Ковраев ШапаI

кавраевКъоме весет дина…
Шен ненан мотт халкъо,
сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
цхьаммо а хьошур яц.
Мамакаев Мохьмад
Сов беза лерина вайн ненан мотт,
И ларбан т1аьхьенна дуьтуш весет,
Вирзи цу эхарта даимна хьо,
Х1оттаеш Даймехкан юкъара тезет.
Нах ца кхардош
Тийсалуш толкха а лелхаш,
Хьо г1ерта къамеле вийла.
Д1атасий хийра мотт,
Вацахь и бевзаш,
Хайн ненан маттахь дагара дийца.
Шен хьолах чам байна…
Ша стаг хиларх доккхачу даржехь.
Хьал-бахам болуш хиларх а и;
Хиларх шуьнехь чам-мерза кхача.
Хьох-сох веларх а т1аьхьашха и;
Шен д1аьвше бага а д1аетташ
Хьийзабарх миска пекъарш цо,
Цабезам буьсур бу цунна т1ехь нехан.
Д1акхелхаш шеца и д1ахьур бу цо.
Ахь боху хьайн дай элий хилла
Ахь боху хьайн дай элий хилла,
Букъбелла токхечу хьолах.
Цара хьо, пекъар, ма тилийна,
Шайн дахар хиллашехь дорах.
Хилла бац цкъа а элий хьан дай,
Уьш г1ийла баьхна охуш, дуьйш-
дерзош.
Ахьа а ма дохка эхь-бехк а хьайн,
Лахьтанийн гатте уьш берзош.
Вайшиъ цхьаьнакхетта 1986 шо…
Вайшиъ цхьанакхетта шо,
Деънера иза цхьа шийла.
Февраль арахь, цо х1ун до,
1азапе хьан къуьйлуш кийра?
Доьхура 1алашъяр хьуо,
Лелара со синтем байна.
…Ткъа х1инца-м хьо ирс долуш го, –
Ас г1айг1а т1елаьцна сайна.

Харц дуьне
Харцонехь доьттина
Ду дуьне вайн:
Бакъонна т1ег1ертарг,
Меха вац лайн.
Харцонан байракх шайн
Эцнарш кара,
Ма дохко бевр бу-кха
Цу махьшарахь!
Шалхо лелор стогалла яц
Юьхьдуьхьал цхьаъ дуьйцуш,
Т1аьхьашка – кхин,
Лелачух ваьшна вац,
Вешар а вац.
Стогалла, яхь-бехк а
Доьхкина, и
Вахалур вуй теша?
Со-м тешар вац.
Сайн к1анте
Олучух хьайн т1аьхьенна,
Даим ларлуш хилалахь.
Т1аьхьенна дош ала меттиг,
Яларх, сан к1ант, кхералахь.
Сан цкъа а хилла яц шеко
Тешнабехк бин цунна къиза,
к1ант, тахна,
Б1аьрнег1ар ца тухуш ахь.
Везачу Дала и бицбийр бац цхьанна,
Цкъа мацца бакъ бекхам ловр ма бу ахь.

Вайнах печатная версия №2, электронная версия №6

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх