17.05.2015

Исраилов Сайхан.

Исраилов Сайхан вина 1975-чу шеран 18 августехь Хьалха-мартан к1оштан Г1ой-чу ц1е йолчу к1отарахь.1992-чу шарахь чекхъяьккхина меттигера ишкол. Стихаш язъян волавелла ишколехь волуш дуьйна. Къоначу поэтан стихаш зорбане йийлина меттигерчу газеташ т1ехь а, журналаш т1ехь а. Дуьххьарлера поэзин гулар – «Дахаран некъаш» – араяьлла 2010 шарахь.
Ша тайпа басаршца къагийна дош карадо Сайханна шен байташкахь. Цо к1ад ца луш хестабо Даймохк, нана, ненан мотт, 1алам… «Вайнах» журналан дебютант ву Исраилов Сайхан.

Замано х1ун боху?

Замано х1ун боху?
И берта ца йог1у?
Зама ю зама,
Яьлларг ша пана.

Дуьнено х1ун боху?
И берта ца дог1у?
Дуьне ду дуьне,
Кеп йолуш шуьне.

Дахаро х1ун боху?
И берта ца дог1у?
Дахар ду дахар,
Цкъа каглуш маха.

Дахар а, зама а
Дуьненах доьзна.
Хийла а 1аьмма,
Шен терза оза.

Кхин царах хесто
Дац ала, дийца.
Хьо шайха къасто уьш
Муьлхха ду кийча.

Ирсе бан ца кхуьуш нах

Кхоьру со ц1еххьана кхетта
Дахаро хадорна тай.
Терго еш ас буса беттан
Стиглара цхьа седа бай.

Кхоьру со ц1еххьана хаьдда,
Кхин ца гуш бузарна малх.
Кхоьру со валарна кхетта,
Ирсе бан ца кхуьуш нах.

Ахь бустахь ойланийн барам,
Лоьху цо г1алатан бехк.
Кхоьру со, ца веш кхин лара,
Болийнчохь бисарна некъ.

Кхоьру со д1аяйча буьйса,
Висарна сайн доцуш де.
Сий доцуш дуьненахь, куьйса
Т1аьхьешна йисарна ц1е.

Сан Ненан мотт

Вайн Даймохк дуьненна хьехош
Сийлаллех юьззина ботт,
Стом боцург шена ца лехьош,
Хиллера сан ненан мотт.

Хьаналчу некъах ца хаьдда,
К1ад ца луш еттарх а йорт.
Эхь, ийман собарца лаьтташ,
Хиллера сан ненан мотт.

Мел бу и малхаца тайна,
Бакъор бу цо д1аьвше х1орд.
Машар бан г1аьттинарг вайна
Хиллера сан ненан мотт.

Къизаллехь цхьаммо ца эшош,
Йохийна хийлачийн чот,
Дуйн метта шен дашах тешош,
Хиллера сан ненан мотт.

Жах1алчо ша кара эцча,
Лахьзатехь кхачадой дош,
Хетало набахте лаьцна,
Цо иза бодане хьош.

Заманна шен куц ца хийца,
Вайн дайша ларбина и.
Мотт мел бу иллешкахь бийца,
Дужур дац нохчочун сий.

Бер санна хазаллех 1ехош,
Ца юьтуш еса хьайн ботт,
Хьо иштта бекалахь бехаш,
Т1аьхьешна сан ненан мотт.

Кхин ца вог1уш берта

Нехан сакхташ лехьош,
Уьш пхьоьханехь хьехош,
Мискачарна эла
Хилла моьттуш лела.

Дижна питан г1атто –
Говза, шуьйра латто.
К1айниг 1аьржа дийцар
Даьржина хьан ц1ийца.

Хеташ 1овдал шортта,
Хьо бу хьекъал корта.
Язъян меттан йоза
Тоьарий техь доза?

Тай ма до цкъа кхача,
Хадабой шен хьаса.
Кхин ца вог1уш берта,
Лаьтта ваха г1ерта.

Сан ойла машаран

Суьйренах къаставеш хенан сахьт кхачарна,
Тийналлехь 1аржделла дисина дуьне.
Дуьненна гуо бохуш сан ойла машаран,
Байташна цхьаъ вуьтуш ладог1а шуьнехь.

Заза долчу ойланехь ша беша ваьлларг,
Бодано 1индаг1 деш, вижина набарна.
Б1аьсте ю цунна теш, юкъал т1ех яьлла,
Сема со латтавеш, кхин дог ца 1абарна.

1уьйренан хан кхачахь г1аттор ву хьаша,
Хьегор ву, т1аьххьара хезна дош луьйцуш.
Стамбелла хьерчина гергарлон маша,
Воккхавеш х1усаман тойнехь и соьцу.

Сайн деган къамелехь тховса-м со веха,
Кханенна дахарна дохкур дац денош.
Сан ирс ду адамца гергарло лехар,
Стом боцчохь хедадеш марг1ала генаш.

Вайнах, №6, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх