Лулуев Майрбек. Ирс-кхоччуш.

ЛулуевИрс-кхоччуш

Дуьзнехь ахь дешийца галеш,
Йоьттинехь бухь лекха б1аьвнаш,
Эцала-ц ирс деха кевнаш,
Карада-ц ирс деха кевнаш.

Дуьне мел хьешарх, ког ловзош,
Ойла еш, корта барх хьере.
Когаш к1ел ирс саца-ц, довза,
Цунна бу кхетам а къера.

Ирс – деза. И долчех хьоьгу.
Дуьне, ирс лоьхуш, ша хьийза.
Стигла а, и къаго, йогу…
Кхаъ – шуна, некъ ирсе бийцахь!..

Ма делахь жоп доцу дехар,
Дош доцу дешнаш а дохуш.
Ирс-кхоччуш, велахь хьо вехаш,
Делан ц1е хьайн сица йохуш…

Бос хаза заза

Сан дагчохь кхиънера бос хаза заза.
Детталуш дара дог,
йоцуш цхьа к1адо…
Дог дуьйхи!
Ахь кхачо хили-кха сан са…
Сан хенаш мерза мерз
хьо кхии хадо!…

Иллешкахь юьйцуш яц сан деган ойла,
Стигланан 1аьршашкахь – йозанца яц.
Сийначу цу стигла сан ойла хьойла.
Ц1ен дешил – меха ю, дац иза харц!..

Цундела хьуна со ма хили реза:
Ирс доцчу, суна ца дийзи некъ леха.
Деган дуо некъана ца хили беса,
Дала сан даггара кхочуш ди дехар…

Ду иза къилахь

Эзарнаш шерашкахь, хьоьга хьежна,
Сих хаьдда, стиглара чубог1у седа
Хьан кара ша кхача, шена хьо везна…
Муха ткъа х1уттур ву
цунна хьо зиэ дан?!

Иштта и нисделча, кхаъ хилла цунах,
Оьшачу новкъа хьо вала ца кхиахь,
Дог эца ца хилахь сих хаьддачуьнан,
Стигланаш чуэггал, ду иза къилахь!..

Деган ойла

Са хиллал-ц, са ца туьйш,
г1енаш а дайна,
Дуьненан хазаллех хадарна, кхоьруш,
Деттало дог. Рицкъа иза ду вайна:
Дог доккхадеш хуьлу,
хазалла моьлуш…

Хазалла мел меларх, дуззе ца дузий,
Сих-пхенех а хедий, дог,
мацца, соцу…
Дог эшна хиларна, цуьнгахьа узий,
Дог лаьтте кховдадо,
1абош и кхоччуш…

Даймайхке – ирсе кхане

Сан Даймохк, сан Латта,
сан ирсе кхане!
Хьо тайпа кхаъ бац-кха дуьненчохь цхьанне.
Хьан марзо аьхна ю,
куьг санна ненан.
Хьо безар – т1етт1а сов,
мел валарх гена.

Сан Даймохк, сан Латта,
сан ирсе кхане!
Хьо хилча, мел тиларх,
вайна вац ванне.
Къа ду сан ойланца:
«Хьо бацчохь, денна
Малх д1асалепа-те,
да ват1арг, стена?!»

Сан Даймохк, сан Латта,
сан ирсе кхане!
Бахьана хьо долуш, волу-кха хене.
Дахарехь боккху ког,
хьоьца бу боьзна.
Цу тайпа болар бен,
ца хетта оьзда…
Сан Даймохк!
Сан Латта!
Сан ирсе кхане!

Бусулба нохчо

Сан наха кхоьллина сий долу иллин,
Мел язлу, дош ц1ийца язлуш ма хили.
Де-дийне а керчош, д1аихарх хан,
Дуьненна цу тайпа гур дуй-те г1ан?!

Адамийн б1аьрг хьаста,
кхуллуш ду заза.
Заза дац кхоьллина сирла са лаздан.
Цул бакъдерг,
дуьненчохь данне а дац.
Х1етте а караво и доккхург харц.

К1орггера хиларна хазалле безам,
Дог кхолуш, делало дагт1ера зезаг.
Дог дохо кхоьллинчо, шен боьха ког
Зезаг т1е ма боккху, дохадеш дог…

Дала ша кхолларна сов башха хаза,
Сан нехан сийлахь дог,
са ца туьйш, лаза…
И лазам деших а ас хуьйцур бац:
Бусулба нохчо –
со кхин кхуллур вац!…

Назма

Парг1ато ларъечохь,
Даймехкан сийнна,
Къонахий ма г1оьвтти,
шаьш эга, хийла.
Къаьхьа кад царна бу даиман миэла,
Ма боккха болх бу хьо,
йо везан Дела!..

Дуьненан хазаллаш ца лери меха,
Ца лии царна кхин рицкъанаш леха.
Шайн яккъаш йихкина,
уьш новкъа бевли.
Ма боккха болх бу хьо,
йо везан Дела!..

Турпаллийн дегнашна –
Делера лерам.
Цуьнгара боцург бац
цхьаъа а кхерам.
Йовсаршца т1ом латтор
царна ду – белар.
Ма боккха болх бу хьо,
йо везан Дела!..

Махкана шайн синош дезарах тешна,
Белла д1абоьвли уьш, ца хила эшна,
Шайн синош ца кхоий,
мел ч1ог1а дезарх,
Ма боккха болх бу хьо,
йо везан Дела!..

Къонахий кхиийна, сий долу Латта,
И саннарш кхиор ахь,
доццушехь атта,
Яхь йолу во1 кхиор – и ма ду мелехь.
Ма боккха болх бу хьо,
йо везан Дела!..

Лаилах1а илалла
Лаилах1а илалла
Лаилах1а илалла
Лаилах1а илалла

Вайнах, №7, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх