Казбеги Александр. Циция

Повесть

I

Аьхкенан декхна де дара. Бурсач1ира–ломан басенца 1ахарий ловзу долчу г1орийначу ламанан баххьашкахьа даьржина дежаш д1ате1аш к1айн жа дара. Х1етта юьхь т1е чо бала болабелла волу къона жа1у лекхачу ламанан буьххье т1е а ваьлла, цигара д1ахьоьжура шена дукхадезачу доьхнига.
Лахахьа дукъ таь1на йолчу, шиъ-кхоъ чаккхарма хиллал йолчу арена т1ехула, лаьхьа санна, ч1уг етташ, охьадоьдура ламанан шовданан хи. Бурсач1ира-ломан шолг1ачу аг1орхьа баьццара хут санна аре яра цхьайолчу меттигашкахь гунийн цхьабосса боцчу мог1анца а, цхьацца йолчу меттигашкахь берзинчу бердашца а кхачалуш. Цхьаццанхьа охьа1енаш дог1уш долу, шурин чопа санна, к1айчу шовданан хи, хьерадаьлла экха санна, бердех детталуш, кегийра дерз хуьлий гобаьккхина гонах даьржина охьаоьхура.
Юкъ–юкъа байн мох хьокхура, малхо йохйина йолу меттигаш шел а еш. Ц1анъеллачу стиглахь цхьана метте сецна гуш яра морханан жима кийсак, цкъацкъа б1аьргана гучуьра д1а а йолуш, юха а кхечу суртехь гучу а йолуш.
Стигалахь цхьана метте гучуделира накхармозан барамехь 1аьржа  г1аларт, цхьа к1еззигчу ханна, 1адийча санна, меттах ца долуш сецна долу.
Цхьак1еззиг хан яьллачул т1аьхьа и 1аьржа г1аларт стигалахь меттах а даьлла, аьрзун суьртахь декаш гучуделира. Шен нуьцкъала т1емаш а даржийна, сакъоьруш готуьйсура цо. Жа1у ч1ог1а тидаме хьежа волавелира цу готуьйсучу олхазаре. Иза хьоьгура цхьаннан а лаамехь а доцуш цуьнан парг1атхиларх.
Оцу миноташкахь Бежияна, – иза жа1уьнан ц1е яра, – шен даго хьоьхучу дуьненан муьлххачу а маь11е кхачархьама, олхазар хила лаьара. Ткьа цуьнан дагна луург цхьаъ дара: ша виначу юьрта а вахана, лакхара охьа а хьаьжна, шена дукхаезначу Цициях б1арг тоха а, цуьнца цхьаьна цхьанхьа генна, адаман аз цахеззе кхача а. Бежия шен ойланашка вахана 1ачу заманчохь, аьрзу ц1еххьана, ширдолагца кхоьссина йог1у х1ума санна, лаьттехьа охьа а хецаелла, 1аламат чехка цхьана х1уманна чухьаьдира. Цу aг1op д1ахьаьжначу жа1уьнна гира кхераелла пхьагал; шен лергаш дуьххьал ира а доьг1на, шен  дег1 дадийна, к1елхьараяла коьллаш йолчухьа д1ахьаьдира иза.
Темина йолу аьрзу пхьагална жимма генахула шен болчу ницкъаца лаьтта т1е кхача йоллалц охьалахъелла, шен ижуна чухьаьдира, цхьана минотехь цунна герга а кхечира иза. T1e а кхиъна, шен м1араш йолу когаш баржа а бина, оцу минотана г1одаюккъера схьавалаца ойла йира цо, ц1еххьана петоьхна д1акхоссаеллачу пхьагало уллохула т1ехтилийтира аьрзу. Сов нуьцкъала чехка т1ехьадар бахьана долуш, саца а ца елла, гена елира иза.
Бежия г1адвахана дог детталуш хьоьжура х1окху суьрте, даггара дезалора цунна олхазарийн эла йолчу аьрзун чехкаллий, кураллий, цуьнан хьуьнарх юьзна хиларрий, амма пхьа-галх къа а хетара цунна, цул совнаха и пхьагал  Дала кхоьллина г1ийла х1ума ю, бохуш, ойла а йора цо.
Мацца а жима экха шен мостаг1чунна кара ца доьдуш к1елхьарадаьлча, 1адийча санна, 1аш волчу жа1уьно парг1ат, доккха садаьккхира.
Амма Бежиян воккхавер дукха гена ца делира, х1унда аьлча аьрзу шен ц1ийх дуьзна б1аьргаш а ирдина, юха а шозза алсамъяьккхинчу карзахаллица а, чехкаллица а чухьаьдира цунна. Чехка т1екхиира иза хьалха ша х1оттийна йилбазалла х1отто дагахь долчу жимачу экханна, амма басах хьалахьаьдча, г1одаюккъера нийсса аьрзун когийн м1арашна юкъаяхара иза. Цо ч1ог1а 1овдарна, ц1овзарца цхьаьна садаьлла йисира пхьагал.
Кураллица пхьагал лакха хьала а яьхьна, лаха, лаьттарчу меттигашка хьаьжира иза. Юха шен ижуца охьа а еана, иза охьа а йиллина, цунах з1ок етта х1оьттира аьрзу.
Бежияс, катоьхна шен топ схьа а эцна, тебна герга а вахана, 1алашо а лаьцна, топ тоьхна коьртах ши дакъа а деш, кар чийна д1аяхийтира аьрзу.
– Э – э!.. Иза а, хьо а д1аели! – аьлла, мохь туьйхира цо, к1ур оьхуш йолу тоьпан юьхьиг шегахьа схьа а ерзийна. Цул т1аьхьа меллаша шен чоин т1омах кийсиг а яьккхина, меллаша тоьпан ч1у схьа а баьккхина, топ ц1анъян х1оьттира иза.
Оцу минотехь и г1уллакх кхочушдина а валале, лома т1ехьара бетта мохь хезира цунна:
– Х1ей к1ант, х1ей к1ант!
Бежия цецваьлла цигахьа д1ахьаьжира. Лома буьххье лаьттара вуьрх1итта-берх1итта шо хир долуш йолу йо1 шен хазалло муьлхха а дог карадерзо тарлуш йолу.
Бежиян юьхьанца бос байра, юха а бос ц1ийбелла д1ах1оьттира цуьнан, шен саметтадеача, йо1ана дуьхьалвола– велира иза.
Мацца а жа1у гергавахча йо1а кочара лежиг схьа а даьккхина, махо шуш деш санна, г1ийлачу эшарца элира:
– Ас делкъанна юург еана хьуна.
Бежияс цуьнан карара лежиг схьаийцира, амма лаьтта б1аьра а хьоьжуш, йо1е д1а ца хьожуш, вист а ца хуьлуш вехха лаьттира иза.
– Дадас доьху хьоьга, къаьсттина 1ахаршка хьажар а, йовхонна уьш к1ел ца дисийта ломан 1индаг1а долчухьа уыи лахкар а, – элира йо1а.
– Дика ду, – аьлла, халла вистхилавелира жа1у, уьш вист ца хуьлуш сецира.
– Х1инца со–м д1айоьду, дахьийта хабар–х1ума дуй хьан? – аьлла, хаьттира йо1а.
– Ире доцу сан корта! – аьлла, сихвелира Бежия. – Стенга йоьду хьо? Собар дехьа! Жимма сада1ахьа! Гезарий узур ю…
– Ца оьшу, даг1ур ю со.
– Ма г1охьа, Циция, ма г1охьа, цхьажимма собар дехьа, цхьаьна х1ума юур ю вайша.
– Х1ун дийр ду ас, сиха ю–кха со! – Х1инца а хьалхе ду. Ц1а яха–м кхуьур ю хьо, – элира, хьесталуш, жа1уьно.
Цицияс дуьхьал х1умма а ца элира, иза меллаша баца т1е охьахиира. Бежия воккхавеш, вахана катоьхна кхаба схьа а эцна, гезарий оза д1ахьаьдира.

II

Цициян да Корг1акъа хьал долуш стаг вара; цуьнан ши эзар хиллал жа а, цуьнга терра ма1аш йолу даккхий даьхни а дара, амма ахар, ялта дер башха дукха лелош вацара иза, делахь а дика вехашший, хьешана дика хьошалла дан таро йолушший вара.
Корг1акъа, ламанан нахана хетарехь, дика ирс долуш стаг вара, х1унда аьлча къаьсттина хало ца гора цунна, цул совнаха, шен таро йолуш хиларо бакъо лора цунна массо а тайпана долчу г1уллакхашца тоьлла хила, амма ша Корг1акъас, цкъа йина ца 1аш, дукхазза а ойланаш йора, х1унда аьлча шен т1аьхьенах шен ц1ар т1ехь виса, шен хаза Циция йоцург, кхин стаг цахиларна. Ткъа йо1ах х1ун т1аьхье хир яра, иза «нехан к1анте» маре яха езаш хилча?
Цундела ламанхочо кху кепара ойла йора: мацца а и докъазалла коьртера д1аайалург ца хилча, цо шен йо1ана т1е нуц вало веза, цуьнца а, цуьнан хьолаца а товш а волуш, дикачу тайпана а волуш волу стаг. Нуц вина т1евалош верг дика таро йолуш а хила везара, таро яцарна ийзалуш цалелархьама.
Корг1акъана дика хаьара, массарна а чул сов халой, бакъояцаррий таро йоцчух 1отталуш хиларрий, хьал долчу стаге мичча хена а шен корта к1елхьарабаккхалуш хиларрий.
Корг1акъана и дерриге а шена гина хиларна хаьара, цундела ца лаьара цунна шен йо1 муьлххачу а стаге а яхана, къоьллий, халой хьоьгуш лелар.
Ткъа нуц мила харжа везара? Дера везара хьал долушший, ницкъ болушший верг харжа. Цо билгал ваькхира ишттаниг – шен лулахочун к1ант Махьта. Схьагарехь, йо1а кхин дагалоьцура, нагахь мацца а, дас шеца маре яхарх лаьцна къамел долийча, Цицияс, ц1ий а лой, корта охьа а бохуьйтий, олура:
– Х1ан–х1а, дада, цкъачунна маре яха ца лаьа суна!
– Х1унда ца лаьа хьуна? Бахьана соьга дуьйцург хир ду ахь?
– Хьоьца 1ен лаьа суна, – олий, хьасталуш коча хьерчара Циция.
Йоь1ан доза доццуш шена т1ерахилар гарца, ирс долуш хиларций, резахиларций велакъежара Корг1акъа.
Йо1 хьастаяларо к1адвина волу иза вист ца хуьлуш д1атуьйра, ткъа маре яхаран хьокъехь долу къамел де–дийне мел дели т1аьхьатоьттура.

III

Гуттар а санна, денош д1аоьхура. Мухха а, цхьана сарахь, малх чубузучу хенахь, Корг1акъа шен ц1ийнан не1арехь, шерачу т1улга т1ехь охьа а хиъна, ч1ешалг и хьоькхуш  1apa. Цунна хьалха лаьтташ вара коьрта жа1у. Цо х1етта дийцира х1усамдега, ша керла жа1у х1оттийна хилар.
– Цуьнан ц1е х1ун ю? – аьлла, хаьттира Корг1акъас.
– Бежия ю, – аьлла, жоп делира коьртачу жа1уьно.
– Дика 1у вуй и?
– 1axapax жий, 1ахарий вовшех къасто хуур долуш, дика жа1у ву иза.
– Мича мехах вог1у иза?
– Шовзткъа уьстаг1 боьху цо.
– Мах–м дукха бац, нагахь иза вайна мегаш хилахь! – аьлла, ойла йира жен дас, к1еззиг вист ца хуьлуш а 1ийна, т1етуьйхира цо. Схьакхайкхал цуьнга со волчу!
Масех минот яьлча, юккъехь теш а волуш, сацам бина белира. Бежияс, дог1уш а ма хиллара, договор ч1аг1дарна сом делира.
– Циция! – аьлла, шен йо1е кхайкхира Корг1акъа. Иза не1арехь гучуелира. – Керла 1у х1оттийна вай. Къаьркъа да вайна, цуьнан могашаллина т1ера мала деза вай!
1уьне хьаьжира йо1, ц1ий а елла корта охьабахийтира цо. He1саг1а  лаьцна д1а а х1оьттина, йист ца хуьлуш сецира иза.
Бежия а хьаьжира йо1е, цуьнан малхо ягийначу юьхь т1е ц1ен бос хьаьдира. Цо а охьабахийтира корта.
– Йо1, х1ун хилла хьуна, ца хеза хьуна? – аьлла, хаьттира дас.
– Х1инцца, х1инцца, – аьлла, жоп а делла, йо1 ц1а чуьра арахьаьдира. Корг1акъассий, коьртачу жа1уьной, Бежияссий, тоьпаллина валийнчу лулахочой вовшийн могашаллина т1ера муьйлура ц1ахь даьккхина къаьркъа.
Циция, стоьла юххе, йист ца хуьлуш тийна лаьтташ яра, шен ц1ийелла юьхь лахха охьа а оллийна; цо хьешашна къаьр–къа дуттура, юкъ-юкъа чехкка церан б1аьра а хьожуш, цу сохьта юха а лаьттан б1аьра а хьожуш.
Мацца а дуург–мерг диъна а, г1еххьа маларх кеп хилла а бевлча, Корг1акъас мохь туьйхира:
– Х1ан–х1а, Бежия, ас, далла хьалха санна, боху хьоьга, ахь хьанал болх бахь, ас алапах тешна а вуьтур вац хьо, хьегначу къина баркалла а эр ду хьуна! Хьайбанан бийца мотт бац, – иза 1алаш ца дан а мегар дац!
– Иза-м х1унда дуьйцура, хьайба 1алаш ца дан-м маггане а мегар дац. Йо1б1аьрг санна лерина лардийр ду ас иза. Оццу минотехь цхьа воккха стаг т1евеара, царна лохха корта а та1ийра цо.
– Суьйре дика хуьлда шун! – аьлла, маршалла хаьттира цо. Цигахь болучара, хьала а г1евттина, маршалла схьаийцира.
– Оха доьху хьоьга тхоьца охьахаар! – аьлла, Хьошалг1а вийхира Корг1акъас иза. Воккха стаг, баркалла а аьлла, охьахиира.
– Бежия, хьо кхузахь х1унда ву! – аьлла, жа1уьне хаьттира воккхачу стага.
– Жа лело веана, суна жена 1уналла дан х1оьттина иза, аьлла, жоп делира х1усамдас.
– Дика ду, дика ду, – аьлла, д1адахдира воккхачу стага, дика 1у карийна хьуна…
Дукха ца 1еш Бежияй, коьрта жа1уй жа т1е вахара.
Теш а, х1усамден 1одика а йина, д1авахара, цуьнца цхьа воккха стаг висира.
Цара бахаман г1уллакхех лаьцна, йол хьакха маца йоло еза а, иза кхин т1аьхьатетта мегарг цахилар а, буц сов лакхаяьлла д1ах1оттар а дийцира. Чу а еана, Цицияс хаьттира, х1умма а оьший, аьлла.
– Марша-могуш хилда хьо, Циция! Х1ун хьал ду хьоьгахь? – аьлла, цуьнга д1ахьаьжира хьаша.
– Ваша, хьо а вехийла марший, могашший! – аьлла, лохха корта а та1ийна, араяла кечъелира Циция. Воккхачу стага, куьг а лаьцна, шена герга а оьзна, сацийра иза.
– Собардехьа! Стенга яха сихъелла хьо? — аьлла, к1еда– мерза цуьнга хьаьжира иза. – Ламанан зезаг санна кхуьуш, хазлуш, хестош ю хьо… – Т1аккха х1усамдена т1е а вирзина, элира цо: – Хаза мегачу метте маре х1унда ца йохуьйту ахь иза? Маре йоьду хан йолу йо1 маре ца йохуьйтуш сецор, делора къилахь ма ду!
Маре яхар ма хьаххий, йо1, ц1ий а елла, цуьнан карара шен куьг схьа а даьккхина, сихха арахьаьдира.
– Х1ун дийр ду ас, диканиг, ас бохучуьнга ла ца дуг1у цо, ца лаьа цунна маре яха, – элира Корг1акъас. – Ахь алахьа цуьнга, ахь бохучуьнга ладог1а а мегара цо.
– Массо а йо1а а олу маре г1ур яц–м! Ткъа ахь цуьнга ца-везачуьнга г1o боху хир ду.
– Х1ан-х1а, х1ан-х1а, и х1ун ду ахь бохург? Цо ша хоржунда – шена шена веззарг. Бакъду къечуьнгий, тайпа к1езиг долуш волчуьнгий, ц1ийнан хьал ца хуучу стагей–м лур яц ас иза…
– Хьал к1езиг ду хьан ткъа, Корг1акъа, кхин а хьал гулдан стенна г1ерта хьо? Дала доллу х1ума а делла хьуна, кхин а цу т1е хьал деза хьуна?
– Х1ун дан деза ас, диканиг, сан-х и цхьа йо1 бен х1умма а дац, къен, к1елвисна нуц сайн ц1ен т1е вига йитп яц сан. Ишттачо ц1а а 1алашдийр дац, йо1ана, мисканна, ирс а лур дац…
– Корг1акъа, стаг лахал ахь, стаг! Хьал ма леха!
– Далла хьалха къинош муха латор ду… Доттаг1ий сан дукха бу, кест-кеста хьеший хуьлу, – диамбег-эла я муьлхха а цхьа кхин начальник, – берриш а со волчу бог1у… Массарна а дуьхьалвала а, маршалла хатта а деза… Къехочун ницкъкхочур буй и дан?
– Эх1е! – аьлла, доккха садаьккхира воккхачу стага. – Йо1 маре муьлхха а диамбегаш т1еэца ца ло. Нехан хьайх белам ма баккха! Корг1акъина эхь хетара муьлххачу стаге йо1 маре яла, х1унда аьлча диамбегашна комаьрша хьошалла дар цкъачунна дуьззина д1адаьлла далаза дара цуьнан дагчуьра, цундела шен нуц хьалдолчу нахах хила веза, бохура цуьнан даго.
– Ткъа ахь мукъана а алахьа, мила ву иштта хьан даго къастош верг?
– Мила ву?.. Цунна х1ун хаттар оьшу?.. Хьайн б1аьргаш а беллий, д1асахьажа гонах, гур ву хьуна, – аьлла, оьг1азвахара воккха стаг. – Лаахь Бежия а ву хьуна, тахана ахь же х1оттийна волу жа1у.
–  Х1ун бахара ахьа–а? – аьлла, цецваьлла Корг1акъа хьалаиккхира. – Ялхочуьнга ло боху ахь соьга сайн йо1?
– Х1унда ца ло ахь? Делора, дика к1ант ма ву иза, белхан сгаг ву, г1иллакхе, оьзда, майра, хьанал, тешаме стаг ву, кхин х1ун оьшу хьуна?
– Сискал бахьанехь, нехан не1ар т1ехула лелачуьнга ло бах ахь иза?
– Дика ду, Корг1акъа! Эрна къамел дар дита… Х1ун башха ду, нехан не1ар т1ехь а я шен ц1ен т1ехь а къахьегчахьана? Хьацархо болх бан кхоьллина ву, ши куьг а сацийна 1ийр вац.
– Х1ан–х1а, диканиг, ахь цу т1ехь х1умма а ма ала соьга! Ялхочуьнга маре лучул, сайн куьйгашца д1аюллур яра ас сайн йо1!
Цу дешнашца цхьаьна царна хезира кет1арчу г1опан не1 ц1евзаш. Къамел деш берш д1ахьаьвсира, церан б1аьрг кхийтира къаьсттина лепачу кучан юхах.

IV

Циция г1опан не1ар т1ехьа лаьттара, ладоьг1уш лаьттачу цунна x1op дош а хезара. Дог ч1ог1а деттадаларца хьоьжура иза шен ирс–аьттонан цара бечу хадаме. Ден т1аьххьарчу дет наша холчух1оттийра иза. Когаш т1ехь халла латталора. Йовхо, шело хийцалуш егайора иза, цигахь не1 дуьхьал ца нисъеллехь охьаюжур йолуш.
Цхьана минотехь хьаьжжинчохь йисина йо1 сихха кхетам чу еара, дог кхехкаш долчу цуьнан б1аьргех хин т1адамаш  дуьйладелира.
Циция, Бежия вовшийн деза дуккха а хан яра, делахь а герггара девзина дацара, амма церан дегнаша кхетош дара, шаьш вовшашна кхоьллина хилар а, вовшашна цкъа а ямарт хирг цахилар а.
Церан цу г1уллакха т1ехь къамел хилла а дацара. Безам хоттабеллачу дагна хаьара вовшийн ойла хоттаелла хилар. Вовшашка тухуш болу б1аьрг а кхечарна ца хууш буьсура, амма царна ма хеттара, хаттарна дуьхьал долчу жоьпан хьесапехь билгала къамел хуьлура цунах. Бист ца хуьлуш, кхечарна ца хууш д1асахуьйцуш йолучу ойлано ч1ог1а хьоьстура уьш, иштта кхерам боцуш, оццул самукъане дегайовхо гойтура, ца луъушехьа вовшашкахьа уьйзуьйтура, вовшийн лоьхуьйтура.
Дерриге а хьекъал, дерриге а са, дерриге а дог, йоь1ан дерриге а дег1 ша цхьаъ бен боцчу лаамо д1алаьцна дара – дагна дукхавезачуьнца цхьаьна хилар даиманна а цунна хьалха, б1аьргашна хьалха хьоме сибат лаьттара, цуьнан дагна везнарг, цуьнан дог хьоьстург, ца хийцалуш цуьнца хуьлу, йоккхаейо иза, цо x1op дийнахь йогуш сатуьйсура шаьш цхьаьнакхетаре, цуьнга шен кху кепара ала йиш хиларе: «Со хьан ю!..» Везан Дела, мел доккха ирс хир ду иза! Ц1еххьана некъана пурх дуьхьалх1утту–кха зуламе ницкъ – нехан лаам, нехан хийра бакъо, дахаран дерриге а ирс шех дозуш йолу. И ницкъ новкъаг1ортар, зуламе йолчу дог–ойланах иза к1оршаме хьакхабалар гар… шен лергашна кхел хазар… Везан Дела, цуьнга ладог1а мел хала ду-кх! «Сайн ялхочуьнга маре лучул, айса сайн куьйгашца д1аюллур ю ас йо1», – боху ден дешнаш шена хезча, Цицияс лайра и хало а.
Циция йоьлхуш нари т1е охьаюьйжира. Иза ехха а, къаьхьа а йилхира, оьг1азечу сацамах юьзна йолу иза ц1еххьана хьалаиккхира.
– Дика ду, иштта делахь, хьовсур вай, ахь со хьаьнга лур ю! – аьлла, мохь туьйхира цо.
Нийсса оццу дийнахь, лам т1ехь гуш яра Циция. Йо1 цига кхачале, Бежияца цхьаьна кхиъна волчу к1анта, шен доттаг1чуьнга, докъан басахь волчу жа1уьне дийцира шен да Бежияна Циция еха вахаран хьокъехь.
– Сан да, – бохура цо, – мухха а ахь т1едиллина долчуха, вахара Корг1акъа волчу. Дуьххьал хьуна аьлла-м ца йийхира цо йо1, делахь а иштта хеттарш да волавелира иза.
– Т1аккха? – Собар доцуш хаьттира Бежияс.
– Ялхочуьнга лур яц ша шен йо1, аьлла цо. 1адийча санна, лаьттачохь Бежиян куьйгаш охьадахара.
– Лур яц ша, – эли бахара цо? – аьлла, хаттар дира цо. Соцанг1а а хилла, т1аккха т1етуьйхира. – Х1инца х1ун дан деза ас?
–  Тхан дас бохура, кхера ма кхера, х1ун хаьа, иза т1евоьрзий а.
– Дерриге а эрна ду. Х1уммано a г1o дийр дац. Корг1акъа, мокхаз санна, ч1ог1а амал йолуш стаг ву.
– Х1унда г1елвелла хьо, миска! Дас дуьхьало яхь, ядор ю вай, и ша-м йог1ур ю хьоьга?
– Суна–м ца хаьа…
– Ахь х1инца а йоГаца дийца а ца дийцина?
– Ца дийцина.
– Иза х1ун ду ткъа! Мича захалонан хьокъехь ду ткъа къамел?
– Суна-м ца хаьа, х1умма а ца хаьа суна… Иза дукхаезаш, леш воллу со, иза йоцуш вахалац со… Цул сов кхин х1ума ца хаьа суна.
– Хьекъале хила, х1ун ду ахь дуьйцург? – Дог ч1аг1де, Бежия, и йо1 кхуза хьалайог1ур ю, жа1ушна яах1ума кхоьхьуш ю иза, цуьнца къамел де, иза т1етовш хилахь, кхин дерг атта ду, делора, дерриге а ваьш нисдийр ма ду вай!.. Х1ан-х1а, х1инца со а д1авоьду, жа а т1ехь да воцуш дитина дара сан… Къонах волчу стеган стогалла гуш хила еза, дог доьхна ма хила.
Накъосташа сацам бира, йо1аца долу г1уллакх, дерриге а йо1ах дозуш хилар, да юхъхьаваларх, цкьачунна догдиллар беп кхин х1ума дац, аьлла, д1асакъаьстира и шиъ.
Нийсса x1apa хан яра Бежияй, Цицияй вовшахкхетта хан Бежияй, Цицияй карахь дечиган кедаш а долуш охьахиъна 1аш долуш дикка хан елира, меллаша т1ера 1аь а г1уьттуш, чопа х1оьттина йолу керла яьккхина шура муьйлура цара; хьалххахь даржина долчу лежиг т1ехь 1охкуш бара керла беттина можа сискалан межиргаш.
Делкъанна юух1ума юура цара, амма ма дара церан делкъанна х1умаяар а! Муха х1умаяар хир дара церан, мацца а безамах дуьзна долу ши дог цхьаьнакхетархьама, вовшашна т1еуьйзуш хилча?
Цара молура шура, цара юура х1ума, амма ге дузорхьама ца юура, мала а ца молура: и шиъ цхьана ойланах дуьзна дара, цхьана лаамца уьйр тасаелла уггаре боккха безам вовшашка кхоллабелла дара. Вовшийн хьокьехь бен кхин ойланаш дагчохь йоцуш долчу цу шинна, хан д1а муха йоьду ца хаьара. Ткъа x1apa шиъ иштта 1аш дикка хан д1аелира. Т1аьххьара а Бежияс меллаша элира:
– Йо1! Баккъал хьан дас ца дойца и захало? – Г1ийла г1елъелла, корта охьаоллийра Цицияс, кад охьах1оттийра цо дегочу куьйгашца, шен партукан т1ам хьала а тесна, детталуш долчу даг т1е баьхьира цо иза, сацо г1ерташ санна.
– Сан хьомениг, алахьа деллахьа…
– Баккъал а дара дас аьлларг, – меллаша жоп делира Цицияс. Бежияна шийла хьацар туьйхира дег1а т1е, т1ех сихвелла элира цо:
– Х1ета ас х1ун дийр ду, мича эккха со х1инца?
– Ядаехьа со, къайллаха, – юха а меллаша жоп делира йо1а.
Бежия дуьххьалд1а 1адийна висира цу дешнаша. Амма,
бакъду, ядо дагалоьцуш–м ша а вара иза, делахь а тахханалц вацара иза цунах дог тешна, йо1ана ша везаш хиларх тешна. Тахана, дуьххьарлерчу дешнашца йо1а к1ант шена везаш хилар ша схьахаийтира.
– Х1ун? – хаьттира цо вега а веш, серлабаьллачу б1аьргашца хьоьжура иза. – Ахь х1ун бахара?
– Ядаехьа со, – юха а сацам боллуш, шеко хуьлийла йоцуш, шен дагахь дерриг схьаэлира Цицияс.
– Делахь везий хьуна со, везий хьуна? – элира Бежияс, ша дечух дика кхеташ а воцуш, дегош долу куьйгаш, йо1ехьа а кхийдош. Йо1 1адда 1аш яра, меттах а ца йолуш, д1а а ца къаьхкаш.
– Алахьа, алахьа, деллахьа, – бохуш, хьесталора Бежия, йо1 шен некха т1е а ийзош.
Ио1, жоп даларан меттана, меллаша цуьнан б1аьра хьаь– жира, цхьана б1аьрган нег1ар туххучу юкъана.
– Сан хьомениг, хаалахь сан дерриге а дахар хьайца дозаделла хилар, хьо йоцуш иза хирг ца хилар! – аьлла, мохь туьйхира Бежияс, собар доцуш шен куьйгашца йоь1ан куьйгаш а лоцуш.
Йо1а дуьхьало ца йора, дагна гергга т1ег1ертара иза, шинна а цхьатерра дагах летта ц1е яра царна, шинна а дагахь берг цхьа лаам бара, ший а цхьана ойланца догуш дара. – И ойла яра вовшийн цхьаъ хила резахилар, цхьаммо вукхунна чу шен са дилла, шина дагах цхьа дог а дина, вовшахдала, къаста йиш йоцуш хилла д1ах1оттар.
Иштта дерриге дицделла 1ачу кху шинна сихха т1екхечира суьйре, схьакхеттачу батто серлаяьккхира, т1аккхий бен саметта ца деана xlapa шиъ кхийтира шаышниъ хьеделла хиларх.
Циция сов хьелуш яра. Цуьнан хьеяларо билгало йоллуш лоьхуьйтур яра дега йо1, цуьнан ц1е а вочу aг1op йоккхуьйтур яра, цул совнаха, дерриг а тайпанна а, йо1 ц1анлур йоцуш, эхь т1едог1ур дара, делахь а дагна хеталора: х1ун г1уллакх ду нехан, безамах дуьзна долчу кху шиннан хьокъехь кхиэл ян, мацца а йо1 везаран карахь хилча, нагахь иза кхана кхуьнан майра хирг хилча, церан безам догц1ена хилча, мискъал–зарратал хьарамло йоцуш и безам хилча? Х1унда буьллу бехк, х1унда лору эхье царна оццул вовшийн дезар? Ткъа бовхачу, даггарчу безамо–х дерриге а дицдо, иза-х мел доккхачу, дагахь а доцчу х1уманна хьуьнаре хуьлу.

V

Садайра, Корг1акъа иттазза а аравелира, Циция схьаян езачу ламанан аг1орхьа д1ахьоьжура иза.
Юха а реза воцуш, туй а кхуссий, олура цо:
– Х1ун хилла теша оцу декъазчу йо1ана?
Корг1акъа т1аьххьара а аравелира, т1аьххьара а д1ахьаьжира ламанан готтачу некъе, г1айг1ане хилла корта охьаоллийра цо. Цунна хаьара, йо1ана х1уъу а хиллехь а цхьа х1ума хилла хилар: ден дагчу х1уьттура эзар бесара сингаттаме ойланаш, шеконаш, гаттонаш, халонаш. Да холчух1оьттина б1арзвеллера, амма делахь а шен дагчуьра г1айг1а ца ялхо, йо1 хьеялар цхьаьнгга а ца дийца сацийра цо.
Иштта г1айг1ане волуш чувеара иза, чехкка топ схьа а эцна, чапханан лерга к1ел молха а диллина, меллаша ара а ваьлла, не1 а ч1аг1йина, йо1ана т1аьхьа ломахьа д1авахара иза.
Г1айг1ане воьдура да, са хьалаг1ерташ, ойланаша кхехкош бара кийра, б1аьргашна хьалха х1уьттура ирча суьрташ: нахана хьалха ша юьхь1аьржачу х1оттар, наха вуьйцург хилар, дог къуьйлуш шад х1уьттура цунна, дег1ана шийла хьацар деттара.
«Стенна хьеелла техьа йо1? Х1ун хилла техьа? Юьхь1аьржой?..»
«Кхана хуур ду дерриге а, ца олуш, ца кхуллуш х1умма а дуьтур дац, яла мукъане а ели елира иза, цхьанхьа бердашкахь, 1инах мукъане а яхаелира иза, сан г1уллакх дийца даккхале, сан ц1ийнан ц1е йожале»…
Иштта ойла йора воккхачу стага, х1унда аьлча ц1ийнан ц1е йожар кхиболчу массо а балел а т1ех доккха х1ума долу дела.
Воккха стаг «Ц1интлован» готтачу новкъа д1аволавелира, оцу некъо иза вуьгур вара дуьххьалд1а, йо1 хила хьакъ йолчу метте, цуьнан жа лаьттара оцу меттехь. Меллаша, цхьана эшшарехь, дукха сих а ца луш, ида а ца уьдуш, парг1атчу боларца хьалавоьдура йоь1ан да, амма ч1ог1а сема хьоьжура иза беттан серлонехь эзар тайпана сурт х1уьтгуш долчу т1улгашкий, охьаохкаделлачу бердашкий.
Буьйса яра тийна, сецна, дийнан йовхоно дохдина х1аваъ х1инца а шелдалаза дара. Ламанах схьадуьйлуш охьаоьхучу шовданийн г1овг1а яра къаьсттина шатайпа хезаш, гонахьа набарца тийна йолчарна назманаш бохуш санна шайн мукъам а болуш. Корг1акъа шен вахарехь дукха х1уманаш лелийна, дукха иччархолла лелийна, дукха т1етт1а синкъераме суьрташ гина, ламанахь кхиъна вара, цундела цо тамаш ца бора  кхузарчу инзаре исбаьхьачу 1аламах, цуьнан акхачу хазаллех. Корг1акъа сиций, дагций поэт вара, цуьнца цхьаьна Делах тешаш а, динан г1уллакхаш лелош а вара.
Воккха стаг ламанан аг1оне д1а а хьаьжна, ц1еххьана сецира: б1аьргашна дуьхьалх1оьттира цунна нийсса лекха хьалах1оьттина берд, шен локхаллица а, нийсаллица а иза къаьсташ бара гергахула долчу кхидолчу бердел. Дуькъа дохк дара ламанна гонахьа х1оьттина, ломан бохь юккъехула д1ахадош санна, лакхе гуш, лахахь дара дохк. Дахкарх уьйш яра беттан серло, лахахь чохь гуш х1умма а дацара, ткъа лакхахь стигла ирхдахана лаьмнаш а, ломан буьххьехь болуш санна хеталуш къега седа а гора. Ткъа ц1еххьана д1ахьажавелча кхунна гира цхьа седа бодуш, деха ц1ога а долуш, охьат1ебог1уш санна, б1аьрга нег1аргтухучу сохьтана къайлабелира седа. Седа бодуш гар дика лоруш дац динехь, цундела Корг1акъана ч1ог1а ца дезаделира иза, кхеравелла шийла хьацар туьйхира цунна, лергаш чу зов а деана, коьртара массо а чо ирах1оьттира цуьнан, «Х1ун бала т1ебахьа теша кху седано?» боху хаттар дора цо ша шега. – Ц1еххьана кийра 1овжош бала хьаьдира, дог дохош, корта хьовзош йолу ойланаш яра дагчу оьхуш. Воккхачу стага коьртара куй а баьккхина, ламаз дан куьг айбинчу хенахь, цунна: «бх1уу» бохуш, дека экха хезира. Дерриге дег1 дегийра, коьртара куй охьабуьйжира. Юха а ека хезара бух1а. Воккха стаг кхеравелира, бух1анан тата хезча, цуьнан тата хазар массо а ламанан наха цхьа бала хиларна т1ехь туьдуш дара.
– Дала дуьнен т1ера а йойъийла хьо, – аьлла, Корг1акъа д1ахьаьжира оцу метте, шена ца дезалуш долу тата хезначухьа.
Цхьана охьаоллаеллачу терхин сона т1ехь къаьстира цунна бух1анан сурт, муьлхха а стигалан серлонгахь сурт х1уьттура; цуьнан инзаре боккха корта буьйсана шозза боккха хеталора.
Ламанхо ойла йоьхна, дог шелделла вара, г1айг1ане дагца бух1ана топ хьажийра цо, еххачу хенахь 1алашо а лоьцуш, топI т1ехтиларна кхоьруш, нагахь топ ца кхеташ т1ехтилар – иза тешам боллуш докъазалла коьртера д1аяларе дог дохийла йолуш дара.
Дикка 1алашо лаьцначул т1аьхьа, воккха стаг леррина п1елгаца чаппаг1 т1ейожо воьллачу хенахь, ц1еххьана хезира юха а цадезалуш долу тата, оццу сохьтехь кхеравеллачу Корг1акъас топ меттах а йоккхуш ларамаза т1е п1елг а биллина лаг озийра, тоьпан х1оъ х1аваъ декош д1абахара. Корг1акъина хезира олхазар т1ома долуш тата, цхьа минот яьллачул т1аьхьа гира цунна стиглахь тоьпан х1оъ ца кхеташ т1ехтилла долу олхазар, кхераделла, тохарлерачул тешаме йолу меттиг лоьхуш лелаш.
Иза т1ома дедира дехьарчу 1инехьа, топ д1акхочур йоцчу метте, юха а дог карзахдохуш дека х1оьттира олхазар. Воккха стаг-м, г1айг1ане волуш, тешаш вара шен коьрте цхьа бала хьаьвзарг хиларх, цхьажимма тем хиллачул т1аьхьа голаш т1ера охьавахара иза, догдоьхна г1елвелла волчу цо х1инца а догдохура Делан цхьана дикане, маликийн орцане.
Жимма хан яьллачул т1аьхьа мелла а саметтавеана воккха стаг хьалаг1аьттира, доккха са а даьккхина, элира цо:
– Х1уъу а хилахь а, дерриге а – Делан лаам бу! – Юха а шен топ а юьзна, шен жен г1она йолчухьа д1аволавелира Корг1акъа, маьршаьста д1а а кхечира иза, чудерзийна шен жа а, цигахь 1у а карийра цунна.

VI

Воккха стаг г1отана т1е хьалакхачале, Цицияй, Бежияй цхьа а стаг воцуш тийначу меттехь 1аш дара, буьйсанна г1еххьа тхи а тесна шелъяла йоьллера, Бежияс Циция к1орни санна, шен вертана к1ел хьарчийра, схьагарехь, шайн дахарехь бухайисна ерриге а хан иштта яккха реза дара и шиъ, нагахь х1окху ирсечу г1уллакхана цхьаммо а новкъарло ца йичахьана.
XIapa шиъ иштта 1аш долчу хенахь, кху шиннан а б1аьрг кхийтира беддачу седанах, шинна а дегнаш тохаделира. «Х1ун ду теша x1apa, х1ун дахьар теша х1окху тамашийна долчу кхолламан г1уллакхо?». Амма кхеран дегнаш хазахетарх, ирсах дуьзна дара, жималлой, безамой дахар кхин а дукхадоьзуьйтура царна, дерригенах а самукъадолура, дерригено а ирс дохьур ду бохург хеталора. Оцу седанца цхьаьний шаыи декъалда Дала цверски малик охьадоссош санна хетара кху шинна. Ирсах юьзна 1аш йолу йо1, къевллина шен некха т1е а озийна, наггахь бен иза д1а а ца хоьцуш, йо1ана дехха барташ дахура Бежияс.
Ц1еххьана цхьанхьа герз долу хезира. XIapa шиъ оцу сохьта хьалаиккхира, шаьш дицдаларна, юха саметта а дог1уш, ч1ог1а эхь-бехк лаьцна дисира йо1 а, к1ант а. Йо1ана шен да дагавеара, 1уьнна дагадеара ша д1атесна жа, дола доцуш дитина хилла долу.
– Ой, ас х1ун де техьа, ма хьеелла со!
– Сан диканиг! – олуш к1еда–мерза вистхилира Бежия. – Х1инцца д1аг1ур ю хьо, ткъа Далла хаьа-кх, кхин маца гур ду вай.
– Ма кхералахь, сан хьомениг! Со кестта юха а йог1ур ю.
– Йоьллахьа, йоьллахьа, сан Циция, хьо яре хьоьжуш вакъалур ву-кх со.
– Дика ду, дика ду. – Циция д1аяха новкъаелира. Бежия цунна т1аьхьавала дагахь хилира, амма Цицияс иза сацийра.
– Ца оьшу, ма вола, со-суо г1yp ю.
– Ахь х1ун дуьйцу? Хьо д1аяха кхоьрур яц хьо?
– Х1ун хир ду суна? Кхузахь дуьхьал некъ бу, д1о лекхачу 1ин чухула бердах чу а иккхина д1аг1ур ю со, ц1а гена дац.
Вовшийн 1одика а йина д1асакъаьстира и шиъ.
– Циция! – аьлла, юха а вистхилира Бежия.
– Х1ун бах ахь?
– Х1ун де ас, ма ч1ог1а еза суна хьо, тоха са дац–кх сан!
– Х1ун г1o дийр ду ас хьуна? – аьлла, хаьттира йо1а, даггара йоккхаеш йолчу.
– Нагахь хьуна со вицлахь?
– Ээ! – элира йо1а, бехк баккхаран кепехь, цуьнан и дешнаш халахетта, к1анте д1а а хьожуш.
– Сан хьомениг, оьг1аз ма г1охьа… хьо ца хилча дахар хир дац сан. Дош лохьа суна, хьо суна ямарт хир яц алий.
– Со муха хир яра хьуна муьт1ахь йоцуш. Дела ву-кх сап ойла гуш, хьо воцуш ас х1ун дийр дара х1окху дуьненах?
Оцу т1ехь хедира церан къамел, кхин дийца ца лора, безамо кхачийнера дерриге дешнаш а. Йо1 сиха ц1а яхара, Бежия а шен жа т1е вахара.

VII

Йо1ана т1аьхьавог1у да я ц1ехьа йоьду йо1 а вовшашна дуьхь-дуьхьал ца кхийтира, тайп-тайпанарчу некъахула xlapa шиъ дахарна.
Корг1акъа хьалакхоччушехь ж1аьла лиэта а леташ, цунна т1ехьаьдира, амма да вовза а вевзина шен оьг1аздахана летар ц1еххьана сацийра цо. Шен ж1аьлин корматаллица ч1ог1а хьесталора иза жан дена.
Ж1аьла лета а хезна, веанчунна дуьхьалвелира Бежия.
– Корг1акъа хьо вац xlapa? – элира цецваьллачу жа1уьно. – Ахь х1ун леладо х1оккхал хан яьллачу хенахь?
– Юьртара вог1ура со-м. Цхьа 1аш са а гатделла.
Xlapa шиъ ший а ц1еран кхерча т1е веара. Воккха стаг шен луьлла юза х1оьттира, цхьа а дош аьлла вист а ца хуьлуш, шен дагара ойланаш лечкъо г1ерташ. Амма xlapa ший а леррина вовшийн тергал веш вара. Йоь1ан хьокъехь дерг ца хууш кийра богура воккхачу стеган, цунах лаьцна долу хаттар дан шена ч1ог1а луъушехь, дагахь доццург кхин элира цо:
Ледарло ялийти-кх ас! Сайна юург схьаэца диц ца деллехьара, кхана талла ваха мегар дара.
– Яах1ума-м суна карор ю, – элира жа1уьно.
– Ткъа хьан х1уъу а хилла а яах1ума йолуш мукъана юй?
– Муха яц, тахана т1аьхьаеана ю, – олуш, Бежия къайллаха воккхачу стаге хьаьжира.
И дешнаш хезча воккхачу стеган куьйгаш мелла а хаалуш дегийра. Иза гина Бежия кхийтира Корг1акъа варан бахьанех. Ткъа воккхачу стеган дагахь дара: «Схьахетарехь йо1 кхузахь хилла, ткъа делахь х1ета кхузара д1аяханчул т1аьхьа x1apa хан яллалц мичхьахула лелаш ю техьа иза?» Юха а сихха саметта веанчу кхо элира:
– Х1ан, суна дицделлера тахана хьуна яах1ума т1аьхьаян  езаш хилар… Шен хеннахь мукъана еарий иза хьуна?.. – Оцу дешнашца леррина, зуьйш санна, Бежияга хьаьжира йоь1ан да.
Бежия кхийтира воккхачу стеган дагахь долчух, амма ша ца кхета кеп х1отто г1ертара иза воккхачу стагана хьалха.
– Ца хьеелира, стенна хьелур яра иза?.. Малх дикка лакхахь бара, ша Цицияс суна яах1ума еача… Тахана кхин зударий а бара кхузахь, шайн жа1уйшна баа кхача бохьуш баьхкина, Дала могашалла лойла царна. Дерриге а дуург тхуна схьа а делла, ткъа шаыи ц1азамаш лахьо бахара уьш…
Ц1азамашший? – хазахетта хаьттира воккхачу стага, вела а къежаш. Ойла йира цо: «Цигахь хьеелла хилла-кх иза», аьлла.
Кхул т1аьхьа буьйса цигахь яккха сацийра цо, шолг1ачу дийнахь ц1а г1уp волуш.
Цара къамел долийра x1op дийнахь а хуьлуш долчу г1уллакхех лаьцна, жен, 1ахарийн хьокъехь. Шиммо а воккхавеш дуьйцура муьлххачу а ламанхочунна дахарна рицкъ луш долчу, ламанхочо б1аьрга-нег1ар санна, лерина лардеш долчу даьхнин хьокъехь. Дукха хан ялале x1opa а шайн вертанех а хьаьрчина, паргг1ат хурр а деш буьйсанан сирлачу стигалап к1ел набарна д1авижира.

VIII

Оццу хенахь дог детталуш шен ц1енна герга кхочуш яра Циция, ойла йора цо, иштта хьеяларна дена хьалхахь х1ун бех казло йийр ю теша ша, бохуш.
Иштта кхечира иза не1ар т1е, дог деттадаларца ссцира, не1арх куьг ца тохалора. Юха а яьлла корах чу хьаьжира иза, ц1а чохь 1аьржа яра, массо а х1ума а маьрша хетара, кхерчахь яза йолчу ц1еран суьйнаш къегара, жимма мохан xlo хьаькхчи кхин а серладовлура и суьйнаш.
Циция юха а не1ар т1е яхара, цунна чухула г1уй бара боьллина, иза д1ататта меллаша чу куьг дахийтира цо. Не1 схьаеллаелира. Лаккха ц1а чохь цхьана х1уманан г1овг1а ели ра, лакхара кад охьабоьжча санна хийтира. Билггал «цициго чу теси-кх иза», – аьлла, ойла йира Цицияс, дуьххьар ша кхераеллачул т1аьхьа, меллаша не1 д1а а йоьллуш. Йоьхначу йо1ана хезира цхьа тамашийна тата, милла а велахь а цхьаъ коган буьххьерачу п1елгашна т1е а х1оьттина лелаш санна, кхераелла йо1 не1арехь сецира.
– Мила ву хьо? – аьлла, хаьттира цо кхоччуш кхераяларца, амма юха а шахьтата доцуш тийна хиларна, синтем хиллачу цо т1етуьйхира: «Ерриг а буьйсанна иштта г1овг1а латтор ю-кха цу хьердаьллачу цициго!» – аьлла. «Ткъа дада ву техьа?.. Иза-х ч1ог1а сема вижар долуш ву… мича вуьжур вара иза, йо1 ц1а еана цахилча?» – бохуш, ойла йора Цицияс, к1еззиг хан яьллачул т1аьхьа дагадеара цунна, схьагарехь сийсара хьеший хилла кхузахь, воккха стаг вехна а ву, къаьркъано ницкъ бина мерзачу набарна вижна а ву, аьлла.
Йо1ана дика хийтира xlapa г1уллакх, х1унда аьлча х1окху буса дена дуьхьалх1оттарал хала х1ума цхьа а ца хетара цунна, дас хоттур ма дара: мичахь яра хьо, х1унда хьеели хьо?
Х1ун жоп лур дара йо1а?.. 1exo везара цо иза…
Ткъа дена даима а т1е ма хьаьжжинехь ма хаара кхуьнан дагахь дерг. Цицияс хадам боллуш сацийра, дега, х1уъу хилла латтахь а, х1умма а ца дийца, Бежия шена везар цахаийта. Дас цунна ца веза стаг лехна, шен безамо хьере йина йолчу кхунна хета, дас х1уьттаренна шена, цхьаъ бен йоцчу йо1ана, и маре деш санна.
Г1овг1а йоцуш дечиган маьнгина т1е а яхана, мотт билла х1оьттира Циция. Ц1еххьана цунна хезира цхьаннан когийн тата а, сихха детта ков а.
– Хьо вуй иза, дада? – хаьттира йо1а. Жоп ца делира.
– Мила ву ков деттарг? – юха а ч1огг1а аз ойуш хаьттира йо1а. Юха а цхьан а вист ца хилира.
Кхераелла егош, товханна т1е а яхана, ц1ергахь ч1ишалг лато дагахь д1ахьаьдира йо1, амма оццу хенахь овкъаршна юккъе охьабуьйжира цхьаммо кхоьссина т1улг. Цхьана минотана чоь халла серлаяьлча, цунна гира сонехь лаьтта шена вевзаш ноцу боьрша стаг.
– Дада, дада, вайн чохь хийра нах бу! – аьлла, мохь белира цуьнга, амма чохь, тоххара санна, цхьа а вист ца хуьлуш тийна дара.
«Х1аллак хили-кх со» боху ойла хилира йоь1ан, т1аккха к1алд чохь а йолуш гуьмалк лаьттачу оте чу эккха дагахь хилира иза, цу чохь ша къайлаер йолуш санна хеташ.
Товхана хьалха декъа ч1ийш кег а дина, кхерча а туьйсуш, ц1е марсайохуш лаьттара цхьа стаг. Чоь серла а йоккхуш, кестта хьалалетира ц1е.
Дег1о ма лов герзаш керахь, мила ву а ца хуу боьрша стаг вара кхерча хьалха лаьтташ. Деккъа б1аьргаш бен ца гуш коьртах йихкина яра башлакх. Т1едуьйхина тиша чоа дерриге пхьуъйшаш а этт1а дара. Я иза ч1ог1а къен хиларан, я шаын хьалдолуш а болуш кечбелла лелар ца лоруш болчу оьздачу нахах хиларан билгало яра иза, амма ишттачу нехан дика дин а, кхелина герз а хуьлура, оцунах цара дозалла а дора.
Оьзда нах шайх олуш берш ирс а, дозалла дан х1ума а лоьхуш обаргаш а бовлий, шаын дийна мел бу лаьмнашкахула бовлий лелара.
Вевзаш воцу стаг пена т1е а веана, чиркх д1а а х1оттийна, иза латийначул т1аьхьа, йо1 лаха велира.
Соне а х1оьттина, хоршин чарп т1ехь йолуш санна, егош лаьттара иза.
Вевзаш воцчу стага куьг а лаьцна ц1енкъа юккъе озийра
йо1.
– Ма кхера хьо! – элира цо, вистхиларх йо1ана хиира иза нохчо хилар. Карара д1аяла г1оьртира йо1, амма жимачу стеган куьйгаша иза ч1ог1а д1алаьцнера.
– Собар дехьа, цхьажимма собар дехьа! – олуш, паргг1ат башлакх д1аяьстира вевзаш воцчу жимачу стага. Хьажахьа соьга, со ца веза хьуна? – дозаллица, амма хьасталуш йо1е хаьттира к1анта.
Бакъдара, муьлххачу а хазачу йоь1ан догк1аддийр долуш хаза а, шега безам бохуьйтуш а дара вевзаш воцчу жимачу стеган юьхь-сибат. Амма кхераелла, йоьхна, 1адийна Циция уратталла цуьнга д1ахьажа а ницкъ боцуш лаьттара.
– Йо1, – элира вевзаш воцчо юха а, – Вепха велла д1авуллучохь дуьххьара гина суна хьо, цигахь маьхьарца йоьлхуш, хьайн ч1ишталгаш т1е т1ара а детташ…. Х1етахь дуьйна дуй биъна ву со, х1етахь ахь т1ара диттинчу метте хьан ч1ишталга т1е хьуна барт баккха.
Т1аккха вевзаш воцчу жимачу стага иза шена т1е а озийна, еххачу хенахь барт баьккхира аьхначу, к1айн-ц1ечу, нур санна лепачу, цуьнан ховхачу ч1ишталга т1е.
Шена вевзаш воцчу, хийрачу стеган карараяла г1ерташ сетташ, акхтарган г1а санна, егайора Циция, амма ч1ог1ачу куьйгаша д1а ца хоьцура иза, хьогалла тоха са доцчу стага шовданан хих санна ца 1ебаш, йо1ах хьерчара к1ант.
– Алахьа, везий хьуна со, цкъа мацца везна а везар мукъана вуй хьуна со? – бохура цо. – Алахьа, кхин веза хьуна? Ткъа суна хьо ма еза, хьо сан хила декхар ду… Ас вуьйр ву-кх иза, хьо езарг…
Амма йо1 х1умма а хезаш яцара. Бер санна, карахь йо1 а ядийна, чуьра керта араиккхира жима стаг. Цициян догъг1елделл ера.
Жимачу стага маситтазза шок туьйхира, дуьхьал жоп луш, кхуо санна, шок туьйхира. Шина говран дуьрстанаш а лаьцна стаг велира бодушкара гуча. Шайца Циция а эцна оцу сохьта ломахьа хаьхкира кхара. Дукха хан ялале буьйсанан бодашкахь къайлабевлира х1орш.
Жа1у а, женан да а Гуьйрре хьалаг1аьттира, юьхь-куьг дилина, ламазаш диначул т1аьхьа жа меттахдаьккхира цара. Ломан басенашкахула д1асадаьржина жа лаьллина ша вахара Корг1акъа: вовшел хьалхадуьйлуш, ца совцуш д1асауьдура уьстаг1ий. Жана баьччалла деш хьалхахьа доьлхачу койшкий, бежалошкий самукъадаларца хьоьжура женан да. Жана хьалхаваьлла вог1учу Корг1акъана хьесталуш санна, т1е а еана кхунах схьахьекхалора уггаре йоккхах йолу бож, шен сен санна, яккхий ма1аш цунах а 1уьттуш. Дика дежийлаш долчу кхаьчча, д1аса а даьржина сутара буц яа доладелира уьстаг1ий. Ткъа жа1уй, женан дай парг1ат а ваьлла, кхача баа охьахиира.
Ломан лекхачу дукъал дикка хьалабаьллачу малхо т1ехь цкъа а ло ца дешчу лаьмнийн баххьашкахула д1асаяржийра шен дашо з1аьнарш, х1инцца кхоьлина хеташ лаьтташ йолу гонахе оцу сохьта серлаелира. Дагна там беш г1ийлла хьоькхура шийла x1o, даккъашкахула долу дохк шерачу аренашкахула нилха д1асадекъаделира.

Гочйинарг Маргошвили Юсуп

Чаккхе хир ю.

Вайнах №11-12, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх