Гочйина ХАТАЕВ Хьусайна.

Кхечу маттера исбаьххьаллин йоза гочдан хала хиларан хьокъехь дукха дийцина, дуьйцуш а ду, дуьйцур долуш а ду. Цхьа декъаза пал а бу гочдархочо лелош берг, х1унда аьлча цуьнан цу балха т1ехь кхоччуш «ка ялахь» «бехкен верг» хила тарло Киплинг, Есенин, Пастернак, и. д1. кх., ткъа жимма а галдаьлла х1ума нислохь, доллучуна а бехкен верг (къовларан хьаьркаш д1а яхна а йолуш) веккъа ша гочдархо лору. Амма цхьа тамашийна х1ума а ду, шех парадокс ала тарлуш: дика дина долу гочдар иштта хила а деза – гочдархо ву-вац а ца хаалуш, дуьххьал д1а – Киплинг, Есенин, Пастернак…
Къаьсттина поэзи кхечу матте яккхар хала лоруш ю муьлхачу а гочдархойн цехо. Поэзин шен амал ю, шен бустам а, барам а бу, поэзин шен шовкъ ю, шен тийналла а, г1овг1а а, шен мукъам а, г1айг1а а… Ткъа цхьаммо дуьххьара шен маттахь йина и «моха» кхечу матте йоккхуш волчунна хаа деза шех цу сахьтана хила везаш хилар Шекспир а, Шелли а, Тютчев а, Пушкин а. Хаа деза церан мукъам схьалаца, и схьабелхо а, схьалакха а.
Хатаев Хьусайна ингалсан, немцойн, оьрсийн, х1ирийн меттанашкара до гоч. Хьусайна дина гочдарш доьшуш Блок Блок вуй хаало, Пастернакан «Х1амлет» (Гамлет) ц1е йолу байт йоьшуш цо и оьрсийн маттахь язйина а ца 1аш, нохчийн маттахь а язйина хилла аьлла хета, Лермонтовн «Кавказ» оьрсийн кепахь йолчул а исбаьхьа хета.
Хатаев Хьусайн вина 1958 шерахь Теркан к1оштарчу Ломаз ц1е йолчу юьртахь. 1981 шарахь чекхъяьккхина ЧИГУ-н филологин факультет. Дешна ваьлча болх бина ишколехь директор волуш. Меттигерчу зорбанехь арайийлина Хьусайнан гочйина тайп-тайпанарчу авторийн говзарш. Россин яздархойн Союзан декъашхо а ву Хатаев.

Байрон Джордж Гордон

Сан са ду б1арзделла

Сан са ду б1арзделла! Илланча говза,
Хазийта ахь суна инзаре аз,
Схьаэцна хьайн пондар, п1елг тесна ховха,
Д1айоккхуш сан дагна мел йина вас.

Ткъа елахь сан дагца цхьа йовхо, хьуна,
Цу озо дендийр ду дахарна и,
Ткъа дала дисинехь хи б1аьргех суна,
Хьодур и, йоцуш дуьхьало кхин.

Хазийта ахь илли акха а, дера,
Б1арзделла са теда ницкъ болуш, х1ай!
Со доггах велхаве, валале хьера, –
Со кхоьру эккхарна ваз некхан сайн.

Ца хеда баланаш лайна ша хийла,
Ц1ий тетта к1адделла миска дог сан,
Ткъа кхоллам ца соцуш баланаш кхийла,
Дог дага – зил герга, б1арзделла са!

Киплинг Редьярд

Нагахь

Нагахь висахь хьо цхьаъ, воьхна воцуш,
Массо воьхна, хьоькхуш шийла мохь,
Нагахь хилахь тешам даг чохь кхобуш,
Нах д1акъехкаш, тешам байна хьох;
Нагахь хаахь, собар долуш, хьежа,
Пуьташ нехан ца бахь тергал ахь,
К1он верг вита ахь, ца ваьлла, къежа,
Ткъа хьайх шайх а, диканиг ца вахь;

Нагахь бацахь хьуна болх сатийсам,
Нагахь вацахь ойланийн хьо лай,
Нагахь толам, бохам – боцуш хийцам,
Ахь т1елацахь массо хенахь бай;
Нагахь хаахь, бакъо ца луш леткъа,
Лан дош шалха даккхар лежиго,
Нагахь, велахь кийча бахам бекъа,
Яхь ца йожош, боло керла гуо;

Нагахь х1оттахь хьайн дерг цхьана метта
Боле дилла, доцуш цхьа а «дуй»,
Долчух ваьлча, вацахь чохь ц1е летта,
Эшна, беса богуш б1аьргийн суй;
Нагахь хьоьга г1ора, ойла гуллахь,
Цхьалха висча, боцуш дег1ехь ницкъ,
Шовкъ ца магош хьайна лахъян, хьулъян,
«Латта!» – бохуш, ца хозуьйтуш ч1икъ;

Нагахь гонехь къамел далахь маьрша,
Паччахьашца белахь бийца мотт,
Доттаг1 хастош, мостаг1 ца вахь аьшнаш,
Сий хьайн лардеш, яхь ахь нехан чот;
Нагахь елахь еза секонд, ала,
Х1ора минот ларахь ахь, некъ беш,
Х1ара латта хьуна делла Дала,
Т1е хьо – Адам, со ву цунна теш!

Пушкин Александр

Дахаран ворда

Ворда едда йоьду атта,
Хала хиларх цу т1ехь ван,
Вог1у, восса доцуш латта, –
Сира зама – говрийн да.

Ткъа вай 1уьйкъехь довлу новкъа,
Ворда хахка – лаам де,
Вайх яц мало, 1ойла ховха,
Вай мохь бетта: «Лалла, же!»
Амма делкъехь дац вайн маса,
Ловзадаьхна, буьйда – вай,
Ор а, барз а… – еха аса,
Вай мохь бетта: «Собар, х1ай!»
Ша ма ярра йог1у ворда,
Сарле цунах доьлла схьа,
Вай а дог1у, тоха корта,
Хено лоьхкуш говраш д1а.

Лермонтов Михаил

Кавказ

Кхолламо со шуна т1аьхьарчу хенахь,
Къилбера, х1ай лаьмнаш, кхабахь а генахь,
Даима шу дагахь, цкъа гинехь цхьанна,
Даймехкан и мерза мукъамаш санна,
Еза хьо суна, Кавказ!

Бераллехь висина, кхелхина нана,
Ткъа сарахь аренца 1аш, хилла вас,
Хетара цо декош генара аз,
Цундела ма деза хьан баххьаш пана,
Еза хьо суна, Кавказ!

Вай ирсе хилира, х1ай 1аннаш лаьмнийн,
Шун махкахь гира цкъа ц1у хьажар б1аьргийн,
Ткъа, яларх хан-зама, цаьрца ю ойла,
Сан даго хазадо, хьаьгна уьш гойла, –
Еза хьо суна, Кавказ!…

Фет Афанасий

***
Садаьржаш ма кхайкха цуьнга,
Садаьржаш и йижна ю,
Iуьйре ю садоь1уш цуьнца,
Беснешца ал йогуш ю.

Вагавеш – цо хьоьсту г1айба,
Еза ю наб цуьнан сов,
Цхьа 1аьржа, еха ши ч1аба,
Белшашна т1ехьодий, йов.

Селхана суьйренца – кхолар,
И корехь гуш яра г1ийла,
Мархашлахь девзина ловзар,
Батто д1адолийнарг шийла.

Ткъа хьоьжуш и бода беша,
Йиш хезаш зарзаран аьхна,
Цкъа стиглахь, цкъа кхаьчна беша,
Лаьттира и, бос а баьхьна.

Ткъа долуш и ловзар маса,
И йиш зарзаран хаза,
И 1ийра, кхи доцуш лан са,
Дог даьлла ц1еххьана лаза.

Цундела и 1уьйре цуьнан –
Беснеш т1ехь ал йогуш ю.
Садаьржаш ма кхайкха цуьнга!
Садаьржаш наб мерза ю!

Блок Александр

***
Мохо схьадалийра г1орг1а
Б1аьстенан эшаран зов,
Цхьанхьара са сирла к1орга
Къегира дуьненан тхов.

Ткъа оцу серсинчу меттехь
Iай дарцаш нуьцкъала тирси,
Йог1учу б1аьстенан берттехь
Седарчийн кхаъ-г1енаш кхирсти.

Цхьа г1ийла, бодане, к1орга
Дилхира буо мерзаш сан.
Мохо схьаялийра г1орг1а
Аз долу и эшарш хьан.

Есенин Сергей

 ***
Кхерстар вац со бордах коьллаш юккъехь,
Хьоьшуш татеш, лоьхуш хьоме лар.
Сулан1 ц1ов хьан месийн богуш уллехь,
Г1енах яй хьо, кхин хир доцуш гар.

Чкъор и ал мутт комаран т1едаьлла,
Аьхна, хаза; яра хьо цхьа тов
Стигал санна, ц1е бос эцна яьлла,
К1айн ло санна, б1аьргаш хала лов.

Буьртигаш хьан б1аьргийндаьгна, эшна,
Юткъа ц1е а, цхьа аз санна, яй.
Амма шамарх дарин йоьлла, тешна,
Кхетта куьйгийн мазан хьожа яй.

Тийна йолуш, ал са тхов т1ехь хийла
Iуьллуш, пису санна, юьлуш бат,
Лер хьох лаьцна хеза суна г1ийла,
Алхаш ц1ийзаш, мохо техкош г1атт2.

Ткъа деш шабар, ярах суьйре сийна,
Цхьа сатийсам, илли лоруш хьо,
Амма аьгнарг юкъ хьан, белшаш хьийна
Сирла къайле хиларх теша со.

Кхерстар вац со бордахкоьллаш юккъехь,
Хьошуш татеш, лоьхуш хьоме лар.
Сулан ц1ов хьан месийн богуш уллехь,
Г1енах яй хьо, кхин хир доцуш гар.

Пастернак Борис

Х1амлет

Г1овг1а тийна. Х1ара ловзу меттиг.
Хьалаваьлла лаьтташ со цхьаъ ву,
Шира зов ду суна йостуш бертиг,
Цо сан хиндерг ц1ена дуьйцур ду.

Кхохкабелла, бода хьоьжу соьга,
Эзар турмал, со зуьйш, йоьг1на ю.
Мегаш делахь, Дела, доьху хьоьга,
Раг1 т1ехъяккха – дан сан дезарш ду.

Ч1аг1о йолу 1алашо хьан йеза,
Реза – ловза – х1отто оьшу сурт.
Амма х1инца ас дан кхидерг деза,
Таханлера хьал – т1ех ирча г1урт.

Гондахь ма дац цхьа а х1ума маьрша,
Некъан чаккхе хила езаш ю.
Со цхьаъ, дерриг хьулдеш, пуьташ – 1аьржа.
Ваха дагахь верг – и къонах ву.

1 Ялтанийн тайпа (говран даар).
2 Г1ишлонан т1ехь чоьнаш йолу терхи.

Вайнах, №6, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх