Халидов Супьян. Гергарчарах лаьцна.

Акростихаш

***

Мел генахь висна-кх хьо, виса,
Оццул хьайх хьегначу дагна,
Хьарчийна марчонан к1айн киса,
Мокхазчу т1улган чурт аьгна!
Амат бен ца дог1у дага…
Дог 1ийжа: ду и ган хьогах!

***

Каш санна, шийла ду латта,
Емалдеш санна сан дахар…
Бац, нана, дег1ехь ницкъ г1атта,
Ирс а дац, шега дог даха!
Раздевлла, лаьтташ ду чарташ…
Ас доху цу т1улгех барташ
Тийначу дайн кешнийн кертахь!

***

Мало ца евзара хьуна:
Охура ахь, доьра кха,
Хьокхура буц юьртан гуонах,
Амма ца до1ура са:
Дог дара хьан лардан дезаш,
Дара и-м, сан ваша, хьег1аш,
Ирсе цахиларна хьо!

***

Эрна ца хьегна ахь къа,
Мел динарг дисна т1аьхьенна:
Эчиган керт, доккха ц1а,
Дуьйш-дерзош хасстоьмийн кха,
Диттийн беш, беркат луш ц1енна,
Ирс долуш доьзал а цхьа!

***

Сан ваша, хьо дара дика адам,
Урамехь а вацара хьо саннарг!
Лулахой боьлхура, беш хьох кадам:
Тезет х1отта жима вара ханна,
Амма Делан кхел леланза ялац,
Ненан даг т1е базбаларх а бала!

***
Рицкъанна т1аьхьа а ваьлла,
Умматах ца къаьсти хьо!
Сий дойла хьан Везчу Дала,
Лерам а Цо бойла хьан!
Азаллехь яздина хилларг
Наггахь а меттиг яц тилла!

***

Листича дахаран денош,
Анайист схьагучуйолу.
Резаеш, ирсечу хено
Исбаьхьа шен илли олу:
Синтеме хуьлийла ойла!
Аьхзалло чеха ма йойла!

***

Леррина хьан ойла йо ас тахна,
Уллехь сецаш хьуна, генахь сецаш:
Ирсе денош сиха девдда дахна,
Зовкх а хьоьгуш, доьхна дог а оьцуш,
Аьхна хеташ дений, нанний хьалха.

***

Резадеш да-нана, дика к1ант вара,
Уллехь хьо ца хилча, сагатлуш церан.
Сийначу стигалахь цхьа седа бара,
Тийначу, г1ийлачу
хьоь хьоьжуш т1ера!
Амма ца хиллера и ирсан седа,
Марзо луш, ирс кхийдош,
маршалла луш хьоьга!

***

Ма мотта цунна ца лаьа
Олхазарх са т1ома г1атта,
Хьаьвззина, генаш т1е хаа,
Малх кхеташ, тергалдан латта!
Адам ма ду иза жима,
Д1аоьцуш ден, ненан къинош…
Синош ду, боху, цхьабосса
Азаллехь кхоьллина Дала,
Луш х1оранна а цхьа бос а,
Амат а, адамна аьлла,
Хьекъал а, г1уллакх дан Далла!

Вайнах, №12, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх