Хазалла кхуллург безам бу

112212Г1ан

ГIенах хьо сийсара дуьхьала тийсира,
Сирла сахиллалц хьистира ахь со,
Самах хьегна безам гIенах ас ийцира,
Дуьххьара санна, езара хьо.

Там хилла, дог сайн тIемаш
тIехь техкаш,
Сайн хьаьъна безам ас балхийра,
Ахь, тоххар санна, сох дIа ца къехкаш,
Везарца эсал со хьистира.

Йоьлура хьо суна, воьлура со хьуна –
Деларца декара безаман ирс…
Сама хIунда велира, хаац-кха суна,
Iуьйренца хадош безаман ирс…

Дог, карзахдаьлла, безаман шовкъахь
Хьо йолчу гIерта, ца сецалуш…
ГIуо вайша бертахь дахаран новкъахь,
Ваьшшиннен дегнаш махкана луш!

Ялахьа орцаха

Бузучу малхаца дарин бос эцна,
Малхбузе йогийца, стиглах цIе яьлла,
Оьздачу безамца даг чу нур хецна,
Хьан амат догийца – малхах схьадаьлла!

Маьлхан хIоз чукерчи, буьйса тIейоьхуш, –
Дуьненна тIехаьрци стигланан бога…
Эзарне седаршка гIo эрна доьхуш,
Дог, хьоьга сатуьйсуш, цIе яьлла, догу.

Кхоьллина хилла со цу цIергахь валла,
Хьан амат сайн даг чохь, сайн сих суо валлалц.
Ткъа тарлац цу цIарах со хьалхавала,
Сан дегIан мерза цIе хьан дегIах яллалц.

Мичча со водахь а, хьо лоьху бIаьрца,
Хьох терниг яйча а, дагна там кхочуш,
Ларамза соьцу со хьо евзачаьрца,
Хьо цара хьахоре къайлах догдохуш.

Лоьхуш, со дIасхьежарх, гIo дан стаг воцуш,
Безаман цIаро со меллаша морцу…
И цIе ю хьоьга бен яйалур йоцуш –
Сихлохьа, ницкъ кхочург, ялахьа орцах!

Ц1ен зезагаш

Зезагаш, зезагаш!
ЦIен басахь сегалаш,
Бай цIарал къагош!
Цу маьлхан зIаьнаршлахь
Шу лепа бецашлахь,
Сан бIаьрса дагош!

Зезагаш, зезагаш!
ХIун боху теша аш
БIаьстенан дийнахь?..
Гой техьа дуьненна
ХьалагIерташ шуьцанна
Сан безам кийрахь?

Д1асакъастар

Лаьмнашна юкъахула
Цу некъан бохалла
Хьо яха, петоьхна суна.
Йоьдучу шен нанна
ТIаьхьауьду бер санна,
Сан безам тIаьхьауьду хьуна.

Денош дIаоьхур ду,
Кхузахь со вуьсур ву,
Сатуьйсуш хьо гape сайна.
Собарца са къуьйлуш,
Къастаран стим муьйлуш,
Со Iийр ву, бIаьсте а яйна.

Хазалла кхуллург безам бу

БIаьргашца лехнарг хаза яц,
Шен даго иза лехна яцахь:
Хазалла кхуллург бIаьргаш бац,
Дог дагош бахна безам бацахь.

Муьлхха а безам мерза бац,
Вайн кийрахь бехха IаьIна боцург:
Безаман ирсе кхочур вац
Безаман бала лайна воцург!

Башлаьмнаш херццол ницкъ баийта,
Дуьнене даим заздаккхийта –
И безам кхоьллинарг дог ду,
Хазалла кхуллург безам бу.

Ойла

Гуьйренан дийнал а кхоьлина ю
ГIайгIано гатйина сан меца ойла.
Хьаьнга ас дIаохьа сайн деган хьу?
Юй техьа тIетовжа тешаме гIовла?

Сайн нене дийца те, тешаме и
Хиларна дуьнен чохь массо а ханна?
Амма, сох дог лозуш, гIo доцуш кхин,
Марханах йоьлхур ю со вина нана.

Йишега дийца те? – И хьанал ю,
Сан бала дIаэца кийча а хета.
Делахь а зезаган хIун кхетам бу
ГIергIачу Органо далхочух кхета?

Вешега дийца ас? – И къонах ву –
By деган доттагIа, Iаламо велла.
Ткъа муха вешега ас дуьйцур ду:
Махна нуьйр тиллина, и геннахь лела!

Дега ас ялхор яра ойланийн чалх, –
Кхеташ а, онда а дагца ву аьлла.
Буьйсанца седарша баьхьна и малх, –
ХIорда чохь суй санна, и вайна ваьлла!

Цул тоьлу дийцар и доттагIашка:
Сан гIайгIа дIаоьцуш, уьш бевр бу орцах!..
Ткъа буй те доттагIий курчу ножан,
РегIахь ша лаьттачу, тийсалуш дорцах?!

ХIан-хIан, ма теIалахь кийрара дог,
Дагавала аддам а дисна дац алий…
Цо гIоза боккхийла кхечуьнца ког,
Ехийла цуьнца и, ца бевзаш бала!..

Дагалецар

Цу батто буьйсанна, стигланийн ога
Цоьстуш, шен нахарца мархаш ма охура…
Безаман алуно ягийна чIогIа,
Боданехь сан цIе ахь юх-юха йохура.

Тахна а хьан оза сан лерехь дека, –
Хетийца хIинца а ахь кхойкхуш соьга,
Кхин гуш а, хьан амат бIаьра хьалха лепа,
Мотт луьйш а кхечуьнга,дог луьй сан хьоьга!

Малх а го тахана бIе нур латийна,
И лепа, цIаьххьана эзарза совбаьлла:
И лепарг сан ирс ду, малхаца ийна,
Кийра ца тарделла, цу стигла даьлла!

Юха гар

Юха а гин суна хьо, доттагIа тайна,
Юха а бIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна,
Кхин гур яц моьттина хьо сайна яйна,
Хьоьга, дог ца Iебаш, со хьоьжу тийна.

Сирлачу цу батте суо хьоьжуш санна,
Вехха со хьежало, са тедеш, хьоьга:
Дарбане синтем луш эшначу дагна,
Хьан бIаьргаш баттал а эсала богу.

Хьо гучуяларца са малха долу,
Мел дайнарг дагдогIу, мел лайнарг дицло.
Кхоьлина лаьттина бIаьрг серлаболу,
Кхайкхаза тIейогIу гIайгIа а йицло.

Ма-луъу йоьгIна хан ас хилча йоккхуш,
Iийр вара валлалца со хьоьга хьоьжуш,
Хьуна тIе боьгIна бIаьрг тIера ца боккхуш,
Дуьненан маьIна хьан бIаьргаш чохь лоьхуш!

Цхьаьнгге цадийцинарг дуьйцур ду вай
Мархе я зезаге, мохе я хIорде!
Дуьнен чохь бакъ ойуш иллешца вайн,
Кхочур ду, кхочур ду дахаран кIорге!

Йицлац

I.

Суна йицлац хьо!
Бай тIехь зезаг дайча,
Стиглахь седа байча,
БIаьсте меттахъхьайча,
Суна йицлац хьо!

2.

Суна йицлац хьо!
Вижна Iуьллуш, гIенах,
Де тийначу хенахь,
Лелаш а суо генахь,
Суна йицлац хьо!

3.

Суна йицлац хьо!
Доьшуш Iилман жайна,
Вас хилча а сайна,
Сакъоьруш а тайна, –
Суна йицлац хьо!

Мел хаза йина хьо!

Мел тайна йина хьо,
Мел хаза йина хьо!
Кхоьллинарг мила ву,
Сел говза ша хилла?

ХьаргIанан тIам санна,
Бос Iаьржа лепа и
ЧIабанаш хьарчийнарг–
Буьйса ю, бохийца.

КIайн дарин духаршца
Хьо йогIуш ва яйча, –
Хьуна тIе теснараш
Мархаш ю, бохийца.

Адаман ког ловзаза,
Аьрзун тIам ластаза
Долчу башлаьмнийн ло
Хьан юьхь тIехь лепийца.

Буьйсанан стиглара
Охьабоьжна ши седа,
БIаьргаш чу хьан боьжна,
Схьакъеда, бохийца.

Бухь лекха акхтаргаш,
Хьо йогIу ва яйча,
Вовшашка кхаъ бохуш,
ДIастехка, бохийца.

И зевне олхазарш,
Хьан оза ва хезча,
ЦIаьххьана, гIар йойий,
ДIатуьй, ма бохийца.

Гуьлмаьндин тIам ловзош,
Хьо дуьхьал ва кхетча,
Хьоьга дIахьаьвсинчохь
Нах буьсу, бохийца.

Мел тайна йина хьо!
Мел хаза йина хьо!
Хьо йинарг мила ву,
Сел говза ша хилла?

Хьо ю, ма бохийца,
Iаламо, адамашна
Гайта шен говзалла,
Кхоьллина хазалла!

Уггаре а хаза зезаг

Дийхира ахь, лаха, аьлла,
Уггаре а хаза зезаг.
Угтаре а хаза зезаг
Лийхира ас, ара ваьлла.

Мел лехарх а, ца карийра
Уггаре а хаза зезаг…
Уггаре а хаза зезгаг
Ца карийча, дог дегийра.

Амма, юха хьо ма-гиннехь,
Схьакарийра хаза зезаг:
Уггаре а хаза зезаг
Хьо ду, хьо ду кху дуьненахь!

Хууш ма вац со хьо йоцург
Уггаре а хаза зезаг!
Хьоьга кховдо дац кхин зезаг,
Даг чуьра сан безам боцург!

Сулаев Мохьмад

Вайнах, №4, 2012.

Г1ан ГIенах хьо сийсара дуьхьала тийсира, Сирла сахиллалц хьистира ахь со, Самах хьегна безам гIенах ас ийцира, Дуьххьара санна, езара хьо. Там хилла, дог сайн тIемаш тIехь техкаш, Сайн хьаьъна безам ас балхийра, Ахь, тоххар санна, сох дIа ца къехкаш, Везарца эсал со хьистира. Йоьлура хьо суна, воьлура со хьуна – Деларца декара безаман ирс… …

Рейтинг

Рейтинг: 4.8 ( 1 голоса)
0

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх