К 200-летию Грозного

16Джамбулат Умаров

Грозному,
возрожденному из пепла

Сочиняя в душе
о тебе эти теплые строки,
Мое сердце тайком
проронило скупую слезу…
У обочин зеркальных дорог
тополя-недотроги,
Провожают домой,
заглянувшую было грозу…

Как мне высказать то, что горело
во мне словно пламень –
И про стены твои,
что когда-то чернели золой,
Про могилы детей,
что родители рыли руками,
И проспекты твои, что сровняло
взрывною волной?

О тебе я пою!
О восставший из вечного Ада!
О жемчужина грез,
которой слагаю стихи!
О святая мечта,
воплощенная Словом Ахмата
По желанью Творца,
что стоял у начала Стихий!

Вот из «Сердца Чечни» минареты взвиваются к звездам…
Кто судьбу непростую,
мой Город, с тобою связал,
Тот поймет: почему там, где ласточки
вьют свои гнезда,
Наши дети писали: «Спасибо,
за Грозный, Рамзан!»

Кусаев Адиз

Сан г1ала

Тем боцу бер санна,
Хьо зевне йоьлуш ю,
1уьйренца г1аьттина,
Хьо балха йоьдуш ю.

Хьан сийна урамаш
Сан деган пхенаш ду.
Сан г1ала, туьйранал
Уьш хаза хеташ ву.

Догц1ена йо1 санна,
Хьо ирсе лелаш ю,
Даима зезагаш
Хьан карахь лепаш ду.

Хьан сийна урамаш
Сан деган пхенаш ду.
Сан г1ала, туьйранал
Уьш хаза хеташ ву.

Набарна тевжина
Хьо лаьмнийн карахь ю,
Олуш дерш Соьлжано
Аганан иллеш ду.

Хьан бошмаш, майданаш
Сан дагна хаза ю…
Хьох вала, сан г1ала,
Даима хала ду.
1967

Муса Ахмадов

Соьлжа-Г1алех дош
(поэми т1ера)

Т1едилхира дошан дерзаш,
Т1едиттира г1epг1a герзаш,
К1урзах дузуш массо де.
Йохозаерг, чим беш, ягош.
Лелхазадерш, дегнаш, 1адош,
Еги кхузахь къиза ц1е.

Дуьненчуьра 1аьржа ницкъаш,
Лоьхуш шайна хьарам рицкъа,
Чухьаьлхира, г1ала юьйш.
Йилбазмахах хьаьвзи г1алахь,
Гота охуш дегнийн арахь,
Ялтин метта, лазам буьйш.

Х1оранна а – цхьацца лазам,
Х1оранна а – цхьацца кадам,
XIopa нохчо вуоно зий.
Новкъа бевлларш буъсуш новкъахь,
Беш хиллачохь йиси овкъарш.
Г1ала херцарш хилла тий.

Г1ала хир яц кхузахь бохуш,
Адмийн дегнех юнаш йохуш,
Хьийзи кхузахь мостаг1ий:
«Х1инцца хеди цуьнан кхоллам,
«Хьо чекхъели», – х1оттош х1оллам –
Д1аерзае г1ала и».

Мостаг1аша х1уъу бахарх,
«Г1ала хир ю, – эли наха, –
Хаза хуьлуш хьалхачул!»
И хирг хиларх доггах тешаш,
Лайна бала б1аьрхийх лешаш,
Халкъо билли лардан т1улг.

Кхечи къинхетаман т1адам,
Массо метте, г1елбеш лазам:
Т1улге, баце, синтаре.
Т1едилхира, Соьлжа дестош,
Баьццара г1аш мохехь лестош,
Дог1анан хи дарбане.

Баккхийчеран до1а санна,
Нанойн, берийн б1аьрхи санна,
Сирла маьждиг х1оттади.
Эшон махкахь бода, гамо,
Хьуьжарш ехки, калам 1амо,
Стамлуш х1оьтти ислам-дин.

Деле кхойкхуш, Деле дехарш,
Дела хьехош хьийза зикарш,
Муъма нехан до1анаш,
К1айчу мархех дуьйлуш т1ома,
Хьийза г1алин стиглан 1омахь,
Хилла маьрша олхазарш.

Маьждигера г1уьттуш цара,
Ларъйо вонах Соьлжа-Г1ала, -
Мало еш дац олхазарш.
Маьждиг долчу х1уьттуш наха,
Боху, к1орда ца деш баха:
«Х1уммаъ хир дац хьол хаза».

Йолаелла керла зама,
Кхуллуш г1алин керла амат –
Стигла кхийда момсараш.
Яцарх г1ала хьалхалера,
Вайн кхетамехь ма-хиллара,
Ю дегнашна хьомсара.

Кху дуьненахь мел дерг тайна,
Масал хила дезарг вайна,
Г1алин сибат кхуллуш ду.
Европерчу г1ишлойн амал,
Хонкар – мехкан шира амат,
Далийна вайн г1али чу.

Массанхьара басарш гулдеш,
Сов исбаьхьа сибат-сурт деш,
Кхуллу г1алин керла куц.
Хьулдеш вайна гинарш 1аьржа,
Г1алин майданашкахь баьржа.
Зезагийн шатайпа куз.

Юьйг1и беш а иштта хаза:
Шелчу мехкан к1айн дакх, база,
Вайн наж лаьтта ша кура,
Хазйо б1аьста сенчу г1ашa,
К1айн-ц1ен басца зазанаша
Японера сакура.

Дала елла исбаьхьалла
Цхьа а хийра яц вайн г1алахь, -
Дуола дуьне хьошалг1а.
Дог1уш, тхуна дика далахь,
Дендеш дегнаш, бицбеш бала,
Дуола, хилий доттаг1а.

Мостаг1ийн лер дукха хезна,
Хазчу дашах дукха хьегна,
Соьлжа-Г1ала хьоьжуш ю.
Кхузахь, къаьмнийн векалш гуллуш,
Бартан лекха б1оьвнаш юттуш,
Хила хьакъ ю лаьттан юкъ.

Вайнах №10, 2018, электронная версия

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх