Магомадова Бана. Марнана.

Комеди

Чаккхе. Юьхь еша 3-чу номерехь.

2 сурт

Хункар-Пашин х1усам. Лоха дина деха ц1енош. Шуьйра ц1ена уьйт1е. Жимчу г1ентахь хиъна 1а Тумишин марнана Жанета, керахь тоьгуш коч а йолуш. Д1анехьа х1умнаш юьттуш гуш ю Тумиша.
Гуш ду цуьнан дилхина б1аьргаш.

ЖАНЕТА. Зулпаан несо шолг1а к1ант вина-кх. Нехан-м ирс хуьлу, сан ирс дайна-кх цхьанхьа, к1ентан к1ант гур волчух тера дац. Зуда хийцича доьзалхо а хийцало олуш ма дара.

Тумиша йист ца хуьлу. Мехара тай, озадой, хададо Жанетас.

Да ват1а хьан а, ма хеди хьо а…

П1елгах маха а 1отталой, мохь болу.

Вай-вай-вай, сан лазийна п1елг (лестабо). Сан эт1а дог Дела ву-кх гуш. Х1ан, х1ара тай юха таса деза (тай тосу). Иштта хуьлу нене а ца хоттуш зуда ялийча, я к1ант а вац, я нус а яц. Сайга хаьттинехь аса хьо яла а йойтур яцара. Со реза йолуш зуда яц хьо. Нана реза йоцуш динарг иштта доьрзу. Т1аьхье еза сан к1антана (несе хьожу). Йист а хир яц, шена луъург бен дийр а дац.
ТУМИША. Мама, х1ун де боху ахьа соьга? Хьуна дуьхьал а ца лоь со, ахьа боххург а до аса, лулахошка а ца йоьду-кх со, хьо реза ца хуьлун дела. Х1окху кертахь мел долу г1уллакх деш ю со: ков-керт, бераш, юург, юьттург, бежнаш, котам. Т1аккха а реза яц хьо. Сайна хилча к1ант ца везаш ма яц со а, Дала лахь хир ву-кх к1ант а.
ЖАНЕТА (карара коч охьа а тосий, куьйгаш гош т1е г1ортадо). Хьан къамел ма дахдели. Мотт луьйр болуш-м хилла хьо. Кхин цхьа вон сиз гучудели-кх хьан. Моз ца доккху моза, и хьайн бага суна схьа ма екаелахь, аса могуьйтур дац хьуна. Хьуо реза яцахь д1аг1о, хьо сецош цхьа а вац, аса сайн к1антана зуда ялор ю.
ТУМИША (елхаран къурдаш до). Со муха г1ур ю д1а, бераш ма ду сан. Ахьа соьга уьш, со денц1а йоьдуш дига а ца дуьгуьйту. Цу т1е со ц1а яхаза дукха хан ю, ахьа ца магош.
ЖАНЕТА. Долчул а хаза ду и. Хьо ц1аяхча бежнаш хьан лелор ду? Со могуш а яц, почкаш ду сан лозуш, аьлчи а, дог лозуш яй со-м. И ду-кх хьан соьх къахетар. Хьуо йодахь юха а ца ян г1о, х1ара ловзарш соьца д1аг1ур дац.
ТУМИША (юьтту х1умнаш саца а ца еш б1аьргара хиш д1адоху). Вай Делора хаац суна-м, х1ун дан деза. Боккхачу балехь ю-кх со х1окху кертахь. Хьан к1ант а ву акхаваьлла лелаш, хьо ю даима реза йоцуш, тхойшинна барт хиларна кхоьруш (б1агор а хьевзий ша йолччохь охьалахло).
ЖАНЕТА. Х1ан, х1инца моттарг1анаш лелон х1оьтти, яла йоллу мотуьйтург бакъ дац, и хьайн бага хьайгахь юьтур ю ахьа. Хезна суна, сан к1ант Малика езаш ву бохуш. Нийса ву. Со реза ю Маликина. Дала мукъалахь, цо ялор ю иза. Цо тхуна к1ант вийр ву.

Тумиша ша юьттуш йолу х1умнаш охьа а тосий, елха а йоьлхуш, чу къайла йолу. Ела а къежаш цунна т1аьхьахьоьжуш 1а Жанета.

Сан к1ант а кхобур ву цо. Малика балхахь а ю, некъахь а ю, хьо санна чохь йижина 1уьллуш яц сан к1анта чудеънарг а дууш.

Мохь бетташ къамел до, Тумишина д1ахазийта. Важа гуш а яц. Д1а а тоьй, ойланаш еш 1а. Керта вог1у Хункар-Паша.

ХУНКАР-ПАША. Суьйре дика хуьлда, сан нана. Хьо ма ойланашка яхана 1а. Дуьне духур ду-м ца боху цхьаммо?
ЖАНЕТА. Вай, со яла хьан дела1, сан к1ант (елха йоллуш санна юьхь озайо). Хьайн ненехь долу хьал ца хаьа-кх хьуна.
ХУНКАР-ПАША. Х1ун хилла? Духур ду боху дуьне?
ЖАНЕТА. Хьан нанна-м доьхна х1ара дуьне, и хьан зуда х1окху керта хьевзичхьана. Цо соьга йиттина бага! Ма бага йитти цо соьга. Дерриг г1уллакх ша деш ю боху, со х1умма а деш яц эли. Хьо сан к1ант велахь и хьайн зуда сацор ю-кх ахь, хьайн нене а ца лоьйтуш. Нана цхьаъ бен яц, зударий шортта бу.
ХУНКАР-ПАША. Х1инццалц йист хилла ма яцара хьоьга иза. Тахана х1ун хилла? (Охьахуу).
ЖАНЕТА. Хаац, тахана х1ара стенна майра яьлла.
ХУНКАР-ПАША. Мать, дитийша и пайда боцу х1умнаш, кега а ца деш. Ма хьийзавехьа со цу юккъе, тахана къаьсстина дог дог1уш вац со и зударийн девнаш къесто.
ЖАНЕТА. Ахь ца къастийча хьан къастор ду уьш? Вистхила. Хезий хьуна?! Хьайн майра ц1авеъча къайла ма ели хьо, кхалла х1ума ло х1окхунна.
ХУНКАР-ПАША (ойланашка вахана 1а). Дика хир ду кхалла х1ума елча. Дера хир ду… дера хир ду.
ЖАНЕТА. Ахь х1ун до, сан к1ант? Хьо ма ч1ог1а ойланашка вахана ву. Дийцахь хьайн нене. Соьга ца дийцина хьаьнга дийца волу хьо? (Тумишега). Схьайола, яа х1ума ло х1окхунна. Хьо ма доьхьал яьлла тахана, шайт1а дуьйли-кх хьуна чу. Яла цу чуьра ара!
ХУНКАР-ПАША. Ма хьекхахь мохь, корта лозуш ву со тахана. Хьайна а ницкъ бо ахьа, сан лергаш а къардо ахьа.
ЖАНЕТА. Ала ахь нене иштта! Хьаха ца човхайо ахьа и хьайн зуда-м.

Чайник а яхьаш т1ейог1у Тумиша. Дилхина б1аьргаш, ц1ийелла юьхь. Хункар-Паша реза воцуш хьоьжу Тумишега.

ХУНКАР-ПАША. Сан нана, са тедехьа хьайн, собар дехьа. (Тумишега). Хьо х1унда яханера туькана? (Тумиша йист а ца хуьлуш чай дуттуш ю).
ЖАНЕТА. Туькана? Цо х1умма а эцна еана-м яц. Х1ун ду иза? Х1ун боху ахьа цуьнга?
ХУНКАР-ПАША. Кхин ма г1олахь. Х1инца кхин дуьйцур дац вай (хьалаг1отту). Ца еза суна яа х1ума а.
ЖАНЕТА (Тумишега). Хьо лелла-м ца ели! Меца вити-кх ахьа иза. Даима ю-кх хьо иштта.
ТУМИША. Аша х1ун де боху соьга? Аша ма хьийзайо со. Са кхачийна-кх сан.
ХУНКАР-ПАША. Д1асацаел х1инца г1овг1а! К1ордийна шун т1ом а. Цхьанни а бала бац сан проблемашца (чувоьду).
ЖАНЕТА. Х1ун ду хилларг? (К1антана т1аьхьа йоьду). Хьан нанас хьуна г1о-м дийр ду мичча т1ехь а, дийцал ахьа соьга.

Тумиша, чайник а керахь, царна т1аьхьа хьоьжуш лаьтта.

ТУМИША (марненах кхаьрдаш). «Хьан нанас хьуна г1о-м дийр ду мичча а т1ехь а». Питана тосур ду-кх ахьа тхойшинна юккъе.

Ц1еххьана арахь кхойкху.

АЗ. Тумиша! Чохь юй хьо?

Тумиша, кхералой, егайо, шен куьг дагийна чайник охьаюьллу.
Лулахо Зайнап йог1у керта.

ЗАЙНАП. Тумиша! Хьо ма лаьтта, 1адийча санна. Сох-м ца кхераели хьо? Иштта ирча ю со? (Схьат1ейог1у).
ТУМИША. Д1аялахьа (куьг ластадо). Суо сайга луьйш лаьтташ яра со, хьо ц1еххьана йистхилча, марнанна хези моьттуш, кхераели-кх.
ЗАЙНАП. Ч1ог1а а кхоьру хьо марненах. Жимма йистхуьлуш хилал хьо, Тумиша. ТУМИША. Хьо соьга йистхуьлуш гича-м хир яц иза суна реза.
ЗАЙНАП. Суна хууш ду иза-м. Иза а бохуш 1ийча девр дуй вай, д1аса а ца доьлхуш? Хьан марнана-м хала стаг яра. Сан марнана иштта яц.
ТУМИША (куьйгаш ластадо). Къамел меллаша дехьа, д1ахезар ду.
ЗАЙНАП. Чохь ю иза?
ТУМИША. Хункар-Паша а, иза а цхьаьна чохь ду. Къайлаха чучча дахана цхьаъ дуьйцуш ду и шиъ, суна а ца хозуьйтуш.
ЗАЙНАП. Х1ун дуьйцуш ду-те?
ТУМИША. Хаац. Со чуяхча цу шинна къамел д1асецира, суо новкъа юй а хиъна, со араелира. Цхьа ахча дуьйцуш дара и шиъ, сан марнана яра ша миччара а даьккхина цунна г1о дийр ду бохуш.
ЗАЙНАП. Со гинехь, хьо чохь яц аьлла, д1ахьажора яра Жанетас. Сан марнанна дика евза хьан марнана. Шен марнанна дика нус хилла яц, схьадийцарехь, хьан марнана. Аьлларг а ца деш, дуьхьал а луьйш ю бохура Жанета шен марнанна. Жанетех озало бахара цуьнан марнана, хьан марда-м багахь мотт боцуш ву бахара. Жанетас багара мотт схьабаьккхина хилла хир бу цуьнан (Тумишин белш т1е куьг тухуш, елало. Важа г1ийла къежа).
ЗАЙНАП. Д1аяла, хила мегар дац хьо санна багахь мотт боцуш. Дуьхьал лета ца оьшу, амма хьайн позици жимма а къовсуш хила-м еза. Вай, сан марнана дика адам ду, тхойшинна дов далахь а соьгахьа узуш йистхуьлу сан марнана. Цундела суна и дукхаеза, цо шен корта лазабаьлла аьлча а саготта хуьлу-кх со, цунна х1ун там бийр бара-те бохуш, д1асахьийзаш.
ТУМИША. Сайниг тхойшинна барт хиларна кхоьруш хуьлу, даима питана туьйсу.
ЗАЙНАП. И хьан марда цу Жанетас дог эт1ийна вийна хир ву олу сан марнанас.

Тумиша йист ца хуьлуш пхьег1аш д1аерзош ю стол т1ера. Дехьачуьра арадолу Хункар-Паший, Жанетий. Хункар-Паша сиха кех волу. Жанета, Зайнап а гой, х1окханна т1ейолало. Тумишин б1аьргаш майрачунна т1аьхьа хьоьжу.

ТУМИША. Делахь а, чуйог1уш хилахьа, чувоьллина стаг санна х1окху чохь йоллуш ю-кх со.
ЗАЙНАП. Дика ду. (Жанете). Де дика дойла хьан. Со-м Тумиша х1ун деш ю-те аьлла, са а гатделла чохь, схьанехьа яьллера. (Жанета охьахуу х1окху шинне юххе).
ЖАНЕТА. Чохь дан г1уллакх а долуш са муха гатдо. Дикачу зудчун г1уллакхаш цкъа а чекх а ца довлу.
ЗАЙНАП (д1аяха д1айолало). Г1уллакхаш-м дан деза, амма уьш кхачийна хан йог1ур яц цкъа. Сан марнанас олу: «Г1уллакх а дан деза, амма шен дег1е садо1уьйтуш хила еза зуда. Жима волчохь ца лардина дег1, къанвелча бале дер ду», – олий.
ЖАНЕТА. Хьан марнана-м даима а яра и хабарш долуш. Шен дег1ана хало йийр йолуш яц.
ЗАЙНАП. Шен г1уллакх дан хууш ю иза-м, цкъа а ша кхоийна х1умма а суна т1е тосур долуш яц. Тхойшиъ бертахь 1аш ю. Х1ан, со йоьду, 1одика йойла.
ЖАНЕТА. Нах а бац кхин вовшахлеташ 1аш. Марнанна там берриг несо лелийчхьана барт а хир бу. Иштта несарий х1инца бан-м бац, я суна гина а бац цхьанхьа а.

Зайнап сихха д1айоьду.

3 сурт

Маликин туька. Ши а зуда туькана чохь ю, цхьацца г1уллакхаш деш хьийза.

КАМЕТА. Нускалан настроени муха ю? Башха самукъдаьлла ма ца хета суна.
МАЛИКА (куьг ластадо, хьала а нислуш). Дог парг1ат дац-кх сан, х1ун ду а ца хаьа. Нийса диний-те аса и ахча цу юккъе диллина? Хаза а ма дац.
КАМЕТА. Шек д1а ма ялахь, бакъ дира ахьа иза иштта. Кхин меттахваккхалур волуш а вацара Якъуб, иштта д1а ца теттинехь. Не мытьем, так катаньем, олуш ду-кх оьрсийн.
МАЛИКА. И миска Хункар-Паша а ву цу юккъе хьакхийна, со цкъа а цуьнга г1ур йоций хуъушехьа.
КАМЕТА. Вистина вала ша. Вацара-хьаха иза-м миска, цхьа доккха толла ж1аьла ду-кх. Миска велахь-м, хьаха вара, шен доьзалан дола а деш, шен чохь 1ийр, хьакха, сан нерваш трепать а ца еш. Цхьаъ баьлла а пайда бала ца мега 1ункар-Пашех а, Тоитас цуьнах ма аллара.
МАЛИКА (дог ца дог1уш елало). 1овдал ю алахь а, дош меттара олуш ю Тоита-м, вайшинне дага ца дог1учу аг1ор. (Ойла еш соцу). Вог1ур вуй-техьа Якъуб? Оьг1аз-м ца вахана-те и суна? Са меттахь дац сан.
КАМЕТА. Ма эхь дацара цуьнах оьг1азвахча а. Шена хьо езаш елахь, ахча а дахьаш вог1ур ву. Ца дахьахь… ца дахьахь (бехке яхана Малике хьожу, б1аьргаш а идош).
Проверка хир ю-кх цунна. Хункар-Паша а хир ву дог доьхна, дог а диллина д1авижина, «Ахча нету – нускал нету», – аьлла.
МАЛИКА. Миллиард деъчи а ца оьшура суна Хункар-Паша-м. Якъуба х1ун дийр ду ца хаьа-кх… Цо ахча ца дахьахь а г1ур ю со Якъубе, цо йигахь. Цуьнга-м эр дац аса иштта д1а.
КАМЕТА. Са ма гатдехьа. «Все будет хорошо. Я это знаю, знаю», – Сердючкас ма-аллара (доккха садоккху). Г1алахь квартира а ма юй Якъубан. Шуьшиъ г1ала д1аг1ур ду, я х1окху юьртахь 1ийр ду? Цуьнан нана а, йижарий ма буй кхузахь 1аш. Цаьрца ларор юй хьо?
МАЛИКА. Якъубана юххехь хилчхьана, суна башха а дац, мичхьа а 1ийча а. Цаьрца бертахь хила-м хуур дара суна.
КАМЕТА. И а нийса ду, г1ала д1айодахь кхуза схьаэха деза хьан цигара дуьйна.
МАЛИКА. Схьа-м оьхур яра со. И-м проблема яцара. Х1окхунах х1ун хуьлу ца хаьа.
КАМЕТА. Са ма гатдехьа. Дика д1анислур ду-кх. (Йиш локху). А свадьба пела и плясала…
МАЛИКА. Ц1а а яхана, сайн цхьацца т1еюху х1ума схьа а оьцуш, сайна прическа а яйтина со схьайог1у. Хьо а хьайна лаахь, ц1а а г1ой, схьайолахь, са а да1ий.
КАМЕТА. Х1ан-х1а, дог ца дог1у д1аса лела. Кхуза чохь соцур ю со, хьо г1ой йола.
МАЛИКА. Дика ду, со яхана йог1у (арайолу).

4 сурт

Маликин туька. Чохь ю Маликий, Каметий. Цхьацца деш йоллу ший а.

МАЛИКА. Суьйре-м т1екхочуш ма ю. Ма сагатло сан, дог цхьана меттехь дац-кх, прическа муха ю сан?
КАМЕТА. Шек ма ялахь, х1инца схьакхочур ву хьан хьоме Якъуб а, хьо арайолург миллион а дахьаш. Прическа а хаза ю.
МАЛИКА. Цхьа ц1еххьана дагатессина элира аса забаренна и ахча, х1инца дохко-м яьлла. Якъубана х1ун моьтту а ца хаьа.
КАМЕТА. Ткъа 1ункар-Паша мича хьо ахьа?
МАЛИКА. И-м дага а ца веанера суна. Гучу а вер вацара иза-м, цхьа дика. И хьеха а ма вехьа, дог ца дог1у сан и вийца а, эрна хан йойуш.
КАМЕТА. Пекъар 1ункар-Паша я1. При своих интересах висси-кх.

Не1 йоьллий, г1овг1а йолу. Ши зуда не1арехьа йоьрзу. Чувог1у г1еметта х1оьттина лекхачу дег1ах, нохчийн духар дуьйхина къонаха. Цунна т1аьхьа схьагучуволу Хункар-Паша, къежина озаеллачохь юьхь а сецна.

МАЛИКА (цецйолий). Аллах1, Дела!
КАМЕТА (тамаша беш). Хьо ма да адаме! Картина называется «Не ждали».
ХУНКАР-ПАШИН НАКЪОСТ. Чудахка мегий? Ва дика мел дерш х1окху чу! Иман а, беркат а лаьттийла шуьгахь! Тхо схьадаьхки-кх.
МАЛИКА. Марша дог1ийла! (Ша лаьттачохь пенах д1алета).
КАМЕТА. Хункар-Паша, хьан ма торжественный вид ю, там бара ахьа тхо цецдаха.
ХУНКАР-ПАША. Вог1у-уш схьакхечи. Малика яр-кх со варе хьоьжуш. Хьо-м даима а яра цецяьлла.
КАМЕТА. Г1ан гина хир ду хьуна Маликех лаьцна.
ХУНКАР-ПАША. Г1ан гичи а, со г1ан нислуш ву, шек д1а ма яла хьо.
КАМЕТА. Г1енах ца гуш, ж1аьло ца юуш х1ума яц. Раз на раз не приходится, Хункар-Паша.
ХУНКАР-ПАША. Къамел дукха дахдели хьан. Д1асацалахь х1инца, дукха а ца луьш. Х1ара соьцарниг сан шича ву – соьца накъост хилла веана ву х1ара. Леча ю х1окхуьнан ц1е.
МАЛИКА. Шича а дика ву хилча. (Лечига). Могуш 1ай шу? Марша вог1ийла эр ду хьешига. Хьуна оьшург эца х1окху туькана чохь елахь, ала хьайна х1ун оьшу. Хункар-Паша, лаа лелий шу?
ЛЕЧА. Дела реза хуьлда. (Вистхила тохавелла Хункар-Паша д1асацаво). Гой хьуна, Малика, вай кхетамчохь а долуш адамаш ду, х1ун дуьйцу а, х1ун леладо а хууш. Т1аккха ваьша аьллачунна а, лелочунна цхьа барам хила беза, дала жоп хила деза. Тахана суьйранна барх1 даьлча ахьа схьакхета аьлла, бохура Хункар-Пашас. Х1окхо дуьйцучух со теша. Х1ара цхьа п1елг санна кхин ваша воцуш, ша цхьаъ вара аьлла атта хета ца оьшу. Х1ара нах боцуш вац х1окхуьнга ладог1а а, оьшучохь г1о дан а, цхьаьнге а сийсаз войтур волуш а вац, х1унда аьлча, х1ара ца лоручо тхо а ца лору, и оха могуьйтур дац.
МАЛИКА (йоьхна). Хункар-Паша ца лара соьгара даьлла х1умма а дац. (Камета ладоьг1уш лаьтта).
ЛЕЧА. И ахьа аьллачу дешнаша: «Хункар-Паша, лаа лелий шу?» – аьлла, г1еххьа вагий со. Суна хьо оццул сонта ца хетта тхоьца ца оьшу забарш ян. Хьуна хууш ма ду, тхо х1унда даьхкина.
МАЛИКА. Со ца оьшу забарш цхьаьнце а еш яц, я сайца йойтур йолуш а яц. Дийцал шаьш дахкаран бахьана.
ЛЕЧА. Ахьа барх1 даьлча схьадуьйла а аьлла, кхуза кхаьчча тхо. Хьо миллион а дахьаш веанчуьнга г1ур ю аьлла, бахара.
МАЛИКА. И забарш-м йина аса. Цхьа Хункар-Пашица йина ца 1а, Якъуб бохуш кхин цхьа накъост а ву схьаван везаш. Х1окху шинге а аьлларг цхьаъ ду: миллион а дахьаш со йига веанчуьнга г1ур ю, аьлла. Цу т1е, шиммо а дахьахь – аса сайна луъург х1окху шиннех къастор ву. Иштта барт бу-кх тхан хилларг. Цу къамелан теш х1ара Камета а ю и Хункар-Паша а ву. Амма йинарш забарш ю.
КАМЕТА. И ц1ена бакъ ду-кх. Суна а хезаш дина къамел ду иза.
МАЛИКА. Якъуб схьаваллаца собар дийр ду вай, кхин къамел дах а ца деш.
ЛЕЧА. Суна а хаьа иза ахьа ма дийццара дуй. Аса бохург кхин ду – тхоьх ца еша кеп ма х1иттае. Шиннах цхьаъ къастон – и бакъо хьан ю. Цу т1ехь х1умма а ца боху. (Хункар-Паша реза воцуш д1асахьаьвза).
КАМЕТА. Хункар-Пашин-м зуда а, бераш а дара, х1ара кхуза схьа х1унда г1ерта-м ца хаьа. Х1ора дийнахь х1окху чохь ву-кх х1ара. Шен ерг тоьар яра х1окхунна, кхин зуда ца ялийча а. Я Тумишас могуьйтур а дац ялийча.
ХУНКАР-ПАША. Х1ей, собардехьа цкъа. Хьо юккъе ца г1уртуш вист хила йиш яц-кх. Ахьа ма хададехьа суна маса зуда тоьар ю, суна сайна хаьа. Саьрмикан корта, хьуо ма-барра!
КАМЕТА (елало). Д1авала, д1асацахь. Шалгу а дахьаш йог1ур ма ю хьан Тумиша. Маликех селхана лата еана а ма яра иза, хьо шегара ма ваккха аьлла. (Малика ела а къежаш лаьтта).
ЛЕЧА. Собардел цкъа. Пайда боцучу т1е ма даккхий вай къамел. Тхо Маликина ницкъ бан даьхкина а дац, харцо йийца даьхкина а дац. Тхо бакъона т1ехь ду. Схьадуьйла а аьлла даьхкина ду тхо а. Иштта дуй иза?
МАЛИКА (корта та1або). Иштта ду.
ЛЕЧА. Х1окхуьнан зуда а ю, бераш а ду, ши йо1. Дац ца боху. Зуда йолучунна зуда ялон дихкина а дац, йиъ ца еза, цхьа Малика хилча а тоьаш ду. Со реза велахь а, вацахь а, аша дийцинчу т1е а тайна, сайн шичина, ваша хилла юххе х1оьттина, схьавеана со, сайга далуш долу г1о дан. Тхайн яхь д1алур йолуш а дац, кхераделла, к1иллой хилла юхадевр долуш а дац. Х1окхуьнан зуда юй хуъушехь йина яй аша-м и ахь юьйцу забарш. Аьллачунна т1ехь саца еза. И забар оха схьоьцу.
КАМЕТА (меллаша). Бегашна т1ера д1адолуш ма лаьтта х1ара-м! (Маликин лерехь). 1ункар-Паша коча ван дагахь ма ву. А вы, друзья, как ни садитесь, но в музыканты не годитесь, алахьа цаьрга.
МАЛИКА (меллаша). Эрна хьоьгуш къа ду. Тидам бин ахь? Ахча хьахош а дац. Цхьадика, ца деана. Ма дохко яьлла со и забарш йина.
ХУНКАР-ПАША. Ткъа забарш хабаршка йирзи. Со 1умхина вина Хункар-Паша ма вац, сайца забарш йойтур-м елахь!
КАМЕТА (меллаша). Ма х1ума дацара хьо ца винехь а. (Малика ела ца яла охьате1а).
ХУНКАР-ПАША. Шуьшиъ х1ун шабарш деш ю цигахь, дукха хан ю-кх шуьшиъ вовше лере оьхуш.
КАМЕТА. Ахьа деана миллион ахча дагардеш ю-кх, амма мелла д1асахьежарх гуш-м дац. Мичахь ду? (Ши куьг д1асатосу).
ХУНКАР-ПАША (куьг ойъу). Сих ма ло, сих ма ло, Камета, собар доцуш ю хьо, даима кхехкаш, т1ехъоьхуш. Сихалла дика яц. Сиха дахана хи х1урдах ца кхетта, олуш хезний хьуна?
КАМЕТА. Ахьа деана ахча схьа ца гича, ахьа дуьйцург-ам ца кхета сан лере. Хункар-Паша. Ближе к делу, аьлла-кх оьрсаша.
ХУНКАР-ПАША. Со-м хьаха вац сайн дош цалардечарех. Леча, кхочушбехьа Малика бохучу дикачу йоь1ан лаам.

Лечас киснара схьа а доккхий Маликина хьалха охьадуьллу ахча.

ЛЕЧА (Каметига). Нийсса миллион ду. Ахьа дагарде хьайна лаахь.

Ши зуда ахчане хьаьжжинчохь юьссу, 1адийча санна д1а а тийна, йистхилар доцуш. Г1еххьа вист ца хуьлуш 1а массо а.

МАЛИКА (хьалхара ахча д1атотту). Д1адаккха! Д1адаккха! Ца оьшу суна хьан ахча (кхералой юхате1а).

Каметас белш т1ера схьалоцу Малика.

КАМЕТА. Х1умма а ма мотталаш, шуна халахетачу аг1ор дац шуна Маликас бохург. Схьаван везаш Якъуб а волун дела, собарде бохург дара х1окхуьнан и.

Цец а ваьлла Малике хьоьжуш лаьттачу шина стага доккха са доккху.

ЛЕЧА. Со-м ца кхеташ хьоьжуш вара Малике. (Белш ирахкхуссу, т1ера бедар нисъеш санна). Собар дийр ду вай, собар дийр ду.

Хункар-Пашас, Лечига а хьоьжуш, реза хилар кепаца корта те1або.

ХУНКАР-ПАША. Д1адаккха ма алахьа, Малика, ма алахьа д1аэцахьа. Х1ара дуьне-м лур дара аса хьуна, х1умма а дукха а ца хеташ. (Озалой, бехкала воьдий Лечига хьожу). Бехк ма биллалахь, Леча, хьуна а хезаш аса иштта къамел дарна.
ЛЕЧА (велакъежа). Х1умма а дац, кхета со-м. Бехке дац йоь1е хаза къамел дарх, вайн дайшкахула схьадог1уш ду и. Йоь1е дан дог1уш а ду хаза, эсала къамелаш.
КАМЕТА. Тхо хаза хабарш а дуьйцуш 1ехон деза, бохург хир ду-кх шу иза. Шуна ма моьтту, 1ехалур долуш а дац тхо. (Жима ши зуда йоьлу дог ца дог1уш).
ЛЕЧА. Йо1 езаш хилчи бен, я хазахеташ хилчи бен цуьнга эсала хабарш дийца дог дог1ур дац.
КАМЕТА. Иза а бакъ ду.

Малика йист а ца хуьлу, ела а къежаш лаьтта. Сих-сиха не1ар т1ехь соьцу цуьнан ши б1аьрг.

МАЛИКА. Хункар-Паша, со ларарна хьуна Дела реза хуьлда. Забаренна аьллехь а, я баккъал аьллехь а аса бохург кхочушдина ахьа. Цу т1ехь суна хьо вуьззина къонаха хетта. Хьо хьайн дешан да хилла. Амма собар дийр ду вай.

Хункар-Пашас цхьаъа-м ала бага г1аттайо, Лечас белш т1е куьг а дуьллий, д1асацаво.

ЛЕЧА. Маликин лаам т1ехь совцур ду вай.

Арахь машен соцуш г1овг1а йолу. Массо а не1арехьа воьрзу. Сих а ца луш чувог1у Якъуб. Лерина хьожу массаьрга, къаьсстина тидам бо Лечин, Хункар-Пашин. Маликин юьхь серлайолу, самукъадолий елакъежа.

ЯКЪУБ. Салам 1алайкум!

Чуьрачу божарша салам схьаоьцу.

Дагадог1у, дагадог1у (велало). Миллион ахча деанчуьнга хьо г1ур ю элира ахьа. Хункар-Паша х1ун деш ву кхузахь, ахча дахьаш-м ца веана иза? Ма хир дара иза.
ХУНКАР-ПАША. Аса лелориг дитахь, айхьа деана ахча охьадиллахь цкъа, схьагайтахьа тхуна. (Хункар-Паша сацаво Лечас).
ЯКЪУБ. Малика, хьо боккъалла а луьйш ма яцара. Ярий хьо?

Маликин юьхь т1ера елар д1адов.

КАМЕТА. Айхьа деана ахча охьадиллал, хьо Малика йига веана велахь.
Хункар-Пашас ахча деана.

Т1е тесина х1ума д1а а йоккхий, схьагойту ахча.
Якъубан ши б1аьрг горг а лой, боккха хуьлу.

ЯКЪУБ. Хункар-Пашас деана и ахча? Миллион ду иза? Дера хир дац-кх. Цуьнан мичахь ду ахча? Фальшиви хир ду и кехаташ.
ХУНКАР-ПАША (чукхоссало). Фальшиви хьо ву-кх, и къамелаш еш волу. Хьайн багана дола де ахьа, галвалахь охьакхетар ву хьо.

Лечас, юхаозавой, сацаво Хункар-Паша. Малика йист ца хуьлуш лаьтта.

КАМЕТА. Ахча а ц1ена ду, Хункар-Пашас шен дош лардар а бакъ ду. Ахьа х1ун олу? Дийцал х1инца хьайн дагара.
ЯКЪУБ (вухий д1асахьаьвза). Аша х1ун до? Баккъал луьйш дара шу? Делора 1ийна со, аша забарш йо бохуш.
МАЛИКА (реза йоцуш). Якъуб, аса дуьйцург дош хетта ца хилла-кх хьуна. Со-м забарш еш яцара. Айса аьллачунна т1ехь соцур йолуш ю-кх со. Ахьа деаний ахча? Со хьожуш яра, суо хьуна мел оьшу.
ЯКЪУБ. Ца деана. Хункар-Паше-м г1ур хир ма яц хьо. Со хьо йига веана ву-кх. Дера ву. Ахча а, бохча а хир ду, хьо д1аеъчхьана.
КАМЕТА. Хьо хьуо х1унда ву? Цхьаъ хилла а накъост х1унда вац хьоьца? И алахь.
ЯКЪУБ. Со суо а ларор волуш ву. Со тоьаш вац? Яло, д1аг1о вайшиъ. Аса сайн ц1ен т1е юьгу-кх хьо тховса. Хьо соьга йог1ур ю аьлла хета суна.
КАМЕТА. Моьттуш висса мегаш ву хьо а.
ХУНКАР-ПАША (чухьоду). Сан докъана т1ехула яьккхиний бен-м юьгур яц, аса санна ахча охьа ца диллахь-м. Бакъ ма дац хьуна моьттург.
ЛЕЧА. Собардел, Хункар-Паша, юхаозал. Цкъа Маликас х1ун олу, иза мича т1ехь соцу хьовсур ду вай. Сатоха.
ХУНКАР-ПАША. Ахьа дехарна собар дийр ду аса, Леча. Бехк ма биллалахь.
КАМЕТА (Якъубе). Забаренна аьллехь а, шен дош лардеш хила веза стаг. Хаац суна-м…
ЯКЪУБ (цецволий). Со Хункар-Пашица х1унда нисвеш ву ахьа, Малика? И соьга ла ца ло. Со ма х1оттавелахь цунна юххе.

Хункар-Паша сецаво Лечас.

МАЛИКА. Собардел цкъа, Камета. Со суо а ю йистхихалур йолуш. Забаренна делахь а, дацахь а, аса т1едиллинарг кхочушдан дезаш вара хьо, хьайна со езаш хилча.
ЯКЪУБ. Хьо еза а езаш юьгуш ву-кх со тховса. Кхин х1ун оьшу? Хункар-Пашига ца яхийта юьгур ю-кх аса хьо.
ХУНКАР-ПАША. Со 1умхина вина Хункар-Паша ма вац, и еса къамелаш ахьа Маликица йийр-м елахь.
ЯКЪУБ. Делахь де, къонаха, собар, хьуо вайтина 1умха вуьйцуш чу а ца г1ерташ. Ахьа х1ун до?
ЛЕЧА. Якъуб ярий хьан ц1е? 1умха-м хьаъа дика ц1е яккха йиш йолуш къонаха стаг вара. И цхьаъ ду. Шолг1а делахь, ахьа хьайга Маликас дуьйцучуьнга ладог1а. Цу йо1а къастор бу хьан мах, тхоьга а ца кхочуьйтуш.
ЯКЪУБ. И соьга йог1уш ю-кх тховса. Кхин х1умма дуй шу ала? Со къастийна Маликас.
МАЛИКА. Аса сайн къамел чекхдоккхур ду. Деха дуьйцур дац.
ЯКЪУБ. Деха дийца оьшуш а дац. Со воцург хьан кхин выбор а яц.
МАЛИКА. Соьга дикка ладог1алаш массара а. Якъуб, аса забар йинехь а, ца йинехь а, аса хьайна т1едиллинарг ахьа кхочушдан дезаш дара. Хункар-Пашас шен дош лардеш, ахьа хьайн дош лар ца ди. Суна хьо къонаха ца хета. Со-м ю сайн дош лардийр долуш, хьо санна харц а йоцуш.
ЯКЪУБ (куьйгаш схьакховдадо). Вай со вала велла, и х1ун ду ахьа дуьйцург, и къамел х1унда до ахьа соьга? Со мила ву хаьий хьуна? Соьга милла а йог1ур ю. Йола соьга тховса, и цаоьшу хабарш а ца дуьйцуш, тоьа хьуна. Аса деха дехарш дийр дац хьоьга.
МАЛИКА. Якъубана а, Хункар-Пашина а юккъе аса Хункар-Паша къаставо. Хьо реза вуй, Хункар-Паша?
ХУНКАР-ПАША (дукха цецволий шен лаг 1овда г1ерташ санна шен кучан кач схьалоцу). Малика… Малика… Со вала хьан дела1! Реза ву дера, реза ву, реза ву! Дела реза хуьлда хьуна, со къасторна! Аса дохко йолуьйтур яц хьо…
КАМЕТА. Иштта дуьйцура аша-м дуьххьара.
ХУНКАР-ПАША (Камете). Д1асаца, д1асаца, б1аьрг хилийта а эхь доцуш ю хьо.
(Д1асахьаьвза). Леча, дукхавахарг, варийлахь, хьовзалахь х1инца. Хьайн нус сихха д1аараяккхалахь.
ЯКЪУБ. Х1ей, х1ей! Собар, собар! Аша х1ун до? Соьга хоттуш х1умма а ма дац шу.
ХУНКАР-ПАША. Хьоьга х1ун хатта деза? Хьо йоь1ан да-м вац, давай до свиданья! Хьоьга хоттург чекхдели. Хьан погонаш д1аехи.
ЯКЪУБ. Делор юьгур яц-кх… аша-м иза!
ЛЕЧА. Новкъарло ца яр доьху хьоьга. Йо1а ша бина къастам бу. Хьан юккъе г1ерта бакъо яц. Малика, ахьа бина къастам чекхбаьлла белахь, кхин деха къамелаш а ца деш, вай д1адоьлху.

Малика 1адийча санна лаьтта.

ЯКЪУБ. Малика, хьо хьер-м ца яьлла, Хункар-Паше муха йоьду хьо?
ХУНКАР-ПАША (т1евоьрзу). Х1ей, накъост, хьайн багана дола де, ца дахь аса долара воккхур ву хьо хьайн багана а. Аса г1езана санна лаг лоцур ду-кх хьан.
ЯКЪУБ (Хункар-Пашина т1ехахкало). Делора ву аса хьо…
ЛЕЧА (юккъе х1утту). Сацал! Ахьа тхоьца забарш йийр яц. Хьайна тарделларг охьадиллалахь.
КАМЕТА. Вай, д1адерзадейша х1ара г1уллакх! (Кхералой д1асахьийза). Малика, араваккхахь и Хункар-Паша.
ЯКЪУБ. Шу санна йолчу х1умнашка сайца забарш яйтина вац со а, сан ворхх1е да а.
ХУНКАР-ПАША. Хьо хьуо араволу, я вынос тела йо хьуна? Тхо-м дац хьоьца забарш еш. (Ц1еххьана т1е а кхетий Якъубан лаг лоцу, такхош не1аре а ийзош.) Хьо ю-кх х1уьмалг!
КАМЕТА (мохь хьокху). Сацаве и шиъ!

Якъуб керара вала г1ерта. Лечас сихха т1ехьодий Хункар-Пашин керара халла воккху Якъуб. Шен доь1у са нисдан г1ерта важа, лагах ка а хьоькхуш. Йист а ца хуьлуш цаьрга хьоьжуш лаьтта Малика.

КАМЕТА (Малике). Стенна лаьтта, хьо йист а ца хуьлуш? Д1асакъастабе уьш!
МАЛИКА. Борзий, газий муьлхарниг ю хьоьжуш лаьтта со. Къастийта.

Камета цец а йолий хьожу Малике.

ЛЕЧА. Якъуб, йо1а шен къастам бина – иза Хункар-Паше йог1уш. Ахьа тхоьца х1умма а ма дийца, тховса х1етта а. Дан дезаш хилахь, вай кхечахь дийр ду хьоьца къамел, айхьа деш долу къамел лардича бакъахь хир ду.

Б1аьргаш а къарзийна, оьг1азе юьхь а йина, дегон куьйгаш лоьцуш, хьоьжу кхаьрга Якъуб.

ЯКЪУБ. Малика, т1аьххьара хьоьга ладог1а лаьа-кх суна. Х1ун олу ахьа? Хьо соьга йог1ий? Аса юьгу хьо. Я со д1авоьду.

Хункар-Паша т1ег1урту Якъубана, Лечас схьа а лоций сацаво.

МАЛИКА. Цхьа х1ума т1ех1оьттичи бен вевзар ца хилла стаг. Суна хьо ма-варра вевзи. Суна кхерамаш ма тиссахь, хьуо д1авоьду бохуш. Д1аваха мегар ду хьуна, некъ шуьйра бу.

Реза воцуш Малике а хьожий сихонца араволу Якъуб.

МАЛИКА. Со кийча ю.
КАМЕТА. Ойла е айхьа лелочунна!
ЛЕЧА. Малика, хьо реза йолучу т1ехь совцур ду вай. Хьуна ца лаахь, оха хьо парг1ат йоккху ахьа деллачу дашах. Хьуна г1ело ян луур дац тхуна.
ХУНКАР-ПАША (ша волчохь хьовзу). Делхьа, Леча, со Маликех ца волучу аг1ор дехьа къамел, доьху хьоьга. Соьгахьа а озахь жимма, гергара а ма вара вайшиъ.

Камета йист ца хуьлуш лаьтта, Малика ойла еш соцу.

МАЛИКА. Х1ан-х1а, аса делла дош дара, аса и кхочуш а дийр ду. Со реза ю, сайн дош лардийр ду аса.
КАМЕТА. Малика, дика ойла елахь.

Боккхучу сингаттамца хьоьжу Хункар-Паша Малике.

МАЛИКА. Аса ойла йина. Со реза ю.
ХУНКАР-ПАША. Моз даа хьан бето. Доккхачу ирсе кхачий-кх ахьа со, Малика. Сан сирла седа, сан хьоме зезаг, сан… (Цец а ваьлла шега хьоьжуш Леча а гой, цунах кхин д1а къамел дан ца х1уттуш д1асоцу).
ЛЕЧА. Малика, дела реза хуьлда хьуна тхан сий дарна, хьо оьзда дика йо1 ю. Аса дозалла а до хьо тхан ц1ен т1е йог1уш. Делахь х1ета, хьо реза елахь, вай цхьани д1адоьлху. Тахана, тховса дуьйна оха тхан нус лоруш ю-кх хьо. Дала декъалйойла хьо. Марша а йог1ийла тхан х1усаме. Вайга арахь хьоьжуш машен ю, арадовлу вай.

Массо а араволу. Шолг1ачу дийнахь юьртахь даьржа Малика Хункар-Паше яхана бохуш.

5 сурт

Ши к1ира даьлла. Хункар-Пашин керт. Раг1у к1елахь х1оттийначу диван т1ехь хиъна 1а Жанета, нуй хьоькхучу Тумишега а хьоьжуш. Гуш ду Тумишина дилхина б1аьргаш. Цунах ца ешаш елакъежа Жанета.

ЖАНЕТА. Сан к1ант-м хьаха хилла де долуш. Со суо а цецяьлла цунах. Дика ялийна шена кхин зуда, к1ентий бийр бу х1инца цунна керла ялийначо, хьуна йо1арий бен бан а ца хаьа. Бухарниг зуда ца хилча ялош ю и зуда, суна хаьара х1ара х1окху т1е дог1ур дуй. Жалам я1! Дала жоп дели сан до1ана (ша йолчохь нислуш хьакхало). Хьуо реза яцахь д1аяха мегар ду хьуна, хьо сецош а, хьо оьшуш а цхьа а вац кхузахь. Ткъа 1ен лаахь… 1е хьо, бераш а ду лелон дезаш, бежнаш а, г1уллакхаш а ду. Малика ешар яц кхо даккха, иза шен балхахь, некъахь а йолуш ларош ю. Иза цигахь дика ю, цо цу аг1ор кхобур ву сан к1ант, к1ентий а бийр бу тхуна. Эх1! Ма дика д1анисдели. Стенна хьоьжу хьо к1елдашхула? Хьайн г1уллакх де ахьа, домработницана метта д1а1адйуьтур ю-кх хьо а. Суьйре хуьлуш ю вайна. Сан хьоме нус а ю балхара чуян езаш, кхалла х1ума кийча хилийталахь, важа шиъ чудог1уш.

Тумиша, б1аьрхиш д1а а дохуш, шен г1уллакх деш йоллу. Ков тухуш г1овг1а йолу. Жанета д1ахьожу. Керта вог1у Хункар-Паша.

Хьо ву иза, сан к1ант. Хьо-м хьалхе ц1а ма веа, хьан 1едал ма дацара араваьлча сиха чувог1уш, х1инца жима нускал далийча ц1а ван а дог дог1у. Кхета со, кхета. Бехк а бацара хьалха ц1а ван дог ца дарах (Тумишега хьожу). Х1унда лаьтта хьо, йог1а а елла, юьхь-куьг дила хи кечде х1окхунна, массо х1ума дайта дезаш ду-кх хьоьга, цхьа х1ума дан лууш яц-кх хьо, нуьцкъаш ца дайтича. Со лела-м ца еза хьуна хьалхара? Хьуна ца хаьа-кх, сан к1ант, со мел хала йоллу оцу зудчуьнца, цо сан эт1ош долу дог.
ХУНКАР-ПАША. И шайн разборкаш шаьш йийр ю аша, шу дийца дог ца дог1у сан, со Маликина дуьхьал ваха везаш ву.
ЖАНЕТА. Х1аъ, х1аъ, бакълоь, дика ду. Жимчу нускална доьхьал ваха веза. Х1ума кхоллуш ца 1а хьо?
ХУНКАР-ПАША. Малика ц1аеъчхьана.
ЖАНЕТА. Х1аъ. Меги. Хьайн юьхь-куьг а дилий, ц1ена бедар а юхий г1о. Ито хьаькхний ахьа х1окхуьнан кучана? Цкъа а хьокхур яц шен хенахь.
ТУМИША. Хьаькхна аса.
ЖАНЕТА. Схьало т1аккха! Сиха лела! Ала дезаш ду-кх хьоьга массо х1ума а.
ТУМИША. Чохь ю-кх коч, арахь т1еюхуш ма вац иза. Со юьхь-куьг дила хи кечдеш яра.
ЖАНЕТА (к1антехьа йоьрзу). Хьуна гуш юй, цо екош йолу бага? Иштта ю-кх даима а. Ахьа саца ца йо иза.
ХУНКАР-ПАША. Къор1анор, ю аса хьан и бат йохор, ахьа иза кхин схьаекаяхь. Шаръели хьо.
ЖАНЕТА. Ша реза яцахь аса д1аяха мегар ду аьлла-кх цуьнга.
ХУНКАР-ПАША. Бакъ аьлла, хама а, пусар а деш цхьа а вац. Со юьхь-куьг дила воллу, сан коч схьаараял.

Жанета разйолий хьоьжу к1анте.

ТУМИША. Иштта х1унда олу аша соьга? Х1окху керта еъчхьана букъ хьаланисбелла бац-кх сан, массо х1ума суна т1ехь ду. Аса-м х1умма а ца боху, дог а ца эт1ош 1адйитийша со, суна берех йоха а ца лаьара, сан т1еяха нана а яц бухахь, сан ден зудчунна со а, сан бераш а ца оьшу. Я сайн дена т1е аша со йохуьйтуш а яц буьйса яккха.
ЖАНЕТА (куьйгаш вовшахтуху). Хьажахь цо дуьйцург?! Хьо х1унда йоьду ц1а буьйса яккха, хьо марехь хилча? Хьуна хьалхара г1уллакхаш хьан дийр ду? Аса дийр ду-м ца моьтту хьуна? Вай-вай, суна вон хили (ларлу-уш диван т1е охьаюжу).

Тумиша, т1ейодий, мох тоха х1утту, Хункар-Пашас хи дададо.

ТУМИША. Ва-а Дела, хьуна х1ун хили? Меттайолахьа! Мама, мама, схьабеллахьа ши б1аьрг. (Мох бетта. Воьхна лаьтта Хункар-Паша а, хи схьа а кхийдош).
ХУНКАР-ПАША (Тумишега). И мотт озийна схьабаккха безар хьан! Хьажал айхьа динчуьнга! Мама, мама, хи малахь!

Чуйог1у Малика.

МАЛИКА. Шу ма гулделла, х1ун хилла вайна?

Массо а цуьнгахь воьрзу. Жанета ши б1аьрг схьабоьллий Малике а хьожий, юха д1акъовла.

ТУМИША. Мамина вон хилла-кх, х1ун дийр ду а ца хаьа. Лор кхайкха веза.
ХУНКАР-ПАША. Х1окхо шен бага а ца сацош халахетийти-кх цунна. Собарде ахьа… (Тумишина кхераме куьг айадо).
МАЛИКА. Стоп! Стоп! Т1амарш ма лестае, Хункар-Паша, собардел. Хьалха хиллий х1окхунна иштта?
ТУМИША. Халахетарг хилча хуьлу-кх.
ХУНКАР-ПАША. Дог дуткъа долуш стаг ю сан нана, х1окхо аьл-аьлларг дан деза, кхунна хала ца хетийта.
МАЛИКА. Схьалол хи. Луъ-луъургаш хуьлуш ца лела цхьа а. (Жанетийна юьхь т1е туху кружкичуьра хи).
ТУМИША. Ай! Х1инца х1ун хир ду?
ХУНКАР-ПАША. Ишта мега т1аккха?

Жанета, сиха ши баьрг схьа а боьллий, к1егар хуу, кхералой д1аса а хьоьжуш.

ЖАНЕТА (г1ийла аз дой). Вай, Дела, со мичахь ю? (Шен юьхь т1ера чета оьху хи д1адоху, куьйгаш хьоькхуш). Ахьа туьйхи суна хи? (Оьг1азе Тумишига хьоьжу).
Со са а дукъдина ен г1ерташ яр-кх хьо. Делора яц аса хьо иштта юьтур, ахьа и тайпа х1ума кхин дахь! Гина х1ума дуй иза, марнанна хи детташ несо?! Хьо-м даима яра соьца г1оьртина.
ТУМИША. Аса… ца… мама… муха хета хьуна? Вай! Елла яла со дела1!
МАЛИКА. Аса тоьхна хьуна и хи, хьо метта яийта. Иштта тухуш ма хуьлу. Тумиша, тхо чохь доцуш нислахь а х1ара г1уллакх, хи тоха мегар ду хьуна х1окхунна кхин а дукха, ведарца т1едотта, сиха меттаяийта.
ЖАНЕТА. Цо ма детта. Хьо яра, Малика и тоьхнарг. Х1ара 1овдал-м 1адда д1а а х1уттий лаьтта, и хи тоьхна а со метта ца ялош. Хьо цхьанна г1айг1а ю-кх сан могашаллица. Дала ели-кх суна хьо.

Тумиша йоьхна д1асахьоьжу массаьрга а.

МАЛИКА. Х1инца дуьйна тухур ду хьуна. (Къайлаха Тумишега б1аьрг та1або). Х1инца муха хета хьуна? Эшахь кхин а т1е хи тухур ду.

Тумиша цец а яьлла лаьтта.

ЖАНЕТА (сиха хьалаг1отту). Ца оьшу, ца оьшу. Дика хета суна. Дуьло, х1ума кхаллий вай. Хьо ц1а яллалц бохуш 1аш дара тхо.

Массо а охьаховшу. Тумишас стол т1е юург охьаюьллу.

ТУМИША. Схьадуьйла, охьайиллина аса.

Жанета сиха охьахуу, Тумишега хьожу. Тумиша йоцург массо а цхьана стоьла гонах охьахуу.

ЖАНЕТА. Тхоьца ма хаа хьо, д1анехьа хьайнна хаа. Даима ша хуу иза, соьца цхьаьна ца хаархьама.
ТУМИША. Со даима а ма ю суо хууш.
МАЛИКА. Тумиша, схьайола тхоьца цхьаьна охьахаа, цхьаьний яий вай. Хьо х1унда хуу хьуо?
ЖАНЕТА. Х1ан-х1а, иза цкъа а тхоьца охьахууш яц, д1анехьа юур ю цо. Соьца-м хуур яц! Дийнахь сарца яра иза-м юуш 1аш.
МАЛИКА (сиха йоьдий шакъаьстина юург охьаюьллу). Мама, хьо тхоьца хиъна 1аш товш а ма яц, марнана ма ю хьо. Х1инца дуьйна хьайна къаьстина юьллур ю хьуна юург. Цхьа а новкъа а воцуш, парг1ат юур ю ахь. Хьан давлении а ма яц дика, сагатдар дика дац. Хьоьца беш ларам бу-кх оха иза. Реза юй хьо? Аса дош ло, и тидам хьуна бан.
ЖАНЕТА. Х1ан-х1а, шуьца цхьаьна яа лаьа, суна шуьшинце дика ду. Иштта дика хета суна. Аса сайн к1антаца юу даима а.
МАЛИКА. Мегар дац иштта. Сой, Тумиший, Хункар-Паший цхьаьна хевшар ду, ткъа хьо хьуо. Наха а эр ма ду, бер санна шайна юккъе хаийна марнана. Схьайоьл (пхьарс а лоций д1аюьгий, Тумиша хиинче хаайо Жанета, Тумиша хьала а г1аттайой. Тумишин кад сехьа боккху. Юхий шен к1анте а хьожий, охьахуу Жанета). Хункар-Паша, нийса ца лоь со? Суна-м иштта бакъахь хир ду аьлла хета.
ЖАНЕТА. Хьо вист ца хуьлу? Юьстараяла езаш ерг со яц.
ХУНКАР-ПАША. Нийса лоь. Мама, хьуна иштта дика хир ду хьуна, х1окхо бохург де ахьа. Дукха г1овг1анаш ма ейша, лерг къарди-кх аша сан.
ЖАНЕТА (шенна хезаш). Борша йоцу г1аз! Зудчо бохург деш ву х1ара а. (ч1ог1а олу). Мегар яра со-м кхузахь а. Ца йиъчи а дац х1умма а (хьалаг1отту. Юха Хункар-Паше). Тоьхна эккхийта дезара хьан и лерг. Аг1ор ялий со (дехьа чу къайлайолу).

Тумиша кхерабелла ши б1аьрг а бина хьоьжу цаьрга. Маликас озайой охьахаайо Тумиша.

МАЛИКА. Охьахаахьа, зуда, цхьаний яий вай. Вай цхьа доьзал ма ду, вовшех къехка ца оьшу вай. Иман, беркат чухьовзийта деза чохь барт а хилийтина.

Тумиша озалой охьахуу.

Ши йо1 ц1аеъний ишколера? Ца еъна? Суна хезира ахьа хьуо хьайн ден ц1а яхаза дукха хан ю бохуш. Ц1а яха лууш юй хьо? Хьайн ши йо1 а эций г1о хьо де-буьйса даккха. Хьайна луъучу хенахь ц1а а йола. Мама а реза ю хьо яхийта.
ТУМИША. Дукха хан-м ю со ц1а де-буьйса даккха яхаза. Бераш ган лууш да а вара. Ц1ера бежнаш а, г1уллакх а хьан дийр ду, со ц1а яхча? Х1инцехь ца йоьду со.
ЖАНЕТА (чуьра схьа мохь туху). Г1ур яц! Ц1ера г1уллакх хьан дийр ду цунна хьалхара? Аса дийр ду-м ца моьтту цунна? Со а ца лелла ден ц1а оьхуш, сан марнанас ца йохуьйтура. Ц1ент1ехь мел долу г1уллакх суна т1ехь дара. Буьйсанна ца юьжуш а дора аса сайн г1уллакх. Х1инцалераниш х1умма а дан лууш бац. Я ларам а бац цхьаьнге а. Шайт1анаш ду-кх, шайт1анаш.
МАЛИКА. Хьажахь, иштта дуьйцу-кх наха шайна ца хуург. Хьо даима йижина 1уьллуш яра, хьуна хьалхара хьаьдда-едда лелаш хьан марнана хуьлура бохуш дуьйцу наха. Хьо хьайн марненаца къийсалуш йоккха г1овг1а лаьтта бахара шу кертахь. Хьажахь, ма харц лоь нехан меттанаш!

Ши б1аьрг а къаьрзина шега хьоьжу Тумиша ца го Маликина. Хункар-Пашина ша йиънарг сица эккха, ша-шена некха т1е буй бетташ 1а вехха.

ЖАНЕТА (чуьра арайолу). Наха-м ца хуург дуьйцура. Мотт саца и харц лоьчунна! Ялол, Малика, схьаял сан ц1ен кофта, со цкъа цхьана меттиге яхана йог1у.
МАЛИКА. Суна-м ца евза хьан кофта, айхьа схьаэцахьа чу а г1ой, хьуна хьайна дика хуур дара.

Жанета, деш долу къамел а соций, хьоьжу Малике, цец а йолий.
Ша-шега олу: «Х1ара т1ееънарг бухарчул вон ма ю. Дала ларве хьоьх».

ТУМИША. Аса схьаяхьа (Чу а йоьдий кофта схьаяхьа. Т1еюхуш г1о а до. Малика шек а йоцуш х1ума юуш 1а). Г1о хьайна, мама, некъ дика хуьлда хьан.

Йист а ца хуьлуш, реза йоцуш юьхь а йой, кевнехьа йоьду Жанета. Малика шек а йоцуш чай молуш 1а, елакъежарца и шиъ а ларъеш.

ЖАНЕТА. Хезий шуна, Малика, ахьа божалан пен д1ахьаха, Тумиша, ахьа чуьра г1уллакх де со чуяле.
МАЛИКА. Х1ан-х1а, мама, сан йиш яц, со балхахь 1ийна к1адъелла, д1айижа йоллу со.

Жанета саца а соций цецйолий хьоьжу Малике. Ши б1аьрг а къарзийна 1аш волчу Хункар-Паше хьожу.

ЖАНЕТА. Стен 1а хьо, бага худар лаьцча санна? Х1окху хьайн зударшна долу де, ши б1аьрг хье т1е а боьлла ма 1а хьо, хорам хилча санна. Дан ца дезарг динчуьнга дан ца дезарг деъна боху, и ду хьуна хилларг (д1айолало).
ХУНКАР-ПАША. Ма хьовзий аша со, т1о биъна цициг санна, Дала ларве шух.
ЖАНЕТА. Йиш лакха хьайна х1инца. Со-м къарлур яц шуьга (арайолу).
МАЛИКА (йиш локху). Ши зуда йолчу к1ента кертахь лата ж1аьла ма ца оьшу (йоьлуш хьоьжу Хункар-Паше). Цхьаний лакхий вайшимма?
ТУМИША (цеце). Хьажахь, цкъа а ца яьккхина йолу сан ц1е а ма яьккхи мамас.
МАЛИКА. Хьан ц1е йицъеллера цунна, х1инца дагаеа. Иштаниг а хуьлуш хуьлу. Тумиша, г1алахь цирк ю еана, бераш х1унда ца дуьгу ахьа цига, жима нахана юккъе ялар а хир ду хьан.

Тумиша цец а йолий хьожу.

ТУМИША. Со хьан йохуьйту?! Т1аккха а вайшимма решать деш х1умма а дац.
ХУНКАР-ПАША. Вайн ц1ахь ю цирк, ца оьшу цхьанхьа а яха. Шу артисташ ду.
МАЛИКА. Хункар-Паша, суна халахетийта г1ерташ-м вац хьо? Ца хетийтича тоьлу хьуна. Г1ур ю, Къор1анор, и-м!
ТУМИША. Х1ан-х1а, ца оьшу, х1окху кертахь долу г1уллакх дан лараяхьара со. Ахьа со яхийта баха тешне а ца оьшу.
МАЛИКА. Г1уллакхаш-м цкъа а кхача ца дора. Вай кхача а дой дуьссур уьш-м. Со а йог1у шуьга. Ишколера ши йо1 ц1аеъчхьана г1ур ду вай. Ас аларх хьуна зене дац. Со-м х1уьттаренна лелаш яций.
ТУМИША. Тахана суьйранна ишколехь родительски собрани ю, цига яха езаш ю со.
МАЛИКА. Цига-м, Паша г1ур вара, ишкол мичахь ю а хуур ду. Хьо соьх ийза ма ло, со хьуна мостаг1а яц.
ХУНКАР-ПАША. Ой, Паша маца дуьйна ву со? Ахьа-м ах ма ваьккхи со. Со ишколе а г1ур вац, шаьш г1о шу.
МАЛИКА. И ах а сов яра хьуна-м.
ХУНКАР-ПАША. Х1ун бахара ахьа? Ца хези суна.
МАЛИКА. Вайна юккъехь мегаш ду бахара аса-м. Ахча а лол тхуна. Давай, давай, дукха деха а ца дуьйцуьйтуш. Тхуна керахь ахча ма деза тхайна билеташ эца а, берашна а, тхайна а кхалла, мала эца а. Собрани а г1ур ду хьан дег1.

Хункар-Пашас ахча д1акховдадо Малике. Маликас стол т1ехь дуьту ахча.

ХУНКАР-ПАША. Цкъа х1инца г1о, кхин д1а дага а ма даийта шайна.
МАЛИКА. Х1инца а г1ур ду, кхин д1а а г1ур ду. Тхо чудоьхкина-м дац? Зударийн бакъонаш хьеша ма г1ертал хьо (Тумишега б1аьрг та1або). Тумиша, х1ара ахча хьайгахь дитал. (Д1ало).
ХУНКАР-ПАША. Аша хьоьшу со. К1ордийна-кх х1ара г1овг1а, зударийн базар. Соьга ладог1ал!
МАЛИКА. Ахьа х1ун дей…
ХУНКАР-ПАША. Дика ду, дика ду (шина куьйгаца шен корта схьалоцу). Шайна луъург дейша.
МАЛИКА. Циркера девлча Тумиша шина бераца шен ден ц1а г1ур ю хьуна цхьа к1ира даккха. Д1ахоийла хьуна, товарищ Паша.
ХУНКАР-ПАША (ирахкхоссало). 1ойт! Хьо комендант-м яц х1окху кертахь?! Ахьа решать дан дезаш ду? Со бу корта!
МАЛИКА. Хьо реза воцуш х1ума-м дац? Хьоьга д1а ца кхехьаделча со ца хилча йолий? Д1авалахь (елало). Зудчо аьлларг дича эхь ду моьтту хьуна. Дац. Коьртаниг х1ун ду? Вайн барт бу-кх. Реза вац хьо?
ХУНКАР-ПАША (ша волччохь хьакхало). Бакъ-м лоьру хьо… Т1аккха а… со хьалха валийта.

Тумиша йист а ца хуьлуш лаьтта. Хункар-Паша Тумишега хьожу.

МАЛИКА. Хьалха вала, ког ма тассабалийталахь хьайн.
ХУНКАР-ПАША (Тумишега). Сан хечина иту хьакха… Лаьтташ ма ю хьо, д1а а х1оьттина.
МАЛИКА. Итош хьоькхуш 1ен йиш ма яц тхан. Хьан нана йог1ур ю чу, цуьнга ала.
ХУНКАР-ПАША. Цо цкъа а хьекхна а яц…
МАЛИКА. Х1умма а дац, 1емар ю. Век живи, век учись, аьлла. Дуьххьара доцуш ца хуьлу. Тумиша, давай, вайшиъ цирке йоьду бераш схьа а эцна. Кечлой вайшиъ.
ХУНКАР-ПАША (ша-шега). Х1ара бухарниг а ларт1ера йоккхуш ю-кх х1окху шолг1ачо. Велла вала со дела1, сайн коьрта да волчера а волуш ма воллу со-м, цхьаъ-м ца дахь!

6 сурт

Хункар-Пашин х1усам. К1ира долуш ду Тумиша ц1ахь йоцу. Гуьйре. Синтем байна д1асахьийза Жанета. Оза а оьзна д1алахка дезаш бежнаш ду, Малика хьала г1оттуш яц. Жанетас Маликин корах п1елг туху.

ЖАНЕТА. Малика, сиха хьалаг1атталахь бежнаш оза, рог1е д1алахка хьелуш ду. Хезий хьуна? Х1ей зуда, хьоьга луьйш яц со?! Маса леллахь, сан куьйгаш дац уьш оза. Аса лулахо къайкхинера моссуьйтаза, иза а ца йог1у. Ахьа карзах а ца йоккхуш йитинехь, Тумиша ц1ахь 1аш ма яра шен г1уллакх а деш. Соьга а ца хоттуш и ц1а хьажо хьан г1уллакх а дацара суна хьалхара, бутт баккха воьдуш ма ца хуьлу ден ц1а. Соьга ца хоттуш яха цуьнан бакъо а яцара. Араяла цу чуьра бежнаш оза! (Цхьа а вац вистхуьлуш). Со цаларар ду-кх хьан йижина 1иллар. Эхь ма ду оццул йижина 1иллича. Со ма яц шуна хьалхара лела езаш ерг. (Ладоьг1уш лаьтта).
Хункар-Паша, хьо мукъане а вуй дийна? Вистхилахь хьо, арахьажабехьа и хьайн баьсса дуо санна болу 1овдал корта. Цкъа а яла а ма лойла со, хьо вале ца елла йолу! Хьо ма ву суна х1ара бала бинарг.

Ц1еххьана д1аделладеллачу коро кхерайой юхакхуссу Жанета. Арахьожу Хункар-Паша, набаро естийна юьхь а ийзош.

ХУНКАР-ПАША (реза воцуш). Х1ун боху ахьа х1инца? И г1овг1а еш самаваьккхи ахьа со. Ма хьекхахьа и мохь. Лергаш къарди-кх ахь сан. Потт х1оьттина лергаш чу.
ЖАНЕТА. И лерг къардина вита ца везара хьо, тоьхна и потт эккхийта езара хьан. Стен сеттайо ахьа и муц1ар, муьста хьач кхаьллича санна, раз а яьккхина? Хьалаг1аттаде и хьайн нускал, бежнаш ду оза дезаш. Аса лелор ду-м ца моьтту хьуна уьш? Стенна яхийтина ахьа Тумиша ц1а? Цхьа буьйса а яьккхина схьаян мегаш яцара иза? К1ира даккха х1унда магийна ахьа цунна?
ХУНКАР-ПАША. Д1аялахьа, г1овг1а а ца еш, Маликас яхийтина иза хьажа-х1отта.
ЖАНЕТА. Хьо хила борша! Хьо Малике вахана ву, я иза хьоьга еана ю. и къастадехьа цкъа. И Малика керта еъчхьана революци хилла х1окху кертахь. Дерриг т1ек1ел дели. Араяла ала цуьнга, бежнаш оза а, дезарш дан а.
ХУНКАР-ПАША. Чохь яц иза. Мама, ахьа оза ца мега и бежнаш? Со вижа витахьа.
ЖАНЕТА. Чохь яц?! Мича яхана иза са а тасале?
ХУНКАР-ПАША. Иза балха д1аяхара хьалххе. Хасавюьртара товар ду шен бохура цо схьакхача дезаш, цунна дуьхьал яхана.
ЖАНЕТА. Вай, со яла елла. Х1ара х1ун ду суна т1екхаьчнарг?! Аш сан хьийзор. Бухарниг марзъеш ю т1ееънарг. Цхьа Делан г1уда хьерчина хилла-кх соьх. Хьо ву-кх уьш д1ахецнарг! И Тумиша – 1овдал бад а д1ахийци ахьа, аса зуда а йина латтош яра иза, шолг1аниг а яц цхьа а несан кеп йолуш.
ХУНКАР-ПАША. Мама, ахьа х1ун де боху соьга? Тумиша д1аяхийта бохуш со хьийзавора ахьа, ткъа х1инца иза ден ц1а ши буьйса яккха яхча а ца мега хьо. Цунна т1е зуда ялае бохуш са дуура ахь сан, ткъа х1инца Малика а ца мега. Ахь х1ун де боху?
ЖАНЕТА. Хуьл-хуьлуш хилира сан дена вир аьлла-кх цхьаммо, и хилла-кх суна. Хьо маца кхетар ву-те? К1ира даьлла и яхана. Ц1аялае иза, кхера а яй!
ХУНКАР-ПАША. 1адвитахь со х1инца, д1аялахь. Ахьа оза ца мега и бежнаш. Ша ц1айог1ур ю Тумиша а, дог ца дог1у сан цигахула когаш бетта. Маликина а бежнаш оза а ца лаьа, кхо хьожу йог1ур ю боху шех.
ЖАНЕТА. Соьх ян мегаш ю кхо хьожа, цунах ян мегаш яц. Вай, вай, вай! Нана яла цу къамелан, зуда хир йолуш яц иза а. Зуда оьшуш керт ю-кх х1ара.
ХУНКАР-ПАША (кхералой). Дела Къор1анор, яц, аса кхин зуда а ялийна-м, тоьар ю суна и шиъ! Со кхин пуркурор а вац шун девнаш къестон. Д1аялахьа, 1адвиталахь со!
ЖАНЕТА. И шиъ вовшах тоьхча цхьаъ а ца йолу хьан! Хьуна зуда ялон а ца хаьа.

Хункар-Пашин корта сиха д1акъайлаболу, кор т1е а къовлий.

Д1алачкъа хьо, хьан х1ун ду кхин ала. Суна дерзон дита ахьа. Ас д1аерзор ю хьан и шиъ. Собарде ахьа, Тумиша боху бад, хьо кхин сан керта йог1ур яц-кха хьуна, юьтур ю ахьа иза т1аьхьа а вахана. Суна ца оьшу ишта нус. И Малика боху лаьхьан корта а, хьайга ялахь, суна а, хьайна а нус а, зуда а йийр ю ахьа, ца яхь – яхийта цо! Яхийта, яхийта! (Жанетийна ца го керта вог1у Бетар).
БЕТАР. Во-о-о, Жанета! Ахь ма к1ур туьссийта. Хьанна оьг1аза яхана хьо? Ма ца хьоьгу со цунах. Д1ачудилла хьайн тур!

Жанета, къамел а сацадой, реза йоцуш д1айоьрзу цуьнгахьа.

Суна евзичхьана реза йоцуш ю-кх хьо. Ахьа хьоькху мохь д1о некъ т1е д1ахезаш бу-кх. Х1ун хилла х1инца?
ЖАНЕТА. Х1а-а, хьо ву иза? Маса шиша мелла ахьа тахана, хьожуш хила, ор чу вужур ву хьо. Хьо лаа лелий?
БЕТАР. Са ма гатде, х1инццалца ахьа лаьцна лелийна вац. Дийцахьа хьайна хилларг. Со-м лаа лелара. (Охьа ца вожа т1амарш лестайо).
ЖАНЕТА. Ахьа мала и т1аьххьара! (Туй кхуссу). Сан г1айг1а бан ца оьшура ахьа-м. Дийцал х1инца айхьа деънарг.
БЕТАР (дег1 нисдеш). Со Хункар-Пашина оьг1аз вахана ву. Ша нускал далийча шен доттаг1 кхайкха дицделла цунна. Цхьа шиша х1отто-м деза.
ЖАНЕТА. Аса х1инцехь кхо шиша тухур ду хьан коьртах! Сица тийса хьуна и! Вала сан кех! Хьо санна къаркъан кедаш дац х1окху кертахь. Чохь вац Хункар-Паша. Д1авало! (Д1атотту. Бетар, раз а волий, Жанетийна т1евожаза волу, важа д1а а эккхий). Ма вожалахь суна т1е! Т1аьххьара мала ахьа иза. Кех вала, соьга хьо лаза а ца войтуш! Хьо жима а вац ишта лела. Эхь ца хетий!
БЕТАР (нисло). Собар, собар, чуьра ма яла, юха чунислур яц хьо. Извините, мадам, не рассчитал. Хункар-Паше схьакхайкхахьа. Тхойшиъ ч1ерий лийца а г1ур вара, г1ийла кад а тухуш. Суна дагавог1у Хункар-Пашин да, цхьа миска вара иза а, ахьа хьийзош.
ЖАНЕТА. Яхийта кертара, чохь вац иза! Кад кхетта баьлла хьуна цунна-м, г1ийла а ца кхеташ, ч1ог1а а кхетта, ч1ерий лийцина ваьлла.
БЕТАР. Хьай де ека х1окху к1ента! Х1ара маца ларийна? Суна хаьара, 1ийр воций.
ЖАНЕТА. Хьо г1ийла кад бетташ леллашехь, шена ч1ог1а кад тоха ларий. Ничего, со суо ларор ю-кх кхаьрца, аса меттабалор бу х1орш. Д1авало, д1авало! Суна ца нисъели-кх нус, ма дакъаза хилла со (ша-шега лоь, Бетар ара а тоьттуш).
БЕТАР. Собардехьа, Жанета, со-м шуьгахь 1ен веана ваций, д1авоьду со. Оьзда г1иллакхаш ахьа а 1амор дац хьайн несаршна. Хьо хьайн марненаца муха яра а дуьйцуш хезна… Хьайна 1амаде цкъа.
ЖАНЕТА. Яхийта, эрна бага а ца етташ. Ладог1а а дог ца дог1у хьоьга.
БЕТАР (кевнехь соьцу). Хьан майрачо шеца йол хьакха г1о дан вигина вара со ирзохь, хьо т1аьхьа ян езаш яра, йовха яа х1ума а яхьаш. Дагадог1ий хьуна? Т1ехь мел йолу х1ума айхьа хьайна эт1а а йина, елха а йоьлхуш еана схьакхечира хьо, чано т1е а кхетта, айхьа тхуна яхьаш йолу обед хьайгара д1аяьккхи бохуш, уг1уш. Т1аккха хьан майрачо элира-кх, хьоьга а хьаьжна: «Йилхинехь а, ца йилхина хьо меца а йолуш-м». Кхийтира иза ахьа харцдерг дуьйций, айхьа новкъахь д1айиънера ахьа цунна яхьаш йолу юург. Иза а хьан марнанас кеч а йина йоьуьйтуш яра, хьо ма яцара юург еш а.
ЖАНЕТА (д1акхевдий г1аж схьаоьцу). Хьо хьуо д1авоьду, я ас новкъа воккху хьо?!
БЕТАР. Ца оьшу т1аьхьаяла а, со д1авоьду. Йиинчух, меллачух а дала саг1а дойла. Эзар балех ваьлла хуьлийла со а. (Сихха кех волу. Жанетас ков д1акъовлу).
ЖАНЕТА. Цу къаьркъано воьйла хьо, боьха х1ума. Хьо виснера суна и бага екоза. (Ойла еш соцу. Бежнаш ду 1оьхуш. Сингаттамица цаьрга ладуг1у зудчо. Ков тухуш хеза). Бетар, д1аг1о, ма яха со карзаха. Хьайн доь дойла хьан. Со араялахь…

Ков д1адоьллу.

Д1аялахьа, х1ай х1ума, сан кет1ара! (Буй айабой т1ег1урту, амма дуьхьал хьаьддачо кхуссий, юхайоуьйту. «1ахь-1ахь», – бохуш, бага еттачохь юьссу Жанета, кхералой а, цецйолий а. Хьалха лаьтташ ерг Тоита ю).
ТОИТА (ц1ийелла, кхохкийна). Хьайн доь а дойла хьан, хьайн 1а а йойла хьан. Аса йийр ю хьан болх. Стенна хьоькху ахьа суна т1е мохь?

Жанета кхералой кевнах лета. Бетар а вац гуш.

Хьан х1ун дара суна ала?! Мичахь ву сан Бач1а?! Д1алачкъийна ахьа иза? Схьакхайкхал цуьнга. Со и воцуш д1аг1ур яц д1ахоийла хьуна. Аса хьайна вуьтур ву моьттуш ю хьо иза?

Тоита т1ег1ерта, Жанета д1аг1ерта.

Сица тийсахьара хьайна-м ,нехан майранаш 1адбитахь, дог эт1ийна хьайниг-м вийнера ахьа. Со зуда яц бохуш ю хьо? Хьо хилла зуда? Хьайн марзошка саца а ца луш, лулахошкахула кхерсташ лелла хьо. Хьайн марненах а летта цуьнан коьртара айхьа схьаяхна к1озалш дагайог1ий хьуна, цуьнан йовлакх а эт1ош? Тахана дика зуда а хилла несана хьалха. Хьо йитича а д1а ца яхара. Тумишех хихкина говр а йина 1аш ма ю хьо тахана, цунна т1е зуда а ялаяйти ахьа хьайн к1анте. Цунна цхьа зуда а ца йог1ура, цу тентагна. Ахь вина волу х1ун хир яра цунах?! Тумиша хьарам яра шуна.
Барт бохий ахьа церан. Х1инца ялийначо к1ентий бийр бу хьуна, Тумишас ца бина болу. Ч1ийч1 хьуна, схьалаца хьайна! Къонахчунна бен ца бо к1ентий. Ахьа х1унда ца бина к1ентий? Ахьа бан безаш хиллера-кх, хьуо иштта говза хилча. Схьало сан Бач1а!

1адийча санна лаьтта Жанета меллаша меттайог1у. Д1асахьожу.

ЖАНЕТА. Хьо мичара ели, шайт1анан нана? Дала гена яккха хьо! Ахьа х1ун юьйцу? Ахь соьга х1ун де боху? Хьо боьха х1ума, араяла сан кертара! (Д1атотту).
ТОИТА (Жанета д1атотту). Соьх куьйгаш ма 1итталахь, аса лазор ду хьан уьш. Схьало сан майра, мича лачкъийна ахьа иза?
ЖАНЕТА. Хьо-м йиснарг а хьераяьлла. Ахьа х1ун юьйцу? Д1авилла велла-м вацара ахьа иза соьга? Хьанна оьшу хьан и т1елхиг, майра аьлча а?! Вац кхузахь цхьа Бач1а а, я оьшуш а вац и санниг. Кхуза х1унда еана хьо и лаха?
ТОИТА. Муха вац? Бетара, х1инцца суна доьхьала кхетча, элир-кх соьга, ахьа кхайкхина чувигира сан Бач1а, аьлла.
ЖАНЕТА. Шен бага ет1ийла цуьнан! Къаркъано хьерадаьккхина ж1аьла! Х1уьттаренна аьлла-кх, хьо сан коча таса. Собарде цо, и нецаш йиъча санна къаьрзина цуьнан и юьхь аса йиссинарг а т1е х1ума тоьхна, муьста хьач кхаьллича санна ерзийна юьтур ю-кх цуьнан. Д1аяла, хьо 1ехийна цо. Кхуза веана вара, сан к1анте шений, Бач1иний накъост хилий юххе х1отта аьлла: хьуна т1е зуда ялон вуьгуш ву ша бохура цо и хьан Бач1а, цхьа жеро ю бохура цунна лехна. Сан к1ант ца ваха, Бетар хьан Бач1а а эцна д1аг1ур ву аьлла, д1атилира. Аса кертара эккха а вина чехка вахара. Ткъа хьо кхуза схьахьажийна шайна новкъара д1аяккха. Д1аяло чехка, т1екхиа Бетарна, сацаве и шиъ. Бач1а-м 1ад1ийр волуш вара, Бетара ца вуьту-кх: «Бач1а, Тоита-1овдал д1а а эккхийна, хьайна зуда х1унда ца ялайо ахьа?» – бохуш. Х1ума ца хьокхуш ма виталахь Бетар, и ву бехке. Х1ан, х1ара г1аж ю хьуна цунна етта.

Тоита ойла еш соцу, Жанетийна т1ехула кертахула б1аьргаш кхарстабо, Бач1а лоьхуш. Г1аж д1атотту.

ТОИТА. Сайна карор ю сунна, эшахь. Со ле-м ца йо ахьа? Со юха яг1ахь хуур ду хьуна.
ЖАНЕТА. Хьо юха яг1ахь ишта д1аг1ур яц-кх хьуна, хьо аса дика цецйоккхур ю т1аккха.
ТОИТА (дика ца хеза). Х1ун бахара ахьа?
ЖАНЕТА. Юха ма йола боху аса хьоьга, хьайн ц1а кеста кхочур яц т1аккха. Хан эрна йойу ахьа. Яло хьажа, хьан Бач1а чохь ву-кх хьуна, жеро йолчу ваха кечлуш. Сиха г1о, и шиъ д1аг1ур ву хьо иштта 1ахь-м.
ТОИТА. Шен нана елха Бетаран докъах! Со т1екхаччалц бен хан яц-кх цунна х1окху дуьненчохь яккха. Ша молуш долу къаьркъа а къахьлур ду-кх цунна, со цкъа х1инца шена т1екхаьчначул т1аьхьа дуьненах чам баьлла.

Урамехула д1а чехка боларца къайлайолу Тоита. Ша йолччохь когаш т1е охьахуу Жанета, шина куьйге корта схьа а лоций. Бежнаш 1оьхуш хеза, кхерийча санна хьалаэккха Жанета. Чуьра араволу Хункар-Паша.

ХУНКАР-ПАША. Д1аяхний иза? Бетар а, Тоита а… х1орш ма ч1ог1а схьахецабели тахана. Приемни де хилла-кх хьан тахана.
ЖАНЕТА (цец а йолий хьоьжу к1анте). Ойт! Со яла елла. Сан ца хилла хьенан хир вара хьо. Цара сан дог эт1ош хаза а хезаш 1аш вара хьо, араваьлла соьгахь г1о а ца доккхуш?
ХУНКАР-ПАША. Аса х1ун до араваьлла? Хьо ен баьхкина ма бацара уьш. Аса х1унда етташ ю цаьрца бага, хьо хьуо а ю дика ларош.
ЖАНЕТА. Вай, адаме ма да хьо!
ХУНКАР-ПАША. 1ад1ехьа, х1инца кхин даз а ца деш. Сиха ву со, Маликина товар охьадассош г1о дан ваха веза, кхалла х1ума лохьа суна.
ЖАНЕТА. Охьа, хьаха, воссийна цо хьо! Хьан корта а байна. Цунах а зуда хир яц хьуна, иза д1аяхийта еза. Цо санна соьца цаларам цхьаммо а лелийна бац. Дера бац!
ХУНКАР-ПАША. Ахьа х1ун де боху? Хьуна цхьа а мегаш ца хилча, сан х1ун бехк бу? Ахьа Тумишина т1е зуда ялае бохуш вита а ца витина яла ма йина аса иза. Ткъа х1ара а мегаш яц. Суна луург хилийта ца мега вай цкъа мукъне а? Суна мегаш ю-кх Малика. Хьуна цхьа а ца мега.
ЖАНЕТА. Ма е г1овг1а! Аса маьждиге а яхана д1ахьевийр ву-кх хьо, нанна дуьхьал ву аьлла. Малика Тумишел а ледар ю. Цхьа а г1уллакх деш а яц ц1ент1ехь. Цо схьадаьккхина кепек сан б1аьрга гуш а дац. Хьуна а го моьттуш а яц со, суначул башха. Тумиша г1олехьа а йолуш хилла. Цо массо а г1уллакх дора х1окху ц1ент1ера. Ма парг1ат 1аш хилла со, сайна а ца хууш! Дерг ца кхоадо – дайча воьлху, бохург хилла суна. Тумишига сиха ц1айола ала, Малика д1аяхийта. Хезий хьуна? Малика хьуна зуда хир йолуш а яц, суна нус хир йолуш а яц. Бухарчух моз деш ю т1ееънарг, сихха д1аяхийталахь иза. Тоьар ду Тумишийна гостехь 1е, ц1аян мегар ду. Т1аьхьа а г1ой, човхае, сиха ц1айола алий, дукха качъелла иза а, шен метта д1ах1оттае.

Хункар-Пашас коьртах ма1ар хьоькху, ши б1аьрг лечкъа а беш.

Ахьа х1ун до, б1аьргаш а идош, уьш къерзош, телхича санна корта а хьийзош?! Суна дуьхьал вала-м ца волу хьо, аса аьлларг а ца деш? Сиха г1олахь Тумишина т1аьхьа. Хьажахь х1окхуьнга а, со къаръян г1ерташ! Шуна моьттург г1енахь ду! (Буй лестабо).
ХУНКАР-ПАША. Охьабахийта хьайн лестон буй а. Аша буйнаш лестадо, суна иза кхета. Со-м ца олуш 1аш вара. Тумишас хабар даийтина, ша кхин ц1айог1ур яц кхуза аьлла. Ша йита аьлла, т1аьхьа а волий.
ЖАНЕТА (бага еллаеллачохь юьссу). И хабар маца даийтина цо? Х1орш ма хецабели! Тумиша ма майра ели, бага биллича п1елг а 1овшур боцуш хилла йолу. Маликас дуьхьалаяьккхи иза суна.
ХУНКАР-ПАША. Ахьа и хьайн п1елг дукха бага 1иттина, т1аьххьара а и д1акхалла дагадеана хир ду-кх цунна (кхардамица велало).
ЖАНЕТА. Д1асаца! Хьо хьуо ву бехке, хьан зударша аьлларг ца дарна! Хьекъал доцу корта! (Корта лестабо).
ХУНКАР-ПАША. Юха а реза яц хьо! Хьан хьекъалца 1аш ма ву со. Х1ун де боху ахьа х1инца? Хьуна Тумиша а ца мега, цхьа а ца мега. Несарш ца беза хьуна. Аса Малика д1а ца йохуьйту, суна мегаш ю-кх иза.
ЖАНЕТА. Х1ах1! Со хьан нана хилахь-м йохуьйту! Нана дуьхьал вер вара хьо?!
ХУНКАР-ПАША. К1отарара Ц1ур-Махьмас шен нанна дешначу Къор1анор, ца йохуьйту Хункар-Пашас-м! (Сихачу боларца кех волу).

7 сурт

Маликин туька. Чохь ю Камета а, Малика а. Цхьацца г1уллакх деш хьийза ший а.

КАМЕТА. Хьо, Хункар аьлча а, 1ункар-Паше яхчхьана б1аьрг чуьра седа бедда-кх хьан. Свадебни путешестве а ма ца даха шуьшиъ (йоьлу).
МАЛИКА. Дера вара иза лодки чу а хаийна йист йоцчу х1орд чу д1ахеца везаш.
КАМЕТА. А шо так? Чем это мы не довольны? Кемпет санна к1ант ву-кх 1ункар-Паша, 1ункар иза кхазарг.
МАЛИКА. Оццул а цигахь 1ийр яцара, и Тумиша царна марзъян бен. Садаккха ца юьтуш хьийзош хилла цара иза.
КАМЕТА. Хьуна-м ма еара иза тур а даьккхина.
МАЛИКА. Шен бен ларбеш ма яра иза.
КАМЕТА. Бен карийна цунна а. Осиное гнездо ю-кх. Цхьа мультик дагайог1ий хьуна цхьана шина пхьидах лаьцна – наний, к1ант? И шиъ ду-кх Жанетий, 1ункар-Паший. «Покушали – можно и поспать», – олур-кх цу шимма.

Ший а елало. Чувог1у Хункар-Паша. Елар а соций, цуьнга а хьожий юха а елало ший а.

ХУНКАР-ПАША. Ашшимма х1ун до, г1енах дашо сом карийча санна, йоьлуш?
КАМЕТА. Хьуна г1енахь а карор дац. Х1ара хьан дюймовочка ю-кх хьоьгахь болу безам дукха кхихкина т1ех баха шен, бохуш (йоьлу).
ХУНКАР-ПАША. Сица тиса хьуна и хьайн муьста забарш. Хьо-м маре яхана а кочара а ца йолу. Хье-м ца вели со? Чохь жима напряженка хилла висира со.
МАЛИКА. Аса Бетаре г1о дайтира. Аса балха схьаэцна иза тахана.
ХУНКАР-ПАША. И бохург х1ун ду? Соьга хаьттиний ахьа? Хьо ма самовольни яьлла!

Ши зуда, цец а йолий, вовшашка хьожу.

КАМЕТА. Вот тебе, бабушка, и Юрьев день! Хьан зурман аз ма стамделла, ва Хункар-Паша, х1ун хила долу вайна?
ХУНКАР-ПАША. И хьайн зурма схьа ма екаехьа, ешап хьо ма-дарра!
КАМЕТА. 1айт я1! Ахьа х1унда ца бо грузчик болх? Ахьа отказ ма дира. Министр болх бан д1аоьцур варий-те хьо?
МАЛИКА. Председатель парламента воьдуш ву иза (елало). Хьайга хатта дезара боху ахьа?
ХУНКАР-ПАША. Т1аккха ткъа? Боху, дера. Соьга ца хаьттина хьаьнга хатта йоллу хьо. И хьайн х1умалгаш дуьтур ду ахьа. (Куьг хьийзадо, ша бохург кхетон г1ерташ). И… соьга а ца хоттуш…
КАМЕТА. Хьуна-м мотт ма 1емина, Хункар-Паша.
ХУНКАР-ПАША. Хьо юха а юккъе эккха.
КАМЕТА. Знать, Моська так сильна, что лает на слона!
ХУНКАР-ПАША (Малике). Х1ара балхара д1аяккха мегар ду хьуна, оьшуш яц х1окху чохь, х1окхунна метта х1отто а стаг карор ву вайна. (Камете). Хезий хьуна, домой пора. Кхин-м эт1ор дац ахьа сан дог. Сан шича Марем ю болх лоьхуш, иза х1оттор ю.

Малика йистхилар доцуш цхьаъ деш ю.

КАМЕТА. Ладог1а ахьа ладаршка, дог1а доццушехьа оьхучу! Малика, хьо хезаш юй? Широко шагаешь – штаны порвешь! Не ровен час, Хункар-Паша.
МАЛИКА. Тумиша ц1аеъний? Балха мила эца веза-м сайна хаьара суна.
ХУНКАР-ПАША. Ца еана. Ша ц1айог1ур яц аьлла хабар даийтина цо. Ма яг1ахьара и-м, шена ца лаахь. Юьтур ю аса иза, т1аьхьа а вахана. К1ордийна суна х1ара базар. Суна хьо цхьаъ тоьар ю. Х1ах1, нийса лоьй со?
МАЛИКА. Сих ма лохьа и йита, дохко вала а мега хьо.
КАМЕТА. Спешка нужна при ловле блох, Хункар-Паша.
ХУНКАР-ПАША. Хьо д1асоций?! Делор ву со оьг1азг1ур волуш. Хьо д1аяьккхина ю-кх, ц1аяха мегар ду хьуна. Малика, расчет д1акховдаел цуьнга.
КАМЕТА. Малика, хьо реза юй х1окхо дуьйцучунна? Хьо йистхуьлуш ма яц.
МАЛИКА. Со тахана дуьйна ц1айог1уш яц. Х1инцехьа со йита мегар ду хьуна.
ХУНКАР-ПАША. Цо х1ун дуьйцу? (Воьхна хьаьвза). Дера юьтур яц-кх. Кхин ма аьллахь иштта.
КАМЕТА (ши куьг вовшахтухуш елало). Ватта дела, Хункар-Паша, гуш лаьтташехьа хьо под сокращени ма ваха. Вот так поворот, не знаешь, где найдешь, а где потеряешь. Балхара д1а-м хьо ма ваьккхи. Дукхадезачунна к1езга хилла бохург и ду-кх.
ХУНКАР-ПАША. Суьйранна ц1айог1ур ю хьо. Со дохковели, битахь хьайн белхалой шайн балхахь, со юккъе а г1ертар вац. Со оьг1аз ма вахийталахь, Малика.
МАЛИКА. Хьайна ма луъу оьг1аз а г1о, со сайн ц1ахь ю-кх тахана дуьйна. Хьайн Тумиша ц1аерзае ахьа, тоьлу хьуна.
КАМЕТА. Не по Сеньке шапка. Окончен бал, погасли свечки.

Вистхилар доцуш воьхна лаьтта Хункар-Паша.

ХУНКАР-ПАША. Ма алахь ишта, Малика, ма дохадехьа сан дог (куьйгаш кховдадо). Деладуьхьа ала, айхьа забар йина!
МАЛИКА. Забарш ян а дицделла суна шун керта еъчхьана. Тоьар ду, ма аьллахь соьга ц1айола, д1аваьллахь. Йитал со х1инццехьа.
ХУНКАР-ПАША. Аша х1ун до: йита, йита! Ца юьту аса хьо, ца юьту. Ц1айог1ур ю хьо! (Араэккха).
КАМЕТА. Мохо бадийна ба1 санна д1а ма иккхи 1ункар-Паша (йоьлу).
МАЛИКА. Хьо елахь а, сан-м ела дог ца дог1у.
КАМЕТА. Аса бехира хьоьга, ахь ла ца дуьйг1и, хьан меттиг ма яц иза. Плюнь на него и забудь как страшный сон.
МАЛИКА. Хуур ду-кх, ойла йина х1ума дийр ду-кх.
КАМЕТА. Не было печали – так черти накачали. Дагахь а доцуш коча веа-кх хьуна и 1ункар-Паша. Шен хенахь чекхдаккха деза.

8 сурт

Хункар-Пашин х1усам. Раг1у к1елахь хиъна 1а Жанета, г1ийла ойланаш а еш. Сихачу боларца керта вог1у Хункар-Паша. Гуш ду цуьнан оьг1азвахар а, воьхна хилар а.

ЖАНЕТА. Ахьа х1ун до, т1аьхьа ж1аьла даьлча санна ма вог1у хьо?
ХУНКАР-ПАША. И бакъ элира ахьа, массо а ж1аьла суна т1аьхьа даьлла-кх. со эккхийна массара а. Хьо а парг1ат ели х1инца.
ЖАНЕТА. Х1ун хилла? Валахь дийций.
ХУНКАР-ПАША. Маликас а ша ц1а ца йог1у боху. Х1орш барт бина бу моьтту суна.
ЖАНЕТА (цецйолу). Ца йог1у? Цунна х1ун хало хилла? Паччахьан зуда санна 1аш ма яра иза. Стена реза яц х1ара? Хьо санна майра цунна мичахь карор ву? Зуда хила лууш яц, вольни жизнь еза. Х1умма а хала 1аш ма яцара иза.

Хункар-Паша шина куьйга корта а лоцуш охьахуу.

Къемата шо даг1ахьара, и ц1аялий! И йиснехь со араяла езара. Дела дика ву. (Дег1 нисдеш, хьалаг1отту). Ладог1алахь, сан к1ант, соьга, дика ладог1алахь. Хьан нанас хьуна вониг хьоьхур дац. Вонах ца кхетча диканиг ца хаьа олуш ду. и хьуна зуда хир йолуш яцара. Эрна ахьа къа хьийги. Со дика кхетта х1инца. Вайшимма Тумиша ц1аялон еза.
ХУНКАР-ПАША. Ца еза суна х1инца Тумиша. Цу т1е, цо ша схьайог1ур яц а аьлла. Стенна г1ертаво ахьа со цунна т1е х1инца?
ЖАНЕТА. Ма ала иштта! Ладог1а соьга! Малика схьайог1ур яц, и суна кхетта. Иза 1ен еъна а яцара. Дика ойла е ахьа, сан к1ант. Тумиша схьаялон еза. Хьан шиъ бер а ду. Дала суна бина бекхам бу, аса Тумишина г1ело ярна. (Б1аьргах куьг а хьоькхуш, мара ийзабо. Цец а ваьлла цуьнга хьоьжу Хункар-Паша). Хьо цец а ваьлла ма хьоьжу соьга?! Со кийрахь дог доцуш ю моьтту хьуна? Соьца ларам а болуш, лела а хууш, шен ц1ент1ехь г1уллакх а деш дика зуда ю Тумиша. Х1инца ма дика кхета со.
ХУНКАР-ПАША. Т1аьхьа кхийти хьо а. Хьоьга т1ех сов ла а дег1на суо цхьаъ виси со а, зуда а, бераш а доцуш, я Малика а йоцуш.
ЖАНЕТА. Т1аьхьа дац х1инца а, со вайн юьртара наха лоруш болу нах а эцна г1ур ю Тумиша схьаялон. Хьо реза вуй?
ХУНКАР-ПАША. Ахь виснарг а цецваьккхина со. Соьга маца хаьттина ахь?
ЖАНЕТА. Х1инца хоьтту-кх аса. Хьо реза воцуриг дийр дац вай, Тумиша ц1аялийча дика-м дара. Ойла ел ахьа.
ХУНКАР-ПАША (ойла йо). Делахь, хаац суна-м. Маликас ша схьайог1ур яц боху, ткъа цо цкъа аьллий, суна хаьа цо ша бохург дийр ду. Ткъа Тумиша… ши бер а ду, ахьа бохург дича х1ун дара-те?
ЖАНЕТА. Дохко вер вац хьо, сан к1ант, хьайн нанас аьлларг дича. Тумишина г1ело йина вайшимма. Далла герга а нийса дац. Схьаялон еза. Хезий хьуна?
ХУНКАР-ПАША. Ша йог1ур яц ма аьлла цо а.
ЖАНЕТА. Аса ма-бахха, вайн юьртан къеда а эцна со г1ур ю цуьнга дехар дан, ц1айола аьлла.
ХУНКАР-ПАША. Со реза хир ву, хьо Тумишица девнаш а ца дохуш мегар елахь. Хьайн боевой действиш свернуть йийр ю ахьа. Дика ду, юхаялаехьа Тумиша, и схьаян реза хилахь.
ЖАНЕТА. И ду-кх къонахчун къамел! Со реза ю ахьа дуьйцучунна. Аса т1е а лоцу Тумишица дика хила. Нена метта хир ю-кх со цунна.

Хункар-Паша цатешамца хьожу нене.

Гур ду хьуна, сан к1ант, аса дуьйцург бакъ дуй. Х1ан, со юьртан къедах кхета йоьду, Тумиша юхаеха вига, ткъа хьо, ваха а г1ой, Малика йита а йитий, схьавола. Кхин дах ма де, цо нах керта оьхуьйтуш хьийзор ву хьо, ша йита ала бохуш. Д1ахаийта цунна, хьо къонаха вуй, хьо лийр цахилар цунах ваьлча. Цо хьо ларар алсам дер ду-кх, ахьа аса ма-бохху дахь.
ХУНКАР-ПАША (хьалаг1отту). Хьо х1инца бакъ луьйш хета суна, сан нана. Набарха ваьлча санна ву-кх со. Революци йи-кх цу зударша х1окху кертахь. Со 1умхина вина Хункар-Паша ма вац, кхин со 1еха-м вийр велахь цхьаммо а! Тоьар ду. х1инца чуверза мегар ду. Аса ц1айола боху ала Тумишига.
ЖАНЕТА. Суна хеза ахь дуьйцург. Бакъ боху. Иман, беркат, собар схьакхайкха деза вайн керта. Цхьабарт хила беза. Со йоьду юьрта къедана т1е. Хьо а г1о хьуо ваха везаче. Малика йита. Дала аьтто бойла вайн.

Ший а хьалаг1отту.

Ч а к к х е.

Вайнах, №4, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх