Хасбулаев Салман. Майра нохчийн йоI

Ден дийцар

Дайн гIиллакхаш а, нохчийн халкъан адамалла а лардеш, шен халкъана дахар дIадала а кийча волуш, цуьнан ирсехьа, кIад ца луш, къахьоьгуш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна даггара лору ас хIара дийцар.

Долор

Иза дара 1974-чу шеран май бутт чекхболуш. Сан дай, сой Нохчийчу –ЧIеберлойн лаьмнашка – Буни цIе йолчу юьртара цхьа Iу волчу тхайн уьстагIий дIалаьхкина воьдура. И Iу цу юьртана уллорчу Исундой-КIотарахь вехачу шен хьашас Асхьаба кхайкхина вигинера цига. Нохч-Келарчу Бошханш цІе йолчу юьртана гена йоцуш, цхьана басахь лаьттачу ширачу лекхачу шина тІулгана уллехь дукха нохчий гулбеллера. Уьш, тхо санна, жаІуьне шайн уьстагІий дІадала баьхкинера.

Яьлла лаьтташ бІаьсте яра. Лакха тІера чухьаьжча, куьйган кераюккъехь санна, схьагора массо а тайпана зезагаша кхелина, баьццару кузах тера йолу лаьмнийн басеш. ЧІеберлойн акъари цуьнан альпийски бай-латтанашца ерриге а Нохчийчохь уггаре а хазачу меттигех цхьаъ ю. Цуьнга хьежаро дагна там бора. Кхузахь хаддаза шайн эшарш лоькхучу олхазарша самукъадоккхура. Царна юкъахь къаьсттана билгалдаьлларг нІаьвла дара. Кхузахь лаьттачу нахана тІехула а хьийзаш, шен исбаьхьа мукъамаш царна бовзуьйтура цо.
Гонахарчу Іаламо шен хазаллица даг тІехь хаза синхьаамаш гІитторца дахарх воккхавер дахьахь а, яссаелла, къух а даьлла лаьтта гонахара ярташ гича, самукъадалар довра, кийра Іовжабора сингаттамо.

Нийсса ткъе итт шо хьалха кхузахь, кхузткъе итт йоккхачу а, жимачу а юьртахь а, дуккха а йолчу кІотаршкахь а, дІасадаьржина долу хи санна, дара 15 эзар нохчийчун-ламарочун дахар. Амма 1944-чу шарахь Сталина диначу таIзаро хадийра и ирс – нохчийн халкъ бертаза Юккъерачу Азе хьажийра. Церан яртех харцораш хилира, ткъа хIара акъари ламанан мох шена тIехула паргIат хьийзаш болу акха мохк а хилла дIахIоьттира.
Ткъа хIинца нохчий цIа бирзинчул тIаьхьа жим-жимма меттахIоттор дIадоладелира, паргIато а, къинхьегам а безаш,церан доьналлах а, нийсоезарх а долу хабар дукха хенахь дуьйна ерриге а Кавказехула даьржина а долуш, бIешерашкахь шайн дай баьхначу меттигашкахь нохчийн ламаройн дахар карладелира.

НIаьвла, тIеттIа лакхаюьйлуш, хаддаза шен эшар лоькхуш яра, ЧIеберлойн хIара исбаьхьа лаьмнаш набарна дийшо гIерташ санна. ЦIеххьана мичара дели ца хууш тIекхеттачу куьйрано дIадаьхьира и декъаза олхазар, шен мIараш юккъе а лаьцна.
Нуьцкъалчара гуттар а гIийланаш хIаллак ма бо!..
Шен хьаша Асхьаб волчохь хьевелла да тIулгашна юххехь гулбеллачу нахана тIевеара.ТIевоггIушехь салам а делла,цхьаьнгге а ца хьожуш, лекхачу тIулгашна тIе а вахана, ши куьг хьала а лаьцна, доIа дан хIоьттира иза.
– Хасбула, хIокху дозанан тIулгашна хьалха доIа деш ма ву хьо-м? – элира цуьнга оцу тIулгех дерг ца хуучу цхьана къоначу нохчийчо.

Уллехь лаьтта нах белабелира.
– Кхузахь беламе а, вела бахьана долуш а хIумма а дац, – элира цаьрга Хасбулас. – ХIара доIа дина валийта со, тIаккха ас дуьйцур ду шуна, беллачарна тIера доIа айса хIунда дина…

1

Иза дара 1944-чу шеран март бутт болалучу хенахь. Малх бузучу хенахь Соьлжа-ГIаларчу цIерпоштнекъан вокзалехь цIерпошт сецира. Лоьмо санна, фашисташна дуьхьал тIом а бина, лоьрийн комиссино бинчу сацамца, аьрру куьйгана йина хала чов бахьана долуш, эскаран гIуллакхах паргIатваьккхина, цIа вогIуш вара Хасбула. Кондукторо цIерпошт цхьана сохьтехь лаьттар ю элира.

Вокзалехь охьа а воьссина, шеца тIом бинчу а, чевнаш хилла, цхьана госпиталехь Iиллинчу а шен нохчийн доттагIчуьнгара Хьабибера цуьнан тIехьийзачу йоьIан дега-нене маршалла дIадала сихвеллера Хасбула. Шеца цо дахьаш, доттагIчо шен тIехьийзачу йоIе дIало аьлла, пухIанан йовлакх а дара. Хьабиб кхуьнца цхьаьна батальонехь бIаьхаллин гIуллакх кхочушдеш майра нохчи вара. Иза, хийлазза мостагIашна юккъе «мотт» бан вахана, бакъволу разведчик вара. Шен чов дIайирзича, госпиталера ара а ваьлла, Даймохкехьа лета тIамтIе вахара иза. Хьабиба кхунна дийцинера, шен тIехьийзачу йоьIан дай-наний вокзалехь йолчу цхьаьна туьканахь йохкархой ду аьлла.
Хьалхарчу шерашкахь Хасбула схьаваьллачу Шодрода-юьртахь баккхийчарах цхьа а хир вацара нохчашна юкъахь доттагIа я хьаша воцуш, церан мотт ца хууш я цаьрца йохк-эцар ца лелош…

ТIом балале хьалха Хасбула шен деца кест-кеста хуьлура Нохчийчохь, йохк-эцаран гIуллакхна воьдий. Церан дуккха а доттагIий а, накъостий а, хьеший а бара нохчашна юкъахь. Нохчийн мотт а цушинна вуно дика хаьара. Кхунна вокзалехь йолчу туьканашкара юьхь-сибатца дуккха а йохкархой бевзара. Хьабиба йийцинчу туьканчу ваьлча, Iаьржачу аматахь а йолуш, хаза тIеюьйхинчу бедарца юккъерачу хенара зуда гира кхунна.
– ЛадогIахь, дукхаяхарг, кхузахь хьалха болх бина нохчийн стаг-зудий стенга дахана? – хаьттира Хасбулас нохчийн маттахь, и зуда нохчи ю моьттуш.
– Салти, со нохчи яц, «дика нах хилла» хьан нохчий Сибрех бахийтина, – жоп делира йохкархочо оьрсийн маттахь.
– Муха, Сибрех бахийтина? ХIун диначунна бахийтина уьш Сибрех? – хаьттира оьрсийн маттахь Хасбулас, оцу нохчех дерг хаа лууш.
Цунна ца хаьара нохчий цIера баьхнийла, бертаза Юккъерачу Азе дIабигнийла.

– Салти, ас хьоьга оьрсийн маттахь ма эли, уьш «дика нах» хиларна цIера баьхна. Диц ма де, олуш хилар: «Пенашна а хеза дуьйцург». Ахь иштта хаттарш сих-сиха лахь, цIа кхочур вуй те хьо?
– Со-м кхочур вара цIа… Амма сан накъостий иттаннаш нохчий-бIаьхой цIа боьрзий-м ца хаьа. Уьш шайн синош ца кхоош, шайгара доьналла а, майралла а гойтуш, вайн маршонехьа фашистех леташ бу. Даймехкан дуьхьа фронтехь леташ бу нохчийн халкъан кIентий, ткъа церан дай-наной шайн махкара арабаьхна, – гIийла элира Хасбулас, т1аккха уллехь лаьттачу куьг доцуш волчу тIемалочуьнга а хьаьжна, туьканара аравелира иза.

Нохчех цхьаъ гаре сатесна, вокзалан майданехула вехха волавелла лийлира Хасбула. Амма шена гинчу нахана юкъахь юьхь-сибатца нохчех тера волу стаг ца карийра цунна я нохчийн мотт а ца хезира. Цхьаболчу дуьхьал кхеттачаьргара нохчех дерг билггал хаа лиънера цунна, амма уьш уллера дIауьдура: «Тхуна хIумма а ца хаьа», – бохуш. Схьахетарехь, уьш кхоьрура цунах лаьцна къамел дан. Вокзалан майданахь дукхахберш лелийна Iаьнан бедарш юхкуш болу оьрсийн баккхий зударий а, цхьажимма бераш а, НКВД-н белхахой а бара.
Нохчий, шайн хIусамашкара ара а баьхна, нуьцкъаха Юккъерчу Азе дIабахийтарх дерг ма-дарра хиъча, дог Iаьвжира Хасбулин. Шен дайшкара кхаьчначу нохчашка йолчу уьйр-марзонца а, цу халкъе-лулахочуьнга болчу гергарлонан синхаамца а, ткъа иштта цIеххьана хиллачу бохамо и нах дакъазбовларна къахетарца а доьзна дара иза. Иза онда, кIорггера дага тIехь лар юьту синхаам бара.

ЦІерпошт схьаяре йолчу ханна перронехь лаьттачу гІанта тІе охьахиира Хасбула. Кисета чуьра газетах кийсак а яьккхина, цунах, хьарчийна, цигаьрка а йина, кисета чуьра тонка доьхкира цо цу чу. Меллаша шен цигаьрка хьала а латийна, ойланашка велира иза. Нохчийн кхолламах яра цуьнан ойланаш. ЦІеххьана кхунна хьалха хІиттира НКВД-н патрулан эскархой.
– Салти, хьайн документаш гайтал! – кІоршаме вистхилира кхуьнга капитан, царна юкъара коьртаниг.
Меллаша хьала а гІаьттина, шен некха тІера чоин нуьйдарчий схьа а яьстина, чухула йолчу кучан киснара тІеман билет а, лазийна хиларна тІеман декхарх ша мукъавоккхуш долу кехат а дІагайтира Хасбулас.
– Іедало бинчу сацамна реза воцуш, цхьацца къамелаш деш ма-хилла хьо-м? – элира капитана, кхуьнан документашка а хьоьжуш.– Тхоьца отделе дІаван везар ву хьо.

Хасбулина цу сохьта хиира туьканарчу йохкархочо ша дина къамел капитане дІахаийтина хилар. ХІинца барт ца хоттуш дІавохуьйтур вацара хІара. Цо цІерпоштан вагона чуьра шен тІоьрмиг схьаэцийтар дийхира. Амма цара бакъо ца елира, шаьш схьаоьцур бу тІоьрмиг элира, муьлхачу вагона чохь бу кхуо хаийтичхьана. Вокзала чохь йолчу дежурни отделени схьа а валийна, гІазанче хІара дІавелира цара. Кхуьнан документаш талла дезаш волу майор схьаваллалц цхьана а метте дІаса ма валийта аьлла, гІазанче омра а дина, уьш арабевлира.
Вехха Іийра Хасбула, майор схьаваре хьоьжуш. ЦІерпошт дІайолаялале цунна тІекхиа везаш вара хІара, цундела, синтем байна, хала садеттара кхуо. Амма майор гучуволуш вацара. ГIазанча вист а ца хуьлуш Iара, цхьа дош а ца элира цо. Ур-аттал фронтехь долчу хьолах лаьцна цхьа а хаттар ца делира.
Кестта цIерпошто кхузза гудок елира, дукха хан ялале дIаболабала безаш бара иза.

– Накъост лейтенант, со шена тIехь схьавеана цIерпошт дIайолалуш ю, вагона чохь сан хIуманаш йисина. Сан хIун бехк бу? Со хIунда сецаво кхузахь сел веха? Ас нохчий беза сайна аларна, сох зуламхо вина те? – гIазанче тIех кIеда вистхилира Хасбула.
– Суна иза ца хаьа. Майор схьвеачхьана цо дерриг а дуьйцур ду. Сан бакъо яц хьо дIавахийта, – элира лейтенанта. НеIаран цIовзар а хезна, цо тIетуьйхира:
– Иза-м схьавогIуш ву, моьтту суна.

Майор а, старшина-заьIапхо а велира чоьхьа. Хала чевнаш хилла волу старшина а вара бIаьхаллин декхарх мукъа витина. Ша схьаваллалц шен тIоьрмиган дола де аьллера цуьнга Хасбулас. ТIоьрмиг Хасбула волчу агIор дIа а кхоьссина, майора элира:
– ХIара хьан накъост чIогIа хьуна тIера ву. Тхох ца тешаш, ша кхуза схьавеа хIара, хьан тIоьрмиг шена а гуш дIало аьлла. Старшина, хIинца хьо дIаваха мегар ду, ткъа салтичуьнца дерг оха тхаьш къастор ду.
– Накъост майор, и салти вуно майра а, Даймохк безаш а ву, – элира старшинас, ша чуьра араволуш. Цунна ца хаьара патрульхойн шен накъостаца Iоттаделларг.

ЦIерпошто тIаьххьара гудок елира, ша дIайоьдий хоуьйтуш.
– Схьабелла тIоьрмиг! – буьрса омра дира майоро. Хасбулас тIоьрмига чуьра хIуманаш схьайохучу хенахь, хьостам санна, цунна хьалха лаьттира иза.
Майор тешна вара, тIамтIера вогIучуьнгахь я тапча, я кхийолу хIума хир ю аьлла. Амма хIун хир яра мискачу салтичуьнгахь, шена эскарехь елла я ша эцна йоцург? Цо зудчунна дахьаш долу йовлакх а, ши-кхо банка тушенка а, масех горга бепиг а, масех кеп саба а, эткаш а схьаехира.

ДIаболабеллачу цIерпоштан гIовгIа а хезира, вагонийн чкъургийн тата а делира, аьчган новкъахула уьш дIакерчича.
– И хIуманаш цхьаннан лачкъийна хир ю ахь? – аз айдеш, элира майора.
– Накъост майор, хьо мегаш долчул а совваьллий техьа? Со хIуманаш лечкъош вацара – Даймехкан дуьхьа тIом беш вара. И хIуманаш ас лечкъийна ю аьлла, хIун тешалла далор дара ахь? Сан боцу бехк тIебилла гIерташ, со цIерпоштана тIаьхьавити аш, – оьгIазвахара Хасбула.

Майора хIумма а ца элира, иза, астагI а лелхаш, чухула дIасалелара. ТIамтIехь чевнаш йиначул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу комендатуре болх бан хьажийначух тера дара иза.
Хасбуле барт хаттар дIадолийра цо. Цхьана хаттарна тIаьххье керланиг а луш, салти леван ваьккхира майора. Цуьнан къамелехь хаалора, иза шен даржах воккхавеш а, шех тоам бина а, хала амал йолуш а, адамех ца вешаш а хилар.
– Накъост майор, ахь муьлхха хаттар делча а, хьалха ас деллачул къаьстина хьуна дала жоп дац сан. Туьканахь хилларг ас ма-дарра хьуна дIадийцина. Со ца кхета, нохчий безарна аш со бехке хIунда во. Уьш вайн советски адамаш ма ду! Шайн са ца кхоош, фашисташна дуьхьал тIом беш ма бу нохчийн кIентий, – элира Хасбулас майрра а, шовкъе а.
– Суна ца оьшу хьан и хабарш! Пачхьалкхана дуьхьал болу дела цIерабаьхна нохчий, ткъа хьо цаьргахьа гIо доккхуш ву. Схьагарехь, уьш махкахбахарх болу вайн партин ЦК-н сацам нийса ца лору-кх ахь? Хьо санна болчу нахах олу «халкъан мостагIий», – оьгIазвахана, мохь хьоькхура майора кхунна тIе.

Шегахь йолу оьгIазалла аракхосса лууш, хала садеттара Хасбулас, амма собаре а хилла, сатоьхна IадIийра иза. Тахана ша эшна лара везара кхуо, шен мел чIогIа а, доьналла долуш а амал елахь а, ша харцо а, маттаза аьлла дош а ловш вацахь а. Ларамаза аьллачу дашо а набахтин неIарш кхунна хьалха схьайоьллуьйтур яра, иштта буьрса дара Сталинан Iедал. Цундела, вист а ца хуьлуш, чуьраваьллачу майора шега деш долу хаттарш тергал а ца деш Iара хIара, собаре хилар шегахьа дуйла хууш. Вист а ца хуьлуш ца Iийча ца волура! ХIара теш вара дуккха а Iеламнах, къаьсттина Нохчийчохь молланаш хилларш, Сталинан Iедало таIзарш деш, хIаллакбаран. Иштта, хIуманна а бехке воцу, 75 шо кхаьчна кхуьнан къена да Шахман а тIепаза вайира цу Iедало. Нохчашна тIе а хIоьттина, Советан пачхьалкх кестта юхур ю, исламан дин денлур ду бохуш, Шахмана халкъана юкъахь къамелаш дина аьлла, бехке а вина, дIалецира. 1941-чу шеран сентябрехь Даймахкана тIе фашистийн уьнан кхерам тIебеанчу хенахь таIзаран гуро лецира иза. Пачхьалкхана дуьхьал ву аьлла, бехке вира Шахман. КIант тIом беш вара Даймехкан дуьхьа, ткъа да советан Iедална дуьхьал ву аьлла, тIепаза вайира.

Хасбулин вистцахиларо кхин а чIогIа марсавохура майор. Салтичуьнга массо а тайпа, ур-аттал маттаза а, хаттарш деш, шена оьшург даккха гIертара иза. Шен да санна, ша а сийсазвийр вуй хууш, майоран хаттаршна нийса а, майра а жоьпаш дала сацам бира Хасбулас, ша хьалха дийцинчух цхьа а хIума ца хуьйцуш.
– ТIаккха, советан халкъан баьччано Сталина нохчий цIерабахарх бинчу сацамна реза вац-кх хьо? – хIиллане бIаьрг а хабийна, хаьттира майора.

– Сталинан сацам нийса бац ала ца гIерта со, амма цхьаьннан а бакъо яц сан даг чуьра нохчашка болу безам шелбан. Царна хьаша-да а веза, шайна тIевеанарг боккхачу ларамца тIеоьцу цара. Уьш майра а, доьналла долуш а, собаре а нах бу, шайн къам а, мохк а безаш. Шайн дайшкара дуьйна паргIато езаш схьабогIуш бу нохчий. Царна паргIато езарна, цаьрга жахьталла хила ца еза вайн. Суна гина нохчийн халкъан кIенташа Даймехкан дуьхьа тIамтIехь гайтина майралла. Нагахь бIе нохчи бехке велахь, бехк боцуш долчу иттаннаш эзарнашкахь цу къоман адамашна таIзар дан деза ткъа?..
Хасбула ша дуьйцург чекхдаьккхина валале, неI а ца тухуш, иза шуьйра дIа а йиллина, чоьхьавелира кхунна туьканахь гина волу пхьарс боцу оьрси.

– Игорь Васильевич, – аьлла, майоре вистхилира иза, чу ма-велли. – НеIалт хиларо, оцу йохкархочо аьллачух а тешна, тIамтIехь чов хиллачу хIокху мискачу салтичунна таIзар дан воллу хьо? ХIара бехкеван цхьа а хIума ца хилла цигахь.
– Ша бехкеван хIума ца дитина кхуо, амма вайн ларамечу правительствос нохчий цIерабахарх бина сацам нийса ца лору кхуо! Иза бахьанехь таIзар ца деш муха вуьтур ву хIара, – элира майора.
– Хьайна карон боцу бехк леха ма гIертахьа, майор. Хьуна ца хезна, хьуна ган а ца гина. ХIокху салтичух кхета веза хьо. Суна го, советан политико адам деза Iамийна кхунна. Нохчий безаш хилча, вайн даймохк а беза кхунна.

– Накъост полковник, сан декхар ду Советан пачхьалкхан политикина дуьхьал болу нах а, лечкъина нохчий а, цаьргахьа узуш берш а лахар, – кIоршаме элира майора.
Цо и дешаш аьллачул тIаьхьа цхьана ханна тийналла хIоьттира чохь. Цул тIаьхьа полковник а, майор а, вовшашка бIаьца а йина, дехьара чу велира, татанца шайна тIаьхьара неI дIа а къовлуш.
Арахь Iаржлуш лаьттара. ГIазанчас, стогар а латийна, корера чекх са гуш йоцу ал басахь шаршуш тIеттIауьйзира.

– Салти, айхьа-хьайна кхел ма е, – элира цо Хасбуле, шаьшшиъ висча.– Нохчийн бандиташна тIе а хIоттий, хьайна набахте боьду некъ ма лаха. Вайшинна юкъахь боху ас иза, хьайн мотт ларбе… И майор адамах къинхетам болуш а, цунах кхетар волуш а вац, хьуна. Иза адамашна тIехь шега олалла далуш самукъадолуш а, шен куралла гойтуш а ву.Хьо бехке вина йолу йохкархо цуьнан езар ю, беха мотт болу лаьхьа. Майоран гуро лаьцнарг, берзан бага ваханарг санна, кIелхьарвалалур вац. Цунна бен а дац, хьуна – стаг бехке ву я вац. Ша схьалаьцнарг набахти чуволла сихло иза. Цундела хьо ларлуш хила. Амма, суна хетарехь, пхьарсбоцчо хьуна гIо дийр ду. ХIара майор санна болчу наха меттанаш а диттина, Iедало таIзарш дечу муьрехь хIаллаквина цу полковникан да а, ши денваша а. Майора бIаьхаллин гIуллакх дечу полкехь командир хилла иза. Шен дахар кIелхьардаьккхинчу командире ладугIур дац те цу харцончас.

– Даймохк сайна безарна летта со мостагIех. Иштта безам бу сан цунна чохь дехачу къаьмнашка а, – элира Хасбулас.
Дехьарчу цIа чохь вехха Iийначул тIаьхьа гIазонча волчу чоьхьавелира полковниккий, майоррий. ТIевоггIушехь гIазанче омра дира майора: «ДIало салтичун документаш!» ТIаккха Хасбулина тIе мохь хьекха велира иза, тIейогIучу хенахь таIзар дийр ду ша бохуш. Эххар бага етта кIорда а дина: «Яхийта сан бIаьргашна хьалхара!» – эккхийтира цо.

Шен тIоьрмиг ги а тесна, пхьарс боцчу полковникна баркалла а аьлла, аравелира Хасбула. Арахь Iаьржа бода бара. Вокзал йолчу агIор дIа а вахана, Дагестане йоьдуш цIерпошт юй хьоьжура иза. Аьчган новкъахь лаьтташ кира лело состав яра, Бакура Россехьа йоьдуш, шена тIаьхьатийсина ягоргаца а, тIеман гIирсаца а йолу вагонаш а йолуш.
Дагестане йоьду цIерпошт тIейогIучу буьйсанна бен хир йоцийла а хиъна, паргIатваьлла Хасбула вокзалана чоьхьавелира, адамаш долчухьа. ПаргIат йолу меттиг а лехна, шен куьг дIадехка волавелира иза. Кестта цунна тIевеара куьг доцу полковник. Вовшийн цIерш а йовзийтина, цхьацца дийца хIоьттира и шиъ дахарх а, тIамтIехь лелийначух а лаьцна…

Полковника ша волчу хIусаме кхойкхура Хасбуле, амма важа, стенна делахь а, дуьхьал вара хьошалгIа ваха. Оццу минотехь цхьаммо: «Ассалам Iалайкум!» аьлла, салам луш а хезна, хьалагIаьттира иза. Цецваьлла, Iадийча санна, лаьттара Хасбула – кхуьнан йиша яхана нуц Iабдулхьамид а, юьртара лулахой Хьусенил Мухьамад а, Давуд а, Мухьамедзайид а лаьттара кхунна хьалха. Сихха могаш-паргIат а хаьттина, мара а кхетта, даггара къамел дан буьйлабелира хIорш. Баккхий нах Соьлжа-ГIала заготконторе тIамтIехь болчарна дигийта шайн юьртахь а, Ботлихан районерчу кхечу ярташкара а гулдина, нисделла бежнаш далош баьхкинера. Шайн хьеший кхузахь кхарна ца карийра – уьш хIетале цIерабаьхнера. Цундела вокзалехь буьйса яккха дийзира церан, ткъа кхузахь ирсана шайн юьртахо а карийра царна.

2

Вокзалехь буьйса а яьккхина, Iуьйранна хьалххе хьалагIевттина, шаьш бежнаш дIаделлачу базехь йитина, шайн говраш схьаэца бахара уьш. Говрашка а хевшина, оццу дийнахь цIехьа буьйлабелира юьртахой. ГIаш вогIу Хасбула кIадвелча, рогIехь кхуьнга говр лора цара. Кхераме бара церан некъ. Шуьйтахула дIа а бахана, Нохч-Келойн чIожана чухула дехьа а бевлла, ЧIеберлойн дукъа тIе хьалабовла безара уьш. Ткъа цигара шайн юьрта чудисса дезара. Церан новкъахь йолу нохчийн ярташ яьсса яра – церан бахархой цIерабаьхнера. Амма массо а юьртахь советан эскархой бара. Уьш леррина кхеран дегIах хьовсура. Къаьсттина кегош верг Хасбула хуьлура, цунах дезертир тарлора царна.

Некъахой Шуьйта кхаьчча, кхарна дуьхьал бевллачу тIемалоша, леррина документаш а теллина, кхаьргара ларчанаш кегийра. Кхаьргахь йолу говраш колхозан хиларан хьокъехь карахь кехаташ доллушехь, цхьана капитана, говраш схьало аьлла, омра дира.

– И говраш кху нахах тешийна ю, юхабирзича дIаяла а езаш. Аш хIунда йоху уьш дIа? Колхозана царах мах хьан лур бу? – элира Хасбулас.
– Салти, оха иза пачхьалкхан дуьхьа деш ду, тхуна и говраш оьшу лаьмнашкахь лечкъаш болу бандиташ схьалецлбцуш лелархьама. Шайна лаахь, оха я бандиташа дIаяьхна ала шайгара говраш. Шуна цхьана а тайпана кехат дала тхан аьтто бац, – кIоршаме вистхилира капитан, ша цIа чу воьдуш. Некъахоша дуьйцучуьнга ла а ца дугIуш, говраш схьаяха элира цо.

ТIаккха Хасбулина тIевеара шен юьхь-сибатца билггал кавказхо волу лахара сержант:
– Салти, къийса ма ло, эрна ду хьуна. Кестта батальонан командир, подполковник, ву схьаван везаш. Цуьнга дIадийца ахь дерриге а, иза оьрси ву, нахе ладугIур долуш а, кхетар волуш ву иза. Цо гIодан там бу. Ткъа хIара капитан, ша теркахойн гIалагIазкхи ву бохуш, дозаллаш деш ву, дага тIехь йолчу куралло нахе ладогIа ца вуьту. Шен дайшкара нохчашка а, дагестанхошка а Кавказан тIом болчу хенахь дуьйна схьабогIуш болу цабезам кхаьчна цуьнга. Цуьнца ларлуш хилалаш!

Салтий говраш дIаяха гIоьртича, некъахоша дуьхьало йира, шаьш дийна мел ду дIалур яц аьлла. Оццу хенахь тIемалойх йоьттина кира кхоьхьу машен схьаеара. Цунна тIера охьалилхинчу цара юккъерчу дегIех волу, йоцца лергина къоьжа маж а йолуш, кхузткъа шо хир долу стаггий, иштта хан хир йолу, хьаьрса месаш йолу зудий, хьалхадаьккхина, схьадалийра. Цу шиннан яххьаш тIехь долчу деттачу цIийн асанаша гойтура царна дина дабагIа. Кестта капитане схьакхайкхира.
Цунна дуьхьал веддачу лакхарчу сержанта арз дира:

– Накъост капитан, оцу некъахоша шаьш говраш схьалур яц боху, шаьш дайиний бен.
– ТIаккха байийша уьш! Шу стенга хьоьжуш Iа? Гов-раш схьаяха!
Цу сохьта стаг, зудий схьадалийначу лейтенанте вистхилира капитан:
– ХIорш мичахь карийна шуна? Мичахь левчкъина бара хIара бандиташ?
– ХIара шиъ лаьмнашкарчу цхьана кIотарахь схьалаьцна. Шайгахь документаш дац боху кхара, амма уьш шайн хIусамехь Шуьйтахь ду бохуш, чIагIонаш-м йо кху шиммо. Цхьа а тайпа герз кхаьргахь ца карийна, схьалоцучу хенахь дуьхьало а ца йина кхара. Кхуза бахка цалаарна жимма хIума тоха-м йийзира кху шинна. ХIара зуда вайниг ю, оьрси, – дийцира лейтенанта.

– ХIинццалц лечкъаш хIунда Iийна шу? – буьрса хаьттира капитана схьалаьцначу стаге.
– Тхо бандиташ дац. Тхан халкъана тIе хIара бохам беанчу дийнахь тхойшиъ луларчу юьртахь хьошалгIахь дара. Тхуна гира тIемалоша машаре нах хьийзош, шайн юьртахула, тIе герзаш а лаьцна, уьш дIабуьгуш. Дуьхьало йинарг воьра цара. ЦIенэскархойн духар дуьйхина фашисташ бу моьттура тхуна уьш. Тхойшиъ хьуьнах дIадедира, тхайна тIехь таIзар ца дайта. Ас юха а боху шуьгу: тхо бандиташ дац, тхо Нохч-ГIалгIайн республикехь дехаш долу советан гражданаш ду.
Юха къамелана юккъе зуда елира:
– Со оьрси ю, хIара сан майра нохчи ву. Революци йоккхуш а, советан Iедал дIахIоттош а тхайн цIий Iанийна оха шиммо. ХIинца социализм ярехь тхаьш ца кхоош къахьоьгуш а ду тхойшиъ. Тахана тхан кIант, Даймохк ларбеш, фашисташна дуьхьал тIом беш ву.

– Хьанна юьйцу ахь и туьйранаш, зуд?! Хьо мила леван гIерта, сволочь?! Хьо милла елахь а, хьо бандитан зуда а, ямартхо а ю. Сталина а, советан правительствос таIзар дина нохчийн халкъана, уьш Iедална дуьхьалхиларна Юккъерчу Азе а хьовсийна. ЦIерадахарна дуьхьалверг зуламхо ву. Шайна таIзар дайтарх уьдуш берш а зуламхой а, халкъан мостагIий а бу. Ткъа мостагIий байа беза! Байа! Сержант, ден а дей, хи чу кхосса и шиъ…
– Аш дайина кегий бераш а дара мостагIий? – хаьттира оьрсийн зудчо, эпсаран «политически къамел» хадош.
– ДIасацае хьайн бат, кхахьпа! Кегий бераш хилла ца Iаш, нохчийн зудчун кийрахь дерш а хинболу зуламхой бу. Кхийтин хьо, хьан…
Шен зудчуьнга хьовсийна и боьха дешнаш советан эпсарера хезча, оьгIазаллех кийра буьзна, буйнаш а дина, капитанна чухьаьдира нохчи:

– Хьо ду-кх бакъдолу кхахьпа! Хьайн ненах сте йойла ахь! Даймахкана ямарт волу чалтач а, боьха хIума а ю-кх хьо!
Капитана тапча схьаяьккхира.
– Сацал, капитан!– мохь туьйхира кхаа эпсарца машенахь тIекхаьчначу подполковника. Цу сохьта хаьттира цо:
– ХIокху говрашца берш муьлш бу? Стенга боьлхуш бу?
– ХIорш жIайхой бу, Дагестане боьлхуш.
– Документашка хьаьвсиний шу?

– Хьаьвсина, уьш нийса ду, накъост подполковник, – хаийтира капитана, аз кIаддина. Цо жIайхой болчу агIор эсала бIаьрг кхарстийра, лаккхарчу эпсаре ша кхузахь лелийна харцонаш цара дIайийцарна кхоьруш.
– Церан документаш нийса делахь, уьш кхузахь хIунда латтабо?
– ХIокху сохьта. Сержант, дIахьовсабе некъахой! – омра дира капитана.
Капитанан хийцавалар а гина, цунах кхаьрдира салтий, ткъа кавказхо-бIаьхо, Хасбуле ишар а йина, велакъежира. Капитанна шен накъостий къинтIера бевллехь а, Хасбула реза ца хилира, цо лелийна харцонаш дIа ца йийцича. Меллаша подполковникна тIе а вахана, дерриг а кхузахь хилларг дIадийцира цо.
– ХIокхо дуьйцург бакъ дуй, капитан? – оьгIазе хаьттира подполковника.
– ХIан-хIа! – жоп делира капитана.

– Накъост подполковник, бакъдерг дуьйцург а, эхь доцуш харцлуьйш верг а мила ву, шайн салташка хаьттича, хуур ду хьуна, – элира Хасбулас. – ХIара капитан санна болчара доккха зен до вайн пачхьалкхана. Эцца шу тIе ца кхаьчнехь, тхо дайийта воллура иза, говраш схьаяхархьама. Иза билггал бакъ ду, тхо хIаллакдайта омра дIаделлера кхуо. Вайн пачхьалкхан дуьхьа, кхиберш санна, лелаш нах ма ду тхо а. ХIара схьалаьцна долу стаг-зудий маьттазчу, уггаре а боьхачу дешнашца емалдира капитана, хенарчу оьрсийн зудчух кхахьпа элира, боьха мел дерг дийца эхь ца хийтира. Ткъа царна иза дан гIертарг хьуна хьайна а гира.
– Салти, собаре хила, – элира подполковника Хасбуле. – Ас дерриге а къастор ду, дан дезаш хилахь таIзар а дийр ду. Ткъа шун некъ дика хуьлда…

Нохчийчун а, цуьнан хIусамненан а Iодика а йина, дIабуьйлабелира некъахой. Лаьмнашкахь шийла яра, маьI-маьIIехь Iуьллуш ло а дара. МаьркIаж-ламазан хенахь ломарчу жимачу юьрта кхечира уьш. Кхузахь буьйса яккха сацам бира цара. ХIокху юьртахь а хьеший бара кхеран хьалха, амма хIинца, дай ара а баьхна, церан шийлачу хIусамашкахь шок етташ мох бара. Шайн хьешан Iабдулхьамидан хIусамехь буьйса яккха лиира царна. ХIорш, говрашкара чу а биссина, уьш дIаIалашъян хIиттича, гIовгIанца, кхарна тIе герзаш а лоьцуш, керта лилхира цIенэскархой:

– Куьйгаш хьалаайа! Меттахдовлахь – герз тIетухур ду шуна! Шена тIе пIелг хьажийнарг тIе а вогIуш, документаш схьагойтур ду аша…Салти, дуьххьара хьо схьавоьл!
Массеран кехаташка а хьаьвсина, галдаьлла хIума доций а хиъна, лейтенанта элира кхаьрга:
– Лаьмнашкахь левчкъина лелаш нохчийн бандиташ бу. ТIемалойн духар тIехь долчуьнца къаьсттина луьра мостагIалла ду церан. Новкъахь ларлуш хилалаш.

Луларчу цIеношкахула чекх а бовлуш, дечиг лехира некъахоша. Юучух хIума карор ярий те бохуш, лийлира уьш. Амма кIеззиг бен хIума ца карийра. Схьагарехь, бIаьхоша яа мегарг ерриг а дIалахьийначух тера дара.
Баккхий нах цхьана йоккхачу керта бевлча, кхарна гинарг белла дIабовллалц дицлур доцуш сурт дара: рагIуна хьалхьа йийна Iуьллуш доьзалхочух йолу жима зуда яра, дерриге а цIийх дуьзна, кхо шо хир долу шен бер марахь а долуш. Зудчун когашна тIерачу цIийна тIе мотт хьоькхуш кIеза дара. Уллохь, коьртах герз тоьхна, дийна Iуьллуш жIаьла а дара. Давудий, Iабдулхьамидий, кертахь карийна шадий, беллий тоьхна, дийра хьерадаьлла чукхиссалуш долу кIеза. Зудчун а, беран а дилха сенделла дара, талхаран хьожа яра царах схьаетталуш. Цу шиннан декъий цIа чу даьхьна, хилларг шайн накъосташна дIадийца вахара воккха ши стаг.
– Доьзалхочух йолу зуда а, бер а муха дуьйр ду? Акхаройл къиза адамашдайархой бу-кх уьш. АллахIа кхел йойла царна! – элира цу хаамо дог дохийна волчу Хьусенила Мухьамада.

– Везан Дела, мостагIчунна ма гайталахь кху деношкахь суна гинарг, – элира Давуда, сингаттаме доккха са а даьккхина. – ХIаъ, цу дийнахь со а, сан ши ваша а Коло-юьртахь вара. Тхо, тхайн хьешан кIант тIамтIехь вийна аьлла хезна, тезета даьхкинера. Амма цу Iуьйранна хьалххе чулилхинчу эскархоша, бежнаш санна, дIалехка болийра нохчий шайн хIусамашкара. Тхоьгахь паспорташ хиларна, дагестанхой ду аьлла, тхо хье ца деш дитира. Тхан хьаша а, и санна воккха волу кхин масех стаг а, цомгаш болу зударий а, салазах дIа а бихкина, тIехь ша болчу гух кIоргачу Iинна чухийцира. Цига чу а диссина, шеро меттиг а лехна, эскархошна тхо гарна а кхоьруш, шина дийнахь доккха каш а даьккхина, цу чу шийтта дакъа дIадоьллира оха.

Шуна хезна хир ду, цу ирчачу дийнахь ЧIеберлойн дукъа тIехь йолчу ярташкахь нисбеллачу вайн жIайхошна гинарг. Шайна ницкъбарна дуьхьало йинарш а, гIийланаш а, баккхийнаш а, зударий а, бераш а муха хIаллакдира гина царна. Цу ярташкара адамаш, кара хIума схьа а ца оьцуьйтуш, Iаьнан уггаре а шийлачу хенахь, гоьллелц долчу лайлахула, тIе герз а лаьцна, Мамон-эвлана улле дIалаьхкира эскархоша. Шаьш бойъур буйла хуъушехь, гергарчеран гIоьнца цомгашнаш а, гIийланаш а баьхкира цига. Амма эскархоша гIийланаш а, баккхийнаш а, доьзлхочух болу зударий а, кегий бераш а, вукхарах дIа а къастийна, Мамон-эвларчу маьждига чу бигира.

Цаьрга, шу гIаш Соьлжа-ГIала дахалур дац, шуна машенаш йохкуьйтур ю элира. Гергарнаш вовшахбаьхначу хенахь аре мел ю зударийн цIогIанаш девлира, мел доьналла долчу къонахошка лалур доцуш ирча сурт дара цигахь хIоьттинарг. Лаьмнашкара охьабаьхна нохчийн ламарой Соьлжа-ГIала кхаччалц гIаш дIабигира. Новкъахь шелонна, гIелонна мел дукха белира уьш. Ткъа Мамон-эвларчу маьждига чу лаьхкинарш, АллахIан и цIа а эккхийтина, дийна бисинарш а, белларш а харцорашна кIелахь дIахьулбира эскархоша. Иштта «гIо» дира-кх цара мискачу нахана. Тхаьш юхадирзинчу хенахь цара динчу цо къизачу гIуллакхан лар тхуна а гира.

Хьалкелара цхьа бIаьрзе воккха стаг, бердана юххе дIа а вигина, иштта дIагIахь цIа кхочур ву хьо аьлла, бердах чувожийтина хилла салташа. И пекъар, гIулч а яьккхина, генна бухахь догIучу Ансалтинка-хи чу воьжна хилла. Ансалтанхой а, рахатанхой а, тхан ярташкара дуккха а нохчех белла нах дIабохка баха гIертара, амма салташа цига ца вохуьйтура цхьа а, – иштта дерзийра Давуда шен къамел.
– ИншаАллахI, кхана Iуьйранна гIевттина, наний, кIанттий дIадуллур ду вай, эскархой тIебахкале, – элира Мухьамадзайида.

Мухьамадзайид а, Хьусенил Мухьамад а бакъволу муъмин вара, Iаьрбийн Iилма кIорггера Iамийна, дуккха а шерашкахь Нохчийчохь молланаш хилла а. Цигахь Iедало нахана таIзар дечу хенахь гIело лайна а вара и шиъ. Iеламнах хиларна НКВД-н белхахоша масийттаза барт хаьттира кху шинга. Ярташкара хьехархой тIамтIе бахча, лахарчу классашкахь хьоьхуш вара Хьусенил Мухьамад.
Некъахошна чIогIа новкъадеанера нохчий шайн махках бахар. Боккхачу сингаттамца вовшашна дуьйцура цара шайна уьш цIерабохуш гинарг а, хезнарг а. Мел къизаллаш лайна цхьа а бехк боцчу мискачу наха, мел сийсазбеш арабаьхна уьш шайн хIусамашкара. Шайна новкъахь гина декъаза стаггий, зудий а хьахийра цара. Церан ойла еш Iийра уьш бехха, хIун хилла теша цу доккхачу шина стагах бохуш. Дуккха а хан яьлча, царна хиира и шиъ докъаза дайнийла. Мел дукха нохчий байна цу хенахь, багарбина ца валлал.

Хасбулин вешин Шахбанов Мухьамадан доьзалх а хьакхаделира и вон. Мухьамад Хасавюьртахь милицин декъан хьаьким вара, капитанан даржехь а волуш. 1937-чу шарахь бандиташца хиллачу тасадаларехь чов а хилла, къона а волуш кхелхира иза. Аухерачу нохчийн зудчо ши кIант а, цхьа йоI а динера цунна. Шен кхелхинчу ден цIе лелош волу жимах волу кIант бераллин хенахь кест-кеста цомгаш хуьлуш вара. Иза товаларе сатесна, ша волчу лаьмнашка дIа а вигна, кхаьбнера Хасбулас. ТIаьхьа цунах тIеман летчик хилира. Важа кIант а, йоI а, церан нана а 1944-чу шарахь нохчашца Юккъерачу Азе дигира бертаза. И бераш, жIайхочунна дина хиллехь а, церан нана нохчи хиларна, цIера а даьхна, тIепаза дайра…
ЦIеххьана кор туьйхира, хан яьллачу хенахь хIара мила ву техьа аьлла, дагадеара некъахошана, юха цхьаъ неI дIаелла вахара.

– Шуьга хьошалгIа ян мегий? – бодашкара схьахезира нохчийн маттахь зудчун аз.
– Дера, мега, хIунда ца мега? Чоьхьаяла, – аьлла, неI дIа а йиллина, зуда чуяийтира неIаре ваханчо.
Мехкадаьттан серлонехь царна хьалха лаьттара, ткъех шо хир долуш, хаза куц долу исбаьхьа йоI. Цунна хьалха бинокль кхозура, белшах тесна ППШ олу автомат а яра. Цуьнга хьаьжча гора, шен хазаллица кхокханца юста мегар йолчу цунна цхьа вон болх хиллий. Цуьнан Iаьржа баккхий бIаьргаш, лампанан серлонехь къегахь а, беран санна долчу балдаш тIера елакъажар дайа гIертара. Иза елха йоллуш санна яра.
ЙоIа, Мухьамадзайидана тIе а яхана, хаьттира:
– Со евзий хьуна?

– Дера, евза, хIинца евзи, – элира Мухьамадзайида, леррина буьйсанан хьешан юьхье а хьаьжна. – Хьо Салихьат ю-кх, Шуьйтарчу сан хьомечу хьешан Ахьмад-Хьаьжин йоI.
Салихьатна хазахийтира шайн къеначу хьешана ша евзина, цунна мара а кхетта, йилхира иза:
– Кхин бац хьан хьеший! Сталина арадаьккхина сан халкъ шайн дай баьхначу махкара, – бохура цо, елхачуьра а ца туьгуш.
Юха, дIа а тийна, Салихьата дийцира:
– Суна гира шу, бежнаш лаьхкина, Соьлжа-ГIала доьлхуш. Шу кестта юхадоьрзур дуй хууш, кхузахь Iийра со.
ЙоIа шен когаш а, куьйгаш а, хаза юьхь шелйинера: меженеш йистинера, кIайчу чкъура тIехь мокха хьоькхнаш яра гуш. Цунна яахIума а елла, пешахь цIе марса а яьккхина, йоI йохъялийтира цара. Уьш бехха Iийра дIа ца буьйшуш, йоIан дийцар дехха дара.

Салихьат пхеа вешина юкъахь кхиина яра, кIентан санна амал а йолуш. Доьзалехь массарел жима а, цхьаъ бен йоцу а дела хьоме яра хIара. Дас-нанас олура, божаберашна юкъахь кхиъна хиларна церан амалехь дерг схьаэцна цо. Вежарша деш дерг кхуо а дора: дечиге а, талла а йоьдура, цIахь дан деза дерриге а гIуллакхаш а дора. Амма йоккха хилча, кIенташна ша хазахетийта дан дезарг а хаьара цунна.

ЦIеххьана хIоьттинчу къизачу тIамо Салихьатан дахарехь хийцамаш бира. Шен воккхах волу ши ваша а, тIехьийза кIант а тIаме вахча, кхуьнан дага тIера самукъадалар дIаделира. Цунна хазахетара, шен уллорнаш тIеман командованис хестош, кехаташ дахкийтича. Амма цуьнан чIогIа де эшнера, шен ваша Даймохк паргIатбаккхархьама леташ кхелхина аьлла, хаам кхаьчча. Вукхарна а изза хиларна кхоьруш, чохь са дацара цунна. ТIом тIом бу, цо вониг бен ца дохьу. Нохчашна хаьара, тIамо мел боккха бала латтабахь а, кхидолу советан адамаш санна, Даймохк шаьш маостагIчух ларбан безийла. Амма хьанна дагахь дара, дерриге а советан адамашна даг тIехь лаьттачу сингаттамна тIе нохчашна къизаллица махкахдахаран бала тIебогIур буйла?

1944-чу шеран 23-чу февралехь сахуьлучу хенахь ков детта а хезна, араяьллачу Салихьата хаьттира:
– Мила ву цигахь? ХIун оьшу хьуна?
– Сихха ков схьаделла, оха иза кагдале! – хезира цунна кевнал дехьара. Кхин хIумма а ца олуш, ков схьадиллира Салихьата. Цунна хьалха тIеман духарца, карахь герзаш а долуш, ши стаг лаьттара. ТIаьхьарчу хенахь ерриге а Нохчийчухула лелара эскархой, шайн цхьа Iамораш ду бохуш. И божарий цец а бевлла хьоьжура шайна хьалха лаьттачу хазачу йоIе.

– Чоьхьадовла, ас хIинцца яахIума лур ю шуна, – элира Салихьата, уьш меца а, шеллуш а бу аьлла хеташ. – Сан ши ваша вара тIамтIехь фашистех леташ, цхьаъ кхелхина аьлла хаам кхаьчна тхоьга.
– ЙоI, харцдерг ма дийцал! Iедална вуно дика хаьа шу, нохчий, хьанна дуьхьал тIом беш ду. Мила ву шун чохь? – кIоршаме хаьттира эпсаро.
– ЦIа чохь дендай, деннаний ду, халла бен лелалуш а дац и шиъ, цаьрга хьожуш ю со,– элира йоIа.
Мийра тоьхна, неI схьа а йиллина, герз хьалха а лаьцна, чоьхьабевлира эскархой. Уьш чубевлча, доккха ши стаг хьалаайаделира шайн меттанашкара, тIамтIехь волчу кIантах лаьцна дика хаам бахьаш уьш баьхкина моьттуш.
– Шу а, кху юьртара дерриге адам а сельсоветан цIенна хьалха гулдала деза. Сиха хьалагIовттал!– омра дира баккхийчаьрга лейтенанта.

– Тхо цомгаш ду, аш бохучу метте дан де долуш дац, сан бераш, – гIиллакхе элира воккхачу стага цIеначу оьрсийн маттахь.– Тхойшиъ доккха а, гIорасиз а ду, олуш ма-хиллара, цхьа ког коша а бахана. КIентан йоьIан гIо оьшуш ду тхо. Тхоьгара цхьаъ эшахь, кхузахь тхо гIо дан кийча ду.
– Тхан бала бац шун гIорасиз хиларца а, шун цамгаршца а, тхуна делла омра ду, шу сельсоветан майданна хьалха дIадига аьлла. Лелал сиха, хьалагIовттал, тхоьца дIадогIур ду шу! Дуьхьало йинчунна цу меттехь герз тIетухур ду оха!– бохуш, мохь хьоькхура лейтенанта.
– Мича бехкенна туху аш тхуна герз? – хаьттира воккхачу стага.

– Шайга аьллачу метте дIа ца вогIург Iедална дуьхьалваьлларг ву. Тхуна бакъо елла Iедална дуьхьал волчунна герз тоха. Правительствос сацам бина шу, нохчий, кху Нохчийчуьра арадаха аьлла, шу Советан пачхьалкхана дуьхьалдовларна.
– Тхо, къанделла нах, хIунда доху тхо махках, тхан кIентий, Советан пачхьалкх ларъеш, фашисташна дуьхьал летачу хенахь? – хаьттира воккхачу стага, эпсаран къамелана юккъехула.
Лейтенант оьгIазвахара:
– Сиха хьалагIовттал! Тоьар ду туьйранаш дийца!

Воккхачу стеган белш лаьцна, иза хьала а гIаттийна, цIенкъа юккъе дIа а хIоттийна, дехьавелира эпсар. Ирахь а ца латтавелла, охьавуьйжира воккха стаг. Цу хенахь пеша хьалха лаьтта йоккха стаг, шен карадеана жоммагIа а эцна, лейтенантана тIелетира: «Делан неIалт хуьлда хьуна!» – аьлла. Цо тIетоха дагахь жоммагIа лейтенантан коьрта тIехула хьалаойъушехь, салтичо, автоматан бух коьртах а тоьхна, голаш тIе охьайожийра йоккха стаг. Шен зудчун багара а, мера чуьра а оьху цIий а гина, бIаьргашка бода беара воккхачу стагана. ОьгIазвахана, халла хьалагIаьттина, шен гIайби кIелхьара шаьлта схьаийцира цо. Цо баттара шаьлта йоккхучу минотехь лейтенанта нийсса дега юккъе тапча туьйхира цунна. Хадийна дитт санна, цIенкъа юккъе охьавуьйжира хIусамда. Шен майра вер а гина, хьераяьлча санна, мохь а хьокхуш, жоммагIех катуьйхира йоккхачу стага, иза хьалагIаьттина ялале кIесаран кIагчу доггах автоматан бух а тоьхна, йожийра иза салтичо.

Салихьатан бIаьргашна хьалха дийра цуьнан хьоме дендай, деннаний. Цуьнан хьекъал а, собар а кхечира шен сацо ницкъ кхочур боцчу латарна юкъа ца гIорта. Эскархой метта бахкале ша дIалачкъийна, къайлах ларъеш йолу, ненавешин наган олу тапча схьаийцира цо. «Бекхам! Бекхам!» – хьийзара йоьIан коьртехь, шен дендай, деннаний дийначарна бекхам бан лууш, кхехкара цуьнан цIий. Эскархой уьйтIа ма-бевлли, тапча тоьхна лейтенант а вожийна, шолгIа тоьхна салти а охьавиллира йоIа.
БIаьргара охьаоьху хи ца соцуш, дийцира Салихьата некъахошна ша лайначу халонех а, шен къомах къахетарх а лаьцна…

– Дадин а, бабин а декъий, тIе шаршуш а, одеялаш а тесна, дитира ас,– кхидIа а дуьйцура йоIа.– Йовха хIума тIе а юьйхина, тапча а, лейтенантан бинокль а, салтичун автомат а схьа а эцна, хьуьнчохь къайлаелира со. Цигара бинокль чухула суна дика гора эскархоша, бежнаш санна, юьртахой эвлайисте дIалоьхкуш. Дукхахберш герз детташ байира салташа. Суна хаьара: баккхийнаш а, цомгушнаш а, гIийланаш а, доьзалхойх болу зударий а царна новкъа бара сихонца нах арабохучу хенахь, цундела цара байира уьш. Генна дIасадоьдура зударийн белхар, кхераделлачу бераша хьоькху маьхьарий.

Нах дIабигинчул тIаьхьа эскархоша юьртара дерриге а цIенош теллира, шайна оьшург схьа а оьцуш. Даьхни а, цхьанхьа дIадигна, къайладаьккхира цара. Iаржъялале со Шуьйта сайн да-нана долчу дIаяхара. Амма юьртахь, кешнашкахь санна, тийна дара. Геннахь хезаш салтийн белар дара. Тхан цIеношна уллера ши цIа дагийна лаьттара. Яьгна ялазчу цIеран серлонехь овкъарахь Iуьллучу къеначу шина лулахочун декъий гира суна. Сан дог вон хилира, уьш гича. «Сан ден-ненан декъий а хир ду-кх кхузахь цхьанхьа Iохкуш», – аьлла, ойла хьаьвзира коьрте. Цигахь уьш леха хIоьттира со. ЦIеххьана суна гонах серлонца йолу даьндаргаш етта йолийра. Сан ирсана уьш цхьа а ца хьакхаелира сох. Цигара дIаяда кхиира со, салтий тIекхачале. Схьахетарехь, кхузахь шаьш арабаха гIоьртинчу эскархошна дуьхьало йинера наха, хIунда аьлча дагийна цIенош а, дайина адамаш а дара гонах.

Денда а, деннана а долчу юьрта юхаерза дийзира сан. И шиъ лаьтте дерзо дезаш ма дара. Лам тIера бинокалехула чухьаьжча, тхайн керт юьззина салтий гира суна. Царна хета тарлора, со хIете а вете а байинарш дIабохка юхайогIур ю аьлла. Уьш иттех дийнахь Iийра, кIело йина. Со караяхча, я герз тоьхна, я йиттина юьйр яра цара. Эххар а цигахь Iан кIорда а дина, уьш дIабахара. Шаьш дIабоьлхуш чуьра ерриге а хIума дIаяьхьира цара: юург а, тIеюхург а, когаюхург а, шайна пайденна мел хетарг а. Дадин а, бабин а декъий тхан цIенна тIехьа охьакхиссинера цара, тIехь цхьа тилора тай а ца дуьтуш. Ирсана, акхарой тIе ца кхевдинера царна, къийгаша бабин бIаьргаш даьхнера – цуьнан дакъа аркъал Iуьллура.

Эскархошна гучу ца ялархьама кхаа буьйсанна даьккхира ас царна ши каш, гIорийна латта а охкуш. Цул тIаьхьа букъа тIехь цхьацца дIа а даьхьна, дIадоьллира ас и шиъ. Сан са паргIатделира царах бекхам бан а, и шиъ дIадерзо а сайн аьтто баларна. ХIинца-м яла а хала дацара!
Со ца кхета, пачхьалкхо тхуна, нохчашна, тIехь и гIело хIунда латтайо? Тхан кегий нах тIом беш ма бу Даймехкан дуьхьа. Бехк а, гуьнахь а доцу бераш, баккхий нах, тхо – зударий хIунда хьийзадо?– елха йолаелира Салихьат.

Иза, корта голаш тIе охьа а бахийтина, Iара, елхаран къурдаш а деш. Ехха иштта Iийначул тIаьхьа, корта хьала а айина, бIаьрхиш дIа даьхна, цо элира:
– Сайн байинчарах а, хьомечу халкъах а бекхам бан со тIеялорна бехке пачхьалкхан куьйгалхой бу. Паччахьан Росси а хилла сан халкъ хьаша гIерташ, ткъа хIинца Сталинан Советан Iедал а ду нуцкъаха тхо цIерадохуш, тхан халкъ дуьнен чуьра дIадаккхархьама,– доккха са а даьккхина, шен дийцар чекхдаьккхира Салихьата.
Некъахой цуьнан дог эца гIертара, шаьш иза ЖIайхойн махка дIаюьгур ю бохуш.

3

Некъахой, Iуьйранна хьалххе хьала а гIевттина, пеш а латийна, юург кечъеш бохкура. Говраш божална чуйоьхкинера цара, цигахь докъар дисинера.
ХIума а кхаьллина, эвлайистехь долчу кешнашка бахара уьш, йийначу зудчунна а, цуьнан берана а каш даккха. ХIорш кешнашкара схьабовлале, лам тIера юьрта чубуьссуш, ткъех герга салти гира кхарна. Юьрта чубаьхкича, хIора цIийнах хьовсуш чекхбовлуш бара уьш. Шаьш долчу цIенна уьш тIекхачале, божал чохь картолаш Iалашъян даьккхинчу ор чу хаийра Хасбулас йоI, юха орана тIехула нихаш а кхиссина, араваьлла, хьарчийначу газетах йина цигаьрка оза охьахиира иза. ХIара и оьзна валале салтий тIебаьхкира.
– Салти, хьо муха кхаьчна кхуза? Схьагайтал хьайн документаш, – элира сержанта, шеконца Хасбуле а хьоьжуш, цунна тIе автомат а лаьцна. Юха мохь бетта хIоьттира иза:

– Накъост капитан! Кхузахь адамаш ду!
Минот а ялале масех салтица капитан кхечира кху уьйтIа. Хасбулин документашка хьаьжира иза:
– Хьо кхуза муха кхаьчна? Хьан маршрут Дагестане ма ю.
– Соьлжа-ГIалахь сайн юьртахой кхийтира сох, уьш хIинца кешнашкахь зудий, беррий дIадуллуш бу. Цаьрца ваха сацам бира ас, хIунда аьлча кхузарчу лаьмнашкахула сан юьрта кхача атта ду, некъ а боца бу,– жоп делира Хасбулас.
– Хьоьца кхин нах а бу? – хаьттира капитана.
Хасбулас царах лаьцна дийцира. Капитана салташка омра дира, цIийнах хьовса аьлла. Кестта цара капитане элира, шеко йолуш хIума шайна ца карийна, божала чохь докъар дууш йиъ говр ю аьлла.
– Кешнашка гIур ду вай, – элира капитана, Хасбулас дийцинчух ца тешаш.

Хасбула хьалхаваьлла воьдура, ткъа капитан салташца тIаьхьавогIура. Кешнашкахь салтий муьлххачу а Iотта-баккхамна кийча хилийта маьI-маьIIе дIа а хIиттийна, некъахойн документаш талла хIоьттира иза.
– ХIинца дагадеа суна, – элира цо, – масех де хьалха Буни-юьртана юххехь йолчу тхан постехула чекхдевлира шу, заготконторе даьхни дIадала доьлхуш.
Зудчун а, беран а декъий дIадохказа дара. Царна тIе а хьаьжна, капитана элира:
– ХIара халкъан мостагIий дIа хIунда бухку аш? Салти, нагахь НКВД-н белхахошна АллахIан дуьхьа аш деш долу хIара гIуллакх гахь, шун хьал чIогIа кхераме хир ду.

– Накъост капитан, кестта бIаьсте ер ю, нагахь декъий дIа ца духкуш дитахь, ун даржа кхераме ду. Тхан цхьа а бехк бац уьш дIадохкарх, талхале а, хьожа кхетале а, – жоп делира Хасбулас.
Ислам-динехь хила ма-деззара, зудий, беррий дIа а доьллина, шаьш буьйса яьккхинчу цIийнан керта баьхкира некъахой. ДIабаха кечлуш, говрашна нуьйраш тохкуш бохкура уьш. Амма оцу хенахь капитан шен салташца уьтIа веара. ЙоI цкъачунна дIалечкъинчуьра араялийтина яцара. ХIоьттинчу хьоле хьаьжжина, дIабаха сих ца лора некъахой, леррина говрийн ленаш хуьйцуш, шира хьостамий дIа дохуш, керланаш тухуш бохкура уьш. Ша гена новкъа волучу хенахь ламарочо шеца яахIума а, верта а, говрана бао хIоъ а, ленаш а, хьостамий а, жIов а, морзах а схьаоьцу. Советан Iедал тIедале топ-тапча а, тур-шаьлта а оьцура цо шеца.

Кхин цкъа а цIийнах хьаьжира капитан салташца цхьаьна, юха а некъахойн дегIах а хьаьвсира, церан хIуманаш а, таьлсаш а кегийра. Шайна шеко йолу хIума ца карийча, Хасбула юьстах а ваьккхина, капитана элира: «КъинтIеравала тхо жимма шога леларна. Кху юьртахь 23-чу февралехь сан ротера цхьа эпсар а, салти а вийна бандиташа, церан герз а, бинокль а схьаэцна».

Хасбулин Iодика а йина, капитан шен салташца дIавахара. Амма кестта юха а веана, цо Хасбуле элира:
– Салти, лаьмнашкахь лечкъаш дукха бандиташ бу хьуна. Шайн аьтто ма-белли, цара салташна тIе герз туху, шуна, дагестанахошна, талор а до. Ларлуш хилалаш! Коло-юьртана уллехь постана тIекхочур ду шу. Цигахь шуна эпсар гур ву – лакхара лейтенант Громов Игорь. Соьгара, Малышев Иванера, цуьнга маршалла а лой, цигахь дечиган маьнги тIехь со дIатаьIинчохь эгна дисина кехаташ а, суьрташ а Шуьйта схьадахкийта гIайгIабе алахь цуьнга.
Эскархой дIабахча, некъахоша йоI паргIатъяьккхира, цигахь цуьнгара герз а, бинокль а дIа а лачкъийна, Нохч-Келахьа шайн некъ юьхьарлецира цара. Цу юьртан йисте кхаьчча, постана тIеIиттабелира уьш. Салтий церан документаш талла буьйлабелира.
– Накъост сержант, лакхарчу лейтенанте Громов Игоре схьакхайкха мегар дарий? – хаьттира Хасбулас документаш талларан рагI йоIана тIекхачале.

– Хьуна мичара вевза иза? – хаьттира цецваьллачу сержанта.
– Малышев Иванера цуьнга маршала а, хаам а дIабала дезаш ву со.
Кехаташка хьажар а сацийна, цхьа салти вахийтира сержанта лакхарчу лейтенанте схьакхайкха. Некъахошца йолчу хазачу йоIе леррина хьоьжура иза:
– Хьан нускал-м дац иза? – хаьттира цо Хасбуле, Iан а ца велла.
– Ду, – доцца жоп делира вукхо, эхь хетарца Салихьате дIа а хьожуш. Юха нохчийн маттахь цуьнга элира:
– ХIумма а дац, иштта хетийта царна.

Кестта тIевеанчу лакхарчу лейтенантана Хасбулас шега капитана аьлларг дIадийцира. Важа къамеле вала лууш стаг хиллера.
– Нагахь капитан шуьга хьаьжнехь, шу кхин сецо ца оьшу, – элира Громовс, некъахой дIа а хьовсош. Юха тIетуьйхира:
– ЭхI, ма хаза ду-кх хьан нускал! Ларлуш хилалаш, гонахарчу хьаннашкахь лечкъаш бандиташ бу, шуна. Иштта хаза йоI цара шайна юххехула йолуьйтур яц, дIалоцур ю, – элира эпсара Хасбуле.

ЧIеберлойн дукъа тIе хьалабовллалц готтачу некъашкахула, тIехь хьаннаш йолчу лаьмнийн басешкахула, гIорийначу Келойн-ахк хинан цхьана берда тIера вукхунна тIе дехьабуьйлуш, дIаихира некъахой. Некъ чIогIа хала бара, цхьаццанхьа чувуссучу а, хьалаволучу а меттигашкахь ша хьаьхна бара иза. Нагахь ишттачохь говран ког тасалахь, иза беречуьнца Iинах чугIур яра бухахь долчу хинна тIекхаччалц. ЧIеберла дIакхача ах некъ бисинчу хенахь тархашна тIера чукхозучу баккхийчу шаша некъ дIакъевлинера. ГIашло халла дехьавалалур вара царна тIехула, амма говрахь чекхвалар дуьйцучохь а дацара. Некъахой некъ баккха хIиттира, шайн говраш дехьаяхархьама. Оццу хенахь, хьуьна чуьра ара а ваьлла, герзашца кхо стаг веара царна тIе. Шайна юкъахь нохчийн мотт буьйцура цара.

– Шу мичара догIу? Аш хIун леладо? ХIара салти муха кхаьчна шуна юккъе? – сихдина хаттарш лора йоца лергина маж йолчу хенарочу стага.
Некъахоша дерриге а дIадийцира.
– ХIара нохчийн йоI мича юьгуш ю аша?
– ЖIайхойн махка… со волчу. Шуьйтарчу сан хьешан Ахьмад-Хьаьжин йоI ю хIара, – сихонца жоп делира Мухьамадзайида.
– Хьан гергарнаш цIенэскархоша байина хилла, йоI. Тхоьца йогIий хьо царна дIадекха?
– Иза еха дIалелалур йолуш яц. Когаш гIорийна, картолаш санна бу цуьнан… вуьшта цомгаш а ю иза, – йоIах жоп делира Мухьамадзайида.

Нохчийн Iедалехь ма-хиллара, воккхачунна хьалха эхь-бехк лаьрра, бIаьра дуьхьал а ца хьожуш, йоIа гIиллакхе элира воккхачу стаге, нохчичуьнга:
– Ваши, ас сайн дендех а, денненах а бекхам эцна. ХIара Iазап вайн халкъехь латточунна Дала Ша таIзар дийр ду. Сайна гIоле хиллалц цхьана ханна жIайхой болчохь Iийр ю со, цул тIаьхьа, сайн гергарнаш а, халкъ а мичахь ду хьаьжна, царна тIегIур ю.
– Хьайн даго къобалдеш дерг де ахь, сан йоI. Амма нохчийн йоIан яхь а, эхь-бехк а, доьналла а ларде. Некъ дика хуьлда хьан!

Некъахоша а, тIебаьхкинчара а, охьаэгначу диттийн дечигашца шаш боха а бина, некъ паргIатбаьккхира. Шаьш некъахошца дIасакъаьстачу хенахь нохчашна юкъара воккхачо элира, ламанхойн Iедалехь ма-хиллара, нохчийн йоIан сий а ларде, салтийн кара а ма кхачийта иза аьлла…
Малх дIабузучу хенахь Нохч-Келойн чIожах халла дехьа а бевлла, Басойн чIожан лахене кхечира уьш. Дукъа тIехула Буни-юьрта хIорш дIабоьлхуш, Бошхани олучу меттигехь говрашкахь ялх цIенэскархо дуьхьалкхийтира кхарна. Нуьйрашка а, кхечу гIирсашка а хьаьжча, гуш дара и говраш нохчашкара цара схьаяьхна хилар. Виъ бIаьхо еа агIор дIа а хIоттийна, ши гуьржи – лакхара лейтенант а, салти а– некъахошна тIевеара.
– Дошлой, шайна тIера вертанаш охьа а дохуш, цхьацца говрара чу а вуссуш, нагахь герз делахь, иза лаьтта охьа а дуьллуш, шайн документаш кечдел, – буьрса элира гуьржийн акцент йолчу эпсаро, шена кIелхьара дикачу хIух болу дин халла сеца а беш.

Некъахой говрашкара чубиссира. Хасбулас йоIана гIо дира говрара чуйосса.
– Салти, тIамтIера ведда дезертир-м вац хьо? Схьагайтал хьайн кехаташ, – говрара чу а воьссина, гуржийн маттахь шена уллехь волчу салтичуьнга цхьаъ элира цо. Юха цуьнга говран урх дIа а елла, Хасбулина тIевеара иза.
Шен кучан хьалхарчу киснара документаш схьаоьцуш, чоа схьадаьстира Хасбулас. Цуьнан некха тIехь медалаш а гина, эпсаро элира:
– Цу совгIаташа а, хьо чов йина хиларо а хьо тIамехь дакъалаьцна хилар гойту.
– ХIа, – реза воцуш, шегара кехаташ эпсаре дIаделира Хасбулас, – тхоьгахь герз дац. Советски Союзехьа ондда когаш тIехь лаьтташ нах ду тхо!– аьлла, тIетуьйхира цо.

– ХIара йоI хьан нускал ду? ЧIогIа хаза ю! Довлал чехка, схьадахал шайн документаш, – элира гуьржичо вукхаьрга. Божарийн документашка хьаьжна ваьлча, йоIан кехаташ схьадийхира эпсаро.
– Накъост лакхара лейтенант, йоIана оьрсийн мотт ца хаьа. ХIара сан нускал ду. Цуьнан документашка шун эпсарш хьаьвсина – Хьал-Келахь капитан Малышев Иван, Нохч-Келахь лакхара лейтенант Громов Игорь. Цул тIаьхьа уьш, схьахетарехь, новкъахь охьаэгна, цунна хIинцца хьалха бен ца хиъна шен уьш дайний, – элира Хасбулас эпсаре, юха нохчийн маттахь Салихьате а ша аьллачунна тIехь саца элира.

– Гуш ду, цу оьрсаша къинхетам бина кхунах. Шаьш диначунна цара полкан командирана хьалха жоп лур ду, – элира эпсаро. Улле тIе а веана, йоIе хьежа хIоьттира иза:
– Арахь шелонехь буьйсанаш яхарна сенъеллачу юьхьо а, гIорийначу куьйгаша а гойту хьо нохчийн йоI хилар. ЦIераяккхарх кIелхьаръяла гIо дина хьуна. Цкъа-делахь, Iедалан сацамна дуьхьалволчунна, цхьа а кхел а, таллам а боцуш, тоьпаш тохар догIу. ШолгIа-делахь, хьуна дан догIу таIзар лахдан йиш хир ю, нагахь, низаме а еана, ахь даре дахь. КхозлагIа-делахь, хьо нохчи ца хилча, хьан тIехьийзачу кIанта хьоьга нохчийн мотт хIунда буьйцу?
ЙоIа жоп ца делира.

– Салти, хьайн леки маттахь (гуьржаша жIайхойх леки олу) кхетаел йоI ас аьллачух.
– Лаьмнашкахула беха некъ барна шелъелла а, цу тIе могуш йоцуш а ю хIара, – элира Хасбулас, эпсаро, къинхетам а бина, иза паргIат юьтург хиларе сатесна.
– Нагахь оьрсийн маттахь дуьйцучух иза ца кхетахь, хьайн маттахь кхетаел иза дуьйцучух,– кIоршаме элира гуьржичо.
Хасбулас жIайхойн маттахь эпсаро бохург карладаьккхира. Ша цо дуьйцучух ца кхетахь а, корта а теIош, лаьттара йоI. Гуьржичо оьрсийн маттахь аьлларг цунна хезнера, цундела йист а ца хуьлуш Iара иза.

– Салти, аш со левийр вац, – элира эпсаро нохчийн маттахь.– Сан бераллин хан деций-ненаций Соьлжа-ГIалахь дIаяхна. Шуна гуш ду ас нохчийн мотт цIена буьйцуш хилар. Шу жIайхой-лекаш а, нохчий а шайх тешам боцуш нах ду. Советан Iедал дохорхьама къайлаха болх беш ду шу. Сталинна цунах лаьцна хаьа. Цуьнан таIзарх шу довлалур дац. Хьалхарчу заманашкахь шун къаьмнех болчу бандиташа, гуьржийн латтанашна тIелатарш а деш, тхан бахамаш чIанабохуш, нах идош, хIаллакбеш, зенаш дора тхуна. Шух къинхетам бан мегар дац!
Цул тIаьхьа къамел нохчийн маттахь хилира.

– Хьо советан эпсар ма ву. Хьалха хилларш а дуьйцуш, тхо бехкедар товш ма дац хьоьгахь. Хьуна ца хаьахь, дуьйцу ас: тхо Соьлжа-ГIала даьхни дIадала даханера, тIамтIехь болчарна жижиг хилийта. Даймехкан дуьхьа ондда дIахIиттина нах ду тхо! Тхо а, и йоI а ахь Iаддита, – бохура некъахоша.
Эпсар оьгIазвахара, цо луьра дIахьедира, шена хьехарш а ма де, ша кхеро а ма гIерта аьлла. Юха йоIана тIе а вахана, ца вешаш элира цо:
– Хьо нохчи елахь, ю ала. Нагахь нохчи а йоцуш, цуьнан нускал а, жIайхо а елахь, иза мара а воллий, барт баккха цунна, хьайх со тешийта!

Бага хи эцча санна, цхьа дош а ца олуш, куралла а, доьналла а шеца долуш лаьттара Салихьат эпсарна хьалха.
– Накъост лакхара лейтенант, сацахьа! Ма хьийзаехьа йоI!– юкъавуьйлира Хасбула.
– Со ца сацахь, хIун дан воллу хьо? Нохчийн йоIаца а, цуьнгахьа гIо доккхучаьрца а сан тапчанан даьндаргаша къамел дийр ду, – элира лейтенанта, шен хаьнтIахь кхозучу хумпIар чуьра тапча схьа а йоккхуш.
– Березюк! – мохь туьйхира цо лакхахь ломан басахь лаьттачу цхьана салтичуьнга, – меттахваьллачунна тIе герз тоха, шиъ цигахь а витий, шиъ кхуза чувосса, хьокху нехан дегIах хьовсал!

Чу а биссина, йоI йоцчун, массеран а дегIах хьаьвсира салтий, церан тIоьрмигаш а кегийра цара. Шаьлтанаш а, арсаш а дIаийцира. Нуьйраш схьа а яхийтина, царех а хьийжира. Гуьржи тIех кура а, дегала а вара, цхьаннах тешаш вацара иза. Нах хьийзош там хуьлура цунна, цунна хазахетара, уьш кхерош омра ша дича. Цуьнан дагчохь боккха цабезам бара нохчашка а, жIайхошка а.
– Эпсар, хIара йоI тхан нус ю, – элира цуьнга нохчийн маттахь Iабдулхьамида, – иза Iадйитахь! Соьлжа-ГIалара дуьйна ерриге а посташкахь хьаьвсина-кх цуьнга.

Iабдулхьамидан дешнаш ца тайра эпсарна. ЙоIе дIа а вирзина, цунна хьалха тапча а лестош, лен велира иза. Иза йист ца хуьлуш Iарна а, жIайхойн мотт ца бицарна а, шен тIехьийза кIант ву бохучунна барт ца баккхарна а, цунна хиира йоI нохчи юйла. Цунна дика девзара нохчийн гIиллакхаш а, амалш а, хаьара, царна Iожалла тIеэца атта дуйла, шаьш бохучунна тIера а девлла, шайна тIе эхь доуьйтучул. Къаьсттина дика хаьара, нохчийн зуда яла кийча юйла, шен эхь ца духкуш. ХIокху йоIа а, нехан стагана барт ца боккхуш, ша йоьйтург хиларан а шеко яцара цуьнан, ша «тIехьийзачу кIантана» барт баккха аьлча. Амма иза йоI сийсазаяккха гIертара, массарна а хьалха цуьнга жимачу стагана барт а баккхийтина.

Эццахь къена Хьусенил Мухьамад юкъавуьйлира:
– Тхан нус хIунда хьийзайо ахь? Цо барт ца баккхахь а, тхуна дика хаьа иза тхайн нус юйла. Шен тIехьийза кIант тIамехь чов а йина, Ростовхь лазартнехь вуйла хиъча, цунна тIаьхьаяхара иза. И шиъ цхьаьна шайн эвла цIа догIуш ду.Бакъду, документаш дара, амма уьш хIинца ца карадо, схьахетарехь, Нохч-Келойн чIожахь хи чу эгна уьш. Юха а дахана, лийхира оха уьш, амма ца карийра. Со советан хьехархо ву, ас бакъдерг дуьйцу, – элира Хьусенила Мухьамада.

– Хабар ма йийцахьа суна, лараме хьехархо, со хьан дешархо а вац. Со йоIаца къамел деш ву, хьо кхийтин? – элира эпсаро. Юха Хасбулехьа а вирзина, цавашарца тIетуьйхира:
– Салти, хьан нускал хьуна барт баккха реза дац, – иза а аьлла, велавелира.
– Цунна эхь ма хета гергарчарна хьалха.
– Цунна эхь хетахь, ахь, тIе а гIой, мара а йоллий, бета тIе масех барт баккха цунна,– саца воллуш вацара гуьржи.

Хасбула, тIулг а хилла, лаьттара, ша хIун дийр ца хууш. Эпсарна вуно дика хаьара нохчийн а, оьрсийн а меттанаш, ткъа Салихьатна жIайхойн мотт ца хаьара. Цундела и дерриге а цунна дийца аьтто бацара.
Салихьат кхийтира мел халачу хьоле хIоттийна цу оьзда йоцчу хIумано, фашисташца бечу тIамехь дакъалаьцна, цигахь чов а хилла волу и дика стаг, шена мара а йоллий, барт баккха а аьлла. Иза дерригенах а кхийтира, хIунда аьлча эпсаро буьйцург нохчийн мотт бара. Доьналлица а, курра а цунна хьалха а хIоьттина, чIагIдинчу озаца цо элира:

– Со нохчи ю, со йоккхае майрачу нохчийн къоман со йоI хиларх! Сайн дайшкара схьаэцна ас куралла. Сайн къоман доьналлах, цуьнан гIиллакхех, адам дезарх йоккхае со, нохчаша адамаш лору, церан сий лардо, ткъа сий тхуна дахарал а деза ду. Хьуна дIахаалахь, цхьана боьршачу стеган бат сан бетах хьакхаелла яц, хьуна. Тахана шуна хьалха а хьакхалур яц. Ас иза ловр дац. Сан тIехьийза кIант нохчи ву, иза Даймохк ларбеш, вайн пачхьалкхан луьра мостагIий– фашисташ– бойуш ву. Ткъа шу нохчийн машаре адамаш: бакхий нах, зударий, бераш дайа даьхкина кхуза.

– ДIасацае хьайн бат, халкъан мостагI! – мохь хьаькхира гуьржийчо оьрсийн маттахь.
Цул тIаьхьа къамел оьрсийн маттахь хилира.
– Ахь сан бат сацор яц! – аз айдеш, элира Салихьата. – Хьо ву и халкъийн мостагI, нохчийн а тIехь. Хьо жима волуш дуьйна кIилло хилла ву, хIунда аьлча фашистех кхоьруш, тIаме а ца вахавелла, нах хьийзо, тхан къам хIаллакдан еана хьо кхуза, кIилло!
– Сержант, цу йоьIан бат дIакъовла, ши куьг букъа тIехьа дIадехка цуьнан, уьш массо а, йоI а цхьаьна, штабе дIабига! – омра дира эпсаро.

Сержант тIеволавелира, чудуьллуш долу урс киснара схьа а даьккхина, иза а лестош, юхайолуш яра Салихьат.
– Иза ю-кх нохчийн бандитка! Иза ю-кх халкъан мостагI! – мохь а хьаькхна, йоIана тапча туьйхира эпсаро.
Некха тIе а куьг лаьцна, лестина, голаш тIе юьйжира Салихьат.
– Сел хаза йоI хIунда йоь ахь, накъост лакхара лейтенант? Эрна туьйхи ахь цунна тапча,– элира йоIах къахеттачу сержанта.
– Бандит хаза хуьлуш вац! И йоI халкъан мостагI ю – ялан бен хьакъ яц иза. Нохчий кура къам ду, цIий бIаьрхил дораха ду церан, ткъа Iожалла эхьал йораха ю. Ялийта иза, кура, шена луъчу кепара, амма сонта а, са ца тохалучу баланехь а ялийта. Цунна тIеваханчунна совгIатна даьндаргъ хир ю шуна,– элира гуьржийчо, массарна а кхерам тосуш.

Некъахой Iадийча санна лаьттара йоIе а хьоьжуш, шаьш хIун дийр ду ца хууш. Салихьат халла хьалагIаьтира, дIаса а техкаш, кога доьду бер санна, охьа ца йожа гIерташ, эпсарна тIейолаелира иза. Шена тIехь йолчу кетаран чухуларчу кисанара схьаяьккхина наган шозза йожийра цо, эпсарна тIе а хьажийна. ЙоI а, эпсар а охьадуьйжира кхин хьала ца гIатта. Иштта сонта валар хилира цу эпсаран, ткъа нохчийн йоI, шен сий а, яхь а, нохчийн дозалла а, гIиллакх а лардеш, доккхачу доьналлица кхелхира.

4

Беллачаьрга, бахьийча санна, хьоьжуш лаьттара некъахой а, салтий а. Сержанта йоIана тIера бIаьрг ца боккхура. Цуьнан балдаш меттахъхьера, меллаша цхьаъ бохура цо. Вехха йоIе хьоьжуш а Iийна, цо хезаш элира: «Ма къа ду оццул хаза йолу йоI ер!»

Салташа некъахошкара говраш схьаехира. ТIе герзаш а лаьцна, уьш Буни-эвлахь йолчу шайн штабе бигира цара. Новкъа дIабоьлхучу хенахь, дерригенна а лакхара лейтенант бехке хилар дIадуьйцур ду аьлла, вовшашца барт бан кхиира уьш. Кхеран ирсана гуьржийн салтичунна, нохчийн мотт хьовха, ур-аттал оьрсийн маттахь а ши дош вовшахтаса ца хаьара. Сержантана а ца хаьара нохчийн мотт. Цундела шайна ца хуучунна тIехь тешалла дойла дацара церан. Штабехь лаккхарчу даржашкара эпсарша, хIора некъахо, ша-ша воккхуш, луьра тIеIаткъам беш, левира. Хиллачунна хIорш бехке бан гIертара уьш. Ткъа некъахоша, шаьш барт бина хиларе терра, цхьаъ дуьйцура. «ГIора доцуш, тхоьгара гIо оьшуш йолу и йоI Басхойн чIожахь карийра тхуна…Гуьржичо сийсазйора иза а, тхо а. Цо тхан сий а, яхь а йойъуш долу дешнаш бохура. Къаьсттина оцу къоначу йоIан сий дайа гIертара иза. Ткъа йоIе цо лелош дерг ла ца делира. Гуьржийчо дуьххьара туьйхира цунна герз, ткъа йоIа цул тIаьхьа цунна туьйхира…»

ШолгIачу дийнан делкъенга кхаччалц барт хиттира некъахошка. Къоначу йоIана а, эпсарна-гуьржийчунна а юкъахь хиллачу девнна бехке боцийла а хиъна, хIорш дIахийцира. Шаьш штабера ара ма-девлли, яссаеллачу юьртахь белаш а, лоьмаш а лехна, Салихьат дIайолла бахара уьш. Якъаеллачу беца тIехь Iуьллучу йоIан къоначу дегIе хьаьвсича, иза наб кхетта йолуш санна хийтира царна. Ирсана, акхарой тIе ца кхаьчнера цунна. Еллачун хазачу юьхьа тIехь елакъажар хаалора, цундела цуьнан Iаьржа баккхий бIаьргаш дIакъевлина долу негIарш хIинцца схьа а делладелла, иза дийна йолуш санна шайга хьожур ю аьлла, хеталора царна.
Салихьатан дакъа лаьтта тесначу вертанна тIе а диллина, хих буьзначу бIаьргашца, цунах хетачу къинца цуьнга а хьаьвсина, доIа дан буьйлабелира некъахой. Исламо ма-хьеххара дакъа лийчо церан аьтто бацара, цундела лаьттаца тема а дина, вертанна юкъа а хьарчийна иза лаьтте кховдийра цара. Иштта дIайоьллира нохчийн халкъан майра, доьналла долу йоI, вай хьалха бийцинчу лекхачу шина тIулгана уллехь.

ЧIеберлойн дукъа тIехь йолчу ярташкахь маьI-маьIIехь охьакхиссина Iохкура эскархоша байинчу нохчийн берийн, зударийн, баккхийчеран декъий. Мецачу жIаьлеша а, акхароша а цоьстура уьш, къизачу олхазарша церан бIаьргаш схьадохура. ЖIайхойн ярташкара Ансалтера, Рахьатара, Шодродара баккхий нах а, кхиазхой а баьхкинера цхьана дийнахь нохчийн декъий дIадохка. Салташа, цхьана меттехь хIорш гул а бина, элира, цхьана а нохчийчун дакъа дIадуллуьйтур дац шаьш, нах цIерабаьхначу ярташкара дIакхехьна ялта а, сурсаташ а шайн кара схьадаллалц. « Ерриге а ЧIеберло тхан куьйга кIелахь ю. Нагахь кхузарчу ярташкара хIума цхьаммо схьаэцахь, цунна таIзар дийр ду, ма-дарра аьлча, тIеман хенаца долчу законаца – ша волччохь тоьпаш тухур ю», – элира цара.
Цара аьлларг дан дийзира. Дерриге а дIадирзинчул тIаьхьа байинарш дIабохка буьйлабелира луларчу махкара баьхкина жIайхой. Некъахойн а деа дийнахь-бусий совца дийзира цигахь, жIайхойн ярташкара баьхкинчарна декъаза нохчий дIабухкуш гIо деш…

Чаккхе

Иза дара 2004-чу шеран май бутт бовш. Тхо, масех юьртахо, Нохчийчу воьдуш вара – ЧIеберлойн лаьмнашка, тхайн стерчий нохчашка шайчаьрца кхаба дIадала.Ткъе итт шо даьлча, ши тIулг лаьттачу меттиге кхечира тхо.
Къегина дара майн сирла де, чубуза лахбелла боьдуш малх а бара. Лаьмнашкахь хаза аренаш яра, сийначу бецо а, бес-бесарчу зезагаша а кхелина.Iаламо шен хазалла ца кхоош дIаелла нохчийн лаьтта тIерачу кху меттигна. Хьалха санна, шайн исбаьхьа эшарш лоькхура олхазарша.

Кхузара халла къаьсташ, дахкарахь йолуш санна, гора лаьмнашкарчу ярташкахь дохийначу цIенойн харцораш.Ельцинан политика бахьанехь итт шарахь Нохчийчохь дIабаьхьначу тIамехь йохийнера ткъе итт шо хьалха, заза даьккхина, хазъелла лаьтташ йолу ламаройн ярташ.Цхьанхьа а гуш керла цIенош дацара. Нохчий цIерабохучу хенахь дохоза дисина тIулгийн шира цIенош, даьхни чохь латтош долу тIулгех дина божалш лаьттаца дIашардинера бомбанаш етташ.

БIешерашкахь кхоьллина а, кечйина а нохчийн ярташ цкъа хьалха РомановгIеран доьзалан охIланаша – Россин императорша – йохаяйтинера. Цул тIаьхьа СССР-н куьйгалхочо – КПСС-н Генсека Сталина – нохчий, цIера а баьхна, Юккъерачу Азе а хьовсийна, церан яссаелла ярташ юьйхира.Советски Союзан «дика политика» бахьанехь нахана лаьмнашка юхаберза бакъо елира, амма шайн дай баьхначу лаьтта тIехь баха ца буьтуш,шерачу аренашка охьабехира уьш. Даьхни лело а, аха а,ерзо а яккхий аренаш ю цигахь бохуш, нах лебира… Ткъа дIадаханчу бIешеран 90-чу шерашкахь президент- маларча волчу Ельцинан «хаза» политика бахьанехь бомбанаш кIелахь дерриге беркат хIаллакдира Нохчийчохь.

Шайн халкъ тIемаш а, кхиболу бохамаш а бахьанехь хIаллакьхиларна гергадахча, нохчий боха ца бухура, церан дегнаш чIагIлора, уьш майра летара мостагIех,шайн халкъ а, латта а лардеш. Доьналлица тIеман аренашкахь Iожалла тIеоьцура цара, шайл дуккха а сов болчу мостагIех леташ, царна тIехь толам боккхуш.
Ярташ дIаевллехь а, Iаламан хазалла эшна яц лаьмнашкахь, жим ца елла иза, адамаш ца хиларна кхузахь дахар а, самукъадалар а дацахь а .

Тхуна гена йоцуш, стигала лакха хьала а юьйлуш, шен зевне эшар лоькхура нIаьвлас. Шен тIемийн ницкъ кхочучу лакхалле хьала а йолий, бIаьстенан тайна эшар лоькхура цу олхазаро, эшарехь хезаш санна хетара: «Адамаш, Iалам ларделаш! Адамаш Лаьтта тIехь машар ларбелаш!»
Нохчийчохь тIаьхьарчу хенахь хиллачу тIемашкахь и лекха ши тIулг российски танканаша бохийра, церан аьхкаш маьI-маьIIехь дIасакхиссина Iохкура, шайна тIехь гуш дIаьндаргийн ларш а йолуш. Амма, ирсана, цу тIулгийн баххаш дисина. БIешерашкахь лаьттина долчу оцу тIулгийн баххаша тIекхуьучу тIаьхьенашна тешалла дийр ду паргIато езачу нохчийн халкъан турпалаллин исторех лаьцна.

Шодрода-Юрт, 2004 шо.

Нохчийн матте гочдинарг Арсанукаев Муса.

Вайнах №4, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх