Гайтукаева Бана. Стихаш.

Бана Гайтукаева222014 шарахь ткъа шо кхочу Гайтукаева Бана вайца йоцуш. Амма вайца ю, ша цхьаннах а тера йоцу, еккъачу лазамех юьззина, Банин поэзи.

Дахар

Ас ЛАЗАМ алий хьох, ДАХАР?
ОьгIазло-м йийр яц ахь суна?
Ас IИЙЖАМ алий хьох, ДАХАР?
Дог догу. Ницкъ лохьа суна.
Ас ТУЬЙРА алий хьох, ДАХАР?
Сийначу геналлехь дIадай сан туьйра.
ХАЗАЛЛА алий хьох, ДАХАР?
Ахь кIиллой бийр баций декъал?
…ХIун ала ас хьох, хIун ала,
Сел мерза, сел къаьхьа туьйра.

***

Хийла со ца езарш ас кхардийна,
Сайн безначарна ас эзар вас йина…
Амма цу массарна а ас гечдина –
Со ца езаш – сайх кхаьрдинчарна а,
Суна беззашехь, сайх кхета ца хиъначарна а…

***

«Хьуна а магахьа нахана меггарг,
Ахь а ма дехахьа кхечарна тоьарг», –
Хьехарш до суна гергарчу наха,
«Къахеташ» яха ца хуучу сох.
Ца тоьа суна нахана тоьарг –
Суна го малх боьлхуш, цIен Iовраш Iенош.
Латта а текхаш го, кийрахь дерг даьгна.
Ца тоьа суна нахана тоьарг…

***

Малх сихъиккхина,
Суьйре цIийелча,
Хьо шех хервина,
Сайн дог чIагIделча,
НеIарш къовлу ас,
Зайлаш доьхкина,
Хьоь догдаха сайн
Лаам бихкина.
Буьйса дIагIур ю,
Сан сих дакъош деш.
Цу бIаьрсино
Лаьцна аьрха йоI,
Цу хьан бIаьрцIерлахь
Поллах хьаьвзар ю.
Цунна дицлур ду
Ша хьох довхо вар,
Малх сих бахана,
Суьйре цIийялар.
Безам бахна дог –
Иза-м полла бай,
Хьан бIаьрцIерлахь дерг –
Цуьнан дуьне дай…

***

Бутт лаьцна-те тховса? –
ХIара дуьне ма чIогIа Iаржделла,
Беттаса гуш ма дац,
Сан дагах дог кхиъча санна,
ХIун хилла-те хьовха –
Седарчийн бIаьргаш а шелделла,
Сан бIаьргех бIаьрг кхиъча санна,
Сан деган лазамна
ЦIе тоьхча санна,
ХIара буьйса ма чIогIа дIатийна…

***

Суна ела лаьа. Суна елха лаьа.
Кху сан даг чохь дерриг тховса цхьаьнаийна.
Ас хьан байташ ешча,
Йиси дош а эшна,
Ойла яха лаха и сан тайнигаш.
Суна хьега лаьа, суна кхета лаьа
Мичхьа сеци, сан бераллин сийна туьйра, хьо?
Сан месаш тIехь къиэга
Ас кегийна ченаш,
Сийна туьйра, сан месаш тIехь
Къесташ ду хьан бIаьрхиш.
Суна лаьа ела. Суна лаьа елха..
Кху сан дагчохь дерриг тховса иэди-кх ахь.
Ас сайн тайниг кечъеш,
Нанас дина дов а деза хетта.
Суна лаьа ела. Суна елха лаьа.
Ахь бералле йиги-кх со, куьг а лаьцна тховса…

***

Беттан нур дитийша,
Беттан сих хьаьгначу дагна,
Шух тахна массарах
Ма чIогIа эвлаяаш хилла!
БIаьвнийн мохк битийша
Са цIена кхаьбначу дагна,
Аьрзунан баннашкахь
КIорнешна цу-межарг билла.
Цхьажимма совцалаш,
Дитина шайн миска дезарш,
Шун къина вилхина илланча
Шайн кетIа хIоттахь,
Шайн дегнаш дилалаш –
Къа доцчу сих девлла бIаьрхиш –
Канашкахь схьаэций,
Цхьа тIадам лаьтта ца божош…

***

Ма кегий дар-кха вай селхана…
Лечкъаргех, тайнигех вай ловзуш,
Хьаьстича деллал бен,
Мацделча делхан бен,
Дегнаш чохь кхин хIумма а доцуш,
Ма кегий дар-кха вай селхана…
Ма дукха хан ели цул тIаьхьа!
Дахаран селхане гуш гIенах,
Доккха садаьккхи ас,
Ахь дагна ярна вас,
Тахана, суо къаьсташ безамах,
Селхана, хьаьги хьох дуьххьара!
Ма кегий дар-кха вай селхана…

***

Зезаго зезаге дог кхийдадора,
Дог кхийдадора –
Зезагна а хилла-кх зезаг тIеоьшуш,
Хазаллех къага.
Дахаран дезарша гIелдинчу сан даго
Хьо хьехавора –
Дагна а хиллийца
кхин цхьа дог тIеоьшуш,
Ирсаха Iаба.

Безнарш ма къастийла

Тийна буьйса, шен нур лаьтта хьоьрсуш,
Батто стиглахь партал нека до.
«ХIунда ю хьо гIайгIане?» – соь бохуш,
Седано соь бIаьргаш теIадо.
Беттан амат дагна хьоме хеташ,
ДоттагI, лоьхуш цунна чохь хьан сурт,
Хьуна доьлхуш, довза бIаьрхиш легош,
Даго, хьоьга кхойкхуш, бетта мохь.
ДIо бешарчу дитта тIехь цхьа гIийла
ЧIобо болий шен иллин мукъам,
Цхьаьнга-м кхойкхуш, иза тийжа тховса,
Сан даг чуьра эцна гIийла аз.
ГIайгIа, гIайгIа ас тийналле юьйцу,
Буьйса кхачаяла дагахь яц,
ДIо Валарган тулгIено хIун дуьйцу?
Цхьа мукъам бен, цуьнгара гIоли яц.
Тийна буьйса. Шен нур лаьтта,
Седа, бохуш, лепа моттало:
«Безнарш цкъа а ма къастийла вовшех,
Деган доттагIа виц ца ло!»..

***

Сох назма хуьлучу буса
Хьан гIевлехь соьцу сан ойла.
Сайн сица хьан гIенаш хьостий,
Ас малйо сайн деган гIовла.
ТIаккха со дIа новкъа йолу,
Хьан цIена ойланаш оьций,
Сан са а мукъаме долу.
Сох назма хуьлучу буса,
Хьайн гIевлехь йоьлху сан гIайгIа.
Хьан деган мукъамех дуций…

Вайнах, №3, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх