Хаджимурадов Вахит. Малижа

ВДийцар

Сайца цхьаьна классехь дешначу Бажаева Малижин безамна.

Б1аьсте. Цул хаза х1ума хир дуй техьа х1окху дуьненчохь? Нагахь хилахь а, иза а хир ду-кх оцу б1аьстено кхоьллина. Х1ор б1аьста шен хазаллица йог1у, цо ц1индо вайн дахар. Баккхийн нах-м цхьацца шайн баланаш бовдийна лелаш, кхин шайна гуонаха хьовсучохь а ца хуьлу, амма берийн синхаамца къаьсттина уьйр хуьлу б1аьстенан. Ца хаьа, бераш а шайн дахаран юьххьехь хилар хир ду-кх и, б1аьсте а санна. Б1аьсте а ма ю шеран юьхьиг, вай керла шо 1аьнаюккъехь даздахь а. Иза дара 30 шо сов хьалха. Иза яра тхан дахаран юьхьиг, тхан б1аьсте. Бераш-м цу хенахь а дара х1инцалерачех жимма къаьсташ. Гуонахарчу диттийн гаьннашкахь декачу зевнечу олхазарийн аьзнашца къуьйсуш дара берийн аьзнаш ишколан йоккхачу уьйт1ахь. К1айчу басахь кучамаш а, таь1начу басахь хечеш а яра божаберийн ишколан духаран кеп. Ткъа зудаберийн – шура санна к1айн фартукаш. Оцу хенахь юкъарчу ишколан барам итт класс бен бацара. Тхан классан т1аьххьара ишколан б1аьсте яра т1екхаьчнарг, делахь а оцу хенахь тхо-м дацара цуьнан ойла ян кхуьуш. Дукха хаза яра жималла, цуьнца хазалла къуьйсуш б1аьстенан ялсаманен сурт.
Хьанна моьттура и хаза б1аьсте, и мерза жималла цкъа чекхъер ю?! Жималла, къоналла-м х1етте, шовданан хи санна, цкъа а кхачалур яц моьттура, тхайн бералла чекхдаьлла хиларх а ца кхетара тхо-м. Къоналла т1екхачаран билгалло яра к1ентийн къайлах-къулах, иэхьаца мехкаршка хьежар а, цхьацца х1инццалца ца бевзина синхаамаш гучубовлар а. Дуьххьара къоначу дегнаш чохь кхоллало безамаш аьлча нийса-м хир дара, делахь а иштта к1орга синкхетамаш а бацара ойланашкахь, безам, безамаш боху дешнаш къамелехь к1енташа а, мехкарша а ловзадахь а. Б1аьстенан хазалланин, къоналлан марзонан чам тобеш т1ехула т1етоьхна моз санна-м бара и дуьххьара безамна дегнаш тохадаларан хаамаш.

Дахарехь шадерг а санна, цхьатерра д1аекъна-м яцара и адмийн дахарехь уггаре мерза лоруш йолу дуьненан синан ялсамане. Ден-ненан балхахь болчу аьттуоне хьаьжжина, уьш хиларе, цахиларе хьаьжжина, церан г1ишлоне хьаьжжина шен къамелан мах хадораш а хуьлура, массо а заманахь санна. Ишттачийн безамаш боху дешнаш деккъа ц1ена дешнаш а хуьлий дуьсуш а нислора. Бакъбезам бовзар а массарна ца деллачух тера ду-кх кхолламо. Б1аьстено жима бер аганахь санна техкош, ловзош долчу тхан къоначу кортошкахь мича яра иштта к1орга ойланаш? Холманчана зурма екаро санна, б1аьстено шена т1ехьах1иттийначу тхуна, х1инца дахаран к1оргенехь тамашена хетахь а, и зурма сихъян лаьара. Тхо-м сихделлера даха, тхуна-м хетара хан-зама дукха тиэкхаш, меллаша йоьдуш санна. Со 9 классехь керла т1евеъна дешархо вара. Х1окху т1аьххьарчу шина шарахь, парташна шина мог1анехь дехьа-сехьа делахь а, вовшашна уллохь дара тхойшиъ. Раз д1ахьаьжча, гора суна цуьнан сибат даима а, со хьехархочун хеттаршна жоьпаш луш велахь а. Тхойшиннан б1аьргаш дуьхь-дуьхьал кхетча-м, со бухбоцчу айми чу кхоссавелча санна, вовра цуьна б1аьргийн сийналлехь.
Цул хьалха а, т1аьхьа а суна кхин гина дац иштта бухбоцчу сирлачу стигалан басахь б1аьргаш. Цхьа ша тайпанчу хаза сирлачу йоь1ан месаша-м оцу б1аьргашан холмачаллин йийсар вора хьуна мел ч1ог1а дуьхьалла ян лаахь а. Ткъа хьуна-м лаа йиш яцара оцу б1аьргийн аймин йийсарера вала. Б1аьстенах валалой шен ойланца, лаамца? Дера ца валало. Иштта даималлин б1аьсте яра-кх оцу б1аьргашчохь. Яра дера- кх. 1аьнаюккъехь корал арахь оьгуш даккхий к1айн лайн чимаш делахь а, оцу йоь1ан сирлачу б1аьргашна чохь яра даима а б1аьсте. Ма ирсе стаг хетара суна суо! Ма сайн х1инцца бен кога дахазчу дахаран ирхене хьалахьаьдда моьттура суо. Дахаран лакхенга! Амма ишколан шераш чекхдовла герга г1оьртича со кхета вуьйлира, сайн ирс сатосуш 1уьйренца хьуьнан йистте доьссина дохк санна хилар. Ц1е санна бовхачу малхо сиха д1акхоллу и дохк. Бакъ безам чохь кхоллалуш мел ц1ена дог делахь а, ирс безамца цхьана некъахь лелаш ца хиллера, дукха хьолахь. – Малижица «доттаг1ала» х1унда ца леладо ахьа? Хазахетий хьуна и? Ас захало хьахаде цуьнга? И-м дуьхьала хир йолуш яц, суна хаьа иза-м, – хьахийра соьга переменехь хазачу куьцехь, лекхочу дег1ехь йолчу классерачу Губани ц1е йолчу йо1а. – Ас айсса… Со суо вистхир ву, – иэхь хетар къайладаккха г1оьртира со, амма г1уллакх-м ца хилира. Сан к1ззигчу дахарехь дуьххьара гучудаьлла дара суна «захало» боху дош. Дагахь доцуш ц1еххьана хиларна, со-м эхъ хетта а ца 1аш, воьхнера.

Суна-м моьттинера массо а адмашна сайн къайле гучуяьлла. Аса сайх а лечкъош дерг, х1инца массарна а хууш ду моьттура суна, сайгара даьлла дош а доцуш. Х1инца классе муха ваха веза, муха хьажа веза, х1инццалца къайллаха хьоьжуш хиллачу б1аьргийн сийналле, сайн къайлахчу б1аьстене? Х1унда ду божабераш шайн кхиарехь зудаберел т1ехьадуьсуш? Со классан чоьхьаваьлча, Малижа, важа дешархой санна, урокана кечамбеш, шен парти т1ехь 1аш яра. Классан чоьхьа ваьлча, хьехархочо урокана сихбинчу дешархошца цхьаьна нисвалар бахьнехь, со жимма меттавеара. Со а сихха сайн метте охьахиира, амма Малижин аг1ор урок чекхъяллалца ца хьаьжира со. Урокехь х1ун дуьйцу а, х1ун хьоьху а ца хаьара суна, ц1ахь 1амо делларг д1аяздан эс а ца кхечира. Т1аьххьара урок хиларна аьтту хилира сан. Со сихха сайн т1оьрмиг эцна, аратилира.
Х1инццалца санна сайн накъосташка ца хьоьжуш, со сиха велира ишколан уьйт1ара ара. «И-м дуьхьала хир йолуш яц… Ас захало хьахаде цуьнга?» – сан коьрта чуьра д1а ца довлура Губанин дешнаш. Маликин б1аьргийн сийналла яра гонаха массо а х1уманца: диттийн зазца, зезагашца… Ткъа стигал! Оцу стиглара доьссина малик хилла-кх сан Малижа! Муха? Сан Малижа! Мел мерза ойланаш, мел мерза дуьне дар-кха со хьоьстург. «Ткъа со стенга воьду? Со-м тхайн ц1а воьдуш ма вац? Тхан ц1а-м кхечу аг1ор ма ду! Малижа 1аш йолчу аг1ор воьдуш ма ву со-м! Ахьа х1ун до, 1овдал, хьера-м ца ваьлла хьо? Классерачу берашна тосалахь-м, цара беламе воккхур ма ву хьо! Ц1а ваха веза, нахала валлале! Кхана гур ю хьуна Малижа. Муха кхана? Тахана Малижех кхин цкъа б1аьрг ца тухуш-м вахалура вац со ц1а!» – ойланаша хьовзийра со. Ишколан уьйт1ара, схьахетарехь, со массарел хьалхе араваьллера. «Сан ши накъост Турпалханний, 1арбий а хир ву- кх со вайна хьийзаш», – дагадеара суна. Тхо-м дацара ишколехь, хьовха, ц1ахь а вовшех къаьсташ. Фотоаппаратца дийнахь даьхна сурташ фотокехата т1едохуш 1ара тхо наггахь сахиллалца а. Ткъа шолг1ачу дийнахь классехь наб хьоьг1уш 1аш хуьлура. Х1инца-м кхоьссина витинера аса сайн ши накъост а. Со-м вацара тахана кхин цкъа, къайла-къулах гина а, сайн Малижа ца гича 1енлура волуш. Геннахь сайна т1ехьайог1уш хааелира суна дешархойн тоба. Дуткъачу, х1инца а божарийн аг1оне дерзаза долу лахарчу классхойн аьзнаша, олхазарша хьун санна, декадора урамаш. Уьш лакхарчу классерачу дешархойн кепаш х1иттош бог1ура.

Мехкаршца цхьаьна бог1ура тхан классеранаш а. К1айн фартукаш мел хаза товш яр-кха мехкаршкахь! Цхьатерра бос болуш хетара берриге мехкарий оцу фартукашца. Амма иштта хетара со воцчунна. Оцу малхехь лепачу к1айн фартукашна юккъехь сан б1аьрго сихонца къастийра Малижин фартук, цуьнан нийса- семса, тайниган санна сирла месаш. Иза-м шайн тобанера берриге мехкарий санна, самукъане, екхна елаелла яра. Суна-м дера моьттура иза со уллохь ца хилчи ойлане хир ю. Иза елалуш хилар-м суна дикка новкъа а деанера. Ткъа сан дагна кхин а ч1ог1а вас ен ерг-м т1аьхьа гучудала дезаш хиллера. – Малижа, хьо дагайоьхна, садолуш доллу-кх сан.
Хьо мел ч1ог1а хазахета суна. Сан а бен, кхин цхьанне а хуьлийла дац хьо, оццул ч1ог1а суна езаш хилча. Дала бекхам бийр бу хьуна со ахьа д1ататтахь. Хьан и ши б1аьрг вуьжуш а дуьхьалатуьйсу суна, вижича г1енах а и хьан стигаланан басахь б1аьргаш хуьлу со хьоьстуш. Д1а ма тетта сан захало. Делора, ю аса хьо ядийна юьгур, хьо хьуо реза а йолуш ца яг1ахь! – ч1ег1ардиган декар-м берийн ловзар дара, тхан классерачу 1умр ц1е йолчу к1анта Малике дечу къамелаца дуьстича. Хала кхиира со цхьана нехан кет1ахь доллучу стоммачу комар диттана т1ехьа иккхина къайлавала. Суна-м сайн дахарехь ца гинера иштта жимчу стага йо1аца къамел деш. Иштта аьлча а, нийса хир дац иза, суна-м ца гинера цкъа а захало дуьйцуш, бегашийна а. И дийцаран а цхьана тайпа кхетам бацара сан. Амма сан дегбаамах дуьзинчу даго-м хьоьхура суна захало, оьздангаллан бух боцуш ца дуьйцу бохург.

«Шиннан юккъехь иккхина суй, муха боккху нахала, оцу суйнах и сийна ц1е яьлла латтахь а! Сан хьекъал ца кхуьура оцунна т1аьхьа, амма кхетара: новкъа юккъе х1оьттина, ц1ехьахахкабелла бог1учу дешархошна юккъехь мохь тоьхнна дуьцуш цахиларх, шиннан къайле хила еза и мерза дешнаш. Йо1ана- м ч1ог1а новкъа хила деза иштта дешнаш. Малижас-м бехк баккха безара оцу эхь дайначу к1ант-стагах», – ойланаш хьаьвзира сан ц1ий хьаьдда богучу коьрте. Амма сайна хезначух цецвала дийзира сан кестта. – Ишкола чекхъяккха дагахь вац хьо? – шега дуьйцучу къамелах билггал самукъадолуш къежира сан «хьомениг».
– Ой, ишкола-м чекхйоккхур ю вайшимма. Амма, кхин д1а-м сатохалур долуш дац-кх х1ара сан безамах доьттина дазделла жима дог. Хьуна муха хета и? Цхьа а институташ-минституташ юьцура яц вай.

– Трактор т1е балха ваха-м ца воллу хьо? – к1елд1ашкахула, малхана дуьхьала санна, к1анте хьаьжира Малижа, т1аккха – шен накъосташка Маликига а, Губанига а.
– Ой, вац дера со-м тракторна а, ворданна а т1е балха х1уттур волуш. Заочно! – йо1 шен къайленах кхетийра 1умара. – Тхан да-м ву трактор т1ехь болх беш. Цунах ца вашар-м дац хьан иза? – дегабаам бен кеп х1оттийра Бусана ц1е йолчу т1ехьуо схьаг1ертачу ворх1алг1а классерачу йо1а.
– Шун да-м, Бусана, тхан девешин доттаг1 ма ву. Иза-м цхьа борз ю. Вац дера со-м цунах цавешаш, иза-м шен бежнаш кхобуш, дика воллуш ву. Со ву-кх ч1ог1а юрист хила дог долуш. Т1ехула т1е, со дешна валале шайолу трактораш юккъера д1аевра ю, – шен лулахо-йо1 д1атейира 1умара. – 1ума, тракторш юккъера д1аевлча, церан меттана болх хьан бийр бу, ткъа? – хаьттира Бусанас, шен дегабаам чекхбаьллий хоуьйтуш, ша жима йолуш дуьйна ма-яккхар 1умаран ц1е а йоккхуш.
– Бусашка, х1инцлерачу тракторийн меттана робот-тракторш хир ю, программица ша болх а беш. Со захало дуьйцуш воллуш новкъарло ма ехьа суна, – йо1 хьостуш, дехар дира 1умара шен лулахочуьнга.

– Хьох-м прокурор хир вара, ткъа сан ойла йиний ахьа? – ша 1умаран х1усамнана хилла яьлча санна хоьттура Малижас. Айса дечух а ца кхеташ, дешархошна юккъахь хьулвелла жимма т1аьхьо соьцуш, т1аьхьа воьдура со а. Х1умма а нахах къайладаьккхина доцу 1умаран къамел-м, берриге урамехь хезаш дара. Цо-м хаъал дозалла деш, кест-кестта шен коча сийна б1аьрг а та1абора, улло яьлла схьаг1ертачу накъосте Майрбеке. Хьалххе барт бича санна, Майрбека а т1етадора 1умаран дешнаш: – Дера, Малижа, х1ара-м цхьа бож ю хьуна. 1уьргара лаьхьа а боккхур болуш ву. Х1окхо бохург ахьа ца дахь, елла д1аяллалца дохкояьлла лелар ю хьо!
– Эшшай! Ахьа т1етадича-м ца тешара со, – къежира Малижа. – Хьо теша-м ма теша, сан дош-м къонахчун дош ду хьуна, йо1! – ша хасто ца вицвелира Майрбек. Оцу юкъана 1умаран ц1енна т1екхечира дешархойн тобанаш. Амма 1умар шайн дика, товш, ц1ечу кибарчигах динчу ц1ийнан аг1ора ког а ца баьккхира. Цхьа пайда ца оьцуш-м ца 1ийра иза шайн ц1ийнах.
– Хьажал, Малижа, и д1о сехьара йоккха ши чоь вайшиннан хир йолуш ю-кх. Маьлхан, сирла аг1о ю-кх вайна дадас схьалур йолуш, – лекха бух боьттинчу ц1ийнах дозалла дира цо.

Уьш мелла а гена бевлча, со а кхечира 1умаран ц1енна т1е. Тхайн миска бахам, сайн кегийра вежарий, т1ехь воцу да, тхо когаирах1итто г1ерташ къахьоьгуш йоллу тхайн миска нана дуьхьалтесира суна… Со сецира… Вухавирзира. Суна кхин ца хезира 1умаран ч1ег1ардиган къамел а, Маликин елалуш дека аз а. Генадовлуш хезира, амма сан кхин бала бацара оцу къамелаца.
Делкъал т1ехбаьлла малх нийсса дуьхьала бирзина бара суна со ц1ехьа вирзича. Цо со кхин ца хьоьжуьйтура стигланан басе, йоь1ан б1аьргашца иза бустуш, оцу стиглахь йоь1ан сибат гуш. Малхо со ца кхетийча а, со-м х1инца суо а кхеттера, стиглара лаьтта а воьссина, кхул т1аьхьа сайн ваха дезарх. Некъан 1индаг1 долчу йистехула сихха ц1ехьа волавелира со. Х1инццалца ма-хиллара, мерза, хаза хьожа етталора, кемсийн хорханш санна, зазах дуьзинчу акказин охкаделлачу генех. Сирень а даьржинера акказийца къовсаделла. Сомах г1ан хеталора сайна гонаха мел гуш дерг а. Ч1ог1а беза, хала болх бича санна дег1 ч1ог1а к1адделла х1оьттинера.
– Накъост, хьо стенга ваханера? Хьо лоьхуш охашимма ерриге ишкола ма теллина! – чухахкавелира суна доттаг1 1арби, даима санна, дерриге дуьненна везавеш.
– Хьо охьанехьа хахкавелла воьдуш гира шайна ма элира тхан йишас Розкас, – т1етуьй-хира Турпалхана а. Оцу хенахь ишколачура шен накъосташца-мехкаршца араяьлла схьайолаеллачу Розкас, шен хьаьвзина хаза ч1агарш хиллачу сирлачу месашна к1елд1ашхула шен эсала сира ши б1аьрг белхош, тхан аг1ор хьажош, кхин цкъа а т1еч1аг1дира шен дешнаш:

– Гира, гира… Лаха аг1ор хьаьдда воьудш гира… – цхьанна а ца хуург шена гучудаларан тоьшалла дира догц1еначу тхан хеннара йолчу йо1а Розкас. Ткъа сан ши накъост-м ц1а ца воьдуш со лоьхуш лелаш хиллера, ишколана гуонаш туьйсуш. Со цхьа хьекъалах тиллачух тарвеллера цу шинна. Хьанна хаьа, со-м хила а мегара мелла а хьекъал эшна.
– Дера ву со вайн накъост цхьана меана чухахахкавелла вахана хилла моьттуш, – велакъежаш, шен дика цергаш гучуехира, тхол цхьа-ши шо жима велахь а, вундеркинд аьлла ц1е яханчу ша Малижана санна ц1ена юьхь-сибат долчу сан доттаг1чо Турпалхан а.
– Хьуо лаха аг1ор воьдуш, тхоьга а ца олуш х1унда вахара? Вайн лакхахьарачаьрца дика ма бац уьш. Дера ву хьо цара г1иба валлалц йиттина упадда воккхур! – т1етуьйхира, даима а т1емалочун дог-ойла йолчу 1арбис. Со-м вацара сайга дуьйцучух кхета хьекъал долуш а. Со воьхнера. Х1инцца кхиъна вог1учу жимачу стагана дукха хетар-кха цхьана дийнахь шена т1ех1иттинарш. Йоь1ан дагара хаар къовдор… малик тарделлачу йо1ах догдалар… мехкаршна т1аьхьа уьдуш накъосташна гучувалар. Яккхийнчу х1усамашкахь-м мелла а эвхьазуо хуьлу хир дара и саннарш, амма со вар-кха ч1ог1 эхье, дукха къовлавелла. Берриге нах-м цхьатерра хила йиш а ма яц, х1унда ву и стаг иштта, кхийниг вуьшта олийла а ма дац х1окху дуьненчохь.

– Д1адовлийша, аша х1ун до следовательш-ЗНАТОКИ-ш а хилла! Со эцца туьканаш йолчу юккъе ваханера, – к1елхьара вала г1оьртира со доттаг1ийн керара. Жималла, жималла! Ма сиха карийра сан накъосташна дийца къамелаш, бан бегаш. Ма даккхийчех ца хетара оцу хенахь зудаберашка бен бегаш, церан хазаллех 1ехавалар.
Тхоьгахь-м фотоаппарат ма яра. «Смена» олуш, оцу хенахь юкъаевлла 15 сом мах болуш яра и. Мел самукъадолура тхан вовшийн хийца а луш, дог1уш лаьтташехь сурташ дохуш.
– Тховса схьадохий вай суьрташ? – хаьттира Турпалхана тхо д1асакъаьсташ. Церан ц1а ишколана уггар а уллохь дара, тхайниш – генхьуо.
– Ца хаьа, фиксаж-м кхачийна вайн, – элира аса. – Кхинаш тоьуш юй?
– Ю моьтту суна, – жоп делира аса.
– Х1ун мах бу цуьнан? Аса суьйрана д1авог1уш йохьура ю, – олуш, шайн ураме д1авирзира иза.
– Барх1 кепек бу моьтту суна, – т1аьхьа ч1ог1очу озаца элира аса Турпалхане. Сой, 1арбий-м кхин а дикка гена д1авахан дезаш вара. – Сайд1али, хьо стенга ваханера?
– хаьттира 1арбис кхин цкъа а тхойшиъ цхьаьна висича.

– Эцца волалуш вара со-м, – дог ца дог1уш жоп делира аса. – Цхьаьнцций дов даьлла-м ца ваханера хьо? – шен буйна лоцу ишколан т1оьрмиг, куьг хуьйцуш, вукху кера а лоцуш хаьттира 1арбис, сох ша ца тешар а хоуьйтуш, шен даималерачу девне ч1ог1ачу озаца.
– Х1а-х1а, цхьа а дов дацара… – д1ахадийра аса. Со самукъане цахилар цхьа цамгар санна хьакхаделира 1арбех а. Кхин д1а къамел ца хилир тхойшиннан, тхайн цхьацца ойланаш кхечира тхойшиъ 1арби вехачу х1усамна улло.
– Со суьйранна д1аван мега, карх далахь. Со ца хилахь а, оцу Турпалхане дерриге хаза девлла сурташ д1а ма дахьийталахь, Сайд1али, – олуш, шайн доккхачу кевнехь къайлавелира 1арби. Со х1инца-м сайн ойланашца, сайн лазамца суо висира. Суна-м со ч1ог1а левина моьттура, хьан, стен ца къаьсташ делахь а.
Кхечуьнан б1аьргашца суна суо ган йиш хилча, кхетара вара, кампет ца кхаьчначу берах тера хиларх. Суна стенах хаа дезара дахаро хийлаза иштта гойтуш, кховдош йолу кампет даима а мерза ца хилар, нагахь иза хьуна кхачахь а. Со чукхаьчча, даима санна, нене юург ца йоьхуш, дехьа чу а вахана, киншкаш чохь йолу сайн т1оьрмиг соне а кхуссуш, ишколан духар а ца хуьйцуш, маьнги т1е аркъалвижира.

Со-м дог доьхна вара. Сунна-м дагара ца довлура йоь1ан стигланан бос болу б1аьргаш. Суна-м мерза а, новкъа а дара и б1аьргаш. Суна-м дуьне хецаделла, цхьана 1инах дахана моьттура. Суна-м оцу хенахь ца хаьара, ткъа иза хиллера сан дахарехь уггаре мерза, хаза мур. Сомаха гуш долу г1ан санна, йоь1ан б1аьргаша шен дахарехь цкъа мукъна а хьовзийнчу к1ентан дог кхетара ду-кх сох. Суьйрана со набарх ваьккхира Турпалханан зевнечу озо:
– Хьо х1ун деш 1уьллу, боьрша цициг санна, дийнан делккъехь вижина! Хьалаг1атта! – сан белш д1асатуьйхира доттаг1чо.
– Хьажал, аса еана фиксаж вайна мегаш ерг юй? Барх1 кепек йоьхург-м ца карий суна оцу «Культтоварийн» туькнахь, х1ара 14 кепек йоккхург ийци-кх аса. Мегар юй вайна иза? – суна т1е а х1оьттина хоьттура Турпалхана юх-юха а, кхин со самаваьлла ца волуш. – Мичхь ю и? – хаьттира аса, хиллачух ца кхеташ.
– Х1ара ю-кх, – сан мерак1ел еира Турпалхана фиксаж чохь йолу пакет.
– И х1ун ю? – хаьттира аса, суна-м самах а, г1енах а гуш ерг кхин яра, сан доттаг1 ца кхетара.
– Самавала, х1ай накъост. Фиксаж ю и аса вайна эцна, – сан хаттарх ца кхийтира Турпалхан.
– Фиксаж, фиксаж…, – со маьнгин йисте охьахиира. – Хьажал, ишттаниг мегаш юй вайна? Ахьа юьйцург ца карий суна, – ша эцна фиксаж цамагарна кхоьруш вара сан доттаг1. Мелла а тхоьгахьчул сов кегийн берийн х1уманаш дисинера Турпалханехь х1инца а. Ши шо тхол жима велахь а, классехь дика кхеташ а, доьшуш а вара иза, амма бераллех вала х1инца а генуо вар-кха. Со кхин цкъа а хьаьжира цуьнан керахь йолчу пакете.
– Мегаш ю. 1арби мичхьа ву? – хаьттира аса.

– Со-м и волчу ца хьаьвзира, и кхузахь хир ву моьттуш, – шен цхьа бехк болуш санна бехказавуьйлура Турпалхан.
– Мегар ду. Цо-м новкъа г1ертар бен, кхин г1о а ца дора, – элира аса.
– Хьан ца до г1о? Со ца хилча шу шиъ ван а вац-кх! – шен девнечу озаца дехьачура гучувелира 1арби, самукъне радиотулг1е санна. Дегбаам бар, халахетар-м 1арбина х1ун ду а ца хаьара, амма ц1ергахь эчиг санна ц1ийваллалца къийсавала-м карх-м долура цуьнан.
– Шу шиъ х1ун деш 1аш ву? Суна хаьара, схьа а веана, аса меттахваккхалца шу шиъ наб а кхетта 1уьлур вуй! Вала ший а саттий! Вай суьрташ дохуш, ца дохуш – х1ун деш ду? – чухахкавелира шен ч1ог1ачу озаца 1арби.
– Х1ан, д1айолий хьуна х1окхо шен масатоп! – мах хадийра Турпалхана 1арбийн чукхоссаваларан.
– Вай арахь цхьажимма 1аржъяллалц собар ца дича девр дац. Вайн коьраш дика т1екъовлалуш ма даций, – кхетийра аса доттаг1ий. Нанас шен куьйга вовшахтоьхна тхан миска г1ишло суьрташ даха леррина чоь йолуш яцара.
– Делахь, 1аржъяллалц кет1адовла вай? Арахь хаза йовха суьйре ю вайна, – элира цхьана меттехь сатоха ца лучу 1арбис.
– Мегар ду делахь. Цкъа чай а мелла довлий вай кет1а?- дийхира аса.

Тхо кет1а а девлла, цхьацца дуьйцуш 1аш, ц1еххьана дагадеара суна аса селхана кечйинчу пленки т1ехь цхьа сурт Малижин хилар. Сайн накъосташа дуьйцург кхин д1а хезаш вацара со. Анайисте г1оьртинехь а, дукха меллаша чубузуш хетара суна х1инца малх. – Аша жимма кхузахь собар де. Со суьрташ доху г1ирс кечбан воллу, – аьлла, со чувахара. Сонехь якъаялийта оьллина пленка сихонца схьаэцна, токачиркх а латийна, цунна дуьхьала ерзийна цу т1ехь лехира аса Малижин сурт долу кадр. К1айн- 1аьржа томмаг1 бен гуш дацахь а, суна б1аьргашна хьалха-м дара йоь1ан юьхь- сибат. Стигалан басахь б1аьргаш а хетара лепаш. Пленке хьоьжуш, сацавелла, ойланийн йийсарехь лаьттира со. Мел хьоме яра и пленкин т1ехь Малижин сибат гуш долу кадр.
«Хьажал, Малижа, и д1о сехьара ши чоь вайшинна хир йолуш ю- кх!» – 1умаран аз дийкира ц1еххьана стигла къевкъаш санна ч1ог1а сан лерехь. Сайн керара пленка аса кхоьссина соне яхийтира. – Ахьа х1ун до, хьераваьлла стаг! И суьрташ даха г1ерташ вай дийнна де ма дайъина! – чоьхьаволлушехь суна т1ечевхира 1арби. Амма соьга хьаьжча, сан дера юьхь гича, цецваьлла, кхин шен «дов» ца деш вахана пленка схьа а оьцуш, аса талхиний хьаьжира и.
– Сайд1али! – олуш, цецваьлла сецира Турпалхан а. Со сихха меттавеара, дукхахдерг накъостий сайн дагахь болучу къийсамах кхетарна кхеравелла.
– Дика ца яьлла и пленка, – 1ехийра аса ши накъост.

– Х1умма дац. Цхьа х1ума ца къаьсташ хир дац суьрташ фотокехата т1едаьхча! – суьрташ дахар аса юкъахдитарна кхеравелла, суна т1е1аткъам бира 1арбис.
– Х1ун хилла? Суьрташ фотокехата т1е ца доху вай тховса? – догдоьхна, ша цакхетар гайтира Турпалхана а.
– Муха ца доху? Х1инццалца вай яьхначу пленкел ледара ма яц х1ара, – чиркха т1е уьйхьира пленка 1арбис.
К1ентийн айса догдохорна сайна резавацара со х1инца.
– Доху! Дукха дика девр дац, цундела догдаьтт1ера сан, – сапарг1атваьккхира аса ши доттаг1а. Кет1ахула д1асайоьдучу машенийн чиркхах ларалуш корашка х1ума уллуш, кечамбан дуьйлира тхо. Кеста проявительна чукхисса долийначу фотокехатана т1ехь гучуйийлан юьйлира тхан классера, ишколера берийн а, тхан а яххьаш. Мел къона самукъане, цхьа а дуьненан бала коьртехь боцуш, хаза, ирсен яххьаш яра уьш. Фотокехата т1ехь цхьа бозбуанчаллин ницкъаца гучудуьйлура суьрташ.
Суна а, сан шина накъостана а хетара тхайх а бозбуончаш. Тамашийна х1ума дан а дара иза, тхан аьтту бара тхайн къоналле хьовса. Х1ун ойланаш хьийзара сан накъостийн кортошка? Хьанна хаьа. Амма х1оьттинчу тийналлехь тхо массо а дара тхайн ойланийн йийсарехь. Аса санна церан къоначу б1аьргаша а лоьхуш хила тарлора шайна хьоме хеташ йолу яххьаш.

Ткъа аса-м Маликин юьхь лоьхура. Кестта фотокехата т1ехь гучуелира елакъежа Малижин юьхь а. Йо1 тхо долчу кхаьчча санна тарделла висира со. Шайн ойланаша синош д1адехьна ца хиллехь, сан накъосташна-м гура дара Малижин сурт гича сан вохар. Гуш а болуш, т1екхача йиш а йоцу седа санна, яра сурта т1ехь суна къежаш йолу йо1. Сурта т1ехь, классехь ган йиш яра сан Малижа, амма сан йиш яцара цуьнга 1умаран санна ала: «Хьажал, Малижа, и д1о кибарчигийн ц1а чохь ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!»
Даима а санна 1арбис г1олехьа девлла суьрташ шена д1а а хьош, д1асакъаьстира тхо буьйса юкъал т1ехъиккхинчу хенахь. Ишколе жимма т1ехьавуьсуш кхечира со шолг1ачу дийнахь. Со классан чоьхьавьлча, хьехархо шен меттахь вара. Шен декхар хиларе терра, цо-м суна хьехарна жимма дов ден кеп а х1оттийра, амма суна ца хезара цо дуьйцург. Ницкъа ма-кхоччу со дуьхьала г1ертахь а, б1аьргаш Малижина т1ехь сецинера сан. Йо1-м сан аг1ор шен стигалан басахь хьажар кхин хьен ца деш, шен киншки т1е йог1аелира, со тергал ца веш. Классера бераш а дара къайлах-къулаха соьга йишма1ашца суьрташ доьхуш. Тамаша а бацара, 1арбий, Тур-палханний классехь 1аш вара, цара накъосташка кхаъ баьккхина хилар гуш дара.

Эххар а со кхийтира, хьехархочо соьга сайн метте охьахаа бохуш хиларх. Шен куьзганашна т1ехула а хьожуш, ша цецвалар гойтуш б1аьргашца д1авигира со хьехархочо сайн партина т1екхаччалца. Сан мискачу дагчохь дерг шена хаахьара- м вер вацара иза кхин цец а. Со сайн метте охьахиъна а ца ваьллера, соьгара шайна суьрташ дезаш хилар классхоша хоуьйтуш. Классехь яьлла г1овг1а новкъаяьлла хьехархо, шен г1антара а гаьттина, чухула вола а луш, совцийра и дехарш.
– Х1ун урок ю вайн? – хаьттира аса сайна юххехь 1ачу 1исага, иза цец а воккхуш.
– Хьан корта дика буй, накъост? Иван Архипович х1ун деш ву классехь? – меттавалийра со 1исас. Иван Архипович-м истори хьоьхуш вара, цул совнаха тхан классан куьйгалхо а вара иза. Т1аьхьа-м висинера со, х1инца суна т1ехула т1е оьшург – иза соьга ц1ахь 1амо елларг хаттар дара. Оьшург делахь, схьалаца хьайна! Иван Архиповича, шен метте кхаьчний, кхачазий ву аьлла хеташ, журнала т1е а хьаьжина, сан ц1е яьккхира.
– Сан йиш-м ма ца хуьлу и урокаш 1амо! – реза вацара со сайга хаттарна.
– Хьан х1унда ца хуьлу урокашна кечамбан йиш? – хаьттира хьехархочо.
– Цомгуш ву со!

– Х1ун цамгар ю хьуна?
– Х1ара ю-кх! – айса буьйсанна даьхна суртийн туп цуьнан истолан т1е йиллира аса. Лерина хьаьжира хьехархо суьрташка.
– Дика корматалла ю иза-м. Амма хьо урокаш 1аморах к1елхьара воккхуш цамгар яц и. Шиъ ду хьуна, охьахаа, – журналана т1евирзира иза, сан таханалера хьалхара шиъ оцу т1ехь д1анисдеш. Сан шиъ журнале дерзийна, суьрташ схьадеъна, сан партии т1е дехкира хьехархочо.
И шен истолана т1е кхачале юккъера ши сурт схьаэцна, вуьйш классе д1ахьовсийра аса. Маликин ши сурт цуьнга д1акховдийра, цуьнан аг1ор а ца хьожуш. Куьг схьа а кховдийна, д1аийцира, амма кхин баркалла аьлла а сан дог ца ийцира. Со къайллаха хьаьжча, даима а санна шен урокана кечамбеш яра йо1. Эрна а ца хиллера и кечамбар, кестта цо шега хьехархочо динчу хаттарна жоп делла пхиъ даьккхира. Ц1еххьана со волчу аг1ор схьабирзинчу йоь1ан шина б1аьргах таса а вела, охьавоьжча санна висира со. Еккъа ц1ена шело бен, кхин х1ума ца гира суна х1инца оцу б1аьргийн сийналлехь.

Хьажъюккъехь х1оттийна шедана кеп яра, оьг1азло-м яцара и, амма цхьа цуьриг а йовхонах х1ума а дацара суна г1енах а, сема а дуьхьалтуьйсуш хиллачу б1аьргашца. «Муха? Суна х1инццалца ца девзаш хилла техьа и б1аьргаш? Х1унда ду и б1аьргаш сох чекхдуьйлуш санна схьуьйсуш? Иза-м яц со гуш а!» – къиза ойланаш хьаьвзира сан коьрте. Урок чекхъяьлла, сада1ан арахьаьвдира бераш, хьехархо а, журнала т1е цхьаъ-м д1а а яздина, класса чуьра аравелира. 1иса араволуьйтуш, парти т1ера г1аьттина вуха а охьахиира со.
Тхойшиннан парта пена юххехь яра. Малижа а яра шен меттехь схьайиллинчу киншкана т1ейог1аелла 1аш. Цуьнца цхьана партии 1ен Губани а шен дешаран г1ирс т1оьр-мигчу а берзийна, Малиже: «Со арахь хир ю», – кхоьссина, араелира. Малиже хьаьжича, сан тидам хилира: иза киншкин юкъарчу сурташка хьожуш яра. – Сан малик, хьажийтахь хьан сурт муха даьлла, – йо1ана улло парти т1ехиира 1умар.
– Хаза ца яьлла со сурта т1ехь, – олуш, сурташ д1акховдийра Малижас. – Деккъа ц1ена малик ду-кх сан Малижа! Делахь а сурта т1ехьчулла а, хаза ю хьо, – улло т1евог1авелла, тайниге санна хьаьжира 1умар.
Класса чохь масех к1ант вара вовшех тийсалуш, шайн самукъадоккхуш. Цара яьккхинчу г1овг1ано дика ца хазийтира суна кхин х1ун элира 1умара. Со сайн парти т1ера киншка т1оьрмиг чукхоьссина, меллаша аравелира. Бераш б1аьстенах, йовхонах самукъадаьлла ловзуш д1асауьдуш дара, амма сан царах самукъа ца долура. Суна кхоьлина хетара х1ара б1аьстенан сирлачу малхо къагийна дуьне а. Ишколан уьйт1ара ара а ваьлла, кертан йисттехула асфальт йиллинчу г1ашлойн новкъахула, б1арийн диттийн 1индаг1ехула д1аволавелира со.

Суна- м х1инца, дуьххьара хезча санна, ч1ог1а новкъа а дацара 1умара йо1е дуьйцу мерза дешнаш. Со-м х1инца кхеташ вара сайн иштта йо1е къамел дан кеста аьтту хир боций. Ишкола чекхъяьккхича, кхин институте догдохийла дацара. Дешарна т1ехь башха кхиамаш болуш а вацара со, жимма литературах кхетар, езар ца лерича. «Эскарехь ши шо даккха дезара ду уггаре хьалха, т1аккха цхьа корматалла караерзо цхьанахьа деша тасавала хьажа везар ву. Болх бан волавелча а, нанна а, кегийчу вежаршна а г1одан деза. Сайн х1усама вовшахтоха хенахь аьтту хир бац», – ойланаш йора аса, ц1еххьана воккха хилча санна. Ойланаша 1ехийна со-м ишколана дикка генаваьлла хиллера. Урокана горгали бекаш а аса тидам ца бира, цундела дикка т1ехьа а висина веара со класса чу.
Сан декъазчу ц1оканна та1зар дан кечвелла хиллера тахана тхан классан куьйгалхо Иван Архипович а. Со классан чуваха не1аран т1ам лацан бен ца кхиийра иза, т1ехьа лаьцна ши куьг а долуш, ехачу учохь гучуволуш. Со классан чуиккхира, амма суна т1аьххье гучубелира Иван Архиповичан т1ехьа хьаькхина сира месаш йолу хан текхна корта.
– Кхана нана йоцуш ишколехь ма гайталахь суна хьо, хьан цамгар гена йолуш лаьтта, хьуна сихха цхьа дарба ца лахахь! – соьга и кхаъ баьккхина, классехь урок луш волчу хьехархочуьнга бехк ца биллар дехна, не1арах къалабелира Иван Архиповичан корта. Амма классан куьйгалхочо сайна дина дов дицделира суна Маликин партига д1ахьаьжча.
Йо1ана уллохь, даима а цигахь ша 1ийча санна, д1атарвеллера 1умар. Губани, со санна, урокана т1ехьайисина аьлла тарделира суна, амма иза 1умаран меттехь Майрбекаца 1аш яра.
– Охьахаа хьайн метте, – шозлаг1а элира соьга Шарип Мадарович ц1е йолчу хьехархочо, со метта ца вог1уш.
– Ванах, к1ант, хьо-м боккъал а могуш воцуш хилла моьтту суна, – т1етуьйхира цо суна т1ехьа, со сайн парти т1евоьдуш. 1умар-м хан эрна д1айохуьйтуш вацара, Малижина улло таь1ина цхьа шабир- шибарш деш вара цуьнга.

Шен лерг к1анте а оьхьуш, леррина ладуг1уш яра Малижа а. Юкъ-кара къежаш а хаалора иза. Ткъа соьца-м тахана билггал цхьа дов дара массо а хьехархойн, я со царна массарна а декхар вара. Со т1оьрмиг чуьра киншка схьаэцца ца вьллера Шарип Мадаровича соьга хаттар деш. Кестта журнала т1е кхин цхьаъ шиъ а дуьйжира сан ц1арах.
Амма суна т1аьххье 1умар а хаттар деш г1аттийра хьехархочо. Цхьа беламе х1ума а аьлла, Шарип Мадарович вела а къажийтина, цхьа т1ехула хабар дуьйцуш жоп лун кеп а йина кхоъ даьккхира 1умара-м.
– Шарип Мадарович, ас дика д1а ма йийцира, диъ мукъна а х1оттадехьа, – бохуш, реза а вацара 1умар т1ехула т1е. Малижас-м, даима санна, пхиъ даьккхира хеттаршна жоьпаш а делла. «Деллахь, сох ма ца ешаш ойла йо хир ю цо. Цо х1унда еш ю хьох ойла, уллохь самакъадоккхуш 1аш к1ант а волуш. Иза-м яц х1умма а гучохь а», – ойланаш хьийзара сан коьрте. Урок чекхъялар хоуьйтуш горгали бекарций, аратасавелира со. Сан садукъделлера класса чохь, сайн ницкъа хилча со-м ведда дуьненан йистте а г1ур волуш вара. Суна ца хаьара, со ведда к1елхьара вала г1ертачу йоь1ан сибат сан коьрта чохь, дагчохь дуй, сайн сих и д1аийний. Со ведда мел гена валарх, оцу йоь1ан б1аьргийн стиглан бос аса сайн дагчохь лелор буй, х1инца дуьйна айса мел йоккхучу хенахь. Со ца кхетара и б1аьргаш хилар сан цамгаран бахьана, оцу цамгарна х1оккхул доккхачу дуьненахь цхьа а тайпа дарба доций а. Урокаш чекхъевлича, тахана-м со ларвеш вара сан ши накъост.
– Селхана санна ма вадалахь тхох. Я вай цхьаьний дахийта цига! – ишколан уьйт1е екош, ч1ог1ачу озаца геннара схьахьедира 1арбис.
– Стенга дахийта? – улло кхочуш, ца кхеташ хаьттира аса.

– Селхана суьйре хиллалца ма 1ийна сой, Турпалханний хьоьга хьоьжуш! Дицделла хьуна? – реза воцучу озаца, шаьш со воцуш ц1а г1ур доций хаийтира 1арбис.
– Вай ц1а доьлхуш ду-кх. Со-м вац цхьанххьа а шух ведда ваха г1ерташ, – аьлла, сапарг1ат даьккхира аса накъостийн. Тхо 1аш долу юрт йоккха-еха яра, йохаллехь кхо-йиъ чаккхарма хир йолуш. Со 1ачуьра Малижарга кхача, мел лахара а, кхо чаккхарма некъ бара. Аса ц1а кхоччушехь, кхин т1ера х1ума хийцар доцуш, араяьккхира вилспет. «Х1ума кхалла!» – бохуш нанас т1аьхьа мохь а тухуш, кех аратилира со. Стенга воьду? Х1унда воьду? Со кхеташ вацара, амма стенгга вахана а, цхьанахьа ца вахча сатуьйр долуш вацара. Вилспет сиха хахкарна дуьхьала детталучу механ х1оно мелла а г1оле йора суна, амма синпарг1ато ца лора. Цхъа суна гуш боцучу, амма ондачу ницкъо вуьгуш вара со, стенга ваха веза а оцу ницкъо хьоьхура суна. Когашца чкъургаш аса хьийзош елахь а, вилспетан т1ам сан синкхетаман карахь бацара. Малижин ц1енна гена воццуш сецира со, х1инца-м хьаж т1ера хьацаран т1адамаш хааделира сунна, юьхьт1ехула охьаоьхуш. Хала саде1аро а гойтура, со сиха веана хилар.
Малижа 1аш йолу ц1а-м дика гуш дара суна, со суо луларчу кертасонехь д1атебина латтахь а. Йо1-м яцара гучуйолуш, амма Малижин ц1а дара суна хьоме. Оцу ков-кертахь, оцу ц1а чохь хьалакхиина-кх иза, ма ирс долуш ц1а ду-кх и. Х1ора дийнахь Малижа хьоьстуш, иза 1алашъеш цунна йовхо луш ду-кх и ц1а. Со-м, хенан хьесап доцуш, дукха лаьттира Малижа 1аш йолчу х1усаме хьоьжуш. Суна-м сайна Малижа гуш санна хетара.

Иштта кхузахь сарралц латтахь, со нахала вала тарлуш дара. Ца лаахь а, сан ц1а ваха-м дезара. 1умар санна багахь шера мотт а болуш, эхь х1ун ю а ца хууш со велхьара, аса-м цхьаъ жима бер а дахийтина, Малижа схьакхойкхийтура яра. Ткъа схьакхайкхийтича а сан х1ун ду цуьнга ала? Со корта боьжна тентиг санна веана д1ах1оьттина лаьтташ ву-кх, – ша ца алахь. Х1инца а со д1а ца г1ахь, дехьа-сехьара х1усамашкара зударий, бераш дара сан тидам беш. Малижин керта кхин цкъа а безамца б1аьрг а тоьхна, аса тхайн ц1ехьаерзийра сайн вилспет. Иза х1инца-м догцадог1уш, меллаша йоьдура. Со ц1а кхаьчча тхан нана Зийна яра соьга ца кхеташ хьоьжуш. – Сайд1али, хьо стенгахула лелаш ву? – ша реза цахилар хаийтира цо.
– Со-м сайн цхьана г1уллакхе ваханера, – бехказа а ваьлла, сайн жимачу ц1а чу вахара со.
– Хьайн г1уллакхе-м вахана хир ву хьо. Дийнахь сарралц х1ума а ца юуш х1унда лела, ткъа, – т1ехьа йист хилира тхан нана. Сахьта т1ехьаьжича, со суо а цецвелира. Суьйрана ялх даьллера.

– Схьавола, х1инца мукъна х1ума кхалла, – со волчу чу йистхилира нана.
– Х1инцца, – жоп луш, со сайн маьнги т1е аркъала тевжира. Со-м вацара х1ума езаш а, к1адвелла х1оьттина хилар-м хаалора д1атевжича.
– Чохь вуй и? –
1арбис нене деш хаттар хезира суна дукха хан юкъа ца юлуш. – Вижина 1уьллуш-м вац х1ара х1инца а! – со волчу ччувелира 1арби.
– Дера ву селхана вижича санна 1уьллуш-м, – 1арбин букъа т1ехьара соьга хьаьжира Турпалхан а.
– Хьо х1ун деш 1уьллу? Тхо хьо волчу даьхкича, даима вижина 1уьллуш ма ву хьо! – т1евеара 1арби. Аса куьг а лаьцна, ц1еххьана озийна сайн маьнги т1евожийра иза. – Турпалхан, х1ара вайшиннах тасавла дагахь ву! – олуш, тохавелира 1арби.
– Аса ши ког д1алоцу хьуна цуьнан, 1арби! – тхойшинна т1ехула т1екхийтира Турпалхан. Тхо дикка ловзуш, тийсалуш даьхкира, Зийнас чу мохь тоххалц:
– Схьадуьйла чай мала! 1уьйранна дуьйна х1ума а ца юуш, цхьанахьахула хахкавелла лелаш ву х1ара к1ант а! – олуш.
– Муха хоьхкуш лела? – ца кхийтира, даиман духе кхиа сак1амлуш волу 1арби. Сан керара волуш, д1ахьаьдира иза Зийна йолчу уьйт1а. Со Турпалханца араваьлча, 1арби талам бина ваьллера.
– Хьо стенга ваханера? – милцочо санна хаьттира цо соьга. – Вилспет хоьхкуш вара, – к1елхьаравала г1оьртира со.
– Дийнахь сарралца хоьхкуш хуьлу вилспет?

– Зийне д1а а хьожуш, хаьттира 1арбис. Нана-м ч1ог1а реза яра 1арбис суна х1оттийнчу бартхаттамна.
– Сулиман волчу ваханера со-м! – реза воцу кеп х1оттош, жимма аьшпаш боттан дийзира сан. Аьшпаш бан а бара уьш. Со ши-кхоъ ц1а дуьтуш, кхин а д1авахнехьара, Сулиман волчу а кхочур вара. Сулиман тхан классера к1ант вара, сан жимма доттаг1алла хьакхалуш.
– Иза-м суна кхана хуур ду! Аса толлур ду иза-м! – ша соьга левойтур воций схьахаийтира доттаг1чо, шен г1овг1анечу озаца.
– Иван Архиповича нана ялош вола аларна х1ун до вай хьуна? – хаьттира соьга 1арбис, тхо жимма хан яьлча кет1а девлча.
– Ца хаьа, цхьаъ дийр ду-кх. Кхана дицлур дац-те цунна ша соьга хьедина дов? – элира аса.
– Дицлур дац, хьаха, цунна-м. Къена велахь а, корта дика болуш ву иза. Аса бутт хьалха дохьур ду аьлла фотокехат а ца дицделлера цунна, – элира Турпалхана. – Цо х1ун до фотокехатах? – ца кхийтира со.
– Цо-м х1умма а ца до. Виталий Николаевич, физик, ву-кх суьрташ дохуш, – кхетийра со Турпалхана.
– Т1аккха делин ахьа фотокехат? – хаьттира аса.
– Делир иттех кехат-м.

– Итт дуй муха хиира хьуна? Пачки чохь дацара иза? – Аса пачки чура схьа а даьккхина, дагардира иза-м.
– Серлонеххьий?
– Х1аъ. – Дагар а дина д1аделира ахьа?
– Х1аъ. Пачки чу а дехкина. Со г1адвахна велавелира. 1арби а хьаьжира соьга ца кхеташ.
– Серлоне даккха мегаш ма дац фотокехат. Вай кораш къовлий, 1аьржачохь стенна доху суьрташ? – дагадаийтира аса доттаг1чунна. Х1инца сол а ч1ог1а воьлура ши к1ант Турпалхана диначух.
– Фотокехат а хьош вахача х1ун дара техьа хьо а Иван Архипович волчу? – бегаш бора 1арбис.
– Мегар ду, цкъа хьалха Турпалхане дагар а дайтина хьура ду-кха, – воьлура со, боьлура сан доттаг1ий. Амма кхана классан куьйгалхочуьнца къастамаш бан дезар-м дара сан дагчохь самукъадала ца дуьтуш. 1уьйранна ишколе со т1аьхьа ца вуьсуш д1акхаьчча, Иван Архипович вара борз санна чувоьдучу не1аран хьалхха т1ехьа ши куьг а диллина лаьтташ. Со цунна ца гойтуш уллохула т1ехвала вуьйлира, амма б1аьрг сирлачу хьехархочо со шена т1евийхира.
– 1уьйре дика хуьйла! – олуш, улло вахара со.

– Нана йоцуш ишколе ма вола ца аьллера аса хьоьга? Хьан цамгар гена яьлла, кестта экзаменаш яла дезаш ву хьо, ишкола чекхйоккхуш. Оцу хьан цамгарна шун нене цхьа дарба ца лахийтахь, ахьа ишкола чекхйоккхура яц. Схьайтал хьайн т1оьрмиг, – сан т1оьр-миг д1а а оьцуш, ц1ехьа хьажийра со классан куьйгалхочо.
Дан х1ума дацара, воккхачу стагаца къийсавалар эрна дара. Эцца т1енисвелла 1арби, Тур- палхан суна улло г1оьртича, уьш а ишколан чулаьхкира хьехархочо. Кисана куьйгаш а доьхкина, догдоьхна ишколан корашна к1елахула д1абоьдучу г1ашлойн асфальтан некъахула кевнах аравалан д1аволавелира со. Ишколан кертара со араволу ринжа Малижеран аг1ор дара. Ринжи т1е со кхоччушехь, х1уьттаренна санна, суна дуьхьала дог1уш дара Малижий, цунна улло иккхина вог1у 1умаррий. Аса тидам бира, шаьш урокашна т1ехьадуьссушшехь Малижина корта т1е а те1ош, сихвелла цхьаъ-м дуьйцуш вог1ура 1умар, вела а къежаш. Йо1 а яра ишколе сихъяла езар гуш делахь а, кест-кеста къежаш. Ринжех со араволуш суна т1е1иттабелира уьш.
– Салам! Ахьа х1ун до? Ишкола цигахь яц хьуна. Тилавелла-м ца воьду хьо? – бегаш бен кеп х1оттош хаьттира 1умара.
– Со айса доьшург дешна ваьлла, дисинарг аша деша, – олуш, т1ехвелира со.
– Хьо ишколе ца вог1у? Д1а х1унда воьду хьо? – суна т1ехьа йистхилира Малижа.
– Урокана т1аьхьадуьсур ду шу. Т1аьхьавуьсург ларвеш Иван Архипович ву шуна цигахь, – ахвухавирзина иза аьлла, со сайн новкъа д1авахара. И шиъ уроке сихделира. 1умар-м шен къамел ца хадош, векаш вара. Амма цхьана х1аваэхула хаамделира сан хьекъална, йо1 кхин къежаш яцара, к1анта самукъане дийцарах. Со меллаша волавелла эвлаюккъерчу йоккхачу майдана кхечира. Жимма волавелла а лелла, туькнашкахула чекх а ваьлла, со юха а майдане кхечира. Оццу хенахь майданхула схьавог1уш тхайн лулахо хаавелира суна. Со хьуламе эккха ца кхиийра.

– Сайд1али, хьо ишколехь вац? – хаьттира цо соьга геннара. Вах1ид ц1е а йолуш, почтехь болх беш, шена тоъал делахь а, кхин эх1-аьлла генадаьлла хьекъал а доцуш, г1еметтах1оьттина жимочу дег1ахь, векъана стаг вара иза. Бегаш беш стаг 1ехор-м ша ду, амма аьшпаш ца боттан х1уъу а дийр долуш вара со.
– Дера, лулахо, со-м ишколера эккхийна! – даре дира аса. Амма Вах1ид шен аг1ор кхийтира аса аьллачух. Цунна тарделла хиллера со ишколера д1аваьккхина.
– Муха эккхийна? Зийнина хаьий хьо ишколера д1аваьккхиний? – хаьттира цо догдоьхна. Со ц1еххьана кхийтира Вах1ид оцу Везчу Дала сан миска ц1ока к1елхьараяккха суна ваийтина хиларх. – Вах1ид, – дехаран т1ег1анна т1е а волуш, лулахочуна коча вахара со, – хьо суна орцах ца валахь, воккхур волуш-м ву со ишколера д1а! Х1инца а т1аьхьа дац-кх! – дийхира аса лулахочунга. Амма Вах1ид воьхна гуш велахь а, сох ца кхеташ, шаверг а хаттаран хьаьрк а хилла, соь хьоьжуш лаьттара. Со-м сих ца лора и кхето, цуьнан дог кхин т1е а к1амдеш лаьттара. – Вах1ид, хьо тхан ненан гергара стаг ма ву? – хаьттира аса.
– Ву, генара… Х1ун хилла диций валахьа, – собар ца тоьира сан лулхочунна.

– Хьо тхан гергара ву аьлла, х1инцца тхан классан куьйгалхочунна т1е ца ваг1ахь, соьга ишколана аьттехьа гучу ма вала аьлла-кх, – жим-жимма гучуйоккхура аса сайн къайле.
– Ткъа х1ун оьшу хьоьгара оцу классан куьйгалхочунна? – ца кхетара лулахо.
– И къена стаг ма ву. Ткъа къена нах даима а цхьанна реза боцуш хуьлу. Цхьа- цхьанна дов ца деш де чекхдаьлча, царна буьйсана наб а ца кхета. Ткъа тхан воккха стаг-хьехархо-м дов дича а ца 1еба. Уллохь теш а волуш дов ца дича, цунна-м минга долу. Цо х1уъу а дийцахь а, «х1аъ» бохуш цхьана пхеа минотехь лаьттича, кхин г1овг1а ян-м цуьнан могашалла а, ницкъ а а тоьур бацара, – дехаре велира со.
– Зийнина хаьий хьан хьал? – шен хьекъал суна хетачул а сов дуй хаийтира лулахочо.
– Зийнина хаахь, иза лалур дац. Иза кхетар а ма яц воккхачу стеган амалех боьрша стаг, къонах санна. Дагадог1ий хьуна, почта д1а-схьакхехьа хьуна атта хилийта аса хьуна вилспет хахка 1амийна? Зударша 1амор варий хьо? – х1иллане велира со, сайн лулахо керара ца валийта. Харцо-м яра аса сайн мискачу лулахочунна, амма х1инца суна орцахавала, иза воцург, кхин стаг вацара х1окху доккхачу дуьнен т1ехь.
– Мегар ду делахь. Мичахь ву и воккха стаг, классан куьйгалхо? – резахилира сан догдика лулахо Вах1ид. Борз санна волу лулахо хьалха а волуш, тхойшиъ сиха х1оьттира Иван Архиповична хьалха. Букъа т1ехьа дехкина куьйгаш а ца достуш, дуьхьала велира тхойшинна воккха стаг. Тезетахь санна букъа т1ехьа куьйгаш а дехкина, сан лулахо а вирзира дуьхьала, корта а та1ийна.

– Х1ара тхан ненан ваша ву-кх, – кхетийра аса лераме Иван Архипович.
– Нана ян йиш йоцуш йисина-кх. Леррина хьожуш, рентгенах чекхвоккхуш санна, куьзгашна чухула б1аьргаш т1ебуг1уш теллира хьехархочу сан «ненаваша».
– Ненан ваша? – хаьттира цо.
– Ненан шича, – жимма лахдира аса ненавешин дарж.
– Ненан шича? – Вах1идехьа вирзира Иван Архипович.
– Геннара… – олуш, сецира Вах1ид, кхин д1а гучувала ца кхиира и. Тхан аьтту хилира хьехархочун мотт дов дан мелла к1амбелла хиларна. Урокехь санна к1орггера масалш а далош, тоьшаллина классера дехна журнал а гойтуш, мел к1езиг а а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх д1абехьира лерамечу воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгана к1ел нисвеллачу сан миска геннарчу ненан шичица а.
Эххар а, оццул нуьцкъаха невцалла вахча а ца хилла волу Вах1ид, мукъаволуьйтуш, сан т1оьрмиг юхаберзийра суна лерамечу Иван Архиповича. Амма Вах1идана ша иштта атта к1елхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера. Эвлаюккъехь цул т1аьхьа а мосуьйттаза хьехархочун кера вахана хиллера сан тешаме лулахо. Вах1ида шена дуьхьала дош ца олуш х1оттош долу г1иллакх ч1ог1а тайна хиллера воккхачу стагана. Со-м ма вацара цхьа а урокаш 1амаечохь а. Сан цамгар-м суьрташ дахар яцара, ткъа стиглан бос лепа Маликин къона б1аьргаш дара бехке.

Йо1ана хьалха ша дика гайта г1ерташ 1умар-м шена хуург а, ца хуург а дийца г1ертара. Ткъа соьга уллора Малижин хьажар сайна т1ехь тосаделча, сайна хуург а ца дийцалора урокехь. Т1аьххьара к1ирнаш дара тхан ишколехь деша дисинарш. Дешаран йисте мел г1оьрти а, басех чухьаьддачу ворданан санна сиха хьийза йолаелира хенан чкъургаш. Массо а дешархо вара шайн оценкаш лакхаяха г1ерташ. Со цхьаъ вара, хи чуйоьжна ч1ешалг санна, дахаран тулг1еша шайна ма тов охьахьош.
Малижа массо а урокашкахь дика кхеташ, хьекъалца дика ларалуш яра. Дешаран шо чекхдолуш а цхьа а х1ума ца тергалдеш, дешарна т1ейирзина хуьлуш йолу иза, х1инца ишкола чекхйолуш-м дешар бен кхин х1ума гуш яцара. 1умар-м, накхармозано зезагна санна, йо1ана готуьйсуш вара, амма к1ант гонаха хьийзарах, х1инца к1езиг самукъадолу- чух тера дара Малижин. Хьажюккъера шад ца бостура йо1а к1ант уллохь волуш. Аса х1инца бен тидам ца бинера, и шад-м, дукха хьолахь, лаьттара йоь1ан хьажюккъехь. К1ант уллохь воцуш а ца бостура цо-м и. Де-дийне мел дели а 1умар буьрса чехавора Малижас. Суна-м х1инца мелла а къахета а доьллера цунах. Эххар а вовшашна юкъахь кега-мерса девнаш а хаалора. Со х1инца х1ора дийнахь воьдура Сулиман волчу. Сулиман волчу-м со боккъала а воьдура, амма цига д1акхачале Малижин керта хьоьжуш веха лаьттара. Цхьана дийнахь со д1аваха тохавелча, Малижа шайн уьй1та елира. Ша санна, хаза зезагаш долу, ц1ахь лелош ч1ог1а цуьнгахь товш коч яра цунна т1ехь. Ишколан духа-рал дуккха а хьоме а, хаза а хийтира суна йоь1ан ц1ера духар. «Х1унда дац тхойшиъ х1ордан юккъехь цхьана г1айренна т1ехь 1аш, кхин стаг а воцуш уллохь?» – ойла хьаьвзира сан коьрте. Малижина тосаяла езара сан и ойланаш. Х1ун дийр дара техьа цо?

Даима а санна, шен хазчу хьажъюккъе шад х1отто мегара цо. Шело хьаьдира сан дег1е оцу минотехь. Цхьа-ши де делира со Малижин ц1а долчу аг1ор ца воьдуш. Ишколехь-м дешаран шо чекхдолуш, тхан а, кхин а цхьана классан а арахецар т1екхочуш кечамаш беш бара хьехархой а, шаьш дешархой а. Амма урокаш-м гуттар а аьрхаевллера, талламан белхаш буьйлабелира. Гуманитаран низамаш-м, саготта воцуш, дика дара сан, амма терахьашца доккха дов дара сан, цкъа а машар хир боцуш. Маликин-м доттаг1алла дара массо а низамашца а. Математикан талламан болх д1ахьош со вара тхов т1ехь яздина х1ума ца карош, сайна хууш х1ума а доцуш 1аш. Хьехархо д1авирзича, Малижас ц1еххьана кехатан цуьрг кховдийра соьга. Кехат аса даржийча, со кхийтира, цо сайна деш г1о хиларх. Иза-м урок йолалушшехь шен хьажъюккъера шад ца бостуш, гонаха цхьа а ца гуш, шен болх беш яра. Суна-м дагахь дацара йо1ана со гуш ву аьлла. Со цецваьккхинера цо. «Цунна-м со гуш хилла!» – ч1ог1а дагна там хиллера суна. Амма кестта хааделира суна Малижас 1умаре а кховдош иштта кехатан цуьрг. Со кхийтира: Малижас суна иштта баркалла аьллера аса шен сурташ дахарна. Урок чекхъяьлча, ишколан ринжех ара а ваьлла, со суо висира, наггахь д1асавоьдург ца лерича. Уьш-м баккхий нах бара, шайн цхьацца г1уллакхашка сихбелла лелаш. Цара-м, сан классхоша санна, шайн ловзарш коча ца туьйсура суна. Аса-м кхин еш ойланаш а яцара, дуьххьалд1а суо виса лиънера суна. Йоккхачу, шозза т1ек1елйинчу ишколан уьйт1ара-м берийн зевне аьзнаш дара кхузахь а хезаш. Со дикка гена волуш д1аваханера, амма урокана т1ехьависахь а аьлла, юханехьа волавелира. Ишколан кертайисттехула чувоьдучу ринжехула со д1аволавелча, суна гира цхьанхьа-м туькана хьаьдда яхана ишколе едда йог1у Губаний, Малижий. Вовшашка цхьаъ олуш, Малижа цхьажимма хьалха д1айолаелла, Губани сецира. Сайга хьоьжуш хийтира суна иза.
– Схьаволалой валахь, х1инцца уроке горгали тухур бу вайна! – йистхилира Губани.
– Соьга лоь хьо? – ца кхийтира со.

– Кхузахь хьой бен, кхин стагга а вуй? – елаелира Губани. Со т1екхаьчча, аз шабаре доккхуш, цо хаьттира:
– Хьо Малиже вист ца хилла х1инца а?
– Со х1ун аьлла хуьлу цуьнга вист, иза 1умарица доттаг1алла лелош хилча? – бехказвала г1оьртира со.
– Хьайна дика хуур ду хьуна. Йо1-м къовсуш товш дай. Иза-м ахьа вистхир ву аьллачул т1аьхьа а хьоьжуш ю моьтту суна, – шена хетарг элира Губанис. Ишколана геннахь а хезар долуш, горгали бийкира. Чекх хьажа санна, со зуьйш, соьга а хьаьжна, Губани Малижин т1аьхьакхиа сихъелира. «Къовса-м къовсура яра и, ткъа къевсина яьккхича стенга яхьан еза? Сайн нанна а, вежаршна а дан г1о доцуш 1ачу аса?» – жимачу беро, санна ойла йора аса, ишкола йолчу аг1ор зудаберашна т1аьххье д1а а волалуш. Кхин цхьа урок чекхъяьлча, со сайн метте ишколан кет1а вахара. Губанис аьллачунна т1аьхьакхиа г1ерташ, ойланаш а еш, волавелла лелаш вара со, ц1еххьана сайн ц1е йоккхуш хезча. Ойланийн керара волуш, аса корта айбича, ринжа юххехь соьгахьа а йирзина лаьтташ яра Малижа. Со йо1ана улло вахара.
– Ахьа соьга кхойкхурий? – хаьттира йо1а.
– Асий? – ца кхийтира со.

Амма йо1 эхь хетта а, хааелла сихха т1етуьйхира аса:
– Губаница къамел-м хиллера сан. Цо элира хьо аса кхойкху? – Губанин х1илланах кхийтира со.
– Х1аъ, – жоп делира йо1а, цхьанхьа-м хьожуш, д1а а йоьрзуш. Маржа я1, ма новкъа бара-кх суна йо1а х1инца хьажъюккъе х1оттийа шад. Иза-м ойла еш даима а ша-шах х1уттуш хиллачух тера дара. Амма оцу шадо и сол а йоккха хоьтуьйтура, со-м цунна хьалха боккъал а бер санна вухий вуьсура. Х1ун ала дезара аса цуьнга, х1ун дийца, х1ун хатта? Со-м сайн дахарехь дуьххьара йо1е вистхила дезаш вара. Езаеллачу йо1е. – Сан малик…
Малижа, баркалла г1о дарна! Оцу математиках цкъа а кхетарволуш вац со, – карийра суна ала дешнаш. 1умара Малиже дуьйцуш хилларш дагадаьхкира суна. Амма соьга дийцалура долуш хабарш дацара уьш. Йо1-м кхетачух тера дара, со х1инца а бераллера валаза хиларх. Цо г1о дира суна:
– Хьо массарех хервелла, хьуо лелаш ма ву. Ма тамашийна стаг ву хьо, – элира цо.
– Акха ву ала г1ертий хьо? – бегаш бира аса.
– Акха-м хирг хира вацара хьо. Хьо саннарг къайллаха байташ язъеш хуьлур-кх. Вуй хьо байташ язъеш? – елакъежаш, хьажъюккъера шад баьстира Малижас.
Стиглара доьссина малик гича санна хийтира суна х1инца. Цкъа мацах санна…
– Байташ язъян-м хьекъал тоьур дацара суна. Пачхьалкхан экзаменех хьалхавалалахьара, – экзаменаш дага а яьхкина, догдуьйхира сан.
– Кхин д1а деша дагахь вуй хьо? – хаьттира Малижас. Суна-м 1умара Малиже дуьйцуш сайна хезна къамел дагадеира.
– Мичхьа? – хаьттира аса.

– Институтехь, – иза иштта олуш санна, атта долчух элира Малижас.
– Сан некъ школа чекхъяккхарций, Советан Эскаршка д1абоьдуш бу, – сайн дог-ойланах кхетийра аса йо1.
– Ткъа эскарехь г1уллакх дина ваьлча а ма мегар ду деша. Эскарехь дика гайтича, институте хьажош кехаташ ло боху цигахь, – шенчунна т1ера ца йолура йо1.
– Сан институт трактор хир ю моьттуш ву со, – 1умаран дешнаш ца дицлуш, йо1ана 1оьттира аса. Йоь1ан хьажъюккъе шийла шад х1оьттира, сан дег1е шело хьодуьйтуш.
– Трактор т1ехь а бан беза цхьамма болх. Дукха дика к1ентий, божарий бу техникаца болу болх безаш-м, – аьлла, со цецваьккхира Малижас.
– Хьо юй деша дагахь? Хаьржиний ахьа институт? – хаьттира аса.
– Ца хаьа, конкурсаш яккхий ю боху институташкахь. Чекхйолий-м ца хаьа, – элира йо1а ойлане. Шен дан дезарг а, шен дахарехь ша дан г1ертарг а хууш, баккхийчара санна, ойла еш яра Малижа-м. Ишттачу нахах ма хуьлу 1илманчаш, хьехархой, хьаькамаш. Сан-м дацара оцу йо1ехь долучул ах хьекъал а. Со-м висинарг а вохийнера йо1а. Суна орцахболуш санна, бийкира ишколан уьйт1ахь, тхошиъ даиманна а къастош горгали. Ишкола чекхъяьккхина дукха хан юкъа ца юлуш, аса Малиже ма-аллара, со эскаре вахара. Малижас суна ма-хьеххара, эскаршкахь со институте хьажош кехаташ делира. Эскарера мукъа а ваьлла, со университете деша х1оьттича, г1алахь гира суна Малижа. Иза г1алахь 1аш яра, доьшуш… Цхьана лаккхарчу хьаькимехь марехь а яра. Аса эскарехь волуш яздина кехат йо1е д1а ца кхаьчнера…
Дуьххьара а, т1аьххьара а яздина цхьа кехат…

Вайнах, электронная версия, №4, 2018

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх