Iарби Альтемиров. Адамалла.

Дийцар

Шеца къийса ницкъ ца тоьуш, аьхке чекхъяьлла, шен бакъонашца толаме яьллачу гуьйрено маждинера Даймехкан жил-Iалам. Хьаннаш а, лаьмнаш а лаьттара, можа бархат дуьйхича санна, шайн бос хийцина. Адамийн дегнаш токхе деш еънера рогIера гуьйре а. Бахархой, гуьйре хуьйцуш буьрса Iа догIург хилар хууш, сиха хьийзара Iаьнна кечамаш беш.
Гуьйренан рогIера де суьйренга лестина, малх чубуза хьаьдда боьдура. Дийнахь сарралц шайн белхашкахь яа-мала яккхархьама къа а хьегна, гIелделла адам а сиха дара шайн-шайн доьзале, хIусаме кхача, Царех вара шен машенахь Соьлжа-гIала ваханчуьра шайн цIа, Хьалха-Мартан тIе, вогIуш волу Мохьмад а.
Некъ беха хетахь а, машено сиха кхачаво хIокху заманахь стаг дIаса, амма цхьаверг бакъ дуьнене новкъа ваккхар а нисло кест-кеста хуьлуш лаьттачу некъан хьовзамаша, цхьаверг ца такхалун долчу декхаре а вуллу бехк болуш а, бехк боцуш а нислучу белхаша…

Иштта Iалхан-Юьрта кхоччуш воллура Мохьмад, цIеххьана машен ларамаза карара а яьлла, дуьхьал йогIучу машенна тIе кхийтира иза. Машен чIогIа йохийра, чуьра стаг цалазор тамаша а болуш.
«Делахь, ма ца оьшург дар-кха хьо суна, лазий-те ас и, хIун дийр дара-техьа хIинца», – аьлла йиш йоьхна, юьхьIаьржа хIоьттина, сихонца охьаиккхира Мохьмад.
– Хьайн новкъа схьаван ца Iемина хьуна? ХIара бен сан кхин аьтто а бацара, кху тIехь сайн балха лелара со, доьзал а, къена да-нана а кхабархьама, ваьккхи ахь со доллучух а, – бохуш, ша резацахилар хоуьйтура шоферо.
Некъахой сихонца тIегулбелира кхарна. ХIун ду? Мила ду? – бохуш, бала кхочура церан. Уьш накъостий бара бакъонца бехке волчуьнга шен бехк тIелацийта.
– Делахь, сан ваша, со хьуна хьалха чIогIа юьхьIаьржа а ма ву, сан лаамца нисделла хIума а дац хIара, хьуна хIара некъан хьовзам ца хилийта, сайна дукха зен хуьлуьйтура ма дара ас. Дукха вохий ма хьовзахьа, коьртаниг вай ца лазош, вер-ваккхар доцуш, кхунах довлар хета суна, кхидерг вайга нислун долу хIума ду, – аьлла, эсала къамел долийра Мохьмада, хиллачу хьовзамехь шен бехк хилар а чIагIдеш.

– Хьо мичара ву хьо? ЦIе муха ю хьан! – хаьттира Ханпаша.
– Со Хьалха-МартантIера пешхойн юккъера Мохьмад ву.
– Делахь ца хаьа суна-м, нахана тIехIуьттучаьрга хьаьжча, хIара-м даккхийчарах дац, делахь а со хьал-бахам совбаьлла лелаш стаг вац. ХIара машена сан балха дIаса лела ца хилча йиш йоцу некъан накъост яра, хIинца вели-кх со кхунах. Ца хаьа суна-м хьоьга хIун эр ду а, – аьлла, йиш йоьхна, шен къамел хадийра Ханпаша.
Нах кхеран хуьлучу барте ладоьгIуш лаьттара. Церан юкъагIортар оьшуш меттиг яцара кхузахь. ХIара шиъ дика кхетам болуш, нохчийн къомехь хила догIу эхь-бехк долуш кIентий хиларна.
– Вай бусулба нах ду, оьзда нохчийн къоман кIентий а ду. Суна хаьа дан дезарг. Ханпаш, хьайна оцу йохийнчу дуьхьал кхин машен ас эцча муха хетара дара хьуна? Со-м хьаха вац, хьан дог а дохийна, сайн хIусаме кхача бакъо йолуш. Нагахь, хьан цхьа безам болуш, оьцур яр-кх аьлла тидаме эцна машен елахь схьаала. Яцахь – базарахь хьаьвсина, ахь боххург оьцур ю, цу тIехь хьайн хIусаме, дений-нанний хьалха вохуьйтур ву-кх хьо, нагахь реза велахь, – вуьззинчу яхьйолчу кIентан къамелаца дог ийцира Мохьмада Ханпашин.

Цхьана ханна, вист а ца хилалуш, хуьлуш лаьттачух ца кхеташ санна, тийна лаьттира Ханпаша, гонаха дIаса а хьоьжуш. Машенашкара охьабиссина, гулбелла лаьтта нах а бара и тайпа оьзда къамел дечу кIантах бIаьрг буьзна, Ханпашин жоп хазаре сатуьйсуш. ТIаьххье а, шен дагара къайленаш йовзийтира цо.
– Делахь, Мохьмад, хилларг хилла даьлла, ас муха оьцуьйтур ю хьоьга сайна машена. Ца оьшу хIумма а. Далла хастам бу, кхин вер-ваккхар доцуш, хIара дирзина. Вало дIагIо. Тоха гIерташ ма ца тоьхна ахь. Кхин ма дийца. Цу тIехь барт хилийта вайшиннан!
– Цунах гIуллакх хир дац. Бовзийта суна а, кху гулбеллачарна а хьан деган лаам, – аьлла, Мохьмада ша ца витича, Ханпаша жоп делира:
– Суна эца лууш цхьа машен ю тхан луларчу Iимранан. Цуьнан мах бIе эзар сом бу цо хIоттийна. И эца сайн аьтто цахиларна, цуьнга хьежа а хьежна, йитинера ас иза. Хьо реза велахь, цуьнга хьовсур ду вай, – аьлла шен лаам хазийтира Ханпашас.
Цу тIехь кхеран барт сецна, нахана шайгара адамалла гойтуш, Ханпаш вехачу Соьлжа-ГIала ваха новкъа велира хIара шиъ, гIеххьа йохийначу Мохьмадан машенахь. Нах а шайн-шайн гIуллакхашка дIаса бахара, кхин Iедале а ца делира и гIуллакх.
Новкъа шаьш дIадоьлхуш Мохьмада шен дагара ца хоуьйтура Ханпашина, делахь а цхьа ойла йора: «Оцу машенан бIе эзар сом мах хадийна а ма боху хIокхо, соьгахь, аьхка нехан цIенош дуттуш болх бина даьккхина, тахана схьаэцна долу хIара доьвзткъа итт эзар сом бен а ма дац, оцу мехах цо и схьаелча гIуллакх а хир ма дара суна, схьа ца лахь ахча эцна юха ван везар ву-кх со», – бохуш.

ДIакхечира хIорш Соьлжа-ГIала Iимран вехачу хIусаме. Кех чоьхьа бевлча, кхарна гира рагIу кIелахь лаьтта машен. Iимране мохь туьйхира Ханпашас. Араваьллачу Iимранна гира уьйтIахь машене бIаьрг бетташ лаьтта ши стаг. Iимранах бIаьрг кхетташехь:
– Ассаламу Iалайкум, Iимран! Хьеший оьций ахь? – аьлла вистхилира Ханпаш.
– Ва Iалайкум салам! Марша догIийла шу! Шу хIунда лаьтта арахь! Схьадуьйло, чугIур ду вай, – хьешашка маршалла хаьттира Iимрана.
– Тхо чудаьхкина Iийр дац. ХIокху ахь юхкучу машене хьовса даьхкинера тхо. ГIеххьачу мехах ахь елча эца а лаьара тхуна хIара, кхунна тIехь ойла сецна, цхьа дагна а езаеллера суна хIара. Алахьа, йохкар-эцар тIедаьлча стенах йохка аьтто хир бу хIара, – олуш, къамел дерзийра Ханпаша.
– Делахь, шу суна дуй тоьлуш а ца дохку, оцу бIе эзар соьмана тIера охьа ца волуш, масийтта а мах ца беш, дIавахар ма нисделла сан. ХIинца а кхин тайпа мах бан аьтто болуш а ма вац. Делахь а, шу суна тIедаьхкина хьеший ду, шун юьхь яр а сан декхар ду. Вайн дайн олуш ду-кх: «Оьцуш цаяьккхинарг, юхкуш а ца яккхаелла». Цундела аш шайн лаам а бовзийта ма лаьара суна-м. Ас сайн аьтто берг шуьга дийцина, – олуш, хьешашка дош делира Iимрана.
Мохьмада ма-дарра дийцира шайна новкъахь хиллачу хьовзамах а, шаьш беанчу некъах а лаьцна. Iимрана, цецваьлла, леррина ладоьгIура цуьнан къамеле.

– Iимран, со Ханпашина хIара машен эца веъна хьоьгара. Нисделларг сан бехк болуш, машен галъяларна хилла хIума ду. Кхуьнан машенан цхьайолу «меженаш» бен дийна йисна хIума яц. ХIара шена хьанал къахьоьгуш, доьзал, да-нана кхобуш миска стаг ву, схьагарехь. Машенахь бен ас хIара дений-нанний хьалха вохуьйтур вац. Церан дог дохор, дуьне дохор санна хIума ду. Айхьа тIаьххьара и машен юхкур йолу мах мел бу алахьа соьга!

Iимран Ханпаше а, Мохьмаде а хьоьжуш, цхьа а дош ца олуш, вехха лаьттира. Цуьнан коьрте ойла хьийзара: «Ма чIогIа адамалла йолуш стаг ву хIара. Делан некъахь, хьанал, иштта бусулба стаг хилар ма доккха совгIат ду-кх. Хьаъ-хьаъа дийр долуш хIума дац машен юха эцар. Мохьмадехь йолчу адмаллица йохье ваьлла, ас адамаллин кхин а лакхара муьлха агIо гойтур яра-техьа, – бохуш, луьстура цо шен коьртера ойланаш…
–Мохьмад, хьо Ханпашина айхьа йохийначу машенна дуьхьал соьгара и мелланах эца лууш ву? Айхьа лун болу мах алал соьга.

– Iимран, ас доьвзткъа итт эзар соьмах ахь йоьхкича и машен оьцур яра-кх хьоьгара.
– Схьалол хьайн куьг. Мах байтал вайшинга.
Мохьмада Iимране куьйг дIакховдийра.
– БисмиллахIиррохьманиррохьими! Вай бусулба нах ду. Делан дуьхьа диканиш дарехь совдовла дезаш а ду. Хьо вуьззина бусулба нохчийн кIант ву. Хьо Делан некъахь, къоман оьздангаллин некъахь хьанал стаг ву. Ахь гайти хьайн стогалла, оьздангалла, дайх йисна къонахийн амалш а. Сан бакъо яц хьол эша. Вайн дегнаш догу йохьах… Ахь суна девзткъе итт эзар сом ло оцу машинах. Цхьаъ воьлуш, важа воьлхуш хила ца беза бусулбанаш. Дика а, вуон а вовшашца доькъуш хила деза. Ас Делан дуьхьа, ахь сел хаза хIоттийначу гIиллакхана дакъа лоцу хьоьца. ДIалацал машенан догIанаш. Схьадагарде кхузткъа эзар сом ахча. Ткъе итт эзар сом ас ахь бохучул а тIера дIадаьккхи хьуна. Реза вуй хьо оцу механа, Мохьмад?
Ханпаш цецваьлла, Iимране, Мохьмаде хьежа велира. Мохьмад а виснера цкъа ша хIун эр ду ца хууш.

– Iимран, оццул хьуна эшам беш мах бан ца веъна со. Ахь цхьа итт эзар сом тIера даьккхича а суна доккха гIо-накъосталла хуьлу цунах. И тайпа хьан мах бохор бац ас, – олуш, Мохьмад вистхила воьлча, Iимрана догIанаш цуьнан кера а луш, гIоза лелайойла хьан машен, Ханпаша. Мохьмад, хьан и Дала сагIа а йойла. ТIейогIучу заманахь зенах-зуламах а лардойла вай Дала. Дика ду-кх адамалла вайн къомехь хилар. ХIинца вай чудахна, чай а мелла, шу шинна хьошалла дийр ду, – олуш, къамел дерзийра Iимрана.
Ханпашина бIаьргех хи делира и тайпа гIиллакх шен лулахочо хIоттийча. Амма ша хIун эр ду а, я хIун дан деза а ца хууш виснера иза.
– Iимран, ас динарг даккхийчех дац. Со тахана хIара дан декхарийлахь вара. ХIокху Ханпашина хьалха со хатIа хиларна, сайн бехканна кхунна некъан хьовзам баларна. Со хьо вевзаш а, я хьуна со вевзаш а ца веънера хьан хIусаме. Ахь динарг ду даккхийчех. Дела реза хуьлда хьуна! Ахьа суна лаьцначу гIо-накъосталлина Дала Шен къинхетамца бекхам бойла хьуна, – аьлла, Мохьмада Iимранна баркалла аларца, цуьнан Iодика йира.
ДIасакъаьстира Ханпаший, Мохьмаддий а. Ханпаш шен керлачу машена а хиъна, Мохьмадана хьалха, гIеххьачул юьхьIаьржа а волуш, дагахь доцчу агIор кераеъначу «говрахь» шен дений-нанний тIекхача сихонца шайн хIусаме боьдучу новкъа велира.

Амма цхьа барт хилира цу шиннан, ларамаза тасаделла доттагIалла даиманна а лело… Цу тIехь схьавогIу и шиъ тахана а.
Шен бехканна хиллачу хьовзамехь Ханпашин йохийна машен Мохьмада юхаэцнера аьлла, цуьнан хIумма а ца къеделла. Дала шена деллачу рицкъаца хьанал веха иза, хьаналчу некъехь доьзал а кхиабо. Хаьа цунна, Делан дуьхьа дина диканиш кху дуьненахь а, бакъ дуьненахь а Дала шалхонца бекхам беш, адамашна юхадерзош дуйла.

Вайнах, №12, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх