Ковраев ШапаI. Нана

Дийцар

«Ненах къаьстича беран даг т1ера зезаг дужу», – олуш хезна суна жималлехь. Вуно нийса аьлла дешнаш ду уьш. Бер, мел яккхий халонаш т1ех1иттарх а, ирсе ду ненаца. Цунна къеггина тоьшалла до г1араваьллачу нохчийн яздархочун С.-Б. Арсановн «Нана» ц1е йолчу дийцаро а. Балхара ц1а йог1учу нанна г1али юккъехь карадо мацалло чуьра арадаьхна, тиладелла, кхерста шен бераш. «Цу сохьтехь тхо дерриге а ирсе дара», – боху к1анта. Йоккхачу говзаллица гойту автора ненан а, берийн а вовшашка болу безам. Мацалла а, муьлхха хало а лан кийча бу доьзал, шаьш цхьаьна хилчахьана.

Ненаца дан а ду бер ирсе. Лаа дац дуьххьара мотт 1емачу беро ненан ц1е яккхар. Тийсалуш олу цо: «На-на». Цхьа цатам шена хилча а, нене орца доьху. Еза цунна иза шен сил дукха. Цунах даьлча шен дахарехь т1аьххьара минот ю моттало. Вайна массарна а хууш ду мел марзо, йовхо ю ша винчу, кхиийначу нене…
Стаг ша-шех дуьстича бен дика кхетар вац оцу хьолах. Х1инца со бер дац, амма хьомсарчу сайн нене Тайбате (иза х1инца яц, Аллах1 Дала декъала йойла иза) лийр боцу безам, марзо ехаш ю соьца даима.

Шовзткъа шо хьалха, чолхе операци а йина, дуьне ган йиш йоцуш, дууш-молуш х1ума доцуш, адамашка вистхилар доцуш, дуьнене айса т1аьххьара б1аьрг тоьхна баьлла моьттуш, со 1уьллучу хенахь, сайн ненан аьхна куьг сайна т1едеача, и дерриге а дицлой, лазар сайх д1адаьлча санна, суо товелча санна хеталора суна. Еш наб йоцуш, хуьлуш синтем боцуш, байлахь дисина бер санна, г1ийла сан б1аьра хьоьжуш, суна уллера д1а а ца йолуш, 1ийра иза цхьана шарахь гергга. Иштта балий, сингаттаммий лан дийзира сан ненан со бахьанехь. Аллах1 Дела, Хьайн боккхачу къинхетамца, комаьршаллица со бахьанехь цо лайна бала, хало, цунна хилла болу ницкъ, Хьайн дуьхьа ларий, декъала хиллачу тобанах елахь сан нана, Тайбат.
Со х1инца воккха хилла, берийн бераш а ду сан, амма суо бахьанехь сайн нанна хилла болу ницкъ а, суна даима йовхо луш хилла лаьттина долу цуьнан аьхна куьйгаш а ца дицло.

Цхьана буьйсанна сан нене Тайбате сада1ийта дагахь, соьца больницехь буьйса йоккхуш 1ийна хиллера сан ненайиша Джабраилова Зайнап (Дала декъала йойла иза). Со сама ваьлча, сайна уллехь даима санна, сайн ненан куьг доцийла хиънера суна. Т1аккха ас, доккха са а даьккхина, элира: «Х1ара сан ненан куьг ма дац. Хьо мила ю?» Ненайишас, елхаран къурдаш а деш, ша хилар хаийтира суна.
Ах аг1очуьра са д1адаьлла, мотт сецна, иза 1уьллучу хенахь а, со дог токкха вара сайн нана дийна йолуш, иза дуьнен чохь хиларх воккхавеш… Сайна чохь са мел ду, т1аьххьара суо каш-лаьхте кховдош а, суна цкъа а йицлур яц сайн ненан Тайбатан комаьршалла, цуьнан къинхетам, цуьнан деган йовхо, марзо. Самах а, г1енах а суна даима дуьхьал лаьтта цуьнан юьхь-сибат, аз. Г1енах и сайна яйча а, самаха и долуш санна, сайл ирсе стаг ца хеташ лела со.
Цкъа мукъане а сайн ненаца марзо эца йиш хилча, мел ирс долуш хетар вара суна суо! Иза хила аьтто боцийла хиъча, дагна ч1ог1а ницкъ а хуьлу. Маржа я1, жимчохь эшна ца 1аш, стаг мел воккха хилча а, ма ч1ог1а оьшу нана, ма ч1ог1а еза! Дуьнен чохь хьо мел веха, цкъа а бовш ма бац нене болу безам… Маьрза стом бу хьо, Нана! Хьоьца ма бу берриге а къинхетам! Хьоьца ма ю ерриге а комаьршалла! Хьоьга ма балхабо оха тхайна хилла цатам а, хилла йолу вас а. Ахь ма оьцу тхан дог, ахь ма доху тхо парг1ат. Хьоьца ма лаьа тхуна к1ордор доцуш, дагара дийца. Хьо йолчохь ма кхета тхуна маьрза наб, набарх а ца довлуш….
Кхин цхьа масал дало лаьа суна ненах даьлча беран дуьненан синкъерам д1абаларх лаьцнадолу.

Сан к1ант, Ковраев 1ела, ишколехь доьшуш ву. Цо соьга цхьана дийнахь дийцира, шеца ишколехь доьшуш шен нийсархо ву, бохуш. Цхьаьна а тайпана самукъадолуш вац иза, даима ойланаш еш, 1адийча санна, тийна 1аш хуьлу. Цхьаъ дийца г1ерта хир ву-кх хьо, аьлла, ас башха тидаме а ца лецира 1елин къамел. Цхьа-ши к1ира даьлча, ишколера ша ц1а веъча, шена т1ера бедарш а хийцина, юьхь-куьг а дилина, соьца цхьана х1ума яан дагахь, соьга кухни чу кхайкхира 1елас. Т1аккха д1адолийра цо шен къамел: «Дада, – элира цо соьга, – суна х1инца хиъна сайн нийсархочуьнгахь хилла болу бала». Со ч1ог1а цец а ваьлла, ладуг1уш вара цуьнга. Беснеш т1ехула охьаоьхуш мела б1аьрхиш а долуш, хораме къурдаш а деш, цо соьга элира.: «Иза шен ненах къаьстина хилла». И дешнаш ша аьлла ваьлча, кхин соьца кухни чохь ца соцуш, аравелира иза. Гуш дара шен нийсархо т1ехь нана йоцуш, ненах къаьстина хилар 1елина халонга далар. 1елина даьлла ца 1аш, суна а делира иза вуно ч1ог1а халонга, сан къинхетаме дог 1овжийра 1елин дешнаша. Оцу нана т1ехь йоцучу к1антах къа хетта ца 1аш, суна сайн к1антах 1елах а хийтира къа. 1елин а кхоллаелла хир ю-кх шен жимчу даг чохь ойланаш: «Нана йоцуш, ненан марзонах хьега ма дуьсийла дуьненахь бер», – аьлла.
Вай лакхахь далийначу масалша вайна къеггина тоьшалла ма до: «Нене кхочуш х1ума дац х1окху доккхачу к1айн маьлхан дуьненчохь». Цундела нанойн сий деш, церан хам-пусар деш ваха декхарийлахь ву xlopa доьзалхо дуьнен чохь ша йоккхачу хенахь.
Ненан дог кхин а къинхетаме ду шен бераца. Берана эшначохь шен са д1адала а, яла а, ц1ергахь яга а кийча ю нана. Йийцина ца валлал йоккха ю цуьнан деган йовхо.
Нанас бер хала кхиорах лаьцна дика аьлла Мамакаев Мохьмада шен «Нана» ц1е йолчу стихотворенехь:

Пхьор доцуш, тийжаш,
Корталин бовха т1ам
Сан дег1ах хьерчабеш,
Ахь хала кхиий со.

Адамийн дог кийрахь долчу стеган дог 1овжор ду цу дешнаша, к1орггера ойла йойтур ю, кхетор ву ненан ша динчу шен бере болчу къинхетамах, муьлхха а хало лан иза кийча хиларх.
Ткъа ненах бер даккхар. Цул доккха х1ума х1ун ду кху дуьнен чохь?! Къа дац ненан, ша динчу берах яьккхича? Иштта къа дац ненах а девлла, ненан марзо х1ун ю ца хууш 1ан дезачу берийн? Х1аъ, шеко йоццуш, къа ду церан. Амма оцу цхьаболчу адамийн дегнаш доцчу нахана къа ца хета царах.
Азаллехь Аллах1 Дала шайна яздина ма-хиллара, шайн рицкъанаш кхачийна, дай-наний вовшаха къаьстича, бер нанна ца гойту, цуьнца ца дуьту. Цхьа бахьана х1оьттина, ц1ийнах йоьхна, шайн йо1 я йиша ц1а йог1уш, цо шеца шо а кхачаза бер далийча, шайна т1е доккха эхь дог1у моьттуш хуьлу цхьаволу да, ваша. Беран могашаллина, цуьнан кхиарна а ма боккха эшам бо ненах къастаро. Билггал ма йоккха къизалла ю иза. Далор вай масалш.
Пхийтта шо хьалха , маре а ца нисделла, доьзалхочух а йолуш , ц1а еара Л. Камета. Дукха хан ялале дуьнен чу велира доьзалхо. Дуьнен чохь мел долчу х1уманал ша ирсе хетара нанна. Ша маре а ца нисделла ц1а яр а дицделлера цунна. Карахь к1ант а волуш, шен да-нана дехачу х1усаме еара йо1. Дас а, тайпаначу наха а бер шен дега д1адала сацам бинера.

Дуьххьарлерчу шен доьзалхочух яла хала дара нанна. Ша х1ун дийр ду ца хууш, шен кийрахь болу бала бийца стаг воцуш йисира Камета. Кхин шен дан амал цахиларна, дуьне мел ду д1аяха кийча ю ша шен к1антах ца йолуш аьлла, хабар туьйхира цо шен дега а, дехошка а. Цул т1аьхьа хилларг ирча сурт дара.
– Вайна т1е юьхь1аьржо ян г1ерта иза, цул совнаха, вай нахала а довлу, иза йийча нислун х1ума дац цу йо1а дагалаьцнарг, – бохура кхеран ц1ийнан хьалхарчу воккхачу стага.

Тезет яьлча санна, Каметаг1еран керт-ков сийсош адамаш лаьттара оцу дийнахь а, буса а. Х1ун кхиэл яра цара йийриг? Нене бер кхабийта ца деза, доьзалхо шен деца хила веза – иза яра церан кхиэлан чаккхе.
Ишттачу кхиэло гуттаренна а вовшах хьега дитира к1антий, наний. Беран шен ненан шурин чам бовзале ненах къаста дийзира: ткъа нана цхьа хан-зама яллалца шен дехойх, вежарех лечкъаш, шегара хало йийца стаг воцуш, ненахошна т1еяхана 1ийра.
Шен доьзалхо нанна везарх – иза юьхь1аьржо яц. Иза мелхо а сийлахьа ду. Эхь дера дара иза ца везаш, цуьнан долара а яьлла, лелаш хилча.
Соьлжа-Г1алахь вехаш волчу Н. Жумин йо1 Лайса а еара жима бер карахь а долуш марера ц1а. Жимачу берах къахета а, догьэца а декхарийлахь хила везара да. Къинхетаме хаза дош муххале а ца элира дас.

– Ас эзар дакъа дина кхоалг1ачу г1атта т1ера охьакхуссур ву хьан к1ант, – бохуш, даима а кхерам латтабора цо.
Дукха хан ялале йо1 некъан авари хилла кхелхира. К1ентан дас д1авигира шен к1ант.
Кест-кеста йоь1ан к1ант вало дохуьйтура Жумас шен зудабераш. Иза хьашт волуш а, оьшуш а леллий техьа Жума? Жималлехь шегахь а, шен ненехь а ненадас латтийна 1азап дицлур дуй техьа к1антана? Къаьсттана жимчохь лайнарг, дайнарг, хезнарг атта диц ца ло, даг чохь дуьсу.
Доьзалхочух йолуш, майрачо йитина д1аяхийтира Т1ехьа-Мартанан к1оштахь ехаш йолу М. Айсет. Дас а, вашас а хаам байтинера йо1е: доьзалхо ма-хилланехь, шайн волчаьрга д1авала везар ву, аьлла. Лоьрашца барт а бина, доьзалхо хиллачул т1аьхьа больницехь ша яккха езачу хенал совнаха цхьа бутт баьккхира Айсета. Ша т1ера нана яла а елла, ненах хьегна хан дагара ца йолура Айсетана. Иштта шен доьзалхочун дог ца дохо, цуьнга бала ца хьегийта, шена ницкъ бира нанас. Делахь а, бер дехошца кхиаза ца делира.

Йоь1ан ваша, лен цамгар а кхетта, воьжнера. Т1аккха шен йишига, т1е а кхайкхина, цо аьллера: «Къинт1ера яла суна, ас хьайгахь латтийначу халонна».
Йишин дог мелла а къинхетаме ду вешица. Къинт1ера муххалле а яьллера Айсет шен вешина, цунна хьалхара 1ожалла эцна яла а кийча хиллера.
Цхьаболчу нахана моьтту хир ду и къизалла вайн дайшкара схьайог1уш ю, вайн 1адатца нийса йог1уш ю. Бакъ дац иза. Вайн дайшна а, дедайшна а цкъа а езна яц къизалла, харцо. Берий, наний вовшах доккхуш муххалле а ца хилла цара, дуьнене орца даьккхина а, и шиъ цхьаьна дуьсу aг1o лохуш хилла. Ткъа царах дисина и хаза г1иллакхаш дицдина лелча сийлахь дуй техьа вайна? Вай стенга кхача г1ерта техьа? Иштта вай адамалла йоцуш хилча, Аллах1 Дала оьг1азло ян ма тарло. Оцу Везачу Аллах1 Дала вай лардойла цунах, Шен боккха къинхьетам бойла Цо вайх: бусулба динехь вай нисдеш, ийман, ислам вайн дегнашкахь ч1аг1деш, вовшашца къинхетаме деш, г1иллакхе, оьзда. Куралла, сонталла вайн дегнашкара д1айоккхуш, къизаллех, харцонах вай лардеш, вовшех дешаш, вовшашца ларам болуш, дахар лойла вайна Аллах1 Дала.

Вайнах №9-10, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх