Халикова Асет.

    Ас илли даьккхина

Ас илли даьккхина,
и яздан хьакъ юй ца хоттуш,
Ас илли даьккхина,
д1адахнарг хиндолчух хуттуш.
Аз сайниг делира,
ламанийн дохк егош даьлларг,
И т1ома ца далахь,
къинтера ер яц со аьлла.

Сан иллин маь1на ду -
дахаре сан мерза безам,
Ларбинарг сан ирсах,
диканах лаьттина тешам.
Ас илли даьккхина,
къонахчо доккху дерг санна.
Цо цкъа а хадор бац
нийса некъ адамех цхьаннен…

Уыи дерриш дицдича,
сан иллин жовх1ар ду башха –
Кхочу и Шара а,
Ч1ебарла, Варанда, Нашха…
Дог сема долучу
адамийн ойлане даьлла,
Цо хийла дегнашкахь
дика ц1е латийна яьлла.

Ткьа йовхо? Оццул и мичара
яьлла ахь хаьттича суна,
Сан нанас бераллехь эшаршца
елла ю цунна…

       Дахар – сан къийсам

Уггаре хьомсара хетарг,
Хьан дагах даима кхетарг –
Жовх1ар, ирс, деши я безам,
И бахьнехь хьуна хьуо везарг,
Лачкъийча, кхачало собар.
Дохадо т1аккха ахь тоба.
Саг1ина хьоьгара дехнехь,
Лург хилча, доккха дог доьлуш,
Хьанала некъаш ахь кхехьнехь,
Хьан деган т1емаш ца г1еллуш…
Кхачалой, кхачадо г1opa,
Ца ваха дуьненна гора,
Кхоллалуш хир бу и къийсам –
Дикане деган сатийсам.
Къийсам бу-кх адамийн дахар,
Диканах тешаш догдахар.
Дуьненца, адмашца, шеца
Къийсаме ахь дог д1ахецар.
Хьан сино кхиийна серло
Дагца ахь даима лелор –
Диканиг лакхене кхехьар,
Къинхетам вежаршна бехар –
Иза ду-кха адамийн дахар,
Х1ораннан бакъо ю ваха…
Къийса сан х1ума ца дисахь,
Дуьне а со елла диса.

    Яздаза илли

Яздинчул хала ду яздаза илли,
Ю иза х1инца а ястаза г1айг1а.
Ца хаьа лоьхуш со и цкъа а хиллий,
Амма и доьлху сан синбешахь лайха.
Яздинчул мерза ду яздаза илли,
Суначул лазар дац иза кхин цхьанна.
Цундела б1ешеран кхера шех хилла,
Дуьту ас даха и даима сайца.
Яздинчул хаза ду яздаза илли,
Х1инца а ца девзаш и долу дела.
Т1улг санна,
даима даг т1ехь а 1уьллий,
Хуьлу и дахарехь сан деган эла.
Яздинчул дукхаха дехар ду илли,
Кехат т1е 1аназа дуьнен т1ехь лелларг.
Яздина мел долу сан деган илли
Декъалдеш,
шерашца дахарехь лелларг.

***

Зама кхин дола ца йолий,
Йог1у со цул хьалха йолий.
Сан синан маршонан илли,
Нохчийчоь, хьан ц1арах хили.

Доллучу дуьнене безам
Белларг ду хьан бай т1ехь зезаг.
Ирсана елла хьо Дала,
Лайнехь а ахь беза бала.

Дуьненан муьлххачу кхерчахь
Яхалург хила со мега.
Амма дог даим хьох хьерча,
Хьоьца ю марзо а деган.

Хьан ирсан йозанан къайле
Хьан шерийн 1индаг1ехь йоьшу.
Стиглара сайн седа бале,
Хьан синна ас до1а доьшу…

Вайнах №7, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх