17.05.2015

Халикова Мадина.

Халикова Мадина222Халикова Мадина йина 1995-чу шарахь Т1ехьа-Мартан к1оштарчу Керла Шара ц1е йолчу юьртахь. 2012-шарахь, юккъера ишкол чекхъяьккхиначул т1ехь, НПУ-н филологин факультете деша яхна. Байташ язъян йолаелла ишколехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна.

Сих ма ло, зама!

Д1айоьду, ца хьожуш юха,
Д1айоьду, ца хеташ къа.
Зама, хьо сих ма лохьа,
Дай-наной делхадан тхан!

Езачух везар д1акъасто,
Сих ма ло, х1ай зама, хьо.
Синтемехь, дог парг1ат даккхий,
Хьастахьа цхьажимма тхо.

Юха а тхо вовшех къасто,
Сих ма ло, х1ай зама хьо.
Баккхийта цхьажимма чомехь
Кху лаьттахь мел боккху ког!

Нохчийн мотт

Шайн дайшца йолу з1е хаьдча,
Духуш ду муьлха а къам.
Нохчийн мотт хьоьца з1е хаьдча,
Ца боьхча болий-те лам?

Дедеха буьйцуш бисина,
Я ворх1е а дегара сайн.
Безам а, дозалла хеташ,
Ирс хета нохчийн мотт сайн!

Нохчийн мотт- хьо ду сан дахар,
Дедеха дисина сий.
Хьо боцуш мел хиларх яхар,
Бицбийр бац, дуй хууш сий!

Нохчийн мотт – сан деган ага!
Дахаран йист йоцу х1орд.
Эрна дац сан лаьттахь ягар,
Дагчохь мел йогу хьан шовкъ!

 Вайнах, №5, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх