12.05.2015

Халидов Супьян. Нене. Стихаш.

Нене
Беттан нур дайина,
Буьйса ю кIоранал Iаьржа.
Со цкъа а виц цавеш,
Хьайн дагна кхерамаш туьйсуш

ГIенах сан цIе йохуш,
Хийлазза хьуна са даьржа,
Iожаллин кхолламца
Лела хьо сан амат къуьйсуш

ЙогIучу суьйренца
Хьо гIийла ма хила, нана,
Дог шийла тидамаш
Ма баха шуьйрачу некъийн

Сайн ирсе бералла
Дахначу кхочур ву кхана,
Хьо, езаш, хьостур ю,
ТIеозош ховхачу некхе

Наб йоцуш, хийла ахь
Техкийна сан ховха ага,
Хьомсарчу кIантана
Дог айден туьйранаш дуьйцуш

Iамавеш дуьненахь
Тем боцчу ойланца вага,
Соьгара дийлина
ГIалаташ бакъонца хуьйцуш

КIантана сагатдеш,
Хьо гIийла ма хила, нана,
Ойланца хьоьх ваьлла
Дуьненахь лелла вац пана

Сайн ирсе бералла
Дахначу кхочур ву кхана,
Хьо цунах тешалахь,
Ас иштта даггара аларх!

Дуьне

– Дуьне, х1ун ю хьо?
– Дуьне ма ду со,
Лаца т1ам боцуш,
Х1отто бух боцуш!

– Дуьне, х1ун ю хьо?
– Дуьне ма ду со,
Д1а уьдуш гуонна,
Диканна, вуонна!

– Дуьне, х1ун ю хьо?
– Дуьне ма ду со,
Хьал долуш дехаш,
Массара лоьхуш!

– Дуьне, х1ун ю хьо?
– Дуьне ма ду со,
Жималла 1ехош,
Къаналла чехош!

– Дуьне, х1ун ю хьо?
– Дуьне ма ду со,
Дала хьо лойтуш,
Сайн марахь 1ойтуш!

– Ма дуьне ду хьо!
Дуьне ма ду со!
Дуьне!

Даймахках илли

Хуур дац ца ваьллачунна,
Хьоьгуш, шен Даймахках, ара,
Мел сагатло генахь цунна,
Мел сатуьйсу б1аьрга баре!

Некъаш лардеш, коре хуьйшу
Ненах, цо т1евоьхуш шена,
Йолу д1а мел йолу буьйса,
Даима гуш Даймохк г1енах!

Дарба дарх, ца йоьрзу чевнаш
Атта ерзайо цо, хьостий,
Доьллий схьа шен деган кевнаш,
Гойту лозчу дагна б1аьсте!

Сан Даймехкан лекхчу лаьмнех
1ийдало шовданаш шийла!
Сан Даймехкан ц1енчу 1аьмнех
Тайна суьрташ карла дуьйлу!

Ду те кхоьллина хьох хьега,
Нохчийчоь, тхо Везчу Дала,
Йоцуш хьо бен тхан са тедан,
Хьо бен йоцуш орцахъяла?!

Нана-Даймохк, сирла безам,
Бицлур бац, хан-зама яларх!
Г1елбелла, хьан байна доьзал
Боьрзурбу ц1а, гечде аьлла!

Маржа са, жолам-я1!

Я знаю, что я
Ничего не знаю…
(Сократ)

Вала а велла суо, дуьсур ду аьлча дуьне,
Бесни т1ехь мелчу хиэ лар юьту нуьцкъала шен!
Шал шийла сингаттам боссабой дуткъачу сиэ,
Хьийзаво, овдетташ, сиха болх бойтуш даге!

Дийцарехь, цхьаволчун садолу, велалуш, атта…
Х1умма а дог холчу ца х1уттуш, вижна ву моьттуш!
Маржа-я1! Маржа-я1! Х1ай, вала кхоьллина верг!
Валар ду 1аш, т1емаш даржийна, ирйина церг!

Маржа-я1, кхоллам, хьан!
Хийца йиш яц хьо цхьаннин!

Маржа са, жолам-я1, доьрзур дац юха данни!

Вайнах, №11, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх