Казбеги Александр. Циция

Повесть

Т1аьхье. Юьхь еша №11–12 (2015), 1–2.

XIII

Ах сахьт хан елира. Са метта деана парг1атдаьлла Цицияй, Солтий вовшашца хабаре делира, шен дуй биана волчу вешех х1умма а ца лачкъийра йо1а. Цо цунна дийцира шена везавелла к1ант къен хилар, цундела ша дас цуьнга яла дуьхьало яр, шена т1ехьийза к1ант ша ядо кечлуш хилла хилар, шаьшшиъ дуьненахь мел деха вовшийн деза шаьш дуй биана хилар.
Ойла а йина, цара сацам бира xlapa буьйса кхузахь яккха, кханалерчу дийнахь герггачу юьрта а дахана, цигахь Циция а йитина, ткъа Солта Бежия кхуза схьавало д1аг1ур волуш. Х1орш массо а буха берзар кхераме хир дара: д1аяханчу буса Дарьялан боьрахь хилларг хиллачул т1аьхьа, ч1ог1а ларлуш а, сема а хир бара rlaроллехь болу г1алг1азкхий.

Дукъал дехьара говр а, ткъа цунна т1аьххье Муртазан кортий, белшашший гучаевллачу хенахь суьйре т1екхочуш лаьттара. Цуьнан белш т1ехь керлачу алан боккха ц1ов бара. Боьрахула алан ц1ов ша схьабог1уш санна хеталора. Цунна генара дуьйна гора дитта к1ел вовшашца бертахь хабар дуьйцуш 1аш долу Цицияй, Содтий.
«Тайна хьуна и шиъ!» – боху ойла хиллачу цо сацамбира: «Кхин а цхьажимма цхьаьна 1ер и шиъ», – аьлла, болар лах а деш. Амма «вовшашка безам бахнарш» иза гучавалар тергал а ца деш, бертахь къамел деш дара.
«Эх1е, иза бу хьуна безам! И докх цо стагах… Царна-м со ган а ца го»,– аьлла, дагаиккхинчу Муртазан собар кхачадала доладелира.
Говраш мохь бетташ лехка, шед етта, тхулгаш кхийса, говраш шега ца совцалуш санна, г1овг1а ян волавелира иза, гуттар а кхеран arlopa а хьоьжуш. И шиъ, тохара санна, вовшашна духь-дуьхьал а хиъна, хабар дуьйцуш дара, гергга кхочуш лаьтта доттаг1 тергал а ца веш. Муртаз саца а сецна, цецваьлла цаьрга д1ахьоьжура, дайн 1адаташ Солтас муха дицдина техьа, бохуш. Т1аьххьаре а царна дуьхьал д1а т1евахара xlapa.
– Мичара хьаькхна ахьа оццул дукха буц? – хаьттира цуьнга Солтас, хилларг х1умма а доцуш санна.
– Лаха боьра чохь, буьйсана шийла хир ю, к1ел яржо оьшур ю xlapa.

Муртазана ца лаара ша иза цхьана Цициян дуьхьа еана хиларна мук1арло дан.
– Сан йиша, – элира Солтас, Муртазана хеза долчу кепара, – Муртаза хьан дуьхьа яьккхина и буц, амма оцунна къера хила эхье хета цунна.
Цецваьлла Муртаз 1адийча санна лаьттара, б1аьргаш а къарзийна, цо ч1ог1а лаьтта охьакхоьссира бацан ц1ов.
– Суна хезнарг х1ун ду, со хьекъалах-м ца тилла? – хаьттира цо Солтега.
– Х1ан-х1а… Тхойша йиший, ваший хила, – Муртаза Цициягахьа д1а а вирзина, цуьнга аьрру куьг д1акховдийра, ткъа аьттучуьнца коьртара куй д1а а баьккхина. элира цо:
– Солта сай дуй биана ваша ву, хьо а цуьнан дуй биана йиша хилла д1ах1оьттина… Х1инца дуьйна д1а сан йиша а хир ю хьо… Дуй къарбинарг бала кхаьчначохь дала вицвойла!
«Амин» олуш чекхбаьккхира цо шен дуй.
– Х1инца со хьан ваша ву, хьайна луъург де ала соьга! – олуш мохь туьйхира цо.
Йо1а Муртазана баркалла элира, xlopui берриш а ц1арна гонаха охьахевшира.

Малх д1абуьзира, буьйсанан махо х1аваъ шелдира. Меллаша, дозаллица гучабелира бутт, дог хьоьстуш йолу шен з1аьнарш комаьршша д1аса а яржош. Олхазарийн исбаьхьа хазчу декарийн, эшарийн метта хезара 1оьху чанг1алкхаш a, yrly берзалой а. Малх чубуьзначул т1аьхьа ца довззал хийцаделлера дерриге а 1алам.
Ишттачу буса безамах дегнаш дуьзнарш вовшийн хьеста лууш хуьлу, доьналлин г1уллакх дан лаам болуш хуьлу божарий, амма вайн турпалхой дийнахь шайгахь хиллачу г1айг1анний, кийрахь къийланчу балиний дукха г1елбаларна, ур-атталла г1айг1ане ойла ян а ницкъаш боцуш бара.
Цхьа Муртаз вара суьйрана х1ума яа дезар дицдаланза. Ницкъ ма-кхоччу хьалхе суьйрана баа мерза кхача кечбира цо.
Ц1енчу х1аваэхь схьакхеташ яра кхаьрзинчу жижиган мерза хьожа, даа дог доуьйтуш. Муртаза дан деззарг дира шашлыках, амма иза кхеташ вацара, уьстаг1ан жижиган кхаьрзинчу дакъошна ша санна хьашт долуш шен доттаг1ий цахиларх.

Суьйрана кхача бианчул т1аьхьа, Солтас Циция юха ц1а йига болчу шен сацамах лаьцна дийцира Муртазана. Ойланашка велира Муртаз.
– Амма х1етте а юха цига ваха мегар дац, – элира цо, т1аьххьаре а.
– Х1унда мегар дац?
– Дера мегар дац, хьан коьртах дуккха а мах биллина хиларна, ткъа х1окху к1айчу дуьненахь ямарт адамаш к1езиг дац.
– Х1ун дича бакъахьа ду?
– Со rlyp ву.
– Х1ан-х1а, Муртаз, иза мегар дац, хьо а со волччу ишттачу хьолехь ву.
– Ахьа х1ун дуьйцу? Со муха нислур ву хьоьца? Суна дахар деза ца хета, сан мах дийна волуш а, велча а цхьаъ бу.
Дукха г1айг1ане хилла юьхь т1ехь хийцавелла д1ах1оьттира Муртаз, цхьана ханна цхьа а вист ца хуьлура.

Цхьа цатам беш йолу сингаттаме ойланаш оьхура, схьагарехь, цуьнан дагчу, амма цо уьш сихха д1алаьхкира, лаккха корта хьала а айбина, г1айг1ане мархаш д1асаекъаялийта г1ерташ, бегаш бан, виэлавелира иза. Амма Цицияй, Солтий ца 1ехийра цу бегаша а: царна хаара, мел ира лазар доллу оцу стеган даг чохь. Муьлхха а догъэцар, къахетар кхузахь эрна дара, цхьа a xlyма шайна ца гуш, ца хаалуш санна кеп х1итто делира xlapa шиъ.
Дукха хан ялале доттаг1ий набарна охьабийшира. Керлачу баца т1е д1анисъелира Циция, ткъа божарий шайн кхекхийн кетарш хьарчийна, цунна гено дуьххьалд1а лаьтта охьабийшира.
Вайн шина турпалхочун дахар цкъа а дацара синтем болуш а, г1айг1а йоцуш а. Амма таханлерчу дийнахь т1енисделларш 1аламат хала а, даккхий а г1уллакхаш дара, цундела бехк бацара кхарна атта наб ца кхетарх. Гонаха дерриге а тийна дара, наггахь тийналла хадайора терсачу говраший, агано бер санна ойла техкочу, охьадог1учу хинан г1овг1аной. Меллаша а, курра а стигалхула д1ашершара бутт.
Иштта, ахнабарехь сахуьлунга бевлира вайн турпалхой. Сатоссушехь Джайраханан лаьмнашкахьа д1абуьйлабелира уьш. Аьрзонан бен санна, ламанан цхьана басех д1алетта йоллура Орцаханан юрт, лахахула ч1уг етташ боьдучу готтачу некъей, чопа йохуш охьауьдучу хиней шен локхаллера чу а хьоьжуш.
Юьртана т1екхочуш царна дуьхьал кхийтира кхиина дог1учу божаберийн тоба. Х1ораннан юкъах я шаьлта, я талча йоллура. Береш гучубевлча геннара дуьйна уьш муьлш бу тергалбан бевлира х1орш.
– Анзор хила декхар ду,– аьлла, мохь белира цхьаьнга.

– Х1ан-х1а, иза Чербижан Сослан хила мега! – Иштта, хьешех баккхийбеш, – хьешаша шайца даима а диканиг дахьа, – уьдуш вавшел хьалха а буьйлуш, говрашкахь бог1учарна гергга дуьхьал бахара х1орш.
– Ткъа иза-м вайн Солта ма ву! – аьлла, мохь туьйхира кхарах воккхаха волчо, иза х1инцца кхиина вог1уш жима стаг вара. Лаккха куьйгаш хьала а ойбуш, хьешашка маршалла хаьттира кхара.
– Маршалла хуьлда шуна, борг1алаш! – олуш, велавелира Солта. – Джанч1ор ц1ахь вуй?
– Ц1ахь ву, муха хир вац! Тхан деза де т1екхачале, къаьркъа доккхуш ву иза.
– Делахь х1ета, тхо шен хеннахь кхаьчна! – аьлла бегаш бира Солтас. – Ткъа тхоьга шен къаьркъанан чам боккхуьйтур буй цо?
– Дера боккхуьйтур бу! Шуьга ца баккхийтина, хьаьнга бохкхуьйтур бара! – аьлла, маьхьарий туьйхира божабераша.
Х1орш юьрта чукхаьчна а бовлале, божабераш кхиинера хьеший бог1уш хиларан хьокъехь Джанч1оре хаийта, х1орш т1еэца цуьнан ц1ийна хьалха кегий нах гулбелира. Хьешашна говрашкара охьабисса rlo дира цара.
Хьешашца зуда хилар а хиъна, цунна дуьхьал арабевлира ц1а чуьра зударий, цара шаьш болчу чу йигира Циция.

Джанч1ор лекхачу дег1ахь, ч1ог1а къежвелла, амма ламанан наха юкъахь ч1ог1а сийдеш, лоруш воккха стаг вара, хьешашка маршалла хаьттира цо.
– Сан ц1а чуьра товха екаш ю, ткъа ц1ийнан тхов айъабелла шу сан нelcarlex чоьхьадевлчахьана, – элира цо.
– Джанч1оран ц1а – массарна а тешам болуш xlyсам ю… Оха дозалла до тхайн иштта х1усамда хиларх, – элира хьешаша.
Кхузахь гулбеллачу шен доьзалей, лулахошкий д1а а хьаьжна, воккхачу стага элира:
– Х1ан, же ма 1ел! Хьакъ ма-дду хьеший т1аэца кечлол!
Кегийчу наха х1орш хьешашна кечдинчу ц1а чу бигира, кхаьргара герзаш схьа а эцна, г1овталийн, чоийн туьйдаргаш д1адаста rlo а дина, нарана т1ера миндарш то а дина, царна т1е Солтий, Муртаззий охьахаийра. Царна юххе цхьа Джанч1оррий бен охьа ца хиира, важаберш пенаца д1ах1иттира, ц1ент1ехь баккхий хьешашка леррина ла а доьг1уш, муьлхха а церан лаам кхочушбан кийчча а; болуш.

Цицияна верасалла деш бара зударий, цунна шаьш к1орда ца бойтуш, амма даггара цуьнга хьоьжуш, терго еш бара уьш.
Той д1адоладелира. Делкъанна х1ума йиинчул т1аьхьа, суьйренан шун а х1оттийра, дерриге дийнахь ца хеддаш деш хелхарш дара, лоькхуш эшарш яра, иллеш олура.
Шолг1ачу дийнахь 1уьйранна хьешийн 1уьйре дика ян Джанч1ор веанчу хенахь, дерриге ма-дарра ца дийцинехь а, амма шаьш лелийначех лаьцна коьрта дерг цунна дийцира Солтас. Амма цо элира, Циция шен дуй биина йиша ю, шена везаш волчу стаге маре ялархьама лачкъийна шаьш иза йолчу ден.
– Ткъа х1инца Муртаз цуьнан т1ехьийза к1ант схьавало воьдуш ву! – аьлла, чекхдаьккхира шен дийцар Солтас.
Хьекъале а, х1умнах кхуьуш а волу воккха стаг оцу сохьта дерригенах а кхийтира, Солтина йо1 шена езаш хиларх а, ша дуй биина цуьнан ваша хилла д1ах1оттарна, иза оццул боккхачу безамах юха волуш хиларх а. Амма цо цхьана а дашца ца хаадалийтира ша оцу дерригенах а шера кхетар.

1уьйренан пхьор диинчул т1аьхьа т1е нуьйр а тиллина говр ялийра Муртазана. Кет1арчу кевнехь лаьтташ бара кегий нах, нуьйран х1оьах дуьрстанан урхаш д1а а тесна. Шайн юьртан дозанал арахьа бовллалца хьеший новкъа баха декхарийлахь бара уьш, кхузахь кхеран некъан маршонах жоп луш вepr х1усамда вара.
Некъа йовларх самукъадаьлла говраш, лергаш дусийна, «хурр» бохуш Iapa. Муьлххачунна а, цаьрга хьаьжначунна, гур дара, уьш дика дай хилар, муьлхха а некъ лалур болуш, бере юьхь1аьржча х1оттор воцуш. Муртаз говра т1е хиира. Шега схьаелла топ белш т1ехьа д1а а тесна, дуьрстанан геннаш схьаозийра. Говр тохаелира, цуьнан массо а меже юлаелира, т1ехьарчу когаш т1е а х1уьттуш, д1аэккха кийчча яра иза. Говран б1аьргаш лиэпаш дара, меран 1уьргаш шоръеллера. Беречо говрана шед туьйхира, ша йолччохь т1ехьарчу когашна т1е а х1оьттина, кхосса а елла, xlaваэхь корта д1аса а ластийна, стелахаьштиг санна хьалхахьа д1ахьаьдира иза.
Схьагарехь, массарна а ч1ог1а дезаделира Муртаза ша лаьттачуьра дин д1аэккхийтар, массаьрга а белабалар иккхира, xlapa новкъа воккхуш берш а говрашна т1ехевшира, цара а хьешашна т1аьхьа хаьхкира.
Шен говр ира-кара х1отторхьама, берех х1орамма а шед тухуш а, дуьрстанан урхаш меттах хьайой а, ловзабора ша т1ехь волу дин, башха исбаьхьа хаза, дахарх, кегийчу нехан доьналлех дуьзна долу сурт дара иза.
XIopа бере шен динах д1аэвелча санна хетара, нуьйра т1ехь нисвелла, тоьллачу говрахь, говран яре терра цхьана эшшара тамехь д1аса а лесташ вог1ура. Говраш чехкка хьалхахьа д1айоьлхуш яра, цкъа ерриш а цхьана гуллой, цкъа генна хьалха д1а а йоьлхий юханехьа хехкалуш. Ткъа береш оцу хенахь говрашна т1ехь ловзура, цкъа нуьйра чуьра охьа а буьссий, цхьа ког луьйтан чохь а болуш, лаьттара кегий т1улгаш схьаоьцуш, говрашна т1ехула дехьа а, сехьа а лелхаш, чожа к1елхьахула, некхана хьалхахула буьйлуш, лаьттахула белш текхош.

Массарел а генна говр хаьхкина хьалха велира берех цхьаъ. Т1аккха чоьина хьалхара бустам чуьра патарма схьа а баьккхина лаьтта охьабиллира цо. Цунна т1аьххье хаьхкина вог1ура кхин бере, цуьнан аьрру куьг баттахь йоллучу тоьпан буха т1е диллина дара. Б1аьрган нег1ар тухучу сохьтана х1аваэхь къегаш бара тоьпан бух – оццул чехкка баттара схьабаьккхинера цо иза. Беречо, нис а велла, ц1ог1а а тухуш, хаьхкина воьддушехь топ, мосуьйттазза лакха ирх а кхоьссина, схьалецира. Гуш дара ша къона, хаза, т1ахъаьлла, каде, ницкъ болуш парг1ат хиларх иза воккхавеш хилар…
Патарма болчу кхоччушехь атта говра т1ера охьа а таь1на, парг1ат т1е топ а хьажийна лаг оьзначу цо патармин аьхкаш х1аваэ ирх яхийтира.
Нуьйра т1ехь нис а велла, топ белш т1ехьа тесира до. TIaккxa шегара патарма схьа а баьккхина некъа охьакхоьссира цо: «Х1ах1, х1инца кхечо а зуьйр шен б1аьргийн, куьйгийн тешаме хилар!» – аьлла. Карзахъяьлла говр юха а ерзийна, сих ца луш шен топ ц1анъян х1оьттира иза.

Хьалхахьа велира кхин бере. Мосуьйттазза кхоссаелла, шен ден сий лардарх шена т1ехь долчу жоьпаллех кхеташ санна, чехка, дозаллица д1аиккхира оцу беречун говр а. Цунна т1аьххье д1аиккхира кхоалг1а а, воьалг1а а бере, гуттар жимачохь дуьйна говрашкахь лела а, т1ахъаьллий, кадей, ницкъ болушший хила 1емина а болу ламанан кегий нах шайгара доьнналлин хьуьнар гайта бевлира.
Иштта, самукъадоккхуш, сакъералуш Терка т1е иза дехьа волучу метте кхаччалц Муртаз новкъа а ваькххина, кхузахь цуьнан некъ дика а бина, юхабирзира кегий нах.
Дарьялан боьра Муртаз кхочучу хенахь 1аржъелла д1ах1оьттинера. Деле rlo дар доьхуш до1а а дина, т1улган шина орцан готтачу юккъехула, некъ шен йоккхачу г1аттийначу бага д1ахьулбинчу, саьрмакан бага воьдуш санна, д1аволавелира иза.

Дуьненахь хуьлчу зуламей, харцоней хьежа к1ордийначу шен б1аьргашка садо1уьйтуш санна, мархашна т1ехьахула д1аоьхура бугт.
Дукха хан ялале Муртазана геннара схьа говран тата хезара. Говр а сацийна, вай-й хьалхахьа д1а а хилла, леррина ла дуьйг1ира цо. Ц1еххьана нуьйра т1ехь нисвелира иза.
– Говрашна тоьхна дерш оьрсийн ленаш ду! Г1алг1азкхий хила декхар ду уьш! – элира цо ша-шега.
Кхузахь цунна хезира: «Чибари, чибари, чибари!» – бохучу иллин дешнаш.
Муртаза яй шед а тоьхна, юханехьа хаьхкира шен говр, зен-зулам доцуш боьра ша кхачаре дог дохуш, ткъа цигахь хьаннашний, арцнашний юккъехь къайлавала.
Ma-йoггly говр хаьхкина вог1ура иза. Схьагарехь, xlapa ца гора г1алг1азкхашна.
Готтачу боьрахула д1ахаьхкира Муртаза – кхин цхьа жимма гена ваьлча кхерам боцчохь хир ву xlapa.
Ц1еххьана цунна хезира буьрса тоьхна мохь:

– Мила ву вог1ург?
Муртаза дуьрстан архаш озийра. Кхерам хилар хааделла говр оцу сохьта юхаиккхира.
– Мила ву вог1ург? – аьлла юха а бодашкара схьа мохь а белира, оццу сохьта топ а елира.
Муртаза говр юха а ерзийна д1ахаьхкира, амма сихха иза сацо дийзира цуьнан: тоьпан тата а хезна хьалхахьа шена дуьхьал хаьхкина бог1у г1алг1азкхий гира цунна.
К1елонна т1е1оттавелира иза, шина a arlop хадийна бара кхуьнан некъ.
Кхерамех воьлла вара ламанан нохчо, иза воха ца вуьйхира. Некъа йистошца лаьтташ дара лакхара охьашершина даккхий т1улгаш. Некъа т1ера говр д1а а ерзийна, царна т1ехьа паргг1ат д1алечкъира Муртаз. Говр а, стаг а чохь са доцуш д1алаг1делира, ур-атталла дийнахь а хала хир дара х1орш ган. Шен говран хьуьнарх вуьззина тешна вара бере.
Кхерам боцуш шайна хиллачу синкъерамах баккхийбеш, юххехула хаьхкина д1абахара г1алг1азкхий. Уьш сел тентагаш хиларна мелхо а оьг1азвахара Муртаз. «Москалш санна, цхьанхьа д1ауьду-кх», – боху ойла хилира цуьнан.

Ц1еххьана цунна дагадеара, т1ехь «безамна» цхьа билгало а йоцуш уьш д1абахийта ца беза, бохург. Хаьхкина боьлхучу г1алг1азкхашна т1аьхьа а хьажийна топ ялийтира цо. Схьагарехь, т1ех ца тиллера иза – г!алг1азкхашна юкъахь йоккха г1овг1а елира.
Говран урх мал а йина, Дарьялехьа хаьхкира цо. Г1алг1азкхаша цунна т1аьхьахаьхкира, амма хьекъале а, тешаме а болчу дино, кхес д1аса тесна, чехка д1авуьгура шен бере, лоьхуш болчушна т1етт1а гена воккхура цо иза. Ткъа говрах воккхавеш, цунна муьт1ахь волчу беречо xlop минотехь охьа а те1аш, хьоьстура шен говр, иза ира-кара х1отто г1ерташ санна, цо говран лерехь олура:
– Ядалахь, сан говр, т1ема ялалахь!.. Хезий хьуна, т1аьхьадог1у орца? Шуьйрра д1асатаса т1аьхьара когаш, яда атта хир ду хьуна. Ткъа уьш кхуьу вайшинна т1аьхьа?!
Шен ден дешнех кхеташ санна, берриге ницкъаш гулбеш йоьду говр.

Т1аьхье хир ю.

Гочйинарг Маргошвили Юсуп.

Вайнах №3-4, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх