23.11.2015

Халидов Супьян. Нохчийн Мохк. Стихаш

Халидов222    Нохчийн Мохк

Нохчийн Мохк – сан дайн куралла!
Нохчийн лаьмнаш – сан дозалла!
Шу ду суна делла Дала!
Шун к1ант ву со, мичча валарх!

Аш мел лайна г1айг1а-бала,
Сан дагах а, сих чекхбаьлла!
Шух хьирчина т1еман алу,
Дуткъа иэсехь карлаяьлла!

Шу, лай дина, горах1итто
Лууш, хийла мостаг1 ваьлла…
Аш уьш шаьш юьхь1аьржа х1иттош,
Шун майралла г1араяьлла…

Шун синмаршо, оьздангалла,
Шун эхь, ийман, г1иллакх, яхь,
Шун стогалла, къонахалла
Йисна яха нохчашлахь!

        Хьан сибтехь схьах1уьтту суна…

Б1аьрхьалха лаьтта шу суна,
Кийрара дилхан дог хьоьстуш,
Бос сийна аренаш, гунаш,
Нур хаза эсала б1аьсте!

Кхузахь сан дай баьхна г1уоза,
Кхузахь цкъа хилла уьш ирсе.
Ч1ег1ардиг – б1аьстенан хьоза –
Хьийзина, бен беш, шен г1ирсе.

Юьрт хадош, довхачу хиша,
Некъ бина Терка т1е кхаччалц.
Замано кхачийна уьш а,
Зама а кхачор ю маццаъ…

Г1иллакхе, хьаша-да лоруш,
Девкар-Эвл даима хилла.
Дайн ч1аг1о, Даймехкан г1ора,
Халкъо хьох даьхна шен иллеш.

Цу Теркан рег1аца хьала
Бераллехь  со хийла ихна,
Лам т1ера хьан сибат  галлац…
Сан дагах ийна и дисна.

Хьан куьцехь схьах1уьтту суна,
Мерзачу г1енаша хьоьстуш,
Бос сийна аренаш, гунаш,
Нур хаза, эсала б1аьсте!

25.07.2013

    Деган 1ийжам

Хийла ас дуй бии  стигланах,
Дуй бии 1аьржачу лаьттах,
Ойлано бералле вигна д1а,
Сайн нене мохь бетташ лаьтти!

Сан дагна хьоме мел хетта дерг,
Нур догуш, сан иэсехь г1аьтти!
Ханъяларх, дицдан ца тигна дерг,
Малх санна, б1аьрхьалха х1оьтти!

Со велавели сайн 1уьйренна,
Дай, наний даьхначу кертахь!
Со векхавели сайн суьйренна,
Ирс деъча сайн сица берта!

Мел хилларг, мел лайнарг декъалдеш,
Барт баьккхи вежарийн кешнех…
Ницкъ хилла декъазчу хьекъална,
Мотт сеци, даш хилла дешнех!

Сирлачу б1аьргех хиш 1ийдалуш,
Со виси, зама а сецна,
Дуткъачу сайн сица худалуш,
Сайн деган 1ийжамо лаьцна!

06.01.2013

Нохчо ву со!  

Пушкина, Лермонтовс, Толстойс
Вийцина нохчо ву со!
Захаровс ваьккхина холст т1е,
Махьмудах ас хелхар до!
Кавказан лаьмнашна к1елахь
Баьхна сан генара дай,
Дарц хьоькхуш, мох хьоькхуш мела,
Ч1аг1о еш, ца хила лай!
Исторехь таллаза йисна
Х1инца а къайле ю со!
Мел хан ю! Мел хан д1аихна,
Дуьнент1е ваьлчхьана со?!
– Мичхьара веъна хьо лома,
Д1атесна дай баьхна мохк?
Муьлхачу схьаваьлла къомах? –
Хийламмо соь хеттарш до…
Хилларг-м хилла ма даьлла,
Шен мухха хадабарх мах –
Ахб1ешаре буьллу кхоллам
1илманчаша нохчашна!
Хаац и бакъ ду я харц ду –
И Делан къайле ма ю!
Г1аланаш херцаярх дарцо,
Ас харцо эшор ма ю!
Т1аккха сан шеко ца юьсу
Бохучух: «Дехар ду къам!»
Некъ бийр бу 1аьржачу буса,
Хадор бу мокхазан лам!
Лаьтта т1ехь далур а доцуш,
Нохчочуьнга х1умма дац!
Халкъана, махкана воцуш,
Ваьхна и, ца лийна харц!
Дала Ша йина кхиэл хийца,
Ницкъ болуш, мила ву-те?!
Буьтур вай лууш берш дийца –
Дийцинарг хила ду-те?!
Дуьтур вай, эрна ца къуьйсуш,
Муха ду нохчочун дог!
Нохчо ву догдика вуьйцуш,
Нохчо ву Дала магош!
Г1иллакхе, оьзда ву иза,
Яхь йолуш, къинхетаме!
Тешаме доттаг1 ву иза!
Сийдеш ву Даймахкахь шен!
Европехь 1ашшехь, вай дуьйцуш,
Хьалхахьа некъ бийр бу вай!
Ийман ду нохчочун ц1ийца!
Лийр дац вай! Дехар ду вай!

  Тахана со жимма кхоьру…

Тахана со жимма кхоьру,
Хьо вог1у, воьду ца вайча.
Хьесап деш ас шераш лоьру,
Хьан шераш даьхкина сайца.

Вай къона, сов кегий долуш,
Дуьненах долуш самукъа,
Атта ловш муьлхха а хало,
Вовшашна дезаш сил дукха…

Мацца а, дуьхь-дуьхьал кхетча,
Вевзар а вуй те со хьуна?
Доттаг1а, со ала хецна,
Тахана ца х1утту хьуна!

Делахь а дац хьуна иза,
Тиллачех ву бохург хьо ас.
Делахь а дац хьуна иза,
Ахь бина бохург хьайх тоам!

К1антана ялийча зуда,
Я яхча йо1 цуьнан маре,
Доттаг1чух ца хилча х1ун до,
Сатуьйсуш доттаг1а варе?

06.11.2002
Вайнах №9-10, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх