Леча Абдулаев

фото Леча АбдулаевНохчийн мотт

Да ваьлла ца волуш,
Да вала ца вуьтуш,
Ког хецна ца болуш,
Т1ам баржо ца кхуьуш,
Г1амарлахь х1у санна,
Овкъарлахь суй санна,
Бихкина 1илманна,
Бихкина иллина,
1иллина биллина,
Биллина 1иллина…

***

Нана, нана, нана,
Хьан во1 къанлуш ву.
Сина парг1атъялла,
Кхид1а къеж ма ло.
Гарехь, дахар даьлла
Хьан саийдин, -
«Аьрха», «харцахь» аьлла,
Хьан во1 вийцина.
Дагна чемаш хоьржуш,
«Вуьйлуш нахала»,
Ас кхин дан ца доьг1на
Мерза г1алаташ.
Зама аьлла яьлла
Эриг замано.
Нисйи цо сан амалш,
Шарди аматаш.
Къоначарна аьлла,
Дан сан хьехар ду…
Нана, нана, нана,
Хьан во1 къанлуш ву.

***

Х1ун дер, ткъа? Дерриг ду нийса.
Дерриг ду ша хила деззарг.
Вай гуттар 1ере сатийсарх,
Дика цкъа д1адаха деза.
Цунах а хир вац, цхьадика,
Гуттар а 1ен веъна хьаша.
Д1адоьдуш ца хилча дика,
Вуо а хир дара 1ен маьрша.

***

Чудирзина чудерза мел дезарг,
Чу ца ерза, яха г1арг1улеш.
Сан а х1ума дац кхин араъьийза,
Маьлхан, беттан рожехь г1аролдеш.
Со д1авуьсу х1инца беа пенна,
Тхевнах тешош деган сийна г1аш.
Соьца дуьсу и сан маьлхан г1енаш,
Тхига, баце сан сатийсамаш.
Хаьа, юхайог1ур юйла б1аьсте,
Юхайог1ур юйла г1арг1улеш,
Амма вац сан цкъа а, царах къаьсташ,
Уьш кхин суна гур ю ала, теш.
Деган шо сайн г1арг1улеша долош,
Г1арг1улеша дерзадеш и д1а,
Х1оразза а, ваха юкъахволуш
Санна, доккху ас т1едог1у 1а.

***

Д1авахнарг вуьсучохь виса,
Цкъа со а д1аг1ур ву ваьлла.
Хиндоцче эрна сатийсар
Цу новкъахь сол хьалхадаьлла.
Дезарг, и дезарна, деза,
Дезарна кхин ял ца лоьхуш.
Бацалахь лепа и зезаг,
Зевне йиш, д1о-о геннахь лоькху;
Кора к1ел заздаьтт1а лайлак,
Беттасих бухъюьйлу буьйса -
И дерриг, со диъна, лайна
Валарх а, жоьра ца дуьсу.
Х1етте а, ловш дегаэшам,
Цхьаъ хир ду-кх, вайн даге хаттахь,
Дуьсушдерг вайх дисарх тешар…
Хир ду и – вайна кху лаьттахь,
Ваьш доцуш иза мел лаьтта,
Ваьш дагадог1у дог эшар.

***

Мархаш, дашал язъелла,
Лаьтта стиглахь сарралц,
Логехь эккха кечбелла
Велхаран къурд санна.
Я ца хуьлу йочана,
Я ца йолу екхна,
Малхах хьаьгна волчунна
Меттиг боцуш эккха.
Йоцуш йовха я шийла,
Бодане я сирла,
К1еза санна, дашийна,
Са а ц1ийза кийрахь.
1а д1адаха, д1адолуш,
Б1аьсте яц-кх схьахуьлуш.
Хаац суна, х1ун олу
Шеран х1окху муьрах.
Ткъа дог духу-кх, духу, цхьа
Б1аьсте йолуш хала,
Йог1ур юйла хуушшехь,
Йог1ур йоцуш санна.

***

Доьшу сайн цкъа мацах яздина илли.
И тахна иштта ца яздан мегара.
Амма ас цхьа дош ца хуьйцу цу т1ера,
Цкъа мацах яздинарг дуьту ма-дарра.
Хьоьжу сайн цкъа мацах
даьккхинчу суьрте.
Со тахна иштта ца хьежа мегара.
Далла бу хастам,
и хийца йиш йоцуш-м,
Даим а хир долуш х1инца ма-гарра;
Сурта т1ехь мукъне а и ехар йолуш -
Б1аьстенна биллинчу б1аьргийн хьогалла…

***

Саца, м1аьрго, хьо исбаьхьа ю!
И. Гете

1аьнан а хуьлу шен
малх кхетта денош,
Наггахь кхуссу сенчу гаьн т1е луо а.
Х1ора де а дог1ур дац дог делош,
Хуьлуш дац я гуттар лаьтта вуо а.
Хийцам бохьуш, хьийза горга дуьне,
Темаш, весаш – ший а ду шайн ц1ера.
Шина а кедан барам деши дуьллий,
Ца нисдо шен терза дашопхьеро.
Б1аьрг боьлхучун
б1аьргах дериг а ду-кха
Б1аьрг боьлучун
б1аьргах доллу б1аьрхи.
Дерриг тайна цхьана а дас ца дуу…
Вахар ша ю цхьа исбаьхьа м1аьрго!

***

Дог 1ехадо хазахетаро,
Т1аьхьало йоцуш дуй хаарх.
Ларамза вай вовшахкхетар а
Цхьаъ дара – вай къаста бахьна.
Хаза г1ан г1енах а дезало,
Хьо сацо лаьара лаа-м,
Амма, г1ан цкъа хада дезарна,
Йитира боцуш дегбаам.
Т1ехтилла хьо хазахетар…
Масане тили цул т1аьхьа.
Хьо ас а йицйира х1еттехь,
Вицвина хир вара ахь а.
Ткъа тахна ца йолу т1аьхьара,
Дуьхьал ван сан некъ ца хилча…
Дуьнен т1ехь хьо йоций хааро
Хьо йицъян ца вуьту х1инца.

***

Меллаша не1 йоьллуш,
цхьа хаза чуер ю хьо.
Ас къахкор дац хьуна
и хьоьца чудеъна х1уо.
Эхартан марзонех рузбанан
и деза ч1аг1дарш
Тховсенна дуьту ас.
Вайн не1арш, кораш т1еч1аг1а.
Ойланна хилахьа полланан
т1омал а яйн.
Шок тухург х1оттабе пилта
т1е чай кхехкон яй.
Чайнан яй кхехкачу юкъанна
хилахьа юххехь,
Йолало, т1едухий вайн
ц1ахь хьо ц1ера ен духар.
Турпалчу дагна а
ма лаьа цкъа 1ехадала.
Ва, дукхаяхарг,
хьан дерриг ду сан сина дала:
Цхьа пхьег1 екае,
ц1овзийта ц1енкъара у -
Моттийта кху ц1ен т1ехь
миччахь а хьо цхьанхьа ю.

***

Сахьийза. Стенна сахьийза?
Сагатло. Стенна сагатло?
Хетало, б1аьрга буй хьийзош,
Седарчий белхар до батто.
Цицигах хьекхало когех,
Бер санна, схьа мара хьерча
Мела х1уо. Хьесталун х1уо гой,
Когаш т1ехь ийъало хьечаш.
Чилланаш цкъар хеза уллехь,
Д1анехьо бух1а а ека.
Сан хьеший, жим-жима гуллуш,
Схьагулло, сан г1айг1а екъа.
Беттаса хьалхачул б1аьрла
Схьакхета. Кхойкху д1о-о борг1ал.
Т1аьххьара бецан хал аьлла
Сан хьеший набарах бовлу.
Со-суо цакхетачух кхетий,
Сан г1айг1а д1аоьцу ерриг,
Суна сайх царах цхьаъ хеттал:
Гаьннех – га, бецах – цхьа хелиг…

***

Гатлуш ма гат а ло-кх, мерза са,
Юткъалуш ма юткъало хьо, сема ойла…
Юха а хила там ма бара са, -
Юха а хилла хьан – цхьа дика гойла.
Х1етте а сецна ю моттало хан.
Бухара д1адоьду моттало латта.
Хьан шовкъаш ца юьсу харца а ха.
Я лоьхург ца дуьсу, дуьнене хатта.
Бутт а лей, ца дузу хьан беттаса.
Малх а лей, ца дов хьан тевжийла, 1ойла.
Эх1, ша а тоьаш ду гатделла са.
Дог делхо, тоьаш ю юткъаелла ойла.
- Х1унда? – ма хеттахьа. Х1ун жоп ду сан?
Цамгаран ц1е хиъча-м, ден дарий дарба.
Ша гатлун дела, д1агатло-кха са.
Цунах а веза хир-кх цкъа доггах 1аба.
- Х1унда? – ма хеттахьа. Х1ун жоп ду сан?
Х1ун ала деза вайн жимма дог айъа?
Парз хилла доцушшехь, гатдечохь са -
Вай йийриг хир ю-кха цхьа суннат г1айг1а.

***

Хазахетар, халахетар -
Дерриг хилла деккъа хетар.
1ехавалар, дезадалар -
Дерриг хилла деккъа валар.
Дохковалар, догзавалар -
Хуучо хьан хетар даар…
Хьо ца кхуьуш кхетта вала,
Иштта д1ачекхдолу дахар.

Вайнах, электронная версия, №4, 2018

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх