Екатерина Габашвили. Тинин хелхар.

Екатерина Габашвили йина 1815-чу шарахь Гори-г1алахь. Тбилисехь, г1алин училище чекхъяьккхина. Цул т1аьхьа Гори-г1алахь хьехархочун болх бина. 1871 шарахь дуьйна шен дерриг дахар литературан д1а ло. Произведенеш: «Тамара теяр», «Дидихевехь безаман марзо», «Ворданчий ойланаш». Кхелхина 1938 шарахь.

Дийцар

I

Ноябрь бутт, везчу Гиоргин де. Вуно шийла ю. 1а доьлла дацахь а, амма цуьнан геланчо – к1ацо – шурул-к1айн йина Зедашени юрт.
Шело дег1ах чекхйолу, стаг хебаво, сихдойту, куьйгаш чета а доьхкина дан 1емина, гуьржичун болар. Х1ора ц1ийнан тхов т1ехула ирх оьхуш бу к1ур. Малх, дегабаам бина нускал санна, мархашна т1ехьа д1алечкъина, цунна х1уьттаренна массара а ц1е латийна, ц1арна хьалха мукъане а жимма вохвала.
Ерриге эвлахь а цхьа Тимин кхерчахь яц ц1е, цуьнан цхьаннан к1ентан бераш ду сенделла, зарзделлачу юрг1анех а хьаьрчина, шийлачу кхерча хьалха мацалла, берзан к1езий санна, ц1ийзаш 1аш.
– Шелделла, баба, тхо, шелделла! Баьпкан юьхк мукъана лохьа.

Х1ун дийр ду мискачу Тинас? Мичара тардийр ду дечиг, хьаьнга йоьхур ю баьпкан юьхк? Хьанна т1ег1ур ю, хьаьнга доккхур ду орца? К1ордийна х1ара лулахошна а, ц1арна алу йоьхуш, нехан ков-керташкахула ч1еш лехьош. Мосазза дов дина, кхуо, кертах даха а дахий, серий д1акхоьхьу бохуш, ткъа кемсашна доьг1на хьокхий деза къа хилла кхунах хьаьрчина дукха хан ю.
Бакъду, яьшки чохь масех кана хиллал ахьар-м ду, амма бепиг муха доттур ду? Х1ара шолг1а де ду Тина ладоьг1уш 1а: лулахойх цхьамма кхаллар дотту пеш латор яцар техьа бохуш – царел т1аьхьа мукъана а масех хьокхам батта. Мичара! Массара хьалхе деттина дезчу денна бепиг, цундела цхьана а х1уманна саготта бац х1инца.
– Декъачу ченийн ц1ов бан, я коьллаш яха хьуьнах яха ницкъ мукъана белахьара. Цхьана ханна кхачо хир яра, – шабарш до Тинас. – Давелла диссарг, дог ду-кха сагатдеш, настарш ю аьлларг ца деш, пхьаьрсаш охьадаханчуьра хьаладахийта а ца ло. Цкъацкъа тохало дог, хорам бо легашна, х1ан, х1инца-м чекхдели шадерриг, аьлла, хоьтуьйтуш! Балано т1аьххьара ницкъ а д1абаьккхина. Не1алт хуьлда хьуна, нус, х1ара кегий бераш суна, к1елйисинчу йоккхачу стагана а кхиссина, ша маре яхана, эхь дицделла.

– Баьпкан юьхк лохьа, баба, баьпкан цхьа цуьрг! – ц1ог1аране дехарш до бераша.
– Везан Дела! Х1ун де техьа ас, муьлхачу хи чу эккха-те со? – до1ане мохь болу Тинин кийрара. – Д1о элашна т1еяха а карх ца дели, церан ялхошна г1одийр дара ас – Гиоргий вина де даздеш бу уьш, хьеший бог1ур бу. Цхьа ши-кхо шай доккхур дара, цхьажимма дечиг доьхур дара. Х1окху сайн дагца ломан буьххье а муха ер яра со? Детталуш ду-кха ч1ог1а.
– Баба, бепиг лохьа!
– Везан Дела! Д1аэцахьа сан са, яккхахь со кху балех хьалха! – амал дайначу г1ийлачу озаца доьху Тинас Лекхачуьнга. Ур-аттала, берашна а хаабелира цуьнгахь бала, уьш кхин а ч1ог1а делха х1иттира.
– Х1унда, баба, х1унда? Оха х1ун дийр ду хьо ца хилча? Т1аккха тхуна юург хьан йийр ю?
Ц1еххьана элан кертара схьахезира хьеший д1акхойкхуш самукъанечу зурманан аз. Иза Иблисан г1аддахначу делакъажарца дийкира кху мискачу х1усамехь, мецачу берийн ц1ийзарна оьг1азечу кхардаман озаца жоп луш даьржира.
И аьзнаш хезча Тинина цхьаъ дагадеанчух тера дара, цуьнан можачу, ч1ич1къа яханчу юьхь т1ехула елакъажар хьаьдира. Дуьненах догдиллинчу дагчохь дегайовхонан сирла з1аьнар кхерстира, цунна керла ницкъ луш.

Текъамаш совцийра Тинас, хьалаг1аьттира, юьхь-марш йилира, месаш д1ахьулйира, кога пазаташ юьйхира, цул т1ехьа тиша тударгаш. Зурманан аз долчу аг1ор новкъа елира.
Элан доккха ков-керт дика лекхачу гу т1ехь дара. Даккхий синош дохуш, хьуьхйоьлла, хала д1атекхара. Цуьнан иэсо хьалха оьхура къегинчу басаршца кечдина исбаьхьа сурт, – цо тидам ца бора хьере детталучу деган, шок еттачу саде1аран. Иза ерриге мерзачу дагалецамийн йийсаре яханера.
Къеналлина б1аьрса эшначу цуьнан б1аьргаш чохь ц1еран суйнаш къегира, лаьттан баса йирзина цуьнан юьхь алонан басахь йогура, т1екъевлина балдаш делладелира, чукхетта, багахь цхьа а церг йоцу бат елаелира.
– Эх1, х1инца мичахь ю тохарлера зама! – доккха садоь1ура декъазчу Тинас. – Нийсса шовзткъа шо даьлла х1етахь дуьйна, амма шерра дагадог1у и де, селхана хилла долуш санна. Вуьшта, муха дицлур дара иза суна? Цул дика цхьа а х1ума ца гина сан б1аьргашна. Тхан керлачу хьоладас ден ков-керт, шордеш, басар хьаькхна къагош ц1индинера. Иза х1инца а циггахь лаьтташ ду, шен локхаллера Чартулан 1ине б1аьрг а бетташ. Дика стаг вара иза. Къеначу иэсо х1инца дагалоьцу и хьолада, комаьрша доккха ловзар а х1оттийра – дикачу тайпанах йолу сов хаза йо1 ялийнера цо. Бакъду, оцу дийнахь иштта шийла а яцара, ноябран шелонаш т1еяьхкинехь а. Ловзарга, элий боцурш, ворх1 эвлара ахархой а кхайкхинера. Со марехь йолу цхьа шо дара. Эх1, зама я1, со яцара, ткъа, тайна йо1?! Суна т1ехь яра некхан ваза т1ехь ц1ен бустамаш а долуш дарин баьццара коч, юкъах шуьйра доьхка, ахальцихахоша бина т1аьрсканан ц1ен к1архаш. Вукхарна юкъахь со, дешин т1улг санна къаьсташ яра, леро схьалоьцуш дерг цхьаъ дара: «Дала сийдойла хьан ден-ненан!» – ткъа со, пет1аматан зезаг санна, ц1ийлора. Т1аккха ц1еххьана марненан аз деара:

– Гайтал вайн нускална мехкарийн хелхар!
Тхо а чудахкийтира кегий нах болчу. Корта охьа а бахийтина, нехан баккъашна т1ехьа д1алечкъина лаьттара со, ткъа кхечу эвлашкара мехкарий шайн тоба а йина 1ара. Тхуна т1ехьа бара марда а, марнана а, ханна бакхий зударий а. Вотанан тата делира. Рог1-рог1ана, цхьацца йолуш, гона юкъа дуьйлура тхо а.
Сан раг1 т1екхечира. Настарш егон юьйлира, дог тохаделира, ткъа юьхь шаерриг ц1е летта йогуш яра. Х1ун дийр дара аса? Гона юкъаелира, корта лоха охьабохуьйтуш, массо аг1ор куьйгаш д1аса а дахийтина, ког шаршийра. Массо аг1ор маьхьарий дуьйлура: «Машшалла я1! Машшалла я1», – бохуш. Пондарчаша сихйира йиш, кхин а ч1ог1а детта долийра т1араш. Цул т1аьхьа айса х1ун дира дага ца дог1у суна. Со метта еара марнана сайга кхайкхича: «Схьалахьаде ахча. Иза хьуна совг1ат ду. Дикачу нахана баркалла а ала».
Лаьттахь 1охкура ж1ар т1ехь йолу ялх-ворх1 шай, ткъа гуьржийн шовзткъаэппазнаш мел дара!..

Циггахь хедира Тинин самукъане дагалецамаш: иза хала синош а дохуш, ц1ийнан не1арехь лаьтташ яра. «Х1ара х1ун ду суна хилларг? Иштта сан дог цкъа а деттаделла ма дац, х1инцца садукълур ма ду сан-м, пхьарс меттаххьаба а ца ло, пхенашкахь ц1ий шеллуш ду. Ма хан йоцуш т1екхочуш доллу-кха сан т1аьхьара де. Ткъа бераш? Везан Дела! Царех х1ун хир ду?»
Сенъелла Тина, схьалелха дохкучу б1аьргашца, керарчу г1ожах а тевжина, чоьхьаволучу ламин терхи т1ехь хиъна 1ара. Даго хьоьхура герга г1ерташ 1ожалла хилар, кхераелла, дерриге дег1 дегадора. Гонах цхьа а са а дац. Верриге самукъано яьккхинчу чохь вара, дууш-молуш, я дууш-молуш болчаьрга хьуьйсуш 1аш.
Ехха лаьттира Тина дахарний, 1ожалний юккъе тоьхначу зилехь. Эххар а дог детталучуьра сецира, пхьаьрсашкара лазарш д1адевлира, цаьрца цхьаьна д1абелира 1ожаллах кхерам. Меллаша чоьхьа а яьлла, ялхойн тобанна юкъаийра Тина.

II

Даарша саттийна ду шаннаш! Вайх, вайн ширачу г1иллакхехь, г1овг1ане а, самукъане а! Комаьрша, доггаха шун х1оттийна х1усамда, векхавелла, малх санна, хьогамечу безамца гуош туьйсуш, чот йина цаваллал дукхачу хьешашна, берриге цхьаьна а, ша-ша а тайп-тайпанчу даарех чам баккха д1акхойкхуш, хьаьддий-веддий ву. Цхьана маь11ехь д1айолало к1еда-аьхна хаза йиш, вукхузахьа – дехна-г1орг1а «х1арий-х1арало». Стаг цхьана меттехь хиъна ца 1алуш, когаш к1амлуш, кхин а доккха самукъане, дезачу т1ег1ане даьлла той.
– Х1ей, Иосеб, хелхаран йиш д1алакхахьа! – мохь туьйхира цхьамма.
Хьеший шайн-шайн меттара хьалалилхира. Дерриге иэделира. Даарх йоьттина хилла стоьлаш, х1инца т1ехь берзалой яьжна аьлла хетало, юьстах уьйзира. Массо д1асаволавелла, велавелла, забарш еш вара. Ц1еххьана бийкира хелхаран юкъа кхойкхуш пондаран мукъам.

Сихха бинчу гона юкъахь нисвелира цхьа тайна жима къонаха. Аьрзуно т1емаш санна, д1асадаржийра цо шен онда куьйгаш, товш охьабахийтира корта, т1аккха, шен дерриге дег1 дегош, т1ома вала санна, ши куьйг д1асалестош, гуонехь когаш шаршийра. Шен хаза 1аьржа б1аьргаш мехкаршка къерзабора цо, х1оккхул хаза кхоьллинчу царех муьлха къастор яра-те ша, муьлха кхойкхур яра-те шеца хелхаяла, бохуш.
Залан д1айиллинчу не1арехь гулбелла дуккха а ялхой, багош а г1овттийна, хьоладайша доккхачу самукъане, б1аьргаш къерзош 1аш бара. Царна юкъахь гуш дара ахархойн масех боьха чоа. Ткъа божарийн баккъашна т1ехьара эхье схьахуьйсура миска зударий. Ц1еххьана, тобанах схьа а къаьстина, хьалхахьа, д1айолаелира къена Тина. Керара г1аж соне д1а а х1оттийна, когара тударгаш д1аса а кхиссина, цхьана пазаташца, к1антана юххе а яхана, хелхарна ког шаршийра цо. Хьешаша г1овг1а эккхийтира. Бес-бесарчу духаршлахь, коча кечбелла хьолахойн йо1арий, акъ а г1уш, бийлабелира. Ц1ийндена, воьхна, ша х1ун дан деза ца хаьара – ялхошка х1ара беркъа, эхь доцу йоккха стаг аракхоссийта я, массара санна, вела а воьлуш, мохь бета?

Ткъа Тина-м, х1умма а ца гуш, я х1умма а ца хилча санна, куьйгаш шуьйра д1аса а дахийтина, корта лаккха хьала а айъина, балдаш т1етт1а а гулдина, «давлури» хелхаран бал д1ахьош яра. Юкъ-кара охьа а лахлора, ширачу заманахь санна. Шех б1обулуш волу тайна жима къонаха ца вуьйхира. Тишачу, йомеша къуьйлучу кучах йолчу йоккхачу стагаца хелхавалар эхье ца хийтира цунна. Массара эккхийтинчу г1овг1ано оьг1азвахийтинчу цо, т1етт1а шовкъе йохура шен исбаьхьа йо1, цуьнан г1одаюкъехула шуьйра даржадой куьйгаш д1аса а дохуьйтуш. Цуьнга безам бахана волуш санна, озачу, 1ожалле можа бос тоьхначу Тинин юьхь т1ера цо д1а ца дохура шен делакъежа б1аьргаш. Чуьйраш а лаьцна, хьерабевлча санна, буьйлура хьеший, ткъа йо1арий б1аьргех хиш оьхура, божарша пенаш а дегош т1араш, маьхьарий деттара. Къайллаха, безачу хьешех д1а а ийна, цхьацца хабаршка бевлла 1ара ялхой а. Ц1еххьана йокккха стаг сацаелира. Гонаха б1аьрг кхарстийра, куьйгаш шуьйра д1аса а дохуьйтуш, доккха са а даьккхина, ц1енкъа охьакхийтира. Пондар сецира. Маьхьарий детта божарий а, мехкарий а, оцу акхачу сурто 1адийна, д1атийра. Хьере самукъадалар тийналлин 1инчу дижира.
Ц1енкъахь, къаьрзинчу б1аьргашца, куьйгаш шуьйра д1аса а дахийтина 1уьллура дег1ера йовхо д1айолуш шеллуш йолу Тина. Ж1аръяханчу цо, хьажа тамехь доцчу шен дерриге дег1аца, гулбеллачийн дегнаш чу эхь доссийра. Цхьана а озо, цхьаннан а боларо метах ца доккхура и инзаре сурт.

– Баба, баба, хьо боккъала елла? Ткъа тхо хьан дузор ду? – схьахезира 1адочу тийналлехь, т1аккха дерзина, шелоно сендина, бабига ладег1а к1ордийна хьаьдда деана зала чу иккхина жима ши бер, делхаран маьхьарца шелделлачу дег1ах хьаьрчира. Ирча сурт дара иза. Жимма хьалха чохь х1оьттина хилла тийналла массеран белхаро юкъах яьккхира… Минот, ши минот хьалха беларо г1адбахийтина хиллачу наха х1инца боккъала б1аьрхиш легадора.
– Саг1ина х1ума лойша байшна, – кхайкхам бира цхьаммо.
Дог доьхначу хьешаша, бумаьштигашна чу а кхийдаш, комаьршша саг1а делира. Дала жоп делла хилла Тинин до1анна. Иза даимна парг1атъелира, ткъа цуьнан т1аьххьарчу хелхаро байшна баьпкан юьхк еара.

Гуьржийн маттера – МАРГОШВИЛИ Султан.

Вайнах, №10, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх