День чеченского языка

Ахмадов Муса. Нохчийн гIиллакх-оьздангалла

ДIадолор БисмиллахIиррохьманиррохьийм. Массо а дуьненчохь долчу хIуманан бух а, цуьнан боккъал долу маьIна а ду «ЛаилахIа иллАллахI МухьаммадаррасулуллахI» боху дешнаш. Иза АллахI воцург кхин Дела цахилар а, Мухьаммад Делера салам-маршалла хуьлда цунна бакъ пайхамар, Дала бакъ дин кхайкхо ваийтина элча хилар а чIагIдар ду. Цундела стеган я халкъан оьздангалла йоьзна ю, и бакъдерг цара мел къобалдо бохучуьнца. Читать далее »

Окаров Iийса. Хилларг-лайнарг диц ма лойла. Дийцар.

Маржа 23 февраль я1! Дала декъала дойла хьо терахь, Везачу Дала кхин вайнехан къомана ма гойтийла иштта дуьненан къемат. Къам дакъаза даккхар, лаххьийна, цхьана дийнахь, тухуш-1уттуш дийнна халкъ шийлачу 1ай махках даккхар, т1ехь-керахь долучул сов шен бахамах кхин х1ума схьаэца йиш йоцуш… Читать далее »

Яхъяев Хьасамби. Дийцарш.

Яхъяев222

ДIа ма гIолахь, Даба!.. Дийцар Тов тевнах хьаьрчинера. Гоьл тIе хьаькхна шаптал санна, къегинчу малхехь хьакхаделла гора диттан гIа. Хьал ца девзарг кхуьур вацара, амма аьхналле сатесна, садаьхьна дацара адам. Адаман хатI доьжнера, синтем лехна. Синтем лахар бехке дац, диллина ду и лахар, шена лехна ца Iаш, ницкъ кхочучохь, шена санна, гона а. Читать далее »

Окаров Iийса. Кино.

Дийцар Дуьххьара кхунна гина кино гуттар а йисира иэсехь. Кинон цхьа жима кийсиг яра иза… Цхьана хенахь къен-мерза хилла кино, х1инца, кхунах воккха стаг хилча – «1ана яханера», ерриг чукаро а, т1екаро а шайна чуоьзнера оцу «кинох» схьаевллачу «видео», «компьютер», «интернет», кхин а, кхин а д1а ц1ераш йолчу, т1аьхьарчу заманан «ни1маташа». Воккхачу стеган ойла дукхахьолахь «юха хьоьжуш яра», дерриг сирла, ... Читать далее »

Вверх