Ковраев Шапа1. Дог 1ийжа хьох, Нохчийчоь. Стихаш.

Изображение 046Вина 1953-чу шеран 10-чу январехь Целиноградски областехь Балкашинеки к1оштарчу Каменка юьртахь. Дешна Соьлжа-Г1алара №16-чу ишколехь. Чекхъяьккхина Серноводски юьртбахаман техникум. Цул т1аьхьа, 1982-шарахь, чекхъяьккхина ЧИГУ-н филологин факультет. Дуьххьара стихотворени зорбане яьлла «Ленинан некъ» газетан аг1онашна т1ехь 1975-чу шарахь.

    Дог 1ийжа хьох, Нохчийчоь

Х1аллакьхуьлуш лаьтта,
Цхьаннан дан г1о доцуш.
Къа ца хеташ аьтта,
Баьлла бехк а боцуш.

1еткъа бала балхо,
Юххехь накъост вац-кха,
Б1аьрзе лела цхьа со,
Я вац теша хьашт со?

Х1умма эшац суна,
Хьуна дог сан 1ийжа,
Сан Нохчийчоь, хьуна
Буса-дийнахь тийжа.

Хьо ларйойла Дала,
Сан Нохчийчоь – пекъар.
Тахна-м соьга ланлац,
Къепе йоцу херцарш…

2000 шо

       Кхайкхаза веана хьаша

Гергарло дезаш ву аьлла,
Веара кхайкхаза хьаша.
Хьаьвзира каде, т1ахъаьлла,
Г1ерташ со шена т1ек1аван.

Ков тухий ца вог1у хьаша,
Ц1еххьана вайн ц1ен т1е вуссу.
Вай цунах дашарх-цадашарх,
И лара декхар т1едуссу.

Хьаша ву Делера олу,
Цундела ч1архъаьлла хьаьвза.
…Цул т1аьхьа хийла хан йолу,
Цуьнан лар сан керта янза.

Хаац х1ун хилла сан хьешах,
Ца вог1уш хьевелла х1унда?
Ас-м т1еийцира везаш…
Хилла-те сох даьлла г1уда?

Волахьа цавевза, хьаша,
Диллина хьуна сагатдо.
Ков тухуш-цатухуш кхача,
Сан миска са парг1ат даккха.

Ши аьрша латта

Харцо юьйцуш, доза къуьйсуш,
Нехан латта дола даккха,
Сутар нехан лаьтте хьуьйсуш,
leбap болуш цхьаберш бац-кха.

Xlapa ду-кха бакъдерг царна:
Ши аьрша ду кхочург цхьанна.

    Синтем байна

Хьан синтем байначохь,
Дан амал доцуш,
Дог хьере хилла со
Орцаха вийлла.

Цхьа Дела воцуриг
Кхин накъост воцуш,
Ахьа-м со ма вити
Сайн цхьаллехь г1ийла.

Хьайх хьего витарх ахь,
Хьоьгур вац со,
Карор бу ницкъ-г1оpa
Хьо йицъян суна.

Г1о дийр ду Дала сан –
Тосур вац Цо…
Ткъа иза ма доккха
Г1уда ду хьуна…

Дакъаза  ма вала

Ма хьийзахьа
Сел дакъазвалий,
Лулахо,
Лаьттах 1ебар волуш
Хилла вац-кха хьо.
Цкъа шен кийра кхаьчча
Маццаъ хьо,
1абор ма ву шен т1уналлах
Хьо а цо!

Лулахочуьнга

Тешнабехк, ямартло
Езна вац хьуна,
Юьхь-дуьхьал цхьаъ дуьйцуш,
Т1аьхьашха – кхин.
Осалчу нахаца
Гергарло суна,
Эшна дац! Оьшур дац!
Д1ахаа и.

Гергарло делахь хьан
Т1аьхьало йоцуш,
Муьлхачу зовкхе цо
Кхачор ву хьо?
Виталахь ишттаниг,
Уьйр-марзо йоцуш,
1ийр вац и ца еш цкъа
Шен ямартло.

Вайнах №3-4, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх