Лордкипанидзе Ник1о. Коьртали коьртахь зуда.

Дийцар

Х1ара дийцар ц1еххьана суна дуьхьалкхеттачу зудчух ду.
Нагахь санна Самтреди-юьртара цунна генахь йоцчу юьрта некъо д1асатехкочу пайтонна т1ехь шун даха дезнехь, т1аккха шуна, шеко йоццуш, гина хир ю 1аьржа духар доьхна, букъ ца нисбеш къахьоьгуш йоллу зуда. Цунна т1аьхьа уьдуш дара сискалан мижарг а карахаь цхьа жима бер.
Дукха хан йоццуш со юха а хилира оцу мехкашкахь. 1аьржа дуьйхина зуда суна ца гира. Сан дог дуьйхира. Суна иза, мухха а, ца тоьира.
Хетта волавелира со. Иштта цуьнан дахарх, сайн цунах дагалецамех кхолладелла х1ара дийцар – кортали коьртахь зудчух ду.

Той хьалхалерачу заманахь санна д1ах1оттийнера. Оцу заманашкахь х1оттош ма-хиллара. Шовзткъа шо хьалха и тайпа тойнаш даима хуьлура, ткъа шо хьалха цара цхьа а цецвоккхур вацара, цул т1аьхьа итт шо даьлча – уьш п1елгаш т1ехь дагардалла бен дацара. Ткъа х1инца и тайпа тойш деш дац.
Цхьаьна ц1а чуьра вукху ц1а чу лестара захалча.
Геннара, къайллаха, хинволчу майрана йо1 гайтира. Там-мах бира. Совг1ат а дира.
Ткъа т1аккха?

Майрас а, несо а кхузза хийцира мух1арш, доттаг1аша дашо кхазораш йолу таьжнаш техкира коьрта, совг1аташ делира.
Тапчанаш кхуьйсура, еттара мокхазар тоьпаш.
Ц1ийзара зурма.
Къоначу зудчунний, майрачунний деара совг1аташ, уьш кхуззахь стоьл т1е охьадехкира: куьзга, коча уллу з1е, йоьза тас, арсаш, м1ерий, дашо соьмаш, ахсоьмаш, кохьар…
Ловзарга кхайкхина вара совг1аташ д1аяздан юьртан йозанча.
Дуура-молура, хелха буьйлура, кегийрхой боцурш – баккхийнаш а.
Хьеший д1асабахара.
Дайа кечдинчу меттехь дайаза дисина бежанаш 1оьхура.

    ***
Жимачу ламанан ворданна т1ехь цхьана ц1ийнера вукху ц1ийне – яйн з1е, юрг1а, маьнга, тайп-тайпана даарш.
Ц1а чуьра ц1а чу бевлира –жима стаг, ялх туьма ахча кисанахь а долуш, цуьнан доттаг1ий. Керлачу меттехь юха а д1адолийра хелхарш, малар мелла кегийрхой ца 1ара, молура баккхийчара а.

***
Баха хевшира къона нах, бахам д1аболийра.
Могашалла дика йолуш кегий нах хиллера.
Кхаа шарахь кхузза пхора хилира иза; кхузза юьхь т1ехь томмаг1аш х1иттира, дуьрачу наьрсашка кхийдира.

     ***
Зударийн пачхьалкх: пазат а, урчакх а; экъа а, дечиган 1айг а, т1арг1а къажбо ехк а; хох а, оччам а; узу етт а, 1ахар а.
Газа кхаба ца лиира: уьйт1ахь мел долу стоьмийн дитташ дожур ду
Г1езаш ю чуйижа 1ам лоьхуш, «шуш» деш; котамаш, маьрша олхазарш санна, цхьана гена т1ера вукхунна т1е кхиссалуш; аштаркхкотам ю, самукъадохуш, ловзуш. Буьззина бахам бу кертахь!
Божарийн пачхьалкх: шен уьйт1ахь лелайо кемсаш. Хьаьжк1ийн барз: цунах кхоалг1а дакъа – хьалхочунна; къегаш долу диг, иштта тайп-тайпана белхаш 1едалан хьуьнхахь; ши сту. Хьал дуькъа доьзал, стомма «к1ур»!

Дала декъалбойла нади ! Дуккха забарш йора, хабарш, туьйранаш дуьйцура, иллеш олура, хелхабуьйлура, молура; сатоссуш д1асакъаьстира. Уьстаг1на урс хьакха дийзира; еккъа цхьа к1удал бен чаг1ар ца х1оттийра – коьртачу декъана болх бийраш зударий бара. Цуьнга ца хьаьжна, дерриге ялта чудерзийра. Барз хилла лаьтта дашо бос беттало хьаьжк1аш, жима оьла бина – хилла йоцурш а, матар теснарш а; хьаьжк1ийн г1ах а, г1одамех а юьзна ю уьйт1е.

Майрас пурба ца делира зудчунна тускарш кхехьа: къахийтира – дукха хан йоццуш берах парг1атъяьлла. Амма ша, кхин сада1ар доцуш, болх бира, буьйсанна наб ца йора; могаш-таза хьаьжк1аш дуо чу йоьхкира; вонаш – тхов к1ел; г1аш а, г1одамаш а – бедан чу.
Дитта к1ел охьакхийтира, г1ора а кхачийна, хьацаран к1уьрлахь. Хьалаг1аьттира, бага а г1иттош, юха а балхана т1евуьйлира, амма…

     ***

Хьацар, дагар, харцлер. Т1аккха хорша… Кхо юрг1а. Шаверриг мажвелла!
«Моьттурий, ткъа суна, б1аьрса дайна юьсийла со, цунна хорша кхетар ю…»
Лор, х1ума хуу дарбанча-зуда, молханаш, луьйцанш йохкар.
Берзинчу когашца Гелатихулий, Моцаметихулий чекхбевлира, ч1урамаш дехкира ц1ийнден а, берийн дег1ехь.
– Дац, х1ан-х1а, дац цунна цамгарах хьалхавалар!
Охьахецначу месашлахь зуда; г1ийла белхарш а, узамаш.
– Д1аэца, Воккха Дела, хьайн кхелхинчу лайн са…
Цамгаро а, 1ожалло а ч1ана баьккхира доьзал.

       ***

Гуьржийн зуда жоьра кучахь, шаерриг 1аьржа доьхна. 1аьржа кортали коьртахь,1аьржа к1архаш, ур-аттала, 1аьржа пазаташ.
Хьаж к1ай ду, 1аьржа, мангал комарш санна, б1аьргаш; малхо ягийна ч1ишталгаш, нийса мара; къегина балдаш.
Деха п1елгаш бос баьхьна а, аьхна а ду – гуш ду, хьалха санна болх беш цахилар; т1етт1а алсам буьйлу байн мостаг1ий, херабуьйлу доттаг1ий. Иза хаддаза лела полице, суьде, ишколе, лулахошкахула, старшина волчу, шен кхолламна муьт1ахь, аьрзнашца, дехаршца.

Иза сацор яц къорачу пено а, кехатан маркех доккхучу ахчано а, генарчу некъо а.
Иза чекхъер ю х1аваэхула, хих, амма шена дог1ург схьадоккхур ду.
Суьдехула бакъо карор ю, байшна пособи йоккхур ю.
Цкъа а д1атосур бац доьзал, шеллур бац цуьнан кхерч.
Геннара цуьнга б1аьрг бетта дуккхачара. Захалш оьхуьйту.
– Аса муха бийр бу байшна тешнабехк?

            ***

Поэта дийцира суна:
«Х1усамдас сатоссуш самадехира тхо; со корах арахьаьжира – талла ваха бег1ийла де ду, дог1а деача санна ду тхи, тапъаьлла тийна ду, г1а а ца леста. Ц1ийзаш ду собар кхачийна ж1аьлеш, ткъа эраш малоне 1охкуш ду.
Арадевли тхо. Иза дара хьуна беламе х1ума!
Сацар доцуш лета ж1аьлеш, оха д1ахийци уьш.
Да1аман лар т1е нисделла хилла эраш. Церан хари т1ера д1адаха ца ло.

Ц1а вог1уш цхьаннан юьйцинчу керта т1е нисвелира со. Сада1а сацавелира.
Латта х1инца а тхилахь луьйчуш дара. Гучуелира маьлхан цхьа ах, шен аьхначу з1аьнаршца кхелира диттийн баххьаш, стиглахь эзар озехь йиш лоькхура олхазарша…
1аьржа дуьйхинчу зудчо ц1ийнан т1ехьарчу маь11ера верта деара, бешан къорачу маь11ехь иза охьадаржийра, суна гена доццуш, т1аккха, берзинчу когашлахь, охьахецна яьржинчу месашца, тийжа йолаелира…
Цо узарш дора, кхевссина охьаоьхучу б1аьрхишца, цуьнан багах дуьйлура цхьа шатайпа аьхна, деган к1орггера схьадог1у дешнаш, цуьнан эшаре аз 1аламат боккхачу балане, г1айг1ане декара, кертан вукху аг1ор 1а со а вилхира, юьхьанца меллаша, т1аккха хецавелла.
Ц1еххьана кхетамчу веара со, эхь хийтира, ткъа зуда хьалаиккхира, катоьхна верта схьа а эцна, х1усам чохь къайлаелира…»

     ***

Бераш хьалакхиийра.
1амийра уьш, шен 1амо боцчу ницкъал а сов.
Цхьа к1ант счетовод ву. Важа суьдехь г1уллакх деш ву. Шинне а зударий балийна…
Т1елаьцна нуц а – юьртара хьехархо.
Букара, 1асанна т1е а тийжаш, цхьана ц1ийнера вукху ц1ийне г1ора, цхьа к1ант волчуьра важа волчу…
Массанхьа еза хьаша яра иза; берийн берийн дола дора, москалшна дарбанш леладора.
Артделира б1аьрса, амма цо дегочу куьйгашца к1ентан к1антана совг1атна пазаташ юцура. Амма уыи кегий хилира.
– Когара схьаяха, хьомсарниг, аса хьан жимачу вешина д1ахьур ю уыи, ткъа хьуна кхин юцур ю.

Бер дилхира.
Нанас доьху:
– Д1алохьа, х1ун бен ду, ца вилхичхьана…
– Х1ан-х1а, йо1, аса х1орш Коциина лур ю… Бер т1ех ма даккха…
Бер кхин а ч1ог1а дилхира.
– Нана, хьуна оццул кхоам хета оцу пазатех? Лаьа, гуш ду, к1антана там бан г1ерта хьо! Ткъа тхоьгара диканиг к1езиг гина хьуна, аттала, пазазаташ а кхоайо?
Пазаташ керара охьаийгира. Дуьхьала йист ца хилира нана. Коьртара кортали нисдира.
Йо1ана хиира нанна вон хиллий, х1етте а т1етуьйхира:
– Аса бакъдерг ца элира?

Зуда хьалаг1аьттира, шен юбка егийра.
Бер доьлхучуьра д1атуьйш дацара.
– Ма велха, ма велха, аса кхинаш оьцур ю хьуна, х1окхо бехкаш ца даьхчахьана! – элира
Йоккха стаг уьйт1а елира. Цхьа а 1алашо а йоцуш ц1енна гуо баьккхира, ша шен дерриге дахарехь т1ехь къахьегна долчу, берриге ницкъаш д1абелла долчу. Беша текхира. Охьахиира.
Коьрта чохь цхьа а ойла яцара. «Кхоам хета», «там бан», «к1езиг дика динера», – дешнаш декара хье чохь.

Лулахо йолчу яхара.
– Хьуна т1ехь бос а ма бац! Хилларг х1ун ду?
– Х1умма а ца хилла, сан хьоме Потиэ, бурконна хила тарло…
Ц1а еара. Москалан к1орнешна хьалха нитташца хьакхийна бод чохь болу кад биллира.
Охьайижира. Корта базбелла бу, ткъа дег1 дай ду. Цхьа а ойла яц коьрта чохь, амма декаш дешнаш ду: «Кхоам хета…», «там бан…», «дика к1езиг динера…»
Т1аккха ц1еххьана сацам т1еийцира: «Цхьанна а оьшуш яц, цхьанна а… сов ю… дукха хан ю сайн майра волчу яха еза…»
Шена т1ера дерриге духар д1адаьккхира, схьагулйира ерриге еза мел ерг, т1орказ чу ехкира, халла бен дег1 къовлуш доцчу цхьана т1елхигашкахь ц1а чуьра араелира, ша хала къахьоьгуш шен куьйгашца дина долчу.
Ларамаза санна, майрачун коша т1е яхара, охьахиира, куьйгаца шарбира къух даьлла кошан барз, элира тешам боллуш а, буьрса а:
– Йог1ур ю со кестта, йог1ур ю, сан Пилипэ!

 ***

Берашна еххачу хенахь х1умма а ца тосаделира, х1оранна а моьттура нана важа волчохь хьошалг1ахь ю.
Ма-хиъинехь, са тохаделира, эхь доьссира: «Наха х1ун эр ду? Ца ларйи шайн къена нана!»
Лоьхуш т1аьхьа бевлла лела дезахо хийтира.
Газеташна т1ехь хаам бан ойла хилира, амма иза а дерриге дуьненна а хьалха эхь ду.
Иштта 1ийра уьш, х1умма а ца деш.
Ненан даг чу тесира: «Бехке бийр бу-кх сан доьзал, эхь т1едог1ур ду-кх царна», – саг1а доьхуш даьккхинчу ахчанах леррина кехат дахьийтира, ша ала а олуш, кхечуьнга яздатийна долу.
«Хьомсара бераш, бехк ма биллалаш, Далла г1уллакх дан йоьдуш ю со, суна са ма гатделаш. Даиманна а 1одикайойла!»
Уьш аьшпаш бара, наггахь бен харц дерг ца дуьйцура кортали коьртахь долчу зудчо.
Кехат хаъал деха дара. Берийн са тийра, хазахийтира. И кехат, шаьш шайн бакъ дан, кхечаьрга а гойтура. Хьарамло йоцуш, нийсса бийкъира вовшашна юкъахь ненах бисна бахам: масех дато шай, дарин йовлакх, даь1ахкан мукъ болу шаьлта, кхин кега-мерса х1уманаш а.

***

Цхьана аьрхачу пана лелачо, г1аддайна сонехь лаьттачу мискачуьнга элира:
– Нана, ахьа тхан са х1унда дуу, хьайн са а х1унда дуу?
– Х1ун дийр ду, ткъа, сан к1ант, со суо а яц сайн дахарна реза.
– Д1огахь ду-кх Кура-хи, шадерриг чекхдер ду-кх…
– Сайна т1е куьйгаш хьуо боху ахь? Ас муха лоцур ду сайна т1е иштта къа? – иза а аьлла, д1аедира иза, ун долчу стагах санна къаьхкина

            ***

Газета т1ехь хаам къедира: «Вак1е к1оштахь полицина карийна 1аьржачу басахь т1елхигаш т1ехь а йолуш йоккхачу стеган дакъа. Когахь тиша к1архаш бу. Некха т1ехь гучуяьлла йоьза ж1ар, аьттучу куьйган маза п1елга т1ехь томан мух1ар, мух1аран чоьхьарчу аг1онна т1ехь халла къастаделла «Пампиэ» (иштта ду-дац ца ч1аг1до оха)».
Берашна, хетарехь, и хаам ца тосабелла я цхьамма а оцу хьокъехь цаьрга х1умма ца аьлла.

Берех уггаре хьекъале волчу, оццу хенахь уггаре сонтачо, цкъацкъа хьекъале олура: «Воккха хилча стаг хьекъална оьшу, шен цакхетамца лела иза. Иштта, масала, баккхий нах шайн б1аьргаша хьоьххучу новкъа д1абоьлху. Д1абоьлху, д1абоьлху… 1илманехь цунах олу кхетамах тилар, ткъа вайн халкъалахь – некъах тилар…»

Гуьржийн маттара гочдинарг МАРГОШВИЛИ Султан

Вайнах, №6, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх