Евгений Онегин

Роман байташкахь

Юьхь еша № 9, 2014; № 9-10, 2016 шш.

Кхоалг1а корта

Elle etait fille, elle etait amoureuse.
IMalfilatre1

I

«Стенга? Маржа, байтхой, х1ай!»
– Iе, Онегин, хан – сан ваха.
«Ас ца хьево; амма ахьа
Хьаьнца йо суьйренаш хьайн?»
– Ларинг1аьрца. – «И ду совг1ат.
Ахь х1ун дуьйцу! Мохь бац сов цхьа
Х1орра суьйре такхар цаьргахь?»
– К1езга бац. – « Кхетош, дийца ахь.
Кхузара го дерриг шера:
(Бакъ со велахь, хила къера),
Оьрсийн доьзал, беха бертахь,
Хьеший лорург боккха кхаъ,
Тушпа2, т1аккха къамел цхьаъ
Дог1нах, ормах3, даьхнийн кертах…»

II

– Бохам бац-кха боккха иза.
«Г1айг1а ю-кха, доттаг1, къиза».
– Кура гуо шун безац суна;
Гуо доьзалан г1оле, хьуна…
– «Юха а и эклог4 йоьхьар!
Йита иза Делан доьхьа.
Ткъа х1ун дийр ду? Г1уо хьо лаллий.
Ленский, хьажахь, йиш яц сан
Ган Филлида хьоме хьан,
Ойланийн а, месан кхаъ и,
Б1аьрхийн, рифмийн, ткъа кхечунан?
Гайта и». – Баккъал? – «Х1аъ а».
– Суна – там. – «Маца?». – Х1инцца.
Вай т1елоцур цара дика.

III

Воьдий. –
И шиъ ваха, аьрха,
Ткъа д1акхечи; лелий ч1ог1а,
Даарш дохкуш дийнна мог1а,
Кепехь шираллийн, комаьрша.
Хьошаллин ламастца дилли:
Тушпанаш тайп-тайпа и,
Балозан стоьла т1е йилли
К1удал, чохь – эцхьаман5 хи,
……………………………….
……………………………….
……………………………….
……………………………….
……………………………….

IV

Уьш некъаца боцучу
Вуно сиха бог1у ц1ехьа,
Х1инца къайлах вайн йиш ю
Къамеле ладог1а церан:
– Хьо-м, Онегин? Синош дохуш. –
– «Воьлларг, Ленский». –
Вуьшта, хьо гуш,
Т1ех – саготта. – «Со-о верг ву.
Амма арахь 1аьржа ю;
Эндарини6, чехка хахка!
Меттигаш ц1армата, акха!
Ала: Ларина – са – дийна,
Йоккха стаг, цхьа хьоме, ийна;
Кхоьру: эцхьаман хино
Зе ма дойла суна вуо.

V

Ткъа Татъяна муьлха яра?»
– Йолуш т1ех саготта ша-а,
Дош ца олуш корехь цхьа-а
Iийнарг, йоцуш иза-х1ара. –
«Хьуна езарг ю-кха кхи?» –
– Ю. – «Аса хоржур яра и,
Хилча со и байтхо маьрша.
Олгин вастехь дахар дац-кха,
Вандикан Мадоннехь санна:
Йоьхьца ю и ц1иэ а, горга,
И бутт санна, 1овдал г1орза
Хилла къагорг Ма-а7, са – аьрта».
Владимир, жоп делла шийла,
Кхи дош доцуш, 1ийра г1ийла.

VI

Ткъа Онегин шайга вар а,
Кхаъ хилира Ларинг1арна,
Лулахошна ловзар далла,
Генарчарна баккхал бал а.
Т1аьхьа-хьалха хезаш хетарш,
Наха къайлах, сема – ла,
Забарца я латош къа,
Вира и Татъянин везар;
Цхьаболчара дора ч1аг1,
Бина баьлла бохуш мах,
Бу цкъачунна и сацийна,
Керла мух1арш ца карийна.
Ленскийх дерг, ца оьшуш лара,
Уьш къастийна, парг1ат 1ара.

VII

Татъяна йохура карзах
Цу хабарша; амма къайлах
Яра дуьйцург, боцуш тилам,
Ган и лууш, хилла хилам;
Ойлано беш башха хьехам,
Даг чохь г1аьттира ял-безам.
Иштта урдо дола до
Х1у б1аьстенца ден ма ло.
Тоххара, кхетамца кхиъна,
Йогуш зовкхе, г1айг1ане,
И стом бовза яра лиъна;
Тоххара дог айаме
Доьллера ваз къийла цуьнан,
Сино магош кхочург муьлхха.

VIII

Кхечи эххар… Б1аьрца ги;
Цо ма эли: иза, и!
Х1инца буьйсанаш а, денош,
Ва бурконе г1ан, и 1ехош,
Везарх дуьзна; дерриг цунна,
Денна иза валхош, хьуна,
Нуьцкъала. Х1инца маь1на
И къамелийн еха, хьаьхна,
Лайш тергоне новкъа бу.
Ойланашка йирзина,
Хьеший тесна битина,
Царна яппарш еш и ю,
Ца товш церан кхачар,
Бах а белла баг1ар.

IX

Х1инца йоьшу роман цо,
Хилла башха ешархо,
Схьагуш санна ховха безам,
Цо ма муьйлу мерза 1ехам!
Ирсечу сатийсамо
Денбина турпалхойн гуо:
Везар Юлин и Волмар,
Малек-Адел, ди Линар,
Ткъа и Вертер, бала лов,
Грандисон а, башха тов,
Деза г1ан т1е туьйсург вайна, –
Массо, хьешана вайн тайна,
Цхьа вастане уьш ма бирзи,
Шайх Онегин хилла, биси.

X

Ша-а турпалхо хеташ дийна
Шена товчу кхоллархойн, –
Клариса, Юлаь, Делфина,
Татъяна, хьаннашка г1ой,
Iа цхьа-а зене жайна толлуш,
Цу т1ехь лоьху, карбо мацца
Шен суй къайлах, шен сатийсам,
Ткъа шен деган стоьмаш цхьацца,
Цо са доккху, дола боккхуш,
Нехан айам, г1айг1а-тийжам.
Терге, шабарш деш, и еха,
К1анте кехат яздеш деха…
Ткъа вайн турпал, тешаш вийццал,
Грандисон вацара билггал.

XI

Шен з1еналг дозаллах юттий,
Кхоллархочо хьалха хийла
Кхуллура турпалхо, х1уттий,
Кхаъ берг нахана цецбийла.
Цо и хьоме хьенех шен,
Даима бехк-гуьнахь доцург,
Вора к1еда, хьекъале,
Йоьхьца хаза, бос ц1иэ богург.
Ц1ена суй чохь болуш летта,
Даима айаме, воьлуш,
Вала кийча нехан метта,
Т1аьххьарчу чаккхенехь, доькъуш,
Сонталла лахйина атта,
Дикалла ч1аг1йийриг латта.

XII

Х1инца хьекъалш – дахкарлахь,
Кхетам, хийцабелла, – кхи,
Романо, еш цуьнан яхь,
Сонталла толамхо йи.
Британин байталлин бийцам8
Кхиазхочун хьадеш г1ан,
Х1инца цуьнан кумир хан
Токху ойлане Вампир,
Я Мелмот, и хаьдда хир,
Ца ле Жид а, я Корсар,
Я къайленан да Сбогар.
Лорда Байрона беш хийцам,
Романталлин9 г1айг1а яьржи,
Эголла10 турпалша хаьржи.

XIII

Доттаг1ий, х1у маь1на цуьнан?
Лаамца стигланийн со цкъа
Байтхо воцуш ган ма мега,
Шайт1а кхи да хилла деган,
Фебан кхерамаш ца гуш,
Йозанна11 ас яхь д1алуш;
Т1аккха роман, хьалха санна,
Ас язйийр ю массо ханна.
Цу т1ехь, зе цкъа дарна буьрса,
Вагар дуьйцур дац ас луьра,
Аса юьйцур цу т1ехь еха
Оьрсийн доьзалан лар меха,
Дуьйцур безаман кхаъ-г1енаш,
Вайн шираллин деза хьелаш.

XIV

Карладохур и къамелаш
Ден а, къеначу вашин,
Берийн меттигаш, до кхетарш –
Шира хьехаш, хьостан хи;
Къиза г1ийрат, бийриг 1ийжам,
Къастар, б1аьрхиш, беха тийжам,
Бохор барт а, вовшахтухур,
Эххар ирсе бига х1уттур…
Далхор ховха дешнаш шовкъан,
Садуучу безаман,
Аса хьалха, олуш ловца,
Когашкахь сайн езаран
Аьлларш доггах цуьнга мацца,
Х1инца декарш даг чохь цкъаццкъа.

XV

Татъяна, хьоме, х1ай, Татъяна!
Хьоьца – воьлху, юу къахь;
Ял-безамна яхна 1ана,
Йовсаре дог кховдий ахь.
Х1аллак хир ю; ткъа цкъачунна,
Сирла 1алашо – даг чохь,
Ахь бодане ял ма йоьху,
Бевза дахаран зовкх-мохь,
Кхаъ-д1овш мала кад а лоьху,
Сатийсамийн ю хьо лай:
Массанхьа ю моьтту хьуна
Меттигаш дог дийца хьайн,
Кхузахь, д1огахь хьалха – иза,
Хье д1аэцна гаур къиза.

XVI

Татъяна, безамо огу,
Беша яхна, тийна 1а,
Эццахь б1аьргийн хеба гуо,
Мало йо г1улч яккха цо.
Ваз айделла, беснеш йогу,
Девзина дагаран тов,
Барташа ца доь1у са,
Суйнаш – б1аьрехь, лерехь – зов…
Буьйса юлу; бутт ма бу
Iарчаш толлуш, хилла 1у,
Зарзар бодашкахь ма дека,
Аьзнаш деш х1аваэхь нека.
Татъянина наб ца йог1у,
Бабица къамеле йолу:

XVII

«Баба, наб яц: кху чохь – йовха!
Чу даийта и х1о ховха».
– Танаь, х1у? – «Соьгахь – г1айг1а.
Ширалла йийцийта вайга».
– Стенах,Танаь? Цкъа сан мацца
Дара дийца дукха цхьацца:
Шира хилларш я цахилларш
Вочу синойх, мехкарех;
Х1инца, Танаь, бода, тиларш:
Дуьйцург дуьйцу хетарехь.
Эс сан вуно ч1ог1а эшна! –
«Дийца, баба, ахьа тахна
Шира шераш, хилла, тешна,
Хьо цу хенахь безам бахна!»

XVIII

– Танаь! Буьйцуш и ца хезна,
Цунна корта цкъа-а ца лезна;
Иштта хилча, теша хьо,
Лоллура марнанас со. –
«Уой, хьо муха яьлла ц1ера?»
– Дела дика. Со Ванел а
Яра йоккха, ю со къера, –
Кхойтта шо кхаьчнера сан.
Захалш оьхуш дели к1ира,
Эрна цара некъ ца бира,
Эххар да тхан т1е ма тайра.
Ткъа 1аш йоьлхуш, ца гуш майра,
Ч1аба сан д1ахийцира,
Йишца килсе йигира.

XIX

Т1аккха йосси ц1а чу нехан…
Хьо-м яц хезаш, тем бац хьуна… –
«Баба, г1айг1а соьца еха,
Хезарг, схьагург хьаьхна суна:
Елха, уг1а кийча – со!..»
– Хьомениг, ю сиркхо хьо;
Дала ларъе, 1алашъе!
Хьайна оьшург ала диэ…
Деза хи хьарсийта т1е,
Уой, хьо йогуш… – «Сан хьу – безам:
Эрна, баба, муьлхха хьехам».
– Уой, сан к1орни, Дела – вайца! –
Бабас жа1ар до1а дарца
Лоьцу, лаца доцуш де.

XX

«Безам бахна», – юха, юха
Бабе олура цо дукха.
– Деган доттаг1: сиркхо ю хьо. –
«Безам бахна: йита ахь со».
Цу юкъа бутт богура,
Меда са луш, кхозура,
Хьоьстуш Танин амат беса,
Яьржина и к1ажарш месан,
Т1адмаш б1аьрхийн, г1ант а шира,
Вайн хьешана хьалха ю-кха,
Баба, хьулбеш корта сира,
Доьхна йовлакх, йовха х1ума;
Дерриг, тардеш, тийна лаьтта,
Батто ни1мат 1енош лаьтта.

XXI

Дагца лиэла, яьлла гена,
Татъяна, бутт боьлуш шена…
Эццахь ойла хили цхьа…
«Баба, йижа хьайна д1а,
Ткъа луо мас а, кехат соьга,
Стол т1етатта, доьху хьоьга;
Бехк ма билла». И ю цхьа-а.
Дерриг тийна. Бутт а серса.
Кехат яздо, чаккхе – герга.
Хьалха ву Евгений ша-а,
Кехат сиха ма ду, тов,
Йо1а безам балхош сов.
Кехат кийча, мукъа ю …
Татъяна! и хьаьнга ду?

XXII

Бевзара хьенехаш хийла,
И, 1а санна, ц1ена, шийла,
Дош цахезарш, мар а хьала,
Кхето берш хьекъална хала.
Церан яхьах со ца кхии,
Церан эхь-бехк ас ца тиги,
Къера, ас уьш битира,
Хьаьжца церан дийшира
Жоьжаг1атан йоза-мах:
Iалашо ма кхаба ахь.
Безийтар бу царна бохам,
Кхерам тасар – царна толам.
И саннарш Неваца дукха
Гина хила мега шуна.

XXIII

Оцу буьйцучарна юккъехь
Кхиберш гина, лаьтташ уллехь,
Болуш тобана шайн т1ера,
Безаман ловзаршна хийра.
Ткъа х1у карий суна, х1ай?
Цара луьраллица шайн,
Къахкош мела безам, хьуна,
Керла ницкъ ма лора цунна.
Хеталора къийларшца,
Хезачу шайн дийцаршца
Наггахь уьш бу аьлла аьхна,
Таккха, шело церан хьаьхна,
Везархо ма гуора къона
Воьлла юкъа церан гона.

XXIV

Ткъа Татъяна бехке стенна?
Никказ, яхарна ша-а денна,
Ца гуш шена цхьа-а а 1ехам,
Беза болуш деган лехам,
Везарна шалхалла йоцуш,
Ц1ена шен синхаам лоруш,
Хиларна тешаме ч1ог1а,
Стигланаша делларг пох1ма,
Цундела – синхьежам12 аьрха,
Дерг хьекъал а, кхийдам13 дийна,
Ткъа ойланна корта маьрша,
Дог, ховхалла, алу ийна.
Мила ву и бехке ян,
Евзинехь цкъа шовкъийн 1а?

XXV

И нукурсак ю дов хатта,
Ткъа Татъяна, доцуш атта,
Iа, бер санна хьоме цхьа,
Безамна са делла д1а.
Цо ца боху бита беза
Иза, йоцуш санна реза,
Гура бог1у бог1а цкъа;
Юьхьанца яхь оьшу ян
Iалашонца, т1аккха, шеква,
Б1арздеш дог а, юха денва
Г1ийратечу суйца иза,
Вуьшта, кхеттехь хьалххе чам,
Йийсархо х1иллане, къиза
Вада тарло, ца беш хам.

XXVI

Кхи цхьа хало еза ган:
Лардеш сий хьомечу мехкан,
Гочда деза шуна сан
И Татъянин кехат аьхна.
Оьрсийн мотт и хууш вуо
Вайн журналаш дешац цо,
Ткъа шен маттахь дезарг ала
Цунна бара боккха бала,
Цо язйора францойн маттахь…
Ткъа х1у дийр ду? Бе аш кхетам:
Х1инццалц схьа эманийн безам
Оьрсийн маттахь балхабац,
Долу хьал ма-дарра латтахь,
Балхош иза кестта гац.

XXVII

Хезна: эманашна йиэша
Оьрсийн маттахь 1амор аьлла,
Маца гур ю и вайн неша
Оьрсийн журнал диэша яьлла!
Даре дайша, байтанчаш;
Шайн бехкана долуш къера,
Аш базбина хазанчаш14,
Байтца хьоьстуш лергаш церан,
Кхоьруш ян ца хууш вас,
Хала хууш оьрсийн мотт,
Бацара и буьйцуш раз,
Аша ца еш цуьнан чот,
Церан багахь мотт и нехан
Ца бекара хилла ненан?

XXVIII

Т1е ма нисве цкъа-а со Дала
Тойнехь я цу уьйт1ахь, х1ай,
Семинархочунна, ала,
Я академхочунна вайн!
Деларх хаьдда барташ санна,
Гарматикан г1алат доцу
Оьрсийн къамел т1е ца лоцу
Ас еллачу сайна ханна.
Бешна вайн журналийн мор,
Iамош гур хазанчийн чкъор,
Вайн гарматик, аьлла х1айт,
Цуьнца 1амош еша байт;
Сан болх бац-кха иза, хьуна.
Эс шираллин – мерза суна!

XXIX

Нийса доцу, раз и шабар,
Ц1ена доцу леран хазар
Дека дог сан карзах доккхуш,
Хьалха санна гилгаш дохуш;
Дохковала ницкъ бац, хьуна.
Галлингаш15 ду хьоме суна,
Къинош санна къоналлин,
Байташ санна Богданчин .
Амма тоьур. Х1инца дог1у
Гочда кехат хьешан сайн;
Ас дош делла, амма вогу,
Бац-кха и болх, шуна, бай.
Хаа: аьхначу Парнин
И мас модехь йоций кхи.

XXX

Тойнийн, г1айг1ан илланча,
Маца хьо хир вара соьца,
Ас деш сонта дехар хьоьга,
Хилла меллаъ х1илланча:
Ахьа декор долуш, тов,
Хьасартнечу йо1астеган
Кхечу къаьмнийн дешнаш к1ов,
Бина царех мукъам деган.
Гучувала. Амма и,
Хастам боцуш шена кхи,
Финхойн махкахь некъ беш хийла,
Лиэла, толлуш чхарраш г1ийла,
Парг1ат цигахь иза 1а,
Вац д1аэца бала сан.

XXXI

Ду Татъянин кехат товш,
Аса ма бо цуьнан кхоам,
Доьшу къайлах, г1айг1а ловш,
Доьшу, боцуш сайна тоам.
Хьа кхиий и аьхналлех,
Нийса дешнийн б1аьрзаллех?
Хьа довзийти хьоме ч1ар,
Тергечу цу деган тар,
Iехам, зе а шеца гина?
Со ца кхета. Ткъа ду беркъа
Гочдар х1ара, сиха дина,
Кеп дийначу суьртан беса,
Я Фрейшиц, хазийнарг вуо цхьа
П1елгаш бетташ дешархоша:

Татъянин Онегине кехат

Ас хьоь язйо – и ца тоьу?
Кхи т1е тоха х1у ду сан?
Х1инца хьан и таро ма ю
Инкарло ца со лахъя.
Амма велахь болуш т1адам
Къинхетаман хьайца хьо,
Ахьа бешна сан синкъадам16,
Йийр яц, гарехь, аьшнаш со.
Дагахь яра цкъа ца язъя,
Вуьшта, теша, эхь сан х1ара
Хьуна къайле хир ма яра,
Йиш сан хилча хьуна тада
Наггахь я цу к1ирнах цкъа
Вар сакъера юьрта тхан,
Ас хьан къамел хезаш дийна,
Дош эр дара сайн цхьа тийна,
Юьсуш т1аккха хьо ган хьаьгна,
Безамо ваз даьрра, аьгна.

Ткъа хьо боху, юьртахь веха,
Гуттар хаьдда уьйрех нехан;
Ткъа тхо – пекъарш. Х1ун диэ т1аккха?
Дог хьан эца ох1ла дац-кха!

Х1унда кхечи тхоьца ловза?
Юй ца хууш йолчу юьртахь
Йиш хир яцара хьо вовза,
Йиса къахь ловш чохь я уьйт1ахь.
Кхехкар къоначу сайн синан,
Хьанна хаа, со тедина,
Кхиниг цхьаъ карийна сайна,
Хилла эма тешаме,
Нана хилла кхетаме,
Яха х1уттур, дахар тайна.

Кхиниг!.. х1а-х1а кхиниг аса
Хоржур вацара цкъа-а дагца!
Къастам Кхиэлан бу и цхьа…
Кхийдам стиглан: со ю хьан;
Дахар сайниг хилла, хьуна,
Закъалт гур хьо хиларх суна;
Суна велла Дала хьо,
Ахь ларйийр ю валлалц со…
Хьо г1енашкахь доьхьал тийси,
Гина воцу, хьоме хийти,
Со хьажаро малйи хьан,
Аз хьан дийки даг чохь сан
Мацах… и ца хилла г1ан!
Гучуваларца хьо вевзи,
Кхаъ хиларна корта хьевзи,
Хеби, йогуш яьккхи хан,
Хьо вовзарна къера ю,
Сайга боху: и хьо ву!

Хьо вацара хезнарг, 1ийнарг
Мисканашна ас г1о деш,
Сан са тедеш соьца тийнарг,
Сан до1анан хилла теш?
Хьо вацара эццахь гинарг,
Хилла г1аларт дай, цхьа хьоме,
Бодашкахь къегина цкъа,
Г1евланга хиина сан,
Безам, шовкъ а луш хьайн бинарг
Суна хьехам беза, чоме?
Хьо ду малик – г1арол сан
Я хьо г1ам ду – говза цхьа:
Сан шеконаш къахкае.
Бу-те х1ара 1ехам синан!
Дерг а, доцург къастаде.
Со ю-техьа кхи яздина…
Мухха делахь! Кхоллам сайн,
Аса йоьлхуш, хьоьга ло,
Хьо долада къобалво,
Кхи д1а уьйр хилийта вай…
Хаа: со ю кхузахь цхьаъ,
Сан кхетамна хилла да1,
Х1аллакхила – герга со.
Хьан г1о оьшуш, воьху хьо,
Со денъехьа ахьа дагца
Я г1ан сайниг хададай,
Самаяккха сиха, х1ай,
Суна йог1у 1оттар ярца!

Со чекхйолу! Диэша кхоьру…
Эхь-бехк луьра соьца беха,
Хьан сий аса йоьхьар лоьцу,
Кхи ца дог1у дийца деха…

XXXII

Татъянас садоккху, кхойкху;
Кехат карахь дегаш ду
Ткъа ал чуьппалг17 меттах йоху
Шен маттаца, хилла хьу.
Цуьнан корта белшах летта.
Чухулйухург яхна т1етт1а,
И исбаьхьа белш а сега …
Эццахь беттан з1аьнар къега
Ян ма х1утту. Тог1и кхузахь
Iаьнах йолу. Татол бухахь
Детих лепа; ткъа шедаго
Жа1уьнан г1аттий юьртан гуо.
Iуьйре кхечи: массо уьду,
Ткъа Татъянас и ца туьду.

XXXIII

Цунна ца го цхьа-а а 1уьйкъе,
И ца кхуьу церан дуьхе,
Кехатна цо т1е ца доккху
И шен мух1ар, бустам болу.
Ткъа не1 йоьллуш ч1ог1а тийна,
Баба къоьжа йог1у,1ийна,
Шун а дохьуш, т1ехь дерг чай:
«Хьоме, хан ю, г1атта яй:
Уой, хазаниг, сема – хьо!
Хьоза, хьалххе г1оттург сан!
Буса яра хьере со!
Х1инца хьажар – могуш хьан!
Г1айг1а йоцуш, парг1ат ю,
Ал бос богуш васт а ду».

XXXIV

– Х1ай! Сан баба диэхьа г1о. –
«Х1ун дан деза? Кийча – со».
– Бехке со еш, вуо ма къажа…
Нийса кхета хьо сох хьажа. –
« Сан дог, Дела – гуш, хьан – лай».
– Ахь вахийта к1ентан хьайн
К1ант цу О…на кост а эцна…
Лула… маьрша г1улч а хецна –
Дехка цунна даре дан,
Ц1е а яккха цигахь сан… –
«Хьанна? Ала, х1ай, сан хьоме.
Кхетийнарг дало-кха чоме.
Лулахой бу дукха, хьуна,
Оьшург къаставехьа суна».

XXXV

– Баба, генахь ю хьо кхета! –
«Доттаг1, со ю къена, шира,
Танаь, бац сан кхетам ира,
Мацахлерниг г1ан ма хета,
Хьоладас шен омра ди…»
– Баба, дитахь къамел и.
Х1инца и ду суна хийра,
Сан дехар кехатна т1ера
Онегине. – «И ду дехар?
Суна оьг1аз хьо ма г1уо,
Хьуна хууш, со ю пекъар…
Уой, хьо стенна яьхьи вуо?»
– Баба, чот яц, дерриг дика.
Хьажавехьа к1ант ахь сиха.

XXXVI

Цхьа-а жоп доцуш текхи де,
Шолг1а текхи: жоп дац цунна,
Iуьйккъехь, духар доьхна т1е,
Татъянас жоп лардо, хьуна.
Олгин везар гучувели.
«Стенгахь ву шу хьаша дика? –
Х1усамнанас цуьнга эли. –
Цо тхо дицди атта, сиха».
Ткъа Татъяна, йогуш, хеби.
– Тахна хир ву аьлла цо, –
Х1усамнене Ленскийс далхий, –
Гарехь, хьеви поштано. –
Ткъа Татъяна дешнаш малйи,
Хезнарг 1оттар лаьрра, теби.

XXXVII

Маьрк1аже; ю стол т1ехь «пох1» деш,
Къегаш и суьйренан самар,
Китайхойн и чайналг йохъеш,
Яржош тамехь к1уьран кхагар.
Олгас доьттина комаьрша,
Хилла шех и т1айра 1аьржа,
Архье чай пелашца доду,
К1ант, т1о эцна, схьа ма хьоду;
Ткъа Татъяна корехь ю,
Шийла аьнгалеш, 1а етта,
Лаьтта к1ай цхьа, и т1е летта;
Ткъа ойлане хьаша вайн
Кхаъ-п1елгаца дуьллуш дай
Б1аьрга т1ехь, дохк лаьцна хьена,
О а, Е а – хьоме шена.

XXXVIII

Ткъа са цуьнан дара тийжаш,
Б1аьрхих дуьзна хьажар 1ийжаш.
Эццахь г1овг1а!.. ц1ий ма сеци.
Евгений чувог1уш хези.
«Ва-ай!» – мохь бели. Шех мох хилла,
Мурст – Татъяна яха тилла
Чуьра ара, беша нийсса,
И ца кхуьу г1улчаш тийса,
Юха хьажа кхоьруш, едда,
Токхам, т1ай а, басалг юьтуш,
Т1аьхьа 1ам а, боьлак юьсуш,
Патарш дожош коьллаш кегйи,
Хьостан т1е и мацца кхечи,
Садукъделла, чохь ц1е летта.

XXXIX

Г1анта юьйжи…
«И Евгений!
Х1ай, сан Дела! Со ю бехке!»
Дог, шеконаш динарг техке,
Г1ан-г1аларто 1еха ма ди;
И егайо, оьхьуш дагар,
Хьоьжу: вог1ий? Киртиг – кхачар.
Лай-мехкарий бешахь уллехь
Комарш лахьош коьллаш юккъехь,
Бара локхуш омра-йиш,
(Омра дара дина цунна,
Ца хилийта церан, хьуна,
Шайн дайн комарш яа йиш:
Йиш лакхарца цара яй
Шайгахь кхобур балдаш шайн.)

Мехкарийн йиш

Шу, мехкарий-полларчий,
Синан нешаш, кхокхарчий,
Ловза х1итта, мехкарий,
Къера х1итта, седарчий!
Аша лакха йиш и яй,
Совг1ат дерг цхьа деза шайн,
Кхайкха жимха дукха,
Аш шайн гона юкъа.
Ткъа и гучуваларца,
Д1а-схьа довда цагарца,
Баьллех корта буза ,
Мангал-комарш етта,
Ц1е эцхьамаш т1етт1а –
И ма кхача кхуза.
И ма вола къежа,
Хаза эшарш маьрша,
И ма х1отта хьежа,
Зуьйш вайн ловзарш аьрха.

XL

Инкарло еш церан йишна,
Церан аз схьаоьхуш лере,
Татъяна 1а еха хиъна,
Лаг1даллалц ов деган луьра,
Беснийн алу марса, хьере,
Амма вазца дегар ду,
Беснийн тов а ч1ог1а ю,
Сийсаш, серсаш буьрса…
Иштта, бада доцуш 1уьрг,
Полла бетташ къорза т1ам,
Ишколхочо ца беш хам,
Иштта пхьагалг18 етташ муьрг,
Ялта юккъера схьагина
И иччархо, къайле йина.

XLI

Эххар доккха цо садаьккхи,
Г1анта т1ера хьалаг1аьтти;
Оьцуш, ц1ехьа болар ийци,
Эццахь цунна доьхьал вели,
Б1аьргаш лепаш, вайн Евгений,
Цхьа кхераме 1индаг1 санна,
Ягийча ша-а санна ханна,
И соцунг1а хила, йиси.
Церан вовшахкхетар дийца,
Х1ай, доттаг1ий хьоме шу,
Тахана ницкъ боцуш ву,
Деха къамел дог1у хийца:
Волавала, ва сада1а,
Мацца д1адерг далхо хаа.

Чаккхе хир ю.

Гочйинарг ХАТАЕВ Хьусейн

1 «И яра йо1-стаг, и яра безам бахна.» Малфилатар (фр.)
2 1.Стоьмех йина юькъа, мерза кочалла. 2. Хорбазан моз.
3 Оьрсийн лен.
4 Исбаьхьалла.
5 Оьрсийн – брусника.
6 Оьрсийн – Андрюшка.
7 Т1урнене
8 Оьрсийн – сказ.
9 Оьрсийн – романтизм.
10 Оьрсийн – эгоизм.
11 Оьрсийн – проза.
12 Оьрсийн – воображение.
13 Оьрсийн – воля.
14 Оьрсийн – красавицы.
15 Оьрсийн – галлицизмы.
16 Оьрсийн – исповедь.
17 Мерзачу х1уманан тайпа.
18 Оьрсийн – зайчик.

Вайнах, 11-12, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх