Гочдар

Думбадзе Нодар. Ц1ий

Дийцар Сараг т1е оьхкина ч1еран к1орнеш а йолуш волу жима к1ант, шен баьшна корта а оллийна поп к1ел лаьттара, шен г1айг1анечу б1аьргашца хоттах буьзначу шен берзинчу когашка б1аьрг бетташ, ойла а еш: «Ма ч1ог1а тера ву-кх х1ара воккхастаг сан дех! Къоьжа корта… 1аьржа ц1оцкъамаш… Шуьйра мара… Хаза баьргаш… Аз а ду лоха, тамехь… Б1аьргаш д1ахьабдича… сан да ву аьлла, хета ... Читать далее »

Казбеги Александр. Циция

Повесть Чаккхе. Юьхь еша №№ 11-12 (2015) – 5-6 т1ехь. XVII Сатоссушехь Бежияс, шовдан т1е а вахана, чов леррина йилира, юха а дума а хьаькхна йолу к1омалан горгам йиллира цо чевнна т1е, хьу ца йолийта йистошна т1е туй тухуш гla-буц т1е а юьллуш д1айихкира цо иза. Дукха ц1ий эхаро ламанхо дикка г1елвинера, цуьнан ч1ог1а зоьртала долчу дег1ана г1еххьа мацалла хааелира. ... Читать далее »

Казбеги Александр. Циция

Повесть Т1аьхье. Юьхь еша №№11-12 (2015), 1-2, 3-4. XIV Дерриге а х1окху сохьта дика д1адоьдуш дара. Кхунний, г1алг1азкхашний юккъера меттиг яхлуш яра. Луьйтана чуьра ког схьабаккха ца кхиавеллачу беречун ког шена к1ел а бохуьйтуш, ц1еххьана arlop охьаюьйжира говр. Читать далее »

Казбеги Александр. Циция

Повесть Т1аьхье. Юьхь еша №11–12 (2015), 1–2. XIII Ах сахьт хан елира. Са метта деана парг1атдаьлла Цицияй, Солтий вовшашца хабаре делира, шен дуй биана волчу вешех х1умма а ца лачкъийра йо1а. Цо цунна дийцира шена везавелла к1ант къен хилар, цундела ша дас цуьнга яла дуьхьало яр, шена т1ехьийза к1ант ша ядо кечлуш хилла хилар, шаьшшиъ дуьненахь мел деха вовшийн деза ... Читать далее »

Казбеги Александр. Циция

Повесть Чаккхе. Юьхь еша №11-12. VIII Корг1акъа х1ума йиъна велира. Бухайиснарш схьа а лахьийна, таьллаш ги тесира Бежияс. – Х1инца ц1а г1yp ву со! – олуш, хьалаг1аьттира Корг1акъа. – Ас доьху хьоьга, Бежия, жега дика хьажар, йовхоно цунна ницкъ цабийрриг… Кест-кестта лийчаделахь уьстаг1ий, г1ум дег1ах ца йолийтархьама, иза ца дича уьстаг1ий аз а ло, т1арг1а боьха а, туьлуш а хуьлу. ... Читать далее »

Вверх