Казбеги Александр. Циция

Повесть

Чаккхе. Юьхь еша №№ 11-12 (2015) – 5-6 т1ехь.

XVII

Сатоссушехь Бежияс, шовдан т1е а вахана, чов леррина йилира, юха а дума а хьаькхна йолу к1омалан горгам йиллира цо чевнна т1е, хьу ца йолийта йистошна т1е туй тухуш гla-буц т1е а юьллуш д1айихкира цо иза.
Дукха ц1ий эхаро ламанхо дикка г1елвинера, цуьнан ч1ог1а зоьртала долчу дег1ана г1еххьа мацалла хааелира. Сискаллий, к1алддий кхаьллина, хи а мелла мацалла юхаерзийча, меллаша новкъа велира иза.
Бежияна, г1елваларна, сих-сиха сада1ар оьшура, х1унда аьлча, ц1ий эшна долу дог сих-сиха детталора, ц1ийн пхенаш а дикка дусаделча санна хеталора.
Делахь а т1аьхь-т1аьхьа дег1е rlopa дог1ура, ког баккхар а ч1аг1делира, дег1 а нисделира. Ламанхо вацара дег1ана вазвелла, доьналло керла ницкъ, хьуьнар, собар лора цуьнан жималлина. Амма xleттe а, дихкинчу куьйго, ц1ий т1едеттаделлачу бедаро, бос байна хиларо ч1аг1дора ламанхо могаш цахилар, кхечунах иза могаш ву я вац хуур а дацара. Цуьнан долуш долчу г1елваларан, боккъалла а чов лозуш хиларан куц ца х1отталора цуьнан юьхьа т1е хьажарх.
Ц1еххьана т1ехьашхула говран когийн тата хезира цунна, юхахьаьжира иза: кечйина нуьйраш техкинчу говрашца вог1уш вара масех бере. Бежияна хиира, уьш ламанан нохчий хилар, шаьш т1аьхьакхуьъушехь салам делира цара.

Т1аьхьакхиъначаьргара салам схьаийцира некъахочо, дуьххьара д1ахьовссушехь хиира царна, цунна чов хила хилар. Нохчаша говраш совца а йина, хаьттира:
– Хьо мила ву, хьан йина хьуна чов, х1унда, мича бахьаненна? – аьлла.
– Ларсерачу Темаркъас йина суна чов, – аьлла, жоп делира ламанхочо.
– Х1иричой? – хаьттира цара.
– Х1иричо, Темаркъас.

– Темаркъа воцчо вайн меттигашкахь кхин хьан йийра яра хьешана чов? – элира цхьамма, Бежияга ла я доьг1на. Говра т1ера охьа а воьссина: – Схьавола, тхан говра хаа, – элира юха а оццу стага.
– Х1умма а дац, иштта а дика вог1ур ву со.
– Схьавола, схьавола, чов йолуш ву хьо.
– Собардел, чевне хьовса вай, х1ун хаьа, дика йихкина яцахь лозур а ю, бала а хьоьгуьйтур бу, – аьлла, шолг1а нохчо а т1евахара ламанхочунна.
Массо а говрашна т1ера охьа а воьссина, чов хилла волчунна т1ебахара, хьаьвсира уьш чевнан ехкаре массо а, чов дика ехкарна резахилира.
– Туьха доьхкирий ахьа? – хаьттира цхьамма.
– Доьхкина дера туьха а-м аса.

– Туьха дика ду, к1еззиг вагор-м ву, амма ц1ий охьаоьхучуьра сихха сацор ду, хьаьшна долу жижиг а сихха тодийр ду.
Юха а ламанхочунна т1е а вирзина хаьттира цо:
– Мацвелла-х ваций хьо? Х1ума юур ярий ахьа?
– Бакъду, меца-м ву со, – олуш, жоп делира Бежияс.
Цхьана жимхочо д1а а вирзина, схьадаьккхира таьллашна чуьра кхалларрий, кхехкийна х1оашший, котаммий, къаьркъа чохь долу сурилий, уьш ерриге а т1улга т1е охьа а ехкина, шун х1оттийра цо кхарна хьалха. Т1аккха кхечаьрга а элира:
– Аша а яийша к1еззиг х1ума.
Массо а резахилира х1ума яан. Говрийн дуьрстанаш, ядалур йоцуш, оззийна нуьйрийн х1оьънех д1а а тийсина, т1улгашна т1е охьахевшира берриш а. Жимаха волу некъахо вара т1ех1оьттина, наггахь кад а буттуш.
Хеттарш деш Бежиян са ца гатдора царех цхьамма а. Бежияна г1уллакх дан а, цунна накъосталла дан а, цуьнан дог-ойла айъа а, цунна хиллачу цатаман дакъалаца а лууш бара уьш.

Массарна а царна хаа лаьара х1окхунна чов хиларан бахьана, кхо арабаьккхинарг х1ун некъ бу. Делахь а ца хаьттира цара, ткъа ша Бежияс резахиларца некъахошна дийцира дерриге а: Темаркъас тешнабехкаца шена чов яр а, ша цхьана стагана бекхам бан араваьлла хилар а. Амма иза мила ву ца дийцира цо, цхьа нохчо иза хилар бен, х1инца схьахетарехь Жайрахахь хила тарлуш волу, цигахь шен хьаша цахилар билгал а даьккхира цо. Некъахошна юккъехь кхоъ Жайрахара вара, хьаша хьахорна т1ехь, кхуьй а х1окху дешнаша сихвинера:
– Хьаша Делера ву, тхо долчу вола, – бохура. цара, ша-ша волчу иза вига г1ерташ.
Бежияс баркалла элира, амма xlapa бахьанехь хьешашна юккъехь къовсам иккхира; цара кхаж тесира: мила волчу восса веза хьаша, аьлла.

Xlopa а вара кхаж шен баларе сатуьйсуш, хьаша кхечухьа вахийтар осалалла а, к1езгалла а хетара царна.
Т1аьххьара а цхьаъ хьалаг1аьттира.
– Тахана сарралц кхузахь 1ийр даций вай кхаж тесча, кхаж баьллачо хьаша а д1авига веза.
– Дика ду, дика, – т1етайра массо а.
Кхаьжнаш тесира. Бежия жимхина кхечира, барам бацара цуьнан оцунах воккхаверан, ткъа важа шиъ иза шайна ца кхачар ч1ог1а новкъа деана хьаьвзира.
– Суна кхечи, суна кхечи хьаша, – аьлла, воккхавеш, вистхилира жимха, т1аккха цхьамма иза шегара д1аваккхарна кхоьруш санна хьешана белаш т1е куьг диллира цо.

Важа ши накъост, цхьа цатам шайна хилча санна, кортош а охкийна, халахетаран билгалонна наггахь туй а кхуссуш, х1оьттина лаьттара.
Ламанхо воккхавеш вара, иштта дог-ойла ц1ена йолуш болчу оьздачу нахах ша д1акхетарна, делахь а цара ша иштта дика т1еэцарх х1умма а тамаша ца бора цо, х1унда аьлча, х1окху тайпана долу г1уллакх т1е1оттаделча, иза а иштта каде хьевзар вара, т1аьххьара ницкъ кхачабаллац г1ертар вара иза хьаша кхечунна ца кхачийта. К1еззиг къамеллий, бегашший бинчул т1аьхьа, говрашна т1е хевшира уьш, хьаша говра т1е а хаийна, берриш а цхьаьний д1абуьйлабелира нохчий, шаьш тохара дуьйна юьхьарлаьцначу меттиге, халкъан доккхачу дезчу дийне кхача.
Безамечу шерачу арахь, юькъа-луьстачу хьуьно го бина, бес-бесарчу зезагаша къарзйина йолчу, дукха нах гулбеллера, шайн тоьлашха йолчу бедарца кечбелла. Де дара тийна, къеггина сирла, довха-мела. Гобаьккхина гонаха самукъане, хаза, кечделла дара.

Нах сакъоьруш бара, цхьайолчу меттехь иллеш олура, цхьайолчохь зурма лоькхура, шайн хазалло кегийчу нехан кортош хьовзор болуш мехкарий бара хелхабуьйлуш, д1о, гена йоццуш йолчу кхечу меттехь, нийса тохарх къуьйcyш бара цхьаболу кегий нах.
Масех меттехь, ч1ог1а йогучу ц1ергахь, кхо ког болчу очакхашна т1ерчу даккхийчу горгачу еш чохь кхехкаш яра дайъинчу уьстаг1ийн дийнна чархаш.
Йоккха майда чулаьцна, го бинна лаьтташ бара кегий нах, тайп-тайпана, бес-бесара барзакъ т1ехь. Ц1арна го а бохуш, т1ахъаьлла хелхабуьйлура уьш, кест-кестта ц1ерга, сирла хилийта, ч1ийшаш а кхуьйсуш, 1адхьокху пондар бара лоькхуш, вота еттара, т1араш деттара, юкъ-юкъе юьйлучу тапчанийн тата а хезара, г1адваххана хелхавуьйлучо беттачу маьхьаран аз а.

Дерриге а х1аваъ декаш санна хетара. Башха тамехь кечбелла мехкарий а бара вовшийн хуьйцуш хелхабуьйлуш.
Х1окху нахана юккъехь иштта лаьтташ яра Циция а, йовхонна беснеш ц1ийелле, б1аьргаш лепаш дара цуьнан. Наггахь хелхайолура иза, ламанца ц1е йолуш долчу тайпанийн .нехан мехкаршна толам ца буьтуш.
Нохчийн кегий нах боккхачу безамца хьуьйсура. гуьржийн йо1е, цкъа цхьаъ волура цуьнца хелха, т1аккха кхин волура, вовшашца яхь яра церан, бохь боьг1уш йоь1ан некъ лоьцура цара, амма йо1, олхазар санна, т1ам а хьовзабой д1айоьдура, жимчу стеган меран к1елхьара а йолий.
Массо а цуьнан куьцах, г1иллакхах, оьздангаллех тамаш беш вара, массеран а дог сакъералуш детталора, х1унда аьлча, жималла яра дог ловзош ерг, дахар хаздеш ерг, кегийрхойн б1аьргаш ирсе хьоьжура.

Гуьржийн йоь1ан жималло, хазалло, исбаьхьчу куьцо берриге тидам, безам шена т1ебахийтинера. Иштта и синкъерам уггаре тобеллачу хенахь кхечира кхуза Бежия а, цуьнан х1усамдай а. Д1а а х1иттина дечу хелхаршка хьежа бевлира уьш.
Бежияс тергал бира нах, ц1еххьана Цициях б1аьрг кхийтира цуьнан; дог ч1ог1а тохаделира, кийрара араэккха доллуш санна, т1аккха хоршано вегийра иза, садеlap а сихделира. Цкъачунна тиларчу вахара иза, ойланаш пана яьржинера, деттало дог сацо г1ерташ санна, куьг даг т1е дехьира цо, ерриге юьхь кхохкийнера, т1аккха, ц1ий д1а а хьаьдда, бос байра цуьнан, хазахетарх беламан серло иккхира б1аьргашна чохь, хьалхахьа цхьа ког а баьккхина, кхин цкъа а цуьнга д1а а хьаьжна, сецира иза. Цунна гира йоь1ан кхоччуш резахиларан куц, оцу балхо бос хийцира цуьнан.

«XIapa х1ун ду-техьа? Стенна йоккхае-теша иза? – боху ойла дагахь а йолуш, юха а д1ахьаьжира иза Цицияга. – Йоьлу иза, ирс долуш ю, нуьцкъала. ядийна ца хилла!» – цуьнан б1аьргашна дуьхьал бода х1оьттинера, охьа ца кхеташ когаш т1ехь халла сацавелира иза. Оцу миноташкахь гуьржичун коьртехь сов дукха ойланаш яра хьийзаш. Иза верриге вогура, доккха са а дохуш. ша-шега бохура цо: «Иштта сиха вицвелла-техьа со цунна, иштта сиха къарбина-техьа цо Делах биъна дуй? Х1ун дан деза аса? Х1аллак хили-кх со!..» Дог дахар доцуш доккха садаьккхира цо, ойланаш екъаяларца гонах д1асахьежа велира иза, амма к1еззиг соцунг1а хиллачул т1аьхьа б1аьргаш ч1ог1а д1асакхерсто велира, оьг1азаллица, легашка шад xlyrryш, холчах1оттарца, цо элира: «Солтас лур ду суна дерригенна а т1ера жоп!» Иза аьлла ваьллачул т1аьхьа, юха а Цицияга а хьаьжна, цо элира: «И мичахь ву, х1унда вац иза цунна уллохь? Х1ун дан деза аса, нагахь и кхузахь вацахь?»

Цул т1аьхьа иза нахалахь леха велира Бежия. Ц1еххьана цунна гира воккхавеш, юьхьа т1ехь велар а долуш лаьтта Солта.
– Axla… ой, иза-х!.. Х1инцца-м, хьаха, Дела соьгахьа ма ву!
Солта вара юьстахо, ша цхьаъ лаьтташ. Г1ийла, тийна, г1айг1ане юкъарчу синкъераме сингаттаме хьоьжуш лаьттара иза.
Цуьнан г1айг1ане йолчу юьхьо, г1елделлачу б1аьргаша, ойланашка даханчу юьхь-куьцо билгало йоллуш ч1аг1дора цуьнан дог цхьана езчу, халчу ойлано д1алаьцна хилар.
Цуьнга д1ахьаьжжинчохь висира Бежия. Ц1еххьана векхавелира Солта. Бежияна иза гира: ела а йоьлуш. цунна дуьххьалд1а т1еяхара Циция, белш т1е куьг а диллина, цуьнга цхьаъ а-м дийца х1оьттира. Бежияна т1е, лергашна гена хилар бахьана долущ, ца кхочура цо дуьйцучун аз, церан ойла хаа лааро дог карзахдохура цуьнан. К1ант дегабаам барца, догуш долчу б!аьргашца хьоьжура Цицияга, иза Солтица хазчу хабаре яьлла йоллура.
– Сан ваша, стенна сагатдо ахьа?
– Хаац, – жоп делира нохчичо г1ийлачу озанца.
– Суна лаьа хьан самукъадаккха, сакъерадалийта, хьо сайца хелхаваккха…
– Лаам хьан бу-кх!

– Соьца хелхавала веза хьо, – аларца, хелхавалар т1едуьллуш санна, элира Цицияс.
– Ала хьайна луург, дуьхьало хир яц хьуна, – аьлла, жоп делира Солтас. Ткъа цуьнан б1аьргаша, цуьнан хьежаро бохура: «Аса муха йийр ю хьуна дуьхьало. Схьаалахьа, х1ун дан деза, хьан лай вац со?»
Церан иштта вовшашна т1ера болуш латтаро Бежиян кхоччуш собар дайъира, церан къамелан чулацам х1ун бу ца хаьара цунна, хьанна хаьара цара х1ун дуьйцу? Эзар ойла яра Бежиян коьрта чохь.
Гуьржи, шаьлтана т1е куьт а диллина, Солта волчухьа д1аволавелира, ткъа иза кхунна букъ берзийна лаьтташ вара, т1евог1уш волу ламанхо ца гора цунна. Бежияс, герга а вахана, яьккхина шаьлта а йолуш, элира:

– Къола дан дика хууш хилла хьуна, гайтал х1инца хьайн къонахалла суна!
Ц1еххьана юхавирзинчу Солтина яьккхина шаьлта а карахь стаг гира. Чехка шен шаьлта схьа а яьккхина, шен цГарах богуш болу б1аьргаш цунна т1ех1оттийра цо.
Бежия гаро цецъяьккхина Циция, цуьнан оьг1азвахаро кхерийна, оццу метгехь 1адийча санна лаьтташ яра, чохь са доцуш санна меттах ца йолура иза.
Цхьа минот ялале дуьхь-дуьхьал волу шиъ вовшашна чуьчча хьаьдира, яьхначу шаьлтанашца вовшех лата кечвелира и шиъ. Ц1еххьаиа йоь1ан мохь а белира, шайн когашна хьалха охьадоьжначу корталех б1аьрг а кхийтира церан. Оцо цецваьккхина и шиъ, лаьттах д1авоьг1ча санна, сацавелира.

Солтий, Бежияй, хьерваьлча санна, хьоьжура вовшашка, церан шаьлтанийн юьхьигаш вовшашна т1екхаччаза йисира, амма цара сихонца охьаяхийтира шаьлтанаш, меллаша батта чу йоьхкира цара уьш, меллаша д1асакъаьстира и шиъ.
XIapa г1уллакх иштта 1аламат чехка эккхарна, уллохь болу нах дан оьшуш долу r1o дан а ца кхиъна, оцунна мелла а юьхь1аьржа хилира. Цициян кортали дара дерриге г1уллакх къастийнарг. Оцу сохьта т1ехьаьлхира х1усамдай а, кхидолу адамаш а, лулахой а. Х1ун ду, мила ду, бохуш, нах совцо а, сапарг1атбаха а г1ертара уьш, нагахь эшнехь хьошалла дан, эшахь цунна шайн са д1адала а реза бара.
– Бежия, эхь ца хета хьуна? – олу хезира гуьржичунна Цицияс.
– Цу т1е а бехк боккху ахьа соьга? – аьлла, вон ц1ог1а туьйхира Бежияс.
– Дера боккху, бехк-м аса хьоьга!.. Цхьана маь11аргона сан ваша воьра ахьа, Солта сан ваша хила дуй биъна ву.
Солта цигахь юххехь лаьтташ вара.

– Ваша хилла?! – бохуш юх-юха хоьттура Бежияс. Баккъалла а цецваьккхинера иза гушдолчу дерригено а.
Нохчо д1ахьаьжира, ший а вовшийн куьйгаш а лаьциа Бежияна т1едоладелира.
– Бежия! – элира Солтас. – Хьан зуда хила, хьуна дош делла йолу йо1 ядийра аса сайна езаяларна… моьттура суна, цунна а со везар ву, нагахь со цунна везавелла хиллехьара, делора бакъ ма дара, дуьне а сан мостаг1 хилла д1ах1оттарх, иза соьгара йоккхур ма яцара… амма ирс хьан хилла, хьо веза цунна, Дала хьуна елла иза, тхо––м йиший, ваший хила дуй биъна ду… Х1инца тухур ду ахьа суна герз, хьайна лаахь, ц1ий цхьамма а доьхур дац хьоьгара… 1анаде вешин ц1ий, хьайна лаахь.
– Делора, ламанан нохчий, мостаг1чунна дуьхьал довла а, доттаг1 т1еэца а ма хаьа шуна! –– аьлла, Солтина т1е а кхетта, иза маравоьллнра Бежияс.
Циция, едда шайн х1усамдайн чу иккхира, х1унда аьлча, майра хила везаш верг гучуваьлча, ламанан 1адатехь нускал нахана юкъахь гуш лелар товш дацара.

XVIII

Дукха хан ялале оцу хьокъехь массарна а дийцар хилира. Солтий, Бежияй шайн-шайн хьешаший, баккхийчу нахий иийсо еш болу баккхий нах болчу вигира, ши ваша хилар ч1аг1деш дуй баийта. Цара дуй бааран билгалонна цхьабосса баьхна т1ехь зилаш бина йолу г1аж маьждиган керта буха д1айоьллира.
Джайрахера берриге бахархой Солтий, Бежияй декъалвеш бара, уьш вежарий хиларна, х1ораммо а цу шинга шайгий-шайгий хьошалг1а кхойкхура, цхьа кад къаьркъа я куршка ниха муха хуьлу хьажахьара, бохуш.
Массеран а юкъара деза де хилла, самукъадоккхуш х1орш болчу хенахь, ц1еххьана ведда Солтина т1е а веана, цунна лере а вахана, цуьнга хьоьжуш герггарчу хьуьнахахь цхьаъ а-м ву, элира.
– Мила ву? – хаьттира Солтас.
– Ца хаьа, ц1е ца юьйцу цо… иштта, маж йолуш стаг ву-кха, – к1анта куьйгаш дехьира юьхьа т1е, маж хиларан кеп х1оттош, веанчу стеган маж муха ю билгало ян лууш санна.

Солта вахара к1антаца, цигахь герггарчу хьуьнан юккъе д1авигира иза к1анта, вертанах хьаьрчина стаг вара цигахь лаьтташ.
– Марша вог1ийла хьо, Солта! – элира, xlapa шена т1е кхоччушехь ца вевзачу стага.
– Хьо а вог1ийла марша! – аьлла, жоп делира Солтас, т1аккха д1ахьаьжча и стаг вевзина ч1ог1а цецвелира иза.
– Темаркъа?! Ахьа деанарг х1ун ду?
– Хьо вен бог1уш бу, хьоьга иза д1ахаийта веана со. Хьажал сан говре, мел чехка веана со, аса цунна динарг гой хьуна, – аьлла, говрехьа куьг хьажийра цо.
– Муьлш? Дукха буй уьш?
– Бац, цхьаъ ву вог1уш верг, амма иза дуккханне а метта ву.
– Хьуна стенах, мичара хаьа иза?
– Суна сайна гира, ламанан гуьржи ву иза.
– Мичахь?
– Шина некъаца йолчу хьехахь.

– Мичара ву иза?
– Ломара ву…
– Вист хилирий хьо цуьнга?
– Аса-м цунна чов а йира.
– Чов йира? – т1аккха Солтина дагадеара Бежиян дихкина хилла куьг.
– Бакъду, чов йира аса цунна… хьо вен дагалоьцура цо, мичахь собар дийр дара аса…
– Бежия-м вацара иза?
– И ву моьтту суна. Амма аса шена йог1ург д1аелира цуниа!.. Амма говр к1ел йити аса, кхин метта йоrlyp яц иза!.. – бохуш, куралла ян велира Темаркъа.

Солтин собар кхачаделира, т1екхетта цуьнан пхьаьрсаш ч1огг1а схьа а лаьцна, Темаркъа вегийра цо.
– Говр а йитий, хьайн корта ларбе ахьа, дикаха хир ду хьуна! – бохуш, т1ечехара Солта. – Ткъа ахьа чов йинарг сан дуй биъна ваша ву. Ахьа жоп лур ду хьуна суна хьалха, айхьа цуьнан 1анийначу ц1ийнна!
Темаркъин бос байра, кхеравелла вегавора иза. Солтас, пхьарс а лаьцна, такхийна д1авигира иза адамашна т1е, кхиэле д1авала. ,
Баккхий нах буьйлира г1уллакха юкъа. Цара боккха бехк биллира Темаркъина цо динчу боьхачу г1уллакхана, баккхийчийн кхеташонехь хилла кхиэл д1акхайкхийра цхьана воккхачу стага.

– Х1ай адамаш! – элира цо гулбеллачаьрга. – Темаркъин бехк хилар лерина. Ямартлонца мотт-эладита эцна лелла иза. Ахчанан а, шена хуьлчу пайданан а дуьхьа адамашна даима а ямартлонаш еш лелла иза, цо сий ца дора туьханан-бепиган, цо сийсаза дора хьошалла дар а, цо ца кхобура я зударий а, я божарий а, шен 1ебар йоцу гай юьзчахьана. Цо ша волчохь къайлабохура къуй а, халкъан мостаг1ий а. Адамашна, вайна юкъахь ваха хьакъ вац иза. Джавхарарчу массарна а велларг санна ву иза, д1аволанда шена вайна юккъера, малх чубузале юьтанда шена вайн меттигаш д1атесна… Д1авала гена, х1инццалц хьо тхешан нанас вина ваша санна лелорна дохко девлла тхо, – элира воккхачу стага, Темаркъина т1е а вирзина.
Иштта юьртах араваьккхира цара ямартхо, зуламе питанча.
Сарале берриш а шайн-шайн ц1а бирзира. Бежиян х1усамдай, Цициян х1усамдай а санна, безчу хьешех баккхийбеш бара, Корг1акъий, Муртаззий схьакхачаре хьажахьара, массара а цхьаьний ловзар даздархьама, бохуш.

XIX

Буьйса яккха меттиг лоьхуш Бурит1ехь урамашкахула д1асалелаш вара Корг1акъа. Ц1еххьана цунна салтийн чоа а дуьйхина волу цхьа зоьртала стаг т1аьхьахьаьдира. Тиша, ченах дуьзна долу барзакъ т1ехь долчу воккхачу стаге цунах кхардарца д1а а хьаьжна, белшах тесначу тоьпана т1е вон, луьра б1аьрг х1оттийра цо.
–– Х1ей! Х1е воьдург, собардел!.. – аьлла, мохь туьйхира цо.
Шен ойланашка ваьлла воьдучу Корг1акъана ца хезара цо бохург, шен некъа д1авоьдура иза.
– Ца хеза хьуна, xla?! – олуш, воккхачу стеган некъ а хадош, веана цунна дуьхьал велира иза.
– Х1ун деза хьуна?
– Хьо мила ву?
– Ламанхо ву.
– Герз х1унда леладо ахьа?

– Со некъа воьдуш волу дела, ткъа сан мостаг1ий бу.
– Ца хаьа хьуна г1алахь герз лело бакъо йоцийла?
– Х1ун бен ду г1алахь а, юьртахь а, массанхьа а цхьаъ дац, х1ун башхалла ю?
– Дика ду, дика, дукха ма лел! – буьйр деш, т1ечевхира чоа дерг. – Схьадастал герз!
– Стенна досту аса иза, ахьа х1ун дуьйцу?!
– Схьадаста, бохий хьоьга!
Корг1акъа ца кхетара шегара лоьхучух. Ткъа салтичо юха а элира:
– Ца досту ахьа? – иза а аьлла, шена г1оьнна, ша санна болчу, кхечу салташка кхайкхира цо.

Воккха стаг дуьххьара кхеравелира, вуьйхира, хьалхара ведира иза, ткъа и чоэш дерш т1аьхьауьдура цунна, воккха стаг са ца даккхалуш виснера. Иза гуш болу базарара совдегарш схьахьаьлхира, буьйлуш хьуьйсура уьш х1окху ирчачу сурте; воккха стаг вуьйхира, цхьана стагана, муьлххачунна а лиъча иштта бакъо йоцуш ницкъ шена бийр бацара моьттура цунна. Оьг1азвахана, ц1еххьана сецира иза, оцу минотехь топ т1е а ерзийна салтичо элира:
– Ахьа дуьйций, хьо мила ву, достий ахьа герз схьа? Делора, аса х1окху сохьта шийла дакъа дийр ма ду хьох.
Кхуьнан бос хийцабелира, дег1ера ницкъ лахбеллера. Амма xleттe а кхунна кхин т1е а еттара салтийн чоэш долчуша. Х1ара охьавуьйжира.
Тохара буьйлуш хилларш шайн тобанаш йохош д1асабаьржира.
– Вийн, вийн иза!.. Х1унда етта аша, х1унда? – бахара т1ебаьхкинчу кхечу наха, амма т1ег1орта ца баьхьара уьш.
Kopгlaкъин коьртах а, багах а, мерах а ц1ийн алхаш туьйсура, х1етте а куьйгаш д1адихкира цара цуьнан, чомахь сада1алуш а воцчу цуьнга х1инца шен дег1ан дола ца далора. Ламанхо кхоччуш к1елвисира.

Халла саметта веанчу воккхачу стага, г1айг1ане б1аьрг хьажийра гонаха д1аса, цигахь болчу нахе орца доьхуш санна, дог дохарца элира цо:
– Х1ун бахьана долуш воь аша со, Дала кхоьллина адамаш дац щу? 1едал дац техьа?.. XIapa х1ун ду аша суна динарг?..
Амма и дешнаш Корг1акъана тоьхначу мийрано хададайтира. Иза хьалха а ваьккхина, д1а а вигна, полице д1авелира, воккха къу, 1едална дуьхьало еш волу зуламхо ву, аьлла. Корг1акъа герзаш охьа а дахкийтина, набахти чу воьллира, масех дийнахь-бусий дааза, малаза витира иза, х1унда аьлча, оцу хенахь цхьана кхечу г1уллакхашна т1аьхьа а бевлла, кхуьнга хьовсучохь бацара хьаькамаш.

Ч1ог1а сингаттамехь, йоккхачу г1айг1анехь вара Корг1акъа, хьере хиллера иза, цунна ца хаьара, ша х1ун дан деза.
Бала алсамбаларна чохь д1асаветталора иза, мохь беттара, корта пенах беттара цо, амма цхьамма а ла ца дуг1ура цуьнга, ткъа салтий бийла а буьйлуш lapa. Шаьш цунна т1ехь беш болу ницкъ сацо дагахь а бацара уьш. Воккха стаг г1елвелира, тишвелира, собар кхачийра, мацалло а б1арзвинера иза. Кхин масех де даьлча и араваккха чубахача, не1ара т1ехь воьжна 1уьллуш вара Корг1акъа, халла са доь1ура цо, юьхь ц1ийеллераг наг-наггахь къурдаш беш, доккха са доккхура цо.
Цуьнан коьртера хьекъал д1адаьллера, ткъа наг-наггахь юьхь ч1ичкъашка эхаро билгало йоллуш ч1аг1дора цунах нуьцкъала лазар кхетта хилар.
Тиларчу вахана делахь а, я г1ан-набарха делахь а цунна дуьхьал х1уьттура Цициян, Бежиян сурташ, цаьрга кхойкхура цо, дийшина б1аьргаш а ца доьллуш, сама а ца волуш, я саметта а ца вог1уш.

Корг1акъа кхоччуш цамгаро лецира.
Ламанхочуьнгахь долу хьал лакхарчу хьаькаме д1ахаийтира, Корг1акъа дукха ханна 1уьллур вац, вала мега иза, аьлла.
Ткъа оцо, коьртах м1араш а хьаькхна, элира: «Йилбазаша хьойла иза!»
Воккхачу стага схьадийхира тохара лоцуш шен карахь хилла кехаташ а, ахча а, герзаш а.
Кехаташ дайъинера, ткъа ахча шайна дитинера, герзаш эскаран декъе д1аделлера. Лакхарчу хьаькамо юха а куьг а ластийна, элира: «Йилбазаша хьойла иза!» Т1аккха циггахь стоьла т1ехь 1аш волчу къанвеллачу йозанчина т1е а вирзина, буьйр дира цо:
– Д1аязде кехат, лазартне вахийта иза, г1уллакха т1е язде: xlapa мила ву ца хаьа тхуна, кхуьнгахь цхьа а кехат дацара, ткъа ша кхо ц1е а, тайпана ц1е а яккха а ца туьгу, алий. Телхина хьерваларан билгалонаш кхуьнца хиларна воуьйту, алий язде.
– Герзашна х1ун де вай? – хаьттира йозанчас.
– Х1ун герзаш дуьйцу ахьа?

– А, дато доьхка, датоца кечйина шаьлта, дато бустамаш… –– элира йозанчо, стоьлан г1утакх схьа а озош.
Вон йозанче а хьаьжна, лакхарчу хьаькамо омар дира, герзашна т1е п1елг а хьажош:
– Х1орш д1а а хьой сан ц1а д1ало.
Г1уллакхахочо чехка кхочушдира шега дина омра, ткъа йозанчо юха а хоьттура:
– Х1окху кехата т1е церан хьокъехь х1ун язде аса?
– XIaa?! – кхин цкъа а къаьрззина, буьрса йозанче хьаьжира лакхара хьаькам.
Йозанча волчунна т1е а кхеравелира.

– Х1ун герзаш? Аса х1инцца аьллачух ца кхета хьо? – ч1ог1а оьг1азваханера лакхара хьаькам.
– Воккхачу стеган герзех лаьцна бахара аса-м!
– Х1ан, делахь, д1аязде кхид1а а… Язде, воккха стаг новкъахь карийнера тиларчохь волуш, данне а карахь герз доцуш… Кхийтин хьо? – йозанча, цецваьлла, эг1ийча санна хьоьжура, бага а г1аттийна.
– Нийса ду, бакъ луьй… кхийти со, – аьлла, корта а та1ош, жоп делира цо.
Лакхара хьаькам динчу омарах тоам хилла, ара а ваьлла, пайтонна т1е а хиина, цхьана arlop д1авахара.
Иштта, карахь цхьа а кехат а доцуш, хьерваьлла стаг ву аьлла, лазартне кхоьссира Корг1акъа.

XX

Корг1акъин цамгар хала хилира, дарба лелош ца хиларна иза гуттар к1елвисира. Цомгаш верг то-м муххале а лур воцуш, ткъа мелхо а кхин а к1елвуьсур волуш – иштта вон дара лазартнера хьелаш.
Корг1акъех хилларг арахьа цхьанна а хууш дацара.
Корг1акъа ван дукха хьеваларна, цуьнга а ца хьоьжуш ловзар дина бал д1аберзо сацийра Бежияс а, Солтас а.
Ловзар дукха доккха, башха, адам дукха долуш, массеран а ч1ог1а сакъералуш хилира. Бохуш иллеш дара, хезаш назманаш, мехкарийн эшарш яра, деш ламанхойн сов-башха хелхарш. Масех дийнахь-бусий дахделира Бежияна Циция ялийна хиллачу ловзаран той. Массара а, цхьаммо санна, т1еийцира уьш, хьошалла дира царна. Мел шена Циция дукха езнехь а, езахь а, амма шен доьналлех вохаза а, вухур воцуш а вара Солта. Х1инца шен йиший, ваший санна лорура цо и шиъ, деза хетара цунна уьш.

Ловзаран бал чекхбаьллачул т1аьхьа Джавхарера берриге ламанхой арабевлла, Терка т1ехула дехьа а баьхна, некъ дика беш новкъадаьккхира и шиъ, т1аккха цигара Хеви олучу метте д1адахара Бежия а, Циция а.
Даьссачу куьйгашца новкъа ца баьхнера уьш Джавхарерчу х1усамдайша, царна шортта совг1аташ динера: Цицияна юрг1анаш, назбарш, истангаш, кад-1айг, кхиерг а еллера зударша, ткъа божарша Бежияна детица дика кечйина нуьйр т1ехь дин беллера.
Генна д1а и шиъ новкъа даккха вахара Солта. йоккха ц1е яра цуьнан кийрахь йогуш кхерсташ. Ойланаша ээарнащ гонаш дохуьйтуш корта хьийзабора цуьнан. Циция гуш а йоцуш йоккху хан мел хир ю-те, бохург дара цуьнан къоначу кийрахь. Амма къонах-къонаха хила веза, дош делла даьлла, дуьне дохарх иза дохо йиш яц ламанхочун.

Масех дош аьлла а Цицияга вистхила дагахь вара иза. Дукха кхоьлина, сингаттаме, г1айг1ане вара Солта. Циция а яцара иза ца гуш. Шех къаста, цхьа виса цунна мел хала ду дика хаьара цунна.
Дуй биъна хиллачу шен вешега г1ийлла хьоьжуш, меттах ца йолуш х1оьттина латтара Циция. Вовшашка дистхилар цу шинна бехке дацара, мухха делахь а, йиший, ваший ма ду и шиъ. Амма вовшашка х1ун эр ду, муха эр ду ца хаьара цушиннах цхьанне а. Бакъду, xloкху миноташкахь Солтин дагахь дерг вешина йишин хьокъехь хеташ дерг доцийла-м шера хаьара Цицияна.
– Соьга ала х1ума дац хьан, ца олу ахьа? – аьлла, хаттар деш халла долийра йо1а.
– Х1ан… асий… х1ун эр ду аса… Ирс долуш хуьлда хьо… шу… – кхин д1а легашка шад х1оьттина висира Солта, х1умма а ала ца луш.
– Кхана 1уьйранна вовшашна гена девр ду вай, – кхин х1ун эр ду а ца хиина, шен дош хадийра йо1а.
– Хиндерг ду-кха иза…
– Маца вог1ур ву хьо тхоьга? – аьлла, хьасталуш юха а хаттар дира Цицияс.
– Цкъа а!

– И х1ун ду ахьа бохург, ва сан ваша?
Солта д1ахьаьжира цуьнга, цуьнан б1аьргаш хих буьзира, xlop дош къастош жоп делира цо:
– Хьо сайна еза дела вог1ур вац со!
Циция ша лаьттачохь егийра, тохаелира, кхераелира, чуьра са д1адаьлча санна, лацаелла лаьттара иза.
– Кхийтин хьо? – элира Солтас юха а, оццу к1еда-мерзачу озанца.
Кху шиннен а дегнаш юххехь волчунна хаа а лур долуш сила а, синтем боцуш а детталуш дара.
Дукха хан ялале кхарна т1аьхьакхиира х1орш новкъа баха бог1у замой. Уьш т1аьхьакхиинчул т1аьхьа к1еззиг вовшех самукъа даьккхина, цхьацца бегаш а бина Бежияй, Цицияй новкъа шаьшшиъ д1а а хьажийна, юха ц1ехьа бирзира нохчий. Накъосташца цхьаьний ца дог1учу дагца, йоьхначу ойланца юхавирзира Солта а.
Ц1а д1акхаьчча Цицияний, Бежияний хиира, Kopгlaкъа «бакъдерг лаха» г1ала вахана хилар. Бежия хьем боцуш цунна т1аьхьа вахара, иза лаха. Мах а белла «талмажа» лецира цо, амма кхуьнгара алсамо ахча даьккхичхьана кхечу х1уманан ойла еш воцуш волу.
Х1етахь дуьйна кхо бутт хан елира. Цкъа урамехула корта а оллийна схьавог1ура Бежия. Дагахь доцуш ц1еххьана цхьана мила ю ца хуучу зудчо сацийра xlapa.
– Бежия, со ца евза хьуна, шайн лулахо? – элира цо.

– А-а, Махия, хьо х1унда ю кхузахь, ахьа х1ун леладо? – аьлла, цецвелира Бежия.
– Дера ю сайн бала хьоьгуш, – элира зудчо. – Берд т1е а хаьрцина майра вийра сан, ткъа соьга некъа т1ехь болх ца балора, бераш кхаба х1ума дацара, цундела кхуза г1ала балха еана-кх со. Лазартнехь болх беш ю со. Эх1, минот яьллехь дицлора-кх суна, хьоьга ала…
– Стенан хьокъехь?
– Миска Корг1акъа, иза тхо долчохь 1уьллуш ма ву. – Ша цхьаъ, хьажа стаг воцуш…
– Мичахь ву иза, ялолахь, чехка вигалахь со цига, со-х и волчу вог1уш ву! – злира цуьнан дош юкъахдоккхуш, сихвеллачу Бежияс.
Дуккха а йорт йиттинчул т1аьхьа т1аьххьаре а Корг1акъа чохь 1уьллуш волчу палати чу кхечира Бежия.
Воккха стаг ч1ог1а дакъаза ваьккхинера цамгаро, Бежияна халлий бен ца вевзира иза. И шиъ вовшашна мараиккхира, Бежияс дерриге а ма дарра дийцира цуьнна: Циция ша лахар а, Солта дуй а биина цуьнан ваша хилар а, ша иза ялор а. Дукха хазахетарна хьер валаза висира воккха стаг.

XXI

Бежияс йоккхачу халонца араваккхийтира лазартнера воккха стаг, цомгаш, к1елвисна волу иза ц1а валийра цо. Йо1а лерина лелор а, ламанан ц1ена х1аваъ а бахьана долуш иза то а велла, юхаметтах1оьттира.
Иштта хаза, бертахь баха хевшира уьш, хьанал къа а хьоьгуш, амма ц1еххьана дагахь доцуш хиллачо дерриге талхийра. Уьш болчу веара юьртда, веанчу пурстоьпана сихонца т1евола аьлла буьйр дира цо. Пурстоьпо ша шена т1екхайкхарх кхеттане кхеташ вацара воккха стаг, амма иза декхарийлахь вара шега кхайкхича ваха.
Корг1акъе т1екхайкхина пурстоп хилла хиллера тохара цхьана хенахь шена ма-луъу воккхачу стагах вийлина волу Апракуне.
– Ахьа лелориг х1ун ду, духалург ахча а доккхий, т1аккха иза охьа а ца дуьллуш? – аьлла, шога, буьрса хаттар дира Апракунес.
– Х1ун ахча, сий долуш верг? – боху хаттар а деш, воккха стаг цецвелира.
– Ахьа х1ун дей, ахча охьадуьллур долуш ву хьо я вац, иза аьлча дикаха хир ду хьуна! – олуш, т1ечевхира Апракуне.
– Нагахь ахьа дуьйцуш долу ахча, х1етахь аса трактирщикера Квешинехь даьккхинарг делахь, аса цунна иза х1еттехь, со Бурит1ера юха ма-вирззинехь д1аделла, – элира воккхачу стага.

– Ахьа айхьа цунна д1адаларан кехат даьккхиний?
– Ца даьккхина, сий долуш верг, цхьа а кехат ца даьккхина, аса х1ун до цунах…
– Х1ун до? Декхар хьуна т1ехь дуьсуш ма ду. Йог1у проценташ а т1ехь иза хуьлу б1е ткъе итт туьма.
– Ткъа аса-х цунна кхузткъа туьма д1аделла, кхин даккха а ца даьккхинера, аса мичара лур ду оццул?
Апракунена баккъалла а шера хаьара воккхачу стага бакъдерг дуьйцийла, цо декхар д1аделлий, х1унда аьлча, и декхар Апракунена шена делла хиларна а, цунна тоххарехь схьакхаьчна хиларна а. Х1етахь бехказлонна трактирщик юкъавалийра цо.
– Ма е г1овг1а! – т1ечевхира иза. – Дийца суна, мичахь дежаш ду хьан жа. Декхарийна, кхайкха а деш, дохка дезар ду иза.
– Дохкий?! Сий долуш верг, къахетахьа со-х, ма ве-хьа со х1аллак! – аьлла куьйгаш д1акховдийра воккхачу стага, амма оццу минотехь д1аса а техкина, лергашна чу зов а деана, цхьа ког хьалхахьа д1а а тосуш, ч1ог1а тата доккхуш ц1енкъа охьавуьйжира иза.
Цунна т1е а хьаьлхина иза хьалаайбира. Иза 1овдал санна б1аьргаш къерзош Iapa, цхьаъ ала г1ерташ, ала кхетам боцуш, цхьа хур-хур дора цо. Юха а лазар а деана охьавуьйжира иза.
Шена гонаха юьртда а, г1алг1азкхий а, «тешаш» а болуш лома хьалавахара Апракуне, цигахь Корг1акъан жа яз а дина, т1аккха дохка Квеши олучу метте д1алахка элира цо.
Вертана т1е а виллина цомгаш воккха стаг ц1а валийчий бен ца хиира Бежияна хилларг. Апракунена т1аьхьа хаьхкира цо. Лаьхкина далочу жаца охьавог1уш вара важа. Бежия цунна дуьхьал велира.

– XIapa уьстаг1ий мича лоьхку аша?! – аьлла, хаьттира цо буьрса.
– Дохка! – аьлла, хадийра Апракунес.
– Аса и дойтур дац шуьга! – аьлла, мохь туьйхира карзахваьллачу Бежияс.
– Ахьий? Паччахьан законашна дуьхьало ялла майpa ву хьо? – олуш, хаттар а деш, цунна чукхийсалора Апракуне.
– Паччахьан законашна-м вац, амма ахьа лелочунна-м ву, х1ай делах даьлла мунепакъ!
Бежияс бегаш беш цахилар гуш дара. Ша волччохь лацавелча санна лаьтташ волу Апракуне яппарш ян велира.
– Схьа юххе г1ортахьа суна, аса гойтур дара хьуна хьо муха къонаха ву! – бохуш, цунна жоп даларан меттана мохь беттара Бежияс.

Апракунес г1алг1азкхашка хичаш йира. Меллаша Бежияна т1е а хилла, цунна го бира цара. Герз делира, цхьа г1алг1азкхи охьавуьйжира. Герз юьстax кхоьссира Бежияс –– иза юха дуза кхуьур вацара – акхарой санна дарбелла лаьттачу г1алг1азкхашна яьккхинчу шаьлтанца чухьаьдира иза. Амма иза дуккха а болчушна дуьхьал ша цхьаъ бен вацара, адамаш, д1аьндаргаш санна, хьийзаш, вовшех хьерчаш, тийсалуш дара, к1урк1мане хьийзоран кепехь, кхано х1орш д1асакъаьстича, лаьттахь кхаа докъана юххехь 1уьллуш вара цистина Бежия а.
Цуьнан ах д1ахьабдаза долчу б1аьргашна чохь хеталора сел къинхетамза шеца хиллачу дахаре цо бехк бохуш санна.
Байъинчушна юххе ха х1оттийра, талламхо т1екхаччалц царна цхьа а т1е ца г1ортийтархьама. Апракуне шеца буха бисна г1алг1азкхий а эцна Квеше д1авахара.
Б1аьрган нег1ар туххучу оццул йоцачу ханна къахетаран ойла хилира цуьнан, амма иза иштта сиха дагчуьра д1аделира.
– Иза-м х1ума дацара! – аьлла, шен мелла а сагатдеш иккхина ойла д1акъахкийра цо. – Ша ву бехке верг, х1унда летира иза? – уьстаг1ий доьхкича шена хинболчу пайдин хьесап дан х1оьттира Апракуне.

XXII

И сингаттам хиллачул т1аьхьа дукха ца вехира воккха стаг. Шен йоь1ан хьокъехь сов йоккха г1айг1a йолуш коша вахара иза. Циция йоьлхуш яцара, Деле доьхуш до1анаш а ца дора цо, амма богу чиркх санна, массарна а гуш лаьтташехь ешаш лаьттара иза –– г1айг1ано, т1ех1оьттинчу балано худура иза.
Х1окху дерриге к1айчу дуьненахь цхьа йисира иза, къен а, дан х1ума доцуш а. Х1етахь дуьйна синтем боцуш детталора цуьнан дог, къаьхьчу ойланаша даима а т1улг санна огура цуьнан хье, елар эккхаро цкъа а къага ца йора цуьнан юьхь.
Цуьнан бала, г1айг1а айъа, цхьана к1еззигчу ханна а цуьнан ойла айъа, сингаттам бицба п1ерташ дикачу лулахоша лелош дерш эрна дуьсура. Шена юкъара йолийла доцуш, т1ех1иттина бо хиларан денош цхьана эшшара д1аоьхура.

Цкъа 1аьнан цхьана сарахь, хан яьллачу хенахь, къилбседера хьоькхучу мохо даьккхинчу лайн дарцо шок а етташ дуьне дохо г1ерташ санна лаьтта т1ехь дерг дерриге лесточу, дегочу буса, арахь берзалой уг1уш санна хезчу акхараллин г1овг1ано дагчу кхераман ойла туьйсучу .хенахь –– товхана хьалха а хиина, йовш лаьттачу ц1ергахь шен шелделла куьйгаш а дохдеш ша г1ийла хиина 1еш яра Циция. Шелонна ерриге егайора иза, хийрачу не1арехулий, боьхначу тхевнехулий чекхболий чукхочучу лайн мохо ша санна шелдора милла далла доллу цуьнан дег1.
Ц1еххьана цхьамма не1аран т1ам озийра, т1аккха не1 туьйхира. Яллал кхераелла зуда ша йолчуьра хьалаиккхира.
– Мила ву цигахь? – аьлла, мохь белира цуьнга.
– Хьан ваша – Солта ву со!

Циция ша ма-яддало едда не1аре хьаьдира, не1 д1айиллира цо. Солтина т1е а кхетта, иза мара а воьллина, йилхира иза.
– Йо1, стенга вахана сан ваша?
– Вийна иза, Солта, вийна! Ур-атталла хьоьга хаийта а ницкъ ца кхечира сан…
– Хьанах екха аса цуьнан ч1ир?
– Суна сайна а ца хаьа. Пурстоьпо вийна боху иза.
– Муха мегар ду мостаг1 иштта вита? –– аьлла, бехк баьккхира Солтас.

– Солта! – Циция мелла а меттахъелира. – Ахьа йига а йигий, гайтахьа суна и зуламхо, аса цергашца хадор яра-кх цуьнан къамкъарг, ма1аршца аса схьадоккхур дара-кх цуьнан дог, цуьнан дагчуьра ц1ий мердара-кх аса!..
– Делахь х1ета, яло, цхьаьний rlop вайшиъ!.. Солта ламанхо ву, шен вешин ц1ийн ч1ир ца йоькхуш юьтур яц цо.
– Иза баккъалла а бохий ахьа? – аьлла, мохь белира зудчун.
– Солтас цкъа а ца дуьйцу харц дерг, цуьнан дош а, г1уллакх а цхьаъ ду.
Зуда, юха а цунна т1е а кхетта, йилхира.
Езарг некхах хьарчаро Солтас дуккха а кийрахь къийлина ойланаш юха а меттахъхьайира.
«Ирс х1инца а хила тарлой сан-м!» – боху ойла йира цо. Иза шена т1е а озийна, дегочу балдашца цунна барт баьккхира цо.
– Яло, яло, цхьаьний rlop вайша! Дахар-м кхин а хила тарлой вайшинна! – элира цо цуьнга дере. Иза вертана юкъа а хьарчийна, кара а эцна, чуьра ведда ара керта иккхира иза, кертахь т1e нуьйр тиллина лаьтташ говр яра цуьнга хьоьжуш. Чехкка, кхоссавелла говра т1е а хиъна, шеца зуда а хаийра цо, лайн дорцехь б1арг1алаш санна вешира иза дукха кхаъ хилла.

XXIII

Шолг1ачу дийнахь Степанцминда олучу юьртахь дехьа-сехьара адамаш совцуш йолчу кертана гонах д1асахьийзаш дуккха а адамаш дара. Тамаша беш, цецдуьйлуш, г1овг1анаш еш, стенна хьокъехь делахь а цхьана х1уманах лаьцна даккхий хабарш дуьйцуш д1асалелара уьш.
– Вийна! Вийна! – боху хезара гонаха.
– Мила вийна? – аьлла, хаьттира т1ехволуш волчу цхьамма.
– Пурстоп ву иза, Апракуне олуш хилла цунах, иза вийна-кх.
– Иза вийна? – т1ехволуш верг хазахетта цецвелира. – Ткъа хьан вийна иза?
– Хьан вийна хууш дац! Ма-дарра цхьанне а ца хаьа хьан вийна, – элира тобанна юккъерчу цхьамма.

Гочйинарг МАРГОШВИЛИ Юсуп.

Вайнах №7-8, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх