Казбек Шарипов.

КазбекШарипов Казбек вина 1971 шарахь Ножин-юьртан к1оштарчу Шоьнахь. 1988 шарахь дашочу мидалца чекхйоккху юкъара ишкол. ЧИГУ-хь йолчу къоначу физикин ишколехь доьшу 1988-89 шш. 1989-91 шерашкахь – армехь. Цул т1аьхьа чекхйоккху искусствон училище. Болх беш ву А. Шахбулатовн ц1арах йолчу 1едалан филармонехь. Нохчийн а, Г1алг1айн республикийн хьакъволу артист. Нохчийн республикин искусствон хьакъволу белхало. Иллиалархо, поэт, композитор. Ши б1е сов эшаран автор.

***

Хьаькхначу цу мохо хьан дешнаш довдийна даьхьи,
Кхин кхоам ца хеташ, къона сан кийра ахь аьхьи.
Хьо хьенах 1еми-те сел атта и дешнаш ловзо,
Я мила хилла-те к1оршаме хьо 1амо говза?

Кхоссинчу хьан дашо малх лачкъош дуьне а кхолий,
Кхин т1алам ва боцуш ахь дахар дохор д1адолий.
Со наб еш хилла-те, сайн хеннахь хьо йовзар доцуш,
Хьо говза хилла-те, са 1ехош, милла а лоцуш?

К1оршаме хьан матто х1иттийна г1аланаш йохий,
Ц1еххьана сиз хьокхуш цхьа башха некъах а вохий.
Хьо х1ун дан йоллу-те х1иллане хьайн маттах тешна,
Я суна гур ду-те замано хьан амал хьаьшна?

***

Сатийсам белира дахаро суна.
Ца хоьттуш безамо лецира дог.
Ма дарра,и дерриг хаьий те хьуна,
Лозий те, сан санна, хьан дог а сох?

Мелла а дахаран мах х1инца хиъна,
Хьан дуьхьа вахар ду сан дагна товш.
Хьуна бен сайн ойла хаа ца лиъна,
Мел хьоме ду суна хьан х1ора дош.

Экаме ду хьуна безаман некъаш,
Безамо не1 тоьхча деллалахь дог.
Барт болуш хилча бен иза ца хьекъа.
Варийлахь, ларделахь безаман дош.

Хьан деган нур хилла вехар ву хьуна,
Хьан хазчу дахаран накъост ву со.
Кхин дукха бакъонаш ца оьшу суна,
Хилчхьана ас йийрриг ойла еш хьо.

1емина х1илла

Со 1ами х1илланех ловза,
Сан хабар х1инца ду говза.
Ца хууш х1ума дац суна,
Хьо тешо говза ву хьуна.

Ахь боху со хийцавелла,
Аз-илли сан хийцаделла.
Къайленаш хууш яц вайна,
Ткъа тахна со хьоьца тайна.

Ца дешна хьуна ас жайна –
Говзалла хьоьгахь ма гина.
Х1ун дер-ткъа, хьо ловзуш хилча,
Ца волу со а ца тилча.

Бераллийн г1ан

Декара и берийн аьзнаш,
Хезара уьш ломахь даьржаш.
Къаналлин оганаш херцош,
Бералле со юха верзош.

Воьхура бераллин ирзе,
Кхойкхура дахначу ирсе,
Хьоьстура дай куьг а хьоькхуш,
Бераллин хаза йиш лоькхуш.

Зезагех ага а дина,
Техкавеш, хьомениг вина,
Нанас сан мерза наб ларъеш,
1алам а туьйранах тардеш.

Шийлачу шовданан хишца,
1абийна, ц1анбина кийра.
Стоьмаша даздина дитташ,
Хетара сайн дуьхьа кхиъна.

Яхлолахь, х1ай мерза буьйса,
Дахлолахь, х1ай мерза туьйра,
Виталахь,сама ца воккхуш
Хьомсарчу ненах ца воккхуш.

Декийта и берийн аьзнаш,
Хазийта уьш ломахь даьржаш,
Къаналлин оганаш херцош,
Бералле со юха верзош.

***

1аьржа и хьарг1анаш т1оьхула хьийзаш,
Десачу лаьтта т1ехь меца мох ц1ийза.
Бусулба хьайн ваша лахара хетта,
Маржа-я1 вон лазар ду хьуна кхеттарг.
К1антана йоьлхучу ненах ца 1ебаш,
Делан кхел хир йоцуш санна хьо лела.

Да воцуш бисина доьзал а кхобуш,
Турпалчу ненан дог махкана догу.
Ийманехь нисбина барт болчу кхерчахь,
Вовшашца йолу уьйр хир ма ю мерза.
Хьовсийша ма хаза ду церан кертахь,
Бахьана цхьаъ ду-кха – беха уьш бертахь.

Адмалла ца диссал карзаха ваьлла,
Ведда хьо,1ожаллех вер вара аьлла.
Цхьа жимма собардай, д1а-схьа б1аьрг тоха,
Хьо санна волчунна гур ахь ма бог1а.
Хьан даге хьаьжжина хир ду хьан терза,
Къинойн барз ца гулбеш иймане верза.

Дуьненан къайленаш 1илманца йовза
Лиънаверг хир ву-кха дахарна говза.
Дешарца, йозанца доьналла гайта,
Бодане кхин цкъа а эша ца вайта.
Хьекъале волчунна дуьне ду сирла,
Вуьсур вац и саннарг дахарах тилла.

Х1ай адмаш, cан лаам кхайкхабе махкахь,
Маьршачу кханене шуьйра г1улч яккха.
Диканиг айъина, вон гена дохуш,
Маьждигаш дузалаш Делан некъ лохуш.
АЛЛАХ1 бен цхьа а вац къинхетам беха,
Дуьненахь барт-ийман ч1аг1далар деха.

Вайнах, №1, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх