Казбеги Александр. Циция

Повесть

Чаккхе. Юьхь еша №11-12.

VIII

Корг1акъа х1ума йиъна велира. Бухайиснарш схьа а лахьийна, таьллаш ги тесира Бежияс.
– Х1инца ц1а г1yp ву со! – олуш, хьалаг1аьттира Корг1акъа. – Ас доьху хьоьга, Бежия, жега дика хьажар, йовхоно цунна ницкъ цабийрриг… Кест-кестта лийчаделахь уьстаг1ий, г1ум дег1ах ца йолийтархьама, иза ца дича уьстаг1ий аз а ло, т1арг1а боьха а, туьлуш а хуьлу.
– Цхьана а х1уманна са ма гатде!
– Дика ду, дика, хьох тешна ду-кх дерриге уьстаг1ий! Дела ву-кх вайх къинхетам беш, 1ахарий хьийкъина ду, уып дика хьала цакхиор эхь ду.
– Ас нах хьоьггург кхиор ду хьуна уьш-м!
– 1одика йолда, Гиворгин ойлано аьтто болда хьан! – Женан да д1авахара. Масех г1улч яьккхинчул т1аьхьа, кхин цкъа а жане б1аьрг тохархьама юхахьаьжира иза. Коьжалгана т1е а тевжина, леррина шена т1аьхьахьоьжуш лаьтта Бежия гича, цецвелира иза, жа1у ч1ог1а дог-ойла йоьхна, г1айг1ане гича цунах къахийтира Корг1акъана.
Жимачу стеган дагахь долчух а, цунна шега ала луачух и кхийтира Корг1акъа, шен жималла дагаеара цунна, жа1уьнам дог эца дагахь хилира x1apa, амма иза дан тарлуш дацара «к1еззиг са а гатдина, т1аккха йицлур ю», – аьлла, сацийра цо дагчохь, д1аваха д1а а волалуш.
Амма Бежияга са ца тохаделира.
«Дерриге д1аэр ду ас, дуьххьал д1ахаийта деза, ткъа цигахь хуьлда шена ша хирриг!» – боху, ойла кийрахь я йолуш, Корг1акъе мохь туьйхира цо.
– Ц1а дахьийта цхьа кост-м дац хьан? – хаьттира Корг1акъас, цуьнца къамел хилар лууш воцучу.
– Дац! – элира Бежияс, корта лохха охьа а бохуьйтуш.
– Со ладуг1уш ву, жима стаг, схьаалал хьайна дезаш дерг!
– Бехк ма билла, хьан йо1 езаш ву со!.. – олуш, мохь а болуш, жа1у оцу сохьта тапп-аьлла д1атийра.
Оцо дуьххьал схьаэр дац моьттуш, т1ехула кхунна жоп дала дагахь вара Корг1акъа. Бежияс шен дагахь дерг дуьххьал схьааларо цецваьккхира xlapa, воьхначу кхунна ша билгало йоллуш х1ун ала деза, х1ун жоп дала деза ца хаьара.
– Еза бах ахь? – аьлла, юха хаттар дира цо ша дийриг х1ун ду а ца хууш.
– Дера еза сайн сил дукха-м! Иза соьга яла х1унда ца лаьа хьуна?
– Сих ма ло, жима стаг! Боккха бахам хаарца, хьекъалца лело беза. Хьо х1инца а жима ву, зеделларг дац, ткъа сан цхьаъ бен йо1 яц, кхин стаг вац…
– Корг1акъа, вайшиъ ший а ахархо ма ву… Хьан бахам, дуьйцийла йоцуш, боккха бу, ткъа со а ма вац х1ума а доцуш… Цу т1е йо1ана а ма веза со, иза кхечуьнга муха ялалур ю хьоьга?.. Ткъа мила x1уттур ву иза соьгара яккха. Дуьне кьахьдийр ду-кх ас цунна.
Оьг1азвахарна Бежиян б1аьргех суьйнаш туьйсура, дозаллица дег1 нисдеш д1ах1оьттира иза, цо хадам боллуш аьлла дешнаш дагчу дийшира Корг1акъина, амма дуьхьалд1а жоп ца луш, эсала элира цо:
– Тоийта, жима къонаха!.. Жимма собарде… Вай вовшийн довззалц.
– Делахь х1ета догдохийла юй сан? – элира Бежияс, даггара, сихха.
– Къонаха даима а хила веза ша дагалаьцначух догдохийла йолуш! – аьлла, жоп делира Корг1акъас, шен дагахь и захало цахилийта массо a aг1op дуьхьало ян сацам а беш.
Ткъа хьинца вало жа т1е, ткъа со д1аг1ур ву, ц1а ваха т1аьхьавуьсу со. Корг1акъа новкъавелира. Дукъал т1ехьа кестта къайлавелира иза.
Бежия ша хиллачу юхавирзира. Кхеттане а хиллачух кхеташ вацара иза: йоь1ан дас догдохийла йити цунна я яллане а лур яци эли?

IX

К1орг1акъа шен ц1а кхочучу хенахь, малх лаккха баьллера. Селхана ша cагатдина долу дерриге а дицдина, тахана Бежияца шен хиллачу хабаран хьокъехь ойланаш ян велира иза.
Ма дарра аьлча, Бежия – куц долуш, хаза, шуьйра белшаш йолуш жима стаг вара. Цуьнга эцалур дара цуьнан йоь1ан дог. Ткъа иза иштта делахь, кхо дуьхьало ян оьший техьа, церан ирсана дуьхьало ян оьший техьа? Дас новкъарло, дуьхьало яро шен йо1 дакъазаяьккхина, цуьнан дерриге дахар жимачохь дуьйна г1айг1ане дина меттигаш дуккха а йовзара цунна. Ткъа делахь х1ета, шен йо1ах доглозуш волчу дас х1ун дан деза, нагахь йо1ана везаш верг Корг1акъа санна волчу стеган нуц хила хьакъ волуш ца хилча?
Оцу дерригенан а хьокъехь к1орггера ойланаш ян велира Корг1акъа, цуьнан бос хийцалора, хала, къаста ца даллал хала г1уллакх дара иза – т1ех1оьттинарг.
Х1етте а Корг1акъас, шен доьзалехь вуьззина да хила 1емана волчу, шен лаам дуьхьало йоцуш кхочушбайта 1емана волчу воккхачу стага, шена ч1ог1а эхь-бехк лорура йо1а шега лацадог1ар. Цундела хийцалуш цхьа ойла оьхура цуьнан дагчу.
Шен ц1ийнан не1саг1е ша кхоччушехь цо хадам боллуш, амма меллаша элира:
– Ткъа юьхьанца иза хьаьстина хьожур ву со, нагахь т1е ца ерзахь, т1аккха ницкъ ца гайтича бер бац.
И сацам цо т1еоьццушехь, оцу сохьта ц1еххьана буьрсе хилла д1ах1оьттира цуьнан юьхь-сибат, ц1оцкъамаш дусаделира, балдаш т1етт1адаьхкира, ч1ишталгаш кхин а чуэгнера, собаре, дика ойла йолу воккха стаг макхвелла, къинхетам боцуш хилла д1ах1оьттира.
Иштта волуш шен ц1ийнан не1саг1ех чоьхьавелира иза.
Цкъа юьхьанца чухула воьхна д1асахьаьжира иза, т1аккх1и йо1е оьг1азе мохь туьйхира цо, иза дехьа чохь ю моьттуш, Цхьа а вист ца хилира, кхо кхин цкъа а йо1е кхойкхуш мохь туьйхира. Юха а цхьа а вист ца хилира. Ц1еххьана оьг1азвахар д1адолуш г1айг1ане хилира xlapa, дог ч1ог1а деттадала дола делира, кхо юха а йо1е кхайкхира. Х1инца кхуьнан аз к1еда – мерза, сингаттаме дара.
– Иза стенга яха тарло? – элира цо хеззаш, г1айг1ане, г1ийлла чухула д1аса а хьожуш. – Яах1ума кечъя ч1ийш дан яхана хьуна иза, – бохуш ша-шен дог-ойла г1атто г1ертара иза, амма дог г1айг1анехь, вочух кхоьруш дара.
Х1ун дан деза а, Циция мичхьа лаха еза а ца хиъна, товхана хьалха, лохчу г1анта т1е охьа а хиъна, ладег1а велира иза. Хан д1айоьдура, ахархоша делкъана кхача боу хан т1екхочуш лаьттара, ткъа йо1 х1инца а ц1а яза, яра. Оццул дукха иза хьеялар, ц1а а, доьзал а д1а а тесна, иза лелар хила тарлуш х1ума дацара.
Ц1еххьана дагаиккхинчу ойлано цецваьккхира Корг1акъа.
– Ямартло йи-кха суна цу йо1а, – элира цо ша шега.
– Оццул дена халахетар муха дийр ду, шена хуьлуш болчу тамана, оццул сан дагна лазар муха дийр ду… Нагахь иза цуьнга яхнехь, аса и шиъ ший а дуьйр ду! – пенах кхозу топ схьа а эцна араиккхира воккха стаг.
X1apa т1аьххьара а тешна вара шен йо1 Бежия волчохь хиларх а, цо иза лечкъош а, Циция ц1азамаш лахьо яханчуха, ша 1ехийна хиларх а.
Хьераваьлча санна, кевне хьаьддачу кхунна дуьхьал1оттавелира герзаш керахь волу стаг. Вевзаш воцург, схьахетарехь, ч1ог1а сихвелла вог1ура, хи санна, юьхь т1ера охьаоьху хьацар куьйгаца д1а а хьоькхуш.
– Далла хастам бу-кх хьо суна ц1ахь карийначу, Корг1акъа! – элира цо сихха.
– Х1ун хилла, Темаркъа?.. Алал! – воккхачу стеган тоха са дацара.
– Хьан йо1 ядийна! — элира веанчо чехкка.
Воккха стаг цецваьлла, воьхна висира, стелахаынтиго санна оцу хаамо 1адийра иза. Вехха 1ийра воккха стаг вист ца хуьлуш.
– Делахь х1ета, ядийна-кх иза!.. – элира цо меллаша.
– X1aa, ядийна! – аьлла, доцца ч1аг1дира Темаркъас. – Ткъа хьо х1ун деш лаьтта, сихо ян еза!
– Хьо бакълоь, Темаркъа!.. Сихо ян еза, – воккха стаг ойла ян велира, ц1еххьана серладевлнра цуьнан б1аьргаш, оьг1азаллех дуьзна дара уьш. – Ас Делаца дуй боу хьуна, сайн дахар ца кхоо а, ткъа сайна т1едаийтинчу эхьана бехкеволчунна айса доькхург хиларх а! Дийцахьа, мила ву сирдоьллачу можан чоьшна x1apa эхь динарг?

X

Корг1акъана дукха хенахь дуьйна вовзара Темаркъа, цо лелочу ямартчу х1уьмалгийн хьокъехь а хезнера цунна. Ларсан лаьмнашкахь лелочу дерриге боьхачу г1уллакхийн хьокъехь, кхунначул дукха а, дика а хууш волу стаг вацара. Иштта волчу Темаркъас оцунах к1езиг пайда ца оьцура. Цундела воккхачу стагана дика хаара иза ша волчу шех къахетта, я доттаг1аллии ойла йолуш ца веанийла: иза кхуза валийнарг цуьнан ямарта дог дара, х1окху нисделлачух пайдабаккхар дара.
– Схьадийцал, Темаркъа, хьан ядийна сан йо1, ма дезза даьхний лур ас хьуна.
– Ткъа мел х1ун лур ду ахь суна? – аьлла, дуьххьалд1а хаьттира Темаркъас.
– Мел х1ун деза хьуна?
– Говр карийча итт туьма ло, ткъа x1apa хьан йо1 ма ю?
– Ткъа х1ун мах боьху ахь? – йоь1ан да сихвеллера.
– Шовзткъе итт 1ахаррий, пхиъ кай.
– Д1аэцахьа хьайна лаахь кхузткъа а, амма сихха дийций валахьа.
Оццул комаьрша и хиларо Темаркъин б1аьргашна чу бода х1оттийнера. Воккхачу стагана хьалха хьесталуш корта охьабахийтира цо, хезаш стаг вуйтехьа, аьлла, гонаха д1аса а хьаьжна, меллаша элира цо:
– Сахуьллуш цхьаммо сан ков а тоьхна, ч1ог1а мохь тоьхна кхайкхира соьга. Ас хаьттира: «Мила ву?», суна жоп делира: «Со ву x1apa, Джанхотан Солта!»
– Джанхотан Солтий! Майралла г1араваьлла волу нохчий? – боху хаттар а деш, цецвелира воккха стаг.
– X1aa, Солта вара иза… Со шена дуьхьалваьлча, цо соьга элира: «Г1алг1азкхашкара яьккхина говр ялийна ас хьуна. Бурет1е йигар ца магадо ас хьуна, цигахь корта лаца тарло, амма Тбилисе йигахь дика мехах юхкур ю ахь. Амма ахь суна цхьа г1уллакх дан деза, – элира цо кхид1а. – Хи дистина, дехьавала меттиг ца карайо суна, хих дехьавала г1o де суна. Соьга хьешана дуьхьало ца яелира, цуьнца бердах чувоьссира со, кхуззахь бен ца хиира суна хьан йо1 йигар… Х1ун дийр дара ас – хьешана дуьхьало ца яелира соьга; гомхочухула дехьавала цунна г1o а дина, ткъа т1аккха, ц1а а ца воьдуш, дуьххьалд1а хьо волчухьа хаьхкира ас… Хьо волчохь туьха-сискал диъна ас, ткъа иза доккхачу меха ду! – аьлла, чекхдаьккхира Темаркъас шен хабар.
Цуьнга ла а доьг1уш, вист а ца хуьлуш 1аш вара воккха стаг. Шегахь долчу халчу хьолах оцу сохьта кхийтира иза. Джанхотан Солта доьналлиций, майраллиций г1араваьлла вара, цу т1е иза шен махкахь, шен гергарчарний, доттаг1ашний юккъахь а вара, цунна массара a г1o дийр ду, иза схьалур вац. Цхьа волчу кхо, воккхачу стага муха къуьйсур ду цуьнца?
Ц1еххьана дагадеара цунна: «Бежия ца хилла мила хир ву кхунна г1o дан, кхуьнгара бала эца?»
Шен гергара ши стаг т1е а кхайкхина, царна д1адийцира хилларг Корг1акъас, шен ц1ийне а, бахаме а хьажар царна т1е а диллина, т1аккха ломан жаш долчу – Бежияна т1евахара xlapa.

XI

Ядийна йо1 ялош вог1у Джанхотан Солта шен некъахочуьнца цхьаьна Ларе олучу юьрта чу кхечира, цхьана къора, яьссачу меттехь говрашкара охьабиссира уьш.
Пачхьалкхан новкъа вахар ч1ог1а кхераме дара, х1инцале сахила доладеллера, массанхьа а лаьтташ дуккха а г1арол дара. Хих пурх неканахь дехьа а бевлла, Джайраханан ломал дехьа а бевлла, йоккхачу Нохчийчу охьабаха безаш бара x1орш. Амма х1инца а ларбалар дара ч1ог1а оьшуш… Г1аролехь болчу г1алаг1азкхаша дуккха а зуламаш динера ламанца болчу нохчашна.
Лекхачу лома т1ехула дехьадовла дезара я лаха чухула боьдучу, т1екхозуш лаьттачу Дарьялан ломан бердийн ирачу йисташца: цхьа ламанхой бен лелалуш боцчу оцу халачу некъа д1адаха дезара.
– Муртаз! – меллаша накъосте кхайкхира Солта.
X1apa кхийтира. Шен говран урх Солте д1а а елла, чоин т1емаш хьала доьхкарх а доьхкина, г1айг1а йоцуш чувоьссира иза.
Цхьа хан яллалц хезаш х1ума дацара. Береш а, говраш а, т1улг санна лацабелла, шаьш болччохь лаьтташ бара. Т1аккха к1еззиг тата а хезира, лаьтта бухара схьаваьлча санна, гучувелира Муртаз.
– Бехна бу! – элира цо доцца!
– Х1инца а молуш бу?
– Молуш бу, амма шаьш х1ун леладо ца хууш бехна бу.
– Ткъа вай муьлхачу новкъа даха деза?
– Дуьххьалд1а г1о вай!
– Вайца йо1 ма ю… Кхераме дац?
– Х1умма а дац, вайца лералур дац цаьрга.
– Говраш юй цаьргахь?
– Яц.
Шен тешамечу доттаг1чух Муртазах тешара Солта.
– Жимма са а до1уш, Дела дагалоцур вай!
– Сада1а хан яц!
– Гуттара г1елъелла-кх иза, – олуш, Циция йолчухьа корта ластийра Солтас.
– Цигахь, кхерам боцчохь, садо1ур ду вай…
XIapa дийцар дешархой цецбевр бу, буьйсана г1ароллех1 болу г1алг1азкхий герзаш а, говраш а йоцуш х1унда бара-техьа бохучух, ткъа г1уллакх иштта дара.
Муртаз, шен накъостех д1а а къаьстина, меллаша, ларлуш ц1е йогучу кхерча йисте веара. Цунна гинарг тамашена х1ума дара.
Юьстах лаьтташ яра т1ехь чаг1ар чохь долу п1аьлдигаш а долуш, говраш д1а а хецна йолу ворданаш. Буьйсана т1елатарх болчу кхерамах лардалархьама сацийна яра уьш, схьагарехь, ткъа варданийн дайша, баркалла олуш чаг1ар делира г1алаг1азкхашна. Чаг1ар дезаделира г1алг1азкхашна, цара кхин а к1еззиг чаг1ар дийхира, кхин а дийхира, ткъа т1аккха а дийхира. Амма т1аьххьара а х1орш к1ордийначу цара кхарна иза цаделира. Г1алг1азкхий оьг1азбахара, шаьш ца ларарна. Г1алг1азкхашний, ахархошний юккъехь г1еххьа буьй-т1ара йолаеллачу оццу минотехь, царна т1екхечира Муртаз. Кхеташ ду, герзаш керахь долчу г1алг1азкхаша дукха хан ялале ахархой (варданийн дай) эшийна хилар, ахархойн коьрта лоруш верг оцу сохьта, куьйгаш а дихкина, божал чу воьллира. Ткъа важа болу ахархой юьстах тоба еш гул а белла хьоьжуш лаьттара, г1алг1азкхаша, п1аьлдигаш ворданашна т1ера д1а а эцна, ч1аг1ар чийлакашна чудуьттуш.
Кхетамчуьра бовллалц мала а мелла, бехна г1аролчаш ц1арна гонах охьаэгнера, хар а деш бийшина 1охкура уьш.
Ларлуш церан герзаш долчу т1е а вахана, уьш юьстах а даьхна, генна д1асакхийсира Муртаза. Ткъа т1аккха вехна г1алаг1азкхи т1аьхьа а волуш ежаш йолу церан говраш йолчу т1е а вахана, иза вехка а вихкина, цуьнан бат а юькъна, говраш хи т1е охьа а ялийна, лаьхкина хинан вукху бердал дехьа ехира Муртаза. Джанхотан Солта шеца Циция а йолуш, Муртазица цхьаьна г1ароллина т1ехволуш, бехна г1алаг1азкхий, шайн бехна тентак девлла кортош жимма хьала а уьйуш, кхарна т1аьхьахьоьжура, амма юха а охьаийгира уьш.

XII

Ерриге кхераме меттигаш т1аьхьа а юьсуш, Темаркъа волчу кхечира береш, ткъа оцо уьш, вайна хууш ма хиллара, хих пурх дехьа а баьхна д1ахьовсийра. Ша диначу г1уллакхна лур ю аьлла говр а эцна, д1авахара иза.
Кхерам боцчу ваьлча, ц1е а латийна, яах1ума кечъян х1оьттира Солтий, Муртаззий.
Меттах ца йолуш, г1айг1ано шех т1улг бича санна, юьстах 1аш яра Циция. Цунна хаара шена г1o хила меттиг боцийла, ша гуттаренна а шена везачух яьллийла.
Солтина иза хьаста, цуьнан дог эца, шена иза езаш хиларан хьокъехь ала лаьара, амма кхузахь волчу шен накъостах эхь хетара цунна, вист ца хуьлуш луьла а уьйзуш лаьттара x1apa.
Ц1арна хьалха а хиъна, сераш т1ехь шашлык а йоттуш, оцу г1уллакхах ч1ог1а самукъадаьлла, берриге тидам цунна т1ебахийтина 1аш вара Муртаз. Цхьа бахьана а доцуш, Солтий, Цицияй цхьаьна а дитина д1авахар тамехь доцуш хетара цунна.
– Юург кийча ю! – элира Муртаза дозаллица, таьллашна чуьра кхалларрий, к1алддий схьа а яьккхина, лаьтта тесначу диттийн шуьйрачу г1ашна т1е охьах1оттийра цо.
Кхача баа охьахевшира x1орш. Сутара х1ума яа волавелира Муртаз… Амма цуьнан накъост т1екхевдаш вацара.
– Яахьа, доттаг1а, аьтто баьллачуьра. Кхин маца а, мичахьа а юур а ца хаьа…
– Х1ун ду а ца хаьа, ца еза-кх суна, – элира Солтас, г1айг1ане Цицияга д1а а хьожуш, иза а яра яах1ума ца езаш.
Х1ума йиъна а ваьлла, Муртаз юьстахваларе собаре воцуш хьоьжура иза. Т1аьххьара а вуьзна Муртаз, ша шашлык юуш яьжна даь1ахкаш гонаха д1аса а кхийсина, дег1 даздаларна халла хьалаг1аьттира. Хьакхарша дуьзна куьйгаш кхекхийн кетарх хьаькхира цо.
– Вахана говрашка хьажа воллу со, – элира цо, – буц юькъо йолчу лохкур ю ас уьш…
– Хьайна дика хуур ду-кх хьуна! – элира халла Солтас.
Муртаза говраш борза т1ехьа яжа лаьхкина дикка хан яра, амма Солта х1инца а ша х1ун дан деза, Цицияга х1ун ала деза ца хууш, г1айг1ане, корта а оллийна 1аш вара.
Цицияга хьаьжча, цуьнан азъелла, г1айг1ане юьхь гича, къахетий дог лаза долура кхуьнан, цуьнан б1аьргашна чохь хазахетаран, йоккхаеран билгало гархьама, иза ша юха ц1а юьгур йолуш санна хеталора кхунна.
Дукха г1айг1ане ойланаш ярний, говрахь бехха некъ барний т1ех ч1ог1а г1елъелла йо1, г1орасиз хилла диттах д1а а тевжина, наб озийна 1apa.
Кхин тоха са а ца хилла, цунна хьалха гора а воьжна, йо1е хьежа велара иза.
Цицияс парг1ат садоь1ура, цуьнан нийсачу хазачу меран 1уьргаш, доь1учу сино, хьалауьйбуш меттахъхьедора. Боккхачу безамца набарха йоьлуш яра цуьнан юьхь, ерриге ц1ийелла йолу. Схьахетарехь, самукъане г1ан гуш яра йо1. Оцу минотехь цул безамехь, цул хаза адам доцуш, оццул исбаьхьа яра иза, цхьана а кепара тоха са доцуш собар кхачийра Солтин. Гуш боцчу боккхачу ницкъо йо1ана т1еийзавора иза ша дийриг х1ун ду а ца хууш, йоь1ан бета т1е шен бат ехьира цо, церан балдаш вовшахкхийтира.
Йо1 самаелира. Цо вон д1атеттира xlapa.
– Х1ун ду ахь дийриг, эхь доцург!
– Хьо еза-кх сунна! – элира Солтас гуьржийн маттахь. Цунна дика хаара и мотт.
– Еза дела бо ахь суна иштта ницкъ? Иштта ца хуьлу къонаха…
– Соьгара хьо бала, – аьлла, мохь белира Солтера, – ткъа хьуначул а алсам ницкъ ца хуьлу суна сайна?..
– Суначул а алсаммий? – ца ешаш елакъежира йо1.
– Хьо сол ирс долуш ю. Хьоьга хьайна луъург дерриге а дайталур ду соьга… Ткъа ас, со? Дерриге дахарехь балахьегар ду-кх суна дан диснарг…
– Сацийта!.. Иза дийцарх со 1ехалур яц хьоьга… Со – хьан йийсархо ю, хьан лаамна к1ел ю со. Амма хаалахь, хьо суна везавалийта ницкъ кхочур бац хьан. Сан безам бац-кх хьоьга!
Халахетарна бос байра Солтин, б1аьргех хи делира цунна.
– Ахь сийсаз яькхи со, – бохура оьг1азе Цицияс, – нехан белам бин ахь сох. Х1унда ядийна ахь со? – олуш, кийра кхехкаш, мохь белира Цицияга.
– Хьо сайна еза дела, суна санна цхьанне а, цкъа а езалур яц хьо, – элира Солтас халла, аз дегош.
Йоь1ан дог мелла а к1адделира. Цунах къахийтира цунна, цу т1е, цунна хьалха лаьтташ вара майраллина г1араваьлла волу, валарна болчу кхерамна хийла б1аьра хьежна волу, башха жима стаг.

– Йо1, – аьлла, д1адолийра Солтас, – хьо дуьххьал сайна гича, ас сайга элира: иза т1ех хаза безамехь ю, сан хила еза иза. Амма хьо керста ю, хьо ехийта сан бакъо яцара. Цундела ас ядийна хьо. Хьуна со везалур ву моттара суна, т1аккха дино вовшахдоккхур дацара вайша. Амма г1алатвалар го суна. Ала-хьа, х1ун де ас х1инца?
Лахха корта охьа а оллийна, йист ца хуьлуш 1apa Циция. П1елгаш дегоро гойтура цо к1оргга доь1у са. Цо шога деллачу жоьпо к1ант кхин а карзахваккха тарлора.
– Алахьа, алахьа! – бохуш, дехарш дора Солтас. – Со кхечу динехь хиларна реза яц хьо? – хаьттира Солтас коьртара куй хьала а теттина, хьаьж т1ера хьацар д1а а доккхуш, – ас дин хуьйцур ду-кх, нагахь хьуна со везалахь…
Г1айг1анах дуьзна шен б1аьргаш цунна т1е дерзийра Цицияс. Жимачу стагах къахетарна иза ша а яра сингаттамехь, амма х1ун дина оьцура дара цо цуьнан дог?
– Х1ун жоп ло ас хьуна? Хьуна дан г1o дац-кх сан, – элира йо1а.
– Иза а к1езиг ду?.. – бохура холчах1оьттинчу Солтас. – Х1ун де ас? Бердах чу эккхий со? Ахь алахьа, х1ун де ас?
Ша ядийча, Цицияна моттара ша къуша ядийна, шена ницкъ бийр бу, ша сийсаза йоккхур ю. Амма дерриге а кхечу кепара хилира. Солтас ядийра иза, амма вала да воцуш, кхача орца доцуш, г1орсиз йо1 шен карахь йисча, сил дукха иза езаш, езаро маларочул а вахийна волу иза х1инца верриге а йоь1ан лаамна к1ел, цо аьлларг дан кийча, caг1a доьхуш санна, цуьнга дехарш деш вара.
Дукха дагахь доцуш, ц1еххьана нисделла сурт дара иза. Йо1е к1орггера ойла яйтира цо, цуьнан дагчохь жимачу стагах къахетар иккхира. Амма х1ун дина г1o дийр дара цо цунна? Цунна Бежия везара, цуьнан хьокъехь бен ойла еш яцара x1apa, цуьнан оьзда хиларо дог шина стагана декъа, безам шина стагана юкъахь бекъа таро ца лора цунна.
– Солта! – элира цо ц1еххьана. – Хьо сан ваша хир ву, ткъа со хьан йиша!
– Оx1! – аьлла, доккха садаьккхира Солтас, цуьнан корта некха т1е охьабахара, – со-х къа ца хета-кх хьуна?
– Къахета суна, хьо-х, амма… суна кхин веза! – элира йо1а.
Кху шиннах цхьа а диет ца хуьлура, х1ораннан а дагчохь йоккха г1айг1а яра, бала бара, кийрахь детталуш дог доцуш санна, доь1у са дацара хезаш. Ц1еххьана, велхаран къурдаш деш санна, дог 1овжош к1орггера садаккхаро йохийра тийналла. Б1аьргех сутара оьху хиш д1адехира Солтас. Хьала а г1аьттина, чехкка дег1 а нисдина, коьртера г1айг1а д1аэккхо г1ерташ санна, маситтазза юьхь т1е куьг а хьаькхна, Цицияна т1евеара Солта. Кийрахь боккха бала хилар дара гуш, меллаша элира цо:
– Сан йиша, мичахьа йига ас хьо?
Дукха цецъяьлла Циция, Солтина кочахьаьрчира. Б1аьрг-нег1ар тухучу сохьтана кхетамчуьра ваьллачу жимачу стага ондачу куьйгаца шена т1еозийра йо1, цунна барт баккха дагахь, амма иза оцу минотехь саметта веара. Галволуш Циция шен кочахьаьрчинчуьра д1а а херъеш, охьа ца йожийта куьйга иза д1а а лоцуш, цо юха а хаьттира:
– Алахьа, алахьа, сан йиша, мичахьа йига ас хьо?

Чаккхе хир ю.
Гочйинарг Маргошвили Юсуп

Вайнах №1-2, 2016.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх