – 41 шо
Зайнап – лулахо – 34 шо

1 сурт

Юьртара туька. Делкъа хан. Малика туьканахь болх беш ю. Туьканан да а ю Малика. Цунна накъосталла деш цу чохь ю Камета а. Сонехь лаьтта Хункар-Паша, безамца г1ийла б1аьрг а бетташ Малике. Цаяшарца Хункар-Паше хьоьжу и шиъ, ела а къежаш.

КАМЕТА. Хункар-Паша, ма г1ийла б1аьрг бетта ахь Малика йолчу аг1ор. Стенна сагатдо техьа ахь? Стен хьийзаво-те хьо? Алахьа, хьайна х1ун лаьа? (Жима ши зуда ган а гуш йоьлу). Х1ора дийнахь кхузахь ву-кх хьо. Эрна хан-м ца йойъу-те ахь. Ма къахета суна хьох. Алахьа, х1ун боху хьан даго?
ХУНКАР-ПАША (ша лаьттачохь тохало). Хьуна ма хетахь сох къа, хьайх хетахь, сох Маликина хетар ду хьуна. (Цхьа б1аьрг а къовлий къежаш Малике хьожу)
КАМЕТА. Маликина а ца хетахь х1ун дийр ду ахь? Хьуо ас Маликера схьаваккхарна-м ца кхоьру хьо? Схьаваьккхича х1ун дара-те хьо? Ца го хьуна, ц1арула ц1ен басар бетах а хьаькхна кечъелла-кх со хьуна хазъялархьама. Хьо-м вац соьга схьахожуш а. Йог1ур а-м яцара со хьоьга.

Юха а йоьлу ший а, самукъадаьлла.

ХУНКАР-ПАША. Эрна къахьегна ахь. Хьан докъана хьакха и басар а! Ма товш а ду хьоьгахь и дан-м ткъа. Хьо-м х1унда ца йог1ура соьга ас хьо йигча-м! Амма сан даго къастийнарг Малика ю-кх! Так что, эрна хьаькхна ахь и кондукторски ц1ен басар. Со Бетарца хьуна захало дийца воллу и басар д1а а ца доккхуш диталахь. Хьанна хаьа вог1ий хьакхочий а.

Ши зуда юха а самукъане йоьлу. Малика лекхачу дег1ехь, юьзна дег1ан меженаш а йолуш ю. Горга-ц1ечу беснеш т1е к1аьгнаш х1уьтту елаелча, гучуюьйлу мог1ара к1айн цергаш. Сийна б1аьргаш самукъане хьоьжу дуьнене. Амма юьйцу маттана сиха ю бохуш.

МАЛИКА. Дийцалахь х1окхунна Бетарца, цуьнга йохуьйтур ю вайшиммо х1ара.
КАМЕТА. Дика дайна г1ан ду шуьшинне а. Суна-м ца оьшу 1еттийначу шайт1анах тера волу Бетар, и къаьркъан кад.
ХУНКАР-ПАША. 1ийр ду-кх, шаьшшинне цхьанне «кад» а бетташ. Со хьуна оьг1азвахана ву. Дуьйцур дац хьуна захало ас. Ас хьоьга сайна дийца аьллера Маликица захало. Ткъа хьо х1ун деш ю? И тхьоз мара болчу Якъубана захало дуьйцуш ю, седа дуьхьал и варг. Сан собар кхачош ду цунна. Сан куьг т1едодахь-м и цуьнан «видуха» ж1аьлин багара ваьккхича санна хир ю хьуна! (Ши буй вовшахтуху оьг1азе б1аьргаш а къарздой)
КАМЕТА. Мича ю со цунна дуьйцуш, хьуна дуьйцуш ю-кх. Хьо нийса ца кхетта. (Ша-шега: «Хьо ваа ж1аьлеша, ма хаза а ву ван-м». Малика йоьлу, х1уьтту беснеш т1е к1аьгнаш. Хункар-Паша ши б1аьрг а ирбина хьоьжу цуьнга). Ахьа х1ун до, Хункар-Паша, кхохка а вина? Т1о гинчу цициго санна бетах мотт ма хьоькху ахь, Хункар-Паша, Малике а хьоьжуш. И ахь деш долу къурдаш х1оккха схьахезаш ду-кх. Ларлолахь, туй легашка а иккхина садукълур ду хьан.

Хункар-Пашас Камета йолчу аг1ор куьг лестадо моза д1аэккхош санна, Маликина т1ера ца боккху б1аьрг. Радиохула нохчийн эшар хеза.

ХУНКАР-ПАША. Дависса, Малика, вижар-г1аттар а доцуш висина-кх со хьан ойланаш еш: х1ун дича х1ун хир дара-те, х1ун дича хьо сан хир яра-те, бохуш. Соьх къахета мегар дац ахьа? Сан деган зезаг, сан к1айн кхокха, сан сатедеш долу сирла шовда. Ма ялахьа дуьхьал, йолахьа соьга. Дерзийтахь вайшиъ цхьаьна новкъа. (Йиш локху) «Баттал хаза ю сан Малика, малхал хаза ю сан Малика…» И лоькху эшар вайшинна лоькхуш ю-кх.
МАЛИКА. Ва-а, Дела, валалахь орцаха! Цо дуьйцург! Меттавола Хункар-Паша. Раз а ваьлла сеттинчохь ма виси хьо!
КАМЕТА. Делах тешна! Делах тешна! Ашх1ада деша Хункар-Паша. (Малика йолчу аг1ор схьаг1урту Хункар-Паша). Стой! Хьуо волччохь сацалахь! Ахь х1ун до хецаелла говр санна чуг1ерташ. Цомгуш-м ца хилла хьо, Хункар-Паша? Мерах шок ма йолаели хьан.
ХУНКАР-ПАША. (соцу ши куьг вовшах а тухуш) 1айт! Ц1е яла, Малика, хьо ца езачу кертахь! Куьйгаш т1е а йиллина лелор ю-кх ас хьо соьга яг1ахь. Делан дуьхьа йола соьга! (куьйгаш схьакхарстадо).
МАЛИКА. Делан дуьхьа хьоьга еъча, маре маца г1ур ю, ва Хункар-Паша, а?! Ма ехьа и къиза забарш. Со куьйгаш т1е а йиллина лелор ю боху ахь, ткъа хьайн Тумиша мича йилла волу хьо?
ХУНКАР-ПАША (оьг1азе куьг ластадо). Делахь ма йийца соьга и! Стена хьехайо ахь и? 1адда шен берашца чохь 1аш ю-кх иза, вайшинна новкъа а яц. Т1аккха, Малика? Маца йог1у хьо соьга? Тховса вала хьо ца езарг! (Куьйгаш вовшах а тухуш цергаш хьекхайо). Хьуо маца йог1у алахь, доьху хьоьга?

КАМЕТА. Когда рак на горе свистнет, олуш хезний хьуна, Хункар-Паша? Хьан нанас ма йоккха ц1е тиллина хилла хьуна, хьо шинна метта хир ву моьттуш ойла йина хир ю цо. Ткъа хьо вац цхьаннан метта а.
ХУНКАР-ПАША. Пешах тоьхна шиъ ян езар-кх хьоьх! Хьо д1асоций, шайт1а?!
МАЛИКА. Ахь цкъа яла ма йина Тумишийна т1е зуда. И х1унда яхара д1а? Тумишин куьг т1едаханчул т1аьхьа астаг1 а лелхаш «к1ур» бехьира боху цу хьан нускало. Ткъа цо хьуна ластийна шалгу хьо д1а а те1на кертах дог1а а делла дисина бахара. Соьх-м летар яц Тумиша?
ХУНКАР-ПАША. Бакъ дацара наха дуьйцурш-м. Т1е ма лецахь. Хьуна ас х1умма а дойтур дац цуьнга, тешахь.

Ши зуда цхьацца г1уллакхаш деш хьийза.

КАМЕТА. Цу шалгу буьххье а воьллина идон везаш хиллера хьо Тумишас.
ХУНКАР-ПАША. Хьо 1ад1ахьара и Малика суна реза хир яра, хьо ю-кх и суна берта ца йоуьйтуш ерг, маймал хьо ма дара! И Якъубе яхийта г1ерташ ма ю хьо. Цуьнан х1ун хазделла а хаац хьуна. Шалгу дера 1отта дезара хьуна.
КАМЕТА. Суна ца хазвелла иза, Маликина хазвелла. Хункар-Паша, схьахьажахьа цкъа: Якъуб бизнесмен ву, значит, цуьнан ахча а ду, бохча а ду, зуда а яц. Ткъа хьан х1ун ю? Х1умма а яц и цхьа т1елхиг – зуда Тумиша йоцург.
ХУНКАР-ПАША. Хьо йисса и Якъуб велла! Хьуна х1ун хаьа, ахь дагар-м ца дина цуьнан ахча? Со к1езга теша цуьнан хьал ду аьлча. Сан хьолах дерг а ца хаьа хьуна.
МАЛИКА (йоьлу). Хьуна иштта лууш хир ду?

КАМЕТА. Х1ан-х1а, ахь суна подарок ца эцча хьуна захало дуьйцур дац. Якъуба ша подарок оьцур ю аьлла. Ткъа ахь х1ун оьцур ю суна? Шаьшинна хьолах дерг-м шайна хууш дара шуна.
ХУНКАР-ПАША. Оьцур ю ас а. Хьуна матта т1е тасса ч1уг оьцур ю ас, и хьан мотт озийна ара а баьккхина ч1ениг т1е д1а а тоссуш. Сийна моьлкъа бу-кх хьо, шайт1анан нана!
МАЛИКА (меллаша). Д1аваха велара х1ара, Якъуб схьакхачахь х1ара бухахь а волуш реза а хир вац (не1аре хьожу).
КАМЕТА. Хьуо х1окху чохь вахвелча санна-м ца хетта хьуна, Хункар-Паша? Пора и честь знать, домой давай, жена зовет. Подарок Тумишина эца ахь.
ХУНКАР-ПАША. Хьо яра яцъян езаш. Вайн Делора ца вуьту ахь со Малике вистхила! Нитташ юккъе еттарг иманах-м тешне а яьллера хьо.

Ший а йоьлу Хункар-Пашах

КАМЕТА. Х1инцца… Тешаме вац хьо хьуо Маликица вита. Хьанна хаьа хьуна х1ун дагадог1у а? (Чуйог1у юьртахь коьртаца дика яц бохуш юьйцуш йолу Тоита). И мерах етта шок стамъелла хьан. Тешам боцуш вай хьо-м. (Тоите) Схьайоьллахь, Тоита, хьо яр-кх т1е ца тоьаш ерг! Как твое дело, как твое тело? Х1ун деш ву Бач1а а, могашалла муха ю цуьнан? Хьо лан цунна-м хьаха еза ч1ог1а могашалла. Хьан могашалла кхин хийца-м ца елла?
ТОИТА (Цхьаьна меттахь ца соцуш ши б1аьрг бу д1аса идош). Х1ун до ахьа Бач1ин могашаллех, хьо лор-м яц? Ахьа стена сагатдо цунна? Сан майра 1адвиталахь ша волччохь.
МАЛИКА. Ма кхера хьо, Тоита, х1окхо забарш йо хьуна. Х1ара-м сацор яра вайшимма. Кхерам бац хьуна хьан Бач1а х1окхо хьеварна.
КАМЕТА. Со-м 1ад1аш ю, х1умма а ца боху аса-м. Хункар-Паша вар-кх корта д1акхетта йолу хьо д1а а яхийтина, Бач1ас шена жима нускал х1унда ца даладо-те, бохуш. Ша цхьа жеро лаха а лехна бохура Хункар-Пашас Бач1ийна ялон.

Тоита раз йоьрзий д1ахьожу Хункар-Паше, кхерабелла горгбелла ши б1аьрг, хье т1е а баьлла, схьахьоьжуш 1аш волчу. Меллаша т1ейолало
цхьаъ-ам дуьйцуш ша-шена шабарш а деш. Хункар-Паша к1егархуьлу.

ТОИТА. Бахара ахь?! Хьо вахьа беллараша! Хьо хьуьнан хьакха хьо ма ярра! Майра оьшуш хьан зуда ю-кх шена воцуш волу, 1ункар-паша хьо ма варра, Хункар-Паша аьлча а! Хьо ве седа дуьхьал! Хьайн зудчун, доьзалан дола дехьа х1окху туьканчохь а ца 1уьллуш. Хьан хьераяьллачу нанас д1асаетташ лелош ма ю иза ахь доккхуш г1о а доцуш, хьо къанъелла г1абакх! Охьа а тоьхна ас т1е гош беттар ма бара хьуна…

Кхераелла д1а а тийна Тоите хьоьжуш лаьтта Маликий, Каметий.

ХУНКАР-ПАША. Х1ей! Х1ей! Хьо хьаьрдаьлла ж1ала ма йоьллахьа суна т1е! Юха ца кхоче яха хьо! Цкъа а ма лойла хьан нана хьо яле ца елла йолу, бале ели-кх хьо. (Раз а ваьлла пена юхехула не1арехьа г1ерта Тоита а ларъеш). Д1аяла ца боху ас хьоьга?! Бач1а хаа хьан докъана т1е хьо д1а а хецна 1аш волу. Ма йоьллахьа суна т1е! Д1аяла!

Тешийтина не1арехьа хьоду Хункар-Паша. Иза аравалале, катухий схьа а оьций дохка охьадиллина долу доккха пластмассови бога кхуссу Тоитас Хункар-Пашина т1аьхьа, цхьана кога т1ехь хьевзина охьакхетаза а йолуш. «Б1амп» олуш доккха тата а долуш бога коьртах а кхеташ, кхин юхахьажар доцуш араэккха Хункар-Паша. Мерачухула доккха са а доь1уш цунна т1аьхьахьоьжуш лаьтта Тоита, къаьрззий схьайоьрзу Маликий, Каметий йолчу аг1ор. Важа шиъ елаялар а дайна цуьнга хьаьжжинчохь юьссу.

МАЛИКА (меллаша). Дала ларве хьоьх, Тоита! Сан пхьег1аш д1аса ма кхисса, ас йохка охьаехкина юй уьш-м. Хункар-Паша а лазий ахь бога а тоьхна, и вехь 1едало чуюллур ма ю хьо. Хьо х1ун эца еана ю? Хьайна оьшург алай сихха д1аг1ол.
ТОИТА. Суна указывать ма делахь, суна сайна хаьа х1ун дан деза! Г1ур ю сайна луъучу хенахь. Ека ма ека!
КАМЕТА. Сихха д1аг1о. Хункар-Пашас милици ялон мега ахь шена тоьхна аьлла. И вийнехь х1ун дан йоллура хьо?
ТОИТА. Ма зе ца хуьлура и вийча а. (Ша-шена т1е кадета бедар нисъеш). Я цуьнан милицех а ца кхоьру.
МАЛИКА. Тхо обеде доьлхуш ду, ялал эций хьайна оьшург.

Чуволу Якъуб. Массо а цуьнга хьожу.

КАМЕТА. Ма дика ду хьо веана (къайлаха Якъубе хичаш йо Тоита араяккха бохуш).
ЯКЪУБ. Ватта, Тоита, хьо яц иза? Цхьа юьззина къонах ю-кх хьо Тоита! Делора ю-кх. Со схьавог1уш Бач1а гира суна, хьо лоьхуш ву ша бохура цо, сихха д1аялолахь, и оьг1азг1ур ву-кх хьо хьелахь (букъ т1ера меллаша д1атотту не1арехьа).
ТОИТА. Х1е-х1е-х1е! Стенна 1уьтту ахь соьх и хьайн куьйгаш?! Аса Бач1ийга д1а а дийцина и батт разйоккхуьйтур ма ю хьан, нажжаз! Къонаха ю, тов, со! Хьо-м вац къонахаллех чо болуш а, еса х1ума хьо ма ярра! (Дуьхьал т1амарш ластайо)
КАМЕТА. Тоита, д1аяло х1инца дукха а ца луьйш, тоьар ду хьуна! Хьо ма чураели. Давай, до свиданья!
МАЛИКА (эсала ала г1ерта). Тоита, хьо х1ун эца еана яра? Хьуна еззарг вай лур-м ю. Алал хьайна х1ун оьшу?
ЯКЪУБ. Сиха д1а а лой д1аяхийталахь!

ТОИТА. Суна сайна хаьа маца яха еза, ахьа хан тоха оьшуш дац! Схьало суна саба! Аш-м х1умма а дага а ца доийта.
МАЛИКА. Лур дара хьаханора-м. Ахча а ца оьшу, ас саг1ийна дуьту хьуна, хьо д1аяхчхьана х1инца.
ТОИТА (ахча охьакхуссу Маликина хьалха). Ахь х1унда луш ду суна и саг1ийна? Сан ворх1е да а ца лелла саг1а доьхуш! Хьан ерриг туька а эцалур йолуш ю-кх сайна лиъча, ю Къор1анор!
КАМЕТА. Дика ду, дика ду. Х1инца д1аг1ахьара хьо, кхин бале а ца йолуш. Со оьг1аз ма яхийталахь.
ТОИТА. Схьа ма екахьа! Хьоьх мила кхоьру (катухий саба схьаоьцу). Шен да хьакхийца воллийла цу 1ункар-Пашина! Со т1екхочур ю-кх цунна! Аса и туьта екор ю хьуна цуьнан юха а!

Сихха ара йолу. Чуьрчара доккха садоккху.

МАЛИКА. Дала хастам бу и д1аяхана. Камета, хьо ю-кх и карзахяьккхинарг. Хьо 1а-м ца 1ий.
КАМЕТА. Суна х1ун хаьара х1ара иштта дахлой (елало). Нана ма яла хьан, Хункар-Паша, ма вон вахар а хили тахана. Тоитас ма аллара, ван а ву 1ункар-Паша.

Малика а елало.

МАЛИКА. Виснарг а вуьйр ву ша ма боху цо иза (йоьлу).
ЯКЪУБ. Хункар-Паши коча х1унда яхана иза? Цуьнан ц1е ма йоху цо. И х1унда хьехаво цо? Оьг1азяхана ма ю иза цунна.
МАЛИКА. Х1окху чу веана вара иза, Тоитас чам а байина ваха-кх (елар эккха).
КАМЕТА. Ваха бохург, оьрсашна а дайна «слабо сказано» – к1ур бехьи! И боккха корта бекий цуьнан Тоитас бога а тоьхна. Малика, хьажахьа каг-м ца дина-те цо и? Дохка охьадиллина дара и, ч1ог1а тата-м делира цуьнан.
ЯКЪУБ. Г1оза кхийда цуьнан куьйгаш!
МАЛИКА (куьг ластадо). Д1адаккхахьа, х1инца х1ун до цунах кагделлехь, иза д1аяхчхьана х1окху чуьра цу Хункар-Пашицане.
ЯКЪУБ. Малика, ас х1окху чу ма ваийта ма яьллера, х1унда ваийтина ахь иза? Дика ду Тоитас иза эккхийна.
КАМЕТА. Иза х1окху чу ца ваийта бакъо ма яц тхан – туька ма ю х1ара, шена луъург чу а вог1уш. Малика езаш ву-кх иза. Предложение руки и сердца ян веана вара иза, амма къамел чекхдаккха Тоитас ца вити-кх коьртах бога а тоьхна (массо а воьлу).

ЯКЪУБ. Дика лаза ца вина-те? Бакъ цунна. На чужой каравай рот не разевай, оьрсаша ма аллара, Каметас ма дийццара.
КАМЕТА. Дика боху ахьа а. Ткъа хьуо муха ву? Себе ни «ам» – другим не дам, цу оьрсаша ма аллара.
ЯКЪУБ. Сихалла дика яц. Сиха дахана хи х1ордах ца кхетта, олуш хезний хьуна?
КАМЕТА. Хезна. Собардеш 1е хьо. Дукха цхьана меттахь лаьттина хих х1ун хилла хаьий хьуна? 1ам а хилла д1адаьлла. Кхийтин хьо?
МАЛИКА. Сихвала ца оьшу, Якъуб бакълоь. Собар де-еш д1а 1ийр ду вайшиъ.
КАМЕТА. Ну да, ну да. Какие ваши годы! Кхузза пхийтара волуш бен Якъуб а вац, цунна т1аьхьакхиъна йоьдуш хьо а ю. Сихалло садаьккхина – собаро лам баьккхина, олуш ду. Шаьшинна лам боккхуш д1а 1е. Хункар-Пашас тахана а д1аюьгу Малика шега еъча. Суна совг1ат а до х1ара ас шега яийтахь. Хезий хьуна, Якъуб?!
МАЛИКА (йоьлу). Делан дуьхьа йола боху цо шега. Х1ара вара суна х1инца оьшуш.
ЯКЪУБ. Малика, шек д1а ма ялахьа – вайшиъ цхьаьна хир ду-кх (шен даг т1е куьг туху). И Хункар-Паша вуьйцуш эрна хан яйа а ца лаьа суна. Вайшиъ дуьйцур ду вайшимма. Ас т1аьххьаре а и к1умс йохор ю цуьнан Тоитас йохош йисина йолу.
КАМЕТА. Как раз хьайниг ша йохор ю бохуш вара иза а. Хьажа шаьшиннан х1ун хуьлу (радиочухула локхучу эшарна т1аьхьара йиш лоькху).

МАЛИКА. Шен зуда а, бераш а лелийча тоьлу Хункар-Пашина а. Товш-м хир яра со цуьнга яхча. (Камете) Кхин болла сардам бац хьан?
КАМЕТА. Хьанна хаьа… Х1ара (Якъубана т1е п1елг хьажабо) 1ад1аш ву, важа каде хьийзаш ву. Под лежачий камень вода не течет, Якъуб, оьрсашна а дайна, меттах вала. Немножко туда-сюда давай, слушай.
МАЛИКА. Ма хьийзавехьа иза (безамца хьожу Якъубе).
КАМЕТА. Хьийзаш вацара х1ара-м. Амма иштта 1ахь-м хи чу ши б1аьрг биллича санна вуьссур ву. «Х1айтт» алий хьовза Якъуб, «х1айт» алий. Хьо муха ву?
ЯКЪУБ. Тхойшинна юккъе чим тасса г1ерташ лелаш ю-кх хьо, Камета. Тахана къастор ду оха. Са ма гатдехьа.
КАМЕТА. Юккъе цу тасахь а, зу тассахь а метах вала дагахь вац хьо-м.
ЯКЪУБ. Цхьацца г1уллакхаш ду сан д1адерзон дезаш. Машен хийца а дагахь ву со. Керла автозаправка а ю схьаелла езаш.
КАМЕТА (Маликин лере меллаша). Х1окхунах кеста «жених» хир волчух тера дац. Х1ара дикка д1ататта веза.
МАЛИКА (Малике). Муха? Ойла ян еза…

КАМЕТА. Стресс ян еза цунна меттах ваккха.
ЯКЪУБ. Шуьшиъ х1ун шабарш деш ю? Соьга а дийциша.
КАМЕТА. Маликин кеста йина де ду. Х1ун лур ю ахьа цунна совг1атана? Там бара ахьа кхунна машен эца (куьйгаш лестадо). Цхьа иномарка.
ЯКЪУБ. Маликина-м мел доккха совг1ат дича а сов дацара. Амма зударий машен т1ехь товш бац. Со ду-кх х1окхунна совг1ат. Тоьаш дац?
КАМЕТА. Машен т1е хууш яций иза-м, машен чу хууш ю. Т1ехь 1аш товш ца хилахь а, чохь 1аш-м товш хир ю хьуна иза.
ЯКЪУБ. Дукха лоь хьо. Даима тхойшинна юккъе г1урта хьо. Тхан барт бохалур бац хьоьга. Ас машен юьгур ю, Малика суна юххехь хиъна 1ийр ю. Мегаш дуй, Малика? (Лерина Малике хьоьжу).
МАЛИКА. Со реза ю. Иштта товш хета суна а. Хьуо Камете лен ма вайта ахь.
КАМЕТА. Хахка шайна т1аккха. Дала бакъдойла иза (шен месаш нисйо). Делахь а, Якъуб, расслабиться дей ма 1елахь, Хункар-Паша-м юха а вог1ур ву хьуна кхуза, коьртах бога кхетарх память д1а ма ца яьлла цуьнан. Кхуза бог1у некъ бицбелла хир бац цунна.
ЯКЪУБ. Цуьнах-м к1езга кхоьрура со. Юха а Тоита т1ехоьцур ю-кх. Цу Бач1ех а ца кхета со, и 1овдал зуда д1а а яхийтина шена зуда х1унда ца ялайо-те цо? И зуда-м кхераме ю чуйита а.

КАМЕТА. Тоитас-м шен лулахо лелийна эккхийна цунна бел тоха г1ерташ, цо х1ара д1а а яхийтина кхин зуда ялае аьлла хилла боху Бач1ига. И хиъна Тоитина. Цундела цо кхин ала дага ца дог1ург вина-кх лулахо. Хункар-Пашина а 1иттарш йин шен зудчунна а, доьзална а дола ца до бохуш.
МАЛИКА. Юьйцуш ма ю Хункар-Пашин нана несаца вон ю бохуш, г1ело йо боху цо Тумишина массо х1уманна т1ехь. Йист ца хуьлу боху важа марнене.
КАМЕТА. Жанета-м хьаха ю «палец в рот не клади». Цхьа шех терраниг дуьхьал яьлча озалур яра иза а.

Чуволу Бетар – вуткъа веха, хенал хьалха къежбелла корта, б1аьрса дика доцуш санна б1аьргаш хьебадеш хьажар, юткъа еха батт, хийра цергаш. Сих-сиха маларх кхеташ а ву Бетар. Тахана а ву мелла.

БЕТАР. О-о х1ай! Х1окху чохь-м йовха компании ю. Здрасти вам! (д1асалеста)
МАЛИКА. Ой, и бохург х1ун ду? Хьуо а кхетта хилча, тхо а мела ду-м ца моьтту хьуна, Бетар?
БЕТАР. Вай! Мох хьакха вай цадезачу керта, дуй хьуна, деца хьуна. Суна моьттуш дерш-м генахь дара, Малика. Вон элира ахь суна, хьайн доттаг1чунна хьалхахь, кхетта ву аьлла, дуй хьуна, деца хьуна, вон элира.
КАМЕТА. Х1ета, ни в одном глазу, оьрсаша ма аллара. Хьоьгара долу иштаниг? Не верь глазам своим ду-кх.
БЕТАР (Якъубехьа воьрзу). Салам 1алайкум, сан ваша! Ахь соьгахьа г1о а ма ца доккху.
ЯКЪУБ. Ва 1алайкум салам! Хьо-м хьуо а ларор волуш вара. Хьо лаа ваьллий х1окху аг1ор схьа?

БЕТАР. Хьуний бен ван мегаш дац х1окху чу? Со а веана-кх сайн г1уллакх хилла. Маликас грузчик балха оьцур ву аьлла веана-кх со а. Хьо лаа лелий?
ЯКЪУБ. Со а вар-кх Маликица г1уллакх долуш веана, амма х1окхо со тергал-м ца во. Ца веза шена боху.
БЕТАР. Делора тоьлу Маликина а хьо тергал вича. Нитташ юккъехь карийна вац вайшиъ. Бакълоьй со? Дуй хьуна, деца хьуна.
МАЛИКА. Хьуна х1ун хаьа, суна тоьлу я ца тоьлу? (Елакъежа)
КАМЕТА. Хьо мичахь карийна а ца хаьа тхуна.
БЕТАР. Д1а теллича шу зударий тхол а дукха хилла, цхьана к1антана масийтта зуда нисло, дуй хьуна, деца хьуна. (Камете) Хьан матта т1е хаа ю туху моза. (Камета шек а йоцуш йоьлу)
ЯКЪУБ. Иштта кхетаел ахь Малика. Деш-м яц ас бохург т1аккха а.
МАЛИКА (йоьлу). Иштта дийца ахь. Ахь йига аьлча а ма ца юьгу со. Сох г1оьртина х1умма а дац.
БЕТАР (когаш т1ехь нисвала г1ерта). Делахь, Якъуб, ма юьхь1аьржа х1оттий ахь со, дуй хьуна, деца хьуна. Йига аьлча а ца йиги ахь иза? Д1авала. Ца моьттура хьо иштта ву.
ЯКЪУБ. Бакъ дац, ша яц йола аьлчи а реза хуьлуш, кхиниг везаш юй а ца хаьа (ца вешаш велакъежа). Ву кхуьнан схьалесташ цхьаъ.
КАМЕТА. Ши шо ду хьо схьалесташ кхуза, кхин багара дош ца дужуш. Хьо иштта кхоьруш хилча х1ара йига, хьайн ц1ахь 1ен веза.

БЕТАР (когаш т1ехь нисло). Подожди, собар, иштта ма алал ахь а Якъубе. Тхо-м хьаха дац кхоьруш.
КАМЕТА. Дера аьр-кх сайна ма луъу-м. Массийта зуда йог1у шуна? Йолчуьнга цхьаъ а ца лелало, цхьа а йоцучуьнга цхьаъ а ца йигало. Къонахий мича бахана?
ЯКЪУБ (Бетаре). Гой хьуна цара вайна дуьйцург? Алахьа цаьрга.
БЕТАР (шина зудчуьнга). Цыц! Совцае багош! Къонахий бац бохург х1ун ду? Тхойшиъ вац х1окхахь?! Х1ах1! Дуй хьуна, деца хьуна. Шуьшиъ х1унда…

Чехка чуйог1у Тумиша. Къамелаш а совцадой массо а цуьнга хьожу. Тумиша оьг1аза яхана хилар гуш ду. Цхьа а тергал а ца веш Маликехьа йоьрзу.

ТУМИША. Схьаерзал цкъа. Ахьа сан майрачуьнга х1ун де боху. 1адвитахьа иза, ялахьа цунна т1аьхьара. Шен зуда а, доьзал а болуш стаг ву-кх иза, хьо оьшуш а вац. Хьайна майра оьшуш хилча хьуо яханчохь 1ен езаш хиллера.

Малика цец а яьлла хьожу Тумишига йист а ца хуьлуш.

МАЛИКА. Ахь х1ун до, х1ай зуда, хецаделла ж1аьла санна х1окху чу а иккхина? Со-м яц хьан майра оьшуш ахь т1аьхьа кхийсича а. Д1аялолахь суна х1окху чохь мохь а ца хьоькхуш.
КАМЕТА. Х1ей! Юхаозал! Ваше добро и даром не надо, оьрсашна а дайна, кушайте сами себе на здоровье! Цу т1ехь галяьлла хьо.
ТУМИША. Соьга наха аьлла, иза х1окху чу х1уьттуш ву аьлла, со 1овдал ма хетал х1инца.
КАМЕТА. И-м такхийна валош ваций х1окху чу, ма вола аьлчи а чуг1ерташ ву-кх. Хьо зуда елахьарий-м г1ертар вацара, шен ц1ахь 1ийр вар-кх.
ТУМИША. Хьо яц х1умма а олу а! Хьан майрачо хьо эккха ма йина.
МАЛИКА. Сан г1уллакх оццул к1елдиссина ду-м ца моьтту хьуна хьан Хункар-Пашига ца еъча. Кхерам бац хьуна, д1аялолахь д1аг1олахь х1инца.
ТУМИША. И хабарш а дуьйцуш т1аьхьара ма ца довлу шу.
БЕТАР. Собар! Собар! Сацабел шайн т1ом. Хункар-Паша стенна вуьйцу цо? Велла вала со, дуй хьуна, деца хьуна. Долчул а хаза ду х1ара.
КАМЕТА. Хункар-Паша ц1а ца кхаьчча х1инца а? Х1окху чуьра-м д1ахьажийна иза коьртах бога а тоьхна.
БЕТАР. Велла вала со дела1, и бохург х1ун ду? Х1ара г1уллакх-м гена даьлла ма хилла со вижина 1ашшехь, дуй хьуна, деца хьуна.

Цхьаммо а жоп ца ло Бетарна.

КАМЕТА. Х1инца кхийтин хьо? Цунах цхьа къонах а вина еана х1ара а.
ТУМИША. Хьо яхана хиллачул оьшуш ву ала-м ца йоллу хьо иза? Вац хьуна! Шен девешин ахча а лачкъийна ма лелла хьо яхана хилларг, ша гучуваьлча шен деваша вен а г1ерташ. Ткъа хьо хьайн марнанас муха юьйцуш яра юьртана а хууш ду.
КАМЕТА. Хьо хьан марнанас муха юьйцу а хууш ду-кх вайна, хьан пусар а, хам а мел бо (куьг ластадо). Д1аг1о д1аяла. И хьан 1ункар-Паша оьшуш цхьа а вац кхузахь.
ТУМИША. Со хьоьца х1умма а дийца еана а яц, со х1окхуьнга луьйш ю – сан майра 1адвита.

МАЛИКА. Ца витахь х1ун дан йоллу хьо? Х1умма а дац ахьа дан. Хьуна 1ад1ийча тоьла, со кега а ца еш. Сайна лаахь со тховса а г1ур ю-кх хьан майрчуьнга, амма со лууш-м яц ахь со х1инца 1адйитахь.
БЕТАР. Хункар-Пашина хууш дуй аш лелориг. Де йисса х1окху к1ента, и-м къуьйсуш ма ву, шена а х1ун ду а ца хууш, дуй хьуна, деца хьуна (туй а тухуш ши куьг вовшаххьакхадо).
КАМЕТА. Д1асацахьа хьо а!
БЕТАР. Дера ма саца. Давай, буй-т1ара ел, хьо г1ур хир ма яц Тумиша хьайх цхьа чам ца бойъуш. Камета через колено кхоссал, Тумиша.

Каметас букъ т1е буй туху Бетарна. Важа, кхералой, кхоссало.

КАМЕТА. Через колено хьаха ду ас шуьший кхуссур. Тумиша, тоьар ду хьуна, хьайн концерт а эций д1аяло.
МАЛИКА. Сиха г1олахь. Хьо иштта дика зуда хилча хьайна т1е зуда вон ялаяйтина-кх ахь. Со кхеро ма г1ерталахь, со кхерон да ваьлла а вац хьуна. Айхьа хьайн майрчунна кхоьссина шалгу а дагадаийта.
ТУМИША. И шалгу-м х1инца а долуш ду. Хьуна а 1уттур ду, хьо сан керта яг1ахь. Ас аьлла – хьуна хезна (сихха д1айоьду).

Цхьа а вист ца хуьлуш хан йолу.

БЕТАР. И х1ун дара? (куьйгаш вовшаххьекхадо) Цец ма ваьккхи цо со, дуй хьуна, деца хьуна.
КАМЕТА. Хьо-м даима а вара цеце, шиша гинчул т1аьхьа.

Малика йист хилар доцуш лаьтта, ойланашка а яхана.

КАМЕТА (Якъубе). Хьо мотт сецча санна лаьтташ ма ву вистхилар а доцуш. Г1о а ма ца даьккхи ахь Маликехь.
ЯКЪУБ. Хаза-м хир вара со зударийн дов юккъа г1ерташ. Во-от, ас ма бохха хили-кх, иза х1окху чу ма ваийта цундела бохуш ма дара ас. Шайна бале вели-кх иза.
КАМЕТА. Кхин ала х1умма а дац хьан?
МАЛИКА. Х1умма ала оьшуш а дац. Со суо ю дика ларор йолуш.
БЕТАР. Вистхила со а ваьхьар вац, Каметас букъ т1е буй тоьхна сан дог когашка дожий-кх. Делор ю ас хьо сайн зудчуьнга д1ахьейийр сайх куьйгаш тоьхна аьлла. Цо хьайна х1ун до хьажа хьо.
КАМЕТА. Хьажа а ца оьшу. Хьо хьанна а д1алур волуш яр-кх иза, желающих нет. Такое добро никому не нужно.
МАЛИКА. Муха ца оьшу? (ела а къежаш) Хункар-Паша ма вара хьуна ша Бетарца захало дуьйцур ду бохуш.
БЕТАР. (ца кхеташ) Х1ун бахара ахь?

КАМЕТА (Малике). Деладахьа а саца д1а! Ма тасалахь и суна коча. (Бетаре) Хьо вуьйцуш дац тхо.
ЯКЪУБ. Дера дар-кх шу-м Бетар вуьйцуш. Хьо ле во цара, Бетар, хьуо 1еха ма вайталахь.
БЕТАР. Суна а-м хезира сайн ц1е йоккхуш. Схьадийцал, схьадийцал, х1ун дара и?
КАМЕТА. Хьан къаьркъа ду хьан коьрте дуьйлуш, «белочкаш» хир ю ахь луьйцуш.
БАТАР (оьг1азе). Ватта, ахь-м соьх алкоголик ма вин, дуй хьуна, деца хьуна. Ма дийцалахь соьга и ца тов къамелаш. Малика, со балха оьций ахьа? Х1окхучуьра х1инца сихха д1аваха веза.
МАЛИКА. Юха схьакхетахьа. Хьо кхин мелла гахь балхе дог а ма даха.
БЕТАР. Все, чекхдаьлла цу т1ехь. Ахь бохучунна т1ехь соцур ду-кх вайшиъ. Якъуб, хьо тахана вистхилар ма ледар долуш ву, х1умма а йожа-м ца йоьжна хьан?
ЯКЪУБ. Сан цкъа а х1умма а южур яц, са ма гатде ахьа цу т1ехь.
БЕТАР. Х1ан, со воьду, девчаташ. Цхьа пачка сигаьркийн лол суна. (Пачка схьаоьцу, ахча д1а а лой). Х1окху юьртара зударех ларлолаш ший а, шайн майранаш шух ларбийр болуш бу уьш-м.

КАМЕТА. Хьанна оьшу х1окхеран майранаш? Т1уьхкаш, къонахий аьлча а.
МАЛИКА. К1адда а дийра дацара х1окхарам. Ма генахь ду царна моьттург.
БЕТАР. Со воьду Якъуб, хьо 1аш вуй?
ЯКЪУБ. Д1авало, со соцуш ву.
БЕТАР. Хьо кхин вистхуьлуш вацахь-м ахь 1ийна а дан х1ума дац. (Д1авоьду)
ЯКЪУБ. Малике хьоьжуш 1ийча а тоам хуьлу-кх суна, я к1орда а ца до.

Малика елакъежа.

КАМЕТА. Платонически любовь ю-кх шуьшинне, схьадийцарехь.
ЯКЪУБ. Тхан любовь ч1ог1а ю хьуна. Зезаге хьоьжуш санна хазахета-кх суна Малике хьоьжуш.
КАМЕТА. От слова халва во рту слаще не станет, оьрсашна а дайна. Айхьа йигахь йига, ца йигахь айхьа д1алецна некъ д1ахеца.

Хьухь а вулий, чувог1у Хункар-Паша. Массо а цуьнга хьожу.

МАЛИКА. Хункар-Паша, ахь х1ун до? Цхьамма эккхийна вог1уш-м вац хьо? Тоита-м яц хьуна т1аьхьаяьлла? Я Тумиша ю?
ХУНКАР-ПАША. Ма хьехаелахь соьга и Тоита боху боьха х1ума. Тумиша еарий х1окху чу? Бетара дийцира соьга. Цунах ца тешаш хоьттуш вара со.
ЯКЪУБ. Хункар-Паша, корта-м ца лозу хьан? Медпункт х1окху чохь ма яц, некъал дехьа вала деза. Тоитас ч1ог1а-м ца лазий хьо?
ХУНКАР-ПАША. Хьайн корта ма лазийталахь. Сан коьртана х1умма а ца хилла. (Зударшка) Еарий Тумиша кхуза? Х1инца еанехь а, кхин-м йог1ур яц хьуна и!
МАЛИКА. Хьо лоьхуш яр-кх иза. Оьг1аз ч1ог1а яхана а яра. Ц1аваха ваьхьар вуй хьо?
КАМЕТА. Шалгу а дара цуьнгахь. Хьо шалгу т1е вог1а йоллуш хилла хир ю-кх иза.
ХУНКАР-ПАША. Шалгу т1е йог1а езаш дера яра хьо. Питунан нана ма ю хьо. Хьайна дагаеънарг юьйцу-кх ахь. Сан дагахь дерг, Малика хьуна хууш ду-кх.

ЯКЪУБ. Бакъду иза-м, и хьан зуда кху чу а иккхина, Маликин коча яхана хьийзи, шена т1е ма йола бохуш. Хьоьх озалуш хилча и яхьар а яцара, и болх лелон. Дола де хьайн зудчуьнан. Хьайн дагахь дериг а д1адилле дита хьайгахь.
ХУНКАР-ПАША. Ахь хьехарш дан ца оьшу суна. Хьан-м яц цхьа зуда а, бер а. Хьо ма ца къуьйсу цхьаммо. Масса зуда ялийна ахь? Хьоьгахь цхьа а 1аш а ма яц.
ЯКЪУБ (реза воцуш). Суна цхьа а езаш ца хилла, цундела д1аихна уьш. Малика ю суна езаш. Соьга ша йог1у боху х1окхо, х1ара юьгур йолуш а ву со.
ХУНКАР-ПАША. Хьайга яг1ахь. (Малике хьожу)
ЯКЪУБ. Х1унда ца йог1у? Йог1ур ю дера. Соьга ца еана хьаьнга г1ур ю иза. Дукха хан ю-кх со кху чохь лаьтташ сайна хан йилла бохуш Малике. (Маликий, Каметий цец а йолий вовшешка хьожу)
ХУНКАР-ПАША. Т1аккха? Хан йиллиний хьуна? Со шек ву-кх ахь зурма лакхахь.
ЯКЪУБ. Йиллина лара мегар ду-кх. Ас аьллачу дийнахь соьга йог1ур йолуш ю-кх иза. Тоьий хьуна? Ткъа ас иза сайна луъучу хенахь эр ду.
КАМЕТА (оьг1азе Маликин лере). Хьажахь, юхавели-кх иза хьоьга баккъал а хан йилла ца олуш. Пустомеля ву-кх. (Якъубе) Хьо ма тешна ву Малика хьайга мичча а хенахь йог1ур ю аьлла. Кхана д1айига, ас д1айоуьйту хьоьга.

Хункар-Пашас бина къаьхьа къурд ца хеза цхьанне а.

ЯКЪУБ. Собар, собар! Суна хьалхара жоп ма лохьа ахь. Впереди паровоза едда йоьдуш хуьлу-кх хьо даима. Айса ойла йина-а цхьаъ дер ас.
МАЛИКА. Якъуб, со-м ладоьг1уш 1аш яра ахь дуьйцучуьнга. Соьга лаьий, ца лаьий хоттуш х1умма а ма дац хьан. Дог тешна ву-кх хьо ахь аьлча дийнахь со йог1ур ю аьлла.
КАМЕТА. Амма и де, суна схьахетарехьа, къастон дагахь а вац.
МАЛИКА. Уггара лекхачу дин т1е а хиъна, дешех-детех воьттина хьо веъча а хьоьх бан тамаша болуш яц со-м. Со хьена мила ю ца хаьа хьуна? Ас сайх забарш цкъа а ца яйтина, йойтур а яц. Ахьа аьллачу дийнахь со цкъа а йог1ур яц хьоьга, суна луъучу дийнахь бен.

Массо а, цец а волий, хьоьжу Малике.

МАЛИКА. Хункар-Паша, Якъуб! Соьга дикка ладог1ал шиммо а. Т1едог1учу к1ирандийнахь суьйранна барх1 сахьт даьлча со йог1у шуьшинге…
ЯКЪУБ. Ахьа х1ун дуьйцу? Ойла йой ахь айхьа дуьйцучуьнан (цецволий д1аса хьийза).
ХУНКАР-ПАША (вовшах хьоькху куьйгаш а 1уьйдуш лаьтта). Малика, дукхаяхарг, кхетавехьа айхь дуьйцучух. Со вуьйцу хир ву ахь.

Камета, разйолий, сатта а сеттий, бага а г1аттайой, Малике хьоьжу.

МАЛИКА. Аш х1ун до массо а цец а ваьлла? Со дийцина яллалц собар де. Ас ма аллара к1ирандийнахь барх1 сахьт даьлча цхьа миллион со арайолург а дахьаш шуьшиннех схьавеанчуьнга г1ур ю-кх со. Камета, ахь арайоккхур ю со, миллион хьайга со арайоккхург схьаделлачуьнга со д1алур ю ахь.
ЯКЪУБ. Х1ах1! И х1ун забарш ю ахь еш ерш? Хункар-Пашина юххе стенна х1иттаво ахь со?
ХУНКАР-ПАША. Ма кхера, ас хьо сайна юххе х1уттуьйтур а вац, хьайна меттехь 1елахь, цигахь товш ву.
ЯКЪУБ. Со реза волуш къамел дац ахьа дийриг, Малика.
ХУНКАР-ПАША. Хьо реза хилале даг1ахьара къемат шо, йомал къемат шо маьхьшаре даллалц 1елахь реза ца хуьлуш.
ЯКЪУБ. Ахь х1ун дей, накъост… Ас и къамелаш сайга…

КАМЕТА. Ашшимма х1ун до ши н1аьна санна, вовшешна чуг1ерташ?
ХУНКАР-ПАША. Къинт1ера яьллаш ший а. Малика, ахьа аьлларг ас къобал а дина т1елаьцна-кх. (Жимма ойла йо). Рицкъ дерриг хир ду-кх, дацахь т1аьхьа идча а эрна ду.
МАЛИКА. К1ирандийнахь барх1 сахьт даьлча х1окху чохь вовшахкхетар ду вай.
КАМЕТА. Цара шимма а дахьахь х1ун дийр ду ахь? Хьанна хаьа дагахь доццург хилахь…
МАЛИКА (Каметин лере). Якъуб яхье ваккха г1ерташ ю со. Со теша и вог1ург хиларх. (Ч1огг1а олу). Шимма а дахьахь ас шуьшинна юккъехь къастам бийр бу-кх. Иштта ду-кх шуна.
ЯКЪУБ. Со кхийти ахь бохучух. Ас миллион ца дахьахь соьга ца йог1у хьо? И муха безам бу? Ахчанца боьзна хуьлуш хуьлу безам?
КАМЕТА. Ас дош ло хьуна, Якъуб, х1ара хьоьга яийта ахча ца деъчи а. Схьавола хьо…
ХУНКАР-ПАША. Озийна мотт схьабаккха безара хьан Камета. Со мича хьо ахь?
КАМЕТА. Хьо Тумиша йолче вохуьйту. И подальше, оьрсашна а дайна.
ХУНКАР-ПАША. Хьо яха т1урнене! Суна ма доьхьал яьлла хьо.

Ши зуда лерина Якъубе хьоьжу. Важа ойла еш лаьтта, вистхилар доцуш.

МАЛИКА (юьхь реза йоцуш кхулу). Ас аьллачу т1ехь ду-кх шуна. Миллион дахьаш схьавола ший а, т1аккха дуьйцур ду вай.
КАМЕТА. Ахь боххург дийр ду-кх вай т1аккха. Соьга хаьттича-м…
(Керахь г1аж а йолуш туькана чу эккха Тоита. Ши б1аьрг т1е а баьккхина д1асахьоьжу цхьа-ам лоьхуш массо а цец а волий цуьнга хьоьжу).
КАМЕТА. Картина называется «Не ждали»! Тоита, х1инца х1ун йиссина хьан х1окху чохь? Хьо дийнахь шозза гар давленина а дика дац-кха.
МАЛИКА (сиха дог1а схьаоьцу). Тоита, со обеде арайолуш ю, туька д1акъовлуш ю, массо а д1аваха мегар ду.
ТОИТА. Хьайн бетана тоха ахь дог1а суна а ца тухуш! Соьга Бетара элира и Хункар-Паша аьлча а, и 1ункар-Паша х1окху чохь ву аьлла. Со и лохуш ма яра. Суна т1е зуда ялаяйта лууш вара хьо? Ас йийр ю хьан болх. (Г1аж ирах а йохийтий т1ейолало).
ХУНКАР-ПАША (к1егар эккха). Хьо е седа дуьхьал! Кхуза а т1аьхьакхечи-кх хьо. Хьан а, Бетаран а ши дакъа текхадойла ж1аьлеша. Питана туьйсуш и мотт бетташ лелаш ву-кх иза. Со а кхуза ваийти, Тумиша кхузахь ю аьлла, ткъа хьо суна т1аьхьа яийти. Со кхочур ву цунна т1е. Ма г1ерталахь суна т1е, г1омах схьадаьлла г1ам! Хьо суна т1еяг1ахь, ас и хьан керара г1аж хьан букъ т1е йиттина кагйийр ма ю, Делан мостаг1 хьо ма ярра! Д1аяла ца боху ас хьоьга!

Хункар-Паша д1а а эккхий, Якъубана юххе нисло Тоита.

ЯКЪУБ. Т1ехяьллахь суна, д1огехь ву хьуна хьан доттаг1а (Хункар-Пашина т1е п1елг хьажабо). Цхьатерра ду ший а. Т1еяхийта цунна г1аж! Коьртаца цхьаъ ду шу шиъ.

Тоита, саца а соций, Якъубе хьожу.

ТОИТА. Хьан х1ун ду сан коьртана ала?! Хьо х1ун ю ян-м т1аккха? Сан дега дечге дига вир доьхуш лелла волу хьан да! Х1инца хьо «крутой» а хилла д1ах1оьттина? И аьшпаш а буьттуш йолаелла лелаш йолу еса х1ума. Нецаш биъначу куйнах тера йолу и юьхь цоьстур ма ю аса хьан м1араш тиссина.

Г1аж ойъу цунна тоха. Важа дуьхьал куьг а луьйцуш к1егароьху. Ши зуда а 1адийча санна лаьтта, цуьнга хьоьжуш. Якъуб Хункар-Паша волчу аг1ор д1аг1ерта шена т1аьхьа Тоита д1а а юьгуш. И шиъ лардеш лаьтташ волчу Хункар-Пашас Якъуб шена т1енислушшехь, бахбой схьа а боийтий, ког тосу Тоитина кога к1ел. Цхьа а ган а ца кхиаво цо и деш Важа когаш т1ехь галл а йолий, г1аж а керахь куьйгаш а ластадой дег1ан дохала Якъубана т1еюжу. Ший а охьадужу бухахь Якъуб а волуш. Ша бехке воцуш санна шен когаш д1а а нисбой д1ах1утту Хункар-Паша воккхаверца цу шинге а хьоьжуш. «Вай, Дела! – цхьанни мохь болу Малике а, Камете а. Якъуба кадетта шена т1ера Тоита д1аяккха г1ерташ. Эххар а кхуссий д1айохуьйту. Хьала а г1оттий шена т1е куьг детта чан д1айоккхуш.

ЯКЪУБ. Х1окху чу варах дохковаьккхина-кх аш со. Д1аяккха х1ара кху чуьра! Ас ж1аьла санна арайоккхуссу иза!
ТОИТА. Вай сан Дела! (Г1аж лоьху). Ахь х1ун до суна т1еветталуш. Ва-а Бач1а! Велла вала хьо дела1! Эхь ма деана хьуна т1е! (Г1аж оьций т1ег1ерта Якъубана). Бач1а схьавола! Ас хьанал дина хьуна х1окху ж1аьлийн ц1ий, ве х1ара! (Ши зуда т1е а йодий Якъубана дуьхьал х1утту).
МАЛИКА. Д1аяла, ахь х1ун до, хьераяьлла хьо?
КАМЕТА. Д1ачудилла хьайн тур. Д1асаца!

Сихонца туькана чувог1у Бач1а.

БАЧ1А. Хьо х1окху чохь ю? Хьо лоьхуш лелаш ма вара со. 1уьйранна дуьйна араяьлла ю-кх хьо. Ц1аерзахь. Бетара элира соьга хьо х1окху чохь ю аьлла. Х1ун г1овг1а ю ахь х1окху чохь еш ерг? Ялол, ц1адоьду вайшиъ. (Тоитин пхьарс схьалоцу. Важа мал а лой д1атоь).
КАМЕТА. Делахьа йига и хьайн зуда д1а!
МАЛИКА. Тахана шозлаг1а еана-кх иза х1окху чу дов дахьаш. Д1аяккхахьа иза х1окху чуьра.
ТОИТА (дуьхьало ца йо). Ахь суна т1е зуда ялор ю бохура х1окхара, и соьга ла ца делира. Бакъ ма дац иза, даций?
БАЧ1А. Хьоьца забарш йина. Бакъ ма дац иза. Хьо евзинчу дийнахь дуьйна зударех къехкаш ма ву со, массо а хьоьх тера ю моьттуш.
ТОИТА. Со лееш буй уьш? Ахь кхиниг ялор ма яц, яций?
БАЧ1А. Дера ялор яц. Хьай парг1ат хила мегар ду хьуна. Яло, яло, д1адоьду вайшиъ. (Чуьрчаьрга). Бехк ма биллалаш. (Ший а д1адоьду. Массара а доккха садоккху).

ХУНКАР-ПАША. Хастам бу хьуна, Дела! (Ашх1ада доьшу).
МАЛИКА. И д1аяхийта цуьнах къахеташ лелош ю боху Бач1ас и зуда.
КАМЕТА. Бач1ех къа хьанна хетар ду?
ЯКЪУБ. Къа дацара цуьна-м и 1овдал кхобуш 1аш волчу. И-м и дара? И суна т1е х1унда юьйжира, дала д1аяккхарг.
ХУНКАР-ПАША. Хьо везавелла хир ву цунна.
КАМЕТА. Эццахь Бач1а схьа ца кхаьчнехь г1уллакх гена долуш-м дара. Ва Дела! Ма дара шуьшиъ 1уьллуш. Хункар-Паша ву бехке, суна хаьа.
ЯКЪУБ. Д1аяла х1инца, тоьар ду, йола ма лолахь!
ХУНКАР-ПАША. Хьан ц1ий а хьанал динера цо Бач1ийна (велало).
КАМЕТА. Бач1ехь тур хиллехь д1адаьлла г1уллакх дар-кх хьуна, Якъуб. Специально тасса а елла Хункар-Паши когах т1еюьйжир-кх и хьуна.
ЯКЪУБ. Дийца а ма дийцалахь суна и. (Киснара телефон ека. Къамел до цхьанне а ца хозуьйтуш). Х1ан, со ваха веза. Доьг1на делахь гурд у вай. (Сихха араволу. Малика ойланашка йоьдий цунна т1аьхьа хьоьжу).
КАМЕТА (Малике). Эсала вистхилла ма ца ваха иза. Ахча хьахийча реза воцуш ву те. (Хункар-Пашина ца хозуьйтуш къамел до шиммо а).

МАЛИКА. Цунна хаьа суна ша везий, цуьндела ву и суна иштта амал соьца д1акхоьхьуш (г1ийла елакъежа). Хуур ду-кх цо х1ун до к1ирандийнахь. Проверка ю-кх цунна цу ахчанца.
КАМЕТА. Хункар-Паша, х1инца д1авахча мегар ма дара хьуна а. Охашимма садо1ур дара.
ХУНКАР-ПАША. Малика соьца д1аяийта, т1аккха д1аг1ур ву со. (Малика йист а ца хуьлуш лаьтта шен ойланаш еш).
КАМЕТА. Мечтать не вредно, но бесполезно. Малика дага мосузза йог1у бетах мотт а хьокхуш 1е хьо.
ХУНКАР-ПАША. Ас Бетаре йохуьйтур ю-кх хьо кхин 1ад ца 1ахь.
КАМЕТА (туй кхуссу). Тало хилла лахьара ша-м.
МАЛИКА. Д1аг1ой вай. Таханлера дено корта хьовзийна-кх сан, д1аг1ой вай сихха тховса дов дахьаш кхин цхьаъ вале кху чу.

Массо а араволу, Бетарна а луьйш.

Чаккхе хир ю.

Вайнах, №3, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх