13.07.2016

Казбеги Александр. Циция

Повесть

Т1аьхье. Юьхь еша №№11-12 (2015), 1-2, 3-4.

XIV

Дерриге а х1окху сохьта дика д1адоьдуш дара. Кхунний, г1алг1азкхашний юккъера меттиг яхлуш яра. Луьйтана чуьра ког схьабаккха ца кхиавеллачу беречун ког шена к1ел а бохуьйтуш, ц1еххьана arlop охьаюьйжира говр. Муртаз к1елонна т1енисвелира. Ког к1елхьара схьабаккха г1оьртира иза, амма алссам беза мохь боьжнера цунна т1е – меженаш мосуьйтазза д1аса а озийна, саделира говран. Некъа т1ехула чукхозуш болчу т1улган бердах схьахаьдда охьабеанчу т1улго сихдира цуьнан садалар. Лазорний, халахетарний узар бира Муртаза. Г1алг1азкхий гергакхочуш лаьттара, к1елхьарвер ву бохучуьнга кхин даха дог дацара. Ша валаран хан т1екхачар хааделира цунна.
Валаран кхерам т1ех1оьттинчу хенахь, иза даима а хуьлуш ма-хиллара, цунна хьалха шен сурт х1оттош, чекхделира цуьнан дерриге а дахар.
– Мел сийдоцчу кенара леш ву-кх со! – злира Муртаза г1ийлла. – Къинт1ера бала сунна, сан хьомсар дин, хьуна т1ера ч1ир екха ницкъ ца кхечи сан! – аьлла, т1етуьйхира цо.
Оццу минотехь цунна гонаха шайн говраш совцийра г1алг1азкхаша. Говрашкара охьа а биссина, тоьпаш т1е а ерзийна, нохчочунна т1ебаьхкира уьш.
– Меттах ца волуш сацалахь! – аьлла, мохь туьйхира цхьаммо.
– Схьа т1е а дуьйлий, цастий д1аваккхийша со! – элира Муртаза, цергаш а хьекхош, ч1ог1а оьг1азвахарна буьйнахь шаьлтан мукъ къуьйлуш.
Г1алг1азкхий т1екховда ца х1уьттура. Царех цхьаммо ч1ийш латийра.
– Каравеан хьо, наь1алт хиларг! Каравеан хьо?.. Д1авехка иза! – олуш, мохь туьйхира коьрта волчо.
Говра к1елхьара схьа а ваьккхина, герзаш схьа а эцна, куьйгаш д1адихкира цуьнан, гучуделира ц1ий – цкъа хьалха т1адамашца, т1аккха ц1узам чуьра санна оьхьаоьхура иза. Ч1ог1а ницкъ хуьлура Муртазана, узарш сецош, шен балдех цергаш йоьхкира цо.

– Кхин а къовла! – бохуш т1ечехара коьртаверг.
– Къовла, къовла аша, х1уъу хилла латтахь а, аса со кхоор доьхур дац шуьга! – элира Муртаза.
– Оха доьхуьйтур-м ду! – бохуш, ц1ог1а деттара г1алг1азкхех цхьаммо, кхунна бетах цергашна т1ехула буй а тухуш.
– Вихкинчунна еттар, иза ю шун майралла! – элира Муртаза. – Ма турпалхой а ду-кх шу!
– Сацийта! – аьлла, юха а т1ечевхира коьртаверг, кхунна мосуьйттазза шед а тухуш.
– Соцур вац со! – Муртаз къар ца лора, дийна волуш мостаг1ийн каравахарал оцу меттехь валар тоьлашха хетара цунна.
Чуханца xlapa говрана т1аьхьа а тесна, новкъа бевлира г1алг1азкхий. Амма Муртаз лаьтта охьавуьйжира. Мел кхерамаш тийсарх хьала а г1аьттина, говрана т1аьхьа ца веара иза. Йийсархо дийна волуш д1акхачо лаарна, бере цхьанна т1ехьа говра т1е а хаийна, иза д1авига дийзира церан. Т1аккха Бурит1е бахара уьш.

Бежияна геннара гира чехка г1улчаш йохуш, ведда вог1уш санна сиха ша волчу вог1у Корг1акъа. Цхьа вон хила доллу-кх, аьлла, ойла икххина цуьнан дог чехка деттадала доладелира. Шен когаш лаьтта д1алетча санна, лацавелира иза.
– Бежия, халакъхили-кх вай! – воккхачу стаге мохь белира, чехка варна сахаьддера цуьнан.
– Х1ун, х1ун хилла?
– Ядийна! – элира Корг1акъас, халла бен когаш т1ехь ца латталуш.
Хиллачух оцу сохьта кхийтира Бежия. Ц1еххьана, шена логах шад бича санна, къамкъаргах катуьйхира цо. Т1аккха коьртара куй а баьккхина, хьажт1ера шийла хьацар д1адаьккхира цо.
– Ахьа х1ун элира? – аьлла тешамза хаттар дира Бежияс. – Бегаш барий ахьа бинарг? – аьлла, бехк боккхуш т1етуьйхира цо.
– Ахьа х1ун дуьйцу? Иштта бо бегаш? Хьажахьа соьга!

– Делахь х1ета иза бакъ ду-кх? Алал соьга, хьан, маца ядийна иза?
– Гена д1айигна иза, кестта т1аьхьакхуьур воцуш! – элира г1айг1ане воккхачу стага, дерриге ма-дарра дийцира цо жа1уьнна.
Оцу ирчачу хаамо дукха бале, г1айг1ане вина, дукха холча х1отийна волчу Бежиян ницкъ ца кхочура Корг1акъас дуьйцачун хьокъехь к1орггера ойла ян. Бохалур боцуш цхьа лаам бара цуьнан дагчохь: шена еза йо1 гар, б1аьрган нег1ар тухучу ханна хилла а цуьнца хилар, т1аккха дахар ца лоьхуш, иза шегара д1аяьккхинчу стагах летта валар.
Цкъа ц1ий хьодий ц1ийлора цуьнан ч1ишталгаш, т1аккха иза д1а а додий, бос бой, мажлора к1ант, шен дог г1еллуш санна хеталора цунна.
Корг1акъин ц1ен т1ехь иккхинчу сингаттаман хьокъехь долу хабар чехка даьржира юьртахула, Бежиян доттаг1 волу, кхунна Циция шен са санна езар хууш волу коьрта жа1у оцу сохьта xlapa волчу ван сихвелира, шена иза халахетар схьахаийта а, дагавала а.

Мохевера гуьржий даима а хуьлура шайна ца гуш т1е стаг вог1ур воцуш сема а, ларлуш а. Амма х1инца шайгарчу балано дукха г1айг1ане бинчу кхарна ур-атталла ган а ца гира шайна юххе т1е а веана коьрта жа1у д1ах1уттуш.
– Аша дийриг х1ун ду? Эхь ца хета шунна? – аьлла, мохь туххуш вистхилира коьрта жа1у. – Божарий бала т1ех1оьттича бухуш бакъахьа бац!
– Сийсаза даьккхи-кх сан ц1а, къонахчун сий лоруш
болу куй баьккхи-кх сан коьртара! – олуш, узарца доккха са даьккхира Корг1акъас.
– Къонахчун даима а хуьлу мостаг1ий. Амма царна хьакъ доллу жоп дала деза, – элира коьртачу жа1уьно.
– Деза-те, дуьйцийла йоцуш, деза-те! – мохь тоьхна вистхилира Бежия. – Вайн мостаг1чунна ша вина де къахьлур ду, къинхетам боцуш хир бу сан бекхам!
Бежияга д1а а хьаьжна, коьртачу жа1уьно ойла йира: «Хlaa, кхуьнца бегаш бар вон хир ду, кхуьнга бекхам балур бу».
– Х1ан, жима къонаха, со реза ву хьуна, – элира цо. – Вало, бе бекхам, амма оцу хьайн бекхамехь нийсо лелаелахь, харцо къонахчуьнгахь товш яц. Ткъа хьо, Корг1акъа, х1ун дан дагахь ву? – аьлла, воккхачу стагана т1евирзира иза.

– Сан шерашкахь соьга х1ун далур ду? Сайн бахам д1а а боьхкина, хьаькамашна хьалха гора а х1оьттина, цаьрга rlo доьхур ду-кх аса. Нагахь сан к1ант велхьара…
– Ахьа х1ун дуьйцу, ва Корг1акъа? Ахьа х1ун до хьаькамех? Цара лаххьийна хьо да мел волчух воккхур ву хьо, ткъа rlo хиларе догдохийла а яц. Ткъа xlapa, Бежия вац хьан к1ант?
Ткъа воккхачу стеган дешнаша халахетийтина волчу Бежияна моттаделира, Циция лахарх ша д1акъаставо, цундела оцу сохьта юьстах а ваьлла, г1елвелла д1ах1оьттира иза.
«Цициян дахаран хьокъехь суначул алсам бала кхаьчна бакъо йолуш мила ву? Дуьненчохь массарел а дукха еза суна иза, аса айса цхьаммо лохур ю иза», – боху ойла йира цо, халла доккха са а доккхуш, топ кера а эцна, сихха 1одика а йина аравелира иза.
– Ахьа х1ун до, хьо стенга воьду? – хаьттира цецваьллачу коьртачу жа1уьно.
– Со т1енисвеллачу новкъа д1аг1ур ву-кх. Суна сайна а ца хаьа со стенга воьду…
Воккха стаг саметта ван кхиале, Бежия къайла велира.

– Оцо а д1атеси-кх со! – элира ч1ог1а г1айг1ане воьжначу К.орг1акъас, т1ех беза мохь гехь болуш санна, верриге охьа а сетташ, – ткъа со-х цунах ч1ог1а дегайовхо йолуш вара!..
Масех де даьлча воккха стаг Корг1акъа веара хьаькаман х1усаме, шен г1айг1а латкъо а, оьшуш долу rlo деха а. Оцу заман чохь, къаьсттина лаьмнашца йолчу меттигашкахь, шайн цхьа гергара нах хуьлура хьаькамийн, цаьргахула латтайора цара меттигерчу бахархошца йолу з1е а, ткъа иштта цаьргахула шайн г1уллакхаш а дора цара.
Корг1акъа т1еваханчу хьаькаман а вара шен юххера кхеташхо, ша схьаваьллачу ц1ийнах куралла еш волу, амма цхьа шай а киснахь доцуш волу эла. Шех Апракуне олуш волу иза шена рицкъа лаха хьуьнаре вацара, х1унда аьлча, берахь дуьйна сакъоьруш эрна йорт етта иза 1емина хиларна. XIapa, болх бан карах ца долуш, нахана т1ехула ваьлла лелаш вара.
Сихха мацалла вала а кийча вара иза, болх ца бан, нагахь цхьаммо xlapa дан дезара аьлла хьехар дича, халахетарца, шен тайпа дага а доуьйтий, олура цо:
– Х1ун дийр ду ткъа?! Со цхьа ахархо хиллахьара, имассо а х1ума а дийр дара аса, амма элан к1ант ву со, эхь хета суна!..
Иштта ойла яра, иштта хетара эла Апракуненна, ткъа цкъацкъа ша гинчийн шех дог лазийта а хаьара цунна. Делахь а, шен тайпанах куралла еш волчу оцу эло т1ех ца йолуьйтура цхьа а маьхаза кхача боийла, стаг велла carla доккху меттиг, цхьа а ловзар.

Оцу меттигашкахь хьесталуш муьлххачу а х1усамдена хьалха а х1уъа а бегаш бан а, жухаргалла лелон а, илли ала а кийча вара иза, дикачу юучу х1уманах д1а ца тилчахьана. Верриге чаг1аран хьожа йог1уш, т1едаьлла доккха гай а долуш, юьхь-сибат телхина, йиш а хаьлла волу иза даима а цхьа лулахо волчуьра важа лулахо волчу оьхуш лелара, ша дика вуьзчахьана, кхин г1айг1а йоцуш. Доьзал меца хиларо са ца гатдора цуьнан, цунна дерриге а бен а ца хетара, шен зудий, берашший меца хиларо, я цхьамма декъа бепиг дааро са ца гатдора цуьнан.
Иштта волу Апракуне цхьана шуьнехь хаавелира уездни хьаькамана, дуьххьал самукъаненна цуьнга ша волчу г1уллакхе кхайкхира хьаькамо. Апракунена к1еззиг оьрсийн мотт бийца хаьара, цунах талмаж ван а тарлора, иза, бакъ дара, вуно атта реза хир вара шена т1ебог1у пайда хьаькамца юкъахь бекъа.
Хьаькам оцу ойлана резахилира, цо там хиларца дагалоьцура, ша волчу хьеший балийна, жухарге Апракунега ша церан самукъа муха доккхуьйтур ду, бохург.
Дагна там беш йолчу ойланашка хьаькам ваьллачу хенахь цунна т1евеанчу х1усамдас, г1иллакхехь цуьнга хаьттира:
– Хьан високороди, гиний шуна Апракуне маймалах лелаш?
– И х1ун ду, маймалаххий? Мел дукха хьуьнарш долуш а ву и стаг! – аьлла, rloprrla, велавелира хьаькам.
– Лаьий шуна, хьан високородин дуьхьа дийр ду цо иза?

– Ч1ог1а дика хир ду, ч1ог1а самукъане хир ду! Xla-xla-xla! Делахь х1ета, маймалах лела xlapa?
Х1усамда кхайкхира цхьана кхиъна вог1учу к1анте, лере а вахна, меллаша цхьа х1ума элира цо цуьнга, масех минот яьллачул т1аьхьа кхо стаг чувеара: цхьана т1ома к1ел аьчган чийлак дара, вотанан метта детташ, ткъа вукхо муш лаьцна валош вара Апракуне-«маймал», цо багахь йиш а лоькхуш, сара беттара шен «акхарочунна». «Чолаж, чолахи, паьлди, нари бабани. гаьлди», – бохуш, ловзадора цо «маймал».
Оцу «маймалах» ловзаро т1аьххьаре а къастийра Апракунен хиндерг: тешам боллуш бепиган цастарах уездан хьаькамана дукхавезаш а, цуьнан гергара стаг а хилла д1ах1оьттира иза.
Т1аьхьо кхин а доккха хьуьнар гучудаьккхира Апракунес, иза бахьана долуш хьаькаман аьтту куьг хилла д1ах1оьттира иза.
Апракуне хьаькаман тоьлашха волу синкъерам бийриг а хилла д1ах1оьттира, цхьа а той, цхьа а хьешана кечдина шун т1ехтила йиш яцара уездан хьаькаман ц1ен т1ехь Апракуне сакъера ца валошший, хелха ца вохкхушший.
Аьрзнаш деш болчушний, хьаькаманий, суьдахошний юккъехь геланча хилира цунах, шайн г1уллакх оьшучу тайпана дийриг лучу совг1атийн хьокъехь дийцарш цуьнгахула дора цига бог1уш болчу наха, кхеташ ду, барски стоьла т1ера даима а мелла а х1ума кхочура цунна а.
Билгало йоллуш оццу Апракунена циггахь гира Корг1акъа, иза цига чувеанчу хенахь.
– Мила ву хьо, х1унда веана хьо? – аьлла, кура хаьттира цо, чувеанчун маршаллина жоп луш.
Коьртара куй а баьккхина, гергга т1е а вахана, корта лохха охьа а та1ош, Корг1акъас хаьттира:
– Хьомениг, дика хьажал соьга, со ца вевза хьуна? Хьаькамца цхьаьний Бурсач1ирехь со волчахь хьошалг1ахь ма хилла хьо, со ма варий шуна кхача х1оттийнарг!
– Бурсач1ирехь? – аьлла, ша-шега хаттар а деш, ойла йира Апракунес, боккъал а Корг1акъа а дага ца вог1уш санна.
– Бакъду, хьан уьнна лолда со.

– Собардел, собардел!.. Яханчу б1аьста!.. Хla, цхьа х1ума-м дагадог1у суна, – элира талмажалла деш волчо.
– Xla, хьан уьнна вала со, нийсса яханчу б1аьста, – олуш, жоп делира воккхачу стага. Цо тамаша бора, ша дина долу доккха хьошалла иштта сиха дицдина-кх цо, бохучух.
– Хьанна хаьа, массамма воьху хьошалг1а, массо а хьанна дагавог1ур ву? – бохуш, бехказло хьийзайора цо, амма цунна дагахь дара «х1ума яар-м сел дага доуьйту х1ума а дац. Кхин х1ума гайта», – бохург.
– Axla, бакъду, хьан уьнна вала со. Бакъ ду иза, шу паччахьан адамаш ду, хьанна хаьа, масамма доьху шу хьошалг1а, и муха дагадог1ур ду?!
– Хьо г1уллакх долуш вуй? – аьлла, хаьттира Апракунес.
– Со мичахь вorlyp вара г1уллакх доцуш?! Г1уллакх ца хилча жа т1ехь да а воцуш муха вог1ур вара со кхуза?
Апракунена дезаделира Корг1акъан дешнаш, х1унда аьлча, цунна хаьара воккха стаг хьал долуш хилар, дикка х1ума яларе дог а дохура цо, хеттарш дан велира иза, амма дог ца дог1уш, латкъам беш волчуьнга х1умма а ла ца дуг1уш санна. Х1окхунна –ламанхочунна – шерра гойтура цо, ладуг1уш волчунна цхьана къамелах тоам ца хуьлий, цунна хаа лаьа шена цунах хинберг х1ун дика болх бу.
— XIа, х1ун бахара ахьа? – аьлла, хаьттира Апракунес, ойла ечуьра самаваьлча санна.
– Аса дера бахара, сайн йо1 ядийна! – тамаш барца юха а элира воккхачу стага.
Талмажхо цуьнан цецвалар шена хааделлачуха, есауле кхайкхира.
– Беро!
– Со кхузахь ву, эла!

– Говраш дика ц1анъелахь, делкъанна х1ума йиинчул т1аьхьа дехьа-сехьа ваха дагахь ву со.
– Со ладуг1уш ву-кх, эла! Иза дина хир ду.
– XIaх1, т1аккха?.. Йо1 ядийна боху ахьа? – хаттар деш юха а т1евирзира иза воккхачу стагана.
– Ядийна, хьан элан сийлалла, ядийна, вала г1оьнча воцуш ма ю иза.
– Муха, вац? Хьо ма ву цуьнан хьокъехь веана, делахь вала да а, г1оьнча а ву-кха цуьнан, – элира бегаш бечуха Апракунес. Вон вела а велла, юха а есаулана т1евирзира иза:
– Хьаькаман говрана ленаш тоьхний?
– Ца тоьхна, хьан элан сийлалла.
– И х1ун ду, ца тоьхна бохург? – оьг1азвахара эла. – И муха мегар ду?.. Аса ца аьллера хьоьга ленаш тохийталахь, аьлла? Х1инца ас хьаькамана х1ун жоп лур ду?
– Х1ун дийр ду, сан диканиг, ленаш деттачу пхьерана т1ейигнера аса, амма говран бергаш яккхий а хила, цу говрана мега ленаш ца нисделира-кх.
– Г1ол х1инццехь, ленаш деттарг волчу, лоханда шена, шена лаахь лаьтта бухара а, амма ленаш хила деза. Хезий хьуна? Ца карадой, сан десара, т1ера ц1ока-м
йоккхург яра аса хьуна!

– Лаам хьан бу-кх. Вахана эр ду аса, – олуш, чуьра аравелира есаул.
Корг1акъа кхийтира Апракунес лелочух, ойла йира цо: «Х1ун дича бакъахьа ду-техьа, муха эр ду-техьа сел шен сагатдеш долчу оцу цхьана г1уллакхан хьокъехь?» – бохучун. Апракуне мелла а кхийтира Корг1акъан дагахь долчух, меллаша тидам бан велира иза цо кхид1а дечун хьокъехь.
– Тхан хьоме везаниг! – аьлла, д1адолийра цо. – Хьо ву-кх тхан хьалха дуьйна волу г1оьнча, хилахьа тхох къинхетам беш, шун дай а бара-кх иштта… Ma тасахьа со д1а, хилахьа сан накъост, ма кхоавехыа со, деха мел деза а…
Апракунен дагна т1е мохь йиллира Корг1акъин дешнаша, амма гучувала ца лаьара, иза кхин а холчах1отто сацийра «курачу эло». Цунна шера хаьара цуьнан кхин ваха меттиг йоцийла.
– Тамашийна нах ду шу, Далла хаьа… Йо1а шена майра хаьржина… цуьнца д1а а яхана, ткъа ахьа хьаь кам а, со а эрна к1адбоцучунна хьийзаво-кх. Кхечарна-м
йо1 маре яхар ирс хетара, хьо муха стаг ву-у?
– Ткъа сан иза яда ма йина, шен лаамехь ма ца яхана иза маре… Г1о дехьа суна, хьан лай хила а реза
вара-кх со!..

– Тоьур ду, тоьур ду… Дийцал, хьан ядийна?
Воккхачу стага дерриг а ма-дарра дийцира, ерриге шен г1айг1а д1аялхийра цо.
– Делахь х1ета, Солтас ядийна-кх иза?
– Цо ядор бакъду, сан диканиг.
– Ткъа билггал хаьий хьуна, цо иза Нохчийчу йигнийла?
– Дика хаьа, теш ву сан.
– Axla, теш а ву-кх хьан, иштта хиллий иза, делахь х1ета…
Апракуне ойланашка велира, хала нисда дезаш долу цхьа г1уллакх гучудаьлча санна.
– Г1уллакх дуьйцуш стаг мукъане вуй хьан?
– Муха хир ву, ерриге дегайовхо хьох ю-кх сан, сан хьоме эла.
– Э-э, дера ду иза хала г1уллакх, чолхе г1уллакх, – элира талмажо, т1аьхьо т1етуьйхира: –– Нохчийн махка ядийна .а йоцуш, вайн уездехь ядийна хиллехьара, т1аккха оха дийр дара дан дезарг, амма х1инца х1ун дийр ду? Мича йигина?

– Шуна х1ун башхалла ю, ткъа закон массанхьа а цхьаъ дац?
– Цхьаъ ду, амма х1инца цига д1аяздешший, схьаяздешший лела дезар ду. «Мила ву, мичхьара ву, маса шо ду, маца ядийна?» – бохуш, хеттарш хир ду. Хан дукха еза, яккхий харжаш хир ю. Аса иза хье а ца деш дитар магадо хьуна, дикаха хир ду, – элира Апракунес, г1уллакх кхин а чолхе. дан г1ерташ.
– Муха дуьтур ду, ахьа дуьйцург х1ун ду, сан диканиг? Х1аллак хила шена со да мел верг, бекхам бан сан аьтту хилчхьана…
– Х1ун дийр ду делахь, вер вац со хьан г1уллакхе ла ца доьг1ча.
– Нийса ду, нийса. Ма витахьа со д1атасий! – воккхачу стага дехар деш багахь до1а дира.
– Хьуна ма хаьий, хьаькамана х1ума яла езар ю…
– Дика хаьа, алахьа, мел?

– Делахь даггара дийца деза вайшиммо.
– Дера деза, дера дийца, – аьлла, резахилира KIopг1акъа, шайн х1инца барт хиларе са туьйсуш. – Хьаькам оьрси ма ву, хьан г1оьнций бен иза кера муха валор ву?
– Дика ду, дика… делахь дуьххьал схьаалал, ахча дуй хьоьгахь?
– Ду дера-кх… ахча доцуш муха вог1ур вара…
– Мел ду хьоьгахь?
– Ворх1-барх1 туьма…
– Ворх1-барх1 туьма?.. – и дешнаш дагахь ша-шега юх-юха а бохуш ойла йира Апракунес, ахча к1езиг хиларна резавоцуш ц1оцкъамаш а сеттош.
– Ахча’ к1езиг-х ца хетий хьуна, дуьххьал схьаала, хьан сийлалла… – олуш, хьесталора ламанхо.
– Хьуна дика хаьа, аса цхьа шай а хьайгара оьцур доцийла,–– аьлла, д1адолийра Апракунес,– вайн аг1онгахьара стаг вуй хьо-м, амма хьаькамана иштта к1езиг ахча кховдо х1уттур вац со. Милла а волу стаг вац, лакхара хьаькам ву иза!

– Муха вац, дера ву. Паччахье нийсса стаг ву иза-м, хьан сийлалла.
– Х1ета, барх1 туьма муха хьур ду?
– Карахь доцуш ву со, сан эла, бехк ма билла, кхин а дахьар яу аса. Мел хила деза?
– Axla, иштта хир дац, нагахь г1уллакх дан дезашхилча, бегаш ма бац иза?… Нохчийн махка ма ядийна хьан йо1, цигара и схьаяло а тхан дезар ду…
– Атта г1уллакх дац, сайна а хаьа суна, – аьлла, жоп делира воккхачу стага, цо шега дуьйцург дог ц1ена х1ума хиларх тешарца. – Ткъа мел хилча тоьур ду?
– Ткъа хьуна х1ун моьттура? И санна долчу г1уллакхана ван а веана, х1инца хьайн шай-кайна вегош лаьттийца хьо. Д1авала гена! – олуш, оьг1азвахаран кеп
х1оттийра Апракунес.
Апракунена хаьара, Корг1акъа мел хьал долуш стаг ву, цундела цо дагалецира иза вораха ца вита.
– Б1е туьма муххале а дезар ду.

– Ох1-х1ай, – аьлла, доккха садаьккхира Koprlaкъас, хьаьж т1е шийла хьацар туьйхира цунна.– Сан мичара хир ду оццул ахча?
– И хаац суна. Сан хьуна дан накъосталла дац, хилча дийр дара.
Дан х1ума ца диснера Корг1акъана, юха а хьеставала дийзира цуьнан, дехха дийцинчул т1аьхьа шовзткъе итт туьманна барт хилира церан.
Амма Корг1акъа гатвелла хьаьвзира, цуьнан карахь ахча дацара, ткъа г1уллакх д1адоло Апракунес ахча кара д1адоьхура.
Г1елвелира Корг1акъа, х1унда аьлча, иштта сихонца оццул ахча гулда таро яцара цуьнан, г1уллакх дахлур дара.
Т1аккха, Корг1акъа ахча дала дохковаларна кхеравеллачу Апракунес цунна магийра меттигерчу совдегарера т1ера са а луш юхалург ахча даккхар, цу т1е оцу т1ехь цунна rlo дан реза а хилира иза, юкъара хилар т1е а лоцуш.
– Делор къа ма хета суна хьох! Къа хета суна, лаьа суна хьуна rlo дан, стенцца дина а…
– Делахь, хьан къина со валарг, аса, со дийна висахь, цхьа дика дийр ду хьуна.
– Кхузахь цхьа совдегархо ву, цуьнгара духалург хьуна ахча даккха хьожур ву со.
– Тешар вац и сох.
– Со юкъара хир ву хьуна.

– Нагахь и г1уллакх ахьа дича, мила хир ву хьо, Деле хьесталуш, хьо воьху воцург?
Т1аккха Апракунес т1евийхира и совдегар, дикка цунна хьеставеллачул т1аьхьа, Апрекунес иза реза вира Корг1акъане юхалург шовзткъе итт туьма ахча дала. Ша духалург эцвачу ахчанна ч1аг1аман кехат даларал совнаха, цо т1елецира, нагахь хан т1ехъялахь итт туьма г1уда дала.
Оцу г1уллакхо дукха корта хьовзийна волчу ламанхочо ойла ца йора цара шена бинчу тешнабехкан, боьг1начу гуран хьокъехь, ткъа мелхо а, воккхавеш, шен г1уллакх хирг хиларх тешна волуш ч1аг1аман кехат т1е куьг яздира цо. Апракуне оьздачу ц1ийнах стаг ву, цунна луур дац иза х1аллак ван, цо rlo лоцур ду цуьнан.
Дерриге динчул, ахча карийначул т1аьхьа, Koprlaкъана гира хьаькам, цо к1еда-мерза т1е а ийцира. иза, r1o дан дош а делира. Бурит1е, цунна, воккхачу стагана, rlo дар доьхуш начальнике кехат а яздира.
Ахча, бакъду, дуьххьалд1а начальнике д1а ца делира, Апракунега делира. Цунна делира Корг1акъас шегахь буха дисина барх1 туьма а. Воккхавеш новкъа велира Корг1акъа.

XV

Нийсса оцу буса, буьйсанна дикка хан яьллачу хенахь, х1ири Темаркъа вехачу г1опал арахьа говран тата деара. Мила ву а ца хуучу цхьана стага говр а сацийна, шогачу озаца х1усамдега кхайкхира.
Темаркъа хьала а иккхина, ладог1а х1оьттира, веанарг мила ву иза вистхиларх хаа лаьара цунна, амма цуьнан лаам кхочуш ца хилира.
– Мила хир ву-теша х1оккхул т1аьхьа буьйсанна юккъехь веанарг?
Хьаша шен кет1ахь лаьтташехь, чехкка т1е х1ума юха х1оьттира xlapa.
Арарчу цавевзачу кхайкхаза веанчу хьешо цуьнан ц1е т1етт1а алсам йохура, цуьнан сихваларо иза чехка хилар хоуьйтура.
Темаркъа, г1овталан ветанаш д1а а ца тосуш, катоьхна шаьлтий, тапчий схьа а эцна, чехка аравелира..
– Мила ву хьо, х1ун деза хьуна?
– Хьаша ву со.

– Хьаша Делера стаг ву, – элира, жоп луш Темаркъас, амма цунна дагахь дара: «Ваьсса велахъ-м коьртах х1ума а тоьхна д1ахьажо веза x1apa, амма дала xlyма делахь, т1аккха…» Темаркъа волчу дукха хьеший оьхура, амма царалахь дукхахберш цхьа х1ума 1отталой, новкъа д1аса боьлхуш, кхуза х1уьттура. Ишттачаьргара дукха хьолехь х1ума а южура х1усамдена, т1е x1apa хьошалла динарг а хуьлура.
– Чувола ткъа, х1ун деш лаьтта хьо арахь? – цадог1учу дагца хьеше чукхойкхуш, кевне веара иза.
– Чува хан яц сан, хьо со волчу аравалахьа, – аьлла, дийхира цавевзачо.
Х1иричун дикка самукъаделира, гуш дара x1apa стаг г1уллакх долуш веана хилар, ткъа каракхача тарлучу х1умане а дог дохура.
Темаркъина, кевнна не1арах ког арабоккхушехь, дерзинчу некхан уьн т1ехь хааделира шийла эчиг, цавевза хьаша меллаша омра деш вистхилира. Ша ков диллина валале, шен некха т1е х1оттийна тоьпан юьхьиг хааелира цунна. Хьалха лаьтташ вара кхиина вог1у, безамехь жима стаг. Кхеравеллачу кхуьнан куьйгаш охьадахара, шийла хьацар туьйхира, бос байра.
– Цхьа дош алий вист ма хилалахь, валол сунна т1аьххье! – аьлла, буьйр дира вевзаш воцчо.

Темаркъа къарвелла, т1аьхьах1оьттира. Иштта x1apa эцна д1авоьдуш, т1едерзийна герз д1а ца хоьцура хьешо.
X1apa шиъ генна, шаьшшиннан хабар цхьанне а цахезза долчу кхаьчча, вевзаш воцург сецира, х1ири а сецира.
– Цхьа хаттар ду сан, хьан доьналла хьан жоьпах хир ду дозуш… Бакъдерг ала, – элира вевзаш воцчо…
– Хаттал, эр ду аса, – аьлла, жоп делира х1иричо, кхин т1е а туьйхира: – Стенна эр дацара?
– Сан ахча делахьара, ахчанца олуьйтур дара аса хьоьга бакъдерг, амма хаалахь, ахча дац соьгахь, харцо ахь суна яхь, тоыпаца нисвийр ву аса хьо, – элира ца вевзачо.
– Ой, вай сан хьаша!.. – х1ири мелла а к1адвелира – Нагахь суна х1умма а хууш делахь, мичахь лачкъор дара аса? Хьошалг1а веава вац хьо?
Вевзаш воцург безам боцуш, вон хьоьжура.
– Муьлхачу arlop вахара Солта?
– Солта? Мила Солта?

– Йитал суна хьайн мекарлонаш! Дийцал, мича вахана иза Корг1акъин йо1 ядийна?
– Делора ца хаьа суна-м!
– Аса и са доккхур ду хьан, схьадийца! – олуш, вон хичаш йира вевзаш воцчо.
Х1усамда воьхна д1ахьаьжча, беттан серлонгахь цунна гира хьешо бегаш беш ца хилар, амма халла элира цо:
– Хьо мила ву?
– Цицияна т1ехьийза, цуьнан майра хила ч1аг1о йина Бежия ву со! – аьлла доцца жоп делира ламанхочо.
– Цициян майра хинверг? – аьлла, цецвелира х1ири. – Ткъа суна х1умма а хууш ца хилча?
– Ца хаьий хьуна, амма ца хаахь а хаа-м деза… Цициях х1ун дина?.. Бегашина ца веана со, собар а кхачалуш лаьтта сан… Тоьлу хьуна, чехка схьааьлча.
– Эр ду аса… эр ду. Жайрахехула нохчийн махка бахара уьш… Амма суна моьтту, Жайрахара уып х1инца а д1абахана хир бац, цигахь хьошалг1ахь хир бу.
– Дехьа волийла мичахь ю? – хаьттира Бежияс.
— Хи жима ду, х1инца массанхьа а гечо ду, – жоп делира х1иричо.

– Делахь х1ета, марша 1ойла хьо, Темаркъа, амма нагахь ахьа со 1ехавахь, лам ломаца цхьаьна кхетта бац, амма стаг…
– lexop вац, малхора… х1унда lexop вара аса хьо? Корг1акъа суна вевзаш ву, цуьнан ц1ахь дуккхаза а кхача биина аса.
– Хьайна дика хуур ду хьуна! – олуш, Бежия чехка шен говра т1е а хиъна, д1аиккхира. Цунна дагахь а дацара ша кхерийначу Темаркъас шена ямартло ян, тешнабехкаца бекхам бан тарлуш хилар.
Х1ири Бежияна вехха т1аьхьахьоьжуш лаьттира. Т1аьххьаре а, куыг а ластийна, ша-шега элира цо:
– Ванах, суна оцу ламарочо динарг х1ун ду? Сох к1илло а вина д1аваха-кх иза. Х1умма а дац, амма со а вац хьуна цунна декхарийлахь-м вуьсур.
Иза чехка юхавирзира, шен говр дуьхьал болчу новкъа Жайрахехьа хаьхкира цо, миччахьа а Солтийна кхерам герга кхаьчна хилар д1ахаийтархьама.
Х1иричун ойланца х1окху г1уллакхана Солтас дика совг1ат доцуш вуьтур вацара xlapa, ткъа ламанхочунна а, иза дарца, бекхам бан аьтто нисбала а тарлора.

XVI

Темаркъа хаьхкина юха вахара некъа т1е, кхузахь говр сацийра цо, х1ун дича бакъахьа хир ду-техьа боху ойла ян велира иза. К1еззиг хан яьллачул т1аьхьа, хих валаран меттана, Жайрахехьа дуьххьал д1а болчу новкъара говр охьанехьа ерзийра цо, юха Теркан йистонца охьаволавелира. «Генарчу новкъа ваханарг ц1а маьрша кхочу», – боху халкъан кица дегадеара цунна. Т1аккха а цунна
дагадеара: нагахь оцу ламанхочунна дуьхьал кхетахь, де къахьдийр ду-кх цо суна, аса арабаьккхинчу некъах кхетар ма ву иза, бохург. И ойла хилар бахьана долуш цо хаьржира геннахула боьду готта некъ, Бежияна новкъахь дуьхьал кхетар воцуш, шена дагахь маьрша некъ.

Ткъа оццу хенахь Бежия хих дехьа а ваьлла, ламанан бердийн йистошца хьийзаш боьдучу готтачу новкъа д1аоьхуш вара. Ши некъ вовшахкхетачу меттехь, к1ел хьех даьлла оллабелла лаьттачу берда к1ел охьа а хиъна, д1о бухахь ч1уг етташ охьадоьдучу Терке а хьоьжуш, к1еззиг сада1а соцунг1а хилира Бежия.
Генна некъ бина к1адвелла волчу Бежияна атта наб кхийтира, сема волуш ойланашца цуьнан б1аьргашна хьалха х1уьттуш хилла башха-башха суьрташ х1инца г1ан-набаршкахь дуьхьал туьйсура.
Ц1еххьана, говран ког меттахбаьккхина охьахахкабеллачу т1улго яьккхинчу г1овг1анан татано набарха ваьккхира иза. Бежия хьалаиккхира, б1аьргаш а хьакхийна халла са даьккхира до.
– OxI, oxl, oxl!.. И х1ун дара суна хезнарг? – аьлла, тоьпе куьг кховдийра цо. Говрая коган тата хезира цунна дукха шера къаьсташ. Хьанна хаьа, мила кхета дуьхьал, мостаг1 я доттаг1? Дагахь а йоцчу дуьхьалонна кечвелира иза.

– Ма тамашийна х1ума ду хьо, x1apa х1ун хила деза? – бохуш, ойла ян велира Бежия, куьг хьаьжах а хьоькхуш, цецваьлла стигала ирх а хьоьжуш. Кхоччуш екхна яра стигал.
– X1apa х1ун болх бу? – элира цо, тамаша беш. – Дог1а а ма ца деана, со верриг а вашийна а ма ву?!
Т1аккха дагадеара цунна г1ан, дагабеара т1ом, дагадеара шен гатвелла хьийзар, мелхо а, набкхетта волчу хенахь, набарх гинчо холчах1оттийна, гатвалларехь шена хьацар даьлла хиларх, цо т1адийна хиларх кхийтира иза.
Цуьнан хан яцара кху белхая ойла еш 1ан, х1унда аьлча, говран когийн тата дог1-дог1уш герга дог1ура, вог1уш волчунна – мостаг1 иза хилахь а, я доттаг1 хилахь а – дуьхьалвала веза. Д1аяхара к1езиг хан, беттан серлонгахь гучувелира бере, верта а кхоьллина волу, говр меллаша шед а тухуш, сихйира цо. «Мила хир ву-техьа иштта сихлуш верг?» – боху ойла хьаьдира Бежиян коьрта чу, лиира цунна x1apa гуш дерг х1ун ду хаа.
Ламанхо кхоссавелла некъана дехьа йистехьа а ваьлла, цхьана боккхачу т1улгана т1ехьа д1алетча санна къайлавелира. Бере-м цунна гергга т1екхочуш лаьттара.
Ц1еххьана говр юхаиккхира, х1унда аьлча, ламанхочо лаьтта бухара схьаваьлча санна, б1аьрган нег1ар тухучу сохьтана к1елонера т1екхетта, ондачу куьйгашца юххера схьалецира говран дуьрста. Говр къахкаро мелла а саметтавалийнчу беречо герзашна т1е куьг дехьира, амма т1аьхьа дара, х1унда аьлча, Бежиян тапчин юьхьиг яра кхуьнан даг т1е х1оттийна.

– Меттах мa хьалахь, ас вуьйр ву хьо! – олуш, т1ечевхира ламанхо, бере 1адийча санна лаьттара. Х1ун дийр дара цо, ламанхочо чапханан лаг озар бен кхин х1ума ца оьшура, цо йист йоккхур яра т1аккха кхуьнан дерриге дахаран. Бере докъан баса вахара. Д1ахьаьжча хьалхалаьтташ верг Темаркъа вара, Бежияна ша дуьхьал кхетарх х1умма а самукъа даьлла вацара иза.
– Х1унда воь ахьа со? – аьлла, жоп даларан метта хаттар дира цо. – Герз х1унда, доттаг1чунна тоха леладо ахьа?
– Темаркъа ву хьо?! – ч1ог1а цецваларна тамаш бина а ца волура Бежия.
– Со ву… Далла хастам бу, т1аьхьа кхии-кх со хьуна. Хьуна т1аьхьа кхиа г1ерташ вorlypa со, т1аьхьа кхиарх дог а диллинера… Хьажал сан говре, муха хьацар даьлла ю? Х1оттий аса x1apa. Хьо хьуо вахийта ца лаьа суна.
Даг чохь мелла а шеко йолуш велахь а, делахь а шена вочу балхана x1apa шеца цхьа а гергарло доцуш волу х1ири араваьлла бохург т1еэца ца лаьара Бежияна. Ткъа стенга, мичахьа воьду иза, иштта лечкъина, оццул сихвелла, говр хьацарх юьзна? – бохура даго.

– Дика ду, схьа т1аьхьах1отта делахь, д1а 1инах чувоьр вайшиъ, – цуьнга а олуш Темаркъина букъ тоьхна, Бежия д1аволавелира, т1аккха т1етуьйхира: – Далла хаьа-кх, хьо бакълуьш велахь а, харц луьйш велахь а… амма х1етте а теша со хьан дешнех… – и дешнаш аьлла ша ваьллачул т1аьхьа тапча юкъах доьхкарх д1а йоьллира цо.
– Х1унда ца теша хьо?.. Корг1акъан айса диина туьхий-сискал дагадеара суна, хьо цхьа вахийта йиш яц сан… кхечу меттехь, кхечу махкахь х1ун дийр дара ахьа? Сан дуккха а бевзаш нах бу…
– Вало, вало делахь, д1о къайла а ваьлла, цигахь дуьйцур ду вайшимма, – элира Бежияс. Оццу минотехь яьллачу тапчано ламанхочун пхьаьрсах чов йира. Темаркъин тапчин х1оъ к1едачу жижигах чекхбаьллера.
– Ж1аьла, ж1аьла, тешам боцу ж1аьла!

Вагоран къаьхьаллиций, оьг1азвахарций Бежияс, цергаш вовшах а хьекхош, говр юха а ерзийна, хаьхкина воьдучу Темаркъина т1аьхьа топ кхоьссира, амма ца кхийтира. Масех сиконт хан елира, массо х1ума а тийна дара… Дайн хезаш дара гена долуш лаьттачу говран когийн тата.
Ц1еххьана яьллачу тоьпо хьалхахьа д1а ласта а веш Темаркъин коьртара куй божийра, амма юха а нуьйр т1ехь нис а велла, говрана шед а тоьхна, некъана т1е беанчу бердана т1ехьа къайлавелира иза. Бежияс, шен топ т1ехтилар хиича, доккха са а даьккхина, элира:
– Да велла йисарг, ма топ а хилла-кх хьо!.. Тешнабехк би-кх ахь суна!
Топ ласттийна генна д1а а кхоьссина, ц1узмах оьху хи санна, ц1ийн 1овраш охьаоьхучу пхьаьрсе хьаьжира иза.
– Далла бу хастам, даь1ахк ца лаьцначу! – элира цо чевне хьаьжначул т1аьхьа. Чехкка шена т1ера бедарш д1а а яьхна, доьхкана т1ехьара туьханан т1оьрмиг схьа а баьстина, чевнна т1е туьха а доьхкина, цул т1аьхьа жимчу бохчи чуьра къажбина к1омал схьа а баьккхина, бакъийна шира дума – муьлххачу а ламанхочо даима а шеца лелош болу – т1е а хьаькхна, иза чевна т1е а биллина, коч ят1ийна яьккхинчу к1адийнан бехчалгаца чов д1айихкира цо. Т1аккха, ломана к1ела юха а вирзина, собар доцуш, сатасаре ладег1а велира иза.

Гочйинарг Маргошвили Юсуп.

Чаккхе хир ю.

Вайнах №5-6, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх