Ковраев ШапаI. Ишттаниг халкъо виц ца во

IMG_9459Вайн халкъо даим лоруш хилла г1иллакх, оьздангалла, майралла, доьналла, комаьршалла, къинхетам, Даймахке болу безам. Цкъа а езна яц осалалла, сонталла, куралла, тешнабехк, ямартло.

Мел ч1ог1а халахеташ делахь а, наггахь тахана а нисло вайна юкъахь кху ирсечу дахаран г1иллакхаш т1е ца оьцуш болу цхьа шатайпа нах. Хаз-хазниг т1е а юхуш, шаьш ца девзачу нахана юкъахь кура хабарш а дуьйцуш, нехан шайх чам а бойуш, тхо санна к1ентий дан а дац я хила йиш а яц кху доккхачу к1айн маьлхан дуьненчохь, бохуш лелча, тоам хир буй техьа царна? Далор вай цхьа масал.
Иттех шо хьалха Н. Дунда вайн республикехь цхьана г1ишлошъечу фирмехь белхало вара. Массаьрца а велавелла-векхавелла, к1еда-мерза вара иза. Ткъа цхьа хан-зама яьлча фирмера д1а а ваьлла, кхин говзалла караерзийра цо. Цунах хилира г1еххьа волу «хьаькам», шен долахь «Камри» ц1е йолу машен а йолуш. Ша оцу балха вахана дукха хан ялале бевзарш-безарш бицбина, уьш д1атесна, ша цу юьртара воцуш санна, шена дуьхьалкхетчуьнга вистхилар доцуш, шен нийсархошна цавашаран кеп х1иттош, цаьрца ларам боцуш, г1иллакхе воцуш, ша-шех дозалла дан волавелира. Амма шел лакхарчу хьаькамашца т1екаре вара, цаьрца гергарло а леладора, ларам а бара. Цо аьлла бохуш хезна суна: «Сан 1индаг1ан меха бац кху юьртара кегий нах». Цхьана а тайпана шайна т1е п1елг хьажо меттиг йолуш бац уьш, хьанал къахьоьгуш, шайн юьртахоша а, Даймахко а сий-ларам баре кхаьчна. Суна ала луур дара Дундига: «Шен юьртахой ца лоруш волчу стеган ши кепек мах бац. Дика ду уьш хьоьгара г1о-накъосталла оьшуш боцуш а, хьан вонах кхера церан меттиг йоцуш а. Хьайгара г1о-накъосталла эшна уьш бисча, ма хала дара хьо царна орцахвала».
Цхьаболчу наха иза мел шайна хьалха хьашт ца хиллехь а, стаг дикачу балха нисвелча, цуьнца гергарло леладо, иза воцуш шаьш мегар доцуш санна, «везаш», «хьоме» лелаво. Масала, Н. Шерипан цхьана хенахь х1ара ву аьлла, доттаг1а а, накъост а вацара улло волуш. К1ант воккха хилира. Дешна а ваьлла, дикачу балха нисвелира. Хьалха х1орш 1аш мичахь бу а ца хууш хиллачу нехан а, цкъа а х1орш хьашт хилла боцучу а, х1ара шайна улло волуш дола хеташ леллачу накъостийн а гергарлонаш гучудийла дуьйладелира. Шерипе а, цуьнан дега, нене а «кхочуш», уьш санна дика бусалба адамаш дац бохуш, цаьрца гергарлонаш лелош, уьш шайга бистхилча, цунах тоам беш болу нах а бара.

Шайн к1антал башха, цуьнан дай-наний а дацара нийсонна т1ехь шайн к1анте нахана г1о-накъосталла дахьара эр долуш. Уьш бацара мискачарах, г1ийлачарах дог лозур долуш а, цаьрга д1ахьажа бешар болуш а.
Со-м инзарваьлла ца волу сел яхь-юьхь йоцуш муха хуьлу-техьа и цхьадолу адамаш, олий. Стаг хьалдолуш велахь, иза дикачу балхахь велахь, цуьнгара шайна бала пайда белахь, цуьнан дикане тийса са делахь, вонах кхера меттиг елахь, цхьана а тайпана эхь-бехк ца лоруш, цунна несала лелош а, иза куьйгаш т1ехь лело кийча хуьлу и цхьаболу кийрахь дог доцу нах.
Дуьненан хьал-бахам болуш а, даржехь волчу стагана мел цуьнца адамалла яцахь а, цунна ж1аьлин к1езий санна, т1аьхьа а бовлий лелаш хуьлу и цхьаболу кийрахь нохчийн дог доцу осала нах. Иза шен ков-кертахь цхьа г1уллакх деш волчу хенахь, церан ларамза цунах б1аьрг кхетахь, цуьнга и г1уллакх ца кхочуьйтуш, чекхдоккху оцу осалчу наха. Ткъа важа, царна т1аьхьашха царах ца вешаш, воьлуш лаьтта. Иза ма вац церан диканехь а, вуонехь а лаьттар волуш а, цаьрга салам дала вешар волуш а. Доккха х1ума дера ду оцу тайпана шайх цуьнан а, нехан а дог кхардор а, наха шайна т1аьхьашха олу долу дош ца лардар а…
Хьарам-хьанал къастош воцуш цо гулбинчу дуьненан бахамах шу цец а ма довла. Я цунах хьега а ма хьега. Аллах1 Далла хьалха оцу дерригенах жоп дала ма хала хир ду цунна. Шаьш оцу декъехь доцуш, Аллах1 Далла хастам белаш.

Массо а х1уманна диканехь а, вонехь а леррина тидам беш 1едал ду сан. Масала, стаг таро йоцуш, г1ийла-миска велахь, цуьнан тезет «шийла» хуьлу. Тезет йоккха ца хуьлу. Оцу тезетахь латта дола хеташ болу нах а хуьлу вайна юкъахь. Х1ун бахьана ду? Дера ду велларг а, тезет схьаоьцуш волу цуьнан верас г1ийла-миска хилар. Уггаре хьалха ийман долуш, Аллах1 Делах кхоьруш хила дезара вай. Иза бусалба стеган декхар ду. Цу т1ехь вай ойла йича, мел пайдехьа хир дара вайна.
Сан дагна йоккха чов хуьлу стеган таро яцахь, иза тергал ца веш, цуьнга бистхила дола а хеташ, шаьш цул лакхара а хеташ «адамаш» сайна дайча. Стаг дуьненан рицкъа долуш, даржехь велахь, мел йоккха хуьлу цуьнан тезет. Тезет схьаоьцуш а мел дукха 1еламнах а хуьлу. Шаьш оцу тезетахь хилла, шайна т1ера бехк д1абаьллехь а, генарчу ярташкара юх-юха а бог1у тезета нах. Х1унда бог1у? Х1ун 1алашо йолуш? Дера бог1у, кхечу нахана а шаьш оцу тезетахь гайтархьама а, велларг шайн юххера гергара стаг ву моттийтархьама а. Оцу Везачу Аллах1 Дала шайна оьг1азло ярна кхоьруш бац и нах. Шаьш Цунах кхоьруш хилча, лелор ма дацара цара Иза резавоцуш долу х1уманаш.
Иштта осала болу нах кийрахь нохчийн дог долчу цхьана а стагана безар бац. Нах боцчу нахаца цхьанне а гергарло дезар дац, цаьрца уьйр-марзо а хир яц. Юьхь т1ехь чкъор доцуш, кийрахь дог доцчу нахаца х1ун аьлла лелор ду гергарло, х1ун аьлла лелор ю цаьрца юкъаметтиг? Олуш ма-хиллара: «Дуьне деса ца дита Аллах1 Дала дуьненчу яьхна еса х1уманаш», – ма ю уьш.
Уьш хир ма бу лакхарчу хьаькамашца т1екаре, уьш къежар ма бу царна, цара лелор ма ду царна несалла, уьш лелар ма бу церан лай хилла. Кхин оцу тайпанчу нахана х1ума хьакъ ма дац. Аллах1 Дала вай лардойла-кх царах!
Дагара ца долу пхийттех шо хьалха сайна гинарг. Соьлжа-Г1алин №9 йолчу клинически больницехь хирургически отделенехь чолхе операци а йина, шен дег1ана дан-амал доцуш, лазаро лаьцна 1уьллуш вара М. Нурди. Дукха нах бацара цунна т1ехь лаьтташ, цуьнгара хьал-де хаа лууш: гергара нах а, бевза-безарш а. Цхьа цуьнан нанас дена дина йиша-ваша дара цунах даггара дог лозуш а, цунна денна т1ехь лаьтташ а. Оцу муьрехь Нурди волчу отделени кхечира лакхарчу даржехь болх беш волу К. Мас1уд. Х1ора денна бохург санна, цунна т1аьхьа бог1ура цуьнан гергара нах а, бевза-безарш а. Иза ца хилча, шайн йиш йоцуш санна, дийнахь а, буса а хедаш бацара цунна т1ехь лаьтташ болу «мог1а». Т1аккха сан коьртехь ойла кхоллаелира: Мас1уд санна, Нурди а лаккхарчу даржехь балхахь хиллехьара, цунна а ма дер дара иштта «доккха орца», цунна а лелор ма дара гергарчара а, бевза-безачара а несалла, цунна а къежар ма бара эхь-бехк доцуш.
Нохчийн халкъан яздархочо Сулаев Мохьмада дика аьлла шен «Къонах» ц1е йолчу стихотворенехь цу тайпанчу нахах лаьцна:

…Лакхарчу хьаькмашца т1екаре а хиларх,
Къежарх и, церан куьг лоций,
Делахь а, адамашца г1иллакхе и вацахь –
Хаалахь и къонах воций…

Москва г1алахь цхьана медицински 1илманан-талламан институтехь лор-консультант яра А. Милана. Иза Москва г1алахь оцу даржехь болх беш йолуш хазахетта, иза вайн махкахошна йовзийтархьама, цунах лаьцна очерк язъян дагахь иза йолчу вахана хиллера вайн республикански газетин корреспондент. Вайнехан маттахь цо шен де дика дича, Милана йист-м муххале а ца хиллера цуьнга, ша хиъна 1ачуьра меттах ца яьллера. Шегара цхьа г1о-накъосталла оьшуш, сатуьйсуш веана хир ву моьттуш хиллера Миланина. Ткъа ша деана г1уллакх корреспондента шега д1а ма-дийццинехь, мотт а баьстина, керла далийна нускал санна, дег1 нисдина, хьала а г1аьттина, елаелла-екхаелла къамеле елира къона лор-консультант А. Милана.
Ша вайн мехкан столицехь болх беш хиларх дозалла дар дуй-техьа? Я юй-техьа куралла, сонталла?

Шен къомах волчу стагаца ларам хилар – иза сийлахь а, деза а ду. Вайн вовшашца аца хилча, вай вовшийн сий, хама-пусар ца дича, ма атта хетар ду вай кхечу къаьмнашна, цара а ма дийр дац вайн сий-пусар. Вай нохчий хилар, вайн хаза г1иллакхаш дицдан мегар дац ша муьлххачу махкахь велахь а, ша мел доккхачу даржехь хиларх а.
Кху деношкахь цхьана йоккхачу стеган къамел тасаделира соьца. Дегйовхонца дуьйцу Джабраилова Зайнапа шен к1антах, Хьусенах лаьцна. Шен цхьаъ бен воцчу к1анта шен дика терго еш хилар а хоуьйту, иза шеца боккха къинхетам болуш хилар а ч1аг1до. Цуьнан къамеле ладоьг1ча, кийрахь дог ловзаделира сан. Хазахета, воккхаве цу тайпанчу оьздачу, дикачу к1ентех.
Оцу миноташкахь суна хьалха х1утту Соьлжа-Г1алахь ехаш йолчу А. Амнатан амат. Ваха вуно жима волуш кхелхира цуьнан х1усамда. Масех шарахь шен хиллачу х1усамден «ч1ир кхобуш» ц1ахь 1ийра Амнат Ваха а лелош. Цул т1аьхьа, наха йита а ца йитина, кхечу стаге маре яхара. Амма к1ант д1а ца тесира. Цигахь а Амнатан масех доьзалхо хилира. Воккханиг Ваха вара. Цуьнан т1ехь да воцуш хиларна, алсам терго йора нанас. Лаккхара дешаран заведени чекх а яккхийтира цуьнга. Цул т1аьхьа Вахас зуда ялийра. Несан а, марненан а барт ийг1ира. Ваха зудчух ца волуш, шен ненах къаьстира. Ша хала къахьоьгуш дина ков-керт а дитина, чуьра араяла дийзира ненан. Шен «дикачу» к1ентан сий лардеш, бахам а, ц1енош а декъа бохуш, суьде а, прокуратуре а леткъамаш а ца бира, амма къанъеллачу хенахь чохь 1ен меттиг а, сал-пал а вовшахтоха г1ерташ ницкъ хилира нанна.

Х1инца Вахин шен а ду бераш, амма цара марзо ца оьцу дененах, дейишех, девешех. Муха оьцур ю шайн ден а, ненан а цаьрца уьйр-безам ца хилча?
Ткъа иштта ша хала кхиийначу а, шен дуьхьа яла а, ц1ергахь яга а кийча хиллачу а шен ненан сий ца дича, доккха эхь ду. Нана дуьненчохь цхьаъ бен хуьлуш яц. Цуьнан сийдан деза х1орамма а. Иза де эшча д1атасар – стогалара валар ду.
Осалчу нахах лаьцна дийца масалш дуккха а ду. Царах лаьцна айса дуьйцуш, хорам хуьлу сан дагна. Я Аллах1! Доьху Хьоь: Хьайн боккхачу къинхетамца и леш д1абахар бусалба нахана юкъара. Царах диканиг ца долу.
Ахь б1аьргнег1ар тухучу юкъана, хьуна доккха зулам дийр долуш бу. Церан Аллах1 Делах кхерар ма дац, уьш шайца тешнабехк, ямартло, х1илла долуш ма бу. Цунна къеггина тоьшалла деш долу масал далор вай.
Дукха хенахь дуьйна соьца «гергарло» лелош вара Мутуз. Цунна сайгара оьшуш долчу х1уманна цкъа а дуьхьало йина а вацара со. Суо санна догц1ена, бусалба стаг ву моьттура суна сайца «доттаг1алла» лелош хилла волу Мутуз.

Шена соьгара цхьа г1о-накъосталла оьшуш меттиг нисбелча, со волчу вог1ура. Даима ас цуьнан юьхь йора. Цкъа а айса цунна динчу г1о-накъосталлех лаьцна дуьйцуш а, хьехош а 1едал а дацара сан. Иза а вацара ахь шеца лелийна долу г1иллакх нахе «хьехор» долуш. Хьан шеца болу ларам хууш вацара Мутуз. Вицваларан кеп х1иттайора. Аллах1 Дела хилла цунна теш. Мутуз оцу шерашкахь г1ийла а, таро йоцуш хиларна а, суо бусулба стаг хиларе терра а, мискачух, г1ийлачух суо дог лозуш хиларе терра а, цунах къахеташ, Аллах1 Делан дуьхьа ният долуш, лелийна ду ас цуьнца г1иллакх. И г1иллакх айса цуьнца лелийна х1умма а дохко а ца ваьлла со. И дерриге Аллах1 Далла гуш ма ду. Цунах со воккхаве…
Бусалба динехь а, нохчийн г1иллакхехь а ша сан «доттаг1» ву бохуш лелла волчу Мутуза динарг нийса дац. Цхьана а тайпана г1иллакх, оьздангалла, эхь-бехк доцуш и лелар ду суна тахана халонга даьлларг. И ледарло шегара ца йолуьйтуш, шена т1аьхьенна а ала дош ца дуьтуш, дуьненчуьра велла д1авалар сийлахь дара цунна а, и санна болчарна а. Вайн турпал къомана юкъахь товш ма бац и осала нах…
Нохчийчохь т1ом болчу 1994-1995-чуй шерашкахь со сайн Соьлжа-Г1алахь болу бахам а битина, т1амах ведда, сайн доьзалца цхьаьна кхечира сайн «деган доттаг1» волчу юьрта. Даим сан х1усамехь лаьттина волу Мутуз, со шен юьртахь волчу хенахь, цхьана а тайпана соьца г1иллакх х1оттийна, со 1аш волчу х1усаме шен ког ца баьккхира. Хьо муха 1аш ву? Хьуна х1ун г1о-накъосталла оьшу? – аьлла, цхьа-ши дош ца элира цо г1иллакхна а. Цуьнгара суна оьшуш х1умма а дацара, цхьа вайнахана юкъахь лелаш долу г1иллакх бен. И г1иллакх, оьздангалла цуьнгахь ца хиллера…
Сайн доьзална рицкъ латто а, нахана дан г1о-накъосталла долуш а вара со оцу т1еман шерашкахь а. Дуьйцуш товш дацахь а, сайга далуш долу г1о-накъосталла а дора ас сайн гергарчу нахана а, бевза-безачарна а. Т1ом д1абаьлча, цара массара а суна Аллах1 Делера доккха баркалла а элира.

Мутуз соьца долу гергарло оьшуш лелла ца хилла, цуьнан соьца хилла «гергарло» соьмаца доьзна хиллера.
Иштта мекарло, х1илла долуш бу и цхьаболу шайца адамалла, ийман, ислам доцу нах. Аллах1 Дала вай лардойла царах т1ейог1учу ханна. Х1инца а со царах ца кхетахь, сох эхь ма дац. Кхета а веза, нах бовза а беза, церан х1илла, ямартло цхьамма а чекхъялийта а ца еза. Уьш шаьш болчохь «меттаха» ца бохуш битар бен са ма яц. Цаьрца дика а, вуон а хила а мегар ма дац.
Т1аьхьа делахь а, Мутуз ша ма-варра, вевзина дика а хета суна. Иштта болчу осалчу нахаца кхин «гергарло» лело оьшуш цахилар сайна хиъна, воккхавина а ца волу со…
Дахарехь шайн да санна, нахаца эхь-бехк доцуш, шайца шайн «ц1ока» юьззина х1илла, мекарло, ямартло йолуш бу Мутузан доьзал а. Уьш бевзаш болчу наха царна бехк ца буьллу. «Шайн дех тера ца хилча къа дацара церан?» – олу царна наха.
Даржехь болу дукха нах бевза царна. Оцу нахана ч1ог1а къежа уьш, хьестало. Цкъа а кхеран диканехь а, вонехь а хилла бац уьш, я хир болуш а бац.
Кхин церан шайца ларам ца хилча а, цара шаьш тергал ца дича а, уьш ца бевлла шайга бистхилча а церан осалчу дегнашна цунах «инзаре, боккха» там хуьлу…
Ша стаг волу стаг цхьанна а хьесталур вац. Иза иэхье а, осала а х1ума ду нохчийн къомаха волчу стагана.
Нохчийн къомаха схьаваьлла волу стаг оьзда а, г1иллакхе а ца хилча, цо шен осала хилар гайтича суна вуно ч1ог1а халахета, дагна йоккха чов хуьлу. Вайн сица а, ц1ийца а йог1уш ма яц и ледарлонаш.

Нохчийн къомаха схьаваьлла волу стаг оьзда а, г1иллакхе а ца хилча, цо ша осала хилар гайтича, суна вуно халахета, дагна йоккха чов а хуьлу. Вайн сица а, ц1ийца а йог1уш ма яц и ледарлонаш.
Л.Н. Толстойн ц1арах Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хиллачу университетехь, филологически факультетехь доьшуш хилла со 1977-1982-чу шерашкахь. Соьца цхьаьна университетехь доьшуш бара вайн махкара шайца эхь-бехк долуш, оьзда, г1иллакхе вайнехан мехкарий а, кегий нах а. Х1инца а ду тхо вовшашца гергарлонаш лелош. Диканехь а, вонехь а даима цхьаьнакхетар а хуьлу тхан.
Суна тахана долуш санна, юьхь-дуьхьал лаьтта дукхахболчеран юьхь-сибаташ. Цара и суна дагахь латта йитина шайн йовр йоцу хазна: оьздангалла, г1иллакх, эхь-бехк. Масала: Авторханова Макка, Махмудова Малкан, Ахметханова Жарадат, Абдулмежидова Малкан, Товгереева Мадина, Гезуева Раиса, Сулейманова Салмату, Османова Фатима, Хожалиева Разет, Демельханова Билкъис, Утаева Кулсум, Дасаева Яха, Батукаева Марьям, Хутуева Асет, Висерханова Пет1амат, Долкаева Киса, Орзамиева Маржан, Арсанова Сацита, Майрсултанова Яхит, Музаева Лиза, кхиберш а.
Кегий нах а бара вайнехан г1иллакхаш дика девзаш а, оьзда лела хууш а. Шайгара цхьана а тайпана ледарло ца ялийта г1ерташ, даим вайнехан 1адаташ лардеш а. Тахана дозаллица шайн ц1ераш яха хьакъдолуш бу уьш. Масала: Атабаев Султан, Буруев 1умар, Амхатов Амхьад, Галаев Х1арон, Довлетукаев Ахьмад, Арсаханов Бай-1ела, Магомедов Хизир, Магомадов Абу, Сасоев Асламбек, Цуцаев 1алавди, Хациев Руслан, Ахмадов Адам, Мальсагов 1ийса, иштта кхиберш а.

Вовшийн цхьа йижарий, вежарий санна хилла чекхдовла Аллах1 Дала Шен боккха къинхетам бира тхох. Хастам хьуна, Аллах1 Дела!
Вайна массарна а санна, дуьне дезаш, тхоьца цхьана диканехь а, вуонехь а хила лууш, шайн доьзалх уггаре самукъадолучу хенахь, уьш байлахь битина, хеназа тхайна юккъера д1акъаьстина, эхарта бирзинчу тхайн бусалба йижарийн а, вежарийн а ц1ераш яха а луур дара суна. Шайн ц1ераш яха, шайх дика дош ала меттиг йитина цара а. Уьш тхан дегнашкахь бу даима:
Алиева Лариса, Исрапилова Зараъ, Халидова Лайлаъ, Хадисова Жавадат, Орзамиева Эйсет, Чуликова Зараъ, Аюбов Наип, Альтамиров Сулумбек, Джабраилов 1умар, Дибиев Са1ид, Муслимов Сайд-Эми. Аллах1 Дала царна массарна а гечдойла!
Уьш массо а бара шайца ийман, ислам, эхь-бехк долуш, яхь, оьздангалла, г1иллакх, комаьршалла, къинхетам, доьналла долуш, хьуна г1о-накъосталла эшначохь, б1аьрганег1ар ца тухуш, хьуна юххехь латта кийча.

Дуьненчохь тхо вовшех марзо эца ца кхиънехь а, и марзо Шен Ялсаманин х1усамехь вовшашца эца Оцу Везачу Аллах1 Дала пурба лойла тхуна.
Стеган хазачу г1иллакхех лаьцна цхьамма дуьйцуш сайна хезча а, сан цуьнга леррина ладуг1уш 1едал ду. Стеган г1иллакхе, оьздангалле кхочуш х1умма ма дац.
Сайн юьртахочо тезетахь Хаьмби-Ирзехь дуьйцуш хезначунна теш хила а дийзира сан. Иза дара зудчуьн доьналлах лаьцна.
– Боьрша стаг санна, доьналла долуш яра Тайбат, – бохуш, дуьйцура цо.
Оцу шерашкахь суна хууш тхан юьртахь и ц1е йолуш цхьа сан нана йоцург, кхин зуда яцара. Къамелан дега, Алимханов Шисига, ас хаьттира:
– Ахь юьйцуш йолу зуда мила ю? – аьлла.
Цо сан хаттарна иштта жоп делира:
– Дера ю хьан нана, Тайбат, – аьлла. – Аллах1 Дала цунна гечдойла!
– Боьрша стаг санна, доьналла долуш хила, х1ун хьуьнар даьллера цуьнгара? – аьлла, ас цуьнга юха а хаттар дира. Т1аккха цо юьртахошна а хозуьйтуш, сан нана Тайбат дика бусалба стаг хилар тоьшалла а деш, дийцира:
– Хаьмби-Ирзехь, эвла йистехь, со жима волуш, машенаш лелаш болу т1улга некъ а хадийна, со дехьа волучу юкъана, суна т1е машен а тоьхна, со мелчу ц1ийла керчаш 1уьллучу заманчохь, суна т1екхаьчна хиллера Тайбат. Суна гуобаьккхина гондахьа лаьтташ дукха адамаш дара, амма уьш шаьш х1ун дан деза ца хууш, боьхна лаьтташ хиллера.Тайбат йоьхна ца хьаьвзира. Дукха сихонца шена юьртахошка г1о-накъосталла а дайтина, со машен т1е а виллина, Соьлжа-Г1ала больнице кхачийнера цо. Кхузахь лоьрашка доккха орца а даьккхина, ша беана ирча некъ цаьрга д1а а бийцина, сихонца со 1ожаллех к1елхьара ваккхар дехнера цо. Со синкхетаме валлалц, оцу дийнахь а, буса а суна юххера д1а а ца йолуш, 1ийнера Тайбат, – дуьххьалд1а хьалха Аллах1 Дела, шолг1а Тайбат бахьана долуш, ша дийна висарх лаьцна дийцира цо.

Иштта доьналла долуш сайн нана хилар суна хаза а хийтира, нахана юккъехь юьхьк1ам а хилира.
Лаа дийцина ца хиллера тезетахь Алимханов Шисас сан нана Тайбат боьрша стаг санна, доьналла долуш яра, бохуш. Цунна къеггина тоьшалла деш долу кхин цхьа масал дало а лаьа суна.
Нохч-Г1алг1айн «Промстройматериалы» цхьаьнакхетараллин урхаллина чуйог1уш хиллачу КСМ №2 йолчу заводехь сан ненаца цхьаьна болх беш хиллера Хаьмби-Ирзера Висерханова Хьаята. И шиъ х1инца вайца яц. Аллах1 Дала гечдойла царна!
Дагахь доцуш, ц1еххьана балха т1ехь Висерханова Хьаятина электрически ток тоьхна, тоько т1еозийна хиллера, яларан киртиг хиллера т1ех1оьттинарг. Цунна гена йоццуш болх беш йолчу Тайбатна гина хиллера и сурт. Кхин йоьхна а ца хьаьвзинера Тайбат. Йоккхачу дечиган реканца электрически ток т1е йог1уш долу серий хедийна хиллера цо. Хьаята тоько д1ахецна хиллера. Цул т1аьхьа сихонца скори помошь а кхайкхина, сихонца ша цунна уллехь а йолуш, больнице д1акхачийнера.
Хьалха Аллах1 Дела, шолг1а Тайбат бахьанехь 1ожаллах к1елхьара яьллера тхан юьртахо, Хьамзатан нана, Висерханова Хьаята.
Дерриге а нохчийн къомаца цхьаьна, 1944-чу шеран 23 февралехь Даймахках а даьккхина, Казахстанехь хало, бала, мацалла, шело лайна ду сан дай-наний – 1ийса а, Тайбат а (Аллах1 Дала декъалбойла уьш!). Амма Сталинан, Бериян къизалла лан а, цунах юьхьк1омаца чекхдовла а Дала Шен боккха къинхетам бира царах.

Стеган де эшначохь, хьо цунна орцахволуш велахь – иза хьо къинхетаме дог долуш, вуьззина бусалба стаг хиларан билгало ю. И тайпана болчу нахана Аллах1 Дала дуьненахь а, эхартахь а диканца шен бекхам бийриг хиларх со дог тешна ву.
Нохчийн Республикин дуьххьарлера Президента Кадыров Ахьмат-Хьаьжас (Аллах1 Дала цуьнан г1азот къобалдойла) дуьненан миччхьа а маь11ехь ша хиларх а, ша нохчи хилар а, нохчийн къомах а дозаллица дуьйцура. Дезара цунна шен къам, безара цунна шен Нана-Даймохк – Нохчийчоь. Шен халкъан дуьхьа д1аделла цо шен кийрара мерза са. Цунах масал оьцуш хила деза вай массо а. И санна оьзда а, г1иллакхе а, комаьрша а, къинхетаме а, доьналла долуш а, шен халкъана эшначохь шен са а кхоор доцуш а. Оцу Везачу Аллах1 Далла гергахь цул деза а, сийлахь а кхин х1ума хила йиш яц кху дуьненчохь а, эхартахь а.
Г1иллакхе, оьзда, къинхетаме, комаьрша, нахаца тарлуш, царна везаш, цара лоруш, адамашца к1еда-мерза, царна эшначохь шен са а кхоор доцуш, сонталла а, куралла а йоцуш, стогалла, майралла, доьналла шайца йолуш а, эхь-бехк а долуш хиларе кхойкху со къоначу т1аьхьене. Хаалаш! Ишттаниг халкъо виц ца во. Иза веха Ахьмат-Хьаьжа Кадыров санна, массеран а дегнашкахь.
Аллах1 Дала вайна пурба лойла и г1иллакхаш вайца долуш шена дуьхьал дахка!

Вайнах, электронная версия №5, 2018

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх