Ибрагимова Диана. Гихчу. Стихаш

Гихчу
Хьан исбаьхьа хазалла,
Хьан къонахийн доьналла,
Хьан мехкарийн сийлалла,
Сан юрт –хьо сан дозалла.
Хьан лаьмнийнл екхалла,
Хьан къонахийн доьналла,
Хьан аренан сийналла,
Сан Гихчу – хьо сан дозалла.

***
Ахь дийцина и дешнаш-м,
Лар йоцуш дай.
Кхийти со хир воций,
Хьо даимна сайн.
Вайн хилла и безам,
Човхийна байн.
Цахуьлуш диси вай,
Безаман дай.

***
Иллешкахь вайн дайша  хестийна доттаг1а,

Хестийна майралла, собар а, яхь.
Лекхачу ламанца нисвина къонах,
Сийдарца даздина къонахчун эхь.
Кийрара жима дог безамах дузош,
Мехкаршна дийцина и дешнаш шира,
Г1иллакхца-ларамца,  доггаха сий деш,

Яздина безаман мог1анаш хийла.
Харачу дечиг т1ехь декадеш мерзаш,
Безамца бийцина вайн ненан мотт.
Нохчий шаьш хиларна  дозалла хеташ, Лерина ла дег1на, эккхийна потт!

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх