Iильмади Цоккуев. Догг1учохь. Стихаш.

Догг1учохь

1еха а делла вай,
Дегнашна маршо лахь х1инца,
Кхул т1аьхьа хир ду лай
Лохачу,
Дорахчу ирсан.

***

Ша цхьамма ца яккхарх б1аьсте,
Ч1ег1ардиго,
Кхоаца дог-ойла хьостий,
Виекхаво цо.

***

Йо1 йоьду, хан кхаьчча,
Ден-ненан кхерч тосий,
Шен маь1на кхочушдан… анна.
Йо1а, шен ирс хеташ,
Юьхьаралаьцна некъ
Раз-пурх ма тедалахь, нана!

Хьомсаршка

Самукъа,
Сан тахна даьлла,
Шун саг1адойла!
мар-мара хьаьвддачохь
голаш а яьжна
вай юхагойла!

 Ши х1усам – цхьа мерза 1азап

Сан безам ахбели тахна,
Кхул т1аьхьа бехар бу ах-ах:
Ши лазам,
Амма цхьа дарба.
Ши кадам,
Амма цхьа тезет.
Ши хаттар,
Цхьа жоьпийн синтем.
Ши декхар,
Цхьа такхам, харжен.
Ши ахкар,
Цхьа дуьхекхачар.
Ши иэг1ар,
Цхьа бертадахкар.
Ши марзуо,
Цхьа д1аьвшах кхерам.
Ши кхайкхар,
Цхьа орцахкхачар.
Ши къахьуо,
Цхьа чомах тиекъам…

Дагардан уьш-м кхин а хир ду;
Тоуьйту,
К1ордаварх ларлуш.

Ала дашна…

Х1уманах х1ума дича х1ума хуьлу. Ткъа ца дича,
х1ума долу х1ума а х1умма доцу х1ума хуьлий дуьсу.
Х1ума долу х1ума х1умма доцчу даккха а,
х1ума доцу х1ума х1уманан дарже даккха а, Дала
пурба ма лойла вайна.

***

Воьлхучуьнга
Йовлакх кховдадай а,
Дикадарах юха ма кхиета.
АДАМ санна, зиерех
Хьуо чекхваларх,
Хьайна мидал йог1уш а ма хиета.

Цхьана бахьанина

Сан метта стихаш ма
Язъехьа, редактор,
Хьайн коч ма юхахьа
Берана сан.
Айхьа ца хаьржинехь
Къахьегна дог дат1ор,
Хийца ма г1ертахьа
Ас тоьхна лан.

Х1унда?..

И ц1ера ваьлча
Юьрт юьрт а йоцуш,
К1ант хилла
Вайн х1ора юьртахь…
«КАВКАЗ ма кавказ яц
Чохь НОХЧИЙ боцург», –
Шолоховс аьлча,
Сталинан коьртах
Иэхьан лаьхьа хьаьрчирий-те?
Миекхийн бустам биегирий-те?
Рожах воьхна хьаьвзирий-те?
Сина к1амдар 1аьткъирий-те?

Ца хиллехь и, –
Х 1 У Н Д А???

Вайнах, №9, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх