Проза

Айдамиров Абузар. КIант веллачу дийнахь

Abuzar2

Дийцар ХIун дийр дара-те адамаша, кхана шайх хиндерг хиъча? И ца хаарна, шаьш абаде кхаччалц дехар долуш санна, гуттар тIаьхьало лоьхуш, детталуш, хьаьлхина лела-кх. Иттех де дац-кх тIехь мархин Iаьцик йоцуш санна, дог аьлча а, хIара къена жIормак, паргIат еттаелла. Иттех де хьалха ду-кх ножан хьокхий тухуш, пхонан серашца кхолха берд хьош, кож тухуш, ас хIара керт йина. ХIара йина ... Читать далее »

Арсанукаев Муса. Лийр доцу доьналла

Дийцар БIаьсте тIеян дукха хан ца йисинера. Цуьнан аьхна хIо хаалора самадала гIерташ долчу Iаламехь. Ло дешна дIадаьллера. Ур-атталла малх ца кхетачу, цIеношший, дитташший хьулйинчу меттигашкахь а ца гора цуьнан цхьа Iаьциг а. Денош дахделла доьлхура. Маьлхан йовхо а де-дийне мел долу алсамйолуш яра. Амма Iаламах а, адамах а дIакъаста ца луучу Iаьно наггахь шен аьрха амал гойтура, цIеххьана ло ... Читать далее »

Бексултанов Муса. Кехат

Дийцар Цу аьхка, со итталгIачу классе хьалаваьллачу I97I-чу шеран аьхка – сан ялхийтта шо дара хIетахь, – июнь беттан цхьана буьйсана, тхайн классерчу зудаберашна нехан кертара черешнеш а лечкъийна, тхо дIасакъаьсташ, цхьа мерза хьиэгIам буьсура тхоьца, дуьххьара санна, хIорраза а, цхьа хIун ю ца хуу гIайгIа, цхьана ирсе-м сатийсар, тахна-тховса хила дезачу, гуш санна хеташ, хезаш санна, хIара ю ала ... Читать далее »

Роза Орстхо. Наши биографии в эпизодах

Документальная повесть Окончание. Начало в №11-12 (2016), 1-2 (2017). Предчувствие Как в предчувствии надвигающейся беды у человека замирает сердце, замер осенний Грозный 26 ноября 1994 года. Ощущение, что огромный живой организм, затаившись, пригнув голову, прикрыв ее руками, всем телом втискивается в по-осеннему стылую землю, защищаясь от неминуемого смертельного удара. Читать далее »

Пшавела Важа и другие…

ПохIмалла долу яздархо ДIаволалушшехь дешархочуьнга дIахьедан лаьа: «яздархо» бохучу дашна аса цхьаьнаметта юкъавалаво поэт а, беллетрист а, драматург а. Муьлханиг лара веза похIмалла долу яздархо? Муха ю бакъдолчу похIмаллин билгалонаш? Уггар хьалха яздархочун шен мотт хила беза, хIунда аьлча, мотт цуьнан юьхь йолу дела. Кхин а тIетоьхна аьлча, мотт – яздархочун са ду, цунна чохь къайлаяьлла, дIатебна Iа яздархочун шен ... Читать далее »

Бексултанов Муса. Ас собар дийр ду

Дийцар – Зудабераш!– т1ох-т1ох-т1ох! – со не1 туоха ца кхуьура: – Дац бепиг! – комната чуьра шийла мохь сан лере кхочуш. Массехазза хуьлура иштта оцу цхьана буса: – Маса сахьт даьлла хаьий хьуна!? Сахьт доллуш доллу хьуна буьйсана! – барт бича санна, массара а, буьйсана даьлла сахьт а дуьйцуш. Ч1аг1онаш мел йинера х1оразза а, х1ора буса еш, кхана-м, Дала мукълахь, ... Читать далее »

Макалов Шамсуддин. Воккха стаг Егор

(Казахстан дагалоцуш) Дийцар Даймахках а баьхна, Казахстане бохийна бара нохчий. Комендантера бакъо йоцуш к1ошта базара бахан а яцара йиш. Лецна нах санна бара. Цигахь, уллора г1ала* бийначу сех, Даймахке сатуьйсуш г1ерг1ара нохчийн синош. Ша тайпа жоьжахате хетара царна иза, шайн синош зен кхоьллина. Ян а яра иза вайнахана буьрса жоьжахате а, къаьха зама а. Цу хийрачу махках дог ца леташ, ... Читать далее »

Роза Орстхо. Наши биографии в эпизодах

Орстхо

Документальная повесть Продолжение. Начало в №11-12 (2016) Жульбарс Всю ночь свирепствовал буран, яростно занося сугробами приземистые домишки и землянки. А наутро − снежной стихии как не бывало. Под ярким солнцем, вышибая слезы, заискрился стерильно-белый снег. В высоченных сугробах утонули домишки, сараи, курятники, собачьи конурки. Читать далее »

Сулиман Мусаев. Вся жизнь в труде

Очерк В предрассветной мгле прозвучал мелодичный голос муэдзина, призывающий правоверных к утренней молитве. По выработавшейся за долгие годы привычке Мовли к этому времени был уже на ногах. Заглянул в сарай, затем в небольшой летний загон для овец. Проверив, все ли в порядке, он прошел под навес и не спеша совершил омовение. В доме захлопали двери, начали просыпаться домочадцы. После намаза ... Читать далее »

Вверх