Крылов И. А., Тютчев Ф. И., Некрасов Н. А., Хетагуров К. Л.

Крылов И. А.

Борззий, Iахаррий

Ницкъана ондачо ша лору нийса,
Ткъа цуннна Зама ю даима теш,
Амма вайн 1алашо – зеделларг дийца
Байтаца, харцонна инкарло еш.
Цхьа Iахар довхачу дийнахь хин йисте беана хилла,
Ткъа цига Борз кхача йиэза, мацалло б1арзйина, тилла,
Хи молуш лаьтташ вайн Iахар,
Борз йог1у цунах б1аьрг кхетта,
Т1екхаьчна, кеп-нийсо аьлла, 1алг1ожа цо вовшахъетта:
– Ма дика хьо баьхьа, йовсар, кхузара хи мийла сан,
Чу 1уьттуш хьайн боьха муц1ар, гонаха дац аьлла ха.
И забарш ахь ярна шорта,
Ас боккхур хьан 1овдал корта.
– Хьан пурба, х1ай, сийлахь Борз, хьо лакхахь – цхьа б1е г1улч суна,
Цундела хи кего хьан йиш йолуши со бац-кха, хьуна.
– Уой, т1аккха со луьй-кха шалха!
Ма бийла хьо, хьенех, сов!
Ахь кхузахь иштта шо хьалха
Цкъа соьца даьккхира дов.
И хьуна дицдина яц со,
Схьагарехь, х1инццалц схьа суна пе бетташ лелла-кха хьо.
– Кхералахь къа лато хьайна, –
Iахаро вайн хазадо, –
Дуй баа кийча бу сайн цкъа,
Ца кхаьчна аьлла-кха шо.
– Ткъа иза хьан ваша хилла.
– Сан ваша хилла а вац.
– Ткъа иза шун нуц а я захал хилла.

Шун ц1ийнан дукхаллех со кхуьуш яц.
Шу массо: ва ж1аьла, жа1у
Дан суна лерина зе,
Ткъа, вуьшта, ка ялахь, шу-м ду
Даима кийча со ен.
Аш суна диначу вонна
шух муьлхха жоьпалле ву,
Цундела массеран метта к1ус хьайниг ас отур ю.
– Ва, муха лоцур бу боцу бехк т1е?
– Сацийта, к1ордийна хьоь эрна дийца,
Мацалло б1арзйина, сан лен дац де,
Хьайн бехкаш, цабехкаш сан гайне бийца…
И аьлла, вайн Iахар эцна
Борз яха хьуьнха, г1улч хецна.

Тютчев Ф. И.

Набазалла

Сахьто до цхьа тайпа шен хьехам-дов –
Муьлххачу буьйсанан тар-дийцар тийна!
Мотт цуьнан массара цхьатерра зийна,
Цундела х1оррамо и, кхетош, лов!

Хьанна ца евзина вайх г1айг1а-вас,
Дуьненан тийналлехь схьахезаш шера
Заманан къорачех цхьа тийжар къера –
Хааме-къастаран т1аьххьара аз?

Хетало леш санна вайн
Дуьне цхьалха,
Ц1аьххьана кхачийна Оьмаран хан,
Вай дуьтуш къийсамехь, лан деха г1ан,
Iалам а д1адоьдуш, г1улч туьйсуш хьалха.

Ткъа эццахь вайн Дахар схьах1утту вайна,
Б1арлаг1а ва санна,
Лаьттана йисттехь,
Вайн денош дерриг а, доттаг1ийн бистта…
Чулаьцна дан герга, бодашкахь дайна.

Цу юкъа маьлха к1ел сихонца кхии
Къоначу, керлачу т1аьхьенан чкъор,
Ткъа вайца вайн шерийн, доттаг1ий, мор
Кхолламна базбеллий вайна ма хии.

Т1ахь-т1аьхьа, вайн
накъост д1аверзош, хеза
Г1ийлачу назманан карзаха зов,
Цо туху вайн кийра нуьцкъала ов, –
Вайн къина ма йоьлху и назма еза!

Некрасов Н. А.

Ирсе ву байтанча, к1о йоцуш веха,
К1еда верг, мерза верг – синхаам тов.
Тийначу говзаллин лайш болчу нехан
Маршалла – даима цунна кхаъ сов;

Ишттачийн дегйовхо вай вуьйцучунна –
Эсала лерг хьоьсту тулг1енийн тар,
Яц цуьнца цхьа шеко, ша тоам цунна,
Яц цуьнца кхолларна хьакъйолу лар;

Ша волуш парг1ата, девна т1ех гена,
Ца х1утту цкъа язъя к1оршаме и,
К1езгачу нахана – виллина эла,
Масссаьрца тарло и – х1ун оьшу кхи?

Цецбуьйлуш, нуьцкъала хьекъал шен зийна,
Вац иза вуо вуьйцуш я чехавеш,
Заманхой бу сиха, волччуьра дийна,
Д1ах1отто сий-х1оллам, и декъалвеш…

Амма ву декъаза пох1манча т1аккха,
Цо бийцахь цу нехан осала аг1о,
Церан «со» и хьажахь бакъ 1орадаккха,
Уьш тоба, уьш нисба ша йина ч1аг1о.

Маьттаза долчуьнца т1ом-ачо йолуш,
Маттана кхоьллина ира а, шера,
Халачу новкъа и схьавог1у, болуш
Шен буьйнахь йозанан г1ирс онда, дера.

Пуьташ бу, харцо ю некъ цуьнан лаьцна:
Ца лоьху шена цо дош дика олург,
И воьду, ца вухуш, г1улч маьрша хецна,
Там хуьлуш, нисвелча шена луьйш вог1ург.

Тешаш я ца тешаш шен 1алашонех,
Шена т1е диллинчу лекхачу декхарх,
Цо безам кхайкхабо массо а гонехь,
Ца буьтуш болх шениг, мел ч1ог1а дехарх, –

Цо дечу къамелийн г1ар хезча, чехка
Стамло-кха луьрачу мостаг1ийн гуо,
Хьекъале я эшна нах чуьра кхехка,
И лууш кхардамца вийца т1ех вуо.

Дехьара, сехьара и валхош б1о бу,
Ткъа мацца, и велла, тезета х1уьттуш,
Хуур ду массарна цо динарг мел ду,
Мел дезаш шаьш хилла, цабезам буьйцуш!

Хетагуров К. Л.

Бала

Делха шу, х1ай, лаьмнаш, делха шу деха!
Шу диса дохку-те, ца довлуш вонах?
Цу хьаьтто д1ахьойла дов хоттурш нехан,
Кхин царех ца вели вуьззина къонах.

Лозийла церан а деттало дог,
Нахана еш йолчу чевнех уьш кхиъал,
Адамийн не1алтех х1оьттина бог
Царна чохь ехийла, уьш терге хиллал.

Ондачу г1оьмашца къевли вайн куьйгаш,
Вайн еза меттигаш сийсаза йина,
Вайн дакъа схьа ца луш, вайн лаьмнаш туьйсуш,
Къена верг, къона верг йийсархо вина.

Вай д1а-схьа даржийна, базбина бала,
Иштта жа даржадо дерачу барзо,
Валахьа меттах хьо, тхан жа1у, вала,
Тхо хьера дахале кийрарчу арзо.

Мостаг1чо б1арздина, тхо бердах доьлху,
Сий ларда г1евттина, сий дайна, леш ду…
И доьлху к1ай баххьаш тхан къина доьлху,
Орцах хьо валахьа, тхо балехь дохку.

Гочйина ХАТАЕВ Хьусайна

Вайнах, №2, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх